🎀 СЕСТРАМ 🎀 @sestram95 Channel on Telegram

🎀 СЕСТРАМ 🎀

@sestram95


✨СТАТУСЫ✨(ЗАЙНАБ) (Russian)

Добро пожаловать в Telegram-канал ✨СТАТУСЫ✨(ЗАЙНАБ), созданный специально для всех любителей цитат и статусов! Этот канал приветствует вас с отобранными и вдохновляющими цитатами, которые помогут вам выразить свои мысли и чувства в социальных сетях или в повседневной жизни. Здесь вы найдете широкий выбор статусов на любой вкус - от веселых и ироничных до глубоких и философских. Каждая цитата тщательно подобрана и наполнена эмоциями, чтобы помочь вам поднять настроение или просто поделиться своим внутренним миром с другими. Присоединяйтесь к каналу ✨СТАТУСЫ✨(ЗАЙНАБ) сейчас и наслаждайтесь прекрасными цитатами каждый день!

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:57


*السلام عليكم ورحمة الله وبركاته*
*ВСЕМ БАРАКАТНОГО ДНЯ*

Можно я стану причиной того, что вы скажете:

СубханаЛлах1

АльхьамдулиЛлах1

Ля илаха илляЛлах1

Аллах1у Акбар

Аллох|умма солли |аля Мухьаммадив-ва |аля али Мухьаммадив-ва саллим.

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:57


*Цхьа гIулкх дале, ша цу гIулкхах дикачунна тIенисвар доьхуш деш долу доIа (истиха́ра).*

🌱 74. IабдуллахIан кIанта Жабира (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) тхуна Къуръан тIера сурат санна Iамадора, хIора гIуллакхехь Деле и гIуллакх дика дар дехар. Цо олура тхоьга: «Шайна цхьа хIума дан дагадеанчо, перза ламаз а доцуш ши ракаIат (суннат ламаз) дойла, тIаккха цо олийла:

"АллóхIумма инни́ астахи́рука биIилмик, ва астакъдирука бикъудратик, ва асъалука мин фадликал-Iази́м, фаиннака такъдиру ва лá акъдир, ва таIламу ва лá аIлам, ва анта Iаллáмул-гIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIазал-амра хайрун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, факъдурхIу ли́, ва йассирхIу ли́, сумма бáрик ли́ фи́хIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзал-амра шаррун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, фасрифхIу Iанни́, васрифни́ IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардини́ бихI”.

اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْتَخِيرُكَ بِعِلْمِكَ، وَأَسْتَقْدِرُكَ بِقُدْرَتِكَ، وَأَسْأَلُكَ مِنْ فَضْلِكَ الْعَظِيمِ، فَإِنَّكَ تَقْدِرُ وَلاَ أَقْدِرُ، وَتَعْلَمُ وَلاَ أَعْلَمُ، وَأَنْتَ عَلاَّمُ الْغُيُوبِ، اللَّهُمَّ إِنْ كُنْتَ تَعْلَمُ أَنَّ هَذَا الأَمْرَ (و يسمي حاجته) خَيْرٌ لِي فِي دِينِي وَمَعَاشِي وَعَاقِبَةِ أَمْرِي فَاقْدُرْهُ لِي وَيَسِّرْهُ لِي ثُمَّ بَارِكْ لِي فِيهِ، وَإِنْ كُنْتَ تَعْلَمُ أَنَّ هَذَا الأَمْرَ شَرٌّ لِي فِي دِينِي وَمَعَاشِي وَعَاقِبَةِ أَمْرِي فَاصْرِفْهُ عَنِّي وَاصْرِفْنِي عَنْهُ وَاقْدُرْ لِيَ الْخَيْرَ حَيْثُ كَانَ ثُمَّ أَرْضِنِيْ بِهِ .

«Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац; Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь дерг, хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур ю) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а (йа иштта эра ду: герга йолчу хенахь а, йа генарчу хенахь) – дика хирг хилар делахь, суна ницкъ ло Ахь цу гIуллакхана, суна иза атта а де Ахь, юха суна цунах беркат а де Ахь. Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь дерг, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар делахь, суна генадаккха Ахь иза, со цунна тIера дIа а верза ве Ахь, цул диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, юха со цунна реза а ве Ахь».

Цкъа а дохко вер вац вай Кхоьллинчуьнга диканца гIо а дехна, АллахIах тешаш болчерах дагаваьлларг а, шен гIуллакх кхачам боллуш теллинарг а. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан тIехь:

"Церах дага а вала хьо (хьайн) гIуллакхехь, ткъа хьайн цу тIехь сацам хиллехь – тIаккха ахь АллахIана тIе билла болх" (Сурат «А́л-Iимран» 159 аят).

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:56


* 41. Шена тIехь декхар долчо деш долу доIа.*

🌱 136. "АллóхIуммакфини́ бихьалáлика Iан хьарóмик, ва агIнини́ бифадлика Iамман сивáк".

اللَّهُمَّ اكْفِنِي بِحَلالِكَ عَنْ حَرَامِكَ وَأَغْنِنِي بِفَضْلِكَ عَمَّنْ سِوَاكَ .

«Йа АллахI! Айхьа хьанал динчунца суна тоам бе Ахь Айхьа хьарам динчунах, Хьайн къинхетамца Хьайх цхьаннах суна тоам а бе Ахь, кхечаьрга сан хIумма а деха ца дезаш».

🌱 137. "АллóхIумма инни́ аIýзу бика минал-хIамми вал-хьазан, валIажзи валкасал, валбухли валжубн, ва долаIиддайни ва гIолабатиррижáл".

اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوْذُ بِكَ مِنَ الْهَمِّ وَالحَزَنِ وَالْعَجْزِ وَالْكَسَلِ وَالْبُخْلِ وَالْجُبْنِ وَضَلَعِ الدَّيْنِ وَغَلَبَةِн الرِّجَالِ.

«Йа АллахI! Со Хьоьца ларло гIайгIанах а, сингаттамах а, кIелвисарх а, малонах а, сутараллех а, осалаллех а, декхаро лацарх а, суна тIехь толам баккхарх а».

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:56


* *Ша дийна ца виса мега аьлла хетачу цомгаш стага деш долу доIа.*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:56


* 51. Ша дийна ца виса мега аьлла хетачу цомгаш стага деш долу доIа.*

🌱 150. "АллóхIуммагIфир ли́, вархьамни́, ва алхьикъни́ биррофи́къил-аIлá".

اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي وَارْحَمْنِي وَأَلْحِقْنِي بِالرَّفِيقِ الأَعْلَى.

«Йа АллахI! Суна гечде Ахь, сох къинхетам а бе Ахь, лаккхарчу хIусамашкахь (ялсаманехь) болчарах дIа а тоха Ахь со».

🌱 (151) Iаишата дийцина, Дела реза хуьлда цунна: «Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ша лечу хенахь шен ши куьг хи чу а Iуттий, юха и шиъ шен юьхь тIе хьакхара, “АллахI воцург кхин дела вац, баккъалла а, валарца яккхий халонаш ю-кх” – олуш».

"Лá илáхIа иллаллóхI" لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ

🌱 152. "Лá илáхIа иллаллóхIу валлóхIу акбар, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахI, лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шари́ка лахI, лá илáхIа иллаллóхIу лахIул-мулку ва лахIул-хьамду, лá илáхIа иллаллóхIу ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI".

لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ وَاللَّهُ أَكْبَرُ، لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ وَحْدَهُ، لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ وَحْدَهُ لاَ شَرِيكَ لَهُ، لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ، لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ ولاَحَوْلَ ولاَقُوَّةَ إِلاَّ بِاللَّهِ.
«АллахI воцург кхин дела вац, АллахI массо хIуманал воккха а ву, АллахI воцург кхин дела вац, ша Цхьаъ ву Иза, цхьа АллахI воцург кхин дела вац, Цуьнца накъост а вац, АллахI воцург кхин дела вац, паччахьалла а, берриг хастам а Цуьнан бу, АллахI воцург кхин дела вац, Цуьнгара бен гIора а дац, ницкъ а бац».

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:55


*‼️Азан динчул тӏаьхьа деш долу доاа.*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:55


«Хьайга кхаьчна болчу баланна хьо собаре ца хилар - цулла а боккха бала бу. Хlунда аьлча, хьан йал эшош хlума ду иза.»

Ибн Мубáрак (رحمه الله)

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:54


*ХЬАЙ 1АМАЛ, АЛЛАХ1А ДУЬХЬА ХИЛИЙТАЛАХЬ*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:54


*юучу хlуманан чам дlабаьлча хаьа хьуна хьо цомгуш вуй, дарбане хьашт вуй.*
*иштта Къуръан дешаран а, ламаз даран а, Аллахl хьехоран а чам хьайна ца кхетахь, хаа ду хьуна, хьан дог могуш доций, цунна дарба дан дезий.*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:54


*Вай ху бехказло лоьхар ю те Аллах1ана хьалха хиттича. Вай дайша-наноша бераллехь вайна т1ехь къахьегна 1амийна и жима масех сура хаар доцург кхи х1умма а ца гулдина вай оцу Къуръанах. Ткъа дахара-м дадоьдуш ду. Масса шо дайъина вай дуьнен белхаша вай мукъаз дина? Цунна доьхьал х1отто, мас шо Даьхьна вай 1илма 1амош, Къуръан 1амош? Баккъалла а вай матто ма дийцара и шари1ат Дезаш дуй техьа вай?*
*И шари1ат вайна сел ч1ог1а дезаш делахь, сенна ду техьа вай оцу Къуръанах гена а дойла оццул вайна ца дезаш долу дуьненна т1аьхь дойла? Йа маттан дезарг а, дагна дезарг а цхьаьна ца дог1у техь вайн?*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:54


*Цхьана ларамечу стага аьлла:*

*«ДIабаханчу дикачу нехан дийцарех тамаш бора аса, уьш ехха хенахь кIад а ца луш, кIорда а ца деш Къуръан доьшуш, Iибадат деш, Iилма Iамош муха Iара те аьлла.*

*Амма, хIокху вайн заманахь сайна хаддаза шайн телефонаш тIехь бохкуш нах гича, сан тамаш бар дIаделира.*

*ХIунда аьлча, суна хиира, дагна цхьа хIума дезаделча, цкъа а и кIадлур доций а, я цунна кIордор доций а».*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:53


*Хьижаб тилла ца лууш болу вайн йижаржка хьехар*

*Царна уггар дика хьехар - шайна дага даитар, ша ара яьлча юха чу яллалц, шех бӀаьрг мел кхеттачу борш стега цӀарах къа хуьлуш хилар, ткъа ГӀалахь итт минотехь дӀаса хьевзиначух кхетар бу лаххара цхьа эзаран бӀаьрг, тӀаккха и берриге мохь эцна АллахӀан хьалха ша муха хӀуттар ю ойла ян езар-кх.*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:52


Хӏора а хӏума ахь дӏа тесна йитарца тишалуш ю,Къуран доцург,Къуран ахь дӏа тасарца хьо тишло...)

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:52


*Суфйан Саврийса رحمه الله аьлла:*

*тхуна тхай доlaн жоп хилийта лиъча, оха тхай вежаршан доlaнаш дора, церах къайлах.*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:52


*Оццул хаза, оьзда духар доха йиш йолуш, кхидолу духар муха духура ду?!..*

*Кегийра болуш дуьйна марзадан деза берашна динца долу муьлхха а хlума.*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:52


*Хьо хьáрам хlуманах ларвала воьлча, тидам белахь хьай хийцамашна тlехь:*
*Айхь цхьа дош алале ахь ойла йийр ю хьуна цуьнан тlаьхьалонан;*
*Хьуна хlинццалца жима хeтта долу къа, хьуна доккха хета долалур ду хьуна;*
*Хlóра ахь боккху ког Аллáхlан гергахь муха бу теша бохуш, ойла йан хьан бáла кхóчур бу хьуна;*
*Хьайгара гláлат даларца цун тlаьххье хьо дохко а вуьйлур ву хьуна, Аллáхlе тóба дарца...*
*Хlунда аьлча, и дагчу хьун теснарг Аллахl ву хьуна.*
- *Хlунда?*
- *АллахI ахь ларварца, Аллáхlа хьо а ларво дера..*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:52


*Хьарам дерг хаза ду,амма цуьна т1аьхьло ирча хуьла.*

*Хьанал дерг хала ду,амма цуьна т1аьхьло хаза хуьла.*

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:51


Аллахӏа дог хьостийла шу💔
Вайна куц а ца хотталуш долу,исбаьхьа ниӏматашца Ялсаманехь бекхам бархьамма елла хуьлийла Къинхетамечу Аллахӏа Гӏаззера вайн вежаршна-йижаршна хӏара халонаш,сингаттамаш,баланаш!

🎀 СЕСТРАМ 🎀

22 Nov, 01:51


Ладог1а ‼️