‎ففروا إلى الله @fa_firru_ilalloh Channel on Telegram

‎ففروا إلى الله

@fa_firru_ilalloh


Цхьа сирла йаххьаш ю-кх кху дуьненахь, уьш гича хьуна Аллахl дагавогlуш.

второй канал ⤵️

https://t.me/liwajkhillah

‎ففروا إلى الله (Arabic)

تأخذك قناة '‎ففروا إلى الله' في رحلة روحية تجعلك تبحث عن السلام الداخلي والاتصال بالله. يعتبر هذا القناة مصدرًا للإلهام والتأملات الروحية، حيث يشارك المشتركون تجاربهم وأفكارهم في مواضيع مثل الايمان، الصلاة، الصبر وغيرها. مع محتوى متنوع وملهم، تجد في هذه القناة دفعة لروحك لتكون أقرب إلى الله وتتعمق في فهم الدين والحياة الروحية. انضم إلينا اليوم واكتشف السلام والراحة الداخلية من خلال مشاركة التجارب الدينية والروحية مع أفراد آخرين مثلك. لا تفوت الفرصة لتطوير روحك والاتصال بالله من خلال قناة '‎ففروا إلى الله'.

‎ففروا إلى الله

06 Dec, 14:21


Де а, буьйса а ца къестош хьо доггах тlе лаца, хьан мила вара ша Аллахl воцург?

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

05 Dec, 17:31


ахь Аллахӏе хьесталуш дехнарг кхочуш хиллачу дийнахь хуур ду хьуна, хӏумма а, эрна ца хиллий...

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

04 Dec, 15:27


Хьалха заманахь къонах ву бохуш волу стег, хlусамненан цlе муха ю хууш ца хилла цуьнан накъостан.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

01 Dec, 20:05


Ларамца даха цаьрца (зударшца), шайна уьш мел ца тахь а. Ткъа шуна ца тан тарлуш ду Аллахlа шегахь дуккха а дикадинарг. 4:19.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

27 Nov, 11:31


Аллахlа хьайна доlа дар деллехь, аса иштта Аллахlе деха деза-кх аьлла хьуна дага деънехь, хьуна хаийла, хьуна жоп дала лиъна Аллахlана!

Хастам Аллахlан бу-кха Шега дехар вайн дагчу дуьллуш волчу, ткъа цултlаьхьа вай дехнарг луш волчу.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

26 Nov, 16:02


Уггаре хаза хан иза Сийлахь волчу АллахIан муьтlахь хуьлуш яьккхина йолу хан ю-кх цхьа а шеко йоцуш.

Хуьлийла иза lибадат деш яьккхина, я нахана гlо деш яьккхина, я lильма lамош яьккхина хан ... иштта кхин дlа а.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

23 Nov, 18:53


Хьайн дахарехь кхиамаш хилийта лууш хьо велахь, цкъа хьой цхьаъ охьа хиъна, телпо тlера интернет дlа яйъи, дикка ойла яй хьайн сакхташна хьокъехь, югlа уьш цхьана кехат тlе дlа язде, хьажа уьш мас сакхт гулло, 10 я 15 я 20 я кхин а сов, тlаккха хуура ду хьуна мича агlора ахь къахьега дезар ду хьайн дахарехь кхин дlа.

Масала вайн билгала довла мегаш долу сакхташ: сиха дог датlар, Аллахlан тlе болх биллар гlийла хилар, кlеззиг валар дагадар, бlаьрмециг хилар, кура хилар, гlийбат дар, ша долу гlиллакх маттан тlехь хилар деш хlумма доцуш, дин ца lамдар, вайн го дика ца хилар...

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

22 Nov, 17:55


Шен дерриге а дахарехь стага ламаз до, цуьнан маьӀнех ца кхеташ, кхета а ца гӀерташ,
амма цкъа а сериалашка гочдар доцуш ца хьожу иза.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

21 Nov, 10:26


иштта хьеши бог’а тхуна наггахь )
кхарна хаъа беркат мичахь хуьла))

‎ففروا إلى الله

19 Nov, 13:49


Сийлахь волчу АллахӀа омра до-кх хьоьга, хьайн доллу гӀуллакх, хьайн доллу хьашташ Шега схьало аьлла.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

18 Nov, 09:01


📚Аль Г’ураба «чуждые»

🏷️350₽

‎ففروا إلى الله

18 Nov, 09:01


Ас саламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1!
По воле Аллах1а мы возобновляем нашу работу-продажа книг📚

В основном на канале будут книги, которые мы распечатали.
Также, если вы хотите, какую либо книгу в распечатанном виде напишите нам, мы это решим Ин шаа Аллах1

‎ففروا إلى الله

16 Nov, 09:58


Зударий талхаран коьрта бахьан, стегарша кlадо яра ду.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

15 Nov, 17:57


Цхьаболчу Ӏеламнаха аьлла:

«Айхьа къамел дечу хенахь, АллахӀана хьо хезаш хилар дагадаийта ахь. Хьо тап-аьлла Іачу хенахь, АллахӀана хьо гуш хилар а дагадаийта ахь».

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

14 Nov, 14:00


УГГАР ДИКА ЗУДА..

Шена цхьаъ елча - баркалла олург ю,
Шена оьшург ца хилча - собаре хуьлург ю,
Шега хьо хьаьжча - хьан самукъадолург ю,
Шега омра дича - хьуна муьтӀахь хуьлург ю.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

13 Nov, 15:40


Зуда маьрша ца хуьлу, шарlo шена тlедехкинарш кхочушдарца бен. Шарlо охьатеlорах маьрша яьккхина и, талхарх маьрша яьккхина и, массо сакхте долчух маьрша яьккхина. Цо доладина цуьнан, сий а дина, чlагlйина, ларйина.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

11 Nov, 15:34


Ма кӀорггера, ма хаза маьӀна ду оцу дешнийн.

رُبَّ خَيْرٍ لَمْ تَنَلْهُ كَانَ شَرًّا لَوْ أتَاكَ

«Масане хьуна ца кхаьчна дика ду, нагахь санна иза хьуна кхаьчна хиллехь, вон хир долуш».

Уггаре а диканиг АллахӀа вайна хаьржинарг ду.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

08 Nov, 11:30


Хьалха дlабаханчу салафшах цхьамма аьлла: «Массо а дикачу белхашна тlехь ойла йира ас, и дерриге а Аллахlан карахь хилар карийра суна, тlаккха со тешна хилира, доӀа дар массо а диканан догlа дуй».

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

06 Nov, 13:57


- Чlогlох къегаш-лепаш деший хета хьуна я lильма хета хьуна?

- Хазох хьожа долларан хьожа хета хьуна я жайнан агlонан хьожа хета хьуна?

- Алсамо самукъа керла кара деъна долу ахчанах долу хьан я керла девзана долу lильманах долу хьан?

*Хlокху хаттаршна жоьпаш маттаца дала ма гlерта, вайх хlоранна дахарехь вай хьалха даьхна долу белхаш ло царна уггаре дика жоьпаш!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

05 Nov, 18:03


- Тимерболт, вайшиъ Skype-заманара хиларе терра кху Instagram-заманарачарна дечиг ши стаг хета мега вайшиъ?!

- Хlумма дац сан шира доттагl Аьрсбек, вайшин кхузахь яккха йиснарг дукха хан яц, цундела хала-атта дlа чекхвала хьожур ву вайшиъ!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

04 Nov, 13:28


- Тимерболт, хьо велла деношкахь цхьа хаза нашидаш тlе кхиссан, хьан сарташ тlехьа долуш видеош йина, уьш наха статусехь яржа яйта лаари хьуна?

- Делахь ца лаар-кх, Аьрсбек! Цигахь суна lазап деш хилахь сан къинош бахьан долуш суна пайда хира буй аша кхузахь нашидаш лекхийтарах?! Цуллий аша суна доlанаш деш, шайн киснахь сом-ком хилахь суна тlера сагlийна хlума луш хlума дайша со велла деношкахь, со велчул тlаьхьа мел дукха шераш доьвлчул тlаьхьа а.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

03 Nov, 17:08


Дуьненчохь берш вовшашца къийсалуш бу кешнашкахь берш дохкобевллачу хlуманаш тIехула.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

02 Nov, 11:34


Ахь |ильма |амош къахьегаре терра, ахь
|амина долу |ильма лардеш а къахьегалахь.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

01 Nov, 19:08


Iильма lамош гlелделла долу бlаьрсай, киношка хьоьжуш, телпо чу хьоьжуш гlелделла долу бlаьрсай ма цхьа тера дац!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

31 Oct, 06:49


Цхьаболу |еламнаха аьлла: бусулба стаг шен маттах кхера веза шен мостаг’чул ч’ог’ох.
Х’унда аьлча маттаца вай дийнахь а, буса а къинош летош долун дера…

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

30 Oct, 17:32


Боданечу буьйсана юкъахь жайна схьа диллина деша охьа хууш волчу мута١еламас шена дагара ма долитийла: ша ١ибадатехь хилар.

(Жайна доьшуш ерга со йац).

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

29 Oct, 14:49


- Хьой дукха хьеста ца веш хьайгара lильма схьа хьеха аьтто буй хьан?

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

27 Oct, 07:47


طلحة بن عبيد الله - رضي الله عنه -.

Ма ша кепара чlор хаьржина хилла-кх Сийлахь волчу Аллахlа Шен уггаре веза Пайхмаран (ﷺ) гондахьа хилийта.

Тlалхьас аьлла: Ухьуд гlазотехь шен дегlан тlехь чов ца яьш цхьа а меттиг ца йиснера ...

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

26 Oct, 15:51


Тlалхьат бин lубайдилЛахlас Ухьуд гlазотехь Элчанна тоьхна йолчунна дуьхьал куьг лаьцна цуьнан куьг болх бечера сецна. [Ал-Бухарийс дийцина иза].

Хlара меттиг яьшча вайна юкъахь гlардаьлла дуьйцуш хилла долу цхьана гина аьлла гlан дагадеънера суна.

Цхьанний ойла хилла Элчанна асхьабаш уьш а вай санна адамаш хилла, церан даржане кхача йиш ю вай, царна санна Элча (ﷺ) вайна а дукха веза йиш ю.

Тlаккха иштта гlан гина хилла цунна: Шаьш автобус чохь доьлхуш хилла, тlаккха автобус шарша шершина бердах ягlа герга хилла, цу чохь Элча а (ﷺ), цуьнан асхьабаш а хилла, тlаккха асхьабаш цу чуьра ара лилхина и автобус чу ца йожийта, Элчанна (ﷺ) хlумма ца хилийта иза кlелхьара вакхха хьожуш, тlаккха хlара а ара иккхана и автобус чу ца йожийта. Хlара боккха чхьор (боккха тlулг) лоьхуш хилла оцу автобусан чlург буха била, эхаре чхьор карийна иза бахьаш схьа вечъа цец-lакъ ваьлла хlара шена гинчух: автобус сацийна хилла, асхьабаш шайн кортош чlургашна буха дехкана сацийна хилла автобус чу ца южийтуш.

Сама ваьлча эца гlенах боккха хьехам хилла цунна: асхьабаши меттиг мичахь бу, шен меттиг мичахь бу!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

24 Oct, 09:07


Вист ма хила, хьан дешнаш тийналлал гlоле дацахь.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

21 Oct, 08:04


ВАЙНА ЮКЪАРА ДIА ДАККХА ДЕЗАШ ДОЛУ ИРЧА ХIУМА

Машенахь цхьаъ тlех волуш хенахь гондахьа воьдург-вогlург, болх беш верг воцург, къамел деш пхьоьханехь лаьтташ берш, шаверг шайн гlуллакхашха юкъара бовлий лерийна машен чу хьоьжура бу аьрзонан хьажарца, моьттур ду уьш оцу машен чохь набахтий чу воьллийна волу шайн цlа ван везаш волу герга стаг лоьхуш бу.

Хьайн бала боцучига дlа ма хьежа! Хьуна луара дарий машенахь хьайн нанийца, я хьайн йишийца, я хьайн йоlанца, я хьайн хlусам-нанаца хьо воьдуш хенахь лом детташ воллуш волу Бож-lела шен балхан юкъара ваьлла хьан машен чу хьаьжча?!

Тlаккха хьо а ма хила нехан машен чу хьоьжуш волу Бож-lела!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

19 Oct, 11:32


Салман ал-Фарисис (رضي الله عنه) аьлла:

إذا صليتم الغداة ( يعني الفجر ) فاذكروا الله حتى تطلع الشمس فإن لم تفعلوا فناموا فإن النائم سالم.

«Шаьш Ӏуьйра ламаз динчул тӀаьхьа, малх схьакхетталц АллахӀ хьахаве, нагахь санна шаьш [Иза] хьахош вацахь, дӀа дийша, баккъалла а, наб еш верг маьрша ву [къинойх]».

«Мусаннаф» Ибн Аби Щайба, 7583.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

18 Oct, 10:58


Доккха беркат ду, цӀахь хиъна Ӏаш, тийна охьа а хиъна, баккхийчу Ӏилманчашка ладоьгӀуш, пайда эца аьтто хилар. Интернет беркат ду, ахь иза мегаш долчу хӀуманашна лелийча.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

17 Oct, 18:25


Бакъдолу Ӏилма - Ӏелам нах бу, Iарбийн мотт хаар а, жайнеш хилар а дац…

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

16 Oct, 17:00


Абу Бакр Сиддикъа (رحمه الله) аьлла:

«Хьехам беш, доцца дийца, хӀунда аьлча, дукха къамел дича, цхьадерг дицло».

«Вакъафат маIал абрар», 188.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

15 Oct, 11:08


ЗухӀайр ибн НаIима (رحمه الله) аьлла:

ما أكبر همي ذنوبي ، إنما أخاف ما هو أعظم عليّ من الذنوب وهو أن أسلب التوحيد، وأموت على غيره

«Сан уггаре а йоккха гӀайгӀа сан къинош дац, со кхоьру къиношал вон долчух - со тавхьидах дӀаваларх а, иза доцуш со валарх а».

«Къýту ал-къулуби», 388.

Йа АллахӀ, тхан дӀакхалхар тавхьид а, суннат а тӀехь де Ахь.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

14 Oct, 12:03


АллахIана уггаре а гена долу дог - къиза дог ду.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

12 Oct, 08:28


Жоп ца луш доlа хуьлуш а дац! Делахь а, и жоп далар кхаа кепара хуьлу, вайна Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) ма-дийццара: я ахь Шега дехнарг ло хьуна Дала, я, цуьнан метта, тlебогlуш болу бала юхатуху хьох, я эхартана ял язйо хьуна.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

10 Oct, 07:49


Имам ШафиӀис (رحمه الله)аьлла:

«إذا ڪان لك صديق يعينك على الطاعة فشدّ يديك به ، فإن اتخاذ الصديق صعب ومفارقته سهل»

«Нагахь санна (АллахӀана) муьтӀахь хиларехь хьайна гӀо деш доттагӀ велахь, чӀогӀа лацалахь иза, хӀунда аьлча доттагӀ карор хала ду, амма цуьнца къастар атта ду».

«Хьил'ят ал-авлия», 4/101.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

09 Oct, 18:52


١еламнаха аьлла: Нехан х١усамаш чу хьежар а, нехан уьйт١а хьежар а кегий къиношха ду.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

07 Oct, 18:56


Если вы не выучите Коран, то кто?

Если вы не являетесь причиной того, чтобы ваши родители были прославлены и их ряды возвысились перед Аллахом, кто возьмет на себя эту задачу?

Если вы не являетесь практическим примером для подражания своим детям в компании этой великой книги сейчас, то когда?

Скажи мне, когда заучивание Корана станет одним из твоих главных приоритетов?!


Напоминание для себя ...

‎ففروا إلى الله

07 Oct, 10:51


ДУБАЙСКИЙ ШОКОЛАД

Дубайский шоколадал мерзаниг йици аса шуьга?

Цlена АллахIан доьхьа аша луш долу сагlано шуна дагчохь лура йолу ийманан марзо цхьанний шоколадан марзоне ма ца кхочу, я дубайский шоколад, я шотландский шоколад, я индийский шоколад!

Оццул теттана ахча цунах дlалочул цуллаъ и ахча шайн бодане хира долу каш нуьре де и ахча АллахIан доьхьа сагlийна хьаште волчу бусулба стаган дlалой!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

05 Oct, 18:27


‏رُوِي عن إسحاق القاضي أنه قال:

لقَد شتموني في ثمانين سطراً، ولم تستفزني إلا عبارة "يا أعزب".
                  
📚تاريخ بغداد.

Исхьакъ аль-Къодых лаьцна дуьйцу, цо элир аьлла:

– Дезткъе(80) могl базош нах лийра суна, делахь а суна lотта ма ца делира «хlай зуда ялоз верг» аьлла дешнаш бен.))))

📚Багlдадан тарих.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

04 Oct, 16:27


Аллахlа шен лайна собар ло муьлха а бала, йа сингатта цуьнга боьссича. Цхьа долу хlуман ойла йокх ахь, йа Аллахl и санна дерг кхаьчнехьари соьга и муха лалура дара те, олий. Далахь а, Аллахlа собар локх.

Йа Аллахl, докх собар ло Ахь тхуна!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

03 Oct, 10:43


х|ай, Аллах|ан г|ийла лай, тахана хьай сатийсамаш белхабан виц ма лолахь!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

29 Sep, 18:50


Церан къамелаш сингаттаме ма войла хьо.

[Сурат «Йасин» 76 аят]

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

28 Sep, 19:24


АллахӀана Ӏеса а хуьлуш долийначу хӀуманехь ирс, беркат хир ду бохург бакъ дац…

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

26 Sep, 17:40


Пардо-м тlех сов хаза ду, ткъа дог?

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

26 Sep, 14:51


Даиман хира йолу Ялсамане вуьгуш волу lильманал деза хlу карийнера царна, и lильма оцу кепара дlатассал?!

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

25 Sep, 08:39


Хаалахь, муьлхха а дика айхьа дича, Аллахӏана лиъначул тӏаьхьа бен айхьа и дина даций.

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

‎ففروا إلى الله

24 Sep, 14:43


«Суннат лелор хьуна дазделлехь, хаалахь, хьан дагчохь цамгар йуйла».

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh