Цхьа йиша дӏа яьлла бохуш хезна. Ӏилма ӏамош йара бах и йоӏ.
Ӏилма ӏамош ваша, йиша дӏа даьлча чӏогӏа новкъа догӏу. Сингаттаме хуьлу уьш чӏогӏа кӏезга хиларна, церан меттиг дӏа лоцуш кхин берш ца хиларна. Хӏора мутаӏелам чӏогӏа коьрта меттиг дӏа лаьцна ву шен доьзалехь, гергара наханна юккъахь, юртахь, махкахь. Цуьнгара ӏилма даржа доладелла дацахь а, иза ца кхиънехь а, цу мутаӏеламехь йолу дикалла иза адам нисло, дин даьржа, мохк денло, латта нуьре хуьлу бахьанехь ду. Ӏилма долчарна санна цхьанна а ца вевза Аллахӏ, цхьа а ца кхоьру уьш санна Аллахӏах, цундела цара деш долу ӏибадат шаьш муха до, Хьанна до хууш цӏена ду. Цул совнаха ӏилма ӏамадар, Мухьаммад ибн Аби Бакрас ма аллар: "ӏилма ӏамадар даго деш ламаз ду." валлахӏи мел доккха ирс ду Аллахӏ вевзаш, везаш, дог цу ӏилма ӏамадаран ламазехь долуш Аллахӏанна дуьхьала вахар.
Вай ойла йан йеза, валлахӏи вай дагахь хӏун ӏамийна, вай мел жайнеш дешна вай хӏун йазъйина, вай хӏу дӏа хьехна иштта коьрта ма дац, массане бу и дериг лела дина иза дӏа тесна... Коьртаниг вайга валар кхаьчча вай хӏун леладеш хир, муха дахар дӏахьуш хир ду.
Йа Аллахӏ, къинхетаме, комаьрша Эла, къинхетам бе Ахьа цу йишах Йа Рохьман, йа Рохьийм! Гечде Ахьа цунна йа Гӏоффар, йа Гӏофур!
Цу сингаттамах дакъа мел кхаьчначунна хаза собар ло Ахьа, йа Ваххӏаб! йа Аллахӏ каш нуьре де Ахьа цуьнан! Йалсаманан бошамашех цхьа беш йе Ахьа цуьнан кошах! Жоьажахатех ларъйина, Фирдавс ло Ахьа цунна!
хӏай къинхетаме, комаьрша Эла, тхуна а собар ло Ахьа хьайн динехь чекх довла! Хаза чаьккхе а, Фирдавс йалсамане а ло Ахьа тхуна!