Нохчийн дешначу нехан кхеташо @khetasho Channel on Telegram

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

@khetasho


📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Нохчийн дешначу нехан кхеташо (Chechen)

Добро пожаловать в канал "Нохчийн дешначу нехан кхеташо"! Здесь вы найдете увлекательные истории на чеченском языке, которые раскроют перед вами мир традиций и культуры нашего народа. Каждая публикация наполнена увлекательной информацией, которая позволит вам окунуться в fascинирующий мир чеченского наследия. А чтобы быть в курсе всех новинок и обновлений, не забудьте подписаться на нашего бота @Khetasho_bot и следить за нашим YouTube каналом по ссылке https://youtube.com/@khetasho. Присоединяйтесь к нам и давайте вместе познавать удивительный мир чеченской культуры!

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

14 Feb, 16:12


1659-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Фатихьат» сурат доьшуш тӏаьххьара аятехь саца мегаш дац олуш хезнера суна, и бух болуш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

13 Feb, 16:02


1658-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вай Нохчийчохь цхьацца берана пособи, безработни ахча, иштта кхийолу пачхьалкхан услугашна кехаташ чулуш зударий бу, цхьанна а организацин белхалой бац уьш, шайна цунах мах оьцуш, оц хӏуманах кхеташ  волчуьнга хӏоранга а шега чудалалур долуш кехаташ ду уьш, шайн чохь ӏашшехь, сайт чухула. И нехан кехаташ чулуш уьш чудаларна цара луш долу ахча хьанал дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

12 Feb, 18:37


1657-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан цхьа доттагӀ ву. Хьалха чӀогӀа дин лелош вара иза. Амма тӀаьххьарчу масех шарахь ширк лело волавеллера иза, дин нийса хиларх шек ву ша боху цо, деккъа дика стаг хилча тоьур ду боху цо. Мел чӀогӀа гӀертарх, сан ницкъ ца кхочу иза тешийта, ас цуьнга хӀуа дийцича а, шен тешамехь чӀагӀвелла ву иза, ша шеко йоцуш кхин цкъа а хийцалур вац бохуш. Хаттар: ас хӀу дан деза, кхидӀа а цуьнга телефон тоха, цунна доӀа дан деза, я цуьнца зӀе латтор дӀа а тесна, иза Ӏаддавитина, кхин цунна доӀа ца деш Ӏен веза? ХӀунда аьлча цо гуш ширк до, ткъа Къуръан чохь аяташ ду мушрикех дӀа а къаьстина, цаьрца доттагӀалла лело дезаш цахилар. Иштта аяташ ду, муъма нахана а, пайхамаршна а, мунепакъашна а гечдар дехар нийса дац аьлла. ХӀун дан деза алахьара ахь, хӀунда аьлча, суна ца хаьа, цунна доӏа дан йиш юй.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

12 Feb, 18:33


1656-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз дан цамегачу кхаа ханна юкъадогӏий ламаз эцча деш долу суннат а?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Feb, 17:04


1655-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дуй бохийча луш долу каффарат дала аьтто ца хилла и бохийначу хенахь, кхоъ марха кхаба дезаш хилар, ткъа уьш ца кхаьбна. Юха тlаьхьа аьтто баьлла каффарат дала. Тlаккха и дала деза я кхо марха кхаба деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Feb, 16:44


1654-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тхан доьшучехь ахча а луш предметаш дӏакъовлу цхьаболчара. Иштта ахча делла дӏакъовлийта мегаш дуй? Тӏаккха доьшуш болчаьргара ахча схьа а оьцуш, хьехархочунна и дӏакховдош, шена тӏе а доккхуш, юкъарлонча болх бан мегаш дуй? И ахча хьарам-м ца хуьлу?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Feb, 08:16


1653-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан цӏийнда шен накъосташца лото ловзу, пхиъ я итт соьмаш юккъе а дохкуш. Цунах ловза мегаш цахилар хаза дийца хьожу со массо а агӏора, дукха хьолехь дов долу тхан. Цуьнца девнаш даьхча доккха къа хуьлий-теша суна?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Feb, 08:11


1652-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шина хlусамненаца нийсо ян гlерта со, шишша де декъна ас, цаьршиннах цхьаъ шен ши де долуш, я оцу шина дийнахь цхьа де шен дисна а долуш шен ден цlа яхча шен лаамаца, цо ша яха мегар дарий аьлла дехарца, шен денош доцучу хенахь яха а йиш йолуш ю иза, юха и цlа еъча цунна и денош декха дезаш вуй со?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Feb, 08:08


1651-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Садолу хӏуманаш йолу суьрташна басар хьакха мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 15:36


1650-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Масала: хьалха статьяш йиттина чубоьхкина вежарий бу, цул тӏаьхьа арабевлча, церан картанаш, историш бехйина, блок йина. Цхьайолу меттигашкахь карта ца хилча балха ца хӏоттало. ӏедало Украине тӏом бан гӏахь, карти тӏера лаьцна хилар дӏадойур ду олу, кхидӏа йолу новкъарлонех хьалхьавоккхур ву бохуш. Цунах долу хьал алахьара.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 15:32


1649-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Наб кхетта ламазан хан дӏаяьлла иза тӏаьхьадисина. Тӏаккха оцу хьолехь хӏун дан деза? Муха меттахӏотто деза и? Доькхуш ламаз аьлла, я тӏеоьзна ламаз дан аьлла ният хила деза? РакаӀаташ кӏезга дан деза я ца деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 15:29


1648-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз деш хилла волчу стага ламаз дитинехь, юха цо ламаз дӏадоладаллалц и стаг динчуьра араволуш ву бохург бух болуш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 15:25


1647-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьаж-цӀа, ӏумрaте доьдуш долчу адаман суьрташ статусе хӏиттош, Далa къобалдойла хьан ӏумрат бохуш, и хӀуманаш лело мегий? И ӏамaл ма-хуьллу къайлаяхьар дика дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 14:23


1646-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Масала, жамаӀат-ламаз диначул тӀаьхьа цхьана декъашхочунна дагадеара шен ламаз керахь хилла доций. Ерриг жамаӀатан ламаз галдаьлла ду, я оцу цхьана стеган ламаз ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 14:20


1645-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Фарз лийчар тӏерадокхш бага а, мерчу а хи кхарзар суннат дуй? И ца кхерзича мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 13:35


1644-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шаӏбан беттан дозалла дийца, цу баттахь марханаш кхабаран хьукма хӏун ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 13:28


1643-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Керста стаге «выздоравливай» алар муха ду, иза цомгуш хилча?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 13:26


1642-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Богlуш боцуш боьллина сардам боьдий стагах? Я боьллинчух шех боьду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 13:18


1641-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тажвидехь, элп схьадоккхуш нийса даккха олу, чӀогӀа хала схьадоккху цхьаболчара уьш, Къуръан доьшучу хенахь хьайна ца хууш цара муха боху, и иштта Ӏамо дезий? Цхьаццадолу элп кӀирнах цхьаьна Ӏамо дезаш хуьлу, и нийса алийта.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Feb, 07:24


1640-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Стага, ша къинойх ларлучу хенахь, Аллахlа кху дуьненчохь шена lазап даларна кхоьруш и деш делахь, иштта Цунах генавала кхоьруш деш делахь, муха хуьлу ишттачу хӏуманан хьукм?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Feb, 10:43


1631-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Турци деша хӀиттош кехаташ чулуш гӀо дечехь болх беш ду тхо. Зудабераш а хуьлуш кехаташ чудала лууш. Зудаберийн кехаташ тӀелацале хьалха цара сафар бехкамаш (махьрамаца хилар) ларбийр буй хаттар, ларбийр белахь бен церан кехаташ тӀе ца лацар тӀехь дуй тхуна? Я и царна тӀехь ду аьлла, цара и лардийриг хиларх тешна тхайн болх бан йиш ю тхан? Кхечу къаьмнашкара бусалба динехь доцу зудаберийн кехаташ тӀелацар муха ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

04 Feb, 14:29


1630-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кхечу гӏалахь туькана чохь хӏора кепара къаьркъа, сигаьркаш, иштта кхийолу цамагийна хӏуманаш хуьлу, ша йоккха супермаркет хиларе терра.
Цу туькана чу балха ваха, яха мегар дуй кассир?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

03 Feb, 20:07


1629-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Оха царна хьалха а дуьхьало хӏоттийна, царна тӏехьа а дуьхьало хӏоттийна, Оха царна тӏе кхоллар а кхоьллина - цундела ца го царна.
[Сурат: Ясин, аят: 9]
И аят деша бохуш дӏайсакхуьссуш ду, цо къайлавоккху бохуш. Бух болуш дуй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

03 Feb, 19:58


1628-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьана вешина миллион ахча ло, цо хӀора баттахь 50 эзар ахча ло цу миллионах, юха шена ца оьшучу хенахь и миллион схьало, иштта дерг риба юкъагӀур дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

02 Feb, 14:02


1627-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цомгуш бер дара дарбан цӏийнашкахула лелош, массийтта шо ду и иштта лелош долу, массийтта лоьро психологна тӏедига аьлла. Динехь мегар дуй и психологна тӏедига?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

02 Feb, 13:59


1626-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Камасалайта» дешар тӏехь дуй тӏаьххьара ташаххӏудехь? И тӏехь ду аьлла болу ӏеламнах муьлхурш бу?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

02 Feb, 13:56


1625-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьаьннан мазхIабехь а воцуш, Пайхамаран суннаташ лардеш леладан мегаш дуй бусалба дин?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

02 Feb, 06:20


1624-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хӏусамдас шен зуда йитина, цу тӏаьхьа цхьа шо бархӏ бутт баьлча хӏусамнана юхаялийна. Цаьршимма там-мах юха бан безий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

02 Feb, 06:16


1623-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьа хlума яра суна дукхаезаш, и Делан дуьхь сагӏина дlаяла дагадеана. Ткъа сан нана реза хир яц ас и дlаелча. Хlун дича гlоли хир ду ас цу хьолехь?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

01 Feb, 13:11


1622-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Вакъия» сурат хӏора буьйсанна дешар рицкъ-аьтто хилийта
цхьа а бух болуш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

01 Feb, 13:10


1621-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Муьлххачу цамгарна зам-зам хи мийлар муха ду-те?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

01 Feb, 13:08


1620-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сужудехь вайн маттахь доӏа дан мегий, муха дан деза и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Jan, 10:03


1619-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Европехь негатив еъча и латкъа (обжаловать) де олу, ткъа и дича кхел йо, кхузахь мелла а Ӏен йиш йолуш кехат даккхархьама еш хуьлу и. Цига вахар хьарам дуй? Мелла а схьадостуш жоп лахьара, и гражданалла яц, кхузахь ӏен йиш йолу кехат ду доккхуш дерг.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Jan, 10:01


1618-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьаболу шичой йижарий, вежарий санна хьалакхиъна хуьлу. Йишас-вашас санна юкъаметтиг лело йиш юй церан? Вовше телпо чухула я вуьштта а оьшург алар, шаьшшиъ дисина а доцуш чай моьлуш ӏар, дистхилар а мегаш дуй царна? Я нехан адамах санна ларбала беза уьш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Jan, 08:56


1617-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Аллахӏа гечдийр доцуш долу къа маса ду, муьлхург а ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Jan, 08:45


1616-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Масала: цхьа стаг шен ӏилма ӏамош, нийса дерг довза гlерташ лелаш ву.
Делахь а, вайн цӏахь ӏаш хиларо дуккха а хӏума дита дезаш нисло. Тӏаккха шен чуьра доьзалхо дӏаваьлча, цунна кхочушдан дезаш хуьлу вайн цӏерачара мел лелош долу бидӏаташ (и дӏавуллуш, иштта кхидӏа а), шен кхерамазаллина дуьхьа а. Ишттачу хьолехь цунна къа хуьлий, цара де аьлларг кхочушдарна?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Jan, 19:23


1615-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас валдберис чуьра беранна масех хеча эцнера тӏедиллина (в рассрочку), иштта эцало моьттуш. Юха цхьа хан яьлча хиина суна и кредит санна хlума юй, цу хечех сан дог даьлла, айса и ца хууш динехь а. Уьш цхьанна дlaяла мегий, я гӀоли дерг, дlaкхисса оьший?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Jan, 16:18


1614-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз дан хууш ца хилча, хьекъал доцуш хиларна, Дала гечдой, ламаз деш цахиларна?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Jan, 13:51


1613-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цӏерпошт чохь ламазна мича верза веза хууш ца хилча, со ӏаччехь дичхьана волий со?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Jan, 13:34


1612-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вистхуьлуш даима бага гӏеттор, цунна хӏун дарба хир дара-теша?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Jan, 20:25


1598-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз деш воцуш, молуш, зинаш деш, иштта шен дегӏана зулам деш волчу стагана, масала, ахь муьлхха а цхьа дика болх бича хьуна ял хир юй цунах? СагIина хӏума лойла ахь, я цхьана хIуманна тӏехь гӏо дойла ахь, я цхьана балха хӏоттавойла ахь и, масане хуьлу.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Jan, 06:22


1597-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Мавлидах лаьцна хаттар дара сан. Вайн чохь къобалдеш хӏума дац и, делахь а, марзахоша лардеш хӏума ду. ХӀусамда воьду цига, цунна хаьа и бидӏат дуй а. Сайн доьзал цунах сайн ма-хуьллу ларбан хьожу со, уьш цига ца бахийта. Цу мавлиде суо чӏогӏа ца лууш йоьду со, нус хиларна дакъа лаца дезаш хуьлу цигахь, шалхонаш лелош санна хеташ айса, сан даго къобалдеш хӏума-м дац и. Ас хӏун дан деза цу хьолехь?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Jan, 06:11


1596-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Марзахоша хӏусамда вина де хилча, торт йохьуш, цхьацца хӏума леладо. Цара кховдийна йолу хӏума схьаэца мегаш дуй? Марзахоша шаьш даздечу хенахь тхо а кхойкху, чай мала дуьйла олий. Цу хьолехь хӏун дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Jan, 17:58


1595-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Мубарик цӏе тилла мегаш дац бохуш хезнера суна, бакъ дуй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Jan, 17:53


1594-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вина де даздеш дац оха, я вовше декъалдеш дац. Делахь а, ненаден вина де хилча, шолгӏачу дийнахь вовшахкхета тхо стол кечйой. Уьш бина де ду аьлла ца кхета, вуьшта царна шаьш дицделла аьлла дага ца даийта, хала ца хетийта. Иштта дар муха хир ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Jan, 06:42


1593-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ахча а делла, доцу лазарна даккхийтина пенси хӀун хьал долуш ду (цу хенахь ца хаьара хьарам хила мегий)? Шен а, шен доьзалан а хьашташна дохка мегий и ахча?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Jan, 13:56


1592-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Суна хезнера, ахь хьанал къа а хьоьгуш (куьйгашца болх беш доккхийла ахь и, я коьртаца болх беш доккхийла ахь и) болх бина даьккхина рицкъ санна, шеца пайда болуш, шеца цхьа хайр долуш дац, хьуна цхьамма сагӏина делла, я хьуна цхьа атта карадеъна рицкъ, иштта дуй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Jan, 13:52


1591-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьан веши зуда (нус), масала, сайн вешин цу хӀуманна тидам боцуш, я цо цуьнга ца олуш, цуьнгахь вайн Ӏадатехь ца догӀуш хӀума делахь, ас цуьнга ала мегар дуй, хӀара хӀума хаза дац, я вайн Ӏадатехь догӀуш дац аьлла?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

16 Jan, 14:37


1590-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Марзахойн агӏора цхьацца девнаш дийлина хьал ду сан. Сан бехк болуш дийлина дац, дукха шерашкахь соьца харцонаш лелийна цара, дукха зенаш дина. Диц ца ло суна и дерриг. Берийн дехой бу-кх уьш бохуш, цаьрца дика йолуш схьаеана ю со. Со цаьрца мел дика хиларх, соьца дика хилла бац уьш. Цара сайна мел лелийнарг дагчохь къуьйлуш ӏаш ю со, амма царна ела а елла ю. Шалхонаш лелош-м хир яц со? Сайн кийрахь мел дерг царна гучудаккха лаьара суна, уьш хийцабаларе чӏогӏа сатийсина ю со. Суна муьлха хьехар дийр дара аша?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

16 Jan, 14:33


1589-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со ӏатӏарш духкуш ву. Масала: цхьадолу ӏатарш зударшна а, стегаршна а тоха мегаш хуьлу. Зударша оьцуш а нисло, тӏаккха цара арабовлуш тохахь, цунах суна къа хир дуй? Я зударшна ца дохкар гӏоли ду? Къинах ларвала хӏун дича дика хир ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

16 Jan, 14:26


1588-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Каӏбанна бен го таса мегаш дац олуш хезнера суна, масала: кошана го тийса мегаш дац бохуш. Вайн наха зикр дечу хенахь го туьйсуш до-кх и,
цуьнан хӏун хьукма ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

16 Jan, 14:20


1587-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Адам пайхамар (ӀалайхӀис-салам) маса шарахь ваьхна?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

16 Jan, 14:18


1586-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Динехь куьг тасадалийта мегаш дац олуш хезнера суна, бакъ дуй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

16 Jan, 06:32


1585-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зуда йита йитина дӀаяхийтиначул тӏаьхьа и зуда юха цӏа ялийна ца хилча, цул тӏаьхьа дикка хан яьлла цуьнца зӏене ваьлча, юха хьо йитина ю аьлча, шолгӏа йитина хуьлуш юй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

16 Jan, 06:13


1584-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламазехь сужуде вахча 7 меже сужуде яха езаш ю-кх вайна ма-хаъара. Тӏаккха, масала, арахь лайлахь ламаз дан дезаш нисделла, когахь цӏокан эткаш ю андий, цаьрца когийн пӏелгаш башха сатта ца ло, ишттачу хьолехь гӀеххьа сатталуш хилча дан мегар дуй ламаз?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

15 Jan, 23:24


АллахӀа боху: «Масане жимачу тобано йоккха тоба эшийна АллахӀан пурбанца. Боккъалла а, АллахӀ собар долчаьрца ву».
[Сурат: «ал-Бакъарат», аят: 249]

Кхечу аятехь боху Аллахӏа: «Оцу дийнахь бусалба нах баккхийбеш (самукъадуьйлуш) хир бу, шайна Дала белла болчу толамах».
[Сурат: «ар-Рум», аяташ: 4-5]

Селхана - Сири, тахана - Палестина, кхана - Даймохк, Дала мукъ лахь!

Хастам бу АллахӀана, юха а хӀара хаза де Цо вайна даларна!
Палестинхоша мел хьегна къа, цара мел диттина са, цара мел Ӏевшина къахьалла, боха а ца бухуш церан латтар, дукха масалш гайтира цара. АллахӀа шен дуьхьа дойла цара хьегна къа! Церан набахтехь берш АллахӀа маьрша бохийла, лазинчарна маршалла дойла, кхелхиначаьрна ялсаманица бекхам а бойла! Бисиначарна цу толам тӏехь латта ийман, собар а лойла!
ХӀара санна денош АллахӀа вайна эша а ма дойла!

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

https://t.me/Khetasho

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

15 Jan, 21:42


1583-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кхаа беттан марханаш кхабар деза дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

14 Jan, 04:10


1582-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тхан лулахь маьждиг ду. Цкъа арахь лаьтташ долуш оха барт бинера, ӏуьйра-ламазна маьждиге ца веъначо, цу дийнахь маьждигехь хиллачарна ӏуьйра-ламазна цхьацца яй баьккхина, я шашлык яош хӏума дийр ду аьлла. Ӏуьйра-ламазе догӏуш долу адам совдаьллера. Цхьаъ маьждиге ца веана, цо тхуна яй баьккхина, жижиг диънера оха. Юха цхьаццаболчара и хӏума лелор нийса дац аьлла, дисира иза. Иштта ламазе ца веъначо яй боккхур бу аьлла, тхо яхье дуьйлуш маьждиге лелча, цуьнан хьал муха хуьлу?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

14 Jan, 03:59


1581-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. АллахӀа суна битина харжам бу: экзаменна дикка кечам бар, ледара кечам бар. Ткъа ас ледара кечам бина экзамен дӀа ца ели. ТӀаккха ас дика кечам бинехьара лур ма ярий, иштта ала хӀунда мегаш дац? Цунах ца кхета со.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

14 Jan, 03:57


1580-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тхан дас тхо кегий долчу хенахь тхан нанна чӏогӏа етташ, хьийзийна, оьзда доцу хӏуманаш дуьйцуш, сийсаза еш хӏума лаьттина. Со 27 шо долуш ву, и хӏума бахьана долуш, деца чӏогӏа хала юкъаметтиг ю сан. И юкъаметтиг муха нисъян еза? Насыхьат дахьара.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

12 Jan, 04:57


1579-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тайнигаш ловзадайта мегар дуй бере? Левзина яьлча тӏоьрмиг чу а дехкина дӏадохкуш хилча.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

12 Jan, 04:55


1578-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тӏехь декхар долуш, ӏумрате ваха мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Jan, 11:43


1577-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайлдберис чуьра Къуръанан пропись эца мегий? Вуьштта деза ду и механа, цу чохь дорах ду.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Jan, 11:42


1576-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан нанас хӏopа ламаз дина ваьлча куьйгаш айдина доӏанаш даp нийса ду боху, иштта ламаз тӏехь дукха хан яккхаp а. Хӏopа ламаз дина мосазза йолу куьйгаш айдина доӏа дан мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Jan, 11:37


1575-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Суджуд ат-тилава» деш ламаз керахь хила дезий? Я ишттачу меттехь доьазза доьшуш долу дешнаш эр ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Jan, 11:20


1574-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Борз нахаца ийна ю видеош тlехь, и ер ямартло ю аьлла жоп ду. Шен бер, я къанделла да-нана, я милла а лелачу меттехула, мел ийна хилча а, акхарой лелийта хьанна луур ду? Борз кера lемаш а яц, цхьаьнца ийна а йолуш, кхиверг цо цоьстур ву. И борз схьамарзйинарш ца хуьлу цу гlуллакхна бехке? Забар ма яций иза, берзалойн меттиг хьуьнхахь ю, жlаьло ма даьхьна дукха хан йоцуш бер, барзо муххале а хьур ду.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Jan, 19:05


1573-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Керла шо» цlе йолу денца а, цуьнца доьзна мел долчуьнца а цабезам хилар тlехь дуй бусалба стагана?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Jan, 18:40


1572-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Берашна дукхавезарг Далла дукхавеза бохуш долу къамел цхьа а бух болуш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

08 Jan, 13:40


1571-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчунна говр хахка мегаш дац олуш хезнера суна, бакъ дуй и? И делахь, хӏунда ца мега?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

07 Jan, 16:51


1570-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Керла машен, я иштта тӏехуу хӏума эцча деш доӏа ду олуш хезнера. Яздийр дацара аша и доӏа?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

06 Jan, 12:02


1569-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьа йиш ю Германехь ӏаш, доьшуш. Цуьнан дешар делкъа-ламазан хан хилча дӀадолалуш ду, дарсаш дукха долуш малхбуза хан туьлуш ю боху, и дар а ца хуьлу боху дарсаш доьлхучу юкъанна, тӏаккха ишттачу хьолехь тӏе а оьзна дан мегар дуй делкъа-ламазца бохуш хоьтту цо.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

06 Jan, 11:54


1568-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз дечу хенахь 7 меттиг ю боху-кх доӀа дан йиш йолуш, ткъа цхьацца доӀанаш хуьлу, уьш деша лаьа, амма дагахь ца хаьа. ТӀаккха ламазехь волуш телпо схьаэцна, телпо тӀера деша мегаш дуй уьш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

06 Jan, 11:50


1567-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз дечу хенахь дуьххьара атхьиг доьшуш галволу со. Масала: дуьххьара ши бисмал дешна-те ас, я деша а дешний олий. Цу хьолехь хӏун дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

06 Jan, 11:48


1566-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз деш фатихьат дешча, кхин сурат деша дезарх лаьцна цахууш дуккха а нах хилла, цуьнан бух схьабалош, фатихьат тӏаьхьа и деша дезарх лаьцна дуьйцур дацара аша?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

03 Jan, 11:39


1565-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас дуй биъна и кхочуш ца бина.
Тӏаккха и дуй биъначул тӏаьхьа кхобуш долу марха муьлхха а хенахь кхаба мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

03 Jan, 11:37


1564-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шайх Мухьаммад ибн lабдул-Рохьман Аль-lарифийс яздина жайна «نهاية العالم» Саlудехь дохка магийна дац олуш хезнера суна, ткъа и жайна деша мегар дуй? Оцу жайнин вайн маттахь маьlна доккхуш цхьа а вуй, цуьнан дарсашка ладогlа?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

03 Jan, 08:34


1563-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Къуръан доьшуш волуш ламазана молла кхайкха волавелча сацо дезаш ду боху-кх Къуръан. Тӏаккха дӏадолийна аят чекхдаккха дезий, я молла кхайкха вола ма веллехь саца веза аят чекхдаьллехь я ца даьллехь а?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

03 Jan, 08:30


1562-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Экзамен схьаязъян мегий и онлайн хилча, ахь и дешар чекхдаьллачул тӏаьхьа айхьа болх бийр боций хууш хилча. Цу дешаран бахьана, цигахь дӏаязвалар, доьшуш ву аьлла кехат хилийта, кхечу махкахь ваха аьтто хир болуш.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

02 Jan, 13:37


1561-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайлдберисан складехь болх бан мегар дуй, цу чохь хьарам йолу хӀуманаш хилча? Масала: жаӀар хуьлу, малар хуьлу.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Dec, 13:32


1560-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Бехказло йоцуш ламазан хан тилийтича, хан дlаяьлла чул тlаьхьа дина ламаз муха лоруш ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Dec, 13:18


1559-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчо йовлакх тиллина, тlехула туьллуш куй лело мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Dec, 12:55


1558-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайн цlахь цхьамма топ тоьхха борз йийна, хlинца и йийнарг газа ю бохуш дlайсакхуьссуш ду наха. Газано борз йийна де бохуш. Мегар дуй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Dec, 06:00


1557-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кредит ахча эцар, шен нана маре йигарал а чlогlа хьарам ду-кх, нийса кхеттий-те со хьадисах?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Dec, 05:51


1556-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со суннат-ламазаш деш ву, азкараш доьшу, гечдар доьху, Къуръан доьшу, хӀора дийнахь ца доьшу. Дагчохь цхьа бала бу сан, гӀайгӀа ю, цхьа вониг хила там бара бохуш хуьлу, самукъа ца долу. Иштта хьал долу дуккха хан ю, хӀора дийнахь ца хуьлу суна иза. ХӀун дича бакъхьа хир ду ас? ХӀун бахьана долуш хила йиш ю и саннарг?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Dec, 05:37


1555-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Карийна ахча дара, ткъа и дерг схьакарош вац. Цу адамана тӏера сагӏина аьлла и ахча оьшучунна дӏадала мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Dec, 05:33


1554-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Стаж хилийта кехаташ тlехь хьо дlаязвайта мегий? Цара милла язвина цхьаъ дlаязвеш хилча цига иштта а.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Dec, 17:05


1553-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Чуртан тӏулг лекха хила мегаш дац бохург бакъ дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Dec, 07:57


1552-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчунна шолгӏа, кхозлогӏа лерга ӏуьрг даккха мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Dec, 11:06


1551-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со шийлачу меттехь болх беш ву, арахь -20, 40 иштта шийла хуьлу кхузахь, цундела ламаз эцарца жимма хало хуьлу. Пазаташ тӀехула масхьа дан мегий ас, я мачаш тӀехула дан мегий? Иштта мегаш ду олуш хезнера суна.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Dec, 09:33


1550-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сайна балха тӀехь иштта низам хӀотто йиш юй сан: балха схьавале я схьаяле мел лахара а 1 жуз Къуръан дешна хилийтар. И низам сайн белхалошка лардойтур долуш, амма цу тӀехь царна экзамен ца еш я ницкъ ца беш деккъа иза деша бохуш хьехар деш.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Dec, 09:27


1549-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дуьххьара хӏусамдас йитина, масех бутт баьлча юха магийна. Юха масех шо даьлча ю а йитина цо со, юха магийна. Кхозлогӏа мардас шен кӏентан цӏарах юьту аьлла хилча, йитина лорий со? Хӏусамдас йитина аьлла дац соьга, мардас сан веше телпо тоьхна, хӏара йитина ю, цӏа йига аьлла. Цхьа шо ду со сайн 5 доьзалах хьоьгуш цӏахь ӏаш йолу.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

27 Dec, 17:15


1548-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хlинца цхьаболчара дуьйцуш ду, зуда-стаг дlайсакъаьстина а долуш, юккъехь бераш а хилча, зудчо шена оьшург цу стаге ала а олуш, бер дарбанан цlийне дига дезахь, цхьаьна машенахь цига а боьлхуш хила деза бохуш. Суна хlинццалц вайн къомехь гинарг, мацах майра лаьттина хиллачух кхечу божарех чул сов къаьхкаш, цуьнца гар иэхье лоруш дара. Динехь муха хила деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

27 Dec, 17:09


1547-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан цlиндас суна ца хоуьйтуш загс дlаяккхийтина, ахча а делла.
Суна хиъна а дацара цо и хӀума лелош, загсе вахна иза и кехатш схьаоьцуш, я оьшуш хилахь а цига хила, ша куьг язйина дац боху. Цо иза сан паспортаца кхечу зудчуьнга яйтина-кх доцца аьлча, со йолуш санна и яхна-кх цига, ткъа сан цlийнда кехаташ дlалуш иштта загсе хилла оьшуш хилахь аьлла. Хlумма дуй иза дlаяккхар?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

27 Dec, 12:43


1546-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. ТахӀажжуд дина Ӏуьйра-ламаз хан хила ахсахьт дисинехь, цу ханчохь сайн Ӏилма Ӏамийча мела хуьлий? Я цхьа зикр олуш яккха еза и хан?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Dec, 15:18


1543-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Марехь хилларг я бераш дерг зуда ялийна хилла воцчо ялорна реза ца хуьлу нах. Тlаккха зуда ялийна хилла волу я бераш долу стаге марехь хилла йоцу йоl яхийтар муха ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Dec, 14:59


1542-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас теллина дагардина а 15 а, 20 а юккъехь даханчу шерашкахь тlекхабаза дисина фарз марханаш ду. И марханаш деккъа тlекхаьбчхьана волу со, я царах кхин а каффарат дала деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Dec, 14:56


1541-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Динах йоцуш, вуьштта шеггара дийцар дуьйцуш киншкаш язъян а, язйинарг еша а мегаш дуй? Баккъал хилла хlума дац дуьйцург, яздархочо кхоьллина дийцар ду.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Dec, 05:04


1540-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Энергетикаш мийлар хьарам ду я дац?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Dec, 05:03


1539-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хlора Пӏераскан-дийнахь доьзална мерза хlума эцар суннат ду бохуш даржош хуьлу наха. И бух болуш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Dec, 04:54


1538-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кларна банк олуш цхьа компани ю, цу чохь ахь цхьаъ эцча бутт чекхбалале дӏадала мега ахча, нагахь ахь хан тӏехялийтахь процент тӏекхета, ас сайн хенахь дӏаделла процент тӏе ца кхоьтуьйтуш, цу чохь хӏума эца мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Dec, 04:48


1537-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайна юхкуш гlараяьлла цхьа хlума ю, «Дарб Васим» олуш. Сихьранна а, васвасашна а, бlаьрг хиллачарна а, депресси йолчарна а, иштта цу белхашна гlо до цо бохуш юхкуш ю иза. Цхьацца зайт даьтта а, ажва хурманаш а ю цунах тоьхха. Баккъал а оцу лазаршна дарба молхано дан йиш ю, я нах lехош дуьйцуш ду-те уьш йохкархьама?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Dec, 04:42


1536-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламазехь нохчийн маттахь деш долу доӏа шена хаза а хезаш дан мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

24 Dec, 16:56


1535-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Невцо шен стунйиша дӀасайига мегар дуй, нагахь кхоалгӀа цаьршинца цхьа а зуда я стаг дацахь, балха хуьлийла иза, я доьшуче хуьлийла иза, мегар делахь, маца мегар ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

24 Dec, 16:51


1534-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сайн велла цӏийндена тӏера цуьнан дисина долу фарз марханаш кхаба лууш яра со. Со-суо оршот, еара деношкахь суннат марханаш кхобуш ю. Тӏаккха айса кхобуш долчу марханашца, цунна тӏера цхьана динахь кхаба мегий, шинна а ният дина?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

21 Dec, 14:01


1533-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тхан хӏусамехь цхьа а ламаз деш вац, я хӏусамда а. Со марехь йолу цхьа шо ах шо ду, 3 бутт болуш йоӏ ю сан. Ас ламаз деш дог этӏа церан, со марера цӀа яха бахьана дуй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Dec, 11:01


1532-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хӏара хаттар де аьллера. Ша лелош йолу йоккха керста зуда елла, шен цуьнан чохь ахча а, иштта цхьацца деши хӏума а карийна схьаэцна ша боху. Цу зудчуьнан цхьа а доьзалхо, я кхин цхьа а ца хилла. Цу хӏуманах хӏун дан мегар дара, и муха тӏерадаккхалур дара? Ша чӏогӏа дохкояьлла боху.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Dec, 18:18


1531-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Мачаш эцнера аса, лекха а яц уьш, амма, айра чӀогӀа хиларна делахь а, гӀовгӀа йо цара, уьш арахь лело мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Dec, 06:19


1530-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. 3-4 кӀира бен ца хилча доьзалхочух лацаелла, и доьзалхо дӀаваккха мегий? Бухара бераш кегий хилча, иштта кхин цхьана бахьанашна.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Dec, 06:16


1529-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со европехь ӏаш ю, цӏа яха кехаташ мегаш дац, къайлаха яха еза, йоьдуш хилахь, делахь а, гучуяларна кхоьру. Сан нанас суна сагатдо, суна къилахь-м дац цӏа ца яхарна?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Dec, 06:12


1528-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайн цӏахь еш йолу новостройкаш чохь «Исламская рассрочка» аьлла юхкуш хӏусамаш ю, цу чохь рассрочка хӏусам эца мегар дуй, цигахь иштта хьал хилча, хьан ахча дӏадала дезаш йолу хан тӏехъяьлча а проценташ тӏекхеташ яц церан, амма дерриг ахча дӏа а делла оьцуш цхьа мах хуьлу церан, рассрочка оьцуш хилча ахь маса шарна оьцуш ю хьаьжжина хуьлу церан мах.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

19 Dec, 06:08


1527-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Доьзалхочух йолуш лоьраша бер могуш доцуш хир ду аьллера,
(синдром дауна) олуш лазар, биъ бутт кхочуш хан йолуш. Делахь и бер дин даьлла, лоьраша бехкаш дохуш юьтуш яц шаьш аьлларг дина дlа хӏунда ца ваккхийтина, и хӏунда вина бохуш. Оцу нахана Аллахlе бекхам бехча къийлахь дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Dec, 18:24


1526-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьа экзамен я цхьа хьайна хууш доцу хӏума тӏера схьаяздар къа дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Dec, 18:21


1525-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Рузба дӀадаллалц делкъа-ламаз дан ца мега рузбане ца баханчара, зударша бохург бух болуш хӏума дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Dec, 18:18


1524-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вешин ахча йишина дала мегий? Тӏехь да-нана ца хилча, ваша ву сан, цуьнан ахча ас дохка мегар дуй цунна хууш хилча, цо мега аьлла хилча?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Dec, 13:28


1500-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шолгӏа зуда ялош хилча, цунна махӏр ӏумрат дайта аьлла хилча цуьнца ваха магийна дуй, хьалхара зуда а йоцуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

04 Dec, 14:32


1499-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Йоӏа маре йоьдучу дийнахь ламазаш тӏе а оьзна дан мегий, цу дийнахь хало хуьлуш хилча? Делкъа-ламазна малхбуза тlеузур долуш, юха пхуьйра-ламазна маьркӀажаниг тlеузур долуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

01 Dec, 14:13


Ӏаламаш кхиош-кхобуш волу АллахӀана бу хастам!

Бертан стоьмаш ду Шамехь схьалахьош, Гӏаланашца а, ярташца а.
Барт болчохь АллахӀа ша вуйла хоуьйту.

АллахӀа боху: «Масане жимачу тобано йоккха тоба эшийна АллахӀан пурбанца. Боккъалла а, АллахӀ собар долчаьрца ву» [Сурат: «ал-Бакъарат», аят: 249]

АллахӀа гӀо дойла Сирера а, Палестинера а вайн вежаршна, АллахӀа сихонца толам а лойла царна!

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

https://t.me/Khetasho

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 18:00


1498-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Татарстанехь курьер балха хӀоьттинера со, 5 заказ кхочушйина ас, тӀаьххьара цхьа заказ еъча, ас дӀаяхьа езаш йолу заказ юккъехь хьакхин аьлла цу тайпа цхьа сурсат дара-кх, тӀаккха ас и заказ юхатоьхна, цул хьалха ас йина 5 заказ юккъехь оцу меттера 1 заказ а ю-кх, хӀетталц цунна ойла йора ас, хьарам ду-те я хьанал ду-те бохуш, хӀара хьал нисделча хии-кх суна цу хьарам йолу хӀуманашца болх бар хьарам дуй, тӀаккха хӀинца и 4 заказ суна билггал хьарам ю-яц хууш ца хилча, царах долу ахча дӀадаккха дезий ас сайгара? ХӀунда аьлча цу туьканаш чохь хьарам доцу сурсат а я кхиерг а хила ма тарлой, ас дӀаяхьийтина. Юха цу юкъара ас бинчу балхана цу 5 заказах кхин а ахча даийтина цара, иза а сагӀина дӀадала дезий ас?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 17:57


1497-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. ХӀусамнанас Ӏилманца долу хаттар шен нисделча, цунна жоп лохуш Ӏилма долчу боьрша стаге ладогӀар новкъа хуьлу, ас и ца магадо, муьлхха хаттар соьга ло олий, айса цунна жоп лахарца дерзадо, мегар дуй? Цунах лаьцна алийша.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 17:54


1496-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас рассрочка сайна гӀирс эцнера, 100 эзар ахча дӀадала дезаш, сан цунна ахча дӀало хан тӀекхаьчна, 14 де хан яьлла сан цунна и дӀадала аьтто боцуш, сингаттам болуш, да, деваша вистхиллера, дӀалур ду, жимма собар дахьара аьлла, тӀелаьцна оха и декхар, ткъа цо шега ахча схьа ца ло аьлла заявлени делла Ӏедале, Ӏедало суна бохам бича сан хӀун бакъо ю? Декхар дуьсуш ду олуш хезнера суна, суна бохам бахь.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 17:50


1495-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчо бусалба ю ша аьлла боьрша стаг Ӏехийна хилча, (цуьнга маре яхархьама), ишттачу зудчуьнца хуьлуш долу хӏума зина санна лоруш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 17:48


1494-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. ЦӀийндас ойла йина (шен ойланехь хӀокху зудчуьнца кхин дахар хир дац аьлла) хӀуманаш хьалагулъе, цӀа даха деза аьлла, и дешнаш йитаран дешнаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 14:47


1493-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Маре йоьдуш йолу йоӏана кӏайн гӏабали йоха мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 14:45


1492-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас терхьаш до мархийн баттахь, сой хьалха а волий, Къуръан чекхдоккхуш, вайн махкара даккхийчу маьждигашкахь. Ткъа уьш «Масжид ад-Дырор» ду бохуш, ма де цу чохь ламаз олу соьга цхьацца вежарша. Вайн цӏера и даккхий маьждигаш «Масжид ад-Дырор» лоруш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 14:39


1491-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. ХӀусамнанна инвалид ю аьлла пенси дара аьлла ца ӏаш, хӏусамда цу шен хӏусамнанна оьшург латто дезаш вуй, хӏусамдега шен оьшург-езарг эца ала йиш юй цуьнан?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 14:34


1490-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тха нанас шен йишас хӏора дийнахь 10000 «астагӀфируллахӀи ва атубу илайхӏи» олу, и ала йолаелча дуьйна цуьнан хьал дуккха а хийцаделла дикачу агӏора, балхахь даржехь хьалаяьккхина, алапа дуккха а тӏетоьхна, массо а хӏуманна тӏехь аьтто хила болабелла боху. Иштта 5000, я 10000 дийнахь ала мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

30 Nov, 14:06


1489-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Муьлхха ламаз деш (фарз, суннат) хӀора фатихьатна тӀаьхьа «Ихлас» сурат деша мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Nov, 12:37


1488-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Суьрташ схьадаха мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Nov, 11:54


1487-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тахана хӀижрийн рузманца 13-гӀа де ду-кх, и ца хиъна марха юкъарадаьлла, хӀинца и кӀайн денош аьлла долу марханаш кхана дуьйна кхаба мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Nov, 11:12


1486-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цӏера со новкъаволуш хилча, делкъа-ламаз дина, малхбуза тӏеоьзна дан мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

27 Nov, 12:26


1485-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Пӏераскан дийнахь тӏаьххьара долу сахьтан чохь, я вуьштта езачу хенахь деш долу доӀа хьуо lашшехь дан мегаш дуй, я ламаз керахь хила дезаш ду, я ламаз дан а дин дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Nov, 15:31


1484-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Мухьаммад-пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) маца вина хууш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Nov, 13:01


1483-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ӏилма Ӏаморх, мича тӀера волавала веза со? Ламаз-марха, Къуръан деша хууш ву со, цул сов хӀун Ӏамо волавала веза со?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Nov, 12:52


1482-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан дахарехь цхьана а хӀуманна тӀехь аьтто ца хилла-кх, дешар делахь, спорт я кхидӀа пайда луш йолу хӀума, мосазза цхьа анпал гучуйолий иштта оцу хӀуманна аьтто ца хилла-кх сан, ишттачу хьолехь хӀун дан деза ас?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Nov, 08:46


1481-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со марехь йолу 6 бутт бу. Ткъа сан марнанас ца олуш хӏума ца дуьту соьга, суна дагахьбаллам буьсу цо олучух. Цо сан цӏахь берш хьехийча я шен гӏуллакх доцуче и юкъагӏиртича, Аллахӏан дуьхьа собарца со чекхъяла гӏоьртича суна къа-м хир дац?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Nov, 08:29


1480-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Диъ ракаӀат ламаз дечу хенахь, хьалхара атхьиг дешча, атхьигна тӏаьхьа доьшуш долу доӏанаш, хьалхара атхьиг дешча доьшур ду, я тӏаьххьара атхьиг дешча доьшур ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Nov, 06:44


1479-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Бер дуьненчу долучу хенахь кӏант, я йоӏ харжа мегаш дуй? Шен дезаш долу бер хилийта бахьанаш леладар муха ду? Аллахӏе сайна веза доьзалхо веха йиш юй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

26 Nov, 06:34


1478-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Бер хьалакхуьйссуш, цхьана куьйга схьалоций хьалауьйбуш, беран ши ког цхьана куьйга а биллина шен, и лоттуьйтуш, иштта кхечу агlора а, цахууш хецалахь и бер лазо кхерам болуш, ловза мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Nov, 09:59


1477-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дала муьлхачу бахьанца базбина бу эвлаяаш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Nov, 09:52


1476-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан коьртара месаш ю охьаэгаш, молханаш мелла (витаминаш) цхьа молха ду шприцаца чкъор юккъехула дуттуш, иштта процедура яйта мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Nov, 09:49


1475-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тафсир (аят, цуьнан маьӀна) доьшучу хенахь а, Къуръан доьшучу хенахь а хуьлуш болу мела цхьаъ буй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

24 Nov, 14:40


1474-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Жайна докхуш волу стаг и сахьир ву, сахьир хилча бен докхуш дуй и? Бӏаьрг хилча, я стеган-зудчуьнан барт хилийта жайна докхуш хилча, молла ву бохуш наха лоруш стаг хилча, цунах хӀун ойла хила еза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

24 Nov, 14:34


1473-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со зуда ялийна ву, сан стунден кхетам ӏиса-пайхамар (ӀалайхӀис-салам) Маръяма  харцахьа лелла вина ву аьлла бу. Тӏаккха иза керста лоруш ву аьлла, оха никахь хӀусамненан девешин кӏантаца дина. Хӏуа аьлча а, шен кхетам тӀера волуш вац и, оха динарг нийса дуй? Сан хьолах лаьцна алийша.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

24 Nov, 08:47


1472-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Со шолгӏа зуда яха дагахь ю, амма цуьнан дуьххьара ерг реза хуьлуш яц. Тӏаккха цу зудчунна иштта халахетар деш, церан доьзал боха кхерам а хилча, суна суо бехке хета. Цу зудчуьнан со бахьанехь иштта дог дохарна суна къа хир дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

24 Nov, 08:21


1471-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Маре йоьдуш йоӏа юхуш йолу коч, шарӏаца йогӏуш елахь а механа еза хуьлу, 50 эзар хӏетте а доьхуш. Оццул ахча делла и йохар исраф хир дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

23 Nov, 19:30


1470-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Йохк-эцарх лаьцна хаттар ду. Тахана даьржина хlума ду-кх, цхьана оптовикашкара хlума эца а оьцуш, интернет чухула и дlаюхкуш. Цуьнгахь товар гойту кхечарна, тӏаккха цара ахча доуьйту, ахь заказать йой, хьайна тӏе ахча а доккхуш дӏаюхку. Цу хьолехь керахь йоцу хӏуманаш юхкуш ву аьллачунна юкъадогӏий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

23 Nov, 19:25


1469-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан цlийнда хьанал рицкъ доккхуш къахьоьгуш, болх беш ву, ламаз-марха долуш ву. Делахь а, цхьа вон лазар ду, массо хенахь ловзарех ловзуш хуьлу и. Накъосташа шайца вола аьлча, ерриге мукъа хан цигахь йоккху цо, буьйсанна бен чу а ца вогӏуш. Ас муха кхетор вара-те и? И ловзар цунна марзадеш болу доттагӏий гена баха аьлла доӏа дан мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

23 Nov, 19:22


1468-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан хlусамда кхечу пачхьалкхехь lаш ву, цуьнан со цхьана хьаштана цlа йогlуш цlа вар ца нисло. Цигахь аэропорте кхаччалц цо со схьаялийча, суна дуьхьал марда вогӏуш хилча, иштта дӏасаяха мегар дуй суна, уллехь махьрам волуш нислуш ца хилча?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

23 Nov, 19:20


1467-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Интернет чуьра тlехула лаьцна дети долу чкъургаш эца мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Nov, 20:37


1466-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Доlа нийса муха дан дезаш ду? Ламаз диначул тӏаьхьа куьйгаш ойбуш я сужудехь дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Nov, 20:07


1465-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчо шен хӀусамдена хӏуьттаренна бераш ламазна юкъара а даьхна дӏахьовсадар къа хир дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Nov, 20:05


1464-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз эцна ваьлча деш долу суннат-ламаз, ламазан хан хилла а йолуш, хьалхара суннаташ деш долуш дан дезий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Nov, 20:03


1463-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Москвахь хехо балха хӏоттахь, со муртад хила кхерам буй? Герз лело ца дезаш, амма гӀоьмаш (наручникаш), дубинка лело езаш хилча? Колледж, ишколаш иштта цу тайпа меттигаш ларъян езаш хилча, дуьззина жоп лахьара.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Nov, 20:01


1462-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Лоьмана тӀеӀоттавелча ламаз керара долий? Боьха дийнат-м дац и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

22 Nov, 19:59


1461-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Мухьаммад-Росул» аьлла цӏе тилла мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

21 Nov, 07:52


1460-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. йолу зудчунна дарбанан цlийне оьхуш, молханаш оьцуш, анализаш луш, харж хьан ян езаш ю? И доьзалхо дуьненчу волуш лоьрашна луш долу ахча а хьан дала дезаш ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Nov, 23:31


1459-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тӏехь бат, мара, бӏаьргаш долу зока лело мегаш дуй? Мегаш дацахь кагйина дӏакхосса езий и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Nov, 23:27


1458-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Майрачуьнан, зудчуьнан къамел юкъахь ишттанехьа Ӏаддайита хӀинца, ас хӀума-м ца боху аьлча, ткъа майрачо ишттанехьа йитина-кх хьо Ӏадда аьлча хӀумма а дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Nov, 12:28


1457-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сий тӏе кхевдина волу стеган цӏий хьанал дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Nov, 12:21


1456-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Наха шайн ахчанаш вовшах а тоьхна маьждиг дина, оцу маьждиган декъе ваха лууш вара ша аьлла цхьамма ахча делла, цу маьждиган тӏаьхьалонна оьшучу хӏуманна хьажаде аьлла. Цу ахчанах имам шена машен эца тохавелла, ткъа и ахча делларг хӏинца набахтехь ву. Шарӏе диллича муха ду иза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Nov, 06:19


1455-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дарбанан цӏийнехь маха тухуш хилча ламаз керара долий? Тӏехь шена кара а долуш тухуш белахь, я кара а доцуш тухуш белахь а, и ламаз юхаэца дезаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Nov, 06:14


1454-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьa хьapaм-хьaнaл цa къаьсточаьрца гергарло ца лелош ӏен мегий? ХӀуу аьлча меттабогӀуш бац уьш. Тахӏажжуд тӏехь церан къиношна гечдар доьху ас, уьш нийса новкъа тӏе бахар а. Иштта доӏанаш деш ӏен мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Nov, 00:10


1453-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Айса ӏамош дерг Делан дуьхьа дуй-те аьлла шеконаш хуьлу сан. Цу хьолехь хӏун дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

15 Nov, 10:47


1448-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ӏаьржа саба лело мегаш дуй?
Цу тӀе хьакхин хьоналла туху олуш хезнера.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

15 Nov, 10:45


1447-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ширк гечдеш дац олу, наггахь санна со дохко валахь, ас гечдар дехахь, гечдеш дуй суна? (Ширк цӏен тай леладар, зиярте вахана цигахь дехар).

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

15 Nov, 10:43


1446-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Масала: цхьа стаг ву даима ламаз дуьтуш, я муьлхха динчуьра аравоккхуш долу къинах цхьа къа деш, ахь цунна и билгалдича дуьтуш вац, мелхо а, шена бехказло лоьху. Иштта волу стаг керста ву аьлла, цуьнца юкъаметтиг лело езий муьлхха бусалба стага?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

14 Nov, 21:51


1445-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьана бусулба стага хьуна доккха зен дин хилча, хьан цӏе тӏе а кхевдина, тешнабехк беш. Цу бусалба вешина/йишина доггаха къинтӏера ца валавелча  (гӏиртинашшехь) амма дог къинтӀерадалалуш ца хилча, оцу зен дина адамана къа хир дуй шен бусалба вешина/йишина къинтӏера ца валахь?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

14 Nov, 18:36


1444-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Адам цамгарх кӏелхьарадаккха донор хила йиш юй? Масала: сан кӏентан дог хийца дезаш хуьлу, цунна сайн дог дӏадала йиш юй сан, со кхелхар вуй хуушехь?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

12 Nov, 21:47


1443-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Молханаш ду хьакхин панкреатин юккъехь йолуш, уьш мала мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

12 Nov, 21:41


1442-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Делах йолийла ас и хӏума дахь аьлла, юха и хӏума дича Делах яьлла хуьлий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Nov, 18:12


1441-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зуда ламаз дан йиш йоцчу дийнахь кешнашка яха мегар дуй? Кешнаш цӏандеш яха езаш ю.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Nov, 18:02


1440-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьо ламаз дечу хенахь хьайн ламаз дохарна кхоьруш, ламаз дина валлалц мох сецо мегар дуй, адам шелделла хилча? Амма ламаз ца дитархьама деш ду ас и ламаз.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Nov, 15:54


1439-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Пазаташна санна йовлакхна а масхьа дан мегар ду олуш хезнера суна, и муха ду, деш хилча а муха дан деза и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Nov, 15:48


1438-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайн махкахь масийтта тайпана Дела хьехоран кепаш ю-кх. Масала: Тӏатӏи ӏад хьокху зикр, ӏовди зикр - кортош лестош (шок хезаш хуьлу цара и зикр дечу хенахь), Кунта-Хьаьжин зикр - чӏуг хьовзош олу цунах. Дала иштта зикр де аьлла а ца хилча, я Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) иштта зикр дина а ца хилча, я цуьнан асхьабаша иштта хӏума лелийна а ца хилча, иштта оцу кепара хӏуманаш лелийна нах эвлаяаш хуьлийла дуй? БидӀат лелош хилла нах эвлаяаш хуьлуш хуьлий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:35


1437-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Жихадехь велларг шахӏид хуьлий, нагахь цо ша лечу хенахь шахӏадат ца далийнехь? Я важиб ду и алар?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:29


1436-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Йоӏана цӏе туьллуш «Амина» аьлча нийса ду я «Аминат»?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:28


1435-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчунна тӏе зуда ялийча, нагахь санна цуьнга и лалуш дацахь, цӏа яха бакъо юй цуьнан динехь?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:25


1434-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шуба, питонан чкъорах куртка лелаяр хьарам дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:22


1433-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Оьпа я кхийолу акхарой цӀелиг чохь лело мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:21


1432-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчунна салам дала мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:17


1431-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас ламаз деш сан шо кхаьчна йоӏ суна хьалха охьахуу я сан кера шен корта буьллуш хӏуманаш леладо цо, чохь цхьа а ца хуьлу и дӏаяккха. И кхин дӏа ца яьлча, цхьажимма кузан тӏехь со дӏахила мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 13:14


1430-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьаж-цӀахь дика хӏуманаш эзарнашкахь дӏаяздеш ду-кх, иштта цигахь цхьа къа латийнехь иза а эзаршкахь дӏаяздеш ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Nov, 08:44


1429-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Бер дало магийна дуй динехь?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 20:48


1428-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цӏийндас ламаз тӏехь ледарло йо, шена тӏаьхьара ца яьлча до, со ӏаддаӏийча шен телпо чохь ӏа. Амма шега аьлча реза ца хуьлу, суна деш санна до цо и. Ишттачу хьолехь хӏун дича нийса хир ду?
Наггахь шега аларна дуьхьал а волий ца до цо.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 20:42


1427-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз эцна ваьлча доьшуш 3 доӀа ду-кх, и кхуьй а доӀа деша мегаш дуй? Цхьаъ бен деша ца деза олуш хезнера.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 20:40


1426-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ӏийд-ламаз духьа ханчохь деш дуй? И хан чекхъяьллалц дан йиш юй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 20:36


1425-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьаболу молланаш бу-кх, доӀа дина ваьлча салават ца диллича и доӀа дӀа ца кхочуш стиглахь лаьтта бохуш, бух болуш дуй и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 13:14


1424-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Жоьжахатехь мунафикъан хьал хало хир ду. Делаца кхин а накъостий лоцуш верг хӏунда вац, мунафикъ хӏунда ву аьлла хаттар дича, цуьнга нийса жоп муха дала деза, муха кхето веза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 13:09


1423-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Бусалба динехь де-ненан цӏе яккха мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 13:07


1422-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Делла дакъа ша дита мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 13:01


1421-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас сайн дега вайн маттахь гочдина салам ло, Делера салам-маршалла хуьлийла олий, цо жоп ца ло дуьхьал. Хьалха дуьйна реза вацара и кегийчара баккхийчаьрга салам даларна, къийсам дӏахьуш санна лела и, амма суна хала хуьлу, садетта, цо жоп ца луш. Хӏун дича нийса хир дара-те?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 06:01


1420-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьо мусафир волуш имамана тӏаьхьахӏоьттина ламаз деш, цо дерриг ламаз деш хилча цу хьолехь хӏун дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Nov, 05:58


1419-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тахӏажжуд ламазна гӏоттуьйтуш цхьа а доӏа дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

08 Nov, 17:22


1418-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сурт чохь дӏатоьхна хилча чу маликаш ца догӏу олу, тӏаккха и сурт дӏатоьхна хилча, я дӏадиллина хилча а башхо юй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

06 Nov, 21:51


1417-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Марзахойн агӏора, хьайн ден цӏера агӏора, лулахойн иштта кхидӏа а шортта тойнаш долуш нисло, кертахь той дӏадерзош хуьлу, банкетехь дерзош хуьлу дукха хьолехь. Банкетехь дукха хьолехь ловзарш, эшарш хуьлу. И аьлла ваха мегар дац-кх аьлла хьо ца воьдуш ӏийча, ненан агӏора той хилахь иза оьгӏазйоьду, цунна халахетар хуьлу, ден агӏора хилча цунна а хуьлу иштта, марден агӏора хилча цунна а хуьлу, иштта лулахойн той долуш ца вахча уьш а хуьлу иштта. Диканехь-вонехь бен вовше гуш дац, ишттачу метте ца вахча гергарло херло, вовше дикане воьдуш хила веза олий.
Ишттачу хьолехь хӏун дан деза-те?
Тойне вахча стегарий-зударий иэло, эшар, ловзарш хуьлу, ца вахча хьуна уллерчарна халахетар хуьлу.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

06 Nov, 14:09


1416-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Суннат марха кхобучу хенахь, ламаз оьцуш волуш ца хууш бага хи дахнехь марха духуш ду олуш хезнера боху шена, бакъ дуй-те и, дийцахьара.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Nov, 16:04


1415-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Масала: буьйсанна туьхана, я шекарна тӏе хӏума йилла вицвеллехь ӏуьйранна дӏакхосса дезий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Nov, 16:02


1414-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сурт даккха мегий накъосташца, я хьо дӏахӏоьттина, цхьанхьа чукхуссуш ца хилча?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Nov, 14:15


1413-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Машен кечъеш, чӏагӏъеш, хьайна цхьа атто ян гӏерташ цу машен тӏехь, иштта цу тӏе ахчанаш дохкар исраф лорий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Nov, 11:34


1412-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Боьрша стагана цӏен басахь хӏуманаш лело мегий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Nov, 06:34


1411-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Делла долчу адаман суьрте хьаьжча къа хуьлуш-м дац, цунна а, суна а?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

05 Nov, 06:26


1410-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Суна евзуш цхьа зуда ю, хьалдолуш ю иза, юучу хӏуманах еза ерг бен ца оьцуш, берана еззарг дӏаяла еза олу цо, ахча кхоо мегар дац. ТӀаьхьа суна го, даима а цуьнан бераша схьайостуш мерза хӏуманаш, я кхийолу юуш йолу хӏума церг а тухуш, мерза яц олуш охьакхуьйсу. Цара дукха хӏума дӏакхуссу, суна и сурт гуш чӏогӏа ала лаьа цуьнга цу юучу хӏуманна хам бан безий, цунах исраф хуьлий. Амма ас муха ала деза цуьнга и, цунна халахетар доцуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Oct, 16:35


1409-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хӏусамда, хIусамнана тайп-тайпана кхетам тӏехь хила мегий? Стаг- зуда вовшех хьакхаделча ламаз керара ца долу боху-кх. Стага керара долу бохучунна тӏехь ву, тӏаккха цо тӏе хьакхавелча ламаз оьцуш до. Зуда ца долу бохучунна тӏехь йолуш, тӏеӏоттаелча ламаз эца ца оьцуш шен ламаз дӏадо. Иштта хила мегар дуй хӏусамдена, хӀусамнанна? Нийсо дерг муьлхург ду? Ца долу бохург дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

31 Oct, 16:33


1408-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хӏусамнанас чохь дов мосазза долу, маьттаза къамелаш дуьйцу, ша йита а йитий цӏа яхийта реза вацахь олу. Инзаре иэхье къамел до, шен ша иштта йолуш мегар волуш стаг карор ву бохуш. Со шен телпоне хьажа гӏоьртича тӏе а кхетий схьаоьцу соьгара, ахь хӏун леладо аьлча ас, тӏехьийзачу кӏентан чаташ ю шен бохуш, сан дог этӏош къамелаш до. Цуьнан чаташ йоций-м шеко яц сан, делахь а, суна уггаре а новкъа догӏур дуй хууш дуьйцу цо уьш. Аша насихьат дича, ас цунна и хозуьйтур дара, ас мел хаза дийцича а тергал ца до цо.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Oct, 20:33


1407-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вай нахана юккъехь даьржина хӏуманашна юккъехь а цхьа хӀума ду (зуда а, стаг а хелхадалар). Амма стаг хелхаволуш вац, зуда шен нахана юккъехь ю ша бохуш шен кертахь шен шичошца а, шен нахаца хелхаяла мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Oct, 20:25


1406-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан 26 шо ду, амма зуда яло цхьана а агӏора синкӏоме дац суна. Могуш а ву со, и яло ницкъ кхочуш а ву со, сайн болх беш, шортта Аллахӏа рицкъангахь аьтто а бина сан (хастам бу Цунна). Сайн ма-хуьллу къинойх ларлуш а ву со хӏунда аьлча со дагахь Къуръан ӏамийна сайн ма-хуьллу цхьа нийсонна тӏе гӏерташ, динехь нисвала гӏерташ ву. Суна хаьа и ялор суннат дуй, и хьашт юй, адамана фитӏратехь Дала чудиллина хӏума дуй и, делахь а, и гӏулч яккха ца хӏуттуш ӏаш ву со. И ялор хьахийча хезча мегаш вац со, чӏогӏа ца дезалой суна оцу хӏуманца. Лелийна хӏуманаш хир ду-те и, я сайн амал хилар ду-те и, хӏун аьлла хьехам бийр бара аша суна?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

29 Oct, 14:50


1405-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ас ишколе яхале цхьа кӏира хьалха хьижаб тиллинера. Сан нанас ишкола яьккхича тилла, я маре яхча тилла боххушехь. Амма тӏаьххьаре а реза хилира и ас тиллича. Со вайн дино ма-бохху лелош ю и духар. Нанас даимна вуьшта тилла олу, масала: чӏениг дӏа ма къовла, кӏужа бе, йовлакх тӏехьа дехка. Ас тӏаккха хӏаъ, хӏаъ олий цо аьлларг ца дора. Юха цхьана дийнахь чӏогӏа дов динера цо суна иштта хӏуманаш ма лелае, тӏех ду бохуш, амма ас цо бохург ца дира. Тӏаккха ас ша аьлларг ца дича, соьца чӏогӏа шога хуьлу и, ша бохург деш яцахь, ша хьуна хӏумма а дийр дац олий. Сан даго тӏе ца дуьту и хӏуманаш, цунна халахетар дан а ца лаьа суна, амма Аллахӏ сайна реза хила лаьа. Ас хӏун дича нийса хир дара-те, къа а хир доцуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Oct, 11:58


1404-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хӏинца юкъадаьлла-кх, захало дуьйцуш долчу кlанта, йоlа тоба а йой, цу чохь цу кӏентан йиша йолуш, теш санна. Иштта язъян мегар дуй, хатта луург хоттуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Oct, 11:52


1403-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шен цхьана бусалба йише йистхуьлуш йоцуш, ийгӀина йолуш хьаж-цӀа яханчу зудчун хьал муха хир ду-те? Хьаж-цӀа яхарна ял, иза къобал хилар муха хир ду цуьнан?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Oct, 06:30


1402-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Мерана операци йина цхьа шо ду. Тӏаккха аьтта агӏора йижча мара раз болу, ӏуьйранна бистина хуьлу, лаза а лозу. Аьрра агӏора юьжуш ӏаш яра, цхьа шо дӏадаьлча, юьжур яц-кх бохуш. Тӏаккха и суна моьттуш хила йиш юй, сайна зен до аьлла? Цу операцина суннат лардаро зен дан йиш юй? Аьрро агӏора чӀогӀа наб ца кхеташ хала хуьлу. И аьтто агӏора суннат ду, цо суна зен да йиш яц аьлла иштта дӏайижа мегий со?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

28 Oct, 06:17


1401-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кlант-йоl бусалба динехь цхьатерра лело дезаш дуй? Масала: кIантана алсам  ловзоргаш, тlе духарш оьцуш, йоlана ца оьцуш. Кlант шеца воцу дела оьцу ша олу, амма шеца йолу йоlана цхьа а хӏума оьцуш яц. Чохь юург, берана тlеюхург ас оьцуш ю, балхахь доккхуш дерг оцу кIантана духкуш ду. Иштта цlийнда лелар нийса дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Oct, 12:37


1400-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Банке ахча охьадилла мегар дуй, банко билгалйина процентаца.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Oct, 12:35


1399-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьижаб тиллина йоӏа йовлакх белшаш гуш тӏехьа тиллича къа хир дуй? Тӏера хӏуманаш шуьйра хилча. Нанас йовлакх иштта тилла олу соьга.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

25 Oct, 12:31


1398-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дато мухIар лелор суннат дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

21 Oct, 14:34


1397-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьехархочун денна совгӏат дала мегий дешархочо?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

21 Oct, 14:32


1396-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ишколехь хуьйла иза, я берийн цӏийнахь хуьйла иза ахчанаш ду вовшахтухуш, хьехархочун денна лерина, иза далар хьарам-м дац?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

21 Oct, 14:22


1395-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тхо цӏенош деш ду, и цӏенош гӏазкхий кешнашна уллехь нисделла тхан. Тӏаккха тхаьш хьала мел юттуш йолу кибарчиг бисмал доьшуш юттуш ю. Оцу кибарчигаш юккъе кехат тӏехь яздеш аятул-курсий цу юккъе дилла оьший-теша, тхуна цхьа вон болх хиларна кхоьруш боху, керста кешнаш долчехь долун дела, я бисмал доккхуш хьаладоьттичхьана чекхдолу?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

20 Oct, 17:27


1394-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Cyна уллера геpгaра зуда ю чӏогӏа къинош лeтош. ХӀуъа aьлча а меттайогӀуш яц иза. Ша дика лелош йоций хууш ду цунна. Даккхий къинош летадо цо. Caйна юьхь-дуьхьал цо летош долу къа гича ac хьо eн йогӀуш ю аьлла цуьнга. Тхойшиннан дов даьлла. Уллера геpгара яцахьapа иштта халa а хетap дaцapа. Aммa ac чӏогӏа бага лeйина цуьнга. Caн дикане ма йола, я caн воне ма йола аьлла гepгaло хaдийнa ac цуьнца. Cуна къa дуй оцу хьолeхь йиcт цa хуьлуш ӏийча?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Oct, 20:36


1393-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кредиташ эцна, дӀа ца дала Ӏалашо йолуш, юха банкротство ян мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Oct, 20:34


1392-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Банк ӏехо ният долуш, кредит эцна, царна цхьа а процент дӀалур йоцуш ахча даккха мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Oct, 10:48


1391-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Туьканахь лелийна, бӀаьрг хӀума хилча хӀун дича бакъхьа хир ду, хӀун дан деза ишттаниг дӀадаккха?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Oct, 10:45


1390-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шайх ибн Базан хьехамашка ладогӏа мегар дуй? Цуьнга ладогӏа мегар дац, и цӏена бусалба дин дезаш вац аьллера соьга.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Oct, 06:04


1389-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ӏумратехь дехнарг бакъ хуьлу бохург бакъ дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

18 Oct, 06:00


1388-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламаз деш бисмал дешале хьалха доьшу важжахӏту. Ламаз дӏа ма дихкинехь дешча шолгӏа ракаӏатехь доьший?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

17 Oct, 23:14


1387-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дахка нажас буй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

17 Oct, 21:15


1386-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шок тоха ца мега бохург бакъ дуй, шайтӏанаш гулло бохуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

17 Oct, 18:14


1385-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Стаг велча иза дӏаволлар цуьнан верасна тӀехь ду, я цу шахьарера  нехан декларацина ду шариӏатехь?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

11 Oct, 11:28


1384-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зударийн кучан юх мачаш къайла а йоккхуш хилар ладаме дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Oct, 06:48


1383-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Юьхь тlехь еш хьижама ю, лифтинг-хьижама олу цунах, ерриг юьхь тlехь кегийра киртигаш (насечкаш) йой. Иза ян мегаш юй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

10 Oct, 06:45


1382-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зударийн еха месаш хилар бахьана долуш ламаз эцар кхочуш ца хила йиш юй, хӀунда аьлча, схьагулйина месаш ши куьг кхача дезаш йолу метте нисло? ТӀаккха кхин цхьа а хӀума ду: наггахь нисло месах бина шад мал а лой, коьрта тӀе ши куьг хьокхучу хенахь и месаш кегалуш, ворта чуьра хьаж тӀе хьокхучу хенахь, ишттачу хьолехь ламаз эцар кхочуш цахиларна сагатдо ас. Нагахь санна и кхочуш ца хилахь, ишттачу хьолехь дина ламаз хаа а ца хууш, къобал хуьлий-те?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Oct, 12:57


1381-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Психически талхар ду суна, депресси, вохар (паника), атакаш. Рукъятца дарба далур дуй я лоьран дарба дан деза ас?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Oct, 10:11


1380-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайна ма-хаъара, махьрам воцчу стагана мараэккха мегаш дац-кх, (шичина, невцана). Нийса ца кхеташ берш хуьлу, гергарло хедош санна хеташ берш хуьлу. Сан хаттар: ас хӏун ала деза цаьрга, суна хаьа иза къа дуй, сайн иман хьаладаккха ас хӏун де, царна мара ца эккха?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Oct, 09:58


1379-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. 7-8 шо кхаьчначу кӀантана тӀаьхьахӀоьттина ламаз дан мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

09 Oct, 09:50


1378-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчо лор болх бан мегар дуй? Лергана, легашна, мерана операци еш. Гӏазкхишна юккъехь, мелла а шайн йиш йолчохь боьрша нахах ларлуш.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

08 Oct, 18:20


1377-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Йоӏа аптекехь болх бар муха ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

08 Oct, 18:17


1376-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. ХӀусамнана шен хӀусамдега ша йитар доьхуш ю. И йитича кхидӀа хӀун бакъонаш ю зудчун дийцахьара аша. Йитича хан чекхъяллалц хӀусамден хӀусамехь Ӏен мегий, иштта кхидӀа дерг а?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

08 Oct, 18:13


1375-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Аша хаттаршна доуьйтуш долу жоьпаш, и записаш кхечу нахана яхьийта мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

06 Oct, 19:27


1374-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ставкаш еш ловзарх ловза мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо