Хьекъале Дош @dosh_tv Channel on Telegram

Хьекъале Дош

@dosh_tv


◈︎ Хьекъале а, хьехаме а дешнаш карора ду шуна кху чохь.

Хьекъале Дош (Chechen)

Дош ТВ - современный и интересный телеграм-канал, который предлагает своим подписчикам уникальные и захватывающие видеоконтенты. Название "Хьекъале Дош" переводится как "Мир вокруг нас", что отражает суть канала - погружение в разнообразные и удивительные аспекты мира вокруг нас. Здесь вы найдете увлекательные видеоролики о животных, природе, путешествиях, культуре и многом другом. Канал @dosh_tv является идеальным местом для тех, кто любит открывать для себя что-то новое и удивительное каждый день. Присоединяйтесь к нам, чтобы погрузиться в увлекательный мир "Хьекъале Дош"!

Хьекъале Дош

20 Jan, 21:34


Имам Маликан нанас, шен кlант хьуьжаре ваха кечвеш, цуьнга олуш хилла:

«Хlай Малик, хьайн хьехархочуьнгара гlиллакх схьаэцалахь, lилманал хьалха».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

16 Jan, 18:45


Рузбана дийнахьа Элчанна ﷺ салаваташ дахкар дукха дойла!

Йеарийн (четверг) буьйсанна маьркӀижа молла кхайкхича дӀайолалуш йу пӀераскан (пятница) буьйса, цундела маьркӀижа молла кхайкхича салаваташ дехкинарг пӀераскан даьнна йукъа гӀура ву.

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

https://t.me/hadisi_tv

Хьекъале Дош

15 Jan, 15:06


«Ма гlийла хlума йу-кх адам! Селхана тlадам бара и, кхана дакъа ду и».

©Абу Юсуф ал-ГІасулий

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

11 Jan, 18:10


«Веллачул тӏаьхьа массо а гӏур ву Аллахӏана дуьхьала. Амма, ирсе верг - ша дийна волуш Аллахӏана дуьхьала вахнарг ву»

©Саййид Къутӏб

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

05 Jan, 20:02


«Варийлахь, йахь йолуш хилалахь. Цхьанна хьалхахь корта охьaтаla барах а ларлолахь. Ахь цкъа корта охьатаlабахь, юха и хьалатаlабан аьтто ца хила а мега хьуна хьан!».

ӏумар ал-Мухтар

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

02 Jan, 22:21


Хьоьх шиъ бен кхетар вац:
«Хьуна тlехlоьттинарг шена тӏехlоьттина хилларг бен. Хьо шена дукха везаш верггий бен»

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

23 Dec, 20:12


Цхьаболчу салафша олуш хилла:

«Аса сайн Къуръан дешаран барам сов мел боккху а, сан дахарехь беркат совдолуш хаалора суна».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

16 Dec, 06:40


«Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХӀунда аьлча, иблис и хӀума бахьанехь хlаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

11 Dec, 09:37


Малик Ибн Анаса (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Стаг ша-шен хесто воьлча, цуьнан дикалла дIайолу».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

06 Dec, 22:03


Цхьаболчу хьекъалчаша аьлла:

«Іилма къайладахьар - хӀаллакьхилар ду, ткъа Іамал къайлайахьар - кӀелхьаравалар ду».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

29 Nov, 08:44


https://wa.me/+79635811659

Хьекъале Дош

28 Nov, 11:04


«Дена а, нанна а дика хиларх ду - и шиъ кхелхича цаьршинна доIа дар а, цаьршимма гергарло лелийначаьрца гергарло лелор а».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

22 Nov, 07:47


АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.

https://t.me/hadisi_tv

Хьекъале Дош

20 Nov, 06:20


«Къуръан — серло а, нур а ду. Цуьнца тиларха кIелхьарвалар ду. Къуръан чохь ду деганийн цамгаран дарба. Къуръанах тасавелларг – нисвелла, цуьнца Iамал йинарг – декъал а хилла».

Жамáлуддин ал-Къóсимий (АллахIа къинхетам бойла цунах).

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

14 Nov, 22:14


Са‌бит ибн Къуррас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

"Дегlан садаlар кIезиг йаъахIума йаъарехь ду, синан-паргlато кlезиг къинош леторехь йу, маттан паргlато кlезиг къамел дарехь йу».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

03 Nov, 19:53


«ДегIан санна синан бу бала безаш кхача. Ахь цунна кхача ца белча синтеме ца хуьла и. Ткьа синан кхача - дан ма-деззара цIена бух тIера АллахIана лолла дар бу».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

30 Oct, 14:51


Цхьаболчу Ӏеламнаха аьлла:

«Айхьа къамел дечу хенахь, АллахӀана хьо хезаш хилар дагадаийта ахь. Хьо тап-аьлла Іачу хенахь, АллахӀана хьо гуш хилар а дагадаийта ахь».


https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

21 Oct, 04:50


«АллахIана къаьстина герга болчу лешха ша хила лууш волчо цхьанна а ша гун воцчахь lибадаташ дойла!
Уггаре деза lибадат lуьйкъа хена ламазаш дар а, АллахIе доlнаш дар а, АллахIе гечдар дехар а ду, Кхоллархо воцучунна кхин цхьанна а гуш ца хуьлу хьо оцу хенахь!»


Шайх lабдул-lазийз ат-Тlарифий

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

18 Oct, 09:45


IабдуллахI Ибн Абу Бакр ал-Ансáрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ПIераскан дийнахь уггаре гIоли, тоьлуш верг - Пайхамарна (ﷺ) дукхаха салават дуьллуш верг ву».

Ткъа хьуна ца лаьа тахана уггаре тоьлуш болчарех хила?

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

17 Oct, 15:13


Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Хьарам долчуьнца дузийна долу дегI йалсамани гIур дац».

Ал-Мунзирий – Ал-Албани, «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

11 Oct, 12:40


IабдуллахI Ибн Абу Бакр ал-Ансáрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ПIераскан дийнахь уггаре гIоли, тоьлуш верг - Пайхамарна (ﷺ) дукхаха салават дуьллуш верг ву».

Ткъа хьуна ца лаьа тахана уггаре тоьлуш болчарех хила?

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

05 Oct, 16:17


«Адамана хьарам долу цхьа дирхӀам (сом) Ӏаддитар гӀоли ма ду, бӀе эзар дирхӀам сагӀина лучул».

©Малик Ибн Дийнáр

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

02 Oct, 18:05


«Хийла адамана моьтту шен дуккха а диканаш ду! Амма, мотт бетташ, гӀийбаташ деш, нахана гайта гӀерташ Іамалш йеш йойъу цо уьш. Ма ца хаьа-кх цунна, шен диканаш чу тосу тӀоьрмиг Іуьргдаьлла буй!».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

26 Sep, 13:15


«Уггар кхераме къу хьан ахча-бохча лачкъош верг вац, уггар чӀогӀо хьуна зен деш верг хьан дагчура ийман лачкъош волу къу ву».

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

25 Sep, 17:29


ХӀара вайн беркате, Пайхамаран ﷺ хьадисаш чу хиттош йолу агӀо бусалба нахана дӀайовзитарца дехар дар-кх вай, тахана хӀоранна а аьтто букх дика дерг даржо шен статусе хоттийна а, йа ше цхьа агӀо йалахь цу чу хоттийна а.
Баккъалла а, къемата дийнахьа Пайхамаран ﷺ къамел даржийначарех хир вукх хьо 🫵🏼

♻️https://t.me/hadisi_tv

Хьекъале Дош

23 Sep, 17:52


«Къа жима дара алий паргIат ма валалахь, цунах ца вешаш ма хилалахь. ЗаьIапчу, гIор доцучу бецах онда муш бо хьуна, тIаккха цуьнца йерстина эмкал садукъадой охьатуху хьуна».

Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзий

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

20 Sep, 05:21


Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

«Цlенна АллахIан доьхьа лелаш верг гlамарш тlоьхула дlа воьдучух тера ву, цо йохучу гlулчийн тата ца хеза хьуна, делахь а, цуьнан лар го хьуна!»

https://t.me/Dosh_tv

Хьекъале Дош

17 Sep, 08:18


Бишр Ибн ал-Хьариса (АллахӀа къинхетам бойла цунах), аьлла:

«Аллахlан лена Іибадатан марзо хаалур ма йац, шена а, шен дегӀан лаамашна а йуккъе цо аьчка пен ботталц!».

https://t.me/Dosh_tv