مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ @tolibul_1ilm Channel on Telegram

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

@tolibul_1ilm


العِلْمُ رَحِمٌ بَيْنَ أَهْلِهِ.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ (Arabic)

مرحبًا بكم في قناة 'مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ' على تطبيق تليجرام! هذه القناة هي المكان المثالي لجميع طلاب العلم والمهتمين بالمعرفة والدراسات العلمية. يعتبر العلم رحمًا بين أهله، وهذا ما نسعى لتحقيقه من خلال تبادل المعرفة والموارد التعليمية على هذه القناة.

هل تبحث عن مكان لمناقشة أحدث الاكتشافات العلمية؟ أو ربما ترغب في مشاركة مراجعات الكتب والمقالات العلمية؟ إذاً، 'مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ' هو المكان المثالي لك. هنا، ستجد تفاعلًا مميزًا مع من يشاركونك نفس الشغف بالمعرفة والتعلم.

هذه القناة تقدم محتوى متنوعًا يشمل العديد من المواضيع العلمية المثيرة والمفيدة. سواء كنت طالبًا جامعيًا، أو باحثًا، أو حتى مجرد مهتمٍ بالعلوم، فإن هذه القناة ستلبي احتياجاتك وستساعدك في توسيع آفاقك العلمية.

انضم إلينا اليوم في 'مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ' وكن جزءًا من هذه الجماعة الرائعة التي تسعى جميعًا لنشر العلم والمعرفة بين الجميع. اكتشف العالم من حولك بطريقة ممتعة وشيقة معنا!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

23 Jan, 05:11


Мутаlеламан аьтто хилча:

- Январь баттахь хуьлуш йолу Каирехь жайнеш духкуш йолу Маlридехь.

- Рамадан баттахь lумрат деш, югlа Мединатехь терхьнашкахь хуьлийтар вар аса иза.

Хlунда аьлча и шина мовсимо цуьнан ийманан а, хьекъалан а, хlимматан а, дахаре хьажарехь а чlогlа lатlкъам бийра бар цунна, югlа кхин дlа йолу шарчохь йолчу хенахь ша дlаьндарг санна чlарх аьлла хира вар иза тlаккха.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

22 Jan, 22:45


من كتاب "فقه المعاملات المالية" للدكتور رفيق يونس المصري.



Котелах ловза мегш хилар...

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

21 Jan, 15:22


"Къуй" гена ваккха хьайх!

Вайх сакхташ доцуш, къинош доцуш мила ву?! Цхьа вац-кх, иза дагахь латто деза хlораммо ша кхечунна бехкаш дахале, тlаьхьаш ле хоттале хьалха.

Дийцар цунах лаьцна дац, вайн хlара канал къаьстина мутаlеламашна йина хиларе терра.

Цхьана Шайхан тlе лела ара волу хьо, цуьнгара lильма схьа эца, цуьнгара хьайна схьа болуш пайда го хьуна, хlинцаллца хьуна ца доьвзана хилла долу дуккху керла lильма довза долало хьуна, кхулла хьалха хьан дог лаза доккхуш хилла йолу андий ишкалш цо хьуна хьалха царах "зlогберг" яьтташ схьа яьстана хилар го хьуна...

Шадерг дика дlа доьдуш хуьлу хьан lильма схьа эцарехь оцу Шайхигара, делахь эца меттехь...

"Къуй" гуча волу хьан дахарехь, хьуна уллера хуьлу иза, ахь ши лерг ши бlаьрг биллина ладугlуш чарах хуьлу иза, тlоьхула тlе хьоьцаний цхьана оцу хьан Шайхан дарсе лелаш хуьулу иза...

Тlаккха дlаволало и "къуй" шен болх бан! Цуьнан болх тидаме ца лаца мегар долу, lаддита мегар долу сакхташ лехьа волало иза, я масйитта агlора тида йиш йолу хlума хьан Шайхигара даьлла долу уггаре ирча агlора тида волало иза, дикачу агlора иза тида некъ болушшехь цунна.

Масала:

- И Шайх тlехьа хlунда вуьсаааа?!
- Дарсехь и чай ма ирча муьлу цо, къурд беш хенахь ма чlогlа чу узуш бо-кх цо иза.
- Жайна ма дахдина-кх цо.
- Ихлас ца хета суна цуьнгахь.
- И куьзганаш (очкиш) ма ирчанаш лела до-кх цо, моьттура ду иза ботаник ву.
- Дарс ма сих-сиха юкъара йолу-кх цуьнан!
- Кхин а ма ду-кх дар-кх сан цунах лаьцна дийца, делахь : "СубхьаналЛахl!" аьлла дерза до аса хlара.*

*Варелахь хьайн дахарехь и тайпа "къуй" хаъвеллехь цунна дикка хьехар де, я иза кхеташ вацахь шен ирча гlийбаташ хьайна хьалха ма дайта цуьнга!

Хьалха хилла болу салафш сагlийна хlума луш хилла, АллахIе доlа деш шаьш lильма схьа оьцуш болу шайн Шайхашна сакхташ хьулдар доьхуш.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

18 Jan, 16:45


Интернет чура дахар...

Акаунт деш хенахь шех лаьцна информаци яз е чохь : (رحم الله امرأً أهدى إليّ عيوبي) яз йой.

Югlа цхьаммо ва веъан буха шен гlалат билгала доккхуш комментарий яз йича : (أنا الذي سمّتني أمي حيدرا) олий цунна тlе кхосса ло.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

18 Jan, 16:33


Блогерш цхьана дин дуьйцуш бу, гlалаташ дохуш ца дохуш, тlкъа хьо хlинца а lаш ву ахь lамийна долу lильма хьайн пlендаршал кхин гена дlаса ца долийташ?!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

17 Jan, 13:21


Цхьадолу жайна ша деша деза гlийла къахьо молуш, тlкъа цхьадолу жайна мутаlеламашца юкъа диллина деша деза, хlора дамир, хьаьрк, тlадам, цlоьмалг толлуш.

Ишттий бен хуьлуш дац и ирс.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

16 Jan, 17:00


Кху заманахь санна lильма lамор атта хила хиллий теша иза, цхьадолчу хьелашкахь иза дукха атта дарна "кофе в постель" хилла цунах, хlетте а иза меран кlела схьа еъча бага схьа йиллина къурд бан дог ца догlу-кх вай!

Ма ирча цамгар ю-кх мало!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

16 Jan, 12:08


Бакъдолу доттагlалла (вежаралла) халонашкахь чlагlло.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

13 Jan, 16:54


هل الإحداد خاص بالنساء دون الرجال؟

ليس للرجل الإحداد على قريبه ثلاثة أيام، وما قاله الإمام من أن التحزن في المدة لا يختص بالنساء منعه ابن الرفعة فإنه شر للنساء؛ لنقص عقلهن المقتضي عدم الصبر مع أن الشارع أوجب على النساء الإحداد دون الرجال.

الشيخ خلف المطلق الشافعي - رحمه الله تعالى -.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

11 Jan, 16:19


طالبُ العلم مُضَحٍّ بحياته مِن أجلِ نصرة الإسلام، وإسعادِ المسلمين.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

11 Jan, 16:05


- Тимерболт, хьан уггаре дика доттагl Жалавди ву я Салавди ву?

- Сан уггаре дика доттагl "Жайна" ву-кх, Аьрсбек!

- Суна-м со ву моьттар хьуна хьан уггаре дика доттагl Тимерболт! Хlумма дац со велчул тlаьхьа тlаккха хуура бу шуна сан мах.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

08 Jan, 14:43


(Дlавижа хьайн метта хьо хьала ваьлча "Аятуль-курсий" доьшийла ахь), цу хьадийсан тlе тоьвжина lелманаха аьлла: башхалла яц хьо дийнахь дlа вуьжуш велахь а, я буьйсана дlа вуьжуш велахь а, хьо дlа вижа метта хьала ваьлча "Аятуль-курсий" ахь дешар суннат ду.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

08 Jan, 11:08


Мел шераш дlа эхарах а мутаlелам lильма lаморах хер ца валар, жайна дешаран барам цо лаха ца бар, гича ма хаза хета-кх!

Ма атта дац-кх иза дlакхехьа! Цхьаверг шен кара таро еъча хер волу lильманах, кхин верг шега къел еъча хер волу lильманах, амма Сийлахь волчу шайна дика болх бинарш каг ца луш кху некъан тlехь дlа гlерта lожалла тlе яллалца. Сийлахь волчу Аллахlа Ша реза волчу кепара lильма lамочарах дойла вай.

(Жайнеш доьшуш верг со вац).

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

07 Jan, 06:28


بسم الله الرحمن الرحيم

Фикъхlан дарсаш:

https://t.me/yaqut_nafis

Лугlатан дарсаш:

https://t.me/qirarashida

Нахьван дарсаш:

https://t.me/attuhfassaniyya

Хьиварш (диалогш) :

https://t.me/way_hivar

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

06 Jan, 06:23


كم مِن أبٍ لا يدري حين يُرزق ببنتٍ كيف ستكون هذه البنتُ عوناً له في قادمِ الأيام بما قد يَفُوق الأبناءَ.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

06 Jan, 05:47


- فيه ضرر الصحبة السيئة.

- فيه عدول الراوي عن قول (أنا على ملة عبد المطلب) إلى قول (هو على ملة عبد المطلب)؛ كراهيةً للقول الأول.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

04 Jan, 16:24


Юьхь тlера тишлуш долу чlоран, бай охьа хьодуш болу кlунзалан, лозуш йолу хуттургашна-м хlу дер, делахь хьалха санна дlа ца лоцуш болуш кортан бу-кх кхоам!

Жим-жима къанлуш волу "мутаlеламан" ойланаш.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

04 Jan, 16:20


لا تكن مجردَ ناقلٍ فحسب، بل لا بد أن تَظهر شخصيتُك وملكتُك وإبداعُك كطالب مُحصّل مُجدّ.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

04 Jan, 05:01


Iильма дуьйцуш хенахь, жайнеш дуьйцуш хенахь наб тlе гlерташ, бага гlеттош, бlаьргаш lийжаш, дог lийдалуш, хlаваъ ца тоьуъш, югlа бизнес, долларан сийналла йица яьккхича ток тоьхча санна эца сохьта хьо сама волуш велахь = шипарийн заводан директор ву хьо цlийца, делахь цхьацца бахьнашца мутаlеламаш юкъахь нисвелла хьо.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

04 Jan, 04:36


Адамо къа латдар иза цхьа къа ду, югlа иза гуча даккхар (гlардаккхар) кхин цхьа къа ду, югlа иза нахана марза дар кхин цхьа къа ду.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

03 Jan, 13:43


"كيف تُتقن الفن الفلاني؟"
"الحوار في شرح كذا"
"كالد دات (кlалд-даьтта) على شرح المتن الفلاني"

И тайпа жайнеш вай lильма lаморан манхlаж юкъа хиттош, lеламнаха билгала яьккхина йолу манхlажах мутаlеламаш югlа тухуш бахьанш мел леладо = lильмангахь малакат кхиор дlа доккху вай, lильма lаморан некъ бах бо вай, хала жайнешха мутаlеламаш кхетар югlа уьш дlа хьехаран говзалла цаьргара дlа йоккху вай.

Ма чlогlа экаме хlума ду-кх иза lильма lаморан манхlаж билгала яккхар бохуш дерг, эзарза таллам биний бен ма юйцийла иза юйцучо.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

02 Jan, 04:12


لا يقاس الرجل إلا بأقرأنه وأهل زمانه ؛ فكل قوم وزمانهم

قال علي بن المديني : لا يقاس الرجل إلا بأقرأنه وأهل زمانه فلقد قُلتُ مرةً : سعيد أعلم من حماد بن زيد ، فبلغ ذلك يحيى بن سعيد فشق ذلك عليه ، لئلا يقاس الرجل بمن هو أرفع منه لا يقول : سفيان أعلم من الشعبي ، وأيُّ شيء كان عند الشعبي مما عند سفيان !

وقيل لعلي بن المديني : إن إنسانا قال : إن مالكاً أفقه من الزهري ، فقال علي : أنا لا أقيس مالكا إلى الزهري ، ولا أقيس الزهري إلى سعيد بن المسيب ، كل قوم وزمانهم .

----------------------
هذه الفائدة النفيسة نقلها يعقوب بن شيبة بن الصلت عن شيخه علي بن المديني .  ( ملخص من مسند أبي يوسف  : يعقوب بن شيبة بن الصلت من مسند عمر بن الخطاب رضي الله عنه ، لخصه : لخصه / أحمد بن أبي بكر الطبراني الكاملي . تحقيق : علي بن عبدالله الصياح . صفحة : 117 .

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

30 Dec, 11:10


Мутаlеламан шен lильма lаморан дахарехь цхьа мур богlур бу: хьашияташ чура дакъаикъашха бен самукъа ца долуш.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

30 Dec, 11:06


أُحِبُّ الغياب والخفاء والبِعاد بين الفَينة والأخرى؛ حتى ينساني القاصي والداني، والصديق والعدو، والمُحب والمُبغض.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

29 Dec, 15:43


Лугlат чlагlярехь чlогlа маржиl ю хlара.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

29 Dec, 15:32


Эца хьакъ долу жайнешха ду хlара, Дала мукъалахь.

Шайх lабдул-Къодир Ал-хатlийб Ал-Хьасанийн куьг мел lоттаделла долу жайна схьа эца хьожу со.

Цхьа ша кепара шегахь хаза масал долуш lеламстаг ву иза, Сийлахь волчу АллахIа умматан дуккху пайде а, беркате а войла иза.

Жайна ша Усуль-фикъхlангахь мутавасситl мустава йолу мутаlеламашна лерина ду.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

29 Dec, 13:42


"Мел чlогlа приложени ю хаьи хьуна", "мел хаза пайданаш хуьлу хаьи хьуна цу чохь" ...

Цхьа а шеко йоцуш мутаlеламан lильма схьа оьцуш йолу осл иза жайна ду, варелахь цундела цуллаъ хьалха цхьа а приложени ма йоккхийла мутаlеламас!

Ахь жайна мел доьшу хьуна пайданаш схьа хуьлу цунах, хьо lаббалца я хьо кlадваллалца!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

28 Dec, 18:40


САМО ЯР

Хьайн карахь университет, я институт, я центар хилча, цигахь хьоьхуш болу хьехархошна ойла яьш хилалахь, церан метта хьой хотта велахь, хийланза хуьлу уьш шайна карахь ерг шена шортта ахча схьа оьцуш, делахь карахь йолу оцу дешеран меттехь болу хьехархошна чlогlа лахара алап хотта дой lаш.

Уьш а ма бу хьо санна lа-баха безаш, церан а ма ду шайн кхочуш дан дезаш хьашташ. Царна а ойла е.

"Ахча" аьллчахь бисан хlорш, бохуш хьо дог этlаш lар нийса дац, дахар мел дазделла хьажа, цара хьан хьуьжрехь мел хан дlа луш ю хьажа, тlаккха хуура ду хьуна ахь царна мел лахара мах хадийна!

Мел хийланза инзаре чlогlа хьехархошна колектив йолуш меттиг хуьлу шаьш саннарш оцу кепара вовшах кхетта кхин цхьанна хира буй-теша аьлла, делахь цаьрца лелош йолу юкъаметтиг, царна луш долу инзаре кlезиг алап бахьан долуш уьш цигара дlаса багlан!

Хьан долахь йолу хьуьжар хаза яьш дерг хаза гlишло, ков-керт дац, иза хаза яьш берш цига чохь хьоьхуш болу хьехархой бу!

Шен дегlан дезарг шен бусулба вешийн доьзийла.

*Коьрта билгалдаккхар: со цхьанна директор, я алап оьцуш хьехархо вац, со гlийла чай молуш сай дlа вехаш кху дуьнен кийрахь вахархо ву.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

28 Dec, 14:23


من تضييع هيبة العلم وعزته: أن يتحدث طالب العلم ويحكي عن يتوبير (بلوجير) ما، أو عن رياضي ما في مجالس الناس، وكان المفروض أن يكون الشأن بالعكس!

حافظوا على هيبة العلم وعزته كما حافظ عليها أسلافنا في أشد الظروف وأضيق الأحوال، وأكثروا من قراءة الكتب  التي تتحدث عن آداب طالب العلم؛ حتى لا تجنوا على العلم وحملته.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

25 Dec, 21:39


Хийланза шен lильмангахь дукха воккха мутахассис волу lеламстаге хаттар делла цо шен цуьнан жоп ца хаьа аьлча, цунах мел дукха пайда хуьлу-кх мутаlеламан!

Ша мел долу хаттаран ша жоп дала гlерта ца везий, шегахь цуьнан хьокъехь онда lильман бух бацахь къамел ца деш lад lа везаш хилар, сих-сиха цо шена "ца хаьа" алар марзо дезаш хилар.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

19 Dec, 16:10


"Маlруф"

Ма ирча хуьлу-кх иза lильма lамош волчо кхечо шега пайде цхьаъ дуьйцуш хенахь: "маlруф" бохуш гlорт сеттош хилар, ша санна чунна хьалха "ма дийца" , "lад lе" бохуш санна.

Дукха шира цамгар ю иза!

Хьо lильма lамош волу 20 шо я 30 шо делахь а хьуна ца хууш дуккху хlума хира ду, цундела ваза ма ло кхечуьнгара пайда схьа эцарехь я насихьат къобал дарехь.

Мутаlеламас таллам бан беза шегахь, къаьстина наха ша дукха хьестош волчо (الغُرور) цамгар-м яц теша шегахь аьлла, югlа цуьнан дарбан тlаьхьа вала веза иза.

Вуьшта гlорта сетта яр мутlлакъан гlо хlума ду бохург дац иза, зал чохь а чlагl ян мегаш ду иза, стомма гlорта цкъа а новкъа хира яц, Дала мукъалахь.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

19 Dec, 15:48


Аяташ диссаран бахьанш дуьйцу жайна ду хlара Имам Аль-Вахьидис даздина, хlара санна чlогlа жайна дан а дуй-те кху мавдуlангахь даздина аьлла лоруш жайна ду хlара.

Уггаре дика тахькъикъ хlокху жайнан Шайх Махlир Аль-фахьс динарг лоруш дар, иза хьалха даруль-мийманс ара хецна дар дикка хьалха, иза карош доцуш я оцу даро кхин ара ца хоьцуш лаьтташ дар, шайга ара хеца аьлла дехар дича а, амма тахана хlокху даро (مؤسسة دار الحديث) изза тахькъикъ югlанехьа ара хоьцуш ду хlара.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

19 Dec, 13:52


"مداواة النفوس" لابن حزم (ص ٤٢).

Iильма lамадина югlа иза шайн пlендарш юкъара кхин дехьа ца долийтачаьрга ду хlара къамел лерина:

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

13 Dec, 13:19


Фикъхlан терминш схьа йостуш чlогlа дика жайна ду хlара. Къаьстина бахьсаш яззош болчарна дика хира долуш жайна ду хlара.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

09 Dec, 19:44


Хlара тахькъикъ уггаре гlолехь хира ду аьлла деган йовхо ю-кх вай, Дала мукъалахь.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

08 Dec, 14:14


ترجمةُ نصٍّ ما تنصيفٌ لِلُغةِ المُترجِمِ قوةً وركاكةً.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

07 Dec, 18:40


Хьой дlавлале хьалха хьайх шортта бусулба нахана пайде лар буха йита хьажар, ма йоккха сийлахь lалашо ю-кх иза!

Ма хийланза дегlе мало тlе еъча и lалашо дага яийтаро гlо дийра ду-кх хьуна мало дlа яккхарехь, Сийлахь волчу АллахIан гlоьнца.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

07 Dec, 17:13


أُحِبُّ النحويين ولستُ منهم.

منقول.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

05 Dec, 21:27


Хьайбанаши ахькамаш дуьйцуш ч1ог1а коьрта жайнеш х1ара кхо жайна. Декъ фикъх1 хилла ца 1аш цу чохь кхин а дуккху пайде х1ума карор ду цу чохь. Доцца аьлча: мутаlеламан мактаба чохь хила хьакъ долуш кхо жайна ду х1орш.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

03 Dec, 06:47


Хьайн бусулба вешера муьлхха цхьа цатам хилла, югlа иза гуттаренна хьайн дахаран юкъара дlа къайла ваккха веза аса, иза дина ца lаш цунна тlе доккха чурт хотта дан деза аса бохуш хьо вон ойланаш яьш lаш хенахь, дага даитайлахь хьайна хlара:

Кхулла хьалха хьуна иза мел дукха хlуман тlехь накъост хилла.

Хьуна иза войзун чулла тlаьхьа хьуна цунах мел дукха пайда баьлла.

Мел дуккху меттехь хьоьца чекхваьлла иза, цхьа а эъ-меъ доцуш.

Цуьнгара даьлларг оцу кепара геч ца даллал доккха хlума ду теша, я хьо и гlалатан барам шорра бина шайтlан хазхетар деш воьдуш ву теша.

Иза велла аьлла хьайга хабар кхаьчча хьо паргlат вера ву? Я онда дохко вера ву хьо цуьнан хьокъехь?

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

03 Dec, 06:41


ЙОХК-ЭЦАР ЛЕЛОШБОЛЧАЬРГА:

Аша юхкуш йолу хlума, хуьлийла иза молха, йа белхан гlирс, я жайна, йа кхин йолу муьлхха хlума.. иза йухкучу хенахь оьцуш волчунна хьалха бехкамаш хӏитто бакъо йац цунна ша эцна йолу хlумангахь гатто хира йолчу кепара, масала цуьнга алар: и эцна йолу хlума lаш волу меттера ара йоккхур йацахь, кхин волчунна иза гойтур йацахь, йа цуьнга алар: и хlума ахь югlа йухкучу хенахь хlокху мехала лахара ма ло, йа хlокху мехала кхин йеза ма йохка, алар. Хlунда аьлча иза эцарца иза цуьнан дола йолуш йу, тlаккха иза цунна тlехь шена луучу кепара куйьгалла дан бакъо йолуш ву, шена лаахь дlа яла совгlатан, шена луучу мехехь дlа йохка а, шена луучунна иза гайта йиш йолуш а ву иза.

Ша ду масала цо бехкам ца хӏоттош алар: хlокху хlуманна хlара мах лара бича ма дика хира дар вай тlехьлонна, делахь вукхунна иза оьцуш волчунна тlехь хир дац иза лардар а, цу тlехь чекхвалар а, хlунда аьлча вукхунна декъ дехар а, сатийсам бен и боцун дела.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

02 Dec, 21:10


Цхьадолу жайна дукха хала долуш цо хьан корта къажбан йиш ю, я хьуна кlунзал охьа хьадийта йиш ю цо, цундела иштта меттехь вайн нохчийн киц дага даийталахь хьайна: "Хазалла сарралца, дикалла валлалца!".

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

30 Nov, 03:50


Балнаш хьо кагва дохкийтуш дац хьуна тlе Дала, мелхо а хьо (къиношха) цlанва а, хьо Шега верзийтар доьхьа а, хьан дарж Ялсамане чохь лакха даккхар доьхьа а дохкийтуш ду.

Сийлахь волчу АллахIан массо а болх а, харжам а дика бу бусулба адаман.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

29 Nov, 10:59


Нахьва lамочеран а шай мотт бу.

"Хьатта санна яьхьш ю-кх хьан!"*

"Тамйийиз санна сарийхь хилахь соьца!"**

* لأن "حتى" تأتي عاطفة، وجارّة، واستئنافية.

** لأن التمييز لا يكون إلا صريحا.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

29 Nov, 10:42


"حاشَى" التنزيهية

وقال الزمخشري في "المفصل" : وقولهم : "حاشَى للهِ" بمعنى "براءةً للهِ من السوء".

"الجنى الداني" للمُرادي (ص ٥٥٩، ٥٦١).

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

29 Nov, 03:30


Шех буха шортта дика лар йитан дlа вагlанчун кху дуьненара ду-кх ирс!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

28 Nov, 21:53


Кхераме хlума...

Iильма lамош волчунна цо ша цунна тидам ца беш цхьа чlогlа кхераме хlума тlе догlу, иза хlу ду аьлча? Цунна шен къамел хьужжат хета доладалар, шен кхетам гlалате хила йиш йоцуш нийса кхетам хетар, тlаккха цу тlе доьгlна цо лелор дерг: жайнан чу хьажа везаш хьал тlе lотта делча жайнан чу ца хьожуш жоьпаш далар, ша санна волу мутаlеламашца юкъа диллана талла дезаш масъалатангахь царна хьалха гlиллакх ца лелош цаьрца: суна иштта хета иза, хlан-хlа иштта ду иза бохуш къамелаш дар.

Ша ду нагахь санна цунна хьалхалера lеламнахан санна 250 эзар шен зlенашцани хьадисаш дагахь хаахь, дуккху жайнеш дагахь хаахь цхьаммо буьйсана юкъахь сама ваьккхина дlа бешал могlа эццара дуьйна ... аьлла хаттар делча, цунна иза кхин дlа беша хуура делахь.

И тайпа цамгар дукха хьолехь мутаlеламан гондахьа болчара хьестош хилча, хlокху цаьрга lад lе олуш ца хилча кхета йиш йолуш ю. Цундела чlогlа хlора мутаlеламан шен lильман барам хаа беза.

Жима волуш хенахь хьо шай куьпахь чlогlа бага корта тухуш ву аьлла гlарваларий, кхузахь lильман юкъахь хьо наха хьеставарий тайпа-тайпана ши хlума ду хьуна!

шайтlаниг хьо lеха ма вайталахь!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

26 Nov, 06:58


Уггаре хаза хан иза Сийлахь волчу АллахIан муьтlахь хуьлуш яьккхина йолу хан ю-кх цхьа а шеко йоцуш.

Хуьлийла иза lибадат деш яьккхина, я нахана гlо деш яьккхина, я lильма lамош яьккхина хан ... иштта кхин дlа а.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

24 Nov, 19:59


- Тимерболт, наха хьайна хьалха хlилланаш лелош хенахь хьо шайллаъ оьшуш волуш санна, и тайпа хlума хьайна туса делча хlу до ахь?

- Дера ца до кlадда, Аьрсбек! Сой lовдала волуш уьш хьекъал долуш болуш санна сурт хотта дой, сой цхьанна хlумана тlаьхьа ца кхуьуш санна lад lа-кх!

- Ванах хlунда до ахь иштта? Цуллий гlолехь хира дацар: хьажал Хьенех, хьайн и хlилла, саьхьаралла, йилбазалла соьца чекхдера дац хьуна хьан, кхин и тайпа кепаш соьца ма лела елахь хьой вала волуш аьлла, само йича дика хира дацар?!

- Там бар иштта гlолехь хила! Делахь гой хьуна сан шира доттагl Аьрсбек, вайшиъ жима ма ваций, цунаъ хьесап дан ма дезий вайшим, тахана велча я кхана цхьа цец вера воцуш хьал ма дуй вайшинарг, цундела цу нехан могlара охьа воьссан цаьрца хlуьцl-пуьцlалгашха ловза хан ма яц вайшин.

- Дала къинхетам бойла вайшинах, Тимерболт.

- Амин.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

21 Nov, 04:20


"طرح التثريب في شرح التقريب" (٢٦٩/٢).

Хьадисехь хьахийна долу: хlора дийнахь 360 хуттарган (суставан) тlера сагlа дала дезаш хилар = иза важиб хиларна тlе дуьгуш ду я суннат хиларна тlе дуьгуш ду?

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

19 Nov, 05:46


Ассаламу lалайкум.

Хlокху дарсашка ладугlуш болчаьрга дехар дар: нагахь санна хlара дарсаш мутаlеламашна пайде хира ю аьлла шайна хетахь мутаlеламашна юкъахь йовзийтарца.

https://t.me/attuhfassaniyya

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

18 Nov, 20:45


المبدأ في تقرير الكتب للتدريس والمدارسة.

ما أحسنَ الاقتصارَ على مقررات العلماء، وإراحةَ الطلابِ مما لم يقرروه!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

18 Nov, 20:39


Ша шен хьесап деш деша догlуш хlара тайпа жайна мутаlеламас.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

17 Nov, 20:42


БЕХК МА БИЛАЛАХЬ...

Бехк ма билалахь lеламнахана уьш хьо волче баьхкана, цара хьан неl тоьхна: "Шаьш хlу дан деза, Хьенех?", аьлла хьоьца уьш дагах ца бовларна! Шаьш мел лелош долчунна хьуна хьалха цара хьесап ца дарна! Бехк ма билалахь царна! Къинтlера валалахь царна!

Суна а бехк ма билалахь! Суна а къинтlера валалахь аса хlара могlнаш яздарна!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

14 Nov, 05:44


КАПИЛЬНИК ЧОХЬ АХЧА ГУЛДАР

Хийланза да-нана хуьлу-кх шайн доьзалхочунна ахча вовшах тоха lалашо йолуш цунна капильник йола йой, цу чу жим-жима ахча дуьллуш, тlаккха иза гул ма делнехь цунна цунах квартира я цlено я кхин долу мехала совгlат дийра ду ша олий дог-ойла йолуш.

Коьрта само ян езаш дерг хlу ду, цхьа волчо ша цу чу кхуссуш долу ахчанна хьесап ца до, цхьа верг хьесап ца деш хуьлу шен цу чохь мел барам ахча хуьлу.

Цундела коьрта дерг цу чохь долу ахча мел ду билгала даккхар а, дlа даздар а ду, хlунда аьлча иза зактан бараме хьала кхачахь цуьнан тlера закат дала дезаш хуьлу иза шо мосуза хьовза. Амма цо иза дlа даззош ца хилча цуна хуура дац иза закатан даларна бараме хьала кхаьчна я ца кхаьчна. " - Хlан-хlа ша герга хьесапца лура ду цу тlера закат", аьлча а нийса ца нисдала мега цуьнан иза.

Цундела гlолехь дерг хlу ду цхьа а шеко йоцуш, ша цу капильник чу кхуссуш дерг билга доккхуш хилар ду, цу тlера нийса закат даларна доьхьа.

Дика хууш Верг Цхьа АллахI ву!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

13 Nov, 11:42


Аллахlан доьхьа шайн дахар хилла болчу lеламнехан белхаш АллахIа уьш зе ца дойъу.

Ур-атталла царна луьш, гlийбаташ деш болчара цхьана (шаьш цунна тидам ца беш) царна дика деш бу уьш, цара шайн диканаш ду царна дlа луш дерш.

Ма хийланза чай-пай яьш хенахь lеламнехан а, мутаlеламашна а шайн диканаш дlа ло-кх "массара хlу дан деза хууш долчу чlоро".

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

13 Nov, 11:35


Къуръан доьшуш я жайна доьшуш лело дика гlирс бу хlара мутаlеламан.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

11 Nov, 18:25


‏بُعْدُ المكتبة عن البيت والعائلةِ مهمٌّ لطالب العلم؛ ليتفرغ التفرغ التامّ للقراءة ولإنجاز أعماله.

قال ابن الصلاح في "مقدمته": (وقد روّينا أن يحيى بن معين رضي الله عنه قيل له في مرضه الذي مات فيه: " ما تشتهي؟ قال: "بيتٌ خالي، وإسنادٌ عالي".

منقول.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

09 Nov, 20:34


- Тимерболт, "Аса-со" чlогlа долчуьнца ахь иза ваза ца вар а, хьо цуьнца вон хиларна юкъа догIуш дуй, хаалахь!

- Тlе ма да хьо хlа ма да! Тlаккха хlу да деза цунна, Аьрсбек? Даим иза гехь лелавина девра дуй вай?!

- Дера вайшинна цунна да хlумма ма дац хьуна хlета, сан хьомсара доттагl, ша доlанашкахь иза вехар доцург. Делан къинхетам хьалха баьлла, цуьнан дакъа нlаьниш даъале хьалха кхетар вац теша иза ша лелош долчунах.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

04 Nov, 22:15


Iеламнаха жайна даздеш хенахь хьоьгуш долу къан барам вайна хаахьара ма эхь хетар дар-кх вайна церан жайнеш дешаран тlехь мало ян.

Цара цу жайнан чохь хуьлийла цу жайнан барам 600 бlа агlо.. цу чохь цара хьахийна долу lилма царна схьа гуллош ма дукха хlума дlа делла-кх цара, хьоьга цу жайнан стом хьан мера кlела кховдийна, кхиина баьлла, хьайн йовха чоь чохь, йовха локъам кхоллуш тlе молуш капучино йолуш хьоьга и жайна дешийта, югlа цул тlаьхьа дог ца догlу сан иза деша бохуш арзанаш дан эхь хета дезар вайна...

Мда...

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

04 Nov, 17:04


*فتضاعف

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

01 Nov, 20:38


Дегнашка садаlийтар.

https://youtu.be/rxKdiSZzmKk?si=j9Mtoixs1tqjM-ls

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

01 Nov, 11:39


مَن جهل بالنحو واللغة فحرام عليه أن يفتي في دين الله بكلمة ، وحرام على المسلمين أن يستفتوه!

الإمام ابن حزم - رحمه الله تعالى - .

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

01 Nov, 05:44


Хьехар

Кху питане заманахь хlара хlума ахь дахь, дуьххьара дlа хьайна боккха пайда хилла ца lаш, хьайна гондахьа болчарна а шортта пайда бийра бу ахь.

"Сияру аlла́мин-нубала́ъ" олуш долу жайна эций, хlора кlирнах цу тlера лаххара цхьана таржамат еша. ВалЛахlи, тlаккха хьуна ахь хlинца дlа хуш долу дахарах Делах эхь хетар ма ду, хьайх эхь хетар ма ду. Инзаре онда хьехам хира ма бу хьуна цунах!

Аллахl реза ван, Ялсамане яккха ара боьвла болу къонахаш муха къахьегна гура ма ду хьуна!

Дикачу нехан дийцарш дуьйцуш хенахь къинхетам тlе буссу, олуш хилла хьалха хилла болу салафша.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

01 Nov, 05:17


Цхьайолу "нахьван тlуьхкаш" жайнан могlа боьшуш хьаьрк тухуш хенахь ца хиъча ца йовлуш чарах ю!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

30 Oct, 14:35


Мутаlеламан куьйган гена йоцуш уллехь хила езаш дошам ю хlара, къаьстина фикъхlан жайнеш доьшуш хенахь сих-сиха кху чу хьаьжча шортта пайда хира бу кхунах.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

30 Oct, 04:01


Цхьа долу къиношка орам билийтахь югlа буха даха хала хира ду уьш!

Цундела сих-сиха царах лаьцна дуьйцуш хила деза, церан бохамашха лаьцна, дуьненахь а, эхартахь а цара тlе яхьаш йолу дакъазаллах лаьцна а.

Масала: Рибах лаьцна, юьхь изуродавать яр балдаш дестош, цlоцlмашха къигийн тlемаш деш, хьиджабан бехкамаш ларош ца хилар, ламаз шен хеналла дlатетта аьттехьа а мегаш ца хилар, дегlан lовраташ гуш леташ болчаьрга хьежа мегаш ца хилар... иштта кхин дlа а.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

30 Oct, 03:49


Та ма шена хlума ду-кх иза, керла доккха жайна эцна мутаlелам шен цlа воьдуш хенахь, шен хьалха бан безаш керла боккха болх болушшехь, хlетте а чlогlа самукъа даьлла хуьлу иза цунах.

Сийлахь волчу АллахIа lильма lамор атта доцушехь хlетте цуьнца цхьа ша кепара ийманан марзо хилийтана, lильма lамош волчунна ша ловш йолу хало йиццош.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

30 Oct, 02:10


- Фикъхl иза хlу ду, дийцахь?

- Фикъхl иза бусулба адаман дахаран низам ду! Тlаккха иза lаморан тlехь мутаlеламан кlадо ян йиш ю аьлла хетий хьуна?

(Жайна доьшуш верг со вац).
(Жайнаца хьурмат хила деза, иза лаьтта диларах ларо деза).

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

26 Oct, 19:34


Дала мукъалахь дукха ца lаш вай нахьвангахь доьшуш долу жайна "Ат-тухьфатус-саниййахl" чекхдала дезаш ду вай, тlаккха цул тlаьхьа Фикъхlангахь вай хоттийна долу жайнан дарсаш дlа хура ю вай, Делан пурбанца.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

26 Oct, 19:32


بسم الله الرحمن الرحيم

Фикъхlан дарсаш:

https://t.me/yaqut_nafis

Лугlатан дарсаш:

https://t.me/qirarashida

Нахьван дарсаш:

https://t.me/attuhfassaniyya

Хьиварш (диалогш) :

https://t.me/way_hivar

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

26 Oct, 13:41


Дукха хьолехь хlоранна ша лехнарг карор ду.

Iильма оццул сийлахь хlума долушехь, эхартахь Ялсамане чохь лаккхара даржанехь лакхвала бахьан иза долушехь хlетте цуьнан бехкам бац иза lамош верг хьал долуш хилар, къечуьнга а lамадало иза.

АллахIан къинхетам ма боккха Цо шен лайшах бина болу!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

22 Oct, 07:55


"Ат-тухьфатус-саниййахl" олуш долу жайнан хlара тlобlат чlогlа дика ю.

Къаьстина Шайх Мухьаммад Мухьйид-динас ша дlавалале хьалха цу тlе бlаьрг тоьхна цхьадолу хlуманаш дlа дохуш, цхьа дерг тlе тухуш хlума дина, Шайхас бина болу хийцам кху тlехь хьахийна бу.

Жайнан тlехь болх бинарг а ша дика кхеташ вуй къаьсташ ду цуьнан таlликъаташца.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

21 Oct, 11:10


Деш дерг АллахIан доьхьа дацахь эрна къахьегар ду-кх хlара lильма lаморах мел таслуш дерг!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

20 Oct, 10:31


Цхьажимма дегнашка садаlийта вай?

https://youtu.be/g_6rxPbbyoc?si=0_KjZRhKORI-H0CA

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

19 Oct, 20:11


بسم الله الرحمن الرحيم

Хlокху канал чохь Нахьвангахь жайна ду вай доьшуш. Ша жайна чlогlа коьрта жайна ду, нагахь санна цунах дика кхета ма везза кхетахь нахьвангахь дика новкъа валар хира ду мутаlеламан, югlа цул тlаьхьа догlуш долу жайнеш дешар тlехь онда гlо хира ду ин ша Аллахl.

Вай доьшуш долу жайна: "Ат-тухьфатус-саниййахl" ду.

Дарсашкахь дакъа лаца луъчунна хlара ссылка ю: https://t.me/attuhfassaniyya

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

19 Oct, 20:00


Мийросангахь Шафиlийн мазхlабера lеламнаха насихьат деш жайна ду хlара.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

19 Oct, 05:02


المكودي

Аль-макувдий: хlокху lеламстаген цlе цхьаболу lеламнаха иштта йоьшу: (Аль-макувдий) олий, цхьаболчара ташдидцаний: (Аль-маккувдий) олий йоьшу.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

16 Oct, 16:57


Дозалла дан хьакъ болу бахам!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

15 Oct, 21:19


Аллахlа lалашдойла вай массо а къиношха.

https://youtu.be/-Xjj5y0HIBk?si=RPnV6wZv3ODt6FUv

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

15 Oct, 16:41


Дарсаш хьоьхуш болчарна чlогlа дика программа ю боху хlара кара йирзича. Жимма ютуб кега йора аша шайна муха лела йо lамош.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

15 Oct, 16:40


https://apps.apple.com/sa/app/microsoft-teams/id1113153706

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

15 Oct, 03:55


- И хlума мегаш дац боху динехь, lаддита дезар ахь иза!

- Дlавала, иза-м цара шаьш а лелдора! Хlу ду цигахь вон?

- Уьш цlерга лелхаш хилча, хьо а эккхар варий царна тlеххьий цlерга?

- Вацар! Тlаккха-м къа доцуш бежан бен хира ма дац!

- Хьо бежан ма дац, даций?

- Дац!

- Тlаккха Дала хьоьх адам кхоьллина хилча хьайба хила ма гlерта хьо! *

* Уггаре декъаза хlилнаш лелош берш: динехь цхьа хlума хьарам ду аьлча шайга, цунна дуьхьалонаш ян гlерташ берш бу.

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

15 Oct, 03:43


Мутаlеламан декхар: шен ницкъ ма кхоччу жоьжахате боьду новкъа тlе боьвла боьлхуш болу нах цу некъан тlера югlа баха хьажар, ду!

مُلْتَقَى طُلَّابِ العِلْمِ

15 Oct, 03:43


Хьо велчий бен схьа ма даста алий, кехат даз де.

Ма доггаха чулацам болуш хира ду иза.

Югlа хьо велчул тlаьхьа иза доьшуш болчарна ма дагах кхетар долуш кехат хира ду иза (шаьш жимма адамаш делахь).

Ахь иза даздеш хенахь хьо эхартан дахаре новкъа вера волу некъахо хилар бохучун маьlанан дикка ойла йира ю ахь.