lадлан Харачо @adlan_haracho Channel on Telegram

lадлан Харачо

@adlan_haracho


📲Бот: @Adlan_xaracho_bot

📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi

📲Хьоста: @adlanan_darsash

📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho

📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho

📲Вконтакте: vk.com/id256357179

lадлан Харачо (Chechen)

📲 lадлан Харачо is a Telegram channel dedicated to providing valuable content to its followers. From educational resources to entertaining content, this channel has something for everyone. With a focus on promoting Chechen culture and language, lадлан Харачо is a must-follow for anyone interested in learning more about this rich and vibrant culture. Who is it? lадлан Харачо is a Telegram channel run by a team of dedicated individuals passionate about sharing their love for Chechen culture with the world. With regular updates and a variety of content, this channel aims to educate and entertain its followers. What is it? lадлан Харачо offers a range of content, including educational resources, cultural insights, and entertaining videos. Whether you are looking to learn more about Chechen history, language, or traditions, this channel has something for everyone. In addition to its Telegram channel, lадлан Харачо also has a bot, an academy, and a presence on Instagram, YouTube, and Vkontakte, making it easy for followers to stay connected and engaged. Follow lадлан Харачо on Telegram today to join a vibrant community dedicated to celebrating and preserving Chechen culture.

lадлан Харачо

14 Feb, 17:47


https://youtu.be/hZnDqwk1MLM

lадлан Харачо

13 Feb, 17:34


#Бух_боцу_хlуманаш 25

lадлан Харачо

13 Feb, 17:28


Ночь Бараат | Шейх Ибн Баз

lадлан Харачо

13 Feb, 17:25


Бараъат буьйса

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ШаIбан бутт юккъебахча йолу (Бараъат олу) буьйса юьйцу хьадис мункар (бух боцу хьадисал а лахара) хьадис ду, цу буьйсанан хьокъехь деана бух болуш цхьа а хIума дац».

[Дарс: Доврат кита́бус-сиям, 21.05.2016ш]
https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy

lадлан Харачо

13 Feb, 17:24


ШаӀба‌н бутт юккъебахча марха кхабар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Амма шаIба‌н бутт юккъебахча цхьа марха кхабар цхьа а бух болуш дац».

[Икътида‌ус-сира‌тIил-мустакъи‌м, агIо: 413]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat

lадлан Харачо

13 Feb, 12:15


Ламазехь айхьа бисмал ма-дешшара сиха нахе къамел деш хилча, хьайх цхьа а кхетар вара аьлла хетий хьуна?!

Ткъа ламазехь а ву хьуна хьо къамел деш, хьайна дуьхьала луш жоп а долуш, амма и хьан къамел АллахӀаца ду!
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

12 Feb, 09:27


https://youtu.be/4FKollGXz3g

lадлан Харачо

10 Feb, 18:38


Шайх Ха‌лид ЖухӀанийс (АллахI Iалашвойла иза) боху:

Ӏакъидат Ӏилманан дозалла:
1- Дуьххьара долу важиб ду иза;
2- Ӏибадаташ мегаш хиларан бехкам бу иза;
3- Ӏамалш къобалъяран бахьана ду иза;
4- Элчанийн а, Пайхамарийн а даӀватан бух бу иза;
5- Адам, жин кхолларан Ӏалашо ю иза.

[ХӀида‌йатур-раши‌дахӀ, агӀо: 12-14]
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

10 Feb, 13:13


https://youtu.be/-QAeeJlSyzU

lадлан Харачо

10 Feb, 11:45


Шайх Ха́лид ЖухӀанийс (АллахI Iалашвойла иза) боху:

«Дуьненахь, эхартахь ирсе хилар АллахӀах тешарца доьзна ду».

[ХӀида́йатур-раши́дахӀ, агӀо: 11]
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

09 Feb, 05:33


https://youtu.be/mbvtthxaMHk

lадлан Харачо

05 Feb, 21:51


Шайх Абу Исхьа‌къ Хьувайнис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Суфян Саврис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Туьхица, бепигца ваха хьан ницкъ кхачахь, хьох цхьаммо а лай вийр вац хьуна!»».

-Кхин а дикох долу дахар дезий хуьлуш ма бай тахана цхьаболчех леш!
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

05 Feb, 12:42


https://youtu.be/AFBTUa3iBh4

lадлан Харачо

05 Feb, 12:42


Имам Нававис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Бозбуунчалла лелор хьарам ду, иза даккхийчу къинойх а ду массо Ӏеламнехан барт хилла.

[Шархь Муслим Нававий, агӀо: 14/155]
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

05 Feb, 08:21


https://youtu.be/2uNi_8KLlAQ

lадлан Харачо

05 Feb, 04:02


Кху шаӀбан баттахь дерриге умматан шеран Ӏамал шена тӀееъча АллахӀана хӀун гур ду техьа? Гур ду те уммат дикачу агӀора хийцаделла, тӀаккха хӀара шо АллахӀа вайна дан а дlадаханчу шерал дика а, беркате а?! Я гур ду те АллахӀана вайн хьал вочу агӀора, кхин а телхина, тӀаккха хӀара шо даханчу шерал а вон хила: баланаш, сингаттамаш, гӀайгӀанаш, тӀемаш, зенаш даханчу шарал а алсамдовла?!

АллахӀа боху: «АллахӀа адамера хьал хуьйцуш ма вац, уьш шаьш цкъа хийцабаллалц». [Сурат: РаӀд, аят: 11]
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

04 Feb, 06:02


Ӏадлан Харачо

Ӏадланан маьл долу белхаш чохь хира долуш гугл сайта ю хӏара

lадлан Харачо

31 Jan, 22:02


https://youtu.be/oqER3KTPQzs

lадлан Харачо

09 Jan, 19:39


https://youtu.be/g_UHfBuRPCY

lадлан Харачо

09 Jan, 08:16


https://youtu.be/2JUtsuP6DdI

lадлан Харачо

09 Jan, 05:44


Дика Iамал йолехь совйолу, езачу хенахь йича.

[Муснад Ахьмад, агIо: 26/86]

-Иштта Ӏеса лелар а къинехь совдолу езачу хенахь нисделча.

Ткъа езачу хенах лоруш бу бихкина бина болу биъ бутт, уьш:

1- Зул-къиӀдахӀ.
2- Зул-хьижжахӀ.
3- Мухьаррам.
4- Ражаб.
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

07 Jan, 07:45


ХӀара санна дерг ду-кх мелхо нахаладаккха а, даржо дезарг а! Боьха дерг, лартӀахь мел доцург бен нахаладаккха марзаделла доцуш дика дерг нахаладаккха а ца деза моьтту!

ХӀара санна долчехь дара даккхий совгӀаташ хила дезаш, ахча а ца кхоош, къовсамаш а и санна долчунна беш, нахала а хӀара санна дерг доккхуш! Кегийрхошна масал эца меттиг иштта ерг юй гойтуш, эшар локхучаьргарий, блогершкарий, латарх ловзучаьргарий ца оьцуш, авторитет а хӀара санначарна еш!

lадлан Харачо

07 Jan, 07:28


"сайн луаргам эра ду ас" аьлла, ара даьлла моьтту суна тахан адам...

lадлан Харачо

07 Jan, 07:27


Совдат 🩷
дуьххьара деша йог1уш Совдат 10 шо долуш алиф ца дойзуш яра, дукха дика а, сиха а, деша 1амийра шега аьлларг деш, и дара 1.11.2011 шарахь…

г1иллакх, эхь-бехка, шега аьлларг дара, елаелла хилар, бехк баьккхича дуьхьал дош ца алар, цхьаъ да дезар аьлча хьалхарчу мог1арехь лаьтташ хуьлура «ас дийра ду» бохуш…дикнаш дукха ду дийца…
альхьамдулиллах1

йоккха паник яра, цхьанхьа г1овг1а яьллехь цигахь Совдат капитан юй хууш, гуттар цхьа гал даьлларг нислора дикниг да йоьлча, ц1ена цхьа самукъ ду-кх…)

гуттара хала ду-кх, Совдат тхайха къастара…
💔

Аллах1 Дала къуран беркате кхача йойла и…
❤️

lадлан Харачо

06 Jan, 20:58


https://youtu.be/WrKlpE9AebU?si=xSuQW7BsqUuisYvx

lадлан Харачо

05 Jan, 00:53


https://youtu.be/SXc2U-qxXSQ

lадлан Харачо

04 Jan, 10:07


https://youtu.be/smiwmaQwiEM

lадлан Харачо

01 Jan, 01:44


https://youtu.be/AXneliO1pKY

lадлан Харачо

01 Jan, 01:43


https://youtu.be/Tszx2P3CZX8

lадлан Харачо

31 Dec, 21:52


Керла шарца вай декъалдо, вайн къам хӀаллакдина волу Ельцина а, вайн йиша хьийзайина волу Будановса а!

lадлан Харачо

31 Dec, 10:38


31.12.1994

lадлан Харачо

31 Dec, 02:07


Новый год чепуха ю тов! ХӀара вахабист сацо везара-кх!

lадлан Харачо

25 Dec, 20:49



Тем кто говорит хьижаб и никъаб принадлежат арабам не забывайте о том, что новый  год принадлежит язычникам и неверующим


lадлан Харачо

25 Dec, 10:04


Керста нехан дезденошкахь дина совгIат 👈🏻

Керста нехан дезденошкахь луш долу совгIаташ дохкар 👈🏻

Керста нехан дезде долчу дийнахь цхьамма чукхайкхахь 👈🏻

Керста нехан дезденош даздар - цаьрца дIанисвалар ду 👈🏻

Керста нехан дезденош 👈🏻

Муьлхха а дезде шариIатах лоруш ду 👈🏻

Керста нехан дезденош бес-бесара ду 👈🏻

Керста нехан шариIатан уггар чIогIа билгало 👈🏻

Керста нахе а шайн дезденош даздойтуш ца хилча 👈🏻

Ӏумар ХаттӀабан сацам 👈🏻

Муьлхха а кепара тарвалар 👈🏻

lадлан Харачо

25 Dec, 10:00


https://youtu.be/B7PjjnyuGgw

lадлан Харачо

25 Dec, 07:20


Керста нехан дезде даздар

Керла шо

Аллахlна тlе харцо кхоьллина де

Керста нехан дезде даздеш лелочу хlуманах хьакхавалар

Керста нахаца гlаттор ву

Керста нехан дездийнахь дакъалацар

Таlзар дийр ду

Базане ваха мегар дац

Керста нахах тарвалар

Керста нехан дезденна кечдина совгlаташ дохка мегар дац

Пайхамаран суннатах вац

Керстаналла хила а кхерам бу

lамал йоха а кхерам бу

Керла шо деза ларар

Динах ду

Цу дийнахь самукъадаккха

Яхь мукъане хила

Гена довла

Оьгlазло тlеюссу де

Аллахlа хастийнарш

Уггар чlогlа керста нахах тарвалар

Салютех духку ахча

Уггар чlогlа адам Далла lеса хуьлуш буьйса

Керста нехан дезденошкахь дина совгlат

Керста нехан дезденошкахь луш долу совгlаташ дохкар

Керста нехан дезде долчу дийнахь цхьамма чукхайкхахь

Опасность поздравления с новым годом и рождеством

Керста нехан дезденош даздар - цаьрца дlанисвалар ду

Керста нехан дезденош

Муьлхха а дезде шариlатах лоруш ду

Керста нехан дезденош бес-бесара ду

Керста нехан шариlатан уггар чlогlа билгало

Керста нахе а шайн дезденош даздойтуш ца хилла

Iумар ХаттIабан сацам

Муьлхха а кепара тарвалар

Даздайта бакъо лур яц

Керла шаран совгlаташ

Iийса Пайхамар вина де

Фатва: Керла шо даздар

Эфир: Керла шо даздар

Нохчичо мукъане а муха даздийр ду?!

Берашна совгlаташ

lадлан Харачо

25 Dec, 00:24


Шарчохь уггаре чӀогӀа адам Далла Ӏеса хуьлуш буьйса ю хӀара дерриге дуьнен тӀехь, ткъа цаьрца дакъа лоцучех хьой вацахь ахь Далла хастам бе. ТӀаккха ахь ойла а ехь, АллахӀ тховса шен лешка хьежича, дерриге дуьнен тӀехь шен лешха дукхах берш шена Ӏеса хуьлуш карийча, амма хьо цаьрца дакъа ца лоцуш юстах карийча АллахӀан хьо дукха веза вала бахьан ду-кх иза!
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

24 Dec, 22:59


АллахӀа хьарам дина долу керста нехан дезде даздеш кху салютех доьхкина ахча миска нахана деллехь, дуккха а наха шайн хьашто кхочушйина хир яра, дуккха а нахана гӀо хилла а хир дара.
Ткъа хӀинца шен самукъанна цу салютех ахча доьхкиначо АллахӀана хьалха хIоьттича дала жоп кечдойла-кх!
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

24 Dec, 17:25


IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьйла цушинна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Цхьана нахах тарвелларг - царех ву». [Сахьи́хь: Абу Да́ву́д: 4036]

Шайх Iабдул-Кари́м Худайра (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Керста нехан дезденошкахь царех тарвалар а, цаьрца дакъалацар а даккхийчу белхех ду, и ду царех тарвалар, мелхо а, уггар чIогIа царех тарвалар гойтуш дерг ду церан дезденош даздеш дакъалацар, ткъа тIехула царех тарваларо-м дагчохь а царех тарваларе вуьгу, цундела болх чIогIа кхераме бу!».

[Шархь муваттIаъ, агIо: 1/18]
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

24 Dec, 16:35


АллахIа боху Шен сийлахь долчу Къуръан чохь, муъмин нах хастош: «Зур олуш долу хIума а ца хуьлу цаьргахь». [Сурат: Фуркъа́н, аят: 72]

Оцу аятера «зур» бохучух лууш дерг - керста нехан дезденош ду боху кхара: Ибн Iабба́са, Имам Раби́I ибн Анаса, Имам Ибн Сири́на, Имам МухIа́хIида, Имам Къата́дата, Имам Абул-Iа́лийата, Имам ТIа́ву́са, Имам Даххьа́ка, Имам Мусанна́ ибн Сабба́хьа.

Царех хьалхарниг асхьаб ву, тIаьххьарниг табиIут-табиIий ву, бисинарш берриге табиIинаш бу.

ТIаккха аятан маьIна хуьлу - керста нехан дезденош даздеш дакъалоцуш а ца хуьлу и муъмин нах.
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

24 Dec, 08:36


ОьгӀазло тӀеюссу де

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

24 Dec, 07:21


Iумар ибн ХаттIа́ба (АллахI реза хуьйла цунна) аьлла:

«АллахIан мостагIашна гена довлалаш церан дезденошкахь».

[Сунанул-кубра́ лил-БайхIакъий: 18862]
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

23 Dec, 23:47


Яхь мукъане хила

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

23 Dec, 21:03


Анаса (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, цо аьлла: «АллахIан Элча (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Мади‌нате схьавеара, шайна чохь ловзуш церан ши де а долуш. ТIаккха Пайхамара хаьттира: «ХIара хIун ши де ду аша билгалдинарг?». Цара жоп делира: «Бусалба дин тIе а дале хьалха дуьйна лелош дара-кх оха оцу шина ден чохь самукъадаккхар». ТIаккха АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «АллахIа и ши де хийцина-кх шуна цушиннал а гIоли долчу шина денца: гIурбана урс хьокху де а, марха досту де а»». [Сахьи‌хь: Абу Да‌ву‌д: 1134]

ШафиIий мазхIабехь воккха имам лоруш волу, 852-гIа шарахь кхелхина волу, ибн Хьажар Iаскъала‌нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху:

«Оцу хьадисах схьаэцна, керста нехан дезденошкахь самукъадаккха а, цу керста нахах тарвала а мегар цахилар».

[Фатхьул-ба‌рий, агIо: 2/442]
✈️Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

23 Dec, 20:27


Динах ду

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

05 Dec, 23:17


https://www.youtube.com/watch?v=QApf3LsbglE&t=3s

lадлан Харачо

05 Dec, 23:10


АллахӀа гӀоли йойла цунна, АллахӀа маршалла дойла цунна!

Амма доӀанашка хьашт вай ду аьлла хета суна, и ву аьлла ца хета, оцу хьолехь воллушехь иштта шен ламаз лардеш волу!

lадлан Харачо

05 Dec, 23:05


ХӀара сан йишин кӀант ву, вон хьал долуш, шайн доӀанашкахь виц цавар доьху

lадлан Харачо

02 Dec, 23:54


Iакъидат - иза ког юхабоккхуш долу хlума дац!

Академин дарс.

lадлан Харачо

02 Dec, 22:59


Iесаллин къахьалла

Iадлан Харачо
Iакъидатан Академин 2-гIа курсера 1-ра жайни хаттаршна жоьпаш

YouTube 🟥

lадлан Харачо

02 Dec, 19:53


🎙 lадлан Харачо حفظه الله

🔺️Керста нахах тарбалар. Каш шагатӀулгаца кечдар.

lадлан Харачо

02 Dec, 19:11


Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла:
«Шун Дела - Эхьхеташ а, Комаьрша а ву. Эхьхеташ а, Комаьрша а волчу шун Далла эхь ма хета, Шен лено ши куьг айбина Шега доӀа дича, жоп ца луш, юхатоха».

ТӀаккха хаттар ду-кх, сих-сиха карладуьйлуш хуьлуш долу, мархийн баттахь къаьсттина дукха совдуьйлуш долу, мархийн бутт доӀанна жоп ло бутт хилча, я мархийн баттахь хӀора дийнахь доӀанна жоп луш доӀа хилча, лайлатул-къадр буьйса шена чохь йолуш хилча, хӀора буьйсанна ша доӀанаш деш хилча, лайлатул-къадр буьйсане а нисвелла, тӀаккха жоп хӀунда дац шена, я жоп ца хуьлу шена, цу тайпа дерш, я ойланаш дуккха а хуьлу. И хьайна ца хилла бохуш долу жоп дуста ахь Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) бохучу кху хьадисаца. ТӀаккха хьайна доӀанна АллахӀа жоп ца делла аьлла хета хьуна? АллахӀана эхь хета хьуна жоп ца дала. Жоп ца далар бохуш дерг дан дац, иштта дерг хуьлуш а дац. Мелхо а, АллахӀана эхь хета и жоп хьуна ца дала. АллахӀа хьо вуьтуш вац жоп ца луш.

[Хьехам: АллахӀана эхь хета хьан доӀа юхатоха / Ӏадлан Харачо]

lадлан Харачо

02 Dec, 18:26


ШайтӀанах ларвала дан дезарг

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

02 Dec, 12:41


Доьзал кхиор

Дукхах йолу хан доьзалан шайн ненаца ю, шен доьзал динехь кхиош ерг а нана ю, дукха хьолехь.

Нанас кхион ца беза шен доьзал къа хета бохуш, ламазна а ца гlовттош, марханаш а ца кхобуьйтуш, воккха хилча кхетар ву, нислур ву бохуш, телефонш, мультикш, ловзарш чохь кхион.

Ткъа воккха хилчам и хьоьга хийцалур ма вац, мелхуъ, хьуна доьхьал вер ву, Къемат дийнахь а тlекхойкхур ду, шен дас-нанас нийса некъ схьам ца гайтира суна аьлла.

Цундела, да-нана баккъал а шен доьзаллех къа хеташ делахь, шен доьзал Эхартахь декъал хиларе сатуьйсуш кхион беза, мел чlогlа дуьнен чохь хало царна хилахь а, Эхартан lазапе диллича дай ма ду муьлххаъ хlума дуьненчуьра.

Оццал йоккха башхалла вайна а, хьалха дlабаханчарна а юкъехь хиларан бахьана ду-цара шайн доьзал лаккхара ойланаш а йолуш, нийсонна тlаьхь, къонах хила lамош хилар, ткъа вай - иза-м жима вара, кхуьур вара бохуш, шен lиндагlах а цхьана кхеран lамош хилар...

© Ӏадлан Харачо

Муслим жайничура хьадисаш доьшу 23гlа дарсехь: 27.05.21шо

https://t.me/so_Dishni/962

lадлан Харачо

27 Nov, 23:37


08.05.2024 / 29 Шавваль 1445

Къинойн къахьалла

Дарс дӏадаьлла, хаттаршна жоьпаш делла чукхоьссана озан юкъера дакъа.

Хаттар: ӏибатан марзо дӏаяла яьлли хьан, нагахьасан яьллехь, юх схьа хӏун дича еара хьа?И цӏа кхетта кхеттачуна, дӏаяьлчуна, хӏун хьехар дийра дар ахь?

Видео: Ӏилманан Нур

© Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

27 Nov, 23:05


🎙 lадлан Харачо حفظه الله

💡Вайна юккъехь дайна,
вай дендан дезаш долу суннат.

lадлан Харачо

27 Nov, 19:49


Нехан гӀалатлонах самукъадолуш хьо хилар - хьан дог цӀена цахилар ду, хьан дог хьагӀ олучу цамгаро дӀалаьцна хилар ду.

Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

27 Nov, 19:08


Зудчуьнга «Де дакъ хьойла ахь» алар…

Iадлан Харачо
Iакъидатан Академин 2-гIа курсера 1-ра жайни хаттаршна жоьпаш

YouTube 🟥

lадлан Харачо

27 Nov, 17:06


Къинойн бекхам

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

27 Nov, 16:13


Элчано ца динарг ахь цадар а суннат ду.

[3.50 хатӀаъ фил-Ӏидайни]

lадлан Харачо

27 Nov, 15:33


Питанах ларвалар

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

27 Nov, 13:10


ГIайгIа, бала, сингаттам
Тавхьид Iилма

ду хьо ирсе вийриг

Iадлан Харачо
Iакъидатан Академин
2-гIа курсера 1-ра жайни
20-гIа дарс

YouTube 🟥

lадлан Харачо

26 Nov, 16:10


🎙 lадлан Харачо حفظه الله

🚫40 де даьлча сагlа даккхар мичара даьлла?

lадлан Харачо

26 Nov, 15:11


Хьан сий айбалуш дац, хьан сий хуьлуш дац Ӏакъидатца а бен!

Ӏакъидат-дарс

lадлан Харачо

26 Nov, 13:35


Аллахӏа Шен лайх беш болу къинхетам

Ютуб агӏо

lадлан Харачо

26 Nov, 10:58


Къонах стаг хьан ойланна тIехь хилча а, ца хилча а къонах ву. Тешаме стаг хьан ойланна тIехь хилча а, ца хилча а тешаме ву. Оьзда стаг хьан ойланна тIехь хилча а, ца хилча а оьзда ву. Ткъа гIийла, осала, ямарта, ледара, жахIил стаг хьан ойланна тIехь валахь а, вацахь а ша верг ву. Хьан ойланна тIехь мел верг дика волуш, хьан ойланца мел воцург вон волуш, цу кепара терза ахь лелош далахь, жуьгтийн уггаре чIогIа, къегина, билггал йолу амал хьайца йолуш ву-кх хьо.

© Ахьмад Абу Яхья

lадлан Харачо

26 Nov, 10:21


Динах лаьцна мультик

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

26 Nov, 08:16


Ӏилмано хьо хӀора хӀуман тӀехь дешнаш лардан Ӏамаво.

Ӏакъидат Академи

lадлан Харачо

26 Nov, 06:57


Хьо бусалба хиларан бахьана | Ӏадлан

@vayn_glillakh

lадлан Харачо

26 Nov, 03:39


Аллахӏ хьарам йина эшар,
Пайхамара ﷺ хьарам йина эшар. Эшаро дагчу мунефикъал тосса.
Хину латта тӏе буц ма ялитар, эшаро даган тӏе мунефикъал йолита.
Эшаро Дела динах стаг дӏахьовза во. Эшаро Къуръан дӏадоккха, Дел хьахора дадоккха. Эшаро шайтӏи бен гулбо, шайтӏнаш тӏе гул до. Малайкаш дӏадохуьйта. Эшаро стага гала воккха, оц стега кхетам гала боккха. Эшаро Дал бохш дерга дуй, и тӏе ца лацалуш, тӏе лацалур доцуш меттиг дӏакъовлу цун. Аллахӏо Къуръан чохь ма дийцар, эшар юьцуш аятехь. Аллахӏ хьарам йина, Пайхамара ﷺ хьадисехь хьарам йина эшар ю. А маьл ву цунг ладугӏуш верга. Маьл ву ца дуьйцу вай, эшари лацадугӏуш верг войзи хьун? Шуьна мила войзам ца хаа суна, суна баш ца войзу.

© ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

26 Nov, 02:20


🎙 🌾lадлан Харачо  حفظه الله

🚫"Суна ца lема!"
🚫"Сан йиш йац!"

lадлан Харачо

26 Nov, 01:09


Хьайна лаахь реза хила, хьайна ца лаахь ма хила, и сан гӀуллакх дац. Сан гӀуллакх - нийса дерг билгалдаккхар ду.

Харачо

lадлан Харачо

21 Nov, 14:12


"Дуьненчуьра хьал"

🎙ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

21 Nov, 12:50


Муьлхха харцо тоьлаш йац, бакъона дай шайн бакъо дIакхачорехь севцича, йа малбелча бен

Iадлан Харачо

lадлан Харачо

21 Nov, 10:47


Диканиг де, вониг ма де алар

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

21 Nov, 09:50


Доlа дарца а, гечдар дехарца а И цхьаъ вар важиб ма-хиллара, болх Цунна тlебилларца И (АллахӀ) цхьаъ вар а ду хьуна и важиб.

Iадлан Харачо.

lадлан Харачо

20 Nov, 23:18


🗞Жайна: «50 хатӀаъ фил-Ӏидайни»
( 50 гlалат шина lийдангахь)

💡Язйинарг: Шайх Вахьид Бали.
💡Гочдинарг: Нурдин кlант lадлан.


5 гlалат - ша lийдане дlавахна новкъа схьавар.

Суннатехь дерг - Бухари: Джабир ( Аллахl реза хуьлийла цунна) дийцина " Пайхамара (ﷺ ) цу lийда дийнахь шен некъ бlоьста бора цо, Ша дlаваханчу новкъа ца вогlуш ,кхечу новкъа вогlура иза".
Бухарий.

https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy

lадлан Харачо

20 Nov, 19:13


Собаре хиларх ду - тӀехӀоьттина долчу хьолехь ахь хьайн мотт ларбар, айхьа деш дерг а лардар. Собаре цахилар дац, тӀехӀоьттинчу хьолана хьо гӀайгӀане, сингаттаме хилар, я дог, бӀаьрг боьлхуш хилар. И мелхо а, собаре волуш хила йиш йолуш дерг дара. Цу тайпа дерг Пайхамарна а хиллера.

[Дарс: 21]

lадлан Харачо

20 Nov, 18:05


Къуръан чохь lильма ду, цахаар (жахlлалла) дан а дац.

дийна ладогlа кхузахь

lадлан Харачо

20 Nov, 16:46


Къуръане кхочуш, цуьнан дозаллийг кхочуш кхин цхьа а хlума дан а дац, оццул шен дозалла долуш долу и Къуръан букъ тlехьа а кхоьссина lаш бу тахан бусалб нах.

Дийнахь цхьа джуз ца дешалуш, ма дарра аьлча-м, деша ца луш дац иза, Дала ца доьшийтуш ду-кх, и деша хьакъ воцушчуьнг ца доьшит Дала, воьхка и цунах, хlокх дуьнен чохь цуьнан ца хуьлуш гlуллакх ца дуьссу и ца деша...

Хьекъал долчуьнна ойла ян, кхетам болчуьнна кхета, доккха маьlан долуш, мах хадалур боцу хьехар

© ӏадлан Харачо (Дала lалаш войла иза)

lадлан Харачо

18 Nov, 10:05


https://youtu.be/a6W3mAhXEM0?

lадлан Харачо

18 Nov, 10:02


Iилма цхьана хенахь къонахийн кийранашкахь дара, дIайаздеш а дацара иза, дагахь Iамош дара, цул тIаьхьа и Iилма тептарш тIе охьадилла долийра, делахь а цу тептарийн догIанаш оцу къонхойн кийранашкахь дисира.

Къонахий бохучух лууш берш - Умматан Iеламнах бу.

https://t.me/paydenna_kinischka

lадлан Харачо

18 Nov, 02:06


Нийсо дӏа кхачарехь къа хьега дезаш декхар, важиб хӏоранаъ ду!

Кху заманахь массарнаъ важиб хилла тӏе доьжна боху ӏелимнаха даӏват дар!

Ӏадлан Харачо (Аллахӏа ӏалаш войла)

lадлан Харачо

17 Nov, 13:45


Хийла нехан къамелехь хеза, цхьа хӀума тӀечӀагдан гӀерташ, ша бакъхилар билгалдаккха гӀерташ, «Делах, дуьненах волийла со!», олуш. СубхьаналлахӀ, оцу кепара дешнаш ала мотт дӀакарчар, мел инзаре хӀума ду и!

Мича ваха воллу хьо, Делах а ваьлла? Дуьне а дац хьан, эхарт а дац хьан Делах а ваьлла. Муха ша шена цу кепара доӀа до?! Хуьлуйту вай хьо бӀе процент, хьовха, миллион процент бакъхуьлуьйту вай хьо. ТӀаккха а муха до хӀокху кепара шена доӀа (Делах волийла со!), доӀа муха до цу кепара?! Кхерамаллица дегӀ дега муха ца до и дешнаш ала?

Харачо

(схьаэцна ю)

lадлан Харачо

17 Nov, 10:37


Доlа.

lадлан Харачо

17 Nov, 09:03


Хенаца, йа кхин муьлхха хӀумаца беркат дӀадалар - уггаре хьалха къинойн бала бу, къинош летийча хуьлуш дерг ду, цу къинош бохьуш болу бала а бу!

Хенац беркат хуьлуш дацахь - Къуръан дешар сов даккха, Къуръанац долу гергарло чӀагӀ де!
Салафшах цхьама деш хиллакх:  хенац шен беркат ца хилича, хӀора денахь доьшуш долу Къуръанан вирдан, масала хӀора денахь цхьа джуз, йа ши джуз доьшуш цо хиллехь, и барам сов боккхуш хилла цо, доьшуш долу Къуръан алсам доьшуш хилла.
Вай хьекъалац дуьстича, хан ца тоьучо, хӀора денахь пхи джуз доьшуш далахь, диъ джуз тӀе вахьадоккхах, ткъа кхузахь хьала доккху, сов доккху.
Пхи джуз дешча суна хан ца тоьъ оле, йалх джуз доьшакх цо, ткъа вай хӀун до, суна пхи джуз деша хан ца тоьъ але, диъ джуз доьша вай, иза вай кхетам ца хиларах доьзна ду.

И хан хьуна тоа, хьуна цигахь оьшуш дерг сахьташ дукха хилар дац, хьуна цигахь оьшуш дерг беркат хилар ду!

Ткъа и беркат, хьан Къуръанац долу гергарло сов мел долу, хенац хуьлуш долу беркат сов долу,
Ткъа цу Къуръанац долу гергарло лах мел ло, хенац хуьлуш долу беркат лах ло!

https://youtu.be/9c3EmaMINUg?si=azuymksPpnDnWE7-

lадлан Харачо

17 Nov, 02:16


Ислам-дин — иза деккъа ламаз, марха дац!

Ислам-дин — иза хьан дерриг дахар ду!

дарсера

lадлан Харачо

16 Nov, 20:48


Де докъе гlойл аларан зе ‼️

lадлан Харачо

16 Nov, 11:01


Зудчуьн тохарца ахь гуч якхнарг хьай гӏийлало ю.

Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

10 Nov, 01:12


«Гергара стаг шахIид хиларе са а тесна, цо шапаIат дийр ду аьлла паргIат Iан мегар дуй?»

•Iадлан Харачо

https://t.me/shishan1994

lадлан Харачо

10 Nov, 00:00


АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръан чохь боху:
«АллахӀа хьехорца ца хуьлу, ткъа, дегнаш синтеме?».

Шегахь муьлхха а гӀайгӀа, бала, сингаттам болчо АллахӀ хьехоре сихо йойла-кх! Ткъа АллахӀ хьехорах уггар дезох дерг - Къуръан дешар ду.

Кхузара

lадлан Харачо

09 Nov, 22:32


Тоба - декъалаллин некъ бу

Ютуб агӏо

lадлан Харачо

09 Nov, 21:09


Хьайн дегlан лаамаш lад битина,хьайн накъостий лаамаш lад битина,хьайн гонхьа болчеран лаамаш lад битина,хьайн дезаш долчу хlуманан лаамаш lад битина бакъдерг билгал даккха дезаш ду.
Дела дин доьхьа, и бакъдерг билгал даккхар хlара чlогlа вайн йуккъехь гlад дайнарг ду, чlогlа вайн йуккъехь хьашто йерг ду хlара,хlора а йа дуккха эр вай,кхочуш бан гlерт цхьа кхин лаамаш Дела дин доьхьа бакъ дерг билгалдаккхарал цхьа кхин хlуманаш хуьла хьалха даьхна.

lадлан Харачо

lадлан Харачо

09 Nov, 20:06


Жоьжахатан кхерамалла

lадлан Харачо

09 Nov, 19:14


Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум, саӀудехь исламский банкш яц бохург бакъ дуй? Цхьана хьехамчас олуш хезза суна: «СаӀудехь а исламский банкш ца хилча хьайна уьш кхуза европехь карор ю моьтту хьуна?»

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Файсал олуш банк юй хаьа суна цигахь, и йоцург кхи цхьац ю моьттуш ву, амма гӀар ялларг и ю, цхьа кхоччуш массо хӀума муха дум ца девзу суна цуьнна, цхьа болчу Ӏеламнаха цхьац кхачам бацарш ду олучух тера ду цу юкъахь а, амма вуьшта и схьа яллар Ӏеламнахац дага волуш йиллина ю Файсал цигахь кароль волчу хена, чӀогӀа дика хилла ву иза, вай Жовхар волчу заманахь хилла ву иза, вовшах а кхеттер и шиъ Жовхар цига ваханчу хена, и шиъ кху дуьнен чохь жимма висинехь бусалб умматан цхьа боккха хийцамаш хир бари те аьлла сатиссала цхьа терра дика хил вара и шиъ. Жуьгтишга шен мостагӀалла лечкъош доцуш дӀакхайкхина ву иза, церца шен вовшах кхетар хуьлучу хена, гӀам арене дӀа вахан, цигахь четар тоьхна, цу чу охьа хиин, цига тӀе бахкитин хиллер цо уьш, шен дай иштта бехна бу аьлла. Юха Нигере паччахьо шайга хьошалгӀа кхайкхича, Нигерехь жуьгтийн посольство юй хиин, кехат язина хиллер: «Жуьгтийн дӀатоьхна байракх йолчу латта тӀе Файсал ког боккхур бац» - аьлла! ТӀаккха Нигерер паччахьо дукха сиха церан посольтво дӀакъевлина кехат язина: «Жуьгтийн посольство дӀакъевлина, марша вохийла тхан латта тӀе СаӀудин король» - аьлла. ТӀаккха Файсал цига вахан, чӀогӀа даккхи гӀонаш дина царна, цигахь доьшу меттигаш схьа йоьллуш, церца шайн юкъа меттиг дикка чӀагӀ яш хаза белхаш бина юха веънер. Иштта цу хена Файсал йиллина ю и банк, жуьгтиш Ӏоттар йина, ахь тхоьца мостагӀалла лела дахь а, тхан банкаш тӀехь вехашам ву хьо аьлла, тӀаккха Файсал дукха сиха Ӏеламнах вовшах тоьхна, исламский банк яллур юй вайга аьлла и хаттар царна юкъа диллина, Ӏеламнаха яллур ю аьлла жоп делча, иштта церан куьгаллица йиллина яр иза, цуьл тӀаьхьа мел ху цу юкъахь гал даьлла ца хаьа суна, цхьа болу Ӏеламнах реза ца хиллал, амма йолуш хилар а, бусалб нахе дукха атта дан лур долуш хӀума и хилар а гайтанер-кх цо. И санна долучух кхоьруш а бу и керстанах тахана а, бусалб ши пачхьалкх цхьан берта яха ца ютуш, иштта дерг чӀогӀа хила герга дахнер Мисрехь Мурсий паччахь хоьттинчу хена, цуьнан а Эрдуган чӀогӀа дика юкъ меттиг яр, юха уллехь йолу Ливер паччахь дӀавеккхина, керла паччахье хьоьжуш дар, СаӀудеца юкъа тӀай дилли бохуш ойланаш а юла еллер, цхьа чӀогӀа хаза хьал дар дӀахуттуш, амма керста наха кхин чӀогӀа сиха белла Мурсин коча лилхин дохи дерриге, иштта ши кхо пачхьал цхьана кхетта, шайна юкъахь банк йиллича кхачам бар керстанахан, деши ахча юкъа деккхичам гуттар чӀогӀа, делахь а, уьш дика кхеташ бу оцу дерригенах, бусалбнаш ца кхета, бусалбачара дан а ца вуьту дан гӀертарг а, цуьнна буха ховши цуьнна гӀалатлонаш дагар деш, кӀела когаш туьссу, динц бала боцург цхьана лела дин байракх ойби хӀара нийса вац динехь бохуш, дерриге цхьан дийна чекх даккха деза, цхьан дийна дӀахотто деза шарӀ, халифат дӀакхайкхор а аьлла хета, цундела, хьал вайна ма гарра ду, оццула дика схьа вогӀуш волу Мурсина тӀехь, цуьнна дуьхьал уггар чӀогӀа болх бириш дин цӀарца леларш бар, цу махкара боцу тӀе бахан болу вайнаш цхьана, ткъа Ӏеламнаха мохь беттар собар дайш, 30 шарахь дохийнарг цхьан дийнахь метта хӀотта далур дац вайга, дерриге ма дарра дийца йиш яц, оцуьн хьокъехь чӀогӀа дика агӀонаш ю шайн йица бохуш, церга ладухаш стаг вацар, ткъа хӀинца Сисин ма хилал реза! ХӀинца хилал цхьаъ вист! Мурсин шеш реза ца хилар мохь биттина вайнаш цхьана, Сисий веъча цхьаммо алал арахь цуьнан хьокъехь во цхьа дош..?! Хезнам дац! Иштта вайга хьежжина дукх вайн хьал, цхьаннена билла бехк боцуш!

Ӏадлан Харачо (Аллахӏа Ӏалашвойла иза)

[20.11.2020 шо]

lадлан Харачо

09 Nov, 18:23


"...ткъа вуй ХЬО цу Къуръанан новкъахь"

🎙ӏакъидатан Академи

lадлан Харачо

09 Nov, 14:45


🗞Жайна: «50 хатӀаъ фил-Ӏидайни»
( 50 гlалат шина lийдангахь)

💡Язйинарг: Шайх Вахьид Бали.

💡Гочдинарг: Нурдин кlант lадлан.


2 гlалат -  уггара шен тоьлла йолу бедар тlе ца йухар.

Бусалба нахах хуьлу хьуна и шен керла духар тlе а ца духуш lийда ламаз динчул тlаьхьий бен - хlара гlалат ду, мелхо а тамболуш ду цу lийдане воьдучу  хенахь кечвелла вахар.
Тlабарани : ибн lаббаса аьлла (Аллахl реза хуьлийла цунна) " Аллахlан Элча (ﷺ )  lийдан дийнахь  шен цlен плащ  йухий кечлой араволура  ( ерриге цlен ца хилла иза ,цlен сизанаш долуш хилла)".

Гlурбана lийдана а керла духар эцар ,йа шен йолчух тоьлларг йохар ду суннатехь дерг.

https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy

lадлан Харачо

09 Nov, 13:47


Хьаьжа эвлаяъ хиллий?
Шен къоман гӀалаташ даржор.
Къам сийсаза дар.


Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

09 Nov, 11:10


Суннат даржор, бидӀат дӀадаккхар - АллахӀан новкъахь дечу гӀазотах ду хьуна. ШариӀатна гӀо дар ду хьуна иза. Ӏеламнехан а, АллахӀан дине нах кхойкхучу нехан а болх бу иза. ХӀара уммат кхочур дац хьуна шен сийлалле а, шен ницкъе а цу бидӀатийн чан шена тӀера цо цкъа дӀаяккхалц. ЦӀена долчу, кӀайчу суннате уммат юха а дерззалц, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шел тӀаьхьа дитина долу!

[Жайна: «50 хатӀаъ фил-Ӏидайни». Дарс: 01]

lадлан Харачо

25 Oct, 02:26


Хуьлийтур вай АллахӀ воцчунг деха мегш, Дела воцчунга дехча жопп луш хуьлийтур вай, цун ницкъ кхочша хуьлит вай и дерриге, т1акхаъ х1унда оьш хьун АллахӀ воцчунг дехар, вуьштта аьлч, Цу АллахӀал лекхар Цуллаъ ч1оха комаьрша волш, Цуьллаъ чӀоха Къинхетаме волш мила хир ву?!
Мила Пайхамар, мила Элча, муьлха Малайк, муьлха адам, муьлха Эвлияъ?!
  -Цхьаа а вац!. Цкъаа а хира вац!.
АллахӀ сан Къинхетаме волш, И сан Комаьрша волш, И сан ницкъ болуш, И санна хьуна дала шортоо йолш,  Цхьаа а вац!. т1акхаъ кхи волчунга деха йиш йолш хилч , ахь х1унда доьху цуллаъ к1езиг Къинхетаме волчунг, цуллаъ Комаьрша волчунг, цуьллаъ к1езиг и долчунг, цуьллаъ к1езиг и ницкъ кхочуш волчунга х1унда доьхур дара ахь?!
И дерриге цуьллаъ дукха долуш , И АллахI хьай деха хилч, Цу АллахӀ хьайг деш хилча и кхайкхар, Шега дехахь Ша жопп лур ду хьун, маьлхо И АллахӀ хилч Шега дехча хаз хеташ, маьлхо и АллахӀ хилч Шега ца дехча, хьуна оьхуз воьдуш, ойла йой ахьа цу дерригена?!
Ахь Шега дехча, хьо Шега цхьаъ йоьхуш хилча АллахӀан хаза хеташ ду, амма хьо шега х1ума йоьхуш хьо шега  до1а деш хьо ваций, Т1аккха АллахӀ хьун оьхуз воьдуш ву.
И до1а ахь Шега дийра долш, и до1а дан хьо Шеца г1улкх долш вацахь, АллахӀ хьоьга Шега и до1а дайтархьама хьуна т1е цхьа бала боссош, оццул чӀогӀа АллахӀана и ахьа деш долу до1а дезаш ду, т1акх и ахь деш долу до1а Шега де бохуш кхайкхамаш а бу беш, Ша жопп лур ду хьуна, кхиъ кхолуг1 кепар кхайкхамаш бо хьуна Цу АллахӀа, ма де и до1а Ша воцчунг кхи цхьанге бохуш, х1ара дерригена б1аьрзе муха хира ду адам?! Йа ду техьа адам цу деррегенца бала боцуш, АллахӀ Шега доьссин долу Къуръан схьаъ ца доьллуш, цу т1е ца хьожуш, и деша ца доьшуш, йа и дешарх цунах кхеташ доцуш, йа цуьнах кхета хьажа цуьнан маь1наш доьшуш доцуш, 1аьрбо маттахь шена ца хахаахь, ду те иштта г1опул хилла 1аш?!
-Им ду шеко яц.

© 1адлан Харачо
https://t.me/sintemeeSa

lадлан Харачо

25 Oct, 00:49


Кхераме бутт

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

24 Oct, 18:36


​​Мел мерза дуучуьнна а сиха дlадолу хьуна хlара дуьне, цундела, бакъ долу ирс, самукъа - эхартахь дерг ду хьуна, дуьненара хьоле ца хьоьжуш, цигарчуьнна бе ахьа кечам.

© Адлан Харачо (حفظه الله)

t.me/siylaha_sinosh

lадлан Харачо

24 Oct, 16:16


lилманехь хаза гlиллакх: хьан Шайха хьо нисвича, айхьа, цо ма-бохху, нийса аьллехь а, цунна баркалла а аьлла, lаддаlар, «ас иштта аьллера , вуьштта аьллера» ца бохуш.

lадлан Харачо

24 Oct, 14:16


Аллахӏан цӏершца дехар

Ютуб агӏо

lадлан Харачо

24 Oct, 12:41


|акъидато х|ун |ама до?
И |акъидат ю - Делах кхерар стагана даг чу дуьллуш ерг, Делах кхера |амош ерг, |есаллах лар вала |амош ерг.

Муха |ама до цо?
И |акъидат йоьвзачунна хууш хуьлу, Аллах|а шен аьтту аг|ор а, аьрру аг|ор а дика а вуон а д|айаз деш цхьацца малайк хилар, ша лар веш шена т|е хоттайна а малайк хилар, оцу дерригена т|оьхлахь Сийлахь Аллах| хилар. Т|аккха цу дерригенах кхеташ волчунна, |акъидатан т|ум шен даг чохь йолчунна, ца хуьла-кх къайленаш ша волчохь лелош. Цунна хеа, ша шá воций, ша дийриг гуш малайкаш дуй, оцу дерригена а т|оьхула Аллах| вуй, ша дийриг гуш, хезаш, хууш.
Иштта шена ца боьвзучу нахана юкъа вахача а кхеташ хуьлу иза, ша воьвзурш буй, ша воьвзуш шена т|е хиттийна шеца малайкаш дуй, цундела ша воьвзучохь а ца воьвзучохь а, цхьа стаг хуьлу иза, хамиллион воле лелаш ца хуьлу иза, мунепикъалла ца хуьлу шегахь |акъидат йолчунгахь, цундела цуьнан цу |есаллин дозанаш хуьлу хиттийна, цу |есаллех лар валаре терра, цуьнан ийман лекха дола.

#1акъидатандарсера

lадлан Харачо

24 Oct, 09:53


#Дукхахчера хаттарна жоп

lадлан Харачо

24 Oct, 05:54


|акъидат |илм юкъаьдаьккхинарг мил ву?
Мил ву?
⁃ Лекха Беркате Вол,|аламийн Дел Волу Аллах|а доссин ду!
Хьенехо-минехо юкъадаьккхина дац.

|акъидатан |илм-иза Аллах|а доссина |илм ду.
|акъидат хийцалуш яц!
Пайхмари ﷺ замангахь хил йолу |акъидат ю из- И цкъа а хийцалур яц,хийц йиш а яц!

|акъидатан далилаш Къуръанчура а,суннатера а схьаоьцуш ду.
Логикцани хьо |акъидатах кхета г|ортахь ахь керстаналла дийра ду.

|акъидат хьокъехь асхьабши цхьаллиг цхьа хаттар кхолладелла дац. (Фикъх|ангахь бен.)

|акъидатан академи

lадлан Харачо

24 Oct, 01:01


Зударша сийсаза белхаш дар

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

19 Oct, 19:44


Аллахӏа Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь боху, Къемат-дийнахь адамо эр дерг дуьйцуш: «Цо эр ду, бина белира-кх ас кечам сайн дахарна».

Эццехь кхетар ву хӏора а бакъдолу дахар цу эхартахь дерг хиллий. Тахана кху дуьнен дахаро и бакъдолу дахар дицдина лелаш велахь а, амма цигахь тӏаьхьа хир ду иза. Цундела кху дуьненан дахаран айхьа ма-барра кечам бан беза, цу хьайн бакъдолчу дахарна а. Цигахь ву хьо даима ваха везаш.

© Ӏадлан Харачо

lадлан Харачо

19 Oct, 18:55


Доьзал нийса кхиор

Youtube чуьра ссылка

lадлан Харачо

19 Oct, 12:33


Бусалба lакъидат чlогlа болу шен орамца, цlена болчу шен баххашца, чlогlа йолу шен бакъонашца-и lакъидат ю хьуна нах ирсе кхачош ерг, нахан ирсе дахар дохьуш ерг. Кхин цхьа а хlума дац хьуна. Хьо кху дуьненахь ирсе веш ерг и нийса lакъидат ю хьуна. И цхьа lакъидат хьан хилчхьана хьо ирсе ву-кх, дуьненахь а, эхартахь а. Хьо ойбуш верг, кху дуьненчохь хьо лакхавоккхуш ерг lакъидат ю хьуна .

lадлан Харачо

19 Oct, 09:09


иштта хьал ду-кх...

lадлан Харачо

18 Oct, 22:08


Палестинан куьйгалхо Яхья Синвар кхелхина.

АллахӀан мостагӀашца тӀом бинчул тӀаьхьа цунах хӀун хилла хьовсуш чу дрон дахийтина, мел паргӀат сихха чоьхьадолу и дрон, царна гергахь кхелхина Ӏуьллуш, я цхьанхьа лечкъина хила везаш вара и, делахь а, шен хилла чевнаш йоллушехь къонах воьхна вац, гӀанта тӀехь хиина Ӏаш ву паччахь ма-Ӏарра, мостагӀчунна ша мила ву гойтуш санна! Иштта и хиина Ӏаш шайна гича дрон мел сиха соцу чан а йоккхуш.

Цул тӀаьхьа чу даккхий герзаш а диттина декъала хилла и. Цуьнан декъала хилар гуш ду, цо тӀаьххьара кхуссуш долу герз жихӀад долалуш шайгахь хилла долу герз ду.

Дала хӀокху аятехь боху, цхьаберш хьоьжуш Ӏаш бу, Яхья Синвар шен гӀанта тӀехь хьоьжуш Ӏаш ву, Дала мукъ лахь.

Аллахӏа шахӏидийн даржехь войла и!

https://t.me/Ramzan_Gendargno

lадлан Харачо

18 Oct, 22:05


تغطية صحفية | الداعية المصري محمد حسان: "رحل السنوار في قلب المعركة وساحة البطولة والشرف محتضنًا سلاحه، مدافعًا عن وطنه ودينه وشرف أمته"

lадлан Харачо

18 Oct, 22:04


АллахӀа гӀазот къобалдойла хьан Яхья Синвар! Къудсана дуьхьа шайн синош дӀалуш куьйгалхой а цхьаьна, хьол хьалхара куьйгалхо Палестинан латтан арахь кхелхича хьогӀано шайн кийранаш боттучара элира: «ГӀазотан латта тӀера ведда а волуш кхелхина», - ткъа хӀун карор ду-те хӀинца хьуна ала, тӀаьххьара саийзочу хенахь а мостагӀчунна дуьхьал керара гӀаж ластийна а зен дан гӀерташ кхелхаш хьо гича?!

lадлан Харачо

18 Oct, 19:20


Къуръан ду - муьлххачу баланах хьо хьалхавоккхуш дерг. Дуьненан дахарехь цхьана ирс луш дерг, эхартахь тӏаккха кхин чӏогӏа а долуш. Къуръанаца долу гергарло ду уммато чӏагӏдан дезаш дерг.

Ӏадлан Харачо
https://t.me/bodanera_serlone

lадлан Харачо

18 Oct, 18:35


Дала хьайна делла долчу диканна баркалле хилар / ӏадлан Харачо

Ютуб чуьра ссылка