𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠 @oramera_nohcho Channel on Telegram

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

@oramera_nohcho


Весет ду-кха хьоьга: Делах кхерарца, бакъдош аларца, нийса хlума дарца, мухха а делахь хьуна тlехlоьттина долу хьал.

©Ненан весет

Вайца зIене вала луъчунна...
@Wolf_Legion_bot

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠 (Chechen)

Welcome to Oramera Nohcho! This Telegram channel is dedicated to discussing various topics such as everyday life, culture, traditions, and more in the Chechen language. Stay connected with us to learn about our rich heritage and engage in meaningful conversations with like-minded individuals. Join our community today and be a part of preserving and promoting the Chechen culture. Follow us on @oramera_nohcho for regular updates and insightful content. Let's celebrate and embrace our roots together!

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

24 Nov, 10:36


Гуьйре, хьо хьалха ю, аьлла а доцуш,
Даим сатуьйсу ас хьоьга, хьо йоцуш.🍂

Оспанов Къосум

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

23 Nov, 08:19


Кху дуьненахь сийлахь долуш вайна даха лаахь, шина хlуманах кхета деза вай.
Хьалхарниг: рицкъ луш верг Аллахl вуй хаар;
Хьан рицкъанах эппаз совдоккхур дац Цо, йа эппаз эшор а дац! Нагахь адам кхеташ хилахь дерриге хlума Аллахlа дlайаздина хилар, дахар атта хир ду цуьнан.
Шолгlаниг: Ахь ала: «Тхуна хиллане хир ма дац, Аллахlа тхуна йаздинарг бен!»

Кху шина хlуманех вай кхетахь, сийлахь дахар хир ду вайн.

Шайх lусман аль-Хамийс

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

16 Nov, 12:27


— «Ши йуьхь» лело а дац атта, вицвеллачохь цхьамма йуьхьӏаьржа хӏоттаво!

Габаев М. «Синан дӏакъастам»

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

11 Nov, 07:36


Маьрша волчу хенахь ахь Аллахӏана дешдолу муьлхха а ӏибадат, хало тӏейеъча хьуна пайде долуш ду.

Харачо

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

19 Oct, 13:07


Тхо къанделла долуш а тхан цӀе ца йоккхура цо марзахошна а, кхечарна а йуккъехь.

Бисултанов Аптин ваша-Байсар (шен Ненан хьокъехь)

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

19 Oct, 13:07


Да ца хилча кхерч ларон стаг вац. Амма кхерч латтош йерг – Нана йу. Доьзал латтош йерг – Нана йу, доьзална мотт луш йерг – Нана йу, гӀиллакх луш йерг – Нана йу, оьздангалла луш йерг – Нана йу. Нанас кхеторан тӀехь бен доьзал хир бац.

Бисултанов Аптин ваша-Байсар

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

18 Oct, 18:14


Хьан цхьаьнца йолу йукъаметтиг дӀахаьддехь: цуьнан къайленаш схьа а гулйай, даг чохь цхьанхьа дӀаловчкъайе, ткъа цул тӀаьхьа йицйе.

#гоч

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

14 Oct, 19:53


Цхьана дийнахь соьга хаьттира: «Хьан Нана йу хаза йа бутт бу хаза?», – аьлла. Ас цаьрга элира: «Сайн Нене со хьаьжча баттал хаза го суна иза, ткъа батте хьаьжча сайн Нана дагатосу суна», – аьлла.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

10 Oct, 18:45


..........................................................
Сан илли дӀадоьду, аьрзуно санна,
Хьан некъийн хӀора сиз бӀаьрсица къийла.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гӀур вара, мича?!

Бисултанов А.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

07 Oct, 18:54


Хууш ду, массо а кӀантана
Оьшуш буй хьомсара Даймохк,
Массо а яхь йолчу кӀантана
Оьшуш дуй хьекъале дайн дош.

Делахь а да воцчу кӀантана
Ма чӀогӀа оьшу-кх хьо, Даймохк,
Даймахках ваьллачу кӀантана
Ма чӀогӀа оьшу-кх хьо, дайн дош.

Бисултанов А.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

06 Oct, 17:07


ХIара некъ зезагех бина бац хьуна.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

06 Oct, 08:10


https://youtu.be/7fXXrRRI3iI?feature=shared

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

05 Oct, 13:01


Ша шена тӏехь куьйгалла дар – доккха хьуьнар ду. Иза ду: могшалла ларъяр, вахаран нийсачу некъе хӏоттар, говзалла, гӏиллакхаш Ӏамор, гӏалатонех ларвалар, шена хьакъ долу декхарш тӏеэцар, уьш кхочушдар.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

05 Oct, 07:47


«Йилбазан оьмар» (Нунуев С-Хь.)

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

02 Oct, 12:11


Эладитанах кхера а лой шайн ирсах ма къасталаш, и эладитанаш дlакхаьч-кхаьчначохь бухахь карор ду шуна, цкъа а тlаьхьара ца довлу уьш.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

02 Oct, 08:56


Вайна дика хаа деза, хIоразза а кхечуьнца вай зуьйш долу валар, цхьана дийнахь вайна тIекхочур дуйла, вайца кхиниш зерхьама.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

01 Oct, 20:29


Деле сайна уллера тешам боцу нах гена баха аьлла дехча, суна дуьненан меххахь хилларш карош а бац!

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

30 Sep, 10:50


ДӀахаийта, шайн гӀуллакхаш АллахӀан кера дӀаделлачаьрга, уьш АллахӀа цкъа а Шен гӀо доцуш буьтург цахилар.

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

28 Sep, 22:12


«Некъ билгал бу, амма дегӀан лаамо хьулбо-кх и».

t.me/oramera_nohcho

𝕠𝕣𝕒𝕞𝕖𝕣𝕒 𝕟𝕠𝕙𝕔𝕙𝕠

25 Sep, 20:09


«Суна дика хаьа, паргӀатчу дахаре вухаверза а, и санна сайх къинхетам байта а айса меттиг ца битинийла, — бохуш, йаздо Зеламхас. — Амма сан дагна хьаам хир бара шуна — халкъан векалшна, со а, со санна да а, вежарий а, кхиболу накъостий а наноша бешшехь обаргаш ца хиллийла хаахьара».


1909-чу шарахь Пачхьалкхан думан Председателе обарга Зеламхас йаздина кехат.

https://t.me/oramera_nohcho