#Хаттар126
Ассаламу 1алайкум, хаттар дар са Абу 1абдуллах1. Са да нана Аллах1 воцчунг кхойкхш хилч, 1овдс ялсмане дуьгур шеш бохш хилч, ас царшин такфир да йиш яц? Тха юртар цхьа дешн стаг мегар дац боху, царшим дириг ширк ду, ам ишиъ мушрик дац боху, изаъ нийс дуй? Аллах1 диканц бекхам бойла Хьун.
•
ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI
Хьан да-нана догуш ду, нагахьсан ахь дуьцург, ахь ма дуьццу далахь. Ткъа нагахьсан хьо ишиъ кхето гIерташ къахьоьгуш вацахь (ву аьлла цахета суна, хьан хаттаре хьежжина), хьан хаттар, ишиъ догуш дитина, хаттар да веъна санна гуш ду: сан да-нана цIе летна догуш ду, ас ишиъ догуш ду ала мегар дуй?! Ткъа шун юртар дешначу (цуо хIун дешнам цахаъ суна) стега къамел а иштта го: ишиъ догуш-м ду, делахь а, ишиъ догуш ду ала мегар дац.
Вай дийцна ширк динчун "мушрик" аларан хьокъехь, шен тоьшаллашца «ЕША»
Да-нана гуттара тIех хьакъду, ахь шешшинц хаза юкъаметтиг лелаян. Ишиъ ширк деш далахь а, дацахь а. Лело езачу юкъаметтигашкахь, кхечарах схьакъесташ, шайн лакхар меттиг ю ден а ненан а.
Дена-нанна муьтIахь хилар дуьцучехь Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Хьоьгахь Iилма доцчу хIуманехь, царшим хьоьга Соьца накъост ве (ширк де) бахахь, цушинна (соьца ширк дарехь) муьтIахь ма хила хьо, дуьненчохь цушинца дика а хила хьо» [сурат лукъман, 15-гIа аят]
Цу шиммо хьоьга ширк де бахахь а, царшинна дуьхьул векан а, царшинца дов дан а, царшинца вон хила а йиш яц хьан. Царшим де бохуш долу цамегаш дерг цадо ахьа, ткъа мегаш долчунгахь муьтIахь хуьлу хьо, ишиъ бусулба дацахь а.
Да-нана доцуш, хийра нах балахь а, царца кIеда-маьрза хила веза хьо, царна дин дIакхачадарехь.
Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Хьай Делан новкъа нах кхайкха ахь, хьикматац, хаза хьехам беш» [сурат ан-нахьл, 125-гIа аят]
Хьикмат - ахь дуьцург адмо тIелоцур долу некъ лелабар ду. Масала, ахь цунца хаза гIиллакх лелича, цуо ахь дуьцург тIелоцур далахь, хаза гIиллакх лело деза ахь. Айхь дийцча тIелоцур дацахь, цуо тIелоцур долчунг дийцита деза ахь. Балхар чу веъна кIадвелла валахь, йа оьхаз вахан валахь, са даIийтин, йа оьхазло дIаялийтин дуьцур ду ахь. Иштта кхидолчунгахь а, адмо тIелоцур долу некъ лелабар, иза хьикмат ду. Ткъа ахь цунга "хьо мушрик ву" аьлча, хIун пайда бийр бу ахь? Кхелехь ма дац шу, иза мушрик хиларца йа цахиларца хьукма деш. Цундера мушрик хилар, кафир хилар цадуьцш, хьикматац, цуо дийриг ширк хилар, куфр хилар дийц деза ахь цунга. Ахь дийриг ширк ду аьлча, хьайга тоьшаллаш доьхур дуй хаъдеза хьуна, цу меттехь хьа цунна дало тоьшаллаш цахилахь, иза а хьикматац цадийцар ду. Цуо дийриг ширк хиларна, куфр хиларна Къуръан чура, Суннатера тоьшаллаш хаъдеза хьуна, цултIехьа цу тоьшшаллийн бидIатан охIлуно туьйсу шеконаш дIайохуш Iилма хила деза хьоьгахь. ХIунда аьлча, ахь цуо дийриг ширк хиларна аят далийча, цуо цунна дуьхьул, хьо цу аятах нийса цакхетна аьлла бидIатан шеко ялаяхь, цунна далан жоп хила деза хьоьгахь. Иштта, хьикматах ду, цуо къобул бечу некъахула цунца къамел дар а. Масала, и суфий валахь, АллахI воцчунг кхайкхар ширк хилар дуьцуш суфий Iелимнехан йа цара къобул бечу Iелимнехан дешнаш даладар, Iабдул-Къадир Жийланий санна болчу.
Иштта аятехь ма-аллара, хаза хьехам беш дIакхачо еза нийсо. Дуьххьура ширк муха доладелла, дуьненчохь дуьххьур ширк дожаран бахьан хIун ду. АллахI цхьаъ вар муха ду, цуьнан дозалла хIун ду. Адам кхолларан Iалашо иза хилар а, иштта кхиболу некъаш а, ахь дийцича адман хьан къамел хазлур долуш.
Мисрер (египтер) сайн дешар дIадоьрзуш, ойланаш лелар-кх сан коьртехь, цIавахча АллахIан динан пайде хилар, Iаминарг дIахьехар, даIват дарна хьикмате некъ лоьхуш.
Иштта беттанашкахь ойланаш йинчултIехьа хьижамат ян Iамадарна тIехь ойла сецира сан. ХIунда аьлча, хьижамат гIарделла дарба ду, хьадийсашкахь хьехина ду. Ахь хьижамат еш адмац мел лахара цхьа сахьта сов хан йоккху луьш-олуш. Иштта баккхий а, кегий а, динац верг а, воцург а массо тайпа адмашца зIе хIоттало хьан хьижамат бахьан долуш. ТIаккха и хьижамат дешар дешна, цун диплом схьаоьци цIавоьду со. ЦIахьа хьижаматан цхьа чоь кечча йой, цу чохь нахан гергахь дарбана, ткъа сайн дагчохь даIватан некъ болабо аса.