لوجه الله @liwajkhillah Channel on Telegram

لوجه الله

@liwajkhillah


Йа Аллах’, соьх вон ойла кхоллаеллачунна гечде Ахь, и кхоллаяларан бахьана соьгара даьллехь суна а гечде Ахь!

второй канал⤵️

https://t.me/fa_firru_ilalloh

لوجه الله (Russian)

Канал "لوجه الله" (переводится как "Для лица Аллаха") - это место, где вы можете насладиться духовным контентом и углубить свою веру. Под нежным и вдохновляющим названием скрывается сообщество людей, стремящихся к духовному росту и погружению в учение Ислама. Здесь вы найдете мудрые цитаты, религиозные тексты и обсуждения, которые помогут вам расширить свои знания о вере и укрепить свою связь с Богом. Канал "لوجه الله" - это не просто информационный ресурс, это целое сообщество людей, объединенных общей целью. Присоединяйтесь к нам и открывайте для себя новые горизонты духовного познания!

لوجه الله

20 Feb, 16:37


- بقدر كم أقرأ من القرآن؟
- ⁠بقدر ما تدير من السعادة!

- Моццала деша ас Къуран?
- ⁠Хьайна ирс деззачулла!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

17 Feb, 16:46


Аллах1а ца магийначу безаме хьан дог ма дохадайта.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

14 Feb, 08:16


Дукхлеро г|алаташ лоьху,
Цундела, тап алий |е…

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

13 Feb, 15:34


Къуръан - цкъа а кӀад ца луш волу накъост а, кӀад ца луш волу гӀоьнча а, дӀавоьдуш воцу доттагӀ а ву.
Цунах дӀатеснарг массо а халонех хьалхавер ву.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

12 Feb, 16:31


— Цара хоьтту хьоьга кху дуьненах лаьцна?
Ахь ала цаьрга , иза тера ду : Юсуфан(‘алайх’ис-салам) хазаллех а, цуьнан Де сингаттамех а, цуьнан вежарийн ямартлонах а…

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

لوجه الله

10 Feb, 08:05


Нах кхаа кепара бу:

Цaрах цхьаберш даар санна бу, ца хилча мегар доцуш.

Шолгlаниш дарбан молханаш санна ду, цхьа йолчу хенахь оьшуш, вукха хенахь ца оьшуш.

Кхоалгlаниш цамгар санна бу, цкъа а оьшуш боцуш!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

06 Feb, 15:23


Цхьана балхахь хьан кхиам ца хилахь,
Хьуна хаийла, Аллахlана иза хьуна дика дуйла хууш хилар.

— Хьо оцу балхана хlинца а кийча цахила тарло.
— Йа хьоьга и болх хlинца а дlа ца кхехьабала мега.
— Йа хьуна оцулла диканиг карон мега.

Аллахlа хьайна йаздинчунна реза хила, самукъане хила, кlел ма виса!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

02 Feb, 18:38


Лай Аллах’ан герга мел хуьлу, цуьнан зер халох хуьлу,
ткъа, и халох мел хуьлу а, цуьнна ял алсамо хуьлу.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

01 Feb, 16:21


ТãбиIий волу МуджахӀидера деана:

أن إبليس رن أربع رنات: رنة حين لعن، ورنة حين أهبط، ورنة حين ولد رسول الله صلى الله عليه وسلم، ورنة حين نزلت فاتحة الكتاب.

«Иблисера биъ мохь баьлла:

Шена неӀалт аьлла дуьххьара мохь.
ШолгӀа мохь ша охьакхоьссиначу хенахь (стиглара лаьтта тӀе).
КхоалгӀа мохь Делан Элча (صلى الله عليه وسلم)
дуьненчу ваьлча.
ЙоьалгӀа мохь «Ал-Фатихьат» сурат доссийначу хенахь.»

«Китаб аль-Iазамат» Аби Шайх Ал-АсбахIаний, 1124. / «Хьильят аль-авлияи», 299/3.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

31 Jan, 19:09


Аллахӏах дик ойла йолуш верг, Цо цецвоккхур ву Шен къинхетамийца а, комаьршаллийца а..

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

29 Jan, 18:51


«Стагана шен Дела мел вевзи а, Цуьнах кхерарехь чlогlох хир ву, Цунна lибадат дарехь дикох хир ву, Цунна lеса хиларехь генох хир ву.»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

24 Jan, 15:24


ما زالوا يقولون:
ربَّنا، ربَّنا حتى استجاب لهم.

«ВаллахӀи уьш совца-м ца соьвцира "Роббанá... Роббанá..." бохучара шайна АллахӀа жоп даллалц»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

23 Jan, 17:41


«Йа Аллахӏ, со Хьоьх дӏаверзош верг Хьайна тӏеверзаве Ахьа!»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

21 Jan, 15:32


Ша юй яций ца хоуьйтуш, цхьа а тата ца хозуьйтуш меллаша болар деш йоьдучунна, шен бlаьрса акха ца хьежош, ши бlаьрг охьа а тlийна, шен бlаьрса лардеш йоьдучунна, шен болар сеттарца а доцуш, оьзда йоьдучунна, шен духар тlе бlаьрг хlуттур боцуш, Аллахlан муьтlахьаллин духар доьхна йоьдучунна - сийлахьчу жовхlарин Аллахlа сий дойла!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

20 Jan, 17:35


Кхачаме дар-кх Къур’ан дагахь lаморан сийлалла – Аллахlан къамаьл иза хилар.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

19 Jan, 16:08


ШайтӀанан уггаре а коьртачу lалашонах цхьаъ ду шу Къуръанна тӀера дӀахьовзор.
Хьо бахьанаш лоьхуш мел ву, дахар дӀадер ду, сан доттагӀ,
ткъа ахь атта тидам бийр бац!

ТӀаккха къематдийне дохко а волуш вогӀур ву хьо.
ткъа Къуръан шен асхьабашна шафаӀат дийр ду, амма хьо хьарам болчарех хир ву!
Хьайн дуьхьа къийсам латтабе, лакхарчу дарже кхача гӀерташ, Делан жайнин шафаӀатна хьакъ хир болчу нахах хила хьайн ницкъ кхочучу кепара къахьегалахь..

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

18 Jan, 15:55


Стаг Ӏилма а доцуш, гӀиллакх долуш велахь, цу гӀиллакхо цунна дан зе дац. Ткъа Іилма а долуш, гӀиллакх доцуш и велахь, тӀаккха цу Ӏилмано цунна шена а, нахана а зе до.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

14 Jan, 11:31


Цхьа а бала, сингаттам боцуш верг шен дахаре хьажа веза. ХӀунда аьлча, АллахӀа Шена везаш верг зоь.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

13 Jan, 06:05


السجدة هو النزول الوحيد الذي يرفعك

Цхьа суджуд ду-кх хьо лакха воккхуш долу охьата’ар
🌐https://t.me/fa_firru_ilalloh

لوجه الله

07 Jan, 10:13


Пхеа адман сурт ма даккха:

1 - Iибадат дечунна (ламаз, хьадж, Iумрат дечу хенахь).

2 - Халволлучунна (къечунна), цуьнан хьаштлонехь.

3 - Хьешанна, и хьайн шуьнехь волуш.

4 - Лазийначунна (цомгучунна), и лазарехь волуш.

5 - Адман шен сурт даккха луур дац аьлла хетачу хьолехь а!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

06 Jan, 12:42


Адамийн дахараш:

Дуьнен дахар ду, кхузткъен а, кхузткъе итт шеран а юкъахь (60-70 шо).

Барзах (кошан) дахар ду, эзар шерашкахь.

Къематан де ду, шовзткъе итт эзир шарахь (50000 шо).

ТIеххьара Ахират ду, шен чеккхе йоцу дахар!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

31 Dec, 16:31


Ткъа хlинца, хlай сан Дела, Ахьа со велхавахь а, суна дага догlу Ахьа со велийна денош.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

29 Dec, 15:04


«Къинош дукха лета даро, аьтто кӏезга хуьлуьйту.»

Фудайл ибн ӏийáд | «Шуӏабуль-Ийман»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

27 Dec, 18:43


Са парг|ат хира ма дац,
Ша кхоьллинчунна герга хиларци бен…

🌐
https://t.me/fa_firru_ilalloh

لوجه الله

26 Dec, 14:54


боданехь къа лато хьо охьахиъча, хьан сино хьо къилахь долчуьнга кхайкхича.

АллахIан хьо гуш хиларна эхь а хети, цу сине ахь ала:
«Бакъдолуш, бода кхоьллинчу Далла со гуш ма ву»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

23 Dec, 11:16


Имам Ахьмаде (رحمه الله)элир:

«Харцо нийсонна тӀехь толам баьккхина ца го хьуна?»

Ахьмада жоп делира: «ХӀан-хӀа, дегнаш нийсоне гӀерташ мел ду, нийсо толамехь ю».

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

21 Dec, 20:00


Аллахlа боху:

«Нагахь Сан лайша хьоьга Сох лаьцна хаттахь, Со уллохь ву [царна]. Доlадечун кхайкхамна жоп а ло Аса, и Сайга кхайкхича. Ткъа цара а лойла Суна жоп. Сох теша а тоьшийла уьш - шаьш нийсачу новкъахь лелийтархьама.»

lеламнаха боху:

Къуръан чохь дуккха меттигш ю (Нагахь Сан лайша хьоьга хаттахь) бохуш йолу меттигаш, делахь Къуръан чур массо цу Аятехь - «Ахь ала цаьрга Хlай Мухьаммад», аьлла ду, хlар цхьа меттиг йоцучехь, Кхузахь Аллахlа ша жоп ло («Нагахь Сан лайша хьоьга Сох лаьцна хаттахь, Со уллохь ву [царна].)

Хlай Мухьаммад Ахь дlа ала цаьрга аьлла дац.

Хlунда ца аьлла иза Аллахlа?!

Ца аьлла Аллахlани лайни юкъахь йукъашхо (посредник) воцун дела,
Шеца болу балхан юкъахь юкъашхо (посредник) хила ца лиан дера Аллахlан!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

16 Dec, 18:01


«Бусалба динан бакъболу имамаш шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХӀунда аьлча, иблис и хӀума бахьанехь хlаллак а хилла, тилбеллачеран имам хилла».

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

15 Dec, 16:00


🐓 Осалчу адман "петух" ма ала!

Пайхамара (АллахIера салават, маршо хуьлда цунна) нIаьна сакъте, сийсаз ма е, цуо ламазан самавоккху аьлла цIена бух болчу хьадийсехь. Цхьаболчу асхьабаш шеш некъадовлуш, шайц нIаьна юьгуш хилла, цунга шеш ламазан самадахийта. Цундера, ледирчу, осалчу адман "петух ю" ма ала!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

12 Dec, 16:04


Хьо мел цӀена велахь а, мел даккхий диканаш хьоьгара девллехь а - хьуна хӀума олуш стаг вер ву, хьуна Ӏиттарш еш стаг а вер ву, хьан дог этӀош стаг а вер ву. Амма и хӀора стаг тергал веш хьо лелахь, хьо хьайн некъах вухур ву, хьан Ӏалашо а кхин хир ю.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

11 Dec, 18:41


Малик Ибн Анаса (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Стаг ша-шен хесто воьлча, цуьнан дикалла дIайолу».

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

08 Dec, 19:56


Ялсамане чохь адам наб йийра йолуш дац, наб ца йахь а, наб йича самадаlар, иштта садеlан хира ду.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

06 Dec, 14:17


Ӏилма довзар алсам мел долу а, иза ларар алсам хуьлу.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

05 Dec, 17:29


Сайна луучунна ризкъан неlарш дlайоьлла аса, иштта сайна луучунна ризкъанца гатто йо аса.

Аллахlан (عز وجل) къамел.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

04 Dec, 15:25


Сан к|адделлачу даге синтем беш элира аса:

«-Аллах| Волуш Ву.
т|ех сов кхачаме ву хьуна Иза...»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

01 Dec, 18:12


«Хьан дерг - хьуна тlекхочур ду, берриге а нах иза хьоьх йухатоха гlортахь а, хьан доцург - хьуна тlекхочур дац, берриге а нах хьуна иза тlекхачийта гlортахь а.

Къолам хьалаайбина, шекъа дакъаделла».

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

29 Nov, 12:15


Маликан кIант Анаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадийсехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Нахан зама йогIур ю, царех шен дин тIехь собре верг - керахь ало латточунга тера хира ву!»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

27 Nov, 11:24


Шен де Къуръанца долийнарг ​​уггар шуьйрачу неӀаршкахула АллахӀан къинхетамна юкъавоьду.

Хьайн денна Къуръанан дакъа ларде, хьайн фарз ламаз санна.

Цуьнга сатуьйсуш хила, иза кхочуш ца дарха ларло, хьай денна вирд лардича бен синтем ца хуьлаш.

Йа АллахӀ, хастам бу Хьуна, Къуръанца тха сийдарна!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

23 Nov, 15:31


Нагахь санна муьлхха адамо хьайца къамел деш долчо, хьайн динан гӀуллакхашкахь хьайна цхьа а диканиг деш дацахь, цуьнах гена вала.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

22 Nov, 17:58


Боккъалла а, хьо Аллахla балийца зуьйш ву моьттуш хьо laчу хенахь, хьо кхин а боккхачу балеха хьалха ваьккхина хуьлу.

Ахьа хьайна хаьржинчул а дика ду, Дала хьуна хаьржинарг.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

21 Nov, 16:53


في الحياة قد لا يتحقق لك كل ما تريد، ولكن رضى الله يجعل لك الحياة اجمل ما تريد

Дахарехь хьуна мел дезарг ца хила мега, амма Аллах1 реза хиларо хьан дахар хьуна дезачул хаза до.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

19 Nov, 13:45


цхьадолу де шарал а деха хета, цхьадерг сахьтал а ца хета.
денош цхьатерра ду, делахь а, оцу деношкахь хуьлуш йолу хьан ойланаш ю-кх тайп-тайпана.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

16 Nov, 09:59


Доla дан волавалле алхьамдулиллáxl аьлла вола валар, доlан жоп дала бахьнех ду.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

15 Nov, 17:52


Хьалаайде хьайн куьйгаш, чевнаш доlанца йоьрзуш ю!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

14 Nov, 13:59


ӀЕХОШ ВУ ХЬУНА ХЬО

Ибн аль-Къаййима (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) боху: «Цхьаболу салафаша аьлла: «Хьо хьайн Ӏесалла тӀехь волуш АллахӀа Шен ниӀматаш (рицкъ, я кхидолу дика дерг) хьайна луш делахь, ларлолахь, Ӏехош ву хьуна хьо!»».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 54]

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

13 Nov, 15:42


Умматан седарчий кхиош берш Наной бу…

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

11 Nov, 15:29


«Ма хаза ду-кх хьуна хьой дукха везаш дог кар дар, хьоьгара доьхуш хlумма а доцуш, хьо дика хилар доцург..»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

08 Nov, 11:31


«Йа Аллахl, Хьан къинхетам дӀабаларх а, Хьан дика хилар хийцадаларх а, Хьан чӀир цӀеххьана хиларх а, Хьан ерриге а оьгӀазлонах а ларло со Хьоьца».

• (Муслима дийцина)

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

07 Nov, 17:08


«цо шерашкахь лехна дарба Къуран хиллера, дог цуьнца хlоьттича даьхкира хаза денош, цlа ца хилча санна сингаттам дlа байра, паргlaто кхечира»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

06 Nov, 13:52


АллахӀан хьалха эхь ца хета хьуна? хӀора дийнахь дӀавижа, Цуьнан Жайни тӀера цхьа агӀо а ца йоьшуш?

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

05 Nov, 18:04


Кинош чуьра моментш схьа ялош шайна мутаlелам гахь, катоьхна шайгара lильман-закат лолаш цунна, бакъдолуш иза чlогlа хьаште ву шуна цуьнга!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

04 Nov, 13:27


"Шайна цхьаъ эшчий бен зlене ца бовлу", бохуш йолу оьгlазло дlа яккхина, мелхо а Аллахlан доьхьа гlо деша хила деза вай. Вай деш дерг нехан доьхьа деш дац вай, Аллахlан доьхьа деш ду, тlкъа иза эхартахь карор долуш а ду ин ша Аллахl!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

03 Nov, 17:09


Масане хиндолчунна сагатдеш вехаш хилларг, хьалххе вала а велла, дlаваьлла.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

02 Nov, 11:32


Уьйра кхолла яран бехкам хала лелар 1аддитар ду.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

01 Nov, 19:10


Боккъалла волу хьолда кхи верг шех хьега хьакъ долуш соьга хаьттича (соьга хоьттуш цхьа воцушехь) : ша дlавалале шех буха шортта "садакъа жария" буха юьтуш верг ву.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

31 Oct, 06:51


Цхьа де догӀур ду массо къайленаш гучуйовлуш, деган а, меттан а Ӏаьржа юьхь тӀе йера йолуш....

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

30 Oct, 17:30


١еламнаха аьлла: Нехан х١усамаш чу хьежар а, нехан уьйт١а хьежар а кегий къиношха ду.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

29 Oct, 15:33


Уггаре ирча бlаьрмецигалла соьга хаьттича (соьга хоьттуш цхьа воцушехь) жайна оьцуш дlа луш долу сом-комах кхоам хетар, ю.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

27 Oct, 07:49


Дlа ойла йича мел дукха питанш долуш заманчохь дехаш ду-кх вай, ма чlогlа Сийлахь волчу АллахIе доlнаш дан деза вай кху некъан тlехь вай чlагlдар доьхуш.

Ма чlогlа кlомсаршцана lильманах таса дала деза-кх вай!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

26 Oct, 15:48


Пайдан доьхьа лелош долу гергарло къайла ца доьду, АллахIан доьхьа лелош долу гергарло къаьсташ хуьлу даггара дуй.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

24 Oct, 09:01


Вайна юккъехь чIогIa даьржина зударий лахарa хетар, сийсаз хетар, церан хьакъ дIа ца далар. Амма, вай бусалба дине хьоьвсича карадо вайна, мел лекхар мах хадабина зудчунна шариIато, мел еза а, сийлахь а лерина…
_________________________
Бакъ ду, саьрмикаш а ду шортта.))
Амма, нагахь санна Дала хьайна дé бахаъ ца дезаш ламаз деш, хьехар дича доьхьал баг ца етташ, АллахIa бохург деш а йолуш, долчуьнца тоам беш а йолуш(ца хилчиъ мегар долчунна са ца туьйсуш) xlусам-нана нисйинехь, хоийла хьуна, АллахIа хьайна делларга доккха ниIмат дуй, цунах хьо кханалерачу Къемат дийнахь жоьпалле лоцар а вуй.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

22 Oct, 10:08


«ялсманен чохь, бусулба нахан мел лун дерг,
хумма а хетар ма дац царна, Аллахlе хьажаран
марзонца и дуьстича..»

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

21 Oct, 08:04


"تلخيص تسهيل المقاصد لزوّار المساجد" (ص ٨٥).

Ламаз деш волчунна новкъарло яр хьарам ду.

Хийланза вайна ца хаар бахьан долуш ламаз деш верг вело гlаьрташ забар яьш хуьлу уллехь верг, тlкъа иза мегаш хlума дац.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

19 Oct, 11:29


Иштта ду-кх хӀара дуьне, наб кхеттачун гӀẽнаш санна, цул тӀаьхьа дãиман хир йолу хӀусам а йõгӀур ю.
Цундела иза [дуьне] хьуна дӀасалела меттиг хуьлийла, хIусам а йоцуш, цу чохь хийра хила - сий а долуш, маьрша вехар ву хьо..

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

18 Oct, 10:58


ТӀех сов суьрташ дахарх ларлолаш!

Цхьаболу вежарий а, йижарий а цунах совбовлу, кхечу нахана ца гойтуш, охьахаа а, дӀахӀотта а, яа хӀума яа а, новкъа вала а, цӀахь хӀумма а дан а йиш йоцуш, сурт деккхин и гойтуш бен. Иза хьан хIаллак хиларан бахьана хилла дӀахӀоьтта герга ду хьуна, хуьлийла иза хьагӀ йолуш бӀаьрг тохар бахьана долуш, я мостагӀчун хӀилла бахьана долуш.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

17 Oct, 18:24


ЛАМАЗЕХЬ ФАТИХЬАТ ДОЬШУШ КУЬЙГАШ МУХА ДАХКА ДЕЗА?

Имам Ахьмада ▪️ аьлла, Хьанбал ибн Исхьãкъа дийцинчу ривайатехь:

«Аьтту куьг аьрру куьг тIе дуьллур ду цо, аьрру куьйган хьакхолг [запястье] аьтту куьйга дIа а лаьцна, цIонгана тӀехула, йа цIонгана буха, нãкхан [грудь] тIе дуьллур дац».

«Задул Мусафир», ГIулам аль Халлãл (2/137).

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

16 Oct, 17:01


хӀай АллахӀан элча, тхо хьуна муьтӀахь ду хьуна, хьайна луъург де ахь, бакъдолчуьнца хьо ваийтинчуьнца дуй буу ас, хьо хӀорда чу вахча а, тхо хьуна тӀаьхьахIуьттур ма дара, цхьа а хьуна тӀаьхьа вуьсур вацара тхоьх!».

СаIд ибн МуIãз (رضي الله عنه)

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

15 Oct, 11:05


Пайхамара(صلى الله عليه وسلم)аьлла:

«من أعان على خُصومةٍ بظُلمٍ فقد باء بغَضَبٍ مِنَ اللهِ»

«Девнехь харцонца гӀо диначунна (я харцонца дов диначунна), цунна тӀехь ю Сийлахь-Везачу АллахӀан оьгӀазло».

Ахьмада а (5544), Абу Дауда а (3598) дийцина.

__________________

Цуьнан маьӀна: нагахь санна цхьа дов иккхина, кхечо оцу девнехь цхьа агӀо лаьцна, вукхунца харцо лелош, йа цо ша харцонца дов латтош хилча, тӀаккха Делан оьгӀазло цунна тӀе йогӀур ю.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

14 Oct, 12:02


Нагахь хьан бала бахбеллехь, ахь доlанаш дешшехь, хаалахь, АллахI деккъа хьан доlанна жоп делла lан лууш вац, цул совдаьккхина, ахь дехна а доцург, дала лууш ву И хьуна!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

12 Oct, 08:29


Хlусамехь телевизор хилар - уггаре а мегар доцучу хlуманех ду! Нагахь шуна хаахьара!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

10 Oct, 07:47


Ибн МасӀуда (رضي الله عنه)тезетахь воьлуш стаг гича шена, аьлла:

أتضحك وأنت في الجنازة؟! والله لا كلمتك أبدًا.

«Тезетахь воьлуш вуй хьо?!» АллахӀах дуй буу ас, кхин цкъа а хьоьца къамел дийр дац ас».

«Аль-Къубур» Ибн Аби ад-Дунья, 64 агӀо.


🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

09 Oct, 18:53


Имам Аль-Мавзаlийс аьлла:

«Элчанах (ﷺ) кхердар, цуьнан ларам цабар, иза йина йолу lамалш йохош а, жоьжахате чу вуьг
уш а керстналла ду, АллахIаца ларло вай цунах!»

«Тайсúруль-байáн» (4/164).

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

07 Oct, 18:56


Если вы не выучите Коран, то кто?

Если вы не являетесь причиной того, чтобы ваши родители были прославлены и их ряды возвысились перед Аллахом, кто возьмет на себя эту задачу?

Если вы не являетесь практическим примером для подражания своим детям в компании этой великой книги сейчас, то когда?

Скажи мне, когда заучивание Корана станет одним из твоих главных приоритетов?!


Напоминание для себя ...

لوجه الله

07 Oct, 10:53


Цхьана хазачу даге ца кхочу-кх эзар хаза юьхь.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

05 Oct, 18:26


Седарша дукха далахь а, делахь хьуна серло луш берг бутт бен бац

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

03 Oct, 10:43


доIа молха санна ма леладе, цомгуш хилчий, тIе цхьа бала беачий бен ца молш.

мухале а, доIа хIаваъ санна леладе, хьайн Аллах|е массо а хенахь деха – халонехь а, аттонехь а.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

29 Sep, 18:52


وَوَجَدَكَ ضَالًّا فَهَدَىٰ

Цунна карийра хьо тилавелла,т|аккха Цо хьо нийса некъаца вигира

[٩٣:٧]

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

28 Sep, 19:23


йа Аллах’, Хьоьга бу сан безам!

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

26 Sep, 14:37


«Уггар кхераме къу хьан ахча-бохча лачкъош верг вац, уггар чӀогӀо хьуна зен деш верг хьан дагчура ийман лачкъош волу къу ву».

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

25 Sep, 08:37


Адам юххахь хиларо хьуна пайда беш бацахь, иза генахь хиларо а дийра дац хьуна зе.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

24 Sep, 14:40


хьайн цкъа йуьхь дуьхьал дlакъойлана йолу наьl ма йаьтта ахьа,
Аллахlан наьl йоцуриг шозз тоха хьакъ долуш йац хьуна.

🌐
https://t.me/liwajkhillah

لوجه الله

23 Sep, 14:47


"Наханна цхьаъ моьттар ду.
Наханна цхьаъ моьтна а ца lаш шиъ, кхоъ, диъ моьттар ду. Ца моьттуш lийра болуш бац хьуна наха-м."

🌐
https://t.me/liwajkhillah