Странник @strannik_ahi Channel on Telegram

Странник

@strannik_ahi


Баккъал а, сатуьйсу ас, тlаьххьарчу
сахьте кхаччалц, сайн дин лардеш
лаьтташ а волуш суо кхалхаре

Странник (Russian)

Странник - это телеграм-канал, который приглашает своих подписчиков отправиться в удивительное путешествие по миру слов и мыслей. Откройте для себя новые горизонты через стихи, цитаты и размышления, которые вдохновляют и заставляют задуматься. Каждый пост на канале "Странник" - это как путешествие в неизведанные уголки души и ума. Подписывайтесь на канал @"strannik_ahi" и станьте частью этого удивительного путешествия. Насладитесь красотой слов и смыслов, которые наполняют нашу жизнь особенным смыслом и вдохновением. Присоединяйтесь к сообществу "Странник" и вместе с нами открывайте двери в мир, где каждое слово - ключ к новому открытию.

Странник

07 Feb, 18:59


Ӏуьйра ламазан сам ца валар

Уггар чӀогӀа наб кхеташ верг а, уггар чӀогӀа хала самаволуш верг а кхана паччахьо Ӏуьйра-ламазан хенахь шена тӀе кхайкхича, ца вагӀахь ша дийр дерг аьлла кхерам тесна хилча, цхьа а вуьсур вацара вижина, ткъа берриг паччахьийн паччахь волчо кхайкхича дийшина хӀунда дуьсу вай?!

Странник

07 Feb, 13:55


Аллахӏ везарца хотта делла дегнаший безам кхечу кепара хуьлу...

Странник

07 Feb, 13:25


Хила тарло - хьо ахьа сатуьйсучу хӀуманна тӏекхачо диснарг цхьа доla...

Странник

07 Feb, 13:25


Время ду’а 💗

Странник

07 Feb, 05:06


АллахI а, Цуьнан маликаш а, Элчанна салават дуьллуш ду, ткъа ахьа хIунда ца дуьллуш дара и?!

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.

Странник

07 Feb, 00:06


сказала ‘Аиша:

“Ни в одном месяце Пророк 🤩 не постился больше, чем в Ша’бане, и бывало так, что он постился в течение всего Ша’бана, за исключением малой его части”.

см.«аль-Бухари» (1970).
—————————————————————⠀
сказала ‘Аиша:

“Для Пророка 🤩 самым любимым месяцем для соблюдения поста был месяц Ша’бан, который он связывал с Рамаданом”.

см. «Абу Дауд» (2431)
—————————————————————
сказал Хафиз Ибн Хаджар:

“Пророк 🤩 соблюдал добровольный пост в месяце Ша’бан и в иное время, однако его пост именно в месяце Ша’бан был больше, чем в иное время”.

см. “Фатхуль-Бари” (4/214).

Странник

06 Feb, 12:17


даже будучи Твоим самым не благодарным рабом, Ты все равно безгранично одариваешь меня своей милостью.
не дай же моему черствому сердцу забыть о Тебе, ведь речь твоя является моим исцелением, а обещание Твое наводит покой в моей душе, и сколько бы раз я не тонул в мраке своих грехов, Ты, о мой Прощающий Господь, выводишь меня снова к свету, снова прощая и наставляя на верный путь.

Странник

05 Feb, 07:30


Хьа дӏабаьлла хил болх дӏабаьлла хир ма бара, хӏора Ӏуьйранна хьай куьйгалхочунна хьо мачаш цӏанош хиллехьариъ...

Странник

04 Feb, 18:50


Кхачаме ду-кх валар хьехам хил

Гӏарваьллачу вино поэтан Абу Наваси дик лулахо хилла, цо кест-кеста Аллахlе кхойкхура и, цо и вино ӏад а дитар, и лулахо велча цуьнан тезетехь хилла Абу Навас, цун коша тӏе хӏоьттина цо аьлла: Тахана дийна волчул дукх хьехам беш ву хьо! вуьштта аьлча, хьо сайна каш чохь гича боккхо хьехам хиллера суна ахьа дийна волуш дина хьехарал а

Странник

04 Feb, 07:53


Иштта Аллахlа хьуна довзийтина адмаш, цаьргахула нийса некъ хаз барца, кхин а чlогlа къа хьега хьан лаам хулуьйтуш, цара хьуна Аллахl дага воуьйтуш, ма дика дина хьуна динай? Тилар чохь берш уллехь нис барца хьо тилар чохь ца витина, Шена герга ца вигга?

Странник

03 Feb, 21:51


Бер жималлехь дуьйна а бусалба дине марздалийтархьама, ламаз дайта а деза, марха кхабийта а деза, иштта кхийолу Iамалаш а кхочушъяйта еза цуьнан ницкъ кхачаран барамехь. Жимчохь дуьйна бер бусалба дине марз ца дича, доккха хилча цунна марздан хала хуьлу, Дала Шен къинхетам бина цунна и марз ца дахь, хьан ницкъ а кхочур бац цунна и марзадан, тIаккха иза тиларчу даха а герга ду

Тахана гуш ду вайна бераш муха кхуьуш ду: телефонаш, компьютерш, мультикаш, ловзарш бен, кхин гуш хlyмма а дац царна.
leламнаха боху: «Мультикашка хьежаро и бер доккха хилча а шен бераллехь дуьсуьйту, хьекъал а, кхетам а и мультик санна дуьсу цуьнан. Къонах ца кхуьу цунах». Мультикаш чуьра а, ловзарш чуьра а шайолу цle хаьа берашна, амма вайн динах хlумма а ца хаьа! Бехк а бац церан ца хиъча а. Дийнахь а, буса а шайна гуш-хезаш дерг бен хаа йиш а ма яц царна. Цундела мультикашца а, ловзаршца а кхиънарг къонах кхуьур вац, мелхо, шен бераллехь вуьсур ву и.
Иманехь а, динехь а хир ву Элчанан а, цуьнан асхьабийн а дийцаршца кхиънарг.

Странник

03 Feb, 21:48


«Шен берана пайдехь дерг Iамор тIаламбоцуш дитиначо а, иза тесна дитиначо а — кхин дойла йоцуш, доккха зулам дина. Дукхах долчу берийн талхар а, церан хьокъехь ледарло яр а, динан парзаш а, суннаташ а Iамонза дисар а — дайн бехкенна ду. Кегийра доллуш хIаллакдина цара уьш. Цундела жималлехь шайна а ца хилла уьш пайдехь я баккхийра хилча шайн дайшна а ца хилла уьш пайдехь».

Странник

03 Feb, 21:05


Опять надежда
лечь по раньше
умрет в районе
трех часов

Странник

03 Feb, 17:04


Хьоьгара маьл жим долу хӏума тоьар ду суна, амма хьоьгара дерг жим хӏума ду ала йиш йац...

Странник

29 Jan, 18:33


Имам аш-Шафиӏи ❤️ говорил:

Я бы желал, чтобы это знание было распределено между людьми, а мне не было приписано и буквы

.....

А сегодня?

«Переводы мои - аманат, не копировать без упоминания»

Странник

29 Jan, 16:15


Бакъдолуш, шайн хаза леларца хӏара цӏена дин суна хаза дина адамаш дайна-кх сан дахарехь,

Аллахӏ реза хуьлда царна!

Странник

29 Jan, 16:07


*Цхьаъ санна кхоъ

Странник

29 Jan, 16:07


Айс хӏоттар ю ас сайн реакци👍🏻

Странник

29 Jan, 12:16


«ХӀун дийра ду те ахьа хьо кийча а воцуш "хӀа! новкъа вала хӀинца!"- аьлла кхайкхам беъча?»

Ибнул-Джавзий

Странник

29 Jan, 08:27


ДУХЬÁ ЛАМАЗ

– Довзийтар: духьа ламаз – иза малх хьалабаьллачул тIаьхьа делкъа
хан кхаччалц йолчу юкъахь деш долу суннат ламаз ду. Вайн наха
цхьаболчара «зухьа» а, «зуьхьа-ламаз» а олу цунах.
– Хьукм: духьа ламаз чIагIдина суннат ду, дар вуно чIогIа деза
долуш.
– Дозалла: адаман дегIан хIуттургашна хIора денна тIедожийна долу
сагIа кхочуш хуьлу духьа ши ракаIат ламаз дарца. Духьа диъ ракаIат
динчунна, АллахIа цу денна Ша массо а хIуманна кхачам бийр бу
аьлла. Цуьнан дозалла дуьйцуш кхий а дуккха хьадисаш даьхкина.
– Хан: Iуьйранна малх схьакхеттачул тIаьхьа 10-15 минот яьлча
дуьйна делкъа хан хила цхьа пхи минот йиссалц. Ткъа цуьнан уггар
еза хан – де диъ де‌къе декъча, доьххьара доьалгIа дакъа дIа а даьлла,
шолгIа доьалгIа дакъа доладелча ю. (Де – Iуьйра-ламазана а,
маьркIаж-ламазана а юкъахь йолу хан ю)
– РакаIаташ: лаххара барам ши ракаIат бу, лаккхара барам бархI
ракаIат бу, хIора ши ракаIат дIадаьлча салам а луш. Луучо ши ракаIат
дан а мегаш ду, диъ дан а мегаш ду, ялх дан а мегаш, ткъа уггар
дезаниг бархI ракаIат дар ду.
– Куц: духьа ламаз кхидолу ламазаш санна деш ду. Шина ракаIатал
сов дечо хIора шина ракаIатехь салам а луш. Духьа ламаз ша цхьам
дар суннат ду, жамаIатца дар суннат дац.
– Некъахь волуш дар: духьа ламаз некъахь волчо а дича дика ду,
мелехь ду.

Странник

28 Jan, 20:08


ЧТО ТАКОЕ «ДЫРЯВЫЙ СОСУД»?

🟢Вы следуете Сунне и носите бороду, но не опускаете взгляд.
(Дырявый сосуд)

🟢Вы молитесь вовремя, но у вас нет смирения. (Дырявый сосуд)

🟢Вы очень добры к людям и говорите с ними мягко, но с семьей вы всегда суровы. (Дырявый сосуд)

🟢Вы уважаете и хорошо относитесь к своим гостям, но когда они уходят, вы сплетничаете о них и говорите об их недостатках. (Дырявый сосуд)

🟢Вы даете много милостыни бедным, но унижаете их и причиняете им боль. (Дырявый сосуд)

🟢Вы встаете на тахаджуд по ночам, соблюдаете пост и читаете Коран каждый день, но разрываете свои семейные узы. (Дырявый сосуд)

🟢Вы поститесь и имеете сабр для мук голода и жажды, но ругаетесь и оскорбляете в Рамадан. (Дырявый сосуд)

🟢Вы помогаете другим, но делаете это, чтобы получить от них что-то, а не совершаете эти добрые дела ради Аллаха (Дырявый сосуд)

🟢Вы публикуете напоминания и у вас тысячи подписчиков, но вы делаете это для славы, а не для того, чтобы угодить Аллаху (Дырявый сосуд)


Не собирайте все свои добрые дела в протекающий сосуд.
Вы изо всех сил пытаетесь заполнить его, в то время как он легко вытекает через протекающие отверстия!

Странник

28 Jan, 19:09


Цхьадолу бlаьргийн хьежар цкъа а диц лур дац...

Странник

28 Jan, 18:39


у одного из праведных предшественников спросили:
«как поступает АллахӀ со своим рабом, когда Он любит его?
тот ответил:
«Он вдохновляет его просить прощение каждый раз, когда он грешит и делает упущения».

Странник

28 Jan, 15:00


«ХӀора буса кхайкхар до: "Цхьа а вуй шен цхьаъ доьхуш? Цхьа вуй тоба деш?" Делахь а хьо цуна жоп луш вац.»

Ибнуль-Джавзий

Странник

28 Jan, 02:18


Дика доттагӏ.

Муьлхха а цхьа некъ болийча, хӀоранна а уллехь дика накъост а, гӏоьнча а оьшу. Цхьана муьрехь айхьа дӏакхехьа а мега ахь иза, амма адам гӏийла кхоьллина ду, цуьнан ийман хьала а, охьа а долуш хуьлу. Цу хьолехь оьшу хьуна хьуо иракарахӏоттор долу адам. Ткъа иза дика а, тешаме а - ДОТТАГӀ ву. Шена дезарг хьуна а дезаш, хьан хазахетар йа халахетар хьоьца доькъур долуш, хьоьгара цхьа ледарло йаьлча хьоллехь хьуна хьехар дийр долуш, шен са а, даьхний а кхоор доцуш, муьлххачу хенахь а де-буьйса а ца къестош, ахь «доттагӏ» аьлла кхайкхича орцаха волуш. И санна долу адам шун дахарехь делахь, шуна хоийла шу ирс долуш дуйла, гӏарчӏ алий таслолаш цу адамах, уггар хьалха тешамца а, тӏаккха аьчган зӏенашца дехкалаш шаьшиннан доттагIалла.

Аллахӏа вайх хӏора а хуьлийтила дика а, тешаме а доттагӏ.

Аллахӏа кху дуьненчохь а, эхартахь а цхьаьнатухийла Аллахӏан дуьхьа доттагIалла лелош берш.

Странник

27 Jan, 22:20


«Хьайн бераш дуьненчу а довлале дика кхио аьтто буй хьан?
ХӀаъ, бу! Царна дика нана харжарца.»

СаӀуд аш-Шурайм

Странник

27 Jan, 13:36


Шеш ах джуз а, хӀора дийнахь доьшуш болу барам а бешна чекхбаьккхича, Къуранан охӀланна хуьлуш долу хазахетар а, ирс а, муха хуьлу матте а довзийта ца ло, тӀе а ца кхиало цунна. Ткъа мел дукха шайна дезаш долу беркат а, нур а карадо Къуранан охӀланна.

Странник

27 Jan, 11:41


Шен са хаздолчу Доттагӏо, цу хазаллех дакъ лур ду хьуна...

Странник

26 Jan, 20:34


Сатийсар эрна ду ма ала, хьой Аллахlе доьхуш мел ву...

Странник

26 Jan, 16:14


Ойланаш гуттар а йора,
набаро ца ӏехийча.

Наб а йара-кх ойла,
гӏенашца дуьхьал хӏуьттуш,
хийцалуш, кеглуш...

Странник

26 Jan, 12:47


«Буьйсана чохь цхьа хан ю, шена чохь бусалба стага Делера дуьненан а, эхартан а диканаш дехча Дала уьш цунна луш йолу. И хан хIора буьйсанна хуьлуш ю».

Муслим, 757.

Странник

26 Jan, 12:46


Хьуна цхьа хlума чlогlа лууш делахь, амма тахlаджуд ламазан гlоттуш хьо вацахь, хьайна луург буьйсанан кхоалгlачу декъачохь доьхуш хьо вацахь, тlаккха кхин баш чlогlа а ца лаьа хьуна и кхочуш хуьлийла.

Странник

26 Jan, 12:43


Хьан чохь, хьуна уллехь, хьуна хьехарш деш, хьо хьарам долчух юхатухуш, хьуна диканиг хьоьхуш, хьан эхартана даггара сагатдеш, хьо ялсамане кхачийта къахьоьгуш долу адамел хаза хӀун хир ду?

Странник

26 Jan, 03:10


«Ирс долуш кӏант ву хьуна хьо»

Кхуз канал чохь вац и, шен дагахь со вижан ву моьттуш йазйинер цо и, а шена атта наб ца кхета цун, наггахь наб кхоьтитш йолу молх мелча ца кхета, иштта цуьнгахь и хьал дола кхоалгӏа бутт бу, лартӏахь наб йа хьеган ву-кх и, Валлахӏи могашалла докх ниӏмат ду, и ниӏмат шегар дӏадаьлча бен цун мах хуар боцуш...
Йа Аллахl, цомгуш, шен дегlе ла доьгlуш мел верг хазачу кхаъца шен дарбан тlе нис ве Ахьа, амин,амин,амин!

Дагах кхетар долуш кхиъ дешнаш аьллир цо, далахьаъ уьш скринан тӏе даха ца лиа суна((

Странник

23 Jan, 19:16


Цхьан дийнахь кхетар ду шу, шайн эшарш лоькхуш хиллаши, шуьг хаз къамелаш деш шу жоьжагӏати доьгуш хиллаши, шу сий пусар деш ца хиллери...

Странник

23 Jan, 17:57


Хӏусамнана лахарехь ца хилча ца болуш болу биллам а бина, хазалла а ца лехна ас. Хӏунда аьлча сайна хаьа дела, хазалла - дӏадала йиш йолуш долу ӏиндагӏ дуйла. Хаза йолчуьнан хазалла ша дӀа ца йалахь а, хьуна иза хазахетар хийцадала йиш йолуш дуйла сайна хуу дела. Цундела го вайна шайн хаза зударех дӏа а къаьхке, хаза боцучу зударшца ирс лоьхуш бер.

Бакъдолуш, «хазалла» бохучунна хадам буьйцуш долу дукха жайнаш дешна хьуна ас, хӀокху хадамал нийса хадам а ца карийна суна: «Бакъдолуш, хазалла – догцӏаналла ю». Ткъа, масала, хазаллехь паччахь лара мегар йолчу хьан зудчо хьуна йамартло йича, хьан бӏаьргашна дукха боьха гуш хир йара иза. Юьхь тӏера ирча, Іаьржа бос болу зуда хьоьца догцӏена хилча (йамартлонах хьо ларвеш, хьан хӏусам а, хьан бераш а, хьан сий а лардеш), хазаллин паччахь хетар йара хьуна иза.

Странник

23 Jan, 17:23


из самых великих милостей АллахӀа по отношению к верующему рабу - это дарование поддержки в виде хороших друзей. и самым большим наказанием для него - это испытание плохим окружением.
праведное общество приводит раба к наивысшему месту в раю, а плохое окружение - к наинижайшему. праведные друзья побуждают к приобретению полезных знаний, к прекрасным нравам и праведным делам. плохое же окружение препятствует всему этому.

Странник

23 Jan, 10:33


Я наслаждаюсь страданьем из-за тебя, о мечта моя, и, пока длятся дни, я от тебя не уйду.Если скажут мне: «Ты забудешь любовь к ней» — нет у меня иного ответа, кроме ляма и алифа...

Странник

23 Jan, 02:44


Ахьа хьайн доӏанашкахь воьхуш верг и вукх хьан доттагӏ...

Странник

23 Jan, 02:19


– чай мали вайшимма?

аса хьоьга сай кlад деллачу деган хьал дуьйцара ду...

Странник

22 Jan, 21:09


Телеграмма чохь реакци маьл ца хӏотта йешверг кхуз канал чохь ву моьтту суна

Странник

22 Jan, 20:26


Цхьана хазачу даге ца кхочу-кх эзар хаза юьхь...

Странник

22 Jan, 17:29


«Стаг шен доттагӀчуьнан дин тӀехь ву, шух хӀора а хьожийла ша доттагӀ мила лоцу».

(Тирмизий: 2378).

Странник

22 Jan, 15:38


Лукъман аль-Хьакийма аьлла шен кlанте:

«Кlант, Делах тешар дlадаьллачул тlаьхьа, уггаре хьалха хьайна дика доттагl лахалахь. Дика доттагl диттах тера ву хьуна, хьуна lиндагl латтош, стоьмаш луш долу, ткъа хьуна цо цхьа а пайда ца бахь а, цуьнгара зе а ца хуьлу хьуна.»

Расаиль аль-Иман.

Странник

22 Jan, 10:27


Доla дан волавалле алхьамдулиллáxl аьлла вола валар, доlан жоп дала бахьнех ду.

Странник

22 Jan, 00:34


Xlоранна а дахарехь хила дезар-кх адамаш, - Орцах вала цхьа вуй те? Бала байлур буй те аьлла хетчохь, - Аллахlера кхочар ду хьуна орца, Цо байбийра бу хьан бала олуш...

Странник

21 Jan, 18:23


«Буьйсана тахӀаджуд ламаз дийра дац доьналла долуш, ладаме болчу наха бен.»
Ибн Раджаб

Странник

21 Jan, 18:14


«СинпаргӀатонан къайле буса деш долу тахӀаджуд ламазехь ю.»
Ибн Хьаджар

Странник

21 Jan, 18:04


«Буьйса (тахӀаджуд деш) денъйар йалсаманан охӀланан билгалонех ду.»
Ӏабдуль-Мухьсин аль-Къóсим

Странник

21 Jan, 17:45


Представь, что вот в этот данный момент Аллах говорит ангелам, которые рядом с Ним: «Такой-то сын такого-то» или «Такая-то дочь такого-то» – и называет твое имя. И говорит: «Удивительно его положение» и начинает тебя хвалить. А ангелы слушают и удивляются. Хочешь, чтобы так было?

Передается в муснаде от Ибн Масуда, что Посланник Аллаха (ﷺ) сказал: «Аллах удивляется мужчине, который встает с кровати, убирая покрывало, оставляя свою семью и то, что ему любимо, и встает на молитву. Наш Господь (Благословен Он и Велик) говорит: “О ангелы! Посмотрите на Моего раба! Он встал со своей кровати, оставил жену и то, что ему любимо, чтобы помолиться, желая то, что есть у Меня (из награды), и боясь того, что есть у Меня (из наказания)!”»

Странник

21 Jan, 17:07


Тӏаккха мух дийр дац и ламаз бусулба стаго? Хӏиццалц ца динехьаъ, амма хӏинца хан тӏе йеан хьо и ламаз да вулавала, хӀораъ цхьан адамах пайда боле дӏавулало дик ӏамалаш йан...

Соьх бахьана дина, Аллахl вуй-те, хьо Шега верзаван лиънарг?

Странник

21 Jan, 16:47


ДОСТОИНСТВА ТАХАДЖУД НАМАЗА:

🟢Совершающий тахаджуд будет записан среди людей Ахлю зикр
В хадисе, переданном от Абу Хурайры, сообщается, что Посланник Аллаха (ﷺ) сказал: «Тот, кто, проснувшись ночью и разбудив свою жену, совершит вместе с ней два ракаата намаза, будут записаны как мужчина и женщина, премного поминающие Аллаха». (Абу Дауд)

🟢Тахаджуд является атрибутом праведников
Сообщается, что Посланник
Аллаха (ﷺ) сказал:
«Совершайте ночной намаз. Так как совершение намаза ночью, является обычаем праведников, живших до вас, покорностью Господу, избавлением от грехов и зла». (Тирмизи)


🟢Исцеление от болезней, прощение и защита от грехов
«Посланник Аллаха (ﷺ) сказал: «Советую вам совершать ночной намаз. Так как он является обычаем праведников, живших до вас; причиной близости к вашему Господу; препятствием для совершения грехов; искуплением за злодеяния; и исцелением для тела». (Тирмизи)

🟢Большая награда
За совершение этого намаза человеку полагается значительный саваб. В Своей Книге Аллах говорит: «Они отрывают свои бока от постелей, взывая к своему Господу... ни один человек не знает, какие услады для очей сокрыты для них в воздаяние за то, что они совершали». (32:16-17)

🟢Принятие дуа
«В каждой ночи есть такой момент, когда всё то, о чём попросит человек в дуа, Аллах выполнит». (Муслим)

🟢Легкий способ вхождения в Рай
О люди, распространяйте, приветствия, кормите (других), молитесь по ночам, когда (остальные) люди спят, и вы войдёте в Рай с миром». (Ат-Тирмизи)

🟢Защита от ужасов могилы
«Намаз-тахаджуд удалит ужасы могилы». (Ибн Маджа)

🟢Особый статус в Раю
«Поистине в Раю есть такие покои (комнаты), изнутри которых видно то, что снаружи, а снаружи видно то, что внутри».
Аллах приготовил их для тех, для тех, чьи речи были хорошими, кто кормил людей, постоянно постился и молился Аллаху по ночам, когда люди спали»
(Ат-Табарани)

Странник

21 Jan, 15:29


«Молитва витр лучше, чем все добровольные молитвы, совершаемые в дневное время!»
См. “Маджму’уль-фатава” 23/88.

Странник

21 Jan, 10:56


«Малхбуза ламаз дитинчуьнна
йерриге Ӏамал йоьхна.»

[Ал-Бухарий: 553]

Странник

15 Dec, 01:19


дависа... дависа... дависа...
...эзарза дависа

Странник

15 Dec, 00:57


Суна-м хаац,
хӀун дан деза ца хууш,
ала хӏум доцуш висна...

Странник

14 Dec, 18:42


Цкъа мацца эра ду ас: «атта дацар, делаххьаъ, кхочуш ди аса иза».

Странник

14 Dec, 01:20


Йехачу, lаьржачу буьйсана хьайн дахар талла охь хиъча айхьа lесаллехь текхначу хlора а миното гуттар а гlайгlане веш, хьайх ваддала бlарза лой.. хlай сан Дела, ахь тесна-кх боккъала а пардо сан къиношна тlе, ма варра царна со вевзича уьш-м соьга юха а хьожура ма бацара, ткъа Хьуна хьалха муха кlелхьара вера ву со, Хьуни, сан къиношни юккъахь дац-кх цхьа а пардо, хlай сан Дела, боккъала а зуламхо ву-кх со сайн синан, со зуламхо хиларх Хьо вар-кх Къинхетамениг, Къинхетамбеш верг, Геч деш верг, геч дехьа хlай сан Дела, Хьан гlийла лай ву-кх Хьо цхьаъ бен шен тlетевжийла йоцуш Хьоьга кхойкхуш, тlеэцахь со хlай сан Дела... йа Аллахl, хьанна вуьту ахь со?

Странник

13 Dec, 15:20


Са-гат-делла бохучу дешнийн маьӏан тӏаьхь цкъаа а ойла йиний ахь? Баккъалла а, ма кӏоргера дукх иза...

Странник

13 Dec, 12:25


ДОӀАНАН ХАН!

Хьай сатийсамаш белхабан
виц ма лолахь!

Странник

13 Dec, 03:13


АллахI а, Цуьнан маликаш а, Элчанна салават дуьллуш ду, ткъа ахьа хIунда ца дуьллуш дара и?!

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.

Странник

13 Dec, 01:52


Наьl даима йетташ хилча, дlа ца йоьллуш йуьтара ма йац, иштта Аллахlе даима кlорда ца деш, кlад ца луш доьхург жоп доцуш а вуьтур вац...

Странник

13 Dec, 01:22


Аллахlа хьайна доlа дар деллехь, аса иштта Аллахlе деха деза-кх аьлла хьуна дага деънехь, хьуна хаийла, хьуна жоп дала лиъна Аллахlана!

Странник

12 Dec, 17:21


Усилия человека являются показателем того, какое место он хочет занимать в твоей жизни. не слова, обещания или намерения.
усилия.

Странник

12 Dec, 15:47


«Шен дезачух валар синан цхьа декъах валар санна ду.»

Странник

12 Dec, 14:38


Хьуна хила агlо бац моьттучехь а «хила» аларца, дерриг хийца ницкъ болуш И цхьаъ ма ву...

Странник

12 Dec, 11:15


Ма хилахьа, доьху хьоь дуьненан лай...
Ас хьоьга доьхуриг им хьуна дай.
Хьо хила ва лууш нийсачех хlай,
Аллахlе бирзанчех хилийта вай.
Со нийса воцучехь ахьа нис веш,
Аллахlаца сан ойла ахьа чlагl йеш.
Иштта доцуриг ма хетахьа дахар.
Вайшинан lалашо лаккхара йац?
Аллахlе дерза вай дезаш дац?

Странник

12 Dec, 01:41


Аллахlана ма чlогlа лиъна хилла хьан доlанна жоп дала...

Странник

12 Dec, 01:12


Хьо хьан дог гӀертачехь ву хьуна,
Хьайн дегӀ кхечанхьа далахь а...

Странник

11 Dec, 19:54


*тортиц

Странник

11 Dec, 19:10


– шадерриге диц а дина, чай мали вайшим?

Странник

11 Dec, 12:15


Сан «хилар» карадехьа, хьайн «хилар» лоьхучу соьца...

Странник

11 Dec, 03:02


Хьан хьокъехь айса йеш йолу йерриге ойланаш а, хьан ког ловзучу урамехь мел беш болу некъаш а.., хьуна лерина айса мел ден йозанаш а, хьо бахьана долуш, сема мел йоьлху буьйсанаш а, цхьана мӀаьргонна а айса-сайх тешийна йуьтуш вац со. Ас и дерриге а, сатийсаман галине а дерзийна, и доллу хӏума шена чу а хуьйдина буьзна лаьтташ болу сайн сатийсам Аллахlax тешийна...

Странник

06 Dec, 11:03


Синан хазалла ю хьуна,
сийлахь йерг Хьан амалехь...

Странник

06 Dec, 09:06


🔻НЕ ЗАБУДЬТЕ

Прочитать суру Аль-Кахӏф(Пещера)


«Кто прочитает суру “Пещера” в день пятницы, того будет освещать свет между двух пятниц». аль-Хаким (2/399) и аль-Байхакъи (3/249).

Странник

06 Dec, 07:40


дан хlума дац хьуна хьан доьзалах, иза Аллахlан новкъа тlехь къа хьега кхиош бацахь...

Странник

06 Dec, 07:26


АллахI а, Цуьнан маликаш а, Элчанна салават дуьллуш ду, ткъа ахьа хIунда ца дуьллуш дара и?!

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.

Странник

06 Dec, 01:10


юха а шийлачу буса,
гӏийлачу чӏурамин серлонехь ,
аса могӏанаш дешнашца дузу,
хьуна уьш цхьанна лору...

Странник

05 Dec, 16:10


Сатийсаман хан мел йеха хиллехь а, цхьана кхетаран марзоне хьаьжча и хlумма ца хета...

Странник

05 Dec, 16:00


Цхьацца волчунна иштта хеташ хил там бу, амма суна-м ца хета

Странник

05 Dec, 15:59


Дац

Странник

05 Dec, 15:59


Олуш хӏум дукх, далахь иза иштта дац, даци? Дац

Странник

05 Dec, 15:58


Мел чlогӀа сатийсинехь а,
хенаца чам болу муьллхачу хӀуманах.

Странник

05 Dec, 13:00


Мала йиш йоцучу шовданах хӏу дорааааааааа?

Странник

05 Dec, 12:29


Доьху хьоьга, харцонна
хилалахь гена…

САН СА...

Странник

05 Dec, 10:13


Хьо сужуде вахча, вехха Iе цигахь. Бакъдолуш, сужудехь волчуьнан букъ тIехь бала соцуш бац хьуна...

Странник

05 Dec, 01:22


Вай вайн дегнашчохь къуьйлу лазам, Аллахӏаца бен боькъуш боцу, Цунна го вайн дегнаш , гӏорасиз а, бӏарзделла а долу... Хӏоразза а, шайн нур дайча, дагадаийталаш, Аллахӏан нур цкъа а довш ца хилар...

Странник

05 Dec, 00:39


Хьуна доlа дан дагатеснехь - Аллахlана лиъна хьуна жоп дала...

Странник

04 Dec, 17:16


Дӏатийна буьйса.
Дӏатийна…
Седарчий хьуьйсу.
Сатийна.
Вайшинна юккъехь.
Кхетта цхьа,
Гӏайгӏанаш юкъеш.
Беттаса…

Хӏокху дуьненан
Цхьацца ах…
Вовшашна генахь
Цхьаццанхьа.
Некъаш а хаьдда
Вай диси
Генара хьаьжна,
Сатийса…

Эхӏ, хьо ма дукха
Хьейели…
Чекхбели мукъам,
Чекхбели.
Дӏадели де а,
Дӏадели.
Буьйсано деънарг,
Даздели…

Цо суна гуьйре
Къахьйина…
Дог деган уьйрех
хадийна.
Боданца къовлуш
Сирла са,
Дуьненах тховса
Шиъ хилла…

Цу шинна юккъехь
Кхетта цхьа,
Гӏайгӏанаш юккъеш
Беттаса…🌖

Странник

04 Dec, 12:49


Дуьненан чам - шекар тасанза чай санна,
тӏаьхьарчу хенахь хаалуш бац. Элдиташ вууш санна, ӏаламан чам баккха а ларош вац.
Дааран чам а ца хета хьалха санна чоме,
тазделла маттана дерриг а дуьне.
Йа байт йаззо а ца хаьа, йа багахь бийца боцу мотт а,
нахана хьалдолуш хетийта, тӏейоха йоцу коч а.
Ма декъаза ду хӏара вайн хьал,
ги биллан баххьал бен вай боцу сал-пал.
Буьйсано хьовзийча ойла сан хьевза, дерриг а дитина дӏо гена дӏа вахча, со цхьанне ца вевзаш, суна цхьа а ца вевзаш,
Карор-те сан дагна паргӏато лехча?

Странник

04 Dec, 01:50


Схьахетарехь, со цхьанна а кхоьллина а вац,
Йа, хетарехь, ас лоьхург оьшуш цхьа а йац,
Амма бакъду, лехаран некъ ас сацор а бац,
Сайн дог дерриге а реза дерг карайаллалц,
Ткъа ишттаниг аш соьга бахахь:
«Хир а йац», Эрна ас сайн дахар талхор а-м дац!
Делахь а, со цхьаннах а теша lемина а вац,
Цундела хlара дог дехар ду сатийсамашца,
Шен дегl лахьти чу дlанисдаллалц,
Ткъа иза догlуш а ду сан йохьаца,
Сох хедар йоцучу со валлалц,
Амма стигаларчу къинхетамца
Ас бохург суна карайахь, «йогlуш йерг сан сица…»,
Тхойшиннан ирс оьшуш а хир дац шуна дийца, Бахамах, ахча-бохчанах и доьзна хирг цахиларна,
Иза сайна, йа цунна со мел ву и хила дезарна.
Дахар доьзна доцуш кхин лакхарчу лехамашца, Тхойшиъ даха хьожур ду цу Ялсаманин некъаца,
Ницкъ мел бу массо а къинойх дlакъастарца,
Цу чу кхача а хьожур ду, Аллахlан къинхетамца.
Ткъа кхузахь? Дехар ду вовшийн бlаьра хьежарца,
Кхин совнах дерш ца эшарца.
Долуш цуьнан аз сан сица,
Сан са цуьнан цlийца,
Цхьаннан а йиш цахиларца
Цхьана а кепара иза хийца,
Хир бу-кх и безам цу локхаллица,
Цхьаъ вукхунах хаьдначу денца
Дерриге а дlадан дезарца,
Циггахь шиннан а бlаьргаш къовларца,
Ший а оцу эхарта дерзарца…
Иштта хир ю «йогlуш йерг сан сица…»,
Цигахь а цхьаьна соьца…»

Странник

04 Dec, 01:11


Хlaй сан доттагl, гlaйгla хьай дагах хьаьрчина буьйса йагlaхь, диц ма делахь со хьайца гlaйгlaне хилар.
Нийса хир дац самукъа цхьанне а доккхуш, ткъа гlaйгla xlopaмма ша-ша лайча...

Странник

03 Dec, 17:13


Ткъа бода боллушехь, дог доьхна вац со! ХӀунда аьлча серло сан дагчохь ю...

Странник

03 Dec, 11:29


Йа АллахӀ, сох вон ойла кхоллайеллачу сан доттагӀчунна гечде Ахь, и кхоллайаларан бахьана соьгара даьллехь суна а гечде Ахь!

Странник

03 Dec, 02:47


Йоккхачу, ӏаьржачу стиглахь
Чиркх хилла богуш бу бутт,
Цуьнан исбаьхьачу, лепачу сибатехь,
Хӏоттало суна хьан сурт...

Странник

03 Dec, 00:49


Йа Робб
Сан ницкъ дӏа тесна аса
Хьан ницкъан тӏе болх буьллуш...

Странник

02 Dec, 17:05


На́хана моьттине́ра шаьш [Да́ла] ца зуьйш ӏадбуьтур бу, ца́ра: «Тхо [Де́лах] тешна» – а́ларна?

Сура Аль-ӏанкабут, 2

Странник

02 Dec, 16:03


Шуна гиний ткъа, вовше беркате долу синош? хаий шуна уьш муха хуьлу? уьш бу уьш Аллахlана дуьхьа вовше дукха безнарш, вовше халахетарш деш а боцуш, къайлах Аллахlани бе ца хезачохь доlанашкахь хьехош болуш, вовше хьагl гамо а йоцуш, халонехь аьттонехь хьоьца а болуш, хьуна хезар дац цара хьоьх лаьцна аьлла вон дош, хьуна хезар дац цар хьо воцучохь хьа лерам ца бина аьлла... хьуна хезар дац цара хьа сакхталш гучу даьхна аьлла, боккъалла Аллахlан дуьхьа вовше дезар гуш хула-кх, мелла а хазачу агloр...

Странник

02 Dec, 10:48


Йа АллахӀ, айса болийна некъ чекх баккха ницкъ ло Ахь суна...

Странник

02 Dec, 03:14


Дуург, молург, йа бедар хьашт хиларал а хьашт ду адамана вочу хIуманех ларво азкараш.

Ӏуьйранна доьшуш долу азкараш

Суьйранна доьшуш долу азкараш

ХIай АллахIах тешна дерш! АллахI хьахаве‌, дуккха хьахорца.

[Сурат «Ал-Ахьзаб» 41 аят].

Странник

02 Dec, 01:29


Дикачу доттагӏчун меха ца кхочу цхьа а бахам...

Странник

02 Dec, 01:09


«Всё, я сдаюсь»

Клянусь Аллахом, последние дни эти три слова так и крутятся у меня в голове. Потом думаешь: «Уйди, неугодный, не подсказывай мне!»

А на деле это ты, твое нутро отчаявшееся. Но разве можно отчаиваться в Его милости? Ни в коем случае. Это подобно тому, что ты поскользнулся на вершине какой-то скалы, которая размером с самую большую многоэтажку мира. Ты летишь вниз и просишь Аллаха, чтобы он помог тебе. В один момент ты перестаёшь просить и понимаешь, что всё, конец. Но разве Он не способен на всякую вещь? Проси! До самого конца моли Его, в этом ведь вся мудрость! В этом то и весь урок! И на самом финише, когда ты вот вот должен был разбиться всмятку, Он делает твою посадку мягкой, на ватное поле или на детский батут. Чудес не бывает? Тогда вы не познали Своего Господа.

А я всё ещё лечу вниз и жду чуда...

И не теряйте надежды на милость Аллаха, ибо отчаиваются в милости Аллаха только люди неверующие»

Сура Юсуф, 87

Странник

01 Dec, 19:19


Ойланаш мел дукха ю, мел кӏеззиг ду уьш йийца дешнаш...

Странник

01 Dec, 16:03


Ткъа буьйсам шарал а йахйели тховса, сан хьуна гатлучу сино со ца вуьту тховса...
Сатуьйсу, садаьржачу ханна, сахуьлуьнга вала, уггаре хазаниг дош хьоьга ала... 🌕

Странник

24 Nov, 18:39


Ас чӏагӏо йо хьуна, хало тӏе йеъна хьо висинчу хенахь, хьуна накъостал соьга ца далахь, сой хьоьца вужур ву аьлла Доттагӏа...

Странник

24 Nov, 12:48


Хуьлийла хӀара хьегар, уггаре там болу хьежар а, уггаре ирсе вовшахкхетар а...

Странник

24 Nov, 01:33


АллахӀа седарчий стигала хаза йан кхоьллина, ткъа ДоттагӀий - дахар хаз дан!

Хуьлийла хӀора а доттагӀалла эхарте кхаччалц!

Странник

24 Nov, 01:12


Вайн дагахь болу лаамаш цхьана АллахӀана хаьа-кх...

Странник

23 Nov, 15:38


Цхьана дийнахь йалсаманехь
Диттан ӏиндагӏехь охьа и хиъна
Дуьненан массо а эрначу хӏуманех
Доьлуш хир ду вай Ин Ша Аллахӏ...

Странник

23 Nov, 01:31


Деха доьхуш лар де ахьа, ахьа дехнарг хьоьга кхочура ду хьуна Аллахlан лаамца... Хьо дийца воьлча хеза, ца дийцича го, сатийсам бакъ хуле дlа хlутту, Аллахl Шен лайна вуо дан лууш вац хьуна...

Странник

23 Nov, 00:48


Цхьа долу хlумнаш деган дукха кlоргехь лечкъийна ду-кха, хьой волуш бен гуча ца довлуш.

Ткъа цхьац долу хlумнаш гуттара а гlайгlане хуьл-кха, хьайн дагца уьш далхош бен лела йиш йоцуш.

Странник

22 Nov, 15:07


«Цу дийнахь (цхьайолу) йаххьаш лепаш хир ю.»

Сура ӏабаса, 38

Ибн Ӏаббаса аьлла: буса (тахӏаджуд) ламазаш дар бахьан долуш.

[тафсир аль-Къуртӏубий]

Странник

22 Nov, 15:02


Буьйсанна [ӏуьйкъа-ла́мазна] гӏатта цуьнца [Къуръан дешарца] хьайна [диканехь] совво́луш. Хьан Да́ла хьо вилла тарло хастаме́чу метте.

Сура Аль-Исроъ, 79

Странник

22 Nov, 10:48


ХIумма а ца дисна сан юхахьежа,
Цхьа некъан чан йоцург, дIаюьжуш йолу.
Ас сайца дIахьош ду сайн къолам-кехат,
Синтем а боьхкина ас эцна долу.
Ас сайца дIахьош ду хьан бIаьрхийн къа а,
Хьоьга а, цхьанге а гечдар ца доьхуш.
Ткъа хьуна буьсаш бу къастаран лазам,
ЦхьамогIа хаттарш а,шайна жоп доьху.
Екъа хьуна юьсуш ю толаман байракх,
Вайшимма сел луьра къийсана йолу.
Амма де хир дац хьан, и хьалаайа,-
Ахь цунах дийр ду хьайн бIаьрхишна йовлакх.
Нахана дуьсуш ду, вайшиннах дийца,
Вайшимма ваьшшимма дитина дош а ....
Цхьаволачо дог лозуш дуьйцур ду иза,
Цхаволчо-эвххьаза, кхардадеш дог вайх....
Ткъа хьуна - анайист йоьжнначохь лаьтта,
ЦIергахь малх багабеш, кхерсттачохь алу,
Жоп доцуш, дагадеш гIелделла бIаьрса,-
Кийрахь мохь буьжур бу, хуьлуш лен талу.
ТIаьххар а, дог дуьллуш дуьненах,
Буйнаш ахь къовлур ду, къовлур ду дог а.
Хуур ду сан безам ца хиллий бегаш -
Уггаре халачух кхетар ду дог хьан.
Вайн синойн къа летта со новкъа волуш,
Сайца дIадаьхьнехь ас сайн къолам-кехат,
Сайн са а доьхкина ас эцна долу...

Странник

22 Nov, 08:09


АллахI а, Цуьнан маликаш а, Элчанна салават дуьллуш ду, ткъа ахьа хIунда ца дуьллуш дара и?!

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.

Странник

22 Nov, 01:38


Хьо дог тешна хилалахь Аллахl дуккха тlех Къинхетаме ву хьуна, цхьа хlума хьун дезаш долуш, Дала тесна вуьтар вац хьо, дезарг ца луш...

Странник

21 Nov, 01:25


Цхьа меттиг йасса йелча хуур ду, цу меттехь хилларг цигахь мел оьшуш вар...

Странник

21 Nov, 00:50


Йа Аллахl, соьгахь долу вуо хlуманаш бахьана долуш, со Хьайн диканах ма ваккха Ахь...

Странник

20 Nov, 17:48


lалашо йоккха хилар кхачаме дац хьуна, иштта хьан мал велла lан а йиш йац. Некъ беха балахь, чаккхе йолуш бу, хьо вацара хаза чаккхе йезаш? Къа хьоьгуш вуй хьо, хьайна дезарг хьай хилийта?

Странник

20 Nov, 16:45


Баккъалла ас доьхкх Аллахӏе И хьуна реза хилар, Цо хьуна дуьненанахь эхартахьаъ хьо ирсе декъал варе Доттагӏ...

Странник

20 Nov, 00:54


Xlай сан Дела, асa тешна дитина Хьуна сан даг чохь маьл дерг, хийца сан хьал а, сан дерриге белхаш а...

Странник

19 Nov, 15:25


Хьо яхье воккхуш, хьан даге самойойтуш долу адам ма чlогlа оьшу дахарехь...

Странник

19 Nov, 11:02


Баккъал а, ас тloм бо доlанашца, баккъал а, ас Аллахlан пурбанца толам а боккхур бу...

Странник

19 Nov, 10:49


Ин Ша Аллахӏ

Странник

19 Nov, 02:33


.......

Странник

19 Nov, 01:38


ХӀай сан Дела, соьца хилахь, боккъалла а, Хьуна бен ца хаа-кх, со мел хlуманах чакхвийлина...

Странник

19 Nov, 00:57


Хьан цхьа жима сийсаза лай бен вац-кх со. Хьаште хиларо дӏахьулвина-кх со. Айса летийна къиношца къера ву-кх со.
Хӏай Хьайла комаьрша кхин воцург, къинхетам бе Ахьа шел гӏийланиг кхин воцчух...

Странник

18 Nov, 14:24


Хlай сан Дела, баккъалла а, Хьуна хезаш ду сан дог, ларбехьа цучохь сатийсаран ницкъ, жоьпаца со ирсе хилийта!

Странник

18 Nov, 01:36


Сайн гӀайгӀа, сингаттам, лазам массарех а лечкъийра ас,
Амма Хьоьх, хӀай сан Дела, къайла валур вац со...
Йа АллахӀ, Хьуна хаьа сан дагна тӀехь лаьтта баланаш...
Ткъа де-дийне мел долу дерриге дазделла...
КӀелхьар ваккхар доьху ас Хьоьга, хӀай сан Дела...

Странник

17 Nov, 20:50


Дала хӀара дуьне хаза кхоьллина хиларан тоьшаллех цхьа тоьшалла ду-кха хьо...

Странник

17 Nov, 01:33


Мацах… ма хаза дара урамаш!

Делахь а иза мацах дара…

Мацах… дийна ма дара массо а хӏума, ткъа тахана-м делла хета…

Хьажахьа… дӏогахь цу хенашкахь
суна гира-кх дуьне доккха…

Хьажахьа… циггахь, хӏинца-м суна
дуьне готта хета, хьуна…

Циггахь дийлина,
циггахь къийгина,
циггахь хьийгина
бӏаьргаш лоьхуш,
муьлха новкъахь лела деза,
муьлха цӏарца дага деза,
муьлха орца ала деза
дуьненан кийра буззал
къора мохь къуьйлучу деган?

Странник

16 Nov, 01:20


Хьуна хlун моьттара?.. хазачу чаккхене вуьгу некъ атта хира бу моьттара? Иза-м дуккха собар, доьнал, Аллахlан тlе товжар оьшуш некъ бара, хиарий хьуна хенаца? Хlуъ нис даларх къар ца вала, юха ца вала, дlа ца хьовза хьакъ долуш, шена тlехь хьо мел ву дакъаза вала кхерам боцуш. И бара и некъ ирсах буьзна..Аллахlана герга хьо вуьгу некъ. Цулла докх ирс хlун хира дара кху дуьненахь? Кхин хlумма ца хилчи а, са туьсийла хира дац хьан, Аллахlа хьайх къинхетам баре, И реза хиларе, Цуьнна дезачуьн тlехь хьой мел ву?!

Дlа ма тасалахь...

Странник

15 Nov, 15:24


Ма са гат ло сан — цlа мацах хиллачу дахарна, дуй а ца хууш сан хиллачу ирсана. Лар йитна баханчу нахана, царца доьзна долчу массо а хlуманна.

Юха а гат ло сан са – сайна, сайн хиллачу ойланашна, лелийначу уьйрашна.

Странник

15 Nov, 10:39


Хlай сан доттагl, хьуна хаьий, хьо сан тешамечу нехан тептар тӀехь вара, и тептар чӀогӀа доца дара.
Со суо а вацара цу тептар тlехь...

Странник

14 Nov, 15:22


Тховса буьйса тийна хlунда ю,
ас садоьlуш седарчашна хаззал?
соьца шарал йеха гlайгlа ю,
беттан цхьалла кху сан дагчохь лаззал.

ойланаша сан наб йадайой
сох лачкъайо, и бутт къайлабаллац.
сан дахаран денош лечкъор ду
кху замано, со велла дlаваллац...

Странник

14 Nov, 13:38


Хаа ца хууш эц 1% юккъехь хилла со

Странник

14 Nov, 08:57


Дер вац

Странник

14 Nov, 08:52


Бакъволчу доттагӏчо вицвийр вац хьо шен доӏанашкахь…

Странник

14 Nov, 01:19


Хьай lалашо йиц ма йелахь...

Странник

13 Nov, 20:30


ربي إني أحببت شيئا فأرنى عجائب قدرتك فيما أحببت...

Странник

13 Nov, 19:39


- Хьуна диц ма ца делла вай кхана сарахь цхьаьнакхеташ хилар?
- И доцург, дерриге а дицделла...

Странник

13 Nov, 19:38


#6

Странник

13 Nov, 19:22


Нана, со гӏeлвелла чӏoгӏa,
Дӏaвижа воллу со кханналц.
Цхьангге ма йайталахь гӏoвгӏa,
Виталахь со наб йан ӏаббалц.

Сo чӏoгӏa гӏелвeлла хьуна,
Хӏоьттина, оханехь санна!
Тамаше наб оьху суна,
Со хье ма вайталахь нана!
 
Со хоьттуш милла а варах,
Ца оьшу со самавакхха.
Амма... соьг орцана кхайкхахь,
Со самаваккхалахь тlaккха

Странник

01 Nov, 11:28


ГӀЕЛВЕЛЛА

Странник

01 Nov, 03:54


АллахI а, Цуьнан маликаш а, Элчанна салават дуьллуш ду, ткъа ахьа хIунда ца дуьллуш дара и?!

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.

Странник

01 Nov, 01:02


Соьх бахьана дина, Аллахl вуй те хьо Шега верза лиънарг?

Странник

01 Nov, 00:56


Аллахlе верза, хlай Аллахlан лай

Странник

31 Oct, 09:29


ахь Аллахӏе хьесталуш дехнарг кхочуш хиллачу дийнахь хуур ду хьуна, хӏумма а, эрна ца хиллий...

Странник

31 Oct, 00:42


​​​​«ЕЁ СЛАДКИЕ СЛОВА ДО СИХ ПОР ЗВУЧАТ В МОИХ УШАХ И В МОЕМ СЕРДЦЕ...»

Абу Сулейман ад-Дарани сказал Ахмаду ибн Абу аль-Хауари:

Во время того, как я совершил земной поклон,я заснул. Вдруг меня толкнула моя мама и сказала:

Сыночек, как ты можешь спать, когда Царь не спит и смотрит на молящихся, когда те совершают молитву тахаджуд. Несчастны глаза, которые предпочли сон мольбе к Аллаху! Вставай, приблизился час, когда любящие встретят друг друга. Свет очей моих, как же твои глаза могли заснуть, ведь я воспитываю тебя много лет.

В испуге я вскочил и вспотел от стыда перед ней. Её сладкие слова до сих пор звучат в моих ушах и в моем сердце.

См. «Рухбан аль-ляйль».

Странник

30 Oct, 14:50


Наша задача - сделать все возможное, а все невозможное - возложить на Всевышнего...

Странник

30 Oct, 08:17


Хӏора догӏу де, керла хийцамаш бохьуш догӏуш хилча а, цӏа мацах хилларг диц ца ло. Иштта хьан дагах кхетта, хьоьца цхьа хан йаьхьнарг мел генахь хилча а, виц вар доцуш хьайца лела во.

Странник

30 Oct, 00:31


Цуьн хеза хьо, Цуьнца дага вàла, хьай дагца тешна хила И хьайца Ву але. Цуьн го хьо, ишта Цуьн халонаш го хьан некъахь нис луш йолу. Хьан лазам хаъло Цуьнна, гlайгlа го веларца ахьа лечкъош йолу, И веккъа Цхьаъ ву хьуна гlо дан ницкъ болуш, гlо дан лууш, хьуна хlун лаьа хаьаш, ишта хьо лар веш а Ву Иза.

Ахьа Шена дуьхьала цхьа гlулч йаккхаре хьоьжу И, хьуна дуьхьала итт йаккхархьама.

Аллахl ву иза, И воцург кхин Дела вац. Цуьнна дукха веза хьо, хьо хьай дена-нанна везачулла алсам, ишта, Цо лар а во хьо, lалаш веш массо вуочух. Берриг ницкъ Шегахь берг ву Иза, хьуна дика лууш а ву. И хьоьжуш ву ахьа Шега дийцаре, хьайна гlо доьхуш Шега верзаре, гlо дийра ду Цо хьуна, нийса некъ гайтина, Цу тlе дlа хlоттора ву. Дерриг хаьаш ву Иза, Хезаш ву.

дехалахь Доттагӏа
жоп делча юха ма валалахь

Странник

29 Oct, 18:52


Кхетахьа, даима лаьттар йац аьхке,
Даим а кхетахьа, лахло цкъа малх.
Делахь а вайшиннах цхьа а вац бехке,
Гена бу бехкенна кхиболу нах.
Ткъа вайша-м кийча ву аьттонехь техка,
Кхардарх а гонаха мел болу нах.
Мел дукха халонаш нelcaгlexь lехкарх,
Хилий вай, Іай-бӀаьсте ца къесточех?

Странник

29 Oct, 11:11


Со хийла эшна, делахь а саца ца сецна. Со муха соцу, сан некъ диканиг хилча, сан доладийриг Ша Аллахl хилча?!

Странник

29 Oct, 01:32


Адам цхьан меттигна гена даьлча, цуьн са цигахь дисаран, мел гена валарх цига кхача лааран бахьана xlун ду? Меттига бехк бан а буй те, цхьа меттигаш-м кхин ма кхачхьара оле хуьлу.

Меттиг хаз йийриг а адмаш ду-кха, шай синош хьан сица хlоьттина, хьан даге хьоьвсина, шайна гена валарца са хьийзош, хьоьга са гат дойтуш, ткъа шайна уллехь синтеме веш. Хlун йовхо ю те цара лург? цу йовхоно-м дерриг дахар хаз до…

Странник

29 Oct, 01:24


Ханна жима хиларх а Шен динах кхета, цу некъахь къа хьега лиъначу Шен лайна ма хаза кхетам ло Дала. Уьш гича Аллахlе эхь хетарца воьрзу хьо, хьай дахаран, хена, къа хьегаран ойла йой.

Цаьргахула ма дика до Дала, уьш бовзар, гар, хазар – совгlат.

Странник

29 Oct, 01:03


Сатуьйсучух дог дилла мегара дац цкъаа, Аллахla Шен некъахь къа хьега лиънарг гlо доцуш вуьтар ву тlаккха? Аллахlе деха. Аьлла дацара - Ша лург ца хилча Цо дага тосура дацара хьуна Шега деха?! Хьоьгара оьшург и ду, ткъа хьуна йиш йац моьттучехь Цо гойтура ду йиш хилар, дагахь доцучехь некъ белларца...

Странник

28 Oct, 15:49


Болийна некъ ма моьтту атта ца хиллехь, цо хьой хlоттийна кlад винехь са даlа, некъ дlа ца тосуш, атта берг ца лоьхуш дlа кхача, lалашо, ният дагахь долуш, гlо Аллахlера хира ду хьуна.

Странник

28 Oct, 00:56


Йаа Аллахl, Хьо дерриг гуш, хезаш Вар-кха, тlех къинхетаме, суна Хьай диканаш тlе дуттуш даима... юха а дика дехьа суна, хlиццалц дехха доцуш лòpa, ткъа хlинца доьху аса. Ахьа делчуьнна, «хила» аьлчуьнна реза ца хилар ма дацара и, хала дара, тlех хала, Хьуна хаьаш ма дара, дерриг дагадарца массо хlума дазлой. Атта дехьа, Хьайгара собар тlе доттахь суна, синтем лохьа, Хьоьга цхьанга хьашт ду-кха сан дог. Хьой соьца хилар, дерриг Хьайгара хилар диц ма далийтахь, Хьой хьехор тlаьхь, Хьайга кхайкхар тlаьхь гlо дехьа. Хьой цхьаъ кхачаме вехьа суна кху доккхачу дуьненахь.

Странник

27 Oct, 18:54


Айхьа доьхуш Верг ницкъ болуш хилар, Цуьнна хьой хезш хилар цlа диц ма дойла ахьа

Странник

25 Oct, 05:47


АллахI а, Цуьнан маликаш а, Элчанна салават дуьллуш ду, ткъа ахьа хIунда ца дуьллуш дара и?!

АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.

اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.

Странник

25 Oct, 01:13


Цхьана дийнахь дахар хийцалуш гиний хьуна?

Странник

24 Oct, 16:26


Дерриг дуьне хьан хилча а дош дац, хьуна йуххехь тешаме ДОТТАГІ ВАЦАХЬ!

Странник

24 Oct, 08:40


Сан сих кхетта лазар ду,
Дуй те нахана къаьсташ и?
Къайла кхоьхьуш лела со,
Доттагl, хьуна муха ги?

Сан сих кхетта дуьне ду,
Кхачац къехка цуьнах ницlкъ.
Эппаз лоьхе воьрзу чу,
Хаахь а йаздина дуйла рицlкъ.

Сан сих кхетта сонталла йу,
Сацам боцуш цхьанаметтахь.
Майралла гайта гlерта чу,
Аса хlун де эхартахь?

Сан сих кхетта сутаралла,
Дерриг а сайна деза некъ.
Дацчу денца куралла,
Мича кхочу-те сан некъ?

Хьайна гинехь сан цамгар,
Дарба ца деш ма вита.
Хьехар де-хьа даггара,
Доттагl, Далла тlе вига.

Странник

24 Oct, 02:45


Сура Атӏ-Тӏолакъ 2-3

Странник

24 Oct, 00:41


наха шайн неӀарш буьйсанна дӀакъовлу, ткъа АллахӀа Шен неӀ нахана буьйсанна дӀайоьллу.

Странник

23 Oct, 18:32


Алхьамдулиллахӏ, даггара хаз хета

Странник

23 Oct, 18:13


Сан хьоьгахьа болу безам иза доӏа ду, суна а, Аллахӏана а йуккъахь долу...

Странник

23 Oct, 12:45


Сан къолам соьга ладугӏуш бац,
Ца хӀуттуш ойланаш йозане йаха.
Сел аьрха и хилча дан хӀума дац,
Кӏордина дехарца "йазйе-хьа" баха.

Ойланаш йозане ахь йохуш хилча,
Тӏулг башош сингаттаме хир йара уьш. Къахетта цкъа мукъна а ас бохург дича, Хӏора а хир вара сан ойла гуш.

Могӏаршца ойланаш йийца со воьлча,
Сан къолам кехатца тарлуш ма бац.
Дог дуьллий кехатна гена со ваьлча, Ойланаш хьийзавеш, синтеме вац.

Сан къолам соьга ладугӏуш бац,
Бу-те и адамах къахетта сецна.
Сан цӀийзар адамашна оьшуш ма дац, Къоламан аьрхаллех хӀинца со кхетта.

Странник

23 Oct, 02:46


порой так важно, чтобы рядом были люди, которые направляют и мотивируют тебя на благое)

Странник

23 Oct, 02:41


Я чувствую как отдаляюсь от Аллаха...
И какими же отчаянными и серыми бывают те дни, когда ты забываешь Своего Господа, намазы которые ты совершал так искренне, стали для тебя просто фардом, которые ты обязан совершать.
Ты уже не видишь ценности в сунна намазах, ты не видишь ценности в тахаджудах, потому что дунья отвлекла тебя.
Ты не испытываешь те эмоции при прослушивании аятах, когда дрожь проходила по твоему телу до самых кончиков пальцев.
Ты стал совсем другим! Твои ночи стали проходить в соцсетях, а не в поклонении.
Твой язык стал поминать других, вместо Аллаха.
Твои мысли заняты мирским, деньгами, а не религией.

Ты уже не в поисках знаний, ты в поиске денег, искушений, ты постепенно падаешь в фитну.
Ты постепенно забываешь Аллаха.
Ты забываешь для чего жил.
Ты забываешь о смерти.
И так постепенно черствеет сердце, обольщенная этим миром.
И мы становимся теми, про которых Аллах сказал:
«Забыли они Аллаха,и Он забыл о них..»

Странник

17 Oct, 08:58


Дуккха чолхе хаттарш дара цуьнан кийрахь кхиъна, амма цхьанна а адамийн бӏаьргаш чохь царна жоп ца хаалора цунна

Странник

16 Oct, 20:31


Бакъдолуш, шен маьӏан а дайна
дахар саца ма сецна

Странник

16 Oct, 15:52


ХӀай дӀавоьдуг, Делаца дуй ма буу аса, Аса виц вийра ма вац хьо, Хьо ма ву сан кийрахь вехара верг...

Странник

16 Oct, 01:50


КЪАРВЕЛЧА,
дӏа ма долу дуьне,
дуьне доха ма духу тӏаккха...

Странник

16 Oct, 00:55


Тоьара дац тӀаккха
дерриг де дуьненна делча?
Бодано лаьцча мукъна а верза
хьой кхиош, кхобуш волчу хьай Деле

Странник

15 Oct, 16:45


Сан хьоме йиша, хьо Аллахӏан дуьхьа
дукха йезаш хьехар до аса хьоьга.
Харжам бан сих лой гӀалат ма йалалахь.
Ма боккха эшам бу Аллахӏах кхоьруш стаг хьуна уллехь ца хилар. Айхьа бечу некъахь хьуо хира ю хьо, цул совнах цу некъара хьо юха йаккха гlертарш а хира бу хьан шортта.Тӏаккха оьшу накъост, тӏаккха тосу са хан йуха йало, хlинца долчу хьекъалца дависа цу хене кхача олий. Амма и са тийсар а хуьлий дуьса, дlа дахнарг юха ца дoгlу дера. Хlун до адмах уллехь, зиэ дан бен и ца хилча? Аллахlе верзош хьо ца хилча, ша а Цуьнна генахь хилча?! Тахана дуьненахь ца болу пайда, кхана а бера бац. Хьо и кхето-м хьожа, амма цхьа а ца вола нийсачу некъа, Аллахlа ваьккхинарг воцург. Аллахlана гена ваьлларг, Цуьнах хер велла герга хила са ца туьйсург, кхетац ахьа дуьйцучух, и дерриг а хийра ду цуьнна.

Аллахlax ца кхоьручух накъост ца хилар ахьа диц ма де. Даим Аллахӏе доьхучех хила хьо, Цуо жоп лура ду хьуна, хьо собаре хилча...

Странник

15 Oct, 01:47


Уьш йуха ма ца боьвлира «Робби, Робби, Робби» бохуш Делега кхайкхарца Аллахӏа шайн доӏанна жоп даллалца...

Странник

14 Oct, 16:45


Хьуна цкъа а дагадогӏар дац,
суна цкъа а дицлур дац...

Странник

14 Oct, 06:52


Если не работает тг без впн включите сервер

https://mtproto.ru/

Странник

14 Oct, 01:22


Буьйсанна наб йайна синтем боцуш, хьо хьайн висча, ма дукх ойланаш оьха коьртан чу, тайп-тайпана хулу-кх уьш. Дохко вийларш, хилла хаза хетарш, хала хетарш, дӏайахан хаз хенаш. Тӏаккха кхин дӏа хьой мел вехар ву ца хууш, ахь йо гӏайгӏа, цу массо хӏумане диллича ӏожалле кхочуш, цулла чӏогӏа кхоьруш хӏумма ца кара до-кх суна. Са валар муха хира ду те? Аллахӏ реза волуш хира дуй те? Аллахӏан доьхьал хӏотта йуьхь йуй те сан? Мел дукха гулло и хаттарш валар дага деача, хал дукх...

Странник

13 Oct, 14:54


АС ВИЦ ЦА ВО

Цхьана дийнахь сан боданехь суна серло йелларг, йа со велвалийтнарг сан йуьхь кхоьлина йолуш.
Деноша, меттиго вай къастийнехь а, дегнаш тоьшалла деш ду-кх. Йисте кхачарах охьавожа герга ваханчунна кховдийна долу
ДОГА А, КУЬГ А ЦКЪА ДИЦ ДЕШ ДАЦ

Странник

13 Oct, 01:19


5 бутт .. .....🌙

Странник

12 Oct, 19:05


Ма сиха къанло вай
Ма кlеззиг деха,
Йа чомахь ца йоккху
И йоца хан…

Странник

12 Oct, 01:18


Буьйсанан кӀоргенехь АллахӀе доӀанаш де, Ӏуьйранна караматашна кийча хила.