Серлонан тоба @serlonan_toba Channel on Telegram

Серлонан тоба

@serlonan_toba


@Serlonan_toba_bot

Серлонан тоба (Russian)

Серлонан тоба - это удивительный и уникальный Telegram канал, который приглашает вас в мир магии и тайн. Здесь вы найдете самые захватывающие и загадочные истории, о которых раньше вы, возможно, даже не слышали. @serlonan_toba - это ваш путеводитель в мире фантастики, где каждая новая публикация оставляет вас в нетерпении ждать следующей. Он погружает вас в волшебную атмосферу и не отпускает до самого конца. Если вы любите загадки, тайны и неизведанные уголки мира, то этот канал именно для вас. Присоединяйтесь к @Serlonan_toba_bot и погрузитесь в увлекательный мир мистики и приключений. Не упустите возможность стать частью этого уникального сообщества и открыть для себя что-то новое каждый день!

Серлонан тоба

20 Nov, 09:31


🔴👆👆👆👆👆     👆👆👆👆🔴

🔵Шайх Вахьидан🔵 куьйгаллица йолчу «Ӏакъидатан Академехь» долош керла дешархой схьаэцар ду.

Дешаран йиъ курс ю, шина шаран ду дешар.

Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу йиъ курсехь.

Йиъ курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.

Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу хӀара цу кепара.

Дешарна дӀа кхузахь ➡️ https://forms.gle/fVWsLmRbHxa1eLKZ7 вазло, 29-гӀа жумадал-ула 1446 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 01.12.2024 кхаччалц.

Хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, курс чекх яьлла керла курс йолалуш бен.

😌☺️😌😉😛😉😌   😌😚😌😉😌

✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.

✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.

✔️Экзамен чекхъяла 50 сов бал яккха еза.

✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.

Дешаран денош:

👆Оршот-де.
👆Шинара-де.
👆Кхаара-де.
👆Еара-де.

Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.

Дарсан хан: 1-2 сахьт.

Академин дешар дӀадолалур ду: 01.12.2024.

✈️Академин хьоста
https://t.me/Akidatan_Akademi_2

Серлонан тоба

18 Nov, 18:48


https://t.me/Takfirrr/302

Серлонан тоба

17 Nov, 10:46


Я Аллахӏ, со массо а питанах ларве Ахь, и питана сайх хьакхадаларх а, я со цу питана улле вахарх а, я и сайна улле дарах а, иштта цунна тӀе вуьгучу массо а некъах ларве Ахь со!

Серлонан тоба

16 Nov, 14:09


Цхьаболу бусалба нах хуьлу кхаба ма-беззара мархийн бутт кхаба лууш, дала ма-дезза цуьнан хьакъ дlадала лууш, делахь шена хlун дан деза ца хаарна, и дан ницкъ ца кхочий и мархийн бутт тlехболу цуьнан. Цундела, дала ма-дезза цуьнан хьакъ дlадала хьо лууш велахь, къемат-дийнахь дохковийла, хьайна дагахьбаллам ца бита хьо лууш велахь, цу мархийн баттана и тlекхачале хьалха кечам бан безаш бу. Хийлаза дукха нах гина вайна, мархийн бутт тlебале ойла йолуш, ша хlокху мархийн баттахь хlоккхул Къуръан доьшур ду, хlоккхул Дела хьахор ву, маьждиг чохь ламаз лардеш, буьйсанна тахlажжудан гlуьттуш къахьоьгур ду ша бохуш шен дагчохь ойла йолуш, амма мархийн бутт тlекхаьчча царех цхьа а хlума дан хlара лара а ца веш, царех цхьа хlума дан хlара вола а валале дийнна мархийн бутт тlехболу цуьнан. Бахьана хlун ду?! Бахьана цо хьалххе кечам ца бар ду. Дийнна шарахь ша ца динарг цхьана баттахь дан и гlортар ду. Цхьайтта беттан чохь ша ца динарг стаге дlа а хlоьттина цхьана баттахь далур ма дац. Цундела ша баккъалла а цу мархийн беттан хьакъ дала ма-деззара дlадала лууш ша велахь, баккха ма-беззара и мархийн бутт баккха лууш ша велахь, цуьнан чам кхета шен дагна ша лууш велахь, цо цунна кечам хьалххе бан безаш бу. Мархийн бутт тlе а бале бан безаш бу цо кечам. Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) ша Пайхамар воллушехь беш хилла мархийн бутт тlе а бале цунна кечам, цо кечам ца бича а цуьнан дерриг дахар и мархийн бутт санна шен долушшехь, тlаккха а мархийн бутт тlебогlуш цуьнан кечам беш хилла! Муха беш хилла?! Мархийн баттал хьалхара болу Шаlбан баттахь дерриг аьлча санна цу баттахь марханаш кхобуш хилла.

@adlan_haracho

Серлонан тоба

14 Nov, 21:17


https://www.instagram.com/m_tamaskhanov/live/17945037707910696?igsh=eWY2ZjF3YTRiYTU0

Серлонан тоба

14 Nov, 21:17


ЛадогӀа, бакъо билгалъяккхарца а, цу бакъонна гӀо дарца а доӀанаш а де ладугӀушшехь!

Серлонан тоба

11 Nov, 19:28


Кӏант кхоччуш хьала кхиийта цуьнга хӏара леладайта:

1) динан ӏилма ӏамадайта, итт шо кхаччалца(йа къуръан дагахь ӏаммалц) ӏарбо мотт ца хьехча а дац хӏумма. динан ӏилмано са, кхетам а, дог а кхиадо.
2) ишколехь дика дешийта цуьнга къаьсттана математика, цо хьекъал кхиадо. Книгаш йешар марза де цунна, цхьа интересны книгаш йовзийта цунна, мукъа хенахь йешийта.
3) Лата ӏама дӏа вала веза иза, цо могуш, майра, онда а кхуьуйтур ву иза инша Аллахӏ.
4) нека дан ӏама де цунна, хих озалуш ца хилар майралла сов йоккхуш ду, пехаш дика хир ду, дегӏ онда а, майра а кхуьур ву инша Аллахӏ.

Серлонан тоба

07 Nov, 22:45


https://youtu.be/XqQeDp4BkPg?si=Bqh9HsBzR9cBZF9o

Серлонан тоба

06 Nov, 19:54


👆👆👆👆👆👆👆

                 👆👆👆👆👆👆👆

🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат!

🔺Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран а, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду.

😌😉😛😌😉😌     😌😚😌😉😌

✔️Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю, экзаменехь лаххара 50 балл яьккхинчунна.

📆Дарс хIора дийнахь хир ду.

🔘Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 хир ю.

✔️ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду.

✔️Деккъа мутаIеламашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхIара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг а девзур ду.

🔊Дарсе юкъавеъначо дан дезарг:

🎙Эфирехь ладогӀар, эфирехь доцуш, вуьштта дарс чудиллича ладоьгӀначун юкъарадаьлла лоруш ду, амма шена пайдана ладугӀур ду.

📝Ца хезаш юкъарадаьлларг дӀаяздар.

🔴Юкъарадаьлларг дӀаяздеш билгал иштта дийр ду:

📖Дарсехь жайни тӀе хьожуш ладугӀуш волчо шена ца хезначу хьадисан лоьмар билгалйийр ю, ца хезнарг хӀокху лоьмарца долу хьадис ду, я ах хьадис ду олуш.

🤎Ткъа жайни тӀе хьожуш воцуш ладугӀуш волчо шен юкъараюьйлуш йолу миноташ дӀаязйийр ю.

Юкъарадаьлларг дийнна дарс делахь, цхьа дарс юкъарадаьлла олуш билгалдийр ду.

Амма массех дош делахь ца хезнарг, я иштта секундаш елахь юкъараевларш, уьш язъян ца оьшу.

И дерриге оьшур ду, дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIерш схьайохкуьйтучу хенахь, шен юкъарадевлларш ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама.

🔔Жайна дIадолор ду: 11.11.2024 ш

💬Дарс кху хьостан чохь хир ду👆
https://t.me/Hadisash_Live

Серлонан тоба

06 Nov, 05:11


«Аса Къуръан мел доьшу а, сайна дарба хуьлуш хаалора суна, амма со Къуръанах гена ваьлча, сан цамгарш йухайоьрзура соьга.»

Иброхӏим ас-Сакрáн

Серлонан тоба

05 Nov, 21:07


Цхьаболчу салафаша олуш хилла: «Аса сайн Къуръан дешаран барам сов мел боккху а, сан дахарехь беркат совдолуш хаалора суна»

Серлонан тоба

02 Nov, 20:34


«Бакъонна тIаьхьаваза атта ду, нах цу бакъонна тIебирзинчу хенахь. Амма, цу бакъонна тIехь латта хала ду, нах цу бакъонах дIабирзинчу хенахь».

اتباع الحق سهل عند إقبال الناس عليه، ولكن الثبات عليه صعب عند إدبار الناس عنه.

Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий

~~~~
Я АллахI! Хьайн дин тIехь чIагIве Ахь со.

Серлонан тоба

27 Oct, 23:16


Бакъволу нохчочуьнга тӀейохам лура яц! Хьайн дай, наной, вежарий-йижарий байъинчу неха духар доьхна хьо муха лела? Йа цера байракх ахь муха ойбу?

Серлонан тоба

27 Oct, 23:03


Бакъйолу сийлалла Къуръанаца ю!

Серлонан тоба

27 Oct, 23:01


https://t.me/tolamanneq

Серлонан тоба

21 Oct, 15:36


ГIаззехь, четаршна юккъехь даггара доьшу аяташ!

Серлонан тоба

21 Oct, 15:36


تلاوة أحد الإخوة من وسط الخيام والحصار في غزة.

Серлонан тоба

19 Oct, 14:16


Палестинан куьйгалхо Яхья Синвар кхелхина.

АллахӀан мостагӀашца тӀом бинчул тӀаьхьа цунах хӀун хилла хьовсуш чу дрон дахийтина, мел паргӀат сихха чоьхьадолу и дрон, царна гергахь кхелхина Ӏуьллуш, я цхьанхьа лечкъина хила везаш вара и, делахь а, шен хилла чевнаш йоллушехь къонах воьхна вац, гӀанта тӀехь хиина Ӏаш ву паччахь ма-Ӏарра, мостагӀчунна ша мила ву гойтуш санна! Иштта и хиина Ӏаш шайна гича дрон мел сиха соцу чан а йоккхуш.

Цул тӀаьхьа чу даккхий герзаш а диттина декъала хилла и. Цуьнан декъала хилар гуш ду, цо тӀаьххьара кхуссуш долу герз жихӀад долалуш шайгахь хилла долу герз ду.

Дала хӀокху аятехь боху, цхьаберш хьоьжуш Ӏаш бу, Яхья Синвар шен гӀанта тӀехь хьоьжуш Ӏаш ву, Дала мукъ лахь.

Аллахӏа шахӏидийн даржехь войла и!

https://t.me/Ramzan_Gendargno

Серлонан тоба

18 Oct, 08:38


«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».

[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]

«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».

[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

Серлонан тоба

18 Oct, 08:38


اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد

Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

Серлонан тоба

18 Oct, 08:37


ГIайгIа дIаяларан а, къиношна гечдаран а бахьанех ду пайхамарна ﷺ салаваташ дахкар. Ткъа пIераскан дийнахь дехкина салаватийн асар кхин а чIогIа ю. Пайхамара ﷺ шена салаваташ дохкуш волчунах лаьцна аьлла: "ГIайгIанах а кIелхьаравоккхур ву хьо, хьан къиношна а гечдийра ду".

Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Серлонан тоба

17 Oct, 23:08


https://youtu.be/6hW3-8lcQbo?si=FOs8UV9P6nTUakAb

Серлонан тоба

17 Oct, 23:00


Хьан рицкъ дӀаяздина ду

Серлонан тоба

17 Oct, 22:56


РИЦКЪ СОВДОККХУ БАХЬАНАШ:

1) ДоIа дар.
2) АллахIах кхерар.
3) АллахIе гечдар дехар.
4) АллахIан баркалла алар.
5) СагIийна хIума ялар.
6) Эхартан дукха ойла яр.
7) Гергарчаьрга ламаз де алар.
8) Гергарлонаш лелор.

Шайх Iабдул-Iазийз ас-Садхьан.

Серлонан тоба

17 Oct, 22:54


АллахIана тlе боьду некъ беха бу!
Вай цу тIехь уьнтIапхьид санна доьлхуш ду!
Вайн Iалашо яц цу некъан чаккхене кхача.
Делахь а, вайн Iалашо - цу некъа тIехь долуш кхалхар ю!

Шайх Албаний

Серлонан тоба

17 Oct, 21:58


Шайн берашна чудилла хӀара!

Серлонан тоба

17 Oct, 21:54


Говорите только правду!

Серлонан тоба

17 Oct, 21:30


Фарукъа боху:
Тахана Къуръан ца дешна аса АллахӀах эхь дукх и, хьуна хети АллахӀах эхь боху соьга?
5 шо долу Фарукъ дийна дийнахь Къуръан ца дешна АллахӀах эхь хеташ варкх.

Серлонан тоба

17 Oct, 21:30


Дуьххьара ала луург даиманна вовше кӀеда мерза хилара, адманна ахь хала хетара динехь и цу сохьтехь къинтӀера даккхар, дӀа ца теттара, кхи ца га ма мега шу.

АллахӀа адманна луш  ниӀмат ду аьлла хета суна, адам къинтӀера даккхар сихо яра, хьан бехка бацахь а, хӀунда аьлча хьаьнга хьаьнга далуш хӀума дац и, ахь и адам къинтӀера даккхар.

Уггаре хьалха вайна хаадезарг х1ара дуьне баланан, зеран х1усам хилар ду, Дала бес-бесара халонашца зоь вай, вай цадезаш цазоь, амма вай Шена дезарна зоь, Далла вайна ялсманех уггаре диканаг яла лаьа, амма вайн 1амалш к1езга хуьла, къинош дукха хуьла, т1аккха Дала вай зерца вайн къинош д1адоха, цу къинойха вай ц1андо. Нахах уггаре ч1ог1а зуьйш берш пайхмараш бу, т1аккха царах тера берш бу, иштта х1ора шен иймане хьаьжжана зоь Дала. 

Шозлаг1а  муъмин стаган мел хуьлаш долу х1ума цунна дика ду, шега дика кхаьчча Далла хастам бо цо, шега бала кхаьчча собаре хуьла иза, т1аккха шинне хьоьлехь цунна ял хуьла.

Кхозлаг1а шега цхьа бала кхаьчча стаг нахехь долчу баланашка хьажа веза, т1аккха нахех кхин даккхай баланаш карора ду цунна, собаре хилла атта хир ду цунна.

Деълог1а массо балан т1аьхьа парг1ато ю, массо халонца парг1ато ю, даима лаьтташ цхьа хьал дац.
Аллах1 вайна во луаш вац, мухле вайна дика луаш ву, Цо вайна бина харжам, вай ваьшна бечу харжамал а г1оле бу.

ПхиолгӀа дерг
АллахӀа цхьа зер тӀе тосу адманна, хьо хаза паргӀат вехаш волуш ца моьттучу дийнахь, хьуна хаьа хьо даимна иштта вехара воцийла, хьан ойланехь долуш я АллахӀ хӀу кечдинакх ахь хӀинца бохуш коьртехь ойла йолуш, муьлха зер кхачахь собаре ве ахь бохуш доӀанаш деш волуш, цӀеххьана зер кхочу хьоьга, дуьххьара чӀогӀа хала долуш, амма коьртехь хӀара аяташ долуш
"Халонна тIаьхьа АллахIа атто хуьлуьйтур ю» (65: 7).
И аяташ дойзаш ду хьуна, амма хьайга бала кхаьчча цу аятах тешара сов долу хьан, АллахӀан тӀе болх биллар сов долу хьан, делахь хала хуьлу массо агӀора хала хетарш хуьлу цхьа АллахӀ вуьсу хьан, цхьа АллахӀан го хьо, АллахӀа шенарг бен неӀ ца юьту хьуна, хьуна уллера адмашкара цхьана хьан балана тӀе хала хетарш хуьлуш, Цу хенахь хуьлуш йолу марзо ахь цхьанна хӀуманца хуьйцура яц, АллахӀа шенарг бен неӀ ца юьтуш хьуна, цхьа АллахӀ бен кхеташ вац хьан хьолах, тӀаккха цуьнга воьрзу хьо кхиъ чӀогӀа.
ТӀаккха дагана паргӀато йоху хьуна, воьлху хьо хьайгара бала балхош, амма дог ирсе долуш.
Юха хьай дахаран ойла йо ахь, делчунна хастам ма бора, и дӀадаларна кхоьруш, хӀара ерриг неӀарш дӀа хӀунда къойлина те, уггаре дукх дезаш кхаъ хӀумнашах хӀунда ваьккхина те, ма хала дукх тӀек тӀекал кхаъ хӀуманах валара, уггаре дӀаэцарна кхоьруш лара динарг дӀа хӀунда эцна те бохуш АллахӀе дуьйцуш, хьо дӀа хьаьжча и хӀума хилийта цхьа некъ цагуш, делахь тӀехула волу АллахӀан гуш дукх и дерриге олуш цунна тӀе болх буьллуш денош дӀаоьхуш.
ТӀаккха хьуна ца моьттуш меттера АллахӀа цхьа неӀ схьа йоьллуш, хьуна дага ца деъна, ахь цу агӀора са ца тесна меттера хьуна гӀо хуьлуш, Яя Робб царна ма ца хаьара хӀумма, амма АллахӀан ма хаьара и берриге бала цуьнга ма балхийнера, ткъа АллахӀа царгхула гӀо ма даитара.
Иштта схьа йиллира Ӏилма Ӏаморан а, Къуръан дӀахьехаран а ши неӀ, гергга юкх и сан кхозлагӀа неӀ схьа яьлла доӀа доккха герза дукх доӀанаш оьшукх шу.


ВаллахӀи хьуна дукх дезаш долу хӀумнашах хьо валар, хьуна пайде ма ду, АллахӀа диканна бен деш ма дац иза, хала хуьлу хаьа вайн даимна дӀа ца дахьло кӀадло гӀелло амма АллахӀа хьуна и деллакх хьуна диканна дукх и, хьай дахар хьо лист воьлча ахь цхьана хенахь дина доӀанашна жоп хуьлуш кардо хьуна.


Хьоьга АллахӀера паргӀато йогӀар ю хьуна, хьан деношкара халонаш йиц а йойтуш..

Серлонан тоба

17 Oct, 21:15


«Баккъалла а, АллахӀан гӀо герга ду шуна!»

Серлонан тоба

17 Oct, 21:15


Баккъалла сингаттаме вуьгу, цхьана хенахь дукха хаза, говза дин даржорехь къахьоьгуш хилла болу цхьадолу хьостанши долахой, хӀинца болх барехь, пайден дерг даржорехь, гӀелбаларан...

Нисса шо хьалха, хӀо телеграм чу мел волу, хӀора хьостичохь гора, дукха чу диллина пайден дерг, ткъа хӀинца, чу валаз ши-кхо сахьта даьлча а, хьостанш даьсса го, чу йиллина хӀумма ца го, хала хета хӀара сурт гуш..

Хен йахалац дин даржорехь беш болу болх сов бала безаш бу,
Хен йохалац хаамаш сов бовла безаш бу,
Хен йахалац хьекъал-хьикмат сов дала дезаш ду,
Хен йахалац лаамаш сийлахь берш хила безаш бу,
Хен йахалац хьо хьайн лааман, Ӏалашон герга ваха везаш ву!

Хьостан чу дилла (йа кхин муьлхха интернет гӀирс) пайден дерг дац ала йиш яц вай!

Хьо жайнан юккъера йозанаш даржо лууш валахь, амма иза мичар схьаэца ца хууш валахь, соьга язйе, аса йоуьйтур ю хьуна.
Хьо жайнан юккъера суьрти кепехь пайден дерг даржо лууш валахь, амма иза мичара схьаэца ца хаахь, соьга язйе, аса йоуьйтур ю хьуна.
Хьо жайнеш хьоьхуш цхьа агӀо лоьхуш валахь, соьга язйе аса йоуьйтур ю хьуна,
Хьо жайнеш гочдина зорбане даха лууш валахь, соьга язйе аса йоуьйтур ю хьуна.

Хьо мичча ваьлча а, хьан дан хӀума ду, даржо хӀума ду, дийца хӀума ду!

Аса йоуьйтур ю алар, иза дашан аьлла дац шуна! ГӀо оьшург зӀене ваьлча гӀо дийра ду, даржо пайден дерг дӀакхачор ду 👉 @Dottag_bot

Серлонан тоба

13 Oct, 15:45


🔉Маьждигера сират дарс