SUNNA_HEHAM @sunnaheham Channel on Telegram

SUNNA_HEHAM

@sunnaheham


Бисмиллахl

ХIокху чуьра шайна луург схьаэца бакъо ю шун, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна.

@sunna_heham_bot

Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна иншá Аллахl

SUNNA_HEHAM (Chechen)

Welcome to SUNNA_HEHAM! This Telegram channel, with the username @sunnaheham, is dedicated to sharing insightful and motivational content in the Chechen language. The title, which translates to 'SUNNA_HEHAM' in English, reflects the channel's focus on spreading positivity and inspiration among its followers. Whether you're seeking daily affirmations, religious teachings, or words of encouragement, SUNNA_HEHAM has something for everyone.

The channel also features a bot, @sunna_heham_bot, that provides interactive content and quizzes to engage with the audience. Join a community of like-minded individuals who strive to better themselves and connect with the teachings of Allah. Embrace the wisdom and guidance offered on SUNNA_HEHAM to uplift your spirits and find solace in the words of the Chechen language.

Don't miss out on the opportunity to be a part of this uplifting and motivational channel! Follow @sunnaheham on Telegram today and embark on a journey of self-discovery and enlightenment. Let the teachings of SUNNA_HEHAM inspire you to live a more fulfilling and purposeful life. Join us as we spread positivity and wisdom in the Chechen language. Alhamdulillah!

SUNNA_HEHAM

14 Feb, 13:59


Доӏанна жоп хуьлу хан йу

SUNNA_HEHAM

14 Feb, 02:45


«Шайтӏано со сийсара эша винехь а, тахана цуьнан букъ каггор ма бу аса тоба дарца а, хаза ӏибадат дарца а.»

Суфьан ас-Саврий

SUNNA_HEHAM

13 Feb, 22:41


Ханна жима хиларх а Шен динах кхета, цу некъахь къа хьега лиъначу Шен лайна ма хаза кхетам ло Дала. Уьш гича Аллахlе эхь хетарца воьрзу хьо, хьай дахаран, хена, къа хьегаран ойла йой.

Цаьргахула ма дика до Дала, уьш бовзар, гар, хазар – совгlат.

SUNNA_HEHAM

12 Feb, 21:32


Стаг шех терачуьнна тlе гlерташ хуьлу. Дика стаг дикачу нахана тlе гlерташ, цаьрца безам болуш хуьлу. Ткъа вон стаг, вочу нахах ветталуш, цаьрца самукъа дуьйлуш хуьлу.

SUNNA_HEHAM

12 Feb, 21:29


«Адам ирсе деш кхо хӀума ду - царах ю дика хӀусамнана».

SUNNA_HEHAM

12 Feb, 07:50


«АллахIа хьуна яздинарг, кхаччане а кхечуьнга кхача йиш йолуш дац хьуна. Цундела, са а ца гатдеш, велакъажа жимма».

SUNNA_HEHAM

11 Feb, 06:54


Духьа ламаз дан диц ма делахь!

SUNNA_HEHAM

08 Feb, 01:52


Аллахlе хьайн балхо бала а болуш, вижина хlунда lа хьо?

SUNNA_HEHAM

08 Feb, 01:48


«ДоӀа стиглана а, латтана а юккъахь сацош ду, цунах хӀумма а стигала хьала ца доьду ахьа (доӀанна юкъахь) Элчанна ﷺ салават диллалца.»

© Ӏумар ибн аль-ХаттӀаб

SUNNA_HEHAM

06 Feb, 15:35


«Хӏай ийман диллинарш, шаьш дийра доцург хӏунда дуьйцу аша?»

[ас-софф: 2]

SUNNA_HEHAM

04 Feb, 01:10


[Массарна а хууш, амма сих-сиха дагадаийта дезарг]

Ибн Касира аьлла:

‏«وهو سبحانه وتعالى يسمع أصوات العباد كلهم برهم وفجرهم.»

«Цунна хезаш ду Шен массо а лайшан аьзнаш, царах дикачуьнан а, ӏесачуьнан а.»


«Тафсируль-Къуръаниль-ӏазыйм»

SUNNA_HEHAM

02 Feb, 18:48


«Шега кхаьчна бала Аллахӏ воцчуьнга балхийначунна Далла муьтӏахь хиларан марзо хаалур йац.»

Шакъикъ аль-Балхий

SUNNA_HEHAM

24 Jan, 03:42


Деши тӏехь бац-кх цун мах, хӏокху дуьнен чохь маьл долу дехний делчаъ, цун мах баллур боцуш оццал вез ву хьуна дик Доттагlа...

SUNNA_HEHAM

24 Jan, 03:35


Аллахlах кхера кхоьруш хьоьга дикнаг де бохуш волу Доттагlа деши мех ву хьуна

SUNNA_HEHAM

24 Jan, 03:33


Дик Доттагӏа хьуна уллехь хила хил, хьоьцани ӏе ӏийна, цунах хьой дӏакъестач бен хуар бац цун мах...

SUNNA_HEHAM

24 Jan, 03:31


Чӏогӏа коьрта ду хьан дик Доттагlа хилар, дик Доттагlа хьуна уллехь валахь, Аллахӏан хастам беш, Аллахlа хьайна делла долу ниӏматан хам белахь...

SUNNA_HEHAM

23 Jan, 00:32


«Буьйсанна тахӀаджуд ламаз дийра дац доьналла долуш, ладаме болчу наха бен.»
Ибн Раджаб

SUNNA_HEHAM

23 Jan, 00:20


«СинпаргӀатонан къайле буса деш долу тахӀаджуд ламазехь ю.»
Ибн Хьаджар

SUNNA_HEHAM

23 Jan, 00:15


«Буьйса (тахӀаджуд деш) денъйар йалсаманан охӀланан билгалонех ду.»
Ӏабдуль-Мухьсин аль-Къóсим

SUNNA_HEHAM

17 Jan, 22:41


Мила ву ткъа гатвеллачунна доlаннна жоп луш верг, цо Шега кхайкхича?

Сурат 27, аят 62

SUNNA_HEHAM

13 Jan, 22:42


«Хьайн жоп хье делла аьлла ма хетийла хьуна, ахьа къиношца массо а некъ дӏа ма къоьвлина цунна.»

Йахьйа ибн Муӏáз | «Хьилйатуль-Авлийáъ»

SUNNA_HEHAM

03 Jan, 20:27


«Йа Аллахӏ, со Хьоьх дӏаверзош верг Хьайна тӏеверзаве Ахьа!»

Ас-Сарий ас-Сакъатӏый

SUNNA_HEHAM

02 Jan, 00:36


«Ма кӏезга бу цӏена Аллахӏана доьхьа ӏамал йийриш, хӏунда аьлча дукхаха болу наханна шайн ӏамал гучайалар деза.»

Ибнуль-Джавзий

SUNNA_HEHAM

29 Dec, 20:02


Сан къайле цхьаьнга йийца ма ца йийцан аса, цуллатlаьхьа со дохко ваьлли бен, сай къайле хьулла ма ца йина ас цуллатlаьхьа суна и хьулйаргахь сан сий лардин гиний бен.

Хьай мостагlчух айхьа къайла хьуш дерг хьай доттагlчуна гуча ма даккха.

Муláвияхl ибн аби суфйан(رضي الله عنه)

SUNNA_HEHAM

28 Dec, 20:21


«Къинош дукха лета даро, аьтто кӏезга хуьлуьйту.»

Фудайл ибн ӏийáд | «Шуӏабуль-Ийман»

SUNNA_HEHAM

27 Dec, 12:57


Тахана доlийна жоп ло сахьт диц ма делахь!

SUNNA_HEHAM

27 Dec, 12:37


كل الأماني البعيدة بالدعاء تقترب

Хlора а генара сатийсам доlанца герга хуьла.

SUNNA_HEHAM

23 Dec, 14:31


Ша лоьхучуна мах хиийначунна, цуьнан дуьхьа ша хьоьгуш долу къа атта хира ду.

SUNNA_HEHAM

23 Dec, 04:30


Деле гечдар дехар дуккха мел хуьлу а, вайн ирсе хилар совдолу, вайн лаамаш кхочуш хуьлу. Ас доьху Хьоьга хlай сан Дела, сайна гечдар, со Хьоьга воьрзу тоба а деш.

SUNNA_HEHAM

23 Dec, 00:16


«Тхайн доӏанна жоп хилийта лиъча тхайн вежаршна а доӏанаш дора оха къайлаха.»

Суфьян ас-Саврий

SUNNA_HEHAM

23 Dec, 00:16


Аллахlан хьалха охьатаla, деха Цуьнга хьа дезарг.

SUNNA_HEHAM

23 Dec, 00:13


Аллахl виц ма велахь!

SUNNA_HEHAM

23 Dec, 00:13


Аллахlаца цхьана висинчу хенахь

SUNNA_HEHAM

18 Dec, 05:20


Шен де Къуръанца долийнарг ​​уггаре шуьйрачу неӀаршкахула АллахӀан къинхетамна юкъавоьду.

Хьайн денна Къуръанан дакъа ларде, хьайн фарз ламаз санна.

Цуьнга сатуьйсуш хила, иза кхочуш ца дарха ларло, хьай денна вирд лардича бен синтем ца хуьлаш.

Йа АллахӀ, хастам бу Хьуна, Къуръанца тха сийдарна!

SUNNA_HEHAM

14 Dec, 23:33


"Дегlехь ницкъ латточу а, мало дlайоккхучу а бахьанех ду, дlавуьжуш:

ткъе кхойттаза 33 «субхьаналлахl»,
ткъе кхойттаза 33 «алхьамдулиллахl»,
ткъе дейттаза 34 «Аллахlу акбар» алар".

SUNNA_HEHAM

14 Dec, 02:07


Буьйсанна [ӏуьйкъа-ла́мазна] гӏатта цуьнца [Къуръан дешарца] хьайна [диканехь] совво́луш. Хьан Да́ла хьо вилла тарло хастаме́чу метте.

Сура Аль-Исроъ, 79

SUNNA_HEHAM

08 Dec, 22:45


«Цхьанна а цхьа а хӏуманца марзо хаайелла ма йац ша цхьалха висана Аллахӏаца къамел дечунна санна.»

Муслим ибн Йасáр

SUNNA_HEHAM

08 Dec, 02:58


Ӏуьйра ламазан сам ца валар

Уггар чӀогӀа наб кхеташ верг а, уггар чӀогӀа хала самаволуш верг а кхана паччахьо Ӏуьйра-ламазан хенахь шена тӀе кхайкхича, ца вагӀахь ша дийр дерг аьлла кхерам тесна хилча, цхьа а вуьсур вацара вижина, ткъа берриг паччахьийн паччахь волчо кхайкхича дийшина хӀунда дуьсу вай?!

SUNNA_HEHAM

06 Dec, 22:30


Ялсамане чохь адам наб йийра йолуш дац, наб ца йахь а, наб йича самадаlар, иштта садеlан хира ду.

SUNNA_HEHAM

04 Dec, 22:47


إني وجدت راحة قلبي في مجالسة من لديه حاجتي

Сан деган синтем Аллахlаца цхьалха висича карийра суна.

SUNNA_HEHAM

01 Dec, 09:09


Стаганна суннат ду ше накъост гIайгIане шена гича, цуьнца къамел дар, цуьнан гIайгIа дlайоккхар йолуш, иза догдика вийра волуш, lумара аьлла: Пайхамар ﷺ велавийра волуш, цхьа хIума эра ма ду аса. [Шена иза ﷺ гIайгIане гича аьлла цо иза]

Ибн Хьажар | Фатхь Аль Барú

SUNNA_HEHAM

26 Nov, 12:45


.

SUNNA_HEHAM

22 Nov, 00:51


Аллахlан Элчанна дуккха салаваташ дахкаро рицкъ а, беркат а сов доккху, хьашташ кхача до, гатто а, гlайгlа а, бала а берриге дlаайбо, Аллахlан пурбанца. Дахка Делан Элчанна салаваташ!

اللهم صل على محمد وعلى آل محمد كما صليت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد وبارك على محمد وعلى آل محمد كما باركت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد

SUNNA_HEHAM

19 Nov, 06:30


Сайна луучунна ризкъан неlарш дlайоьлла аса, иштта сайна луучунна ризкъанца гатто йо аса.

Аллахlан (عز وجل) къамел.

SUNNA_HEHAM

19 Nov, 04:50


ХаттӀабан кӀант Ӏумара (АллахӀ реза хуьлда цунна) дийцина, АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «Аш била ма-беззара АллахӀана тӀе болх буьллуш белхьара, Цо шуна, олхазаршна санна рицкъ лур ма дара, Ӏуьйранна меца ара а довлий, сарахь дуьзна цӀадогӀуш долу.»

SUNNA_HEHAM

19 Nov, 04:35


Сийлахь-Везачу АллахӀа аьлла: «АллахӀана тӀе болх буьллучунна - И кхачаме ву!»

Оцу аято билгалдо: нагахь муьлхха а адам АллахӀа омра динарг деш, Цо цамагийначух ларлуш, АллахӀах кхерахь, Цунна АллахӀа муьлхха а гаттонера а, халонера а кӀелхьарволийла лур ю, рицкъ тӀедан бахьанаш нисдийра ду адман коьртехь а, дагахь а цахиллачура. АллахӀана тӀе болх биллиначунна, И кхачаме хир ву массо а сингаттамах а, гӀайгӀанах а и адам хьалхадаккха.

SUNNA_HEHAM

18 Nov, 21:28


Аллахlах кхера!

SUNNA_HEHAM

18 Nov, 21:28


Аллахlах кхоьрург нахана веза, царна шайна и мел ца лаахь а.

SUNNA_HEHAM

17 Nov, 23:00


Аллаxla хьуна доla дан дагатессехь, жоьпе хьоьжуш lелахь.

SUNNA_HEHAM

14 Nov, 21:20


Бакъволчу доттагӏчо вицвийр вац хьо шен доӏанашкахь….

SUNNA_HEHAM

13 Nov, 20:38


Хьуна доlа дан дагатеснехь - Аллахlана лиъна хьуна жоп дала!

SUNNA_HEHAM

13 Nov, 20:38


Аллахlе деха хьайн хьашташ! Шега дехнарг дала Комаьрша ву Иза!

SUNNA_HEHAM

13 Nov, 20:35


«Ша цхьалха висинчу хенахь Аллахlах кхерар - уггаре сийлахьчу белхех ду».

SUNNA_HEHAM

13 Nov, 20:32


Бераца муха хуьлу вай?! Иштта хила дезаш ду вай доlа дечу хенахь, ай, бери амал лело езаш ю Аллахlан хьалха.

SUNNA_HEHAM

13 Nov, 20:31


Хьай дolaн жоп лойла лаахь, сиха ца луш, чехка хlара доlа дина хьалгlотту со бохуш ойланаш ца еш, паргlат, сиха ца луш, жоп лура ду суна Аллахlа бохуш.

SUNNA_HEHAM

12 Nov, 07:45


Хlусамнанас кхочушдан дезарг:

1. Хlусам чохь цlано латтор, иштта шен хlусамден гlуллакхе хьажар, доьзална lуьналла дар, доьзал кхетош-кхиорехь къахьегар.
2. Хlусамда цlахь воцчу хенахь цунна ямарта ца хилар, вуьштта аьлча, тешаме хилар, бахам ларбар, шен а, шен хlусамден сий лардар.
3. Хlусамда воьдуш-вогlуш цунна елаелла-екхаелла дуьхьала ялар.
4. Хlусамдеца а, цуьнан гергарчу нахаца а лараме хилар.
5. Цо шега шеца хьанал йолчу юкъаметтигна хьашташ кхочушдан кхайкхича сихха жоп далар, цхьа бахьана шен дацахь.
6. Шен хlусамехь дерг ара ца даккхар.
7. Хlусамдена муьтlахь хилар Аллахlна lеса доцчуьнгахь.
8. Массо а хlума и реза волуш дар, вуьштта аьлча, цуьнан пурбанца бен харжаш ца яр, ара ца йийлар, цуьнан пурбанца бен цхьа а хlусаме ца валор.

SUNNA_HEHAM

12 Nov, 07:27


Хlусамдас кхочушдан деза хьакъ:

1. Уггар хьалха шен хlусамнанна а, доьзална а юучунна, молучунна, тlедухучунна сагатдеш хилар, оцу юккъадогlу урдона луш дерг.
2. Хlусамненаца хаза вахар, вуьштта аьлча, вела а велла, векха а велла хилар, цуьнгара хуьлучу цатамна сатухуш а, ловш а, собаре а хилар, дагадийтар зуда стенах кхоьллина.
3. Хlусамненан гергарчу нахаца ойхьаза ца вийлар, вуьштта аьлча лараме хилар.
4. Хlусамнанна динехь цахуург lамор, диканиг де олуш хилар, вониг lаддита олуш хилар, динехь мегарг магийтар, цуьнан ницкъ ца кхочург де бохуш хьийза ца яр.
5. Хlусамехь гlо оьшучу хенахь накъост хилар.
6. Хlусамненера цхьаъ даьлча доьзална а я кхечарна а хьалха сийсаза ца яр, оьзда доцчу къамелах ларвалар, къаьсттина юьхь ларъяр тохарх.
7. Хlусамненаца йолчу юкъаметтигахь хьарам долчух ларвалар.
8. Шен хlусамехь дерг ара ца даккхар.

SUNNA_HEHAM

12 Nov, 07:25


Лараме хlусамда а, хlусамнана а!

Ислам динехь доцца ца хиъча цадолург ду хlара шуьшинна.

Хlусамден хьакъ хlун ду, хlусамненан хьакъ хlун ду lама а дина ца лелийча хlусам ирсе хуьлуш яц. Цундела вай билгалдоккхур ду шинне а декхарш.

SUNNA_HEHAM

04 Nov, 23:13


Доlанаш къобалдийриг а, Шега кхайкхинчунна орцах волуш верг а, Шега доlа диначунна жоп луш верг а ву И (Аллахl).

SUNNA_HEHAM

03 Nov, 22:02


Соьх бахьана дина, Аллахl вуй-те, хьо Шега верзаван лиънарг?

SUNNA_HEHAM

03 Nov, 22:01


Аллахlе верза, хlай Аллахlан лай

SUNNA_HEHAM

02 Nov, 20:31


"Хьенех велла", "Минех дlа ваьлла", бохуш сих-сиха хеза вайна...

Иштта цхьана дийнахь вай а дирзина бакъ-дуьнене аьлла хабар дlаса гlура ду...

Хьекъале верг ву-кх ша новкъа валле хьалха цу новкъана дикка кечам бина новкъа волуш верг!

Валаро дукха безарш къасторан де гена дац-кх вайна!

Коьрта хаттар: Хlу lамал аьцна гlура ву со, Сийлахь волчу АллахIан дуьхьала?

SUNNA_HEHAM

02 Nov, 19:33


«Шен хьашташ Аллахlе деха лууш верг цкъа дуьххьара Пайхамарна (ﷺ) салават дилларца волалойла.

Тlаккха ша дехна ваьлча, иштта Пайхамарна (ﷺ) салават дилларца дерза а дойла-кх цо иза.

Аллахl тlех-сов комаьрша ву-кх цу шина салаватана юкъахь дерг духа ца тоха.»

© Абу Сулаймáн ад-Дáрáний (رحمه الله)

SUNNA_HEHAM

01 Nov, 21:16


Ахьа Шена дуьхьала цхьа гlулч йаккхаре хьоьжу И, хьуна дуьхьала итт йаккхархьама.

SUNNA_HEHAM

01 Nov, 21:15


Аллахl ву иза, И воцург кхин Дела вац. Цунна дукха веза хьо, хьо хьай дена-нанна везачулла алсам, иштта, Цо лар а во хьо, lалаш веш массо вуочух. Берриг ницкъ Шегахь берг ву Иза, хьуна дика лууш а ву. И хьоьжуш ву ахьа Шега дийцаре, хьайна гlо доьхуш Шега верзаре, гlо дийра ду Цо хьуна, нийса некъ гайтина, Цу тlе дlа хlоттора ву. Дерриг хаьаш ву Иза, Хезаш ву.

SUNNA_HEHAM

01 Nov, 21:12


Цунна хеза хьо, Цуьнца дага вàла, хьай дагца тешна хила И хьайца Ву але. Цуьн го хьо, иштта Цунна халонаш го хьан некъахь нислуш йолу. Хьан лазам хаъло Цуьнна, гlайгlа го веларца ахьа лечкъош йолу, И веккъа Цхьаъ ву хьуна гlо дан ницкъ болуш, гlо дан лууш, хьуна хlун лаьа хаьаш, иштта хьо лар веш а Ву Иза.

SUNNA_HEHAM

31 Oct, 21:24


Хастам Аллахlан бу-кха Шега дехар вайн дагчу дуьллуш волчу, ткъа цултlаьхьа вай дехнарг луш волчу.

SUNNA_HEHAM

30 Oct, 21:47


Аллахlа хьайна доlа дар деллехь, аса иштта Аллахlе деха деза-кх аьлла хьуна дага деънехь, хьуна хаийла, хьуна жоп дала лиъна Аллахlана!

SUNNA_HEHAM

30 Oct, 21:45


Аллахlа хьайна нехан сакхташ тlаьхьаваьлла лелар деллехь, хьуна хаийла, хьан сакхташ тlаьхьаваьлла лелаш кхинаг хира ву хьуна, иштта хьо сийсаз вина хьуна Аллахlа.

SUNNA_HEHAM

30 Oct, 21:42


فَٱذۡكُرُونِىٓ أَذۡكُرۡكُمۡ

Хьахаве́ Со, [тӏаккха] Аса шу́ а хьахор ду.

2:152

SUNNA_HEHAM

30 Oct, 21:40


Аллахla Ша хьехор хьуна деллехь, хьуна хаийла, хьо хьахо лиъна хьуна Аллахlана.

SUNNA_HEHAM

30 Oct, 21:39


Аллахlана гергахь хьан меттиг - ахь лелочуьнга хьаьжжина бу хьуна!

SUNNA_HEHAM

29 Oct, 19:48


«Хьасбуналлóxl ва ниlмаль-вакиль».

SUNNA_HEHAM

29 Oct, 09:31


Азанан къамата юккъахь доӏа делаш
Шайн лаахь со а шайн доӏанна юкъа лаца. Фардан хьалхар, тӏаьхьара суннаташ делаш

SUNNA_HEHAM

28 Oct, 21:21


Хьан даго ахь мел дика дича хьуна паргlато ца луш, " - Хlан-хlа, кlеззиг ду ахь динарг, кхин а даккхий белхаш дан деза ахь!", бохуш хьо тlе тоьттуш велахь, Аллахlаца лелош йолу совдегараллехь кхиамаш бина, эхартахь воккха хьолада хира ву хьоьх, Аллахlан къинхетамца.

SUNNA_HEHAM

27 Oct, 15:58


Аллахlана дукхавезаре кхаьчча, берриге наханна везало иза, иштта наханна юккъехь даржехь лакхаволу.

SUNNA_HEHAM

27 Oct, 09:16


Цхьана салафа аьлла:

Къуръан дешаран барам сов мел боккху а, хенан беркат совдолура сан.

SUNNA_HEHAM

26 Oct, 12:30


Бакъдолуш адамана тӏеӏаткъам хуьлу шен гонах, хьо совдегархошца цхьанаветталахь, совдегархо хила луур ду хьуна, Делах кхоьрачарах хьо ветталахь , уьш санна хила луур ду, ахьа хьо веттавалар Iесачу нахаца хилийтахь царах тера хилар дезар ду хьуна.
Го: иза кхераме, луьра анапал (проблема) ю, АллахIа аьлла: «хIай имайн дилланарш, АллахIах кхоьрийла шу!», цулла тIаьхьа [Дала] билгалдина [Шех] муха кхера веза [цулла тӏаьхьа Дала бах:]«бакълуьйчаьрца хилалаш!(١)
Дика нахаца хилара иза ша а ю дика Iамал.

© Шейх Йáсир Хьузаймий

SUNNA_HEHAM

20 Oct, 01:06


Кхин цхьанге хьашт воцуш Аллахlана тle тоьвжаш хила хьо, хьай белхаш Цуьн кара луш, дезарг Цуьнга доьхуш а хила хьо.

SUNNA_HEHAM

18 Oct, 22:06


Хьо дуьненан муьлхачу хlумaно lехийна, и сел дукха деза, Аллахlан гергахь дерг ахьа дlа тассал?

SUNNA_HEHAM

18 Oct, 13:09


Тахана хьай сатийсамаш белхабан виц ма лолахь!

SUNNA_HEHAM

16 Oct, 21:57


Аллахlах кхоьручунна муьлххачу а халачу киртигера кlелхьараволийла ло Цо, цунна ца моьттиначара рицкъа а ло. Аллахlана тlе болх буьллучунна – И кхачаме ву. Аллахlа дlадуьгу Шен гlуллакх [и] чекхдаллалц. Массо а хlуманна барам а хlоттийна Аллахlа.

(Ат-Тlалакх, 2-3)

SUNNA_HEHAM

16 Oct, 21:48


ХӀай сан доттагӀ, хьуна дуьнен баланаш уггаре а чӀагӀ деллачу хенахь, АллахӀер паргlато кхочур ю хьоьга, хьуна дагахь а ца хиллачу агӀора, массо а корехула шен диканаш чу а хьоькхуш.

SUNNA_HEHAM

16 Oct, 21:44


Хьо хьой висанчу хенахь хьайна тlехь къахьегнарг ву хьо!

SUNNA_HEHAM

16 Oct, 06:30


Шиъ ракаIат дӏадаьлча салам дала деза

SUNNA_HEHAM

16 Oct, 06:30


Шиъ ракаIат ши ламаз да деза
2+2=4

Цкъа дӏахӏоьттан диъ ракаIат дан ца мега.

SUNNA_HEHAM

16 Oct, 06:29


Диъ ракаlат духьа ламаз динчунна, кху денна Аллахlа массо хlуманна кхачам бийр бу Ша бохуш хилча, ма докх хlума ду иза Субхьаналлóxl!

SUNNA_HEHAM

15 Oct, 21:33


Аллахlе верза

SUNNA_HEHAM

14 Oct, 20:44


Наьl даима етташ хилча, дlа ца йоьллуш йуьтара ма яц, иштта Аллахlе даима кlорда ца деш, кlад ца луш доьхург жоп доцуш а вуьтур вац.

SUNNA_HEHAM

13 Oct, 16:50


Хьоьга болу бала мел боккха белахь, хьан сингаттам мел боккха белахь, хьан гӀуллакх мел доккха делахь а АллахӀа чекхдоккхур ду хьуна иза.