𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐 @so_icharkho Channel on Telegram

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

@so_icharkho


Сох юьсун йолу лар 👣

https://www.instagram.com/so_icharkho

Сох юьсун йолу лар (Kyrgyz)

Добро пожаловать в канал "Сох юьсун йолу лар"! Этот канал посвящен прекрасному и уникальному миру путешествий. Здесь вы найдете вдохновляющие фотографии, интересные истории и полезные советы о путешествиях по разным уголкам мира. Вступайте в наше сообщество и открывайте для себя новые места, знакомьтесь с культурой разных стран и делитесь своими собственными приключениями. Не упустите возможность увидеть мир глазами настоящих путешественников! Присоединяйтесь к нам прямо сейчас по ссылке: https://www.instagram.com/so_icharkho

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

14 Feb, 17:11


Хlетте а, бакъ ма ду, да къонах вара аьлла, йоlах бlаьрг бузо мегарг-м ца хиллера берриг а. Йоьlан дикалла ненехь лаха езаш хиллера, цуьнан ненаненехь я ворхl нана хийцаяллалц схьаеъначу зlенаца.

Бексултанов Муса

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

14 Feb, 16:54


Хlунда воьлу хьо, хоттур ду зудчо. Иштта воьлура со-м, эр ду ахь зудчуьнга. Хьуна дика хетар ду иза иштта йоьлуш, хьайна мегарг цунна мегаш, цо дерриг а хьайца доькъуш.

Бексултанов Муса

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

11 Feb, 08:25


цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта бохург хlара ду шуна, даима аша хьегош а хир ма дац.))

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

10 Feb, 16:29


дехьадовла
https://t.me/doanash

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

10 Feb, 15:51


Тамашена хlума ду, наха шайн берана сардам боьллича лалур дац цхьаьнге а, амма шаьш-шайн берашна сардамаш духку дайша-наноша, шаьш боьллина сардам Дала юхатухуш боцушшехь!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

09 Feb, 17:21


со жима йолуш тхан девешин берийн чlогlа дукха кубикаш яра, ткъа сан яцара цхьа а кубик.))

цаьрга яхча ловза лууш хуьлура со, амма церан кlентий кегий бара, цара, йохош, ловза ца вуьтура.

тlаккха суна сайн цlахь суо ловза кубикаш езара, цхьаммо новкъарло а ца еш.

нене деношкахь дийцича, цо боху ас цкъа а уьш эца ца аьллера.)) ас аьлла а дацара, суна кукал ца оьцуш туьканна тlехдовлуш дацара тхо, амма уьш эца аьлла дацара ас баккъал а.) хlетте а, хlинца а кхарах ловза лууш хуьлу-кх со, дог lаьбба доцуш.

#дагалецамаш

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

07 Feb, 15:07


Хьагl лелочунна дуьхьала хlун дан деза? Собар. Собарца кхачаво ахь иза.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

07 Feb, 14:42


Суна цхьа дарба карийна кху нехан хlуьмалгашна дуьхьал: бендацар…

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

03 Feb, 16:17


Абулбахтарий а, вайн блогерш а!

Telegram | Umma Life | YouTube | Instagram | Vk video

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

02 Feb, 14:14


Хlун деш ю хаьттича нанас, айса деш долу гlуллакхаш дуьйцуш: «Пхьегlаш юьлург латийна, хlуманаш юьттург а латийна…», - аьлла, со йолаелча, хlара сайн ватсап чуьра баба дагаеънера суна.)) Сан къамел хезча санна кечйина йолу.))

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

30 Jan, 08:44


Жималлехь бераш lамош къахьегначо, воккха хилча садоlур ду.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

28 Jan, 18:27


Шайна хезначунна уггар а чlогlа тlаьхьадозуш дерш бераш ду, шайн дегнаш экам хиларна шайна хезнарг цара дlахуду.

Турпалан кlант Фарукъ

🦋 https://t.me/berashna

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

20 Jan, 15:26


Къоьжачу вайн лаьмнийн
Дог кура баххьаш,
Вайн тогlеш,шовданаш,
Бlешерийн хьаннаш -
Дlаэца тахана
Хьайн дола ахь уьш,-
Дас,весет деш,хьуна
Йитина хазнаш.

Дlаэца ахь хlинца
Дайша шайн цlийца
Заманийн йохаллехь
Лардина латта.
Даймохк хьайн дlаэца,
Рагl хьан ю хlинца -
Ден весет кхочушдан,
Юкъ ехкий,гlатта.

Ларбе мохк,
Хазбе и,
Ца еш мало.
Тlаккха,хьайн весет деш,
Кlанте дlало.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

19 Jan, 10:11


Хlинца суна хlун лаьара хаьий хьуна? Хlумма а ца лаьара-кх. Хlинца сайна хlумма а цалаар ас дlа а лур дацара-кх хьалха сайна лууш мел хиллачух.

Хабаев Исмаlил

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

18 Jan, 16:19


Айхьа-хьо лараран лаккхара кеп ю - хьо, луьш, чуьраваларе нах хьоьжуш lачу хенахь, вист ца хуьлуш, сацар!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

18 Jan, 13:11


Хьо хила догIа санна: мичча а кхаьчча пайда бохьуш.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Jan, 06:07


Уггаре вон хlума - куралла ю, цул а вон хlума - де доцу куралла ю.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

15 Jan, 15:20


«Къа дац тlаккха цу нехан, - олура цо, - шайна вонна ала дош ца дуьтуш чекхбевллачу, цхьа ледара тlаьхье а кхиъна хlаллакьхилча».

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

15 Jan, 15:16


#Имам_Шафиlий

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

15 Jan, 11:25


«Мацаллина тоха са хир ду хьуна тхан, амма жоьжагlатина тоха са хир дац»

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

12 Jan, 19:29


Дlадеша, хьалавала… ялсаманехь хьан меттиг - ахь тlаьххьара аят дешначехь хир ю

Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цlарца!

Хlара агlо лерина ю вай кхоьллинчу АллахIан къамелана: вай кху чохь цхьаьна денна лаххара барам цхьацца аят дагахь lамош болх дlахьур бу.

Вай йоза а, аз а чухlоттор ду, цу тlера деша а доьшуш, юха ла а дугlуш, дагахь латто шуна атта хилийта.

Чудовла, шайна бевза-безарш а кхайкха.

t.me/Delan_dosh

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

11 Jan, 14:07


Малхбузен(западан) пачхьалкхаш йукх хlокху нахана зударийн бакъонаш хьоьхуш.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

05 Jan, 13:00


АллахIа тоьхначу дозанал дехьа - сийсазло бен яц!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

03 Jan, 06:16


АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Jan, 07:40


Имам Хьажар lаскъаланис (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху:

«Ражаб беттан хьокъехь даьхкина хьадисаш шина декъе декъалуш ду: цхьадерш даlиф (бух боцу) хьадисаш ду, вуьш мавдуl (Пайхамарна ♥️ тlекхоьллина) хьадисаш ду».

https://t.me/marhanash

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

31 Dec, 08:44


Киснахь сом доцуш вехаш хилира со,
Паччахь санна нахана тlех а волу со.

Имам Шафиlий , АллахIа къинхетам бойла цунах

t.me/baqderg

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

31 Dec, 05:03


31 ДЕКАБРЯ 1994 г.

t.me/baqderg

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

29 Dec, 14:03


ма бакъ дош аьлла-кх хlокху байтан дас

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

28 Dec, 17:16


Маржа-яl, сан хьоме Даймохк!
Сийдолу къежделла лаьмнаш!
Генарчу цу жимчу юьртахь
Даимна сан ойла лаьтта…

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

22 Dec, 19:13


6️⃣

Керла шо даздан а, адам цуьнца декъаладан а я «деккъа берийн самукъадаккха» а мегар дац! Цкъа делахь керста нехан дезде ду иза. Шолгlа - Аллахlана кlант вина де ду бохуш даздан долийна ду иза керстанаша! Цlена ву-кх И Аллахl цара тlекхуллучух! Ткъа кхера ца кхоьру хьо церан декъашхо хила?

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

19 Dec, 09:14


шайна эхь ца хетахь, шайна луург де!!!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Dec, 12:40


Фарукъа вайна дина совгlат

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

14 Dec, 04:04


ма дукха лайх левзи со сийсара, дlахахкалуш, схьахахкалуш... юкъ-кара сама а йолий, коре а хьодуш, лайн чим бужий-те тхайна хьажа..)) хаза хета шун мукъане самукъадаьлла.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

12 Dec, 18:06


Тоьхна ленаш я буржулш доццушехь, лаьцна lилний хьо цкъа а? Эчкан зlенашца хьо вихкина вацахь а, дагна хьан синпаргlато йоцчохь хьол воккха тутмакх вац-кх...

Некъ хьайниг харжалахь, варийлахь...

@so_icharkho

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

12 Dec, 15:47


Дакъаза ма вала хьо! Жималлехь хlоккхул бен lамал еш воцу, къанвелча хlун дан воллу хьо?

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

12 Dec, 01:26


амма со тlаьхьа кхийтира..

со Цунна герга мел хуьлу - сингаттам суна гена хиларх...

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

11 Dec, 18:41


*цуьнан ахча эцна туькана а яхана*

- хьажал ас хьуна хlун еъна 😎

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

11 Dec, 12:40


Садукъочу халоно хьо хьовзийча, гIайгIа-бала хьуна тIехь чIагIбелча, ахь дагадаийталахь хьайн комаьрша Дела хилар, къинхетаме волуш, сийлахь волуш хьайн Дела хилар, ахь Шега доьхучу хенахь Цунна хьан доIа хезаш хилар, ахь орца дехча Цо хьуна Шегара орца кхачош хилар!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

10 Dec, 10:18


Безам а, новкъарло а дагчохь гулделча,
Безам, ца ӏаш, дӏабоьдуш гина суна.

Имам Шафиlий, АллахIа къинхетам бойла цунах.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

10 Dec, 04:50


Я АллахI ! цу набахташчуьра гуча дуьйлаш дерш ма андай белхаш ду! Цу чохь хиллачах цхьамма боху: дийнахь цхьа бепиг кийсаг лора суна, цуьнах цхьа дакъа мукадехкашна дIалора аса, цаьрга со цаваита, уьш а меца дара.

Я АллахI чIир эца Ахь массо зуламхочуьнгара!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

09 Dec, 11:26


нагахь санна тахана айхьа бусалба динах цхьа пайде хlума нахана довзийтинехь - АллахIана хастам бе!

нагахь санна айхьа и ца динехь - ойла е, хlун бахьана ду-те Дала хьо цу атта а, йоле а болчу белхах юхатохаран?

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

08 Dec, 06:57


Я АллахI бIаьрга негIар тоххала йолчу ханчохь хьал хуьйца-кх Ахьа!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

08 Dec, 06:57


Дуьне мел ду дIасабахан хиллачаьрга кхайкхам бу "МАЬРША СИРИ МОХК ШУ ЛАРДЕШ БУ-КХ".

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

07 Dec, 17:35


Ша нахал тоьлла хета волавелларг уггаре а шена ледара хетачо юьхьlаьржа хlоттош ду кху дуьненан гlиллакх.

Обарг Зеламхех дагалецамаш

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

06 Dec, 12:11


шегахула алсам чу нах мел бевллачунна алсам ял хир ю - церан массеран статусех.)

ткъа нах чаккхе йоцуш бац, къаьсттина хlинца телеграм дукхачара дlаяьккхина, цундела хlора чуволу стаг вай къовса везаш хьал ду.))

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

06 Dec, 12:08




🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎


Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!

Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!

Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!

Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!

Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!

https://t.me/horadiynah

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

06 Dec, 11:05


АллахIа хьайна хаьржинарг цадезаш ма хила! Хьуна ца девзу Цо хаьржиначуьнгахь хьайна долу пайданаш!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

05 Dec, 18:17


Хаалаш, АллахIан динна билггала гlо хир долуш ду шуна! Делахь а, вай зуьш ду-кх, гlо дечарах хуьлу вай я ца хуьлу!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

04 Dec, 17:24


цхьа а воцу аре ма хаза хуьлу

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

04 Dec, 12:01


Ахь ала: «Со реза ву сайн Далла! Хlара Цо суна хила яздинарг ду!»

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

03 Dec, 12:41


Цхьа а дика дац зударийн гуламашкахь шен цlийнда бех а вой (вон агlора вуьйций), ма-дарра цуьнан сакхташ хьеха а дой, шен хlусамера къайленаш яржа а йой, юха, гулам дlабирзича, цуьнан хlусаман тхов кlелахь дlайижа а, цуьнан кхача баа а цlайоьрзуш йолчу зудчуьнгахь, и цlийнда хилча бен кхерамазаллехь ца хуьлуш йолу. Иштта ду хlусамден хьокъехь а.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

02 Dec, 16:23


мичара ду, хьан аьлла ду, цхьа а хlума ца хаьа.) доттагlчо сурт даийтинера, цу тlера схьаяздина

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

02 Dec, 16:23


«Билал!» - бохуш мохь беттара, кевнах чоьхьа а ваьлла, лулара Ислама.

Ара а хьаьжна, Жавзанас, Билалан хlусамнанас, хаьттира: «Хlун оьшура хьуна, Ислам?»

- Жавзана, де дика хуьйла хьан! Лом ⛏️ дезара суна!

- Лом 🦁 сагlане дахана, цlахь дац, эцца тlехьа пенах товжийна лаьтташ цхьа эчиг-м ю езахь!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

28 Nov, 19:41


ХIара дерриг дуьне, шен юьххьера чаккхене кхаччалц, наб еш волчу стагах тера ду, гIенах шена дезарг гуш волу, цул тIаьхьа сама а волуш.

Хьасан Ал-Басрий (АллахIа къинхетам бойла цунах)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

28 Nov, 19:34


Суннат лардарца омра дар а, бидIат ма де алар а - дика де, вон ма де алар ду, ткъа иза уггаре а дикачу Iамалех ю.

Ибн Таймиййат (АллахIа къинхетам бойла цунах)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

28 Nov, 19:29


Шен меттехь, шен ханчохь, ала дезачу кепара аьлла доцучу бакъ дашах зен долу.

Шайх Фавзан (АллахIа Iалашвойла и)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

28 Nov, 19:16


Дийначара беллачарна дан йиш йолчух уггаре диканиг - доIа дар ду.

Шайх Iусаймин (АллахIа къинхетам бойла цунах)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

25 Nov, 12:52


Баккъал а, хIара уммат цомгуш хуьлу, амма лан ца ле, наб озайо цунна, амма еха наб еш ца Iа иза! Дог ма диллалаш! Шуна сийлалла гур ю шуна, шайн Деле шу юхадирзича, шаьш нис а делла, шайн бусалба вежаршна гIоьнчий шух хилча!

Шайх Ибн Баз (АллахIа къинхетам бойла цунах)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

24 Nov, 11:53


Нагахь айхьа, дицделла, АллахI воцчуьнца дуй биънехь, «ла илахlа иллаллахl» ала, и ду цуьнан каффарат (къинах цlанвалар).

Шайх Ибн Баз (АллахIа къинхетам бойла цунах)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

20 Nov, 19:56


«цивилизаци» йолу Европа…

мисархоша хlуманаш лечкъайо, туркоша нах lехабо бохуш, бусалба нах буьйцу вай, ткъа хlорш цу сакхтех «хьалхабевлла» моьтту цхьаболчарна… хlоккхул хьал долу пачхьалкхаш, дуьненан бахамаш буйна а боьхкина lаш йолу, къуйх йоьттина ю, вайна чан туьйсу-кх бlаьргаш чу…

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

16 Nov, 10:02


Ша бохург толо гlертаро нийсонах бlаьргаш къовлуьйту.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

12 Nov, 10:44


Боккха лам санна, хьуна дазделла лаьттинарг, ченалг санна атта АллахIа дIаойбу-кх.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

12 Nov, 10:41


Цхьа хIума дара ас дукха хена дуьйна сайн гергарчарех цхьаьнца "къуьйсуш", ас иштта ду и бохуш, цо дац бохуш. Сайна къегина гуш дерг, билггала хууш дерг дара ас бохург, амма тоьшалла дацара-кх сан, я хир ду ала меттиг а яцара.

ХIетте а, къар ца луш со а, теша ца туьгуш важа а, ондда дегабаам хуьлуш суна цунах лаьтташ дара и ехха хан чохь. Ма-дарра аьлча, цхьамма юьйцуш йолу харцо яра-кх и, охашимма и харцо ю я яц къуьйсура.

И адам ша гучу ца даьлча, къера ца хилча, кхин цхьа а агIо яцара цу хIуманан, кхин а дехха къийса хIума хилар бен. Цул тIаьхьа и харцо хиларна адам тIенисдеш цхьацца хIуманаш девлира цу адамера. ТIаккха а сан "довхо" шеконо дIа ца хоьцура.

Цул тIаьхьа кхидIа а шен харцдерг дийца дагахь, цу харцонна тоьшаллина даладо ша аьлла сурт даийтира вукхо. Амма нийса а ца даийтина, мелхо, ша харцлийна хилар гучудаьккхира цо. Ца даьккхира шен лаамехь-м, АллахIа гучудаьккхира и.

Ас ойла йира тIаккха, АллахIана дерриг атта ду-кх, хIора харцо а гучуер йолуш ю, кху дуьненахь ца ялахь а, эхартахь - шеко йоцуш. Самукъа а даьллера сан иштта нисдаларна, со бакъ хиларна а доцуш, хила йиш а яц аьлла хетарг хуьлуьйтуш АллахIа харцо гучуяккхарна.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

12 Nov, 09:24


1449-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏеламнахана такфир деш волчу стаге ладогӀа мегий? Цуьнан хьехамашка ладогӀа мегий?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ӏеламнехан хьокъехь реза воцуш дош багара долуш волчу стагана геннахула бен тӀех ца волуш генахь латто веза! Ӏеламнехан хьокъехь вон ойла ерг а кхераме стаг ву хаза нехан санна. Ӏеламнахана такфир дар-м дуьйцур дац. Ткъа хьехам бар бохург, хьехам ца хуьлу «алхамдулиллахӀи раббил Ӏаламийн» аьлла дӀаволавелла шена луург дийцича, цунах хьехам ца олу, тахана мода хилла цу хӀуманах! Бага еттар олу цунах, Ӏеламнахана лен а луьш, Ӏеламнахана такфир деш хьехам муха бо?! Иштта хӀума хуьлуш ма ца хуьлу! Хьехам, мелхо, такфир ма де, кхидерг ма де, вон дерг ма де бохуш хила безаш бу. Ткъа и инкарло ян дезаш долу хӀума ша деш волчуьнга ла муха дугӀур ду?! И ву мелхо а, шена наха хьехар дан дезаш стаг!

https://t.me/Vragi_iblisa

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

05 Nov, 17:39


Селхана хиллачух хьо хьалхаваьккхиначу Дала кхана хин долчух а хьалхавоккхур ву хьуна хьо!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

03 Nov, 06:54


Стага ша-ша хастийча, цуьнан сийлалла йов.

Имам Малик, АллахIа къинхетам бойла цунах.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

02 Nov, 13:04


Дуьненчохь берш вовшашца къийсалуш бу кешнашкахь берш дохкобевллачу хlуманаш тIехула.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Nov, 10:02


Наха хьайна тlаьхьашха хlума аларо сингаттаме ма войла хьо!

Хlунда аьлча, нагахь уьш харцлийнехь, ахь йина lамал а йоцуш, дика ду хьуна дIаяздеш, ткъа нагахь бакълийнехь - хьайгара даьллачу вонах хьалххе кху дуьненахь таlзар хилла-кх хьуна.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Nov, 09:22


Масане хиндолчунна сагатдеш вехаш хилларг, хьалххе вала а велла, дlаваьлла.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Nov, 06:10


Цецвала хlума цадисар бен цецвала хlума дац.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Nov, 06:10


Сингаттам – и хьуна сингаттам хетачул бен сингаттам бац…

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

31 Oct, 12:14


«Сан Дела! Беркатечу меттигехь [охьа] воссаве Ахь со, хIунда аьлча дIатарбечарех уггаре а Дикахниг ву-кха Хьо!»

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

31 Oct, 03:48


Хьо муха хуьлу сингаттаме, хьайн Делан стигал схьаяьстина а йолуш хьуна эшначу хенахь?

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

23 Oct, 10:41


Ахь кlант lамийнехь, цхьа адам lамийна ахь. Ткъа йоl lамийнехь, дийнна къам lамийна ахь.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

20 Oct, 12:05


Ден-ненан дикаллах церан тlема кlелара ваьлча бен ца кхета.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Oct, 18:37


АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

08 Oct, 14:09


Мосазза...

Хиларна хьо кхийринарг мосазза тlехдаьлла хьуна?
Хьо бlарзваларна гергавахча, мосазза дикачу агlора дlадирзина хьан гlуллакх?
Схьагуш кlелхьаравала некъ боцушшехь, мосазза карийна хьуна кlелхьараволийла?
Нислур дац аьлла хетарг мосазза нисделла хьан?
Тlебеъна бала мосазза дlаайбелла хьоьгара?
Бlаьргара ихна хиш мосазза дакъаделла хьан юьхь тlехь?

Ма дукхазза гlо дина хьуна Аллахlа! Амма тlаккха а гlайгlане хила а, сагатдан а бахьанаш карадо-кх хьуна. Хьайна хууш долушехь, Аллахl массо а хlуманна ницкъ кхочуш хилар, Иза - ницкъболуш а, сийлахь-воккха а, къинхетаме а, къинхетам беш а, хезаш а, гуш а, гечдеш а, тоба къобалдеш а хилар!

https://t.me/so_icharkho

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

07 Oct, 12:17


😂

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Sep, 11:40


кху телеграм чохь вайн маттахь эшарш чухlиттош йолу агlонна тlеязделла 75 000 сов адам ду!

ткъа вайн матте дохуш, охьадохкуш долу сел пайдечу жайнашка ладугlуш чудаьлларг 200 сов адам ду!

я чубевлларш чу ца бевллачарел дикох а бац, шайна пайде агlо евзуш, нехан дахар а, эхарт а дикачу агlора хуьйцун болу болх баржа а ца беш lаш болу!

вевзург-везарг, цавевзург-цавезарг, вукхара санна, вай а чутакхош велхьара, 200 эзар вовшахтохалур бара вайга!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Sep, 11:20


Фарукъа хьоьхуш долу дарсаш телеграм чохь дуй хаьарий шуна?

Чlогlа атта ду кху чухула ладогlа, машаАллахl

🔁 хlара агlо дlайсаяржош дакъалаца, АллахI реза хуьйла шуна

https://t.me/islamannurfaruk

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Sep, 14:03


хьоме

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Sep, 11:07


Нохчийчу кхаьчний-те хlара хаза гуьйре?)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

08 Sep, 16:23


❤️❤️❤️❤️❤️ ❤️❤️❤️❤️ ❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️


-أَشْهَدُ أَنْ لَا إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، وَأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا عَبْدُهُ وَرَسُولُهُ.

-اللَّهُمَّ اجْعَلْنِي مِنَ التَّوَّابِينَ، وَاجْعَلْنِي مِنَ الْمُتَطَهِّرِينَ.

-سُبْحَانَكَ اللَّهُمَّ وَبِحَمْدِكَ، أَشْهَدُ أَنْ لَاإِلَهَ إِلَّا أَنْتَ، أَسْتَغْفِرُكَ وَأَتُوبُ إِلَيْكَ.

-АшхIаду ан ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI.

-Алла́хIуммаж-Iални́ минат-тавва́би́на важ-Iални́ минал-мутатIаххIири́н.

-Субхьа́накал-лахIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан ла́ илахIа илла́ анта, астагIфирука ва ату́бу илайка.

https://t.me/niysa_lamaz

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Sep, 12:05


Хьайн мотт бицбеш, хьайн тарих йицъеш хьо велахь, цул тlаьхьа ахь хьайн lакъидат ларйийр ю бохург бакъ дац хьуна.

Ахьмад Абу Яхья

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Sep, 12:04


Хlора бусалба къомо шен мотт ларбан безаш бу, керста нахах ша схьакъастош йолу шен амал ларъярхьама.

Ахьмад Абу Яхья

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

27 Aug, 13:55


Дуьненахь уггаре а мерза хIума - АллахI цхьаъвар довзар ду, ткъа эхартахь уггаре а мерза хIума - Цуьнга хьажар ду, ЦIена ву-кх И!

Ибн Таймиййат, АллахIа къинхетам бойла цунах

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Aug, 20:44


Дийна дог - бакъдерг хаа а хууш, и къобал а деш, и деза а дезаш, кхидолчул и толош дерг ду.

Ибн Къаййим, АллахIа къинхетам бойла цунах

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Aug, 20:36


Пис - къен ву, шен къоьллах ял а хир йоцуш.

Ибн Къаййим, АллахIа къинхетам бойла цунах

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Aug, 20:06


АллахIана уггаре а гена долу дог - къиза дог ду.

Ибн Къаййим, АллахIа къинхетам бойла цунах

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Aug, 19:58


Нагахь хьан бала бахбеллехь, ахь доlанаш дешшехь, хаалахь, АллахI деккъа хьан доlанна жоп делла lан лууш вац, цул совдаьккхина, ахь дехна а доцург, дала лууш ву И хьуна!

Ибн Къаййим, АллахIа къинхетам бойла цунах