Берашна @berashna Channel on Telegram

Берашна

@berashna


🎈Берашна а, церан дайшна-наношна а лерина.

Инстаграм https://instagram.com/berashna_

Берашна (Russian)

Добро пожаловать в канал "Берашна"! Этот канал предлагает уникальное сочетание информации и развлечения для всех ценителей красоты и моды. Здесь вы найдете самые свежие и интересные новости из мира церан дайшна-наношна, а также подборки нарядов и аксессуаров, которые помогут вам смотреться стильно и элегантно. Мы также делимся вдохновляющими фотографиями и видео с нашего Инстаграма, где вы можете увидеть дополнительный контент и следить за нашими актуальными публикациями. Присоединяйтесь к нам и окунитесь в мир моды и красоты с каналом "Берашна"!

Берашна

08 Jan, 10:41


Бераш кхетош-кхио цахаар - язъян а, еша а цахаарал а кхераме ду!

Берашна

22 Dec, 11:20




🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎


Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!

Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!

Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!

Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!

Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!

https://t.me/horadiynah

Берашна

18 Dec, 18:21


1522-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Маса шо кхаччалц мегар ду йоl хечеш юхуш лело?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Берашна

13 Dec, 17:21


1303-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Телевизор хьажа я лело мегаш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Иза бен кхин хӀун ю вайн дерриг хьал галдаьккхинарг? Телевизоран нийса йолу цӀе «жуьгтий» ю, телевизор яхна цӀе (кличка) ю цуьнан, вуьштта бакъйолу цӀе «жуьгти» ю! Жуьгти вайн хӀораннан хӀусаме веъна хиина Ӏаш, шена лууш болу кхетам схьало цо вайна, цо аьлла болчу кхетам тӀехь вай дӀа а доьлху, иштта дац алал цхьаммо! Муьлхха а вайн галбаьлла кхетам, галъевлла ойланаш, галдаьлла хьал цу чуьра схьаэцна ду-кх, дийнахь-буса жим-жимма схьаоьцуш дерг вайна къаста а ца къаьста-кх ваьш схьаоьций! Цу хӀуманна юкъаяьккхина ма яй и, вайна диканна яьккхина яц! ХӀора хӀусамехь мах лой схьавалавой и жуьгти чу охьахаавой, хӀинца ахь схьадийцал олий, цуьнга ладугӀуш, цо аьлларг деш лелаш ду-кх вай, и чуьра аракхоьссича бен кхидерг нисдан дукха хала хир долуш!

https://t.me/Vragi_iblisa

Берашна

13 Dec, 17:19


1326-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Дас-нанас шайн доьзална боьллина сардам боьду бохург бух болуш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бух болуш ду.

https://t.me/Vragi_iblisa

Берашна

13 Dec, 17:06


1527-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Бер цомгуш хилча, цуьнан цӀе хийцича гӀоли хуьлу бохург бух болуш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш къамел дац, мелхо, цу хӀуманах тешар АллахӀаца накъост лацарна юкъагӀур ду.

https://t.me/Vragi_iblisa

Берашна

06 Dec, 08:05


Да-нана чlогlа лардала деза шайн доьзална вон доьхуш доlа дарх! Дас-нанас доьзална деш долу доlа юхатухуш дац Дала! Цул тlаьхьа дохкобевлла лелар бу уьш!

https://t.me/berashna

Берашна

05 Dec, 11:37


Бераш дика кхиоран коьрта бух бу бакъхьара зуда харжар.

https://t.me/berashna

Берашна

04 Dec, 11:50


Вайна тlехь ду вайн берийн дегнаш чохь АллахIан меттиг лакхаяккхар, цунах Аллахlера йоле сатуьйсуш а ду а вай. Гуттар а дийца деза берриг ницкъ берг, дерриг луш верг АллахI хилар!

https://t.me/berashna

Берашна

27 Nov, 12:54


1485-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Нана къинтӀера ца яьлча хӀун хир ду кханалерчу къемат-дийнахь?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Нана къинтӀера ца яьлча хиндерг къемат-де даллалц лаьттар дац, цунна бекхам дуьненахь а, эхартахь а шозза хуьлуш бу. Дуьненахь хьо хьайн деца-ненаца ма-хиллара хьан доьзал хьуна дуьхьалбоккхуш бу, эхартахь болу бекхам кхин а боккха бу, нагахь АллахӀа геч ца дахь. Ахь цуьнга аьлларг «оф-фай» бен дацахь а, иза даккхийчу къинойх ду. Ткъа нана къинтӀера ца яллал хӀума лелийнехь, дукха вон дешнаш, дукха вон хӀуманаш лелийна хир ду цо шен ненаца. ТӀаккха кхидӀа айхьа дустура-кх ахь, «оф-фай» алар а даккхийчу къинойх хилча, кхин сов дерг муха хир ду.

https://t.me/Vragi_iblisa

Берашна

26 Nov, 11:17


Доьзална дика да-нана

Youtube чуьра ссылка

Берашна

26 Nov, 08:07


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2804-гla Хаттар: Бераш муха кхио деза хьехар дийр дацара аша? Шайн бераш муха кхиадо аша? Церан де муха чекхдолу? Муьлха хӏуманах лардо аша уьш?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Дукха кегий долуш дуьйна дин тӀехь кхиадар, дин дийцар, дин хьехар, царна дин чудиллар, Элчанан а (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), цуьнан асхьабийн а дийцарш дийцарца. Масала: айхьа цунна кхаллош йолу хӏума бисмал доккхуш хаза а хозуьйтуш кхаллор, яийна яьлча «алхьамдулиллахӏ» алар, цунна мотт цахаар аьлла ца дуьтуш даима а и тайпа хӏуманаш цунна хазийта деза, дӏадижош цунна хезаш азкараш дешар, иштта кхидӀа а цу тайпа хӏуманаш лелор, цу берана чудиллар ду. Иштта доккха мел хуьлу а, цуьнан ницкъ кхочург леладайтар, ша дешшал хилча шега доьшуьйтуш, жимчохь дуьйна ахь ӏамийнарг ӏадат дой, цу беро схьа а лоций леладо, ахь диц ца далийтичхьана. Цуьнгара цхьа гӏалат даьлча, вайн Элчанера а (саллалахlу ӏалайхӏи ва салам), асхьабашкара а масал далош хьехар дар. Ламазан дозалла дуьйцуш марзадар, ламаз доладайтича жима дара аьлла атта ца хоьтуьйтуш, ламаз нийса дан ӏамор, жимчохь ӏамийнарг 13-14 шо кхаьчначул тӏаьхьа хийца хала хуьлу, хӀунда аьлча, шена жимчохь ӏаьмнарг лело атта долун дела, цу хене кхачале ахь чудиллича и дерриг цу берана атта хуьлу шена дас-нанас ӏамийнарг кхидӏа лело. Жимчохь бер ца кхета вай санна къа хилар хӏун ду, доккха хилча кхета долало, тӏаккха шен цхьамма тидам ца беш, ледара деш хилла долу ламазаш нисдан иман оьшуш хуьлу, шен ӏадат санна чудиллина долу дин атта хуьлу берана пхийттара даьлча лело. Йовлакх бераллехь дуьйна лело ӏамийча, пхийттара яьлча лардан дезий хууш, эхь хеташ леладо, пхийттара яьллачул тӏаьхьа дӏатилла эхь хеташ хила тарло, я шен месаш гучуйовларна сагатдеш ца хила а тарло, хьамма аьлча ая шен коьртара йовлакх дӏадокхур доцуш лардо жимчохь дуьйна тиллича.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Берашна

26 Nov, 06:42


1478-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Бер хьалакхуьйссуш, цхьана куьйга схьалоций хьалауьйбуш, беран ши ког цхьана куьйга а биллина шен, и лоттуьйтуш, иштта кхечу агlора а, цахууш хецалахь и бер лазо кхерам болуш, ловза мегаш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Берашна

12 Nov, 09:24


Бераш нийса кхиор

Youtube чуьра ссылка

Берашна

09 Nov, 03:15


"Бера умматан къонахойха цхьа къонах ву, амма бераллан бедаршца дIахьулвелла ву иза, цу бедаршна бухахьа вайна иза гуш хилча, къонахойн могIарехь лаьтташа гур вара иза, делахь а АллахIан суннат ду (низам ду) цу бераллан бедарийн нодарчи жим-жима кхетош-кхиорца бен дIацаястаялар".

https://t.me/vaynmajlis

#жайнан_могIа

Берашна

05 Nov, 11:07


Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна 🔥

https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi

👆хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу

Берашна

04 Nov, 11:09


https://t.me/faruk_berash_khior

Берашна

01 Nov, 16:52


Бере къамел деш елакъажий хила, шайн юкъаметтиг деган йовхонца хилийтархьама.

https://t.me/berashna

Берашна

29 Oct, 05:16


1401-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Кlант-йоl бусалба динехь цхьатерра лело дезаш дуй? Масала: кIантана алсам  ловзоргаш, тlе духарш оьцуш, йоlана ца оьцуш. Кlант шеца воцу дела оьцу ша олу, амма шеца йолу йоlана цхьа а хӏума оьцуш яц. Чохь юург, берана тlеюхург ас оьцуш ю, балхахь доккхуш дерг оцу кIантана духкуш ду. Иштта цlийнда лелар нийса дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Берашна

20 Oct, 11:15


Доьзал нийса кхиор

Youtube чуьра ссылка

Берашна

18 Oct, 17:00


АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

Берашна

16 Oct, 09:24


Дуьненан паччахьашна реза ваций хьо? Ахь кхиаве тlаккха хьо реза хин волу паччахь!

Берашна

16 Oct, 09:16


Верриг шен доьзал кхобуш ву, амма кхиош вац!

Берашна

02 Oct, 13:51


1326-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Дас-нанас шайн доьзална боьллина сардам боьду бохург бух болуш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бух болуш ду.

https://t.me/Vragi_iblisa

Берашна

06 Sep, 15:22


Динах лаьцна мультик! 🙂

Езачунна youtube чохь

Берашна

07 Aug, 09:58


@nohchiyn_jaynash

Жайнин цlе:
Бусалба нехан берашна ца довза йиш йоцург

Жайна яздинарг:
Язин ГIа́ним

Гочдархо:
Нурдин кlант lадлан

#жайнаш

Берашна

05 Aug, 21:12


1202-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Беран хӀора бутт мосазза кхочу совгӀаташ деш хӀума лело мегар дуй? Вина де даздар санна хӀума лорура дуй иза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Берашна

03 Aug, 18:16


Зуда ялочунна а, маре йоьдучунна а коьрта ду ша бечу харжамехь, шена зуда я хIусамда харжале хьалха, шен хинболчу доьзална дика да я дика нана харжар. ХIунда аьлча и захало, ша даре терра, доха а ло, ерриг уьйр хада а хедаш. Цул тIаьхьа цу стага хIун а лелорах а я зудчо а иштта, царах хIоранна а шенна хуьлу хуьлург. Ткъа хьан доьзалхо хилча, цунна бале болу ахь хIетахь бина харжам: да ледара стаг хилар я нана оьзда йоцу зуда хилар, цуьнан дахарехь таммагӀа хуьлий дуьсу и, наха тIе пIелгаш а хьежабо цунна. И доьзалхо кхетош-кхиорехь юьсу лар ца йийцича а.

https://t.me/so_icharkho

Берашна

07 Jul, 20:04


Хlусамехь телевизор хилар - уггаре а мегар доцучу хlуманех ду! Нагахь шуна хаахьара!

Шайх Албаний, Аллахlа къинхетам бойла цунах

https://t.me/so_icharkho

Берашна

12 Jun, 11:13


990-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан берана тӏе юхуш йолу хӏуманна тӏехь диллина жима сурт дара, садолу хӏума тӏехь йолу хӏума лело ца езий хаьа суна. Ас цу сурт тӏе хӏума хьаькхнера церан яьххьаш ца гайта, иштта лело мегар дуй и хӏуманаш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Берашна

19 Apr, 15:45


850-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Да - ялсаманин юккъера неl ю», - боху хьадис бух болуш дуй? «Сахьихьул-жамиl» чохь 7145-гlа лоьмарца ду аьлла гинера суна.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Берашна

17 Apr, 20:04


BTS/K-POP тобанашка ладегIар керисталлан тIебоьда некъ бу, цу тобанах доьзал ларбар дай-наной декхар ду.