ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ @paydedahar Channel on Telegram

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

@paydedahar


АллахIан Элчано (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла:

«ДIакхачаде соьгара, цхьа айат бен из дацахь а»

[Бухари: 3461]

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ (Russian)

Добро пожаловать в Telegram-канал "ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ"! Этот канал посвящен изучению и распространению знаний о религии и исламе. В этом канале вы найдете разнообразные статьи и цитаты из Корана и пророка Мухаммада (мир ему и благословение Аллаха). Наша цель - делиться духовной мудростью и наставлениями, которые помогут вам углубить свою веру и понимание ислама. Присоединяйтесь к нам, чтобы обогатить свою духовную жизнь и общение с себе подобными. Добро пожаловать в нашу духовную семью! Подпишитесь на "ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ" прямо сейчас и начните свой путь к близости с Аллахом и пониманию истинных ценностей ислама.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

07 Jan, 07:54


ХӀара санна дерг ду-кх мелхо нахаладаккха а, даржо дезарг а! Боьха дерг, лартӀахь мел доцург бен нахаладаккха марзаделла доцуш дика дерг нахаладаккха а ца деза моьтту!

ХӀара санна долчехь дара даккхий совгӀаташ хила дезаш, ахча а ца кхоош, къовсамаш а и санна долчунна беш, нахала а хӀара санна дерг доккхуш! Кегийрхошна масал эца меттиг иштта ерг юй гойтуш, эшар локхучаьргарий, блогершкарий, латарх ловзучаьргарий ца оьцуш, авторитет а хӀара санначарна еш!

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

07 Jan, 07:54


"сайн луаргам эра ду ас" аьлла, ара даьлла моьтту суна тахан адам...

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

06 Jan, 20:19


Я Аллахӏ, сан ӏаврат гучу ма далийта аьлла доӏа дан мегаш дуй?

Ютуб агӏо

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

06 Jan, 19:05


1569-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Цхьа йиш ю Германехь ӏаш, доьшуш. Цуьнан дешар делкъа-ламазан хан хилча дӀадолалуш ду, дарсаш дукха долуш малхбуза хан туьлуш ю боху, и дар а ца хуьлу боху дарсаш доьлхучу юкъанна, тӏаккха ишттачу хьолехь тӏе а оьзна дан мегар дуй делкъа-ламазца бохуш хоьтту цо.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

06 Jan, 16:18


https://m.youtube.com/watch?v=OjwVRpMnoEQ

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

06 Jan, 15:15


https://t.me/Ramzan_Gendargno

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

06 Jan, 10:59


Шен да-нана а долуш цаьршиннан хам ца бинарг, ишиъ дӀадаьлча даиманна дагахь балам болуш, сингаттаме вуьсу. Цулла сов, иза цаьршинца вон хиллехь, шен доьзало юха иза шена дӀадоькъуш кхин сов болу цуьнгара бала.
Ткъа, хӀара йоьшуш верг... АллахӀа къинхетам бойла хьоьх, хьан дех ненах а. Ишиъ хьуна хӀинца а долуш далахь, АллахӀа хан ях йойла цера, хьоьлла бахам болуш стаг вац хьуна кху дуьненахь. Бахам Да-Нана хилар ду хьуна, уггаре тоьлла бахам бу хьуна иза, цкъа дӀабаьлча кхин цкъа-а юха хира боцу бахам.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Jan, 18:42


lайшат (Дела реза хуьлийла цунна) йигарх лаьцна цакхетамаш, иштта кораниташ бохучера боьха мунепкъалла!

🎙
ӏадлан Харачо

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Jan, 18:06


https://m.youtube.com/watch?v=WrKlpE9AebU

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Jan, 17:32


сийратан дарсаш ма цхьа ша кепара хаза хуьлу...

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

28 Dec, 00:24


#Сахьихь_ЖамиӀ

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

26 Dec, 16:28


Бусалба нехан сакхташ хьулдеш хилар

Цаьргара ца хууш даьлла хуьлийла иза я шен Iесаллина лелош хуьлийла цо, башхалла яц, иза къайладахьар, нахе кхайкха ца дар, мел боьха, ирча дерг хьайна гинехь а, цуьнан сурт даьккхина я видео йина, иза интернет чу ца дуьллуш, мелхо, хьайна хIумма гина доцуш санна, цхьаьнге иза хьаха а ца дар, нагахь шен Iесаллина цо иза лелош делахь, хьехар дина кхето хьажар, кхеташ вацахь, «Дала нисвойла хьо» аьлла доIа дина, дIавахар, иза нахалаваккха ца гIерташ.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

25 Dec, 22:46


#Муслим

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

25 Dec, 15:53


Вас-васашна дарба муха дан деза?

Youtube чуьра ссылка

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

24 Dec, 17:00


1535-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Невцо шен стунйиша дӀасайига мегар дуй, нагахь кхоалгӀа цаьршинца цхьа а зуда я стаг дацахь, балха хуьлийла иза, я доьшуче хуьлийла иза, мегар делахь, маца мегар ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

23 Dec, 15:16


Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь хьай бера и дазоче ахь дахитахь!

Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь бери самукъа даккха аьлла хlусме ёлка хlотта яхь!

Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь бери самукъа даккха аьлла цу дийнахь берашна подарокш эцахь!

Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь цу буса бераш ёлка хьовсийта дуьга аьлла ара дахахь!

Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь хьо цу буса уьш хlу лелош бу хьаж воьда со аьлла и дазочу метте хьо водахь!

Хьуна хаълахь хьой и даз динарг лоруш вуйла, нагахь ахь багахь дашца а хьай гергарнаг, я накъоста, я йоl ахь декъал яхь!


Хьо и даз динарг лоруш вац хьуна нагахь хьан хусамехь 31 декабрь 31 октябрь санна тlех далахь!

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

23 Dec, 09:01


Керло шо даз дан мегаш дац, и мегаш ца хиларо чу лоцуш масех хlума ду:

1- Керла шо даз дар - мегаш дац.
2- Керла шо даз дар - хьарам ду.
3- Керла шо даз дар - бидlат ду.
4- Керла шо даз дар - керста нахах тар валар ду.
5- Керла шо даз дар - керста нах баз бар ду.
6- Керла шо даз дар - керста нах безаран билгало ю.
7- Керла шо даз дар - керста нахаца дагчохь хила безаш болу ца безам дlабалар ду.
8- Керла шо даз дар - Аллахlана муьтlахь ца хилар ду.
9- Керла шо даз дар - Пайхамарна (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) муьтlахь ца хилар ду.
10- Керла шо даз дар - Аллахlан динах дог лозуш ца хилар ду.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

22 Dec, 18:56


Питнех кlелхьара вала хьуна хьайн дин ду довза дезаг, хьайн lакъидат ю йовза езаг.

Дин довзар хlоранне декхар ду. lильма lамадан а, lильма довза а хьо молла хила везаш вац, я хьо стаг хила везаш вац, зудчунна а ду иза иштта. Я хьо маьждигехь рузбанехь мимбар тlе ваьлла хьехам беш хила гlерташ хила везаш вац, я lеламстаг хила гlерташ хила везаш вац, амма хьо бусалба хила гlерташ велахь хьуна довза дезаш ду и!

Цундела, хьуна бусалба хила, гал ца вала а, дехьа-сехьа новкъа дlас ца хьийза а хьуна хьайн дин довза дезаш хуьлу! И стагана а, зудчунна а, вокхчунна а, жимачунна а массарна цхьатерра ду. Массарна а цхьатерра каро еза хан шен динах дег довза а, цунна тlекхиа а!

Жайнеш доьшуш, я жайнеш яздеш, я рузбан хьехамаш беш, я lеламстаг хила къемат хьо ца гlертахь а, иштта массо хила веза бохаг а дац, я хила везаш а вац массо! Массерах lеламстаг ван Пайхамар а ца гlиртина, делахь а, массерах бусалба ван гlиртина Пайхамар (соллаллохlу lалайхlи васаллам). Ткъа, массо бусалба хуьлуш велахь, и бусалба хила дин довза ца деза цунна?! lилманан къоргенаш хьуна ца йовзахь а, хьайн динах гал ца вала коьрта долу белхаш мукъане а довза деза хьуна, цу юккъехь уггаре коьрта дег - lакъидат йолуш!

Цундела, и коьрта долу белхаш довза, хьуна цу динах долчуьнга ладугlуш, динах долчунна тlе гlерташ цхьа хан хила езаш ю хьан билгал яьккхина, цхьа сахьт хилла а хила дезаш ду хьан оцу 24 сахьтан юккъера билгал даьккхина цу гlулкхана. Хьайн болх, некъ, вижар-гlаттар, садаlар, доьзал, накъостий и дерриге хилийта, новкъа дац! Амма, динан дlалуш цхьа хан хила езаш ю хьан. Динах дег довза, динах долчунна тlекхиа хан даиманна хила езаш ю хьан! Цхьа шо, ши шо дlадаьхьина цу тlехь, кхин дlа хада везаш вац хьо цунах, хlунда аьлча, хlара зама дlа мел йоьду питанаш совдуьйлуш ду!

•••••••••••••••••••••••••••••••••••••••

Ахь хьайн гай хlума яарца дуза ма дарра, хьан са а ду ахь дузо дезаш Дела хьахо меттигашца, Далла дечу lибадатац, Делан динах дег довзарца!

Ахь гай дуза дина, са дуза ца дича хьо хlума йиина гай мел дуьзина хилча а, хьо сина меца хуьлу, са меца долуш лела хьо. Цундела, и са а ду ахь гай ма дуза дарра дузо дезаш, ткъа хьан са дузо уггаре коьрта болу некъ - иза lильман мажлисаш ю! Цундела цу юккъехь цхьа дакъа хьан ца хила йиш яц, цу юккъехь хьан цхьа хан ца хила йиш яц, цу юккъехь дlадала цхьа сахьт хьуна каро дезаш ду хlора дийнахь карийна а, дедда юккъа карийна а, кlирнах цкъа цхьа сахьт карийна а хила езаш ю и хьан хан!


кхузара

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

22 Dec, 16:31


хьо велча хlун хийцам хира бу кху дуьнен чохь?

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

22 Dec, 05:34


Ибн Каси‌ра (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Бусалба стагана мегар дац керста нахах тар вала, церан дезденош даздарехь а, я церан езчу хенашкахь а, я церан Iибадатехь а».

[Бида‌яхI ван-нихIа‌яхI, агIо: 2/174]

#Дезденош
https://t.me/adlan_haracho

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

20 Dec, 21:58


Яхь мукъане хила

#Дезденош

Youtube чуьра ссылка

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

20 Dec, 21:53


Нийса дуй марха достучу дийнахь берашна совгlаташ дар? ⤴️

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

19 Dec, 23:27


хlай, Аллахlан лайш! Вежарий хила шу. Бусалба стаг - бусалба стеган ваша ву

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Dec, 14:36


أسأل الله العظيم رب العرش العظيم أن يشفيه!

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Dec, 14:35


ХӀара сан йишин кӀант ву, вон хьал долуш, шайн доӀанашкахь виц цавар доьху

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

04 Dec, 17:35


Дом, куда хочется возвращаться

Каждый ребенок мечтает о доме, где его любят, принимают и поддерживают. Дом, где безопасно, где можно быть собой, где чувствуется тепло и спокойствие. Это не стены и крыша. Это атмосфера. Это отношения.

Недавно я услышала историю одной девушки, которой всего 18 лет. Она решила выйти замуж. На первый взгляд, ничего необычного. Но причина, по которой она сделала этот шаг, вызывает боль. Она не выбрала замужество, она выбрала бегство. Бегство из дома, который стал для нее тюрьмой.

Родители(в разводе), которые должны были быть ее поддержкой, стали причиной ее страданий. В одном доме — унижение, в другом — оскорбления. Везде холод, равнодушие и отсутствие тепла. В итоге она решила уйти, думая, что в браке найдет то, чего ей не дали дома: безопасность и покой.

Это не та причина, по которой дети должны покидать родительский дом.

Родители, пожалуйста, задумайтесь: какой атмосферой наполнен ваш дом? Каким вашим детям запомнится их детство?

Не делайте так, чтобы ваш ребенок стремился покинуть вас любой ценой. Сделайте все, чтобы ваш дом стал для него местом, где он чувствует себя любимым и защищенным.
Обнимите своего ребенка, даже если ему уже 18 лет.     
     Выслушайте его, даже если вы устали.
Уважайте его чувства, даже если они вам кажутся незначительными.

Станьте тем человеком, к которому ваш ребенок придет с радостью, а не с болью. Пусть ваш дом станет для него убежищем, а не тюрьмой.

И пусть ваши дети выбирают свой путь осознанно, а не от безысходности.

#бераш_нийса_кхиор

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

03 Dec, 23:05



ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

03 Dec, 22:53


1502-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Айса хӀинццалц еш хилла йолу Ӏамалш ца яло соьга, чӀогӀа дӀатетта волавелла со уьш, мало еш, фарз а халла кхочушдало.

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ӏесалла совъялар ду, айхьа хӀинццалц лелош хилла доцу керла хӀун къинош ду айхьа летош хьажий, уьш совца а дай, АллахӀе хьайна гечдар деха.

https://t.me/Vragi_iblisa

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

03 Dec, 22:27


403-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ламаз дечу хенахь зудчуьнан когаш ган мегаш дуй, даций бохуш хезна суна. Цхьаммо ши ког ган мега олу, вукхо ца мега олу, цунах лаьцна алахьа.

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Когаш ган мегаш дац, дӀакъовла безаш бу. Зудчуьнан дерриг дегӀ дӀакъевлина хила дезаш ду ламаз дечу хенахь, ши куьг, юьхь йоцург кхин сов цхьа а меттиг ган йиш яц!

https://t.me/Vragi_iblisa

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

02 Dec, 05:20


)

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

02 Dec, 00:57


Поистине, Аллахl Всевышний оказал помощь верующим во многих местах.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 21:04


https://t.me/Takfirrr?livestream

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 20:11


сакхт доцуш хьо хьайн накъост лаха гlортахь,

хьо и ван воцуш вуьсур ву хьуна!

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 18:05


Нана: и хlун дуьйцуш ву?
- ца кхета хьо?
Нана: ца кхета!
- ва, хьо lумрате йоьдуш яц? lарбо мотт хаьа безаш яц хьо?
Нана: «Шишан» хиича тоьуш ду



)))

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 18:01


https://t.me/wahidbaly?livestream

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 17:47


хlара хlун беркат ду

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 17:47


https://t.me/payde10?livestream

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 12:08


хlора дас, нанас ладогlа безаш хьехам бу⬆️

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Nov, 12:06


🕌 Рузбан хьехам 01.11.2024:
🔉 Элча ﷺ доьзалин да а вара.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

15 Nov, 22:19


#Муслим

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

15 Nov, 18:53


Минбар тӏе ваьлча аз айбадар, аьлларг кхузза йух-йуха карладаккхар суннат ду.

©️ӏадлан Харачо

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

15 Nov, 01:01


#мунафикъаш

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

15 Nov, 00:10


Почему Коран не ниспослан ему целиком за один раз? Будь это так, то его пророческая миссия не вызывала бы сомнений. Подобные мысли закрадывались в сердца многобожников, но разве то, что Священный Коран был ниспослан по частям, является недостатком божественного откровения? Конечно же, нет. Именно поэтому Всевышний Аллах сказал, что Он ниспослал Коран по частям для того, чтобы укоренить веру в сердце Своего пророка, да благословит его Аллах и приветствует. Всякий раз, когда Пророк Мухаммад, да благословит его Аллах и приветствует, получал очередное откровение, его душа обретала покой и стойкость, особенно, если это откровение ниспосылалось тогда, когда его сердце переполнялось тревогой и беспокойством. Коранические аяты, которые ниспосылались в связи с происходящими событиями, производили на посланника Аллаха и правоверных гораздо большее впечатление, чем если бы все они были ниспосланы за один раз. А когда это событие становилось достоянием истории, они читали ниспосланное откровение и вспоминали милость Всевышнего Господа. О Мухаммад! Мы не только ниспослали тебе Священное Писание, но и разъяснили его самым прекрасным образом. Мы ниспосылали тебе часть откровения и готовили тебя к следующей части. Мы воспитывали тебя и последовательно обучали тебя истине. Мы опекали тебя и заботились о Нашем писании, и поэтому ниспосылали коранические откровения, когда ты в них нуждался и когда это было необходимо для утверждения на земле твоей религии.

Абдуррахман ибн Насир ас-Саади 32:32

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

15 Nov, 00:06


В Судный день грешник, который при жизни на земле увязал в неверии, приобщал сотоварищей к Аллаху и отвергал Его правдивых посланников, от отчаяния, скорби и разочарования будет кусать свои руки. Он воскликнет: «Лучше бы я уверовал в Божьего посланника, прислушался к его правдивому учению и стал одним из его верных последователей. Лучше бы я не считал своими искренними друзьями ослушников из числа людей и джиннов! Я предпочел враждовать с человеком, который действительно желал мне добра и был чрезвычайно снисходителен ко мне, и возлюбил нечестивцев, которые оказались моими врагами. Сегодня моя дружба и близость с ними не принесет мне ничего, кроме несчастья, убытка, бесчестья и погибели. Своими лживыми и обольстительными речами он представил мне заблуждение в ложном свете и убедил меня отказаться от истины, которую я нашел в Священном Коране». Что же касается сатаны, то он является предателем. Он внушает человеку, что ложь прекрасна, и пытается опорочить в его глазах истину. Он заставляет человека поверить его лживым обещаниям, а затем отворачивается и отрекается от него. А когда свершится суд над всеми творениями и Всевышний Аллах вынесет последний приговор, сатана обратится ко всем своим последователям и скажет: «Воистину, обещание Аллаха было правдиво, а я обещал вам, но не сдержал данного вам слова. У меня не было над вами никакой власти. Я звал вас, и вы послушались меня. Посему не порицайте меня, а порицайте самих себя. Я не могу помочь вам, а вы не можете помочь мне. Я не причастен к тому, что ранее вы поклонялись мне» (14:22). О раб Аллаха! Пока еще не поздно опомниться и раскаяться, отдай свою любовь тому, кто помогает тебе обрести вечное счастье, и питай вражду и ненависть к тому, кто заслуживает такого сурового отношения и не приносит тебе ничего, кроме зла и вреда. И да поможет тебе Аллах! Затем Всевышний поведал о том, как Пророк Мухаммад, да благословит его Аллах и приветствует, пожаловался Ему на то, что его народ отказался повиноваться предписаниям последнего Священного Писания.

Абдуррахман ибн Насир ас-Саади 27:27-29

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 23:18


Аллахlа уггаре боккха хьоьх бина къинхетам — иза хьо бусалба кхоллар ду..

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 16:10


1ибадатан марзо

•мац хаълуш ю?

•гуттар лаьтташ юй иза?

•хьан хаълуш ю иза?

•цуьнан цкъа чам кхаьттича хуьлуш дерг

Кхид1а а..

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 13:39


الحمد لله

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 13:05


хезаш ву, дика хеза

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 13:03


дийца вола велла

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 12:58


https://t.me/wahidbaly?livestream

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 12:57


Жайна дӀадоьшуш эфир Шайхан хьостан чохь хир ю, чудовла⬇️

https://t.me/wahidbaly

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 12:48


Я Аллахӏ, цхьа а секунда юкъара а ца йолуш ладогӏар нисдалийта Ахь¡

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

14 Nov, 11:51


#Муслим

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

09 Nov, 05:31


Ты не знаешь, за какое дело ты войдешь в Рай, так не пренебрегай же делами, и будь в них искренен..

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

08 Nov, 22:55


«Цаьрца мостагlалла мукъане а ма леладе»

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

07 Nov, 22:21


ВАЙН ХЬАЛ ТИША ХИЛАРАН КЪАЙЛЕ

Шайхул Ислам ибн Таймийяс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:

❏ «Нагахь санна бусалба нахехь гIийло елахь, церан мостагI царал тоьлуш велахь, иза бусалба нехан къинош а, гIалаташ а бахьанехь ду».

📕МажмуIул фатава, 11/645.

🌐 https://t.me/islamanserlo

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

07 Nov, 20:14


в ней нет лёгкости.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

07 Nov, 18:21


Бера ахь кхаьбчхьана, ахь lалаш дичхьана долуш дац! Цу беран хьокъехь кхин а хала дег ду ахь дан дезаш!

Ахь цунна чу дохьуш долу напгlелла а хала дег ду ахь цунна кхиадан дезаш, и хlун ду аьлча - цу берах къонах вар, и бера кхиор, lамор. И ду уггаре хала дег!


кхузара

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

07 Nov, 00:12


👆👆👆👆👆👆👆

                 👆👆👆👆👆👆👆

🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат!

🔺Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран а, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду.

😌😉😛😌😉😌     😌😚😌😉😌

✔️Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю, экзаменехь лаххара 50 балл яьккхинчунна.

📆Дарс хIора дийнахь хир ду.

🔘Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 хир ю.

✔️ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду.

✔️Деккъа мутаIеламашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхIара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг а девзур ду.

🔊Дарсе юкъавеъначо дан дезарг:

🎙Эфирехь ладогӀар, эфирехь доцуш, вуьштта дарс чудиллича ладоьгӀначун юкъарадаьлла лоруш ду, амма шена пайдана ладугӀур ду.

📝Ца хезаш юкъарадаьлларг дӀаяздар.

🔴Юкъарадаьлларг дӀаяздеш билгал иштта дийр ду:

📖Дарсехь жайни тӀе хьожуш ладугӀуш волчо шена ца хезначу хьадисан лоьмар билгалйийр ю, ца хезнарг хӀокху лоьмарца долу хьадис ду, я ах хьадис ду олуш.

🤎Ткъа жайни тӀе хьожуш воцуш ладугӀуш волчо шен юкъараюьйлуш йолу миноташ дӀаязйийр ю.

Юкъарадаьлларг дийнна дарс делахь, цхьа дарс юкъарадаьлла олуш билгалдийр ду.

Амма массех дош делахь ца хезнарг, я иштта секундаш елахь юкъараевларш, уьш язъян ца оьшу.

И дерриге оьшур ду, дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIерш схьайохкуьйтучу хенахь, шен юкъарадевлларш ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама.

🔔Жайна дIадолор ду: 11.11.2024 ш

💬Дарс кху хьостан чохь хир ду👆
https://t.me/Hadisash_Live

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Nov, 15:13


🤍Хьижаб - бусалба зудчун сий ду, и сий дlадаккха гlерташ керста наха хьоьгуш ондда къа а ду!

Бусалба зударий

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Nov, 15:00


1409-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀусамнанойх «уммул-муъминийн» - бусалба нехан наной аьлла хӀунда аьлла ду? И алар хӀун бахьана ду?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Уьш вайн наной хилар ду бахьана, Дала Къуръан чохь уьш вайн наной бу аьлла, цундела Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам аьлла) муьлхха хӀусамнана - иза вайн нана лоруш ю, Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀусамнанна хӀума олуш верг хьо винчу нанна хӀума аьлча санна хьайн мостагӀ лаца а везаш ахь.

https://t.me/Vragi_iblisa

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

05 Nov, 15:00


1422-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) йоӀа ФатӀымата дуьстина дуьххьара дол бохург бух болуш хӀума дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш къамел дац, ФатӀыматна тӀе кхуллуш харцо ю.

https://t.me/Vragi_iblisa

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

04 Nov, 00:30


«Стеган лаккхар мах хадоран барам, синтем а, аьтто а болчу хенахь цуо ша гайтарца бац, амма къийсамехь а, къовсамехь а цо ша муха гойту хьаьжжина бу».

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

03 Nov, 13:41


Къиношна юха ца волуш, велларг

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Къиношна юха ца волуш, веллачун болх АллахIехь бу, Шена лаахь, цунна Iазап лур ду Цо Шен нийсонца, ткъа Шена лаахь - цунна гечдийр ду Цо Шен комаьршонца».

[Бида́йахI фи́ Iилмил-Iакъи́дахI, агIо: 13]
https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

03 Nov, 00:25


lумар халиф волуш Иерусалимера Къудс маьждиг схьадаьккхира бусалба наха.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

02 Nov, 05:05


#Муслим

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

01 Nov, 23:17


⛰️Ухьуд гlазотехь хилларг гойтуш карта ду хlара.

Пхенаш кхуьйсучара шайн пайхамара ﷺ билгал бина лам дlатасарх эца доккха дарс (урок) ду вайна.

доцца аьлча:

Пайхамара ﷺ де аьлларг вай дича, вайн дахаран чаккхе хаза хир йу.

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

31 Oct, 23:34


#Муслим

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

31 Oct, 21:12


Сийлахь Къуръан

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Сийлахь Къуръан - Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду, Цо Шен Элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) доссийна, Iарбийн маттахь долуш, ша дешар Iибадат долуш, бакъ хиларехь шеко хила йиш йоцчу кепара схьакхаьчна долуш, тептарехь дIаяздина а долуш».

[Бида́йахI фи́ Iилмил-Iакъи́дахI, агIо: 8]

-«Iарбийн маттахь долуш» аларо гойту - гочдиначух Къуръан алар нийса даций, мелхо, цунах «Къуръанан дина маьIна» олу.
https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

31 Oct, 16:50


https://t.me/+ejGivOaCeAY5ZTQ6

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

30 Oct, 21:56


Тавассулан дакъош

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Тавассул шина декъе декъалуш ду:

1- ШарIо магийна долу тавассул: иза - АллахIе тавассул дар (дехар) ду, Цуьнан цIершха цхьана цIарца, я Цуьнан куьцашха цхьана куьцаца, я дикачу Iамалца, я дикачу стаге доIа де аларца.
2- Цамагийна долу тавассул: АллахIе тавассул дар ду, тавассул ду аьлла, шарIехь сецна боцчу некъаца».

[Бида́йахI фи́ Iилмил-Iакъи́дахI, агIо: 6]

-Мегаш доцучу тавассулан масалш: «Пайхамаран дуьхьа, я маликан дуьхьа, я эвлаяан дуьхьа ло Ахь» бохуш доIа дар. Я эвлаяашка орцахбовлар дехар. Я зиярте вахана АллахIе дехар.
https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

30 Oct, 21:39


Берийн бошмашкахь (садикехь) болх бечеран боккха аьтто

Ютуб агӏо

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

30 Oct, 19:59


#Бух_боцу_хlуманаш 38

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

30 Oct, 19:24


хlара мича яхьийтан те?)))

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

30 Oct, 17:12


Шайх lабдульгlоний ан-Набалусис аьлла:

«(Дас, нанас) Шен берашна йуккъехь нийсо цалелор хьарам ду, шаьшшинан цхьадолу бераш вукхарех схьакъестор берашна йуккъехь мостагlалла, хьагl, цабезам кхиош хlума ду, гергарлонаш хедадойтуш хlума ду.»

#бераш_нийса_кхиор

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

29 Oct, 18:01


https://t.me/+ejGivOaCeAY5ZTQ6

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

29 Oct, 16:55


хьан вашас зуда ялош оператор валор вац! конфеташ кхуьссура яц! моз, я конфет кхаллора яц!

© Нана

))

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

29 Oct, 13:19


Цхьана дийнахь, Рабийl бин Хайсамна, хьуьжар хьалха доьлхуш бераш гина хиллера. Цо хаьттина цаьрга: «Хlун хилла шуна, хlай кегийрахой?»-аьлла. Цара жоп делла: «Тахана тхан тептарш хьехархочунна дlагайта дезаш ду, тхо кхоьруш ду цо тхайна еттарна.» Тlаккха Рабийl бин Хайсам вилхира. Цо элира: «Хlай са, муха хира ду те хьан хьал, Аллахlана хьан тептар дlагойтучу хенахь».

«Сийару ас-салафи лил-Асбахlаний (257)»

#бераш_нийса_кхиор

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

28 Oct, 23:47


ЦIершкахь а, куьцашкахь а АллахI цхьаъвар

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ЦIершкахь а, куьцашкахь а АллахI цхьаъвар: иза - Къуръан чохь а, иштта Шен Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) маттехула а Шен ю аьллачу цIершкахь а, куьцашкахь а АллахI цхьаъвар ду».

[Бида́йахI фи́ Iилмил-Iакъи́дахI, агIо: 5]
https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

28 Oct, 23:46


Делаллехь АллахI цхьаъвар

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Делаллехь АллахI цхьаъвар: иза - Iибадатехь АллахI цхьаъвар ду».

[Бида́йахI фи́ Iилмил-Iакъи́дахI, агIо: 5]

-Муьлхха тайпа долу Iибадат цхьана АллахIна шенна бен ца дарца, доIа дар делахь а, кхайкхар делахь а, ламаз делахь а, иштта кхин муьлхха а, башхалла яц.
https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

26 Oct, 10:16


АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръан чохь боху:
«Цхьа а гӀа ма ца дужу, АллахӀана хууш а бен».

-Мел дукха ду и гӀаш, дитташ тӀехь мел ду уьш, ткъа и дитташ мел ду дуьненчохь, цу хьаннаш юккъе дахча адам тила а луш, оццул шайн дукхаллица охьаэгаш долу цу гӀашха цхьа а гӀа охьадужуш дац-кх, АллахӀана хууш а бен. ТӀаккха къайлаха телефон чохь айхьа лелош дерг АллахӀана хуур дац аьлла хетий хьуна? Я хьуо ца вевзучу нахана юккъе а вахана, кхечу махкахь айхьа лелош дерг АллахӀана хууш дац аьлла хетий хьуна?

Кхузара схьаэцна

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

26 Oct, 01:13


1395-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ихьлас хилийта хӀун дан деза?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Уггаре хьалха АллахӀе дехар, и ло бохуш, цул тӀаьхьа айхьа деш долу дика хӀума къайладахьар, муьлхха дика хӀумана нахана ца гойтуш дан хьажар, цул тӀаьхьа айхьа дина дика хӀума цхьаьнгге ца дийцар, иблисо хийла Ӏехор ю хьо, хьоьга дийцийта гӀерташ, ткъа ахь и хилла доцуш санна дӀакъайладаккхар, цхьаьнгге ца дийцар, айхьа дина дика, иблис ахь йина Ӏамал 10 шо даьлча а и хьоьга йохаяйта гӀерташ тӀаьхьадаьлла лела, 10 шарчохь ахь ларйина Ӏамал йохо гӀерта иза, хан яьллера аьлла йита ца юьту ахь йина Ӏамал, даима и йохо гӀерташ тӀаьхьадаьлла лела, цундела и хӀума чӀогӀа лардан деза.

https://t.me/Vragi_iblisa

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

26 Oct, 01:08


Фатва 3. Пайхамар гlенах гар

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

25 Oct, 05:47


1:00 - Кхо рузба дитинаг ца хила, цкъа воьдуш шозза ца воьдуш lар

4:30 - Новкъахочунна рузба тlерадолуш дуй?

5:50 - Балхаца рузба нисдан дезаш дац, балхаца Делан дин нисдан дезаш вац, мелхо а, Делан динац шен болх нисбан безаш бу

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

24 Oct, 23:41


#Тайп_тайпана

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

24 Oct, 22:54


ХӀоранна а Къуръан дешна, я Къуръан дешна хи мелла, я цхьа молханаш мелла меттаван лаьа, иштта самавала лаьа, шена бӀаьрг хилла, хьагӀ лаьцна, бозбуунчалла лелийна, чу жин даьлла... Ца даьлла цхьа а жин, цхьа а жин дац цхьа а бӀаьрг бац, хьан Делаца йоцуш йолу зӀе ю, хьуна хьайн Дела ца вовзарца бодано хьан дӀакъевлина долу дог ду!

© Ӏадлан

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

24 Oct, 21:05


https://t.me/Akidatan_Akademi?livestream

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

24 Oct, 02:32


#Муслим

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

24 Oct, 02:27


ДоIа - Iибадат ду

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

23 Oct, 15:11


ШайтIано шеднаш до

Iадлан Харачо
Iакъидатан Академера Хаттаршна жоьпаш

YouTube 🟥

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

22 Oct, 20:58


#Муслим

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

20 Oct, 16:00


https://t.me/tolamanneq?livestream

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

20 Oct, 11:50


))

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

20 Oct, 11:06


#Бухарий

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

18 Oct, 13:09


Палестинан куьйгалхо Яхья Синвар кхелхина.

АллахӀан мостагӀашца тӀом бинчул тӀаьхьа цунах хӀун хилла хьовсуш чу дрон дахийтина, вайн ма-гарра хӀумма а воьхна вац, лечкъина вац, я воьжна Ӏуьллуш а вац шен чевнаш йоллушехь, мелхо а, паччахьан гӀанта тӀехь хиина Ӏаш ву, мостагӀчунна ша мила ву гойтуш санна! Цул тӀаьхьа чу даккхий герзаш а диттина декъала хилла и. Цуьнан декъала хилар гуш ду, цо тӀаьххьара кхуссуш долу герз жихӀад долалуш шайгахь хилла долу герз ду.

Дала хӀокху аятехь боху, цхьаберш хьоьжуш Ӏаш бу, Яхья Синвар шен гӀанта тӀехь хьоьжуш Ӏаш ву, Дала мукъ лахь.

Аллахӏа шахӏидийн даржехь войла и!

https://t.me/Ramzan_Gendargno

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

18 Oct, 09:46


Малонна кхузза рузба дитинчунна

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

17 Oct, 21:42


ткъа вайн хlун бехказло ю-те?!

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

17 Oct, 13:45


Къуръан

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Oct, 20:35


https://t.me/+DVcKB8XOFukzZTNi

ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ

16 Oct, 08:22


Воистину, этим путем следует только тот, кого ведет Аллах, ибо невозможно встать на прямой путь вопреки Его воле. Он один ведет людей прямым путем и указывает им на все, что приносит пользу как при жизни на земле, так и после смерти.

Если же Он вводит человека в заблуждение, то никто не может помочь ему стать праведным и обрести счастье и благополучие. Аллах приговаривает нечестивцев к заблуждению, и никто не способен отменить этот приговор.