MOMSAR @momsarr Channel on Telegram

MOMSAR

@momsarr


«Ткъа ийман диллинчарна АллахӀ чӀогӀо веза.»
[ал-БакъарахӀ: 165]

MOMSAR (Russian)

MOMSAR - это Telegram-канал, созданный специально для мам и будущих мам. Здесь вы найдете полезные советы, информацию о детском здоровье, воспитании, питании и многом другом. Канал momsarr предлагает уникальный контент, который поможет вам стать еще лучшей и заботливой мамой. Подписывайтесь на MOMSAR, чтобы быть в курсе последних новостей и советов от опытных родителей. Вместе мы создадим прекрасное будущее для наших детей! "Ткъа ийман диллинчарна АллахӀ чӀогӀо веза." [ал-БакъарахЀ: 165]

MOMSAR

20 Jan, 16:08


«Тот, кто разукрасился тем, чего в нём нет, тот будет разоблачён результатом испытания.»

MOMSAR

20 Jan, 13:21


«Хьан къамел товш воцчуьнга хьайга ладоьхуьйтуш бала ма хьегийта.»

Джахьиз

MOMSAR

19 Jan, 20:45


Цхьанна мисканна хьожа ца лаьтта иштта чӏогӏа а, хаза а ца хууш хьан куча тӏе ӏаьнна долу мисканна санна. Иштта ду цхьа долу цӏаьххьана хуьлуш долу хазахетар а... и хьовх сингаттам а...

MOMSAR

19 Jan, 20:42


«Къамел детех делахь, вист ца хилар дешех ду.»

MOMSAR

19 Jan, 16:11


«Бала - ша тӏе беанчул тӏаьхьа адаман дагчохь дуьсуш дерг бу.»

Ар-Рофиӏий

MOMSAR

19 Jan, 14:24


...

MOMSAR

18 Jan, 16:52


Пусть тот, кто расцвел в словах принесет плод в действиях.

MOMSAR

18 Jan, 14:11


يا طـالِبَ العِـلمِ لا تَـبْغِي بـه بَـدَلا
فـقَدْ ظَـفَرْتَ ورَبِّ اللَّـوْحِ والْقَـلَمِ

«Хӏай ӏилма лохург, цуьнан меттана кхин дерг ма лехалахь!
Тептаран, къоламан Делаца дуй буу аса, кхиаме ма ву хьо!»

MOMSAR

18 Jan, 09:09


«Аллахӏан муьтӏахь хилларг Иза хьехош ву, ткъа цунна ӏеса хилларг Иза хьехош вац, цо дукха тасбихь дахь а, дукха Къуръан дешахь а.»

Саӏид ибн Джубайр

MOMSAR

18 Jan, 08:09


﴿قُل يا أَيُّهَا الكافِرونَ﴾
Къуръан чохь хӏумма а дац хӏара сурат санна иблис оьгӏаза дохуьйтуш, хӏунда аьлча цу чохь ду Дела цхьаъвар а, ширках дӏа цӏанвалар а.

Ибн Ӏаббас رضي الله عنهما

MOMSAR

17 Jan, 16:36


Керла хӏумма чу кхуссий те?

MOMSAR

17 Jan, 10:19


Наггахь деккъа ахьа лелош долу бахьанаш кхачаме ца хуьлу.

MOMSAR

16 Jan, 17:01


Бала чӏагӏбелча, айса дог дилларна гечдар доьху аса Хьоьга, сан Дела.
Халонаш сов йоьвлча, сайн гӏо хир дац моьттуш, во ойла хиларна гечдар доьху аса.
Айса доьхург хьеделча, хьалха Ахьа дина долу диканаш дицдарна гечдар доьху аса Хьоьга.

MOMSAR

15 Jan, 12:33


Хьо жима волчу хенахь берашца ловзу хьо..
Хьо жима стаг волчу хенахь хьайна нийсархошца пайде доцчуьнца гӏопал хуьлу хьо..
Ткъа хьо къан велча гӏийла хуьлу хьо..
Тӏаккха маца йийра ю ахьа массо хӏуманна паччахь волчу Къинхетамечунна Ӏамал?

MOMSAR

14 Jan, 20:37


Бӏаьргашца гуш доцарг ган йиш ю дагца.

MOMSAR

14 Jan, 19:43


«Дегнаш шайна дика динарг дукха везаш кхоьллина ду.»

Абуль-ӏаббас

MOMSAR

14 Jan, 16:01


Хьо ца гуш мел дукха хан яларх а, хьо мел дукха цхьанхьаша кхерсташ а лелла вуха веача шиммо йела а къежна, хьуна къин тӏера а яьлла, тӏе лоцура ву хьо, хьан нанас а, маьждигера жамаӏатас а))))))

MOMSAR

13 Jan, 13:10


Дукха дуьйцуш кӏезиг дийриш хуьлу.
Дукха дуьйцуш данне ца дийриш хуьлу.
Дийца ца дуьйцуш дийриш хуьлу.

MOMSAR

13 Jan, 08:59


Терго йе!

MOMSAR

13 Jan, 05:18


Ша чӏогӏа Аллахӏе деха дехна шена Цо делларг го адманна, амма дукхазза иза диц а до цо. Шена ца делларг алсам го цунна.
Амма кӏеззиг бен бац ша Аллахӏе деха а дехна, Цо Шена дика хаарна ца луш дитинарг иза Цо шена делла хиллехь мел зене хир дар ойла а йина, даггара хастам бийриш.

MOMSAR

12 Jan, 16:02


"Избегайте фитны" бохуш, цул тӏаьхьа шен юьхь гойтуш ша снимать веш, ша муьлуш йолу кофеш, хоьхкуш йолу маше, цхьа гайта мел оьшуш доцу хӏуманаш гойтуш, цул тӏаьхьа "ма дукха йаз йокх соьга йижарш..." бохуш, жалоба дийриг.

MOMSAR

12 Jan, 15:04


«Духар цӏена хилар, ният дика хилар, къонахалла гайтар пайхамараллийн шовзткъа декъех цхьа дакъа ду.»

Имам Малик | «тартибуль-мадáрик»

MOMSAR

12 Jan, 13:04


«Пайде цхьаъ да дезачун тӏе даьлча хӏумма да ца лаьа вайна.»

MOMSAR

12 Jan, 03:07


«Сан йал со кхоьллиначуьнгахь бен йац.»

[Хӏуд: 51]

MOMSAR

11 Jan, 20:55


Гӏалат карадахь хаийта

MOMSAR

11 Jan, 20:45


Дех цхьа а кхетар вац да бен.
Дериг телхаш доьдуш ду, цу дерригенал хьалха даьлла телхаш доьдуш вайн наханна юккъахь ден меттиг а йу. Инша Аллахӏ цунах алсам дийца хьовсар ду вай цкъа. Делахь а цкъачунна долчух тоам беш, хуьлучунна хьехам хилийта, и да воцчунна и да муха го хаийта хӏара байташка ладоха.

MOMSAR

11 Jan, 10:11


«Ирча лоруш ду стага ша мерзаниг йаа а йууш, шен доьзал тесна битар.»

Имам Малик | «Ӏумдатуль-къóрий»

MOMSAR

11 Jan, 07:09


«Хӏара ӏилма ӏамош дара шегахь ши хӏума долчо: хьекъал а, ӏибадат дар а.»

Аш-Шаӏбий

MOMSAR

11 Jan, 02:59


«Ялсаманехь замано хьоьгара схьадоккхура долуш хӏумма а хир дац.»

Бадр Áль Марӏий

MOMSAR

10 Jan, 19:51


وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Айхьа ӏамош дерг тахӏаджудехь деша эра дара.

MOMSAR

10 Jan, 19:49


СЕДА БАККХАР
(Хьалхара)
Хӏунда дуьйцу?

Бисмиллахӏ
Альхьамду лиллахӏ
Цул тӏаьхьа:

Анас ибн Малика (Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина: Аллахӏан Элчано ﷺ элира аьлла: «Къемат де дӏа хӏоттахь шух цхьаьнан керахь хурманийн диттан жима синтар а долуш, шен аьтто балахь дӏа ца дуьйш хьала ма гӏоттийла иза.» [Имам Ахьмад, Ат-Тирмизий]

Цу хьадисо гойту хьуна айхьа цунах пайда оьцур бац аьлла хетта долу дика а ахьа дар гӏолехь хилар, цу юкъа догӏу баккхийчара кегийчарна хьехар деш, царна шайн жималлехь дуьйна пайде хин дерг дийца дезаш хилар, уьш нийса новкъа бахар, "со воккха ву, со некъ бина ваьлла, самукъа ца долу сан цу берийн ловзарех" аьлла ӏа везаш ца хилар, некъ бинчо санна некъах лаьцна цхьамма а дуьйцур дац. Хьо къан велла, хӏара дуьне массо а хьолехь гина велахь а, хьан кхетам, хьекъал дахьа меттиг боцуш белахь а, наггахь хьайла кӏеззиг хьекъал долчеран хьоле воьссина церан хенахь а, кхетамехь а нийсархо волуш санна дийца дезаш хуьлу. Масала 2-3 шо кхаьчна беро сурт диллича, йа кехатах цхьаъ йича "ваа! Ма дика йина-кх ахьа иза! Айхьа йиний ахьа иза? Ма дика хаьа-кх хьуна иза! Кхин а йийра юй?" - муха олу ахьа и бера иракара хӏоттош, цунна ша динарг мехала дуй хетийта, цун сатийсам чу билла, "и хӏун берийн пал бу ахьа бинарг?" эра ма дацар ахьа, изза хьал ду, "и хӏун кегийчу нехан пал бу?" аьлла, ӏа ца веза, цара дийриг дича ду эхь, амма хьехарш дар хьуна йал йолуш, царна пайда хуьлуш ду, Инша Аллахӏ.

MOMSAR

10 Jan, 19:06


Рабиӏ ибн Хайсама шен доӏанехь олуш хилла:

"أشكو إليك حاجة لا يَحسُن بثُّها إلَّا إليك."

«Хьоьга бен далхо тамехь доцу хьашт далхадо аса Хьоьга.»

MOMSAR

10 Jan, 13:21


Ассаламу ӏалайкум!
Ӏаш дуй шу?
Ӏа деза, ӏа деза, ца ӏийнарг вац.
Даима ладеха, дийца аьлла а дац, наггахь тийналлехь ойла а йеш ӏар алсам пайде хуьлу.

MOMSAR

09 Jan, 20:35


توعد ترامب للمنطقة المحروقة أصلا بمزيد من الجحيم؛ فأضرم الله الجحيم في عقر داره قبل الموعد.

Иштта а багийна болу махкана (Гӏаззана) ша цӏе тосург хиларца кхерам тесира трампа, тӏаккха Аллахӏа цуьнан хӏусамехь (махкахь) тесира цӏе цо шен чӏагӏо кхочуш ялли.

MOMSAR

09 Jan, 16:20


Хӏу да дезар те цо тӏаккха? Ма дика ду и елла бохуш яз ян езар цо?

MOMSAR

09 Jan, 16:19


🤦🏾‍♂️

MOMSAR

08 Jan, 18:17


وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Аллахӏа хаза собар, синтем лойлакх цунна. Хӏара дуьне хӏумма а яц мухха йиъча а Валлахӏи. Хӏиц вайх массарах дуьсура долуш хьойда дукх хӏара.
Сайга хаьттича ӏилма ӏама де эра дар-кх цуьнга. И ӏамадича дуьне а, эхарт а декъала хир дар цуьнан. Делаца йолу юкъаметтиг толура яр. Синтем карор бар, марзо хаалур яр, массо а дика карор дар-кх цунна доцца аьлча И цхьа хьехар дийра дара.

MOMSAR

08 Jan, 17:44


وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Мегар ду. Амма и собар дагца, кхетамца хилча гӏолехь дар, амма иштта нислуш дацахь чехол тӏехь гича мукъа дага догӏар дацар те цунна жимма собаре хила?

MOMSAR

08 Jan, 15:55


Инша Аллахӏ, 20:00 даьлчул тӏаьхьа. Шу санна нахе ладоха хӏун хала дар?

MOMSAR

07 Jan, 21:10


И когда он увидел этот "кхиам" он почувствовал что он подавлен и опустощен, но вдруг его взгляд упал на стакан, из которого он чуть раньше пил кофе, он тоже был совершенно пустой, так он понял что в этом мире он все таки не одинок...

MOMSAR

07 Jan, 21:00


Шена хаза къахьо а йоьттина жайна деша охьа хиира иза, амма цхьа сахьт дӏа даьллачул тӏаьхьа ша бина болу бериг кхиам и къахьо дӏамалар бен боций хиира цунна...

MOMSAR

07 Jan, 13:48


Шаьш ца кхетахь а ца кхоьрруш делха мегар долуш байташ ю шуна)

MOMSAR

07 Jan, 13:48


"Хӏай шен ненах къаьстана бера гинарг..."
Ибн Заййатан къасыйдат

MOMSAR

07 Jan, 13:47


https://youtu.be/GLaWhcwEHFA?si=1FwcFRTd5DvIauQL

MOMSAR

07 Jan, 06:20


Ма хало ца гина-кх вайна кху дахарехь, вайх ша ӏаламат йоккха хало лайна аьлла хетарг а Пайхамаран ﷺ, цуьнан асхьабийн заманан куьзганна чу хьажа веза, ша шех эхь хета бӏаьрса охьатаӏор ду цо тӏаккха...

MOMSAR

07 Jan, 06:18


«...Нур дар-кх Иза ﷺ.»

MOMSAR

06 Jan, 20:12


Цундела болх бан беза шайн доьзална тӏехь

MOMSAR

06 Jan, 20:09


«Массане никахь ду шех бахьан а хилла Шафиӏий йа Ахьмад ибн Хьанбал саннарг дуьненчу ваьлла, тӏаккха иза гӏолехь а хуьлуш эзар шарахь ӏибадат дечул.»

Ибнуль-Джавзий

MOMSAR

06 Jan, 16:27


«Шен хан Аллахӏан доьхьа а, Аллахӏаца волуш а ца хиллачунна валар гӏолехь ду вехачул.»

«Ад-Дáъ вад-давáъ»

MOMSAR

06 Jan, 11:11


«Некъал хьалха хьайца хир волу (йолу) некъахо харжа.» - олу цара, амма и нийса ца хета суна. Цхьамма ала мега:
— Хӏун хилла хӏинца, хӏунда дац иза нийса? Цхьа хӏума чекх ца долуьйту аша!!!
Жоп иштта хир ду:
— Некъахочул хьалха некъ хӏун бу хьажа веза, тӏаккха хьайн некъаца вогӏуш (йогӏуш) накъост а хоржура ахьа.
Масала цхьамма аьлча:
— Сан дахаран ӏалашо гӏабакхаш лелайар, уьш дӏа йер, кхиор, газель тӏехь уьш йохкар. Хингал ца дезаш мила ву? Цундела: гӏабакх это всегда актуально.
И цо алахь иза харц а хир вац, амма цо шен дахаран накъост Гӏалара цхьа коча йоӏ йалайахь, эццахь хуур ду никакой ни "некъахо некъал хьалха." Йа масала цхьа мутаӏелам ву шен дахаран коьрта ӏалашо ӏилма йолуш, цу некъахь хало, къелла ловш, тӏаккха цо цхьа хьал долчу нехан кура йоӏ йалайахь, "некъ... некъахо-м" хаац и хье баа белла, хало а, къелла а моз дуй хуур ду цунна. Цундера: дуьххьара некъ, а потом уже то, что они называют "некъахо" йа "некъан накъост."
Хьалха олуш дара:"хьайн йоцу калош ма йоха!" Изза хьал ду...

MOMSAR

06 Jan, 10:43


Хьо цхьана хенахь ӏилманах кхеташ, дика дагахь ӏемаш хилар хӏумма а доцург хир ду хьуна хьо ӏилма ӏамочара сацахь.

MOMSAR

06 Jan, 08:25


"Дукха ма ле!" - бах-кх цо. Хӏумма харц дац и-м

MOMSAR

05 Jan, 18:02


«Ахьа югӏ-югӏа хьайн баланаш, халонаш, лазамаш дийцар хьуна паргӏато йахьар йолуш хӏума дац, мелхо а, цу лазаме хьан дагчохь орам тосуьйтура долуш хӏума ду, хьо наханна цхьа кхоьлина, бодане, массо а хӏуманах дог диллина адам гойтура долуш хӏума ду.
Хьуна гуш болу и даима къежна, дикане сатуьйсуш болу нах бац хьуна хьол а кӏезга бала ловш, делахь а, шайгахь дерг ца хаийта, шайна тӏехь толам баккха майралла тоьана царна.»


Ӏабдуллахӏ аш-Шахӏрий

MOMSAR

05 Jan, 16:39


وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Суна хууш делара хьуна и кхачам бийра болуш дийца...
Дукха хьолахь мебель МФД, ЛДСП олуш йолу материалах йо, ткъа ша и материал иза кегий жир (опилкаш) йу йох а йина вовшах латийна (пресовать йина) тӏаккха мебель ечарна гергахь Хьайн жайнеш тӏе хӏотта деш йолу терхеш (полка) а изза мебель ю, царна цунах йича кхачам хета иза, царна ца хаьа хьан цхьа жайна цхьа кийла дуй. Ткъа шена и терхеш езаш волчунна а ца хаьа шен и муьлха хӏуманах яйта еза, хӏунда аьлча мутаӏелам дукха хьолах къоламан, стоьлан дечиг бен гуш вац)) цул совнах хӏинца кхин башха дан а дац дечигех къоламаш. Хьал иштта хилча и МФД, ЛДСП и материал еза хӏума тӏе йилча вочу хьолехь каг ло, дикачу хьолехь юккъахь олла ло, цу кӏелахь дика гӏортораш ца яхь. Тӏаккха стенах йе? Цу хаттарна кхоччуш жоп сан сай а дац, муха хила ца деза хаар бен.

MOMSAR

05 Jan, 09:22


Ахьа хьайн жайнеш тӏе хӏиттор долу терхеш йовха лаьтте (тёплый пол) йолу чоь чохь хир йолуш йелахь, ахьа терхеш йечу хенахь иштта айба еза уьш лаьттара хьала. И йовхо жайнешна тӏе ца кхачийта. Йовхо дика яц царна. Сих доха бахьан ду уьш дукха дохлуш хилар.
Цхьа волчо ала мега ша цу кӏела йовхо сехьа ца ялийта масала пенопласт, пеноплэкс юьллура ю, бакъ ду, тӏаккха а йовхо сехьа ер яц царна тӏе, амма иштта йовха латта тӏе йиллар, йа шийла пенан чоьхьа агӏор йиллар дика дац, цу юкъахь матарбамба (плесень) лаца ло, ткъа иза чохь хилар ӏаламат зене ду могшаллийна. Доьӏуш долу сица пехашна цамгар кхета бахьанех ду иза. Кхи а сов аьлча матарбамба ша хьацарх лацалуш хиларна тӏуналла йу дукха яцахь а, амма хенаца сов йолу иза югӏа а тӏаккха жайнешна тӏе кхача гена дац и тӏуналла.

MOMSAR

05 Jan, 09:07


«Хӏай ийман диллинарш, шаьш дийра доцург хӏунда дуьйцу аша?» [ас-софф: 2]

MOMSAR

05 Jan, 06:20


﴿فَالمورِياتِ قَدحًا﴾ [العاديات:٢]

«Аса дуй буу (шайн бергашца) суй тосуьйтучаьрца а.» [аль-ӏáдийáт: 2]
———
И видео тӏехь гуш дерг ду цуьнан маьӏна.

MOMSAR

04 Jan, 17:56


«Дукха диканаш делахь, Аллахӏа тӏаккха синтеме вийра ву хьо каш чохь.»

Суфьян ас-Саврий | «Хьилйатуль-Авлийáъ»

MOMSAR

04 Jan, 08:30


«Аллахӏа дозалла до маликашна хьалха Ша хьехош болчаьрца.»

Ибнуль-Къаййим | «Аль-Вáбилу-ссаййиб»

MOMSAR

28 Dec, 13:37


«Дуьненан марзонах гена вала хьо - Аллахӏа дуьненан вон агӏонаш гойтура ю хьуна.»

Суфьян ас-Саврий | «Аззухӏд» ибн Абиддунья
———
Иштта ду хьуна кху дуьненах хьуна мел дезна долу хӏума а. Хьо цунах гена ваьлча Аллахӏана хастам бийра бу ахьа и хӏума хьайга ца кхачарна.

MOMSAR

28 Dec, 07:25


Хӏара MOMSAR юрт йелхьара иштта лакхара хӏара схьагучче гена а ваьлла эра дар аса:

— Чӏогӏа суна дукха йезаш юрт яра хьо. Хьо кхуьур яцар те? Хьо хазлур яцар те? - бохуш, дукха къа хьегнера аса. Дитташ дуьйш, татаолаш далош. Хӏинца со хьуна чура ара ма ца ваьккхи жӏалеша йаарг и нохчийн клавиатура ца хиларо бен... Хӏинца ӏе хьайна! Лаьттара ю хьо къух даьлла, цхьанна оьшуш йоцуш, хьалха устагӏаш бӏееееъ баьхначахь хӏинца меца чагӏалакхаш цӏийзаш... И не нужны мне твои слезы…

MOMSAR

27 Dec, 20:00


Дехар ду бот чу кхи хӏумма ма яийта!!!

MOMSAR

27 Dec, 19:59


السلام عليكم ورحمة الله وبركاته
Лераме вежарий, йижарий!
Мне нужно ввести чеченский язык в клавиатуру на айфон. Я не имею ввиду что мне нужен чеченский язык в настройках телеграмма, в телеграмме мне хоть русский, хоть арабский подойдет.
Мне нужен именно чеченский язык в клавиатуре айфона, чтобы в клавиатуре был т9 на чеченском, автокоррекция, чтобы клавиатура сама исправляла те ошибки которые я допускаю при письме на чеченском языке, чтобы как и для других языков клавиатура предлагала продолжение текста, например написав на русском «как» предлагает писать дальше «дела», или написав на арабском السلام клавиатура предлагает писать дальше عليكم.
Такая клавиатура на чеченском есть на андроиде со всеми перечисленными функциями, вот такая нужна на айфон.
Чтобы мог за короткое время писать посты в нашем канале, чтобы не писать одно и то же слово 5-6 раз пытаясь исправить слово. Было много раз захотев написать какую-то публикацию что написал только третью часть или половину, дальше не хватало нервов писать каждое слово пять раз. Вы наверное и сами заметили что в последнее время все меньше и меньше длинных постов.
Дехар дара шуьга шайна хуъчо иштта клавиатура муха йоккху алийша.
Если есть вариант пришлите запись экрана на этот бот, шай аккаунт гур ду аьлла ӏаш делахь, валлахӏи гича, ца гича цхьатерра ма ду иза...
@momsar_bot

MOMSAR

27 Dec, 18:59


Пайда хилар бен хӏумма дацар

MOMSAR

27 Dec, 18:59


Шена хуъчо аьллехь хӏумма дацар

MOMSAR

27 Dec, 15:38


Шу массо а дукха деза эра дац ас хӏунда аьлча иза цхьа эхь доцуш боьттина аьшпаш хир болун дера...

MOMSAR

27 Dec, 15:37


шуна хаийта лаьа суна

MOMSAR

27 Dec, 15:37


Амма вай цу хене ца довлахь а

MOMSAR

27 Dec, 15:37


Сатуьйсу вай цу хене довла...

MOMSAR

27 Dec, 15:37


Йеза хан... Ирсе хан...

MOMSAR

27 Dec, 15:37


Кестта тӏе кхочуш мархийн бутт хиларна...

MOMSAR

27 Dec, 15:36


Ассаламу ӏалайкум!

MOMSAR

27 Dec, 14:16


«Къинош дукха лета даро, аьтто кӏезга хуьлуьйту.»

Фудайл ибн ӏийáд | «Шуӏабуль-Ийман»

MOMSAR

27 Dec, 10:23


«Цхьамма дина долу диканах цуьнан берийн беранна а диканца бекхам хуьлу.»

Ибн ӏаббас | «Макáримуль-ахлáкъ» аль-Харáитӏый

MOMSAR

27 Dec, 06:39


«Хьайн дог Аллахӏ воцчух дассаде, цул тӏаьхьа ахьа Цуьнга Цуьнан муьлххачу цӏарца дехахь а жоп лур ду хьуна Цо.»

Аль-Гӏазáлий

MOMSAR

26 Dec, 20:17


Хӏора корта лозучунна синтем бу Аллахӏан Элча ﷺ корта лозуш хилла хилар, Цо ﷺ лазар чӏагӏделча «ва сан корта!» баьхна хилар а. Оццул цӏена болу и Цуьнан ﷺ корта лезна болу хьайнарга-м стен буьйцура?

MOMSAR

26 Dec, 18:57


КорУочи
Дӏа нислур долуш хӏуманаш дар йорша-м
على الطول كده
Ӏалаттӏул кеда

MOMSAR

26 Dec, 18:42


Абу Давуд ас-Сиджистáнийга хаьттира:
— Хьо дӏа ваьлчул тӏаьхьа хьаьнца охьахийша тхо?

Цо элира:
— Жайнешца.

Ибн Башкувáл | «аль-Фавáидуль-мунтахаба»

MOMSAR

28 Nov, 12:01


«Нахаца юкъаметтиг лелайе шу уллехь ца хилча церан шуна са а гатталура долуш, ткъа шу делча уьш шуна тӏаьхьа боьлхура болуш.»

Абу Хьаййан ат-Тавхьидий | «ассодáкъату вассодыйкъ»

MOMSAR

27 Nov, 21:00


«Йа АллахӀ, хӀинцалца Хьоьх кхоьруш вар-кх со, ткъа тахана Хьан къинхетаме сатуьйсуш ву-кх со.»

МуӀаз ибн Джабал (ша лечу дийнахь)

MOMSAR

27 Nov, 20:59


«Цхьана дийнахь Гечдечу Деле воьрзура ву хьо.»

Аль-Бухьтурий

MOMSAR

27 Nov, 20:19


Эшам хилла шу юьртана. Аллахӏа собар лойла шунна! Шуна хилла эшам Аллахӏа меттахӏоттабойла кхин а мутаӏеламаш сов бахарца! Валлахӏи сингаттаме ду, делахь а, муьлхха а хьолехь хастам бу Аллахӏана. Валлахӏи ву Иза вайца массарал къинхетаме! Хастам букх Аллахӏана дуккха а!

MOMSAR

27 Nov, 20:14


Наха хӏара йашна, даггара амин аьлла цу йишана доӏа дайта хӏара йаржа йайта лааркх...

MOMSAR

27 Nov, 19:43


Цхьа йиша дӏа яьлла бохуш хезна. Ӏилма ӏамош йара бах и йоӏ.
Ӏилма ӏамош ваша, йиша дӏа даьлча чӏогӏа новкъа догӏу. Сингаттаме хуьлу уьш чӏогӏа кӏезга хиларна, церан меттиг дӏа лоцуш кхин берш ца хиларна. Хӏора мутаӏелам чӏогӏа коьрта меттиг дӏа лаьцна ву шен доьзалехь, гергара наханна юккъахь, юртахь, махкахь. Цуьнгара ӏилма даржа доладелла дацахь а, иза ца кхиънехь а, цу мутаӏеламехь йолу дикалла иза адам нисло, дин даьржа, мохк денло, латта нуьре хуьлу бахьанехь ду. Ӏилма долчарна санна цхьанна а ца вевза Аллахӏ, цхьа а ца кхоьру уьш санна Аллахӏах, цундела цара деш долу ӏибадат шаьш муха до, Хьанна до хууш цӏена ду. Цул совнаха ӏилма ӏамадар, Мухьаммад ибн Аби Бакрас ма аллар: "ӏилма ӏамадар даго деш ламаз ду." валлахӏи мел доккха ирс ду Аллахӏ вевзаш, везаш, дог цу ӏилма ӏамадаран ламазехь долуш Аллахӏанна дуьхьала вахар.
Вай ойла йан йеза, валлахӏи вай дагахь хӏун ӏамийна, вай мел жайнеш дешна вай хӏун йазъйина, вай хӏу дӏа хьехна иштта коьрта ма дац, массане бу и дериг лела дина иза дӏа тесна... Коьртаниг вайга валар кхаьчча вай хӏун леладеш хир, муха дахар дӏахьуш хир ду.
Йа Аллахӏ, къинхетаме, комаьрша Эла, къинхетам бе Ахьа цу йишах Йа Рохьман, йа Рохьийм! Гечде Ахьа цунна йа Гӏоффар, йа Гӏофур!
Цу сингаттамах дакъа мел кхаьчначунна хаза собар ло Ахьа, йа Ваххӏаб! йа Аллахӏ каш нуьре де Ахьа цуьнан! Йалсаманан бошамашех цхьа беш йе Ахьа цуьнан кошах! Жоьажахатех ларъйина, Фирдавс ло Ахьа цунна!

хӏай къинхетаме, комаьрша Эла, тхуна а собар ло Ахьа хьайн динехь чекх довла! Хаза чаьккхе а, Фирдавс йалсамане а ло Ахьа тхуна!

MOMSAR

27 Nov, 11:13


Кху сурта тӏехь баьццара басца билгала дина дохалла вовшаха тоьхча, каӏбатан мел чӏогӏа уллехула цара и го баккхахь а 60 метар нека дан деза церан цхьа го баккха, ткъа церан уьш 7 го баккха беза, 60 ворхӏазз= 420 метар йу, мел лахара болу барам бу иза. 420 метар нека дина бохарг и нека дечунна хуур ду и мел хӏун ду) хьажа айхьа 100 метар нека дича хьо муха хуьлу, нагахь санна далахь.
садоӏуш дина хир ду алахь цхьамма, садоӏуш дича а, кхин тӏе логгелца хи чохь волуш, хино тӏетта ӏуьйдуш волуш хьайн цунах хӏун садеӏар хуьлу хьажа, хьайга кийра буьззина доккха са даккхалой чомахь... Цкъа шозза даккхахь а, и доккха са даккхар а хуьлу хьан хичохь кӏадвеш, и садаккхарна а садаӏа дезаш)
ткъа хи буха оьхуш ӏаьржа тӏулганна барт йаккхар, нагахь санна уьш дӏа хитталуш боцуш нека дан дезаш хьал цаьргахь хиллехь мел лахара цхьа ши метар герга тӏе даьлла хила дезаш ду цигахь и хи. Ӏаьржа тӏулг лаьттах 1,5 метар айабелла белахь ах метар хи буха эха веза цуна барт йаккха, ткъа кхин а дукха тӏе даьллехь кхин а дукха. Ара баьккхина некъ 420 метар йолуш, хӏора го боккхуш хи буха эхар а дац атта, дукхаха долу адам дай долуш хино тӏоьхула латта до, хина буха ваха ахьа хинна тӏоьхула нека деш хьоьгучулла шозза дукха къа хьега деза ахьа хин буха ваха гӏерташ. Хьо цу бухахь ӏункара ваьлча хьан мерчу, лергаш чу, оьхучу хино ӏийжавеш йеш новкъарло ца йийцахь а)

йа Робб, ийман, собар, могшалла, доьналла ло Ахьа тхуна Хьайн дин тӏехь чекхдовла!

MOMSAR

27 Nov, 10:57


«Бадр ибн Джамáӏата а дина нека а деш тӏоваф, ша ӏаьржа тӏулг болче моссуза кхочу хинна буха а воьдий цу тӏе барт йоккхура цо.»

«кашфуль-хофáъ»

MOMSAR

27 Nov, 10:39


Хьажахь нека а деш тӏоваф динакх цо аьлча чекх долуш дац
Ойла йан хӏуманаш ду цигахь

MOMSAR

27 Nov, 10:34


Муджахӏида аьлла: «Нахана схьайалла ӏибадатан мел хала йолу неӏ ца йоьллуша ца ӏийра ӏабдуллахӏ ибн Зубайр, цкъа догӏанаш ихна ломара охьа ихина ӏовраша (гулделла хиш) Каӏбат бухадахийтинера, тӏаккха ӏабдуллахӏа нека а деш тӏоваф дира.»

Аз-Захӏабий | «Сияр»

MOMSAR

26 Nov, 14:38


«Йа дукха дезаш долу нускал суна схьа далор долу буьйса а, йа суна кӏант вина аьлла кхаъ боккху буьйса а ма йац суна хьоме, чӏогӏа шийла йолуш, алсама ло оьхуш кхана ӏуьйранна со мостагӏчунна тӏе летара волуш аса арахь йаьккхина буьйсанал.»

Халид ибн аль-Валúд

MOMSAR

26 Nov, 09:11


«Къинош наханна юкъахь дуьйцуш верг и къинош дийриг санна ву.»

ӏалий ибн Аби Тӏолиб | «Къýтуль-къулýб»

MOMSAR

25 Nov, 20:29


«Оьшуш доцург а оьшуш нисло цхьаъ хилча.»

Аль-Марзýкъий

MOMSAR

25 Nov, 11:02


«Стеган хӏонц - цунна зеделларш ду.»

MOMSAR

25 Nov, 09:04


"Маржа дуьне яӏ!" олург ду-кх.
хьурул-ӏийнех лаьцна жайна 💔

MOMSAR

25 Nov, 06:08


«Ларалолахь сийдолчу стагах ахьа цуьнан сий дайъанехь!
Сийсазачух ахьа цуьнан сий динехь!
Хьекъал долчух ахьа иза юьхьӏаьржа хӏоттийнехь!
ӏовдалчух ахьа цуьнца забар йинехь!
Оьзда воцчух ахьа цуьнца юкъамет лелайинехь!»

Абу ӏамр ибн Аль-Ӏалáъ

MOMSAR

24 Nov, 20:39


Маша Аллахӏ чӏогӏа дика, пайде канал йу. Чу довла, йаржа йе!

MOMSAR

24 Nov, 20:37


https://t.me/dua_khacha

MOMSAR

24 Nov, 18:10


Пайда эца, лераме мутаӏеламаш цу каналах!

MOMSAR

21 Nov, 17:47


Дала мукъалахь, мукъа ваьлча хуучунна жоп лур ду

MOMSAR

21 Nov, 17:46


Иштта шайна жоп ца делчара цу чу йаз йайша

MOMSAR

21 Nov, 17:46


@momsar_bot
Цу чу йаз йе.

MOMSAR

21 Nov, 17:03


«Наханна цхьа зама йогӏура йу стаг кошана тӏех волуш цо эра ду: ”велара со цу кашчохь волчуьнан метта!” иза Аллахӏ ган лаарна эра дац цо, делахь а, шена гуш долу баланаш бахьана долуш эра ду.»

ӏабдуллахӏ ибн Масӏуд

MOMSAR

21 Nov, 10:56


«Стегарийн хьекъалш церан къоламийн йистешкахь ду.»

MOMSAR

20 Nov, 18:42


«Шун йаххьаш тӏе делакъажар дӏа де лаар-кх суна, делахь а, хала хета суна, шун йаххьаш шайна тӏе хӏума дӏа йе пайде йац-кх»

«Я желал бы посеять улыбку на ваших лицах, но к сожалению, ваши лица не пригодны для сеяния.»

#шедейбар

MOMSAR

20 Nov, 15:17


Хӏара байташ хезча иштта хьал хӏутту соьгам)

MOMSAR

20 Nov, 15:10


Бисмиллахӏ

Интернет чохь шайн гӏирсаш болуш, шайга ладухуш нах болчаьрга...
(Дукха хьолахь мутаӏеламаш бу уьш)
шуьга ала лууш кхо хӏума дар суна.
Царах цхьаъ хӏара ду:

со Шуна хьехар дан хьакъ вац, делахь а, цхьа чӏогӏа хаа ца даллал ира хӏума хьахо лаар суна, коьрта ду аьлла хета суна.
Со нийса вацахь ала деза аша, валлахӏи تواضعا ма ца бах.
Вайх цхьамма Делаца йолу йукъаметтиг юьйцуш суджуд, ламаз, доӏа дар, Къуръан дешар, Аллахӏ везар, Цуьнга сатийсар, Цунах кхерар и сийлахьа хӏуманаш вай дуьйцуш Къуръан чохь, суннатехь, асхьабийн къамелехь йа кхин болу дӏабаханчу дикачу нехан къамелехь иза хьахийна ма-дарра дийцича гӏоли хила там бар и дуьйцуш долу вайна уггар хьалха, и хӏун бохарг ду? йа иза хӏунда бах иштта аьлча, вай и йеза ӏамалаш вайна уьш хаа ма йаллар йийца йолийча, вайна цунах хӏу марзо хаало, хуьлийла иза ахьа "хьенеханна иштта хааделира" бохуш дуьйцуш хилча а, айхьа вуьйцург хьо вац моттийта гӏерташ, хьан иза догцӏенна Аллахӏана доьхьа ца хилахь хьо цу марзонах вера ву, шолгӏа цу наханна цунах пайда а хир бац иза Делан доьхьа ца хиларна. Ткъа вайна ца хаьа вай лелочух кхоччуш догцӏенна хӏун дар, يوم تبلى السرائر гучадера ду иза. Цундела вайн ӏамалаш ларъйеш вайн и ӏамал йеш хаалуш йолу марзо аьттехьа а гуча ца йаккхар вайна гӏолехь ду. Гучайаьллачул тӏаьхьа-м тӏема даьлла хьоза лара мегар ду цунах, Шаӏбийс ма аллара:
«Сайн ӏамалех нахана гучайаьлларг аса лоруш а йац, вайн дегнаш гӏийла ду нахана ган а гуш догцӏенна ӏамал йан.»
цундела вай мел гӏийла ду хууш, вайн догцӏеналла мел шех мода хьакхайелла ду хууш вай лара делча гӏоли хила мега.
вукха агӏор ахьа и хьайна хаа йелла марзо мел хаза йийцахь а нах бац хьох кхетара болуш шаьш цунах чам баккхалц. Гой хьуна жӏалеша йаарг и эрна ахча духкуш оьцуш йолу дубайский шоколад мел хаза юьйцу, амма ахьа а, аса а тамаш ца бо цунах, йа вайшинна цуьнан чам баккха а ца лаьа...

18 Джумáдаль-ýла 1446 хӏ.ш.
=20.11.2024 ш.

MOMSAR

20 Nov, 14:40


Ахьа хьайн доӏанашкахь воьхуш верг и вукх хьан ваша а, доттагӏ а.

MOMSAR

19 Nov, 17:13


Оьгӏаза яхана ю моьтту суна хьала ма саттарг, схьа хьожуш а яц.
И ма ду иза зезагаш кхоьхьуш вала велла дӏа ваьлчи тергал ца во, цундела даже ролтон а ца яхь... Нисса!

MOMSAR

19 Nov, 15:55


«Дегӏан лаам сов баьллачуьнан хьекъал къайла долу.»

Абу ӏалий ас-Сакъафий

MOMSAR

18 Nov, 20:35


И маьнги кӏела ваьлла йоьшуш йерг йеша лааркх)) кхин дӏа йерг шайерг йешна...

MOMSAR

18 Nov, 20:34


Керла дешнаш ӏамош, дикка дошам а (словарь) кегош болх бийра бу аса хӏокху книжкан тӏехь.. Ткъа еша волаваларца синхьогам сов болий, сацам боцуш, чекхйоккху…)

MOMSAR

18 Nov, 19:53


Шен юртана сагаттош волчу цхьана къонахчо кхоьссина ги суна хӏара видео. Бакъ дерг хӏунда ца дуьйцу дог лазадели((
шен дезаш долу латтанах, ша кхиийна долу латтах хьегар мел хала хир дар иза((
Йа Робб! Хьайн уггара хьоме долчу латта тӏехь кхалхар Ахьа тхуна ца йаздинехь, тхуна сил дукха дезаш долу латта тӏехь Хьо реза волу кхалхар ло Ахьа тхуна!
——
Олуш дара: «любви достойна только мать.» цунна дайна: «”хӏаль налтакъи” достойна только хьо кхиийна латта.»

MOMSAR

18 Nov, 14:07


«То, что вы можете воспринимать спокойно, больше не управляет вами.»

конПуций

MOMSAR

18 Nov, 13:25


Цхьана стага Суфьян ибн ӏуйайнате элира:
— Забар йар ирча лоруш ду.

Цо жоп делира:
— Мелхо а суннат ду иза, делахь а иза йан хууш, шен меттехь йечунна.

Багӏавый | «Шархьу
-ссунна»

MOMSAR

18 Nov, 10:11


«Латта тӏехь мел дерг а кхачаме хир дац хьуна,
амма ахьа долчуьнца тоам бахь, тӏаккха массо хӏума а кхачаме хир ду хьуна.»

Абу Фирáс аль-Хьамдáний

MOMSAR

18 Nov, 08:03


«Ирс ду-кх нахехь цхьалла а хаайелла, цхьана АллахӀаца синтем а карийна, шен къинна вилхинчунна.»

Фудайл ибн ӏийад

MOMSAR

17 Nov, 18:59


«Зударша маттаца деш долу зе Дела гергара наханна а хуьлуш хӏума ду.»

Абу Хьамид аль-Гӏазалий | «Ихьйáъу ӏулýмиддийн»

MOMSAR

16 Nov, 06:49


«Адаманна уггар мехала дерг ши хӏума ду: цуьнан дог а, цуьнан хан а, цо шен хан йайъахь, цо шен дог дӏа а тасахь дукха диканех вера ву иза.»

Ибнуль-Джавзий

MOMSAR

15 Nov, 18:20


Цхьа иштта дог даьтӏчахь йаьккхана хир йолш юкх хӏара видеоъ)))

MOMSAR

15 Nov, 18:19


Бехк ма биллахь, сан ваша, ахьа хӏара яийтича чӏогӏа хаза делла суна. Хӏумма дац хьуна, дукха са ма гатта делахь. Ахьа бахахь леладича далам долар уьш...
Кхин башха оьшуш дацан уьш лела дарам хӏинца. Шайерг юхкуш ю)

MOMSAR

15 Nov, 17:33


Мега. Амма гӏолехь дерг цхьа ах сахьт дисча чекх а даьккхина тахӏаджуд а, витр а, и ах сахьт гечдар доьхуш даккхар ду. Дала айатехь "ӏуйкъенашца гечдар доьхурш" аьлла хастийнарш и ӏуьйкъе ӏуьйр ламаз хан хила гергара хьесапехь аьлча ах сахьт дисча йерг йу бах .

MOMSAR

15 Nov, 17:13


Таакс интересно.)
хьо хьой муха ву хаа деза.

MOMSAR

15 Nov, 16:59


Хӏара ахьа йеха йазъйинарг ериг чу кхосса бӏегӏийла ца хета суна, бехк ма билалахь. Амма ахьа мел йазъйинарг йешна аса, ойла йина, Аллахӏ реза хуьйла хьуна. Аллахӏа сагӏа дойла хьан хаза дешнаш. Къаьсттина и пардо боху дешнаш дукха ойла йайтира соьга... Цунах лаьцна мелла йеха йазъан ойланаш йар коьртехь хьийзаш, амма кху сохьта куьг тӏе ца доьду... Дала мукъалахь йазъйийра йу, са-м туьйсу...
Йуха а Аллахӏ реза хуьйла!
Аллахӏа Ша реза волуш дӏа оьцийла вай!

MOMSAR

14 Nov, 20:06


وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
Бахьан шегахь лаха деза. Цул тӏаьхьа собаре хила веза. Аллахӏан Элчано صلى الله عليه وسلم аьлла шух хӏоранна жоп луш ду шу сих мел ца дели. Сих далар хӏун ду аьлча? Дийхара аса, дийхара аса жоп ца делир суна алар ду.
и цхьа агӏо йу, шолгӏа массане ду вай хийла даггар дехна долу хӏуманашна Аллахӏа вайн ца даларна вай тахана Цуна хастам беш. Вайна ца хаьа вайн гӏолехь хӏун ду Аллахӏана хаьа. Вайн жоп ца луш валлахӏи цхьа а дац жоп ца луш, ӏумара аьлла: хьуна доӏа дар Дала дагатеснехь жоп дала лиъна Цунна. Хьун и даг дар а дукх и жоп. Делахь а вайн кхетамаш гӏийла хиларна вайн ца го и жоп. Ойла йича, заманца кардо хьуна иза. Хастам бу Аллахӏанна даима.

MOMSAR

14 Nov, 19:58


اللَّهُمَّ مُصَرِّفَ القُلُوبِ صَرِّفْ قُلُوبَنَا علَى طَاعَتِكَ

MOMSAR

14 Nov, 19:21


Ца хета суна цхьа хӏума. Репост йичи ца йеш вуьшт схьа эцчи инша Аллахӏ цхьатерра йал хила агӏо юкх иза Дала мукъалахь. Аллахӏа Шен доьхьа дойла вай дийриг!

MOMSAR

14 Nov, 18:48


Цхьа жимма..

MOMSAR

14 Nov, 18:47


https://sprosi.link/abufinik

MOMSAR

14 Nov, 12:14


«Хьекъал а, паргӏато а нехан къамелах бала а ца кхочуш хьо кхоьллинчуьнан къамелаца бала кхачарехь ду. Мелхо дериг хьекъал а, паргӏато а и йу-кх.»

Ибн Хьазм

MOMSAR

14 Nov, 07:12


‏ندعوك في خجلٍ ونعلم أنّنا
بئس العبيدُ وأنت نِعم الربُّ

Оха доьху Хьоьга эхь хеташ, хаа а хууш тхаьш вон лайш хилар а, Хьо дика Дела хилар а.

MOMSAR

14 Nov, 03:58


Имам Малике элира:
— Хьенеха а йаздина «Муваттӏаъ».

Цо жоп делира:
— Наха а йаздина «муваттӏаъ», вай а йаздина «муваттӏаъ», амма дуьсун дерг Аллахӏан доьхьа хилларг ду.

MOMSAR

13 Nov, 16:39


ولَـستَ تـدري هُدوئي كَم يُكلِّفُني
وكَم دفعتُ لـهُ مِن مُـهجَتي ثَـمنًا

Ца хаьа хьуна сан синпаргӏато суна мел хала хуьлуш йу
Йа аса цунах сайн синах хӏун мах дӏа ло а.

#адабиййаат

MOMSAR

12 Nov, 20:34


Масал далош аьлча, "Ровдатуль-Мухьиббийн" олуш цхьа жайна ду, чӏогӏа хаза жайна ду иза, доьшучуьнга чӏогӏа тамаш бойтуш йаздина жайна ду иза, йаздинчо ма-аллар ша дешнарг цхьа верг велхор волуш, ткъа кхин верг велор волуш, и мел хаза, мел мерза жайна ду, шен цӏе санна баккъалла а беш йу иза, массо кепар стоьмаш ду цу чохь. Цу чохь харц цхьа хӏума ду алалур дацар соьга.
Амма хӏетте а, и юкъарчу наха дешар чӏогӏа зене хир дар, боккха бохам хир бар царна цунах. И хьовх Делах кхоьруш воцу мутаӏеламе а доьшуйтур дацар аса иза.
Ала лаьа и цхьана дийнахь гочдина охьа дуьллий и гочдинарг вон стаг ву шунна! Вон болх бина шуна цо!

MOMSAR

12 Nov, 20:22


дера вай а бо тамаш, юкъарчу наханна (ӏеламнах а, мутаӏеламаш а боцу) хаа оьшуш доцу, царна цунах лаьцна хазар зене долу хӏума, церан хьекъалаш тӏе кхуьур доцу хӏуманаш шен чохь долу жайнешна гоч а дой даржа до. Хийла жайна доьшу ахьа ӏарбо маттахь, ма дика ду хӏара хӏума юкъарчу наханна ца хууш аьлла хета хьуна, цул тӏаьхьа шо а далале интернет чохь перевод кара йо хьуна йухкуш.
Бакъ ду, тахана и жайнешна гочдар мах луш хӏума ду, шегахь ахча долчо мах а хӏотта бой гочдархочуьнга заказ дӏа ло, ткъа вукхо шен болх бо, и заказ луш волчо дешна а хир дац иза, цу чохь хӏун ду а ца хаьа цунна, амма йоккха цӏе а хезий, Шейх Хьенеха йаздина ма ду иза олий шен заказ йо цо. Шуна ма моьттийла и переводаш цхьа Делах кхоьруш волчу мутаӏеламо, динах саготта волу цхьа жайна а доьший ма пайде ду хӏара, ма нахе дӏакхачо дезар хӏара аьлла гочдой даржош ду, бакъ дац! Цу тӏера даьлла дукха хан йу и гӏуллакх! И гочдарх а кхин долчух санна йохка-эцар хилла. Мел дукха дар цунах лаьцна кхин а дийца...
Аллахӏа кхетам лойла вайна!

MOMSAR

12 Nov, 20:12


«Аса цхьанна хӏуманах тамаш цо бо мутаӏеламах санна кху интернет гӏирсашкахь нехан кхетамаш тӏе кхуьуш доцу даккхий хаттарш кегош волу, ӏеламнаха шайн юккъахь а, шайн жайнеш чохь а бен дуьйцуш хилла доцу.»

Аййуб аль-Джухӏаний

MOMSAR

07 Nov, 19:08


жимма шу дог эца лиънера))…
Не благодарите!

MOMSAR

07 Nov, 17:16


МИЛА ВУ И ТРЕНЕР?

Бисмиллахӏ

Хӏара къамел дайшка ду уггар хьалха, цул тӏаьхьа, ца боьвлла лелаш болу наношка а ду.
Цхьа шеко йац хӏора хила ма-везза волу дена шен кӏант ийман долуш, къонаха волуш майра кхуьийла лаьа, ийман долуш кхиийта хьуьжаре дӏа ло цо, цигахь ӏема цунна къонахаллех доккха дакъа а.
Ийманах, къонахаллах дерг цу берана дог кхиочух ду, амма и санна эхарт декъала дечух дацахь кху дуьненахь цу кхуьуш волчу кӏантана чӏогӏа коьрта ду шен дегӏ кхиош дерг довзар а, леладар а, иштта ӏема цунна къонахаллех тӏе ца тоьуш долу дакъа а, майралла а, и хьовх мелхо а харц хир дац цунна цигахь оьздангалла а ӏема аьлча. Хьо кхетта хила мега вай дегӏ кхиош дерг аьлча юьйцург спорт хиларх. Бакъ ду, цо ӏамадо бера майра хила, къонах хила, оьзда хила, нагахь санна ахьа кӏант нийсаче дӏа веллехь. Мукъа ӏийча цунна зене хилча, хаза къахьоьгуш йаьккхана хан пайде йу цунна, вониг дага да хан а ца хуьлу цуьнан. Хьал иштта хилча ша и бера цуьнан дегӏ дикачу агӏор кхиийта цхьанхьа дӏалуш хилча дена тӏехь ду цунна пайде спорт харжар, и хаьржича цунна оьзда, гӏиллакхе, къонах волу тренер харжар а, хӏунда аьлча и тренер ахьа и кӏант футболе дӏа веллехь а, лаахь а, ца лаахь а цу кӏантана ша велла дӏа валлалц "авторитет" хир волуш ву. Цо аьлларг дан луур ду цунна, иза гича хаза хетар ду цуна, цо ша хастийча дог хазахетарх дузар ду цуьнан, лаахь а, ца лаахь а, хьуна хезаш тамаше хетахь ден меттиг ца лаьрча цо уггар чӏогӏа ладухар дерг ву иза шена везавелчул тӏаьхьа, ткъа веза сиха лур ву цунна иза. Кхин дӏа велла дӏа валлалц цо шайх масал оьцуш болчу нахах хьалхара меттехь хир ву иза. Иштта хилар тамаше а дац, хӏунда аьлча цо лата ӏамош ву иза, шен а, шен ваша, йиша лардан, и хьовх юьхьанца шен хӏусам ларъйеш ӏема иза, ткъа кхана мохк ларбан а къонах хир ву цунах. Хьал иштта хилча хьайн кӏантана къонаха волу тренер харжа веза ахьа, хӏунда аьлча цу кӏанта масал оьцар ду цунах, амма хьайн кӏантана цхьа ледара стаг волу, шен дегӏан лаам хьулбан ницкъ ца тоьу, шен во цӏе йоккху тренер харжахь тӏаккха а везар ву хьуна цунна и тренер, тӏаккха а оьцур ду цо цунах масал, наха цуьнан вон цӏе йоккхучахь шен тренеран сий лардо ша бохуш цунна тӏе хӏуттар ву иза, ткъа шена цуьнгара даьлла аьлла хезна вон хӏума дикачу агӏор тида гӏертар ву иза, цуьнгара даьлларг кхин башха вон хӏума а дац аьлла хетар ду цунна, хӏунда аьлча цхьа адам деза делча цуьнгахь вон дерг а дика го хьуна, цу адаман хьал ма-дарра и адам дезаделла боху кӏура йуккъара сехьа вала веза. Цундера, хӏай да, ахьа къонах воцчу стаге хьайн кӏант дӏа валар валлахӏи ахьа цунна вониг ӏамо беш аьтто ма бу иза, дегӏ кхуьу агӏо йо аьлла дог ле агӏо йеш ву хьо. Цу кӏанта шен ишколера цхьа а хьехархо а лорур вац тренер санна. Цундела ойла йе!

Аллахӏа аьтто бойла вайн тӏекхуь чкъор ийманехь а, доьналлехь а кхио!

5 джумадаль-ýла 1446 хӏ.ш..
=7.11.2024ш.

MOMSAR

07 Nov, 13:51


Хаза шийла арахь хьайн ламаз эцна, тӏе гӏерташ йолчу буьйсано дуьненна тӏе таса болалуш болу бода гӏаьххьа хаалуш болуш, сарахь суьйренца цу шийла махе хоьттина маьркӏажа ламаз деш. Мел хаза хӏума ду иза а!)) хӏара дериг дуьне а ду хаза! Хастам бу-кх Аллахӏана! Эрна кхоьллина ма дацар Цо хӏара дериг а.

MOMSAR

07 Nov, 06:04


Мел хаза ду иза тӏаккха!

MOMSAR

06 Nov, 16:14


Терхеш (полка) муха йийра ю, муьлха аннех, и аннаш жайнеш лаза ца дайта шар муха дийра ду, шардинчул тӏаьхьа цу тӏе хӏун хьокхура йу, хӏун бос берг хьокхура йу)

MOMSAR

06 Nov, 16:10


Валлахӏи цхьа жимма а хьоьгуш вац со цхьаннах а, Валлахӏи вац.
Аллахӏа делчунна чӏогӏа реза ву. Валлахӏи са мел тийсинарг делла вайна Дала. Дала ма аллар:
«Аша мел дехнарг делла Цо шуна.»
[ ИбрóхӀим: 34 ]
делахь а цу канал чохь дийца лерана дерг кхунах хӏотталуш долун дера... Охьа хиъна жайна доьшуш, йа доьшуш долу жайнеш тӏехь охьа дохкуш стол йац сан, ур-атталла наггахь хаза сурт даккха а-м. Хӏицна хӏара йешча войзчунна цхьанна дага да мега: "ва аса лур ма йар стол жайна деша", хӏан-хӏа! Аса схьа а оьцур йацар иза, йа муьлх-муьлхха столана со реза а хир вацар, цундела цкъа йар сан стол иза а аса айса йина йар, лаьттахь йазъан, жайна деша а лоха йинера аса иза, чӏогӏа дика а йар иза, амма ӏаьнтӏехь лаьттахь хиана ӏийча са хене вахча букъ шелло)) цундела оьшучунна дӏа йелара аса иза, цу тӏе кхаьчча кхин стол йийра ю инша Аллахӏ. Амма йийца лерана йерг стол йац)) йийца лерана йерг стол а, терхеш а, маьнга а, чоь а дийна библиотека йу инша Аллахӏ. И шайерг йан ойла йу сан, йац вайн чохь са мел ду, гӏора мел ду нахе соьмаш кхийдош, югӏа цара динчунна оьгӏаза оьхуш "теттана мах ма беллера хьуна, хӏара хӏу пал бу ахьа бинарг?" бохуш цаьрга и дайтарна дохко вийла, хӏан-хӏа, дика, хаза дан лаахь ша дан деза, даггара, и ша дийриг деза а дезаш! сайн 15 шо хан герга йолуш цхьа книга йоьшуш цу чохь цхьа хӏума дийшира аса «если хочешь делать хорошо, далай сам!» - аьлла. Цу хенахь дуьйна и чӏогӏа бакъ карийра суна, цу хӏуманна цхьа къайле йац Аллахӏа хьуна гӏо дар бен. Цундела жайнин хӏусам мутаӏелман дахарехь уггар мерза хӏуманах ду. И ша дан деза аьлла хета суна. Буттуш болу бух тӏера дуьйна. Йуьллу йолу кибарчк, лаьтта тухуш у делахь, мас кор хила деза, кор мел доккха хила деза, чоь шуьйра мел хила йеза, йеха мел хила йеза. Чоь мас хила йеза. Чоь хьовх цу хӏусаман хьалхе муха хила йеза, буц, дитт...
цу чоьна тӏе боьду буткъа некъ муха хила беза))
и дериг коьртехь хьийзаш ду сан, инша Аллахӏ жим жимма цу канал чохь дуьйцара ду вай... Цхьа кху заманан мóда а, мода (пятно, грязь) хьакх йелла хӏума дезаш цхьаъ велахь, цхьа бӏе стогар, "икъоъ" аьлла дашан кепехь полкаш гаре сатуьйсург цу чу вала а ца оьшу) хӏунда аьлча вайн жайнин чоь иштта хир йац инша Аллахӏ, ма хуьллу атта йина хир ю, максимально просто) иштта хӏусамехь бен синтем а ма ца карабо. И дериг гуш хир ду вай цу хене довлахь, инша Аллахӏ. Аллахӏа гӏо дойла вайна!✊🏾

MOMSAR

06 Nov, 15:41


И хӏу ду аьлча

MOMSAR

06 Nov, 15:41


https://t.me/attaqyeed

MOMSAR

06 Nov, 15:40


Шайна лаахь цу канал чу-м ма довла, колхозникаш, амма цу чохь цхьа хаза дийца лерана хӏума ду вай, инша Аллахӏ.
Мутаӏелмашна чӏогӏа пайде хир ду аьлла хета суна иза инша Аллахӏ.

MOMSAR

06 Nov, 10:41


Ӏарбо мотт хуурш чу бовла

https://t.me/attaqyeed

MOMSAR

05 Nov, 17:03


Хьо велча-м наханна моз тарлур ду хьох, амма ахьа хӏун до цунах тӏаккха?

MOMSAR

05 Nov, 16:07


«Ниӏмат девзаш дац, амма иза дӏадаьлча девза иза.»

Ибн ӏáдил | «Аль-Лубáб»

MOMSAR

05 Nov, 08:15


«Аллахӏера мел хуьлуш долу хӏума хаза ду, баланехь йолу хазалла вайна ца гахь а.»

Ибнуль-Джавзий

MOMSAR

04 Nov, 16:34


«Ирс - сацам бу, аьттонаш хилар дац.»

MOMSAR

04 Nov, 16:21


Бисмиллахӏ

Кху дахарехь ирсе хила дуьзна киса, лекха хӏусам, кӏеда машен ца оьшу хьуна, ирсе хила хьуна оьшург Далла хастам беш дог ду, валлахӏи мел хаза го хьуна хӏара дахар тӏаккха, хӏара дериг дуьне хьайна доьлуш санна хета хьуна. Дегӏ цомгаш хилахь а, Аллахӏах хаза ойла йолуш дог хьан мел ду, - ткъа иза массарал алсам Шех лаьцна хаза ойла хила хьакъ верг ма ву -, хьо массарал ирсе верг ву. Дегӏ цомгаш хила йиш, дегӏ шеллуш хила йиш йу, кийра беса хила йиш йу, амма и деригге долушехь ирсе хила йиш юкх хьан...

MOMSAR

04 Nov, 15:53


Мел хаза ду иза тӏаккха

MOMSAR

03 Nov, 20:11


Кхи цхьа шедейбар а ю шуна))))))))

MOMSAR

02 Nov, 17:24


«Дика Ӏамалах ду вониг дитар а.»

Сáлим ибн ӏабдиллахӏ

MOMSAR

02 Nov, 16:01


наш канал для знающих арабский язык, не знаю сколько он продержится)

MOMSAR

02 Nov, 16:00


https://t.me/attaqyeed

MOMSAR

02 Nov, 11:24


«Нах къемат дийнахь гӏиттор бу цара ламазаш лардаре хьаьжжана.»

Абу Хӏурайра رضي الله عنه

MOMSAR

01 Nov, 21:20


Алам дика аьллера ахьа. Суна кар ца докх...
Дела реза хуьйла!

MOMSAR

01 Nov, 21:18


Доьхар ду! Мегар дац хьо иштта хила. Да-нана бера а вовше болх нисбийриг а, белхало санна хила дезаш дац цхьамма ша дан дезарг кхочуш дахь вукхо а дийр долуш. Иза мухха велахь а ахьа хьайн тӏехь дерг ахьа кхочуш дан деза. Иза кериста велахьара а дар хьуна тӏехь цуьнан хьакъ. И да вацахьара Дала уггар сийлахьа йина кхоьллина йолу хӏума - адам хилла дуьненчу яьлла хир яцар хьо, и да вацахьара Аллахӏан ӏибадат дан аьтто баьлла хир бацар хьан, и вацахьара даима хир йолу ялсамане яккха аьтто баьлла хир бацар хьан. Дохко а йале, тоба а дай дика хила цуьнца хьанна хаьа дог кӏаддала а мега цуьнан. Цуьнан и кӏад ца лахь дӏа ярза бохург а дац хьуна иза... Аллахӏа тодойла шу чура хьал!

MOMSAR

01 Nov, 21:10


Бекхам массарна а хир бу мел долчух. Делахь а, и хала хетар дагчу а диллина, цуна кӏелахь хьайн дагчохь цӏе а латийна а югӏ-югӏа кхехкош лелачул, цу адаманна къин тӏера вали, Дала нисвойла хьо ала цуьнга.
Югӏахула цуьнгара хӏун дала мега хуур ду хьуна.

MOMSAR

01 Nov, 21:03


وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
И дӏа ала бах шуьг.

MOMSAR

01 Nov, 20:56


Хӏуда духу цуьнга ла? Эшаршкахь цхьанна а хьикмат а, хьекъала а карор дац. Цулла пайде цхьаьнга ла доха хан ца йойъуш. Хьуна хаа деза хьо хьекъалехь сов воккхуш мел доцу хӏума хьо хьекъалехь эшош дуй

MOMSAR

01 Nov, 20:53


Тхом тхаьш дуург диина доьвллера хаза хета кегийчу неха хаза кхиамаш гуш))

MOMSAR

01 Nov, 20:47


Цхьа даккхий пекъарш ду хьун тхо, тхай дагар ца хаийта гӏерташ когаш текхош лелаш))

MOMSAR

01 Nov, 20:47


Ахьа подняться дахь тхо миска нах диц ма делахь)

MOMSAR

01 Nov, 20:45


ма даггар лелош хила йеза и йолчо))

MOMSAR

01 Nov, 20:45


Кхуьн нах тӏе бетталуш бу

MOMSAR

01 Nov, 20:44


и https://t.me/Iindagh хӏара йу))

MOMSAR

01 Nov, 20:44


Кху дийна телеграм чохь массо каналаш чура нах ара буьйлуш бу цхьа канал йоцчур

MOMSAR

01 Nov, 19:48


«Лай цхьа а хӏума дан ницкъ кхочуш вац Дала шен ницкъ кхачийтинарг бен.»

Ибн Раджаб

MOMSAR

01 Nov, 16:00


«Валлахӏи хир вац кхиаме ша хестийнарг йа ша шех тамаш бинарг.»

Аз-Захӏабий

MOMSAR

31 Oct, 21:29


Ма цӏена са дар-кх Хьо, хӏай Аллахӏан Элча ﷺ!!!

MOMSAR

31 Oct, 20:21


وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته
في فقه الطهارة والصلاة كتاب "شرح سفينة الصلاة"
وفي الكتاب الشامل لجميع أبواب الفقه كتاب "الياقوت النفيس".
На обе книги есть уроки в телеграмм

MOMSAR

31 Oct, 19:51


Бехк ма билла!

MOMSAR

31 Oct, 19:48


Совгӏатах лаьцна йазъйинарг...
Ахьа чу ма кхосса аларна чу ца кхуссу аса.
Аллахӏ реза хуьйла. Амма аса схьа оьцур дац иза.

MOMSAR

31 Oct, 19:31


И бахар аса. Цо хӏара момсар схьа ца ийцир. И ӏиндагӏ мукъ эцахь аьлла хала эцна ю цо иза. Амма валлахӏи ӏарбо мотт а, нохчийн мотт а говза хаьа цунна. Цул совнаха дика дешна а ву, доьшуш ву. Хьакъ ву иза

MOMSAR

28 Oct, 19:06


@momsar_bot
Говзалла сов йоккху хӏума оьшу вайна, яийта.
Амма тховса жоп ца лахь бехк ма билла...

MOMSAR

28 Oct, 18:32


?

MOMSAR

28 Oct, 18:14


Хӏумма дац, хьажал сих велчахь аьлла хир ду)
вуьшта ахьа чӏогӏа дика бах. Кхи хӏумма ца хилча йеккъа забар а ю наггахь йеш хилча пайде

MOMSAR

28 Oct, 17:57


Шу насыхьат мехала ду суна.
кху чохь динах лаьцна дукха хӏума ду, можно сказать 95 парцент, возможно даже больше. Иштта хилча а мегар дац бах ахьа наггахь забар йа? Цхьанги хьарам дерг лела де ма ца бах вай.
Цул совнаха баккхий имамашкара наггахь хилла хӏума ду иза. Хьуна ӏарбо мотт хаахь аса масех жайна эра дар хьоьга, хьуна эшахь конечно.

MOMSAR

28 Oct, 17:36


И цхьамма эра дуй хаар. Цунна жоп кечдинера аса) борз сий дайъар дацар иза, цу вилхана волу стега сий айба гӏортар дар.

MOMSAR

28 Oct, 17:32


Ма ала уьш белха бохку! В таком случае мы обязаны оставать волка, как бы напоминая чтобы совсем не растаяли страдая. Так как волк - символ храбрости, мужества, достоинства.

MOMSAR

28 Oct, 17:27


Таак. Хӏара дика аьлла. какой цвет будет на данном видео нейтральным?

MOMSAR

28 Oct, 17:15


Ца хаьа суна. Со вацар цигахь, цигахь хиллехь сай ма хуьллу маслахьат да хьаьжна хир вар, йа хотя бы цу шинга сих ма лойш аьллаъ))

MOMSAR

28 Oct, 16:55


На самом деле чӏогӏа оьзда чулацам болуш байташ ю уьш. Хьиджаб деккъа духар хилла ма ца ӏай, дуьххьара хьиджаб фард дина тӏе дуьллучу хенахь санна прадо тӏехьа къамел дан дезаш хилла даркх, иштта духар хиларал совнаха оц байташкахь цу йоӏа пардо лардина, амма и шена хала киртиг хиларна и пардонна ӏуьрг ца даьккхича ӏа ца йелла иза. Шолгӏа никъаб а ю цигахь ларйина, и бӏаьрхиша дӏадохуш вай йовлакх аьлларг никъаб ю цигахь مقانع аьлла хьахийнарг. Югӏа байтанчо алар малх а хир бацар иштта бохарг иза цунна хьалха кхи башха гина а ца хилла бохарг ду.)

MOMSAR

27 Oct, 19:31


https://t.me/fws7a/80

MOMSAR

27 Oct, 18:49


Аллахӏан Элчан ﷺ асхьабашна иза мел везаш хилла, цара иза мел ларвеш хилла шай синош ца кхоош иза дийцана ца валлал дукха деха, дагах кхеташ хӏума ду. Иза ﷺ царна мел везаш хилла цара иза ﷺ дӏаваьллачул тӏаьхьа аьлла дешнаш, байташ юккъахь гуш ду. Цу байтех ю хӏара байташ. Ши шо хан ю кху байташка ладоьху, валлахӏи хӏоразза дегӏе зуз оьхуьйтуш ма йу уьш. Оццул ладехарх кӏорда ца до, ма чӏогӏа везаш хиллакх асхьабашна Аллахӏан Элча ﷺ. кхечарна муха хета хаац ладоха хӏара запись кар йар, кхунах кхетар ӏаламат доккха ниӏмат хета, валлахӏи.
Валлахӏи лееерана кху байтех кхета ӏамабича и ӏарбо мотт кӏезга ӏалашо хир ма йацар иза.
кху байташна гочдеш вар со, шо герга хан йар, наггахь цхьайолу байт дуьхьахь йолий саца везаш хуьлура. Йиснарг иттех байт а йацар, амма и болх телпо чохь бар, и телпо юьйхира, иштта и болх дӏабахара...

MOMSAR

27 Oct, 18:39


المخضرمون » حسان بن ثابت » بطيبة رسم للرسول ومعهد

MOMSAR

26 Oct, 20:34


Говза йазъйалура йац цхьаьнга а шен лозуш долу дог ӏийда а ӏуьйдуш, цунах ӏийдалуш долчу цӏийца йазъйича бен...

MOMSAR

26 Oct, 18:24


мара гӏора баллалц иштта лелаш, цу шийлонах ца ӏебаш, ма хаза хир дар...

MOMSAR

25 Oct, 12:32


﴿نِعمَ المَولى وَنِعمَ النَّصيرُ﴾ [الأنفال: ٤٠]

«Ма дика Эла ву Иза, ма дика Гӏоьнча а ву Иза!»
[ Аль-Анфаль: 40 ]

MOMSAR

24 Oct, 19:36


Вай мелла а нахана эца пайда битина дӏа даха дезаш ду, дӏа вижча эцца коьрта чура цхьа пха иккхина и цӏий мераха ара ца долуш вала мега вайх хӏора а, цундела "и сан канал чура дарий", "соьгар хьа эцна дарий" бераш санна "ас дуьххьар элар" бохуш ловза йиш яц вай. Мухха дисна а дисар гӏолехь ду вайна.

MOMSAR

24 Oct, 19:33


Валлахӏи мел хаза хета кху чура хӏума наха яржош гича. Кху чура йу бахар оьшуш ма дац валлахӏи. И наха кху чура схьаэцар а ду бес-бесара, амма мухха эцча а хаза хета, валлахӏи цара шай йолуш санна яржийча а ма хета. Аллахӏ реза хуьйла диканиг мел даржош волчунна. Шу дац са подпЫсчикш, со ву шу хӏораннан подпысчык.

MOMSAR

24 Oct, 17:50


MOMSAR pinned «https://sprosi.link/abuhurma»

MOMSAR

24 Oct, 17:17


https://sprosi.link/abuhurma

MOMSAR

24 Oct, 17:03


Дела доьхьа ма во хуьли и "хӏаль налтакъи?" бохуш воьлхуш волу и накъост хезча... Массанхьа а вукх иза

MOMSAR

24 Oct, 12:27


«Дуьненахь уггар мехала хӏума Аллахӏ вовзар ду.»

Ибнуль-Джавзий

MOMSAR

23 Oct, 18:57


إذا ما عَرَاكُم حــــــادثٌ فتَحدَّثوا
فإنَّ حديثَ القوم يُنسي المَصائِبا

Шайна цхьа хӏума тӏеӏотта делча вовше къамел делаш
Наха вовше къамел даро баланаш дицдо шуна

Абуль-ӏалáъ аль-Маӏаррий

#адабиййаат

MOMSAR

23 Oct, 12:31


«Ийман долуш волу стаг вист ца хуьлуш дукха ӏа, дукха ойла яро совнаха къамел ца дойту цуьнга, цуьнан къиноша сингаттам латтабо цуьнгахь, ша шен дегӏах кӏадделла цуьнан са, ткъа нах цунах маьрша бисна, и шен мохь байбала лаар цунна.»

Бадр Áль Марӏий

MOMSAR

22 Oct, 17:04


«Хекъал дерг ша шен доьвхо ву.»

Аз-Захӏабий

MOMSAR

22 Oct, 08:24


ЦКЪА МУКЪА КЪА ХЬЕГА ВАЙ?)

Догӏа догӏуш хилча дукхамма олу "вижана ӏуьллу погода (вайн маттахь хенан хӏоттам) ю хӏара." йа "тӏе хӏума тесна йан а йоцуш йолу камин хьалха (ша телвизор чохь ютуб чохь хӏотта ца йахь цара иза) ӏаш, къахьо молуш, книга йоьшу погода (юха а вайн маттахь хенан хӏоттам))) йу хӏара."
Амма ца олу цхьамма а малх хьаьжна де деъча "эххьай (ни эххӏай, а эххьай, иштта вуьзначо олуш ду, шен дукха вуьзна "хьа" "хӏа" иэ а лой, так сказать "махрадж гал а йолий")
ма хаза де ду хӏара!"
"ма керт охка де ду хӏара!"
"ма болх бо де ду хӏара!"
"ма букъ хаддалц къа хьегна вала велла дӏа кхалха хаза де ду хӏара!"

И дериг нах мал белла хилар ду, мало йу, Цундела ву шаверг варста верстана дегӏ даз делла лелаш!

MOMSAR

22 Oct, 07:13


Синтем бан ма дика накъост ву пайде жайне!

MOMSAR

21 Oct, 13:27


«ӏабдуллахӏ ибн Хьаром а, ӏамр ибн аль-Джамухь а цхьана каш чу дӏа воьллира и ший а, цу шинна юккъахь доттагӏалла хиларна.»

Имам Малика аьлла:
«Хӏумма а дац, шиъ йа кхо стаг цхьана кашчу дӏаволларх. Царах воккхаха верг къилбехьа вуьллур ву.»

«аль-Муваттӏаъ»

MOMSAR

21 Oct, 10:50


Цхьа болу нехан кхетамаш ма чӏогӏа биъкӏов бу-кх, нисса 20 на 20см санна (йа 10 на 10 см.). Хьежамаш а диъкӏов ду, хьежарш а диъкӏов ду, бӏаьргаш диъкӏов долуш санна ду, схьахетарехь цара куьзганаш (очки) йа турмал (бинокль) эцча иза а йиъкӏов хир йара церан...

MOMSAR

21 Oct, 10:46


Оц некъа тӏехь шаьш мича лелхара бу ца хууш берш, и тас дехьа кхуссуш, сехьа кхуссуш валлахӏи дог этӏадо аша не по-братски.

MOMSAR

21 Oct, 10:43


Хьо юртара ара ваьлча ахьа и машен чехка хоьхкура яцахь, хьайн юртахь ма хехка!

MOMSAR

20 Oct, 20:13


Ибн Аби Шайбата дийцина цхьана дийнахь ибн Масӏуда маьждиг чура ара волуш нах сих цуна тӏаьхьа боьвлира аьлла, тӏаккха ибн Масӏуда аьлла хилла цаьрга:

«Хӏай нах, ма! Духадерза!
иштта тӏаьхьа довлар, тӏаьхьа лелачунна сийсазалла йу, ткъа хьалха ваьллачунна питана ду!»

MOMSAR

20 Oct, 20:03


Бала тӏе беъча вохар кхераме ду, дуьххьара бала бицбеш цунна тӏаьххье кхин а боккханиг богӏу. Мухха делахь а, дог реза дай, Аллахӏан хастам бе!

MOMSAR

20 Oct, 18:24


КОРТА ЛАЗАР

Бисмиллахӏ

Аллахӏан Элча
ﷺ вайна ма-хаара Шен валар герга деъча коьртехь лазар меттаха даьлла, цо холча хӏоттийна хилла. Аллахӏера хастам а, маршо а хуьлда цунна. Хьадисехь деъна Цо «ва сан корта!» баьхна хилар, шен чӏогӏа корта лозург дукха дика кхета и мел хала хӏума ду. Хьан кхин йолу меже лаза йаьлча хьан дог а, корта а маьрша хуьлу, хьайн синтем хуьлу ойла йало хьоьга, амма корта лаза баьлча и ойла йеш йолу меттиг дӏа лаьцна, ойла йан мукъа ца хуьлу хьан корта, (хьекъал а, ойла а дагчохь кхоллалуш йу алахь а, корта деган уллер гӏоьнча вуй хууш ду, кортана цхьаъ хилча хаалуш хуьлу иза)
Хӏора дийнахь корта лозург дукха хьолахь и тевеш долу молханаш мийла ӏемина хуьлу, хӏунда аьлча са ца тоха ло, дӏа вижча цӏий коьрте хьодий кхин а хьера болу иза, раз валахь букъадаьӏахк сеттий коьрта тӏум тӏе кхочуш долу «хӏаваъ» кӏезгало, букъдаьӏахк сеттича пхенаш мелла а къовлалой цӏийца кхочуш долу хӏаваъан къоьлла («кислородное голодание») хӏутту, и жимма раз йаьккхина букъдаьӏахк а хаало лозуш болчу коьртана, у санна нисса хиъна ӏа везаш хуьлу, ткъа иштта дукха мила ӏало? Цундела и тевеш долу молханаш (обезболивающее) дукха муьлий царах вулий, царах кхин пайда ца хила болало. Тӏаккха кхин бахьанаш лоьху ахьа. Иштта холчахьа волчо лоьхучух ду Аллхӏан Элчано ﷺ хӏун деш хилла хаа лаар, цхьадолу хьадисашкахь деъна Цо ﷺ Шен лераме, Шен цӏена корта, вайн коьртел а, вайна мел дукха безначеран коьртел а вайна хьоме болу Шен ﷺ хаза корта дӏабехкар... Йа Робб ма дозалла ду-кх, ма хьоме ду-кх Хьан Элчанна ﷺ хилла долу лазар жимма хааделла а хааделлачунна иза... Иштта Аллахӏан Элчано ﷺ Шен корта бехкар деъна хьадийсашкахь иза тӏаьххьара Шен асхьабашка бӏаьрг тоха араволуш, корта бихкина волуш ара велира аьлла, Аллахӏера хастам а, маршо а хуьлда цунна! И цхьаъ ду, шолгӏа, Бухарийс дийцина Пайхамара ﷺ берт дукха схьа а ца йостуш ворхӏ лежиг (бурдюк) чура шен коьрта тӏе хи дитта аьлла хилар, ша асхьабаш болче ара валале. Бакъ ду, цхьа долу хьадийсашкахь хьахийна долу дарбанаш цхьа болу ӏеламнаха цигар махке хьаьжжина хьахийна ду бах, масала дагар долчунна тӏе шийла хи диттар, амма корта лозуш волчунна коьрта тӏе шийла хи диттар маша Аллахӏ, Аллахӏан пурбанца хаза бахьан хуьлуш хӏума ду, наха уггар чӏогӏа лоруш долу найз, нурофен шиш буьртиг мелча а цхьа пайда боцчахь Аллахӏан пурбанца коьрта тӏе шийла хи диттар зийна хааделла хӏума ду...
Аллахӏа гӏоли йойла цомгашчу бусулба наханна!

17 Рабиӏуль-Ахир 1446 хӏ.ш.
=20.10.2024 ш.

MOMSAR

20 Oct, 14:58


Шаӏбийг хаьттира:
— Сийсара буьйса муха йаьккхира ахьа?

Шаӏбийс шен шаршо лаьтта дӏа а йаржийна, цу тӏе дӏа а таьӏна, бесни кӏела куьг а диллина элира:
— Иштта йаьккхира аса буьйса.

«Аль-Басóиру ваззахáир»