Йижарийн Хаттарш 🌷 @yijariyn_hattarsh Channel on Telegram

Йижарийн Хаттарш 🌷

@yijariyn_hattarsh


Вайн бот : @Yijariyn_bot

Зударийна тоба (аманат).

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ (Uzbek)

Йижарийн хаттарш канали - узоқдаги жамоаларга ажралик курасингизга ёрдам берадиган бирор таклифлар ҳақида сўзларни бўлиш учун янгиликлар ҳамда ҳаракатларни кўриб чиқишингиз мумкин. Ушбу каналга аъзо бўлиш ёки контентни давом эттириш янги тайёргарликлар ёки ишончли маълумотларни билдиради. Каналда революциясини кутаётган бадаҴшонларга замин берилади. Йижарийн хаттарш каналига қушбоқар эгаси бўлиш учун ушбуликларни кўрсатиш кифоят этиб, ушбу участокдан бошалган созларни яхши куллаш мавжуд. Канални ривожлантириш ёрдам берган бот - @Yijariyn_bot

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Feb, 02:38


Ассаламу lалайкум.
2927-гla Хаттар: Дас шен берана ахчанах дакъа (алименты) далар хьарам дуй?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хlусамнана йитича хlусамдена тlерадолуш дац доьзална оьшург латтор шен ницкъ кхочучу кепара. Делахь а, хlусамда керста lедале вала мегар дац, цуьнан ницкъ кхачахь а, ца кхачахь а цунна гlуда тlедожош.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Feb, 02:36


Ассаламу lалайкум.
2926-гla Хаттар: Цхьадолу сураташка ладугlуш сан дог тохалой, кийра лазаболу, лаг дlа а лоций хlума хуьлу. Лоьраша панически атака ю олу, и хlун ду-те? Тlаьхь-тlаьхьа хорам хуьлу суна иштта ладугlуш.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Азкараш ларде, lуьйранна а, суьйранна а, дlаюьжуш а доьшуш дерш. Деша хаахь Къуръан деша, даима Аллахl хьехаве, хьайна гечдар а деха «астагlфируллахl» бахарца. lеса хlуманех лар а ло. И дерриг ахь леладахь дlадер ду, Дала мукъ лахь.

#азкараш

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 11:12


🔴🌸🌸🌸🌸🌸 🌸🌸

Ассаламу Ӏалайкум.
Йижарий, бот чохь жоп шегга далар ма деха,
ши эзар сов йижарий бу кху чохь, цхьатерра сингаттам, бала болуш нисло, цахуучунна я хатта эхь хетачунна пайда хир бара шу бахьана долуш.
Хаттар ма-дарра чудиллийта ца лаахь, бухахь ❤️ «хаттар ма-дарра чу ма дилла» алий язъе.

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 11:00


Ассаламу lалайкум.
👤2925-гla Хаттар: Чlогlа иман долуш хlусамда вара сан, дин тlехь суна гlо деш, суна нийса некъ гойтуш, массо а агlора дика масал. Масех де хьалха сигаьрка узуш хааделла суна цо. Аллахlаца чlагlо а йина, lаддаюьтур ю аьллера цо. Ши де хьалха юха а хьожа кхетта суна цунах. Цуьнга и йитийта муха дийца деза-те ас?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Олуш а, дуьйцуш а хила цуьнга, иштта доlанаш а де.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:59


Ассаламу lалайкум.
👤2924-гla Хаттар: Майрачунна муьтlахь ю со, амма цо хьуьжаре лела пурба ца ло суна. Къуръан дlахьеха лууш ю со, онлайн lилма lамадо ас, иштта кхидолу дешар а. Ас хlун дича бакъахьа хир дара-те? Цо цига ца яхийтар бахьанехь девнаш дуьйлу тхойшиннан.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хьайн хlусамдена муьтlахь хила цу тlехь а, массо а хlуман тlехь а, Дала хьарам дин доцу.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:58


Ассаламу lалайкум.
👤2923-гla Хаттар: Сан хилла хlусамден 3 бер дара. Цуьнан дуьххьарлера зудчо ша йитийтина. Цул тӏаьхьа со яхана цуьнга, и кхуьй бер лелош со яра, наггахь нанас дуьгуру уьш, кхин башха оьшуш а, я дезаш а яцара. Тхан чохь девнаш хуьлура цу зудчунна тlехула, сан хlусамдега телпо етташ lара иза, суна халахетара чlогlа. Сайн хlусамдега аьлла ас, и нехан зуда ю, цуьнга телпо ма еттахьара ахь аьлла. Иштта хилла йолу зудчуьнан бакъо юй, шен хилла хlусамдеца зlенехь хила? Берийн шайн ненаца зlене бовла цхьа а новкъарло яцара. И зуда бахьана долуш, бехк боццушехь йитира со сан хlусамдас. Цушимма чlогlа хьийзина со, марера ца йоха гlерташ, садетташ lийнера со.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Цкъа я шозза йитиначул тlаьхьа 3 бутт хан яллехь зlенехь хила бакъо яц, иштта кхузза йитина елахь а зlенехь хила бакъо яц цуьнан, хьарам ду, иза нехан зуда ю.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:42


Ассаламу lалайкум.
👤2922-гla Хаттар: Цlийнда болх бан воьду олий накъосташца, болх беш бац, теманаш ю бохуш волавелла лела. 4 бутт болу, 2 бутт болу цlа ванза, наггахь ахча доуьйту цо.
Со шеца дlайига ала йиш юй сан цуьнга? Со и воьдуче яха езаш юй, я цlахь lан езаш ю?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Цо аьллачехь lен еза, амма хьо йига ала йиш ю хьан.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:40


Ассаламу lалайкум.
👤2921-гla Хаттар: Марехь ю со, кlант а ву сан. Сан хlусамда цхьана а агlора бала болуш вац тхойшинца. Со мичча яхча а бен дац цунна, чу а ца вогlу и наггахь бен, суна мичахьа лела а ца хаьа. Лело мегаш доцу хlуманаш лелош а ву и, накъостий а дика бац цуьнан. Ас хlуъа дийцича а эрна ду цуьнга, тергал деш дац цо, сайца бала хилийта лаьара суна. Гуттар девнаш хилар бен, кхин хийцалуш хlумма а дац, цу хьолехь со цlа яхийта ала бакъо юй сан?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хьан хьакъ хьуна схьалуш вацахь йита ала йиш ю. Делахь а, гlоли дерг собаре хилар ду, цунна доlанаш а деш.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:38


Ассаламу lалайкум.
👤2920-гla Хаттар: Стаг нахаца лелла, керста зудчо йоӏ йина цунна. Иза цу йоьlан махьрам хуьлуш вуй? Йоl маре йоьдуш, цуьнан деца там-мах бича нийса хир дуй?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Мах бина а боцуш дуьненчу ваьлла доьзалхо дега вуьллуш вац, иза цуьнан да лоруш вац, зинаца дуьненчу ваьлла доьзалхо лоруш ву и.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:37


Ассаламу lалайкум.
👤2919-гla Хаттар: Сан хlусамда сигаьрка узуш ву, наггахь мала а молу. Ламаз деш вац, цуьнга гуттар дуьйцу ас цо лелош дерг хьарам хилар, ша цахууш а вац. Наггахь цуьнга керста ву хьо олу ас, бага а етта. Ас иштта дийцарх къа хир дуй суна?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Бага ма етта, иштта нислур вац и, хьехар хьикматца де, собаре а хуьлуш. Керста ву ала мегар дац!
Доlанаш де, хьехарш а де.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:36


Ассаламу lалайкум.
👤2918-гla Хаттар: Сан цlийнда ву йоlаршка телпо етта, со уллехь йолуш а етта цо, яз а йо. 13 шо ду со марехь йолу, и нисвалийта бохуш гуттар доlанаш деш ю со. Цкъа дов делира тхойшиннан цу тlехула. И зуда яло гlерташ велхьара со кхетар яра, ас цуьнга шега а аьлла и, къинош леточул а зуда ялае олу ас. Кхетар вацара-те бохуш насихьат до, чlогlа lеса лелаш ву.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Доlанаш а деш собаре хила хьажа, стаг нисвар Аллахlан керахь ду, и нислахь хьуна мела бу.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Feb, 10:35


Ассаламу lалайкум.‌‎
👤2917-гla Хаттар: Ишколехь болх бан мегий-те? Классан куьйгалхо хилча, массо а мероприяти юккъехь дакъа лаца дезаш хилча, берашна хелхадовла, эшарш лакха lамо дезаш хилча.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Иштта хьарам хlуманаш лело дезаш делахь мегар дац. Нагахь санна царах ларъяла аьтто белахь, тlаккха мегар ду, иштта царна динехь дерг хьеха а, вайн lадатехь дерг хьеха а аьтто хир бу хьан. Царна диканиг хьехнарг хир ю хьо, цара и дика мел до а хьуна цунах мела а хуьлуш.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Jan, 04:29


Вайн бот : @Yijariyn_bot 🕶

Зударийна тоба (аманат).

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Jan, 04:28


Ассаламу lалайкум.
👤2896-гla Хаттар: Зудчунна динехь цӏоцкъамашна тlехь хlумма а дан мегаш дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хедо ца мега, бухадаха а ца мега, басардан мега.

#дегlанкуц

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Jan, 04:26


Ассаламу lалайкум.
👤2895-гla Хаттар: Сан цlинда цхьа шина шарчохь хийцавелла, сиха девне вуьйлуш, чlогlа оьгlазло совъюьйлуш ву. Суна а, берашна а дукха къа дехна цо. Хlинца дукха хан йоцуш элира цо, ас шега вай дlайсакъастахь бераш лелор дац хьуна аьлча, дlаяло делахь, и бераш кхузахь lадда а дитий. Оцу дешнашца цо со йитина хеташ яра со, иза ша иштта аьлла дац а ца элира цо соьга. Юха ша иштта аьлла дац элира цо, юха массийта сахьт даьлча юьтуш аьлла дара бохуш. Со сан доьзалца цlахь ю хlинца, цу юккъе бутт хан яьлла. Цо ша иштта аьлла дацара боху, суна цуьнан ойла хийцаелла дела аьлла хета. Со дlаяхийта аьлла цо и. Амма цо аьлла долчуьнца со муьлхачу хьолехь ю-те? Цуьнан ният хилар билгалдаьлла ца хуьлу цигахь? Сан бакъо юй юхаяха, я иза тхо долче цlа ван?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухl!
Жоп: Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла: «Кхо хlума ду, боккъалла а аьлча а, забар еш аьлча а кхочушхуьлуш: зуда ялор, зуда йитар, зуда юхаялор».
(Абу Давуд: 2194)

Зуда ялор, масала, цхьамма аьлла ша шен йоl йоуьйтур ю хьоьга, вукхо ша къобалдо и аьлча, иза кхочушхилла. Зуда йитар баккъалла а, забар еш а шен хlусамнене йитина хьо аьллехь, йитина лору.

Зуда юхаялор, масала, стага шен хlусамнана йитина, цо олу-кх телпо а тоьхна, со тlаьхьавогlуш ву хьо дlайига, я цlа йола, иза дола яьлла лору.

Йитина аьллехь хlусамден, хlусамненан юкъметтиге хьоьжур вац, ламаз дисна, я ца дисна хьоьжур вац, йитина аьллехь йитина лорур ю.

Йитар шина кепара ду: нияте хьажа везаш а, нияте хьажа ца оьшуш а.

1️⃣Хьалхарниг: йитина ю хьо ца олуш, масех маьlна хила йиш йолуш дешнаш ду, царах ду хьайн цlа гlо, араяла, яхийтта, хьоьца lийр вац, иштта кхидlа а, и дешнаш я царах тера дешнаш аьллачун нияте хьажа веза, йита ниятца элира ахь, я кхин маьlна дара аьлла, нагахь санна и дешнаш йита ният а доцуш аьллехь йитина лорур яц, амма йита ният а долуш аьллехь, тlаккха йитина лорур ю.

2️⃣Шолгlа дерг: нийсса лелош долу дош ду, иза йитина хьо бохург ду, и дош аьллехь нияте ца хьоьжуш йитина лору.

Цхьана меттехь кхузза йитина ю аьллехь, цкъа бен йитина ца лору, масала: ас кхузза йитина ю хьо, я ас йитина ю хьо, ас йитина ю хьо, ас йитина ю хьо, оцу хьолехь цкъа бен йитина ца лору. Нагахь санна йитина, юха дола яьккхина, юха а йитина дола яьккхина, кхоалгlа а йитинехь, тlаккха и зуда хьарам ю цунна, кхечанхьа марехь а хилла цlа яллалц.

Цкъа я шозза йитина елахь 3 бутт балале юхаялийчхьана ваьлла, юхаялор муьлхха а ишарца хила мега, масала: схьайола, со тlаьхьавогlуш ву, иштта кхидlа а.

Йитина чул тlаьхьа 3 бутт баьллехь керла там-мах а, урдо а луш юхаяло еза. Цкъа я шозза йитина елахь чуьра ара а ца йоккхуш шен хlусамехь йитар дика ду, хlунда аьлча, дlа а ца йохуьйтуш шен хlусамехь lаш хилча марзо юхайогlу, дов а дlадолу. Ткъа кхузза йитина елахь, тlаккха бакъо яц цуьнан шен хилла хlусамден хlусамехь lан, шен цlа яха еза, хlунда аьлча, иза цунна нехан зуда санна хьарам ю.

Хlусамда кхелхина йисина йолу зудчуьнан маре яха бакъо яц 4 бутт 10 де даллалц, иштта кечъяла йиш яц, захало тlелаца а йиш яц.

Ткъа йитина йолу зуда 3 хьайд дlадаллалц, я 3 бутт баллалц маре яха йиш яц. Нагахь санна доьзалхочух йолуш йитина елахь, и доьзалхо ва ма-винна яха мега, 3 бутт я 3 хьайд дӀадаллалц lен ца еза.

Бахьана а доцуш зудчо ша йита аьллехь ялсаманин хьожа а кхетар яц аьлла Элчано (саллаллахlу Iалайхlи ва саллам).
(Абу Давуд: 2226)


#ЗУДАЙИТАР

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Jan, 04:23


Ассаламу lалайкум.
👤2894-гla Хаттар: Сан майрачо шен шолгlачу зудчунна лелориг суна ца до. Цунна бахьанаш лоьху цо, ша иза цунна дина, амма суна ца дина бохуш. Ткъа уьш дерриге а бух боцуш, сонта бахьанаш ду. Гуш ду, цунна хlара суна дан ца лаьа. Ткъа нагахь санна со цунна реза яцахь, сан гlийла иман ду боху цо. Хlокху хьолехь дlайсакъастар деха мегар дуй?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хьан хьакъ хьуна схьалуш вацахь, хьан хьакъ эшош велахь, мегар ду. Делахь а, собаре хила хьажа.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:27


Вайн бот : @Yijariyn_bot 🕶

Зударийна тоба (аманат).

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:23


Ассаламу lалайкум.
👤2893-гla Хаттар: Хlусамда сайна улле ваийта ца лаьа суна, и боьха суьрташка, видеошка хьоьжий хаьара суна. Дуьххьара сайна хаьий хаийта эхь хеташ ӏийр со, цул тlаьхьа lаддадита и элира ас цуьнга, хьехамаш кхехьийтира. Юха цул тlаьхьа корта бахо хlуманаш лело волавелира и, иза а сайна хууш дуй хаийтира ас цуьнга. Цо сан бехк болуш ду элира ша иштта хилар. Цул тlаьхьа суна гучуделира цо сан йише дагара дуьйцуш язйина, эвхьаза къамел а деш, и шеца эвхьаза яккха видеош, суьрташ кхехьийтина хиллий. Иза а сайна хиъний хаийтира ас цунна. Амма ша динчунна дохковаьлла ца го суна и, я хlумма а эхь хеташ а вац. И хlума бахьанехь сайн йишица хийра яьлла со, тешам дlабаьлла сан. Хlусамдеца цхьа а уьйр ца йисина сан, тешам а, ларам а дlабаьлла, сайн декхар кхочуш ца дало соьга. 3 бер ду сан, уьш айса охьабахкахь дакъазабовларна кхоьру со. Ишттачу хьолехь хlун дан деза ас? Цlа яха дог-ойла ю сан.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: И нисвар доьхуш, цунна доlанаш а деш, хьайна собар а доьхуш чекхъяла хьажа. Йишица йолу юкъаметтиг а нисъе. Доьзалца хьайн цlа а гlой жимма хан яккха а мегар ду. Дала иман а, собар а лойла хьуна!

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:21


Ассаламу lалайкум.
👤2892-гla Хаттар: Хlусамда кхечу йоlе вистхуьлуш хилча, цlа яха мегий? Цо уьш гойтуш ца мега и, доьзалхо вац цаьршиннан.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хlусамненаца лерам хила беза, йоlарий муха гойту хlусамнанна! Цlа яха сиха ма ло, собаре хила, доlанаш а де. Кхечаьрга къамелаш ца дан ойла хир йоцу бахьанаш леладе.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:21


Ассаламу lалайкум.
👤2891-гla Хаттар: Кlант ца хиллехь хьо ас кхобур яцара, къа дара хьан аьлла соьга. Иштта хlума ала мегий-те?
Ламазаш до, маьждиге оьхуш ву, иштта халахетар долу хlуманаш дукха олу.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хьан керахь ду кlант-йоl харжар?! Аллахlан керахь дуй хаа деза. Лартlахь къамел дац и. Делахь а, собаре хила хьо.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:19


Ассаламу lалайкум.
👤2890-гla Хаттар: Ражаб-баттаца, я Шаlбан-баттаца кхобуш долу суннат мархашца дисина долу фарз марханаш кхаба мегий?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Кхаа беттан марханаш кхабар бух болуш дац, иштта Ражаб-баттахь марха кхабар а дац бух болуш, амма Шаlбан-баттахь юкъ-юккъера кхабар суннат ду. Шаlбан-баттахь кхобуш долчу мархаца тlекхаба деза фарз марха кхаба мегар ду.

#мархийнбутт

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:19


Ассаламу lалайкум.
👤2889-гla Хаттар: Бакъ дуй, нанас шен берана мел еллачу шуран тlадамах мела хуьлу бохург?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Мела а, сагlа а ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:17


Ассаламу lалайкум.
👤2888-гla Хаттар: Иштта бот (чехол) лело мегий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегар дац, миччанхьа а охьаюьллу, и а йолуш боьхачу метте а воьду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Jan, 20:16


Ассаламу lалайкум.
👤2887-гla Хаттар: Кху тайпа садолу хlуманаш тlехь йолу тlеюху хlуманаш лело мегар дуй?
Нагахь, мегаш делахь, ламаз деш а мегар дуй?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Цу тlехь цхьадолу сурт дукха дика къаьсташ ду, и лело мегар дац.

#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

17 Jan, 11:50


Ассаламу Ӏалайкум


📙Хаттар: Ӏасран тӏаьххьара долчу сахьтехь суна доӏа дийр дарий аша? Ма чӏогӏа хьашт ю со сайна йижарша, вежарша доӏа даре. Аллахӏ гуш а, хууш а ву сан хьал.

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:49


Ассаламу lалайкум !

Аша доуьйтуш долу дукхачу хаттаршна жоьпаш кху чохь долуш ду, хlинццалц вай царна жоп лора юх-юха а, делахь а, кхин лур дац. Дехар ду массаьрга а, ша хаттар даийтале кху чохь и хаттар дуй хьовса! Ткъа хаттар муха лоху гойтуш вай кечйина видео ю, дехьадовлий цу видеога хьовса.
Шайн хаттар юккъехь хила йиш йолуш долу дош чуязде, цуьнан жоп карадой хьовса.

Шаьш хаттар даийтича цхьа хаттар юх-юха а ма кхехьийта, шадолу хаттар схьакхочуш ду, и хаттар шен рогlе хьоьжуш ду.


📔Вайн низам: https://t.me/Yijariyn_hattarsh/1707

🏷Хаттар муха лоху: https://t.me/Yijariyn_hattarsh/1711

Хаттар муха доуьйту: https://t.me/Yijariyn_hattarsh/1711

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:41


Ассаламу lалайкум.
👤2886-гla Хаттар: Хууш ма-хиллара шичой, маьхчой, лулахой, иштта кхидlа берш а махьрамашна юкъа ца богlу, уьш мел чlогlа гергарло лелош белахь а. Царна вовше хьакхабала а ца мега, хьашт доцуш вовшашка къамелаш дан а, хьежа а ца мега. И дерриге лардеш йолчу йоlа, шега царах цхьанна капельница хlотто йола аьлча, ша божаршна ца хlиттайо алар тlехь дуй? Ша йоцург цунна капельница хlотто кхин а нах хилча, я амбулаторе ваха аьтто а хилча. Йоl ша лор а яц, курсаш яьхна хилар доцург, шен чуьрачарна пайде хир яра-кх аьлла ниятца. Бакъо юй дена-нанна лаахь, ца лаахь боьршачу стагана хlотто гlо ала (масала, шичина)? Бакъо юй нехан и йоl гIиллакх доцуш ю баха, цо кхета а вина, динехь мегаш доцу дела ца хIоттайой хаийтина хилча?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Шена коьрта эчиг маха Ӏоттийтар гӀолехь ма ду, хьанал йоцу зудчух хьакхалучул а».
[Сахьихь: ЖамиӀ: 5045]

ХӀара хьадас зудчунна а ду. Мегар дац хийра божарех хьакхаяла, иза хьамма бахахь а!

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «АллахӀа кхоьллиначунна муьтӀахь хилар дац, кхуллуш волу АллахӀана Ӏеса а хуьлуш».
[Сахьихь: ЖамиӀ: 7520]

Наха эр долчух ма кхера, АллахӀана муьтӀахь хила.

Дала боху: «Наха шайна эр долчух ца кхоьру уьш».
[Сурат: ал-МаидахӀ, аят: 54]

Деца-ненаца дика хила а еза, царна дуьхьалайийла мегар дац, делахь а, уьш кхето беза, мегаш цахилар, ларъяла езаш хилар а.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:41


Ассаламу lалайкум.
👤2885-гla Хаттар: Доттагlий бу сан, оха вовшашна юккъехь бегаш бо, цхьацца хенахь оьзда боцу бегаш бо. Тхо цхьанна а хезаш дац, я тхуна юккъера арадолуш а дац и. Иштта тхайна юккъехь бегаш бар муха ду?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Мегар дац оьзда доцург леладан, шина йишас беш белахь а мегар дац, хьарам ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:40


Ассаламу lалайкум.
👤2884-гla Хаттар: Клиенташкара хьалххе ахча схьаэца мегар дуй процедурашна, уьш яле? Я меттиг лоцуш хьалххе ахча схьаэца мегар дуй, цу клиентана шена лууш хилча?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Мегаш ду, хlумма а дац, иштта закъалтана ахча дала а мега.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:39


Ассаламу lалайкум.
👤2883-гla Хаттар: Адам делча, цуьнан тептар дIакъовлуш ду, тӏаккха веллачунна тlера lумрат дича цунна и дlакхочуш дуй, цунах мела хуьлий?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Веллачунна тlера lумрат дайта мегаш ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:38


Ассаламу lалайкум.
👤2882-гla Хаттар: Тасаввуф вайн нийса динан хlума дуй? Цунах лаьцна дийцича дика хир дара, хlун ду цу юкъадогlуш, иштта кхидlа а?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Тасаввуф суфизм ю, иза нийса яц, царна юккъехь дуккха а бидӀаташ ду, цул сов ширканаш а ду. Дала лардойла вай массо а вочух!

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:37


Ассаламу lалайкум.
👤2881-гla Хаттар: Кроссовкаш ю хlинца божарша а, зударша а цхьатерра лело мегаш, уьш лело мегий зударшна?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегар ду, дукха божарийн мачех тера яцахь.

#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

16 Jan, 00:36


Ассаламу lалайкум.
👤2880-гla Хаттар: Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) дукха еха лаьттах текхаш коч лело мегаш дац аьлла хилча, гlабали йоха мегар дуй-те, иза тӏехьа ехха текхаш хилча? Цхьана дийнахь бен юхуш яц аьлла мегар ду и йоха, Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) иштта аьлла доллушехь?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Коган хьорканал охьаялийта хьарам божаршна ду, зударшна дац.

#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

11 Jan, 00:09


Ассаламу ӏалайкум.
👤2879-гla Хаттар: Цхьа хӏума ду-кх вайн наха хlинца лелош, ахча а лой lумрат дойту цигахь ӏаш болчаьрга. церан шайн хlоттийна мах бу?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Шена тlера хьаж далур доцуш велахь, могуш воцуш лазар дӏадер а доцуш, я къена воккха стаг велахь, lумрат дан вахалур воцуш, ишттачунна мегар ду, шена тlераlӀумрат дайта, lумрат деш волу стаг шена тlера lумрат дина хила веза.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

11 Jan, 00:08


Ассаламу lалайкум.
👤2878-гla Хаттар: Суьрташ схьа а даьхна альбом ян мегар дуй? Мегаш дац аьлла хезнера суна.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Мегар ду, хlумма а дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

11 Jan, 00:08


Ассаламу ӏалайкум.
👤2877-гla Хаттар: Ишколехь луш долу совгlат схьаэца мегар дуй керла шарна луш долу? Йоl и даздече йохуьйтуш яц ас, амма хьехархочо и дерриг дlа ма дирзина шега совгlат дӏадалийта аьлла цунна.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Керста нехан дезденошкахь совгlат дар а, декъалавар а мегаш дац, иза хьарам ду. Ца эца йиш елахь, ма эца. Нагахь санна схьа ца эцча билггал зулам хир делахь, тlаккха мегар ду. Амма совгlат дала мегар дац. И денош дlадевлча кхечу деношкахь совгlат дала мегар ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Jan, 21:39


Вайн бот : @Yijariyn_bot 🕶

Зударийна тоба (аманат).

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Jan, 21:35


Ассаламу lалайкум.
👤2876-гla Хаттар: Кроссовкаш ю хlинца божарша а, зударша а цхьатерра лело мегаш, уьш лело мегий зударшна?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегар ду, дукха божарийн мачех тера яцахь.

#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Jan, 21:34


Ассаламу lалайкум.
👤2875-гlа Хаттар: Керста зудчунна хьалха шен месаш гайта мегий? Ца магахь далил хlун ду?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Зудчунна хьалха мегар ду.

#дегlанкуц
#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Jan, 21:34


Ассаламу lалайкум.
👤2874-гla Хаттар: Суна сан нанас деши чlуг еллера, ас иза сайна ахча эшча дlайоьхкина. Цунах долу ахча хьарам-м ца хуьлу?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хьарам дац, хьуна елла елахь иза хьан ю, делахь а, нанас дина совгlат лардича гlоли ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

07 Jan, 21:33


Ассаламу lалайкум.
👤2873-гla Хаттар: Суна хьайд 5-6 дийнахь бен ца лаьтта. Масала: 4 дийнахь сайна кlайн хиш (выделениш) гича хьоллехь лийча езий со? Я 5-6 де чекхдалийтина лийча еза? Дукха хьолехь лийчина яьлча боьмаша хиш (выделениш) гучудовлу.

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хьайд дlадаьлча гучуйолуш йолу билгало гучуяьлча лийча еза, деношка хьоьжур яц, билгало гучуяьллехь.

#хьайд

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

04 Jan, 23:48


Ассаламу lалайкум.
👤2872-гla Хаттар: Доьзалхочух яра со, 5 кӏира долуш, сан цlийндега йистхуьлуш йолу зуда бахьанехь дог эттlера сан чӏогӏа, и яло вистхуьлуш велхьара суна хӏумма а ца хетара. Селхана доккха дов делира тхойшиннан, сан доьзалхо дlавелира. Сан цlийндена къа-м дац и иштта дlавалар?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Къамелаш дан мегаш дац, хьарам ду. Делахь а, доьзалхо дlа а волуьйтуш кховсам хилийтар шиннан а бехк ма бу, и доьзалхо хьан кийрахь ма ву, хьо алсам кхета ма еза, хьайн хьал хьуна дика ма девзу. Амма доьзалхо дlаваларан къа хир дац, Дала мукъ лахь, и дlавалийта дина дацахь.

#доьзалхочух

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

04 Jan, 23:45


Ассаламу lалайкум.
👤2871-гla Хаттар: Сан цlийндас шолгlа зуда ялийна, суна хьайд долчу хенахь шена кхечу агlора там бе бохуш хьийзайо цо со. Цо зуда ялаяле бора ас иштта цунна там, амма зуда ялийначул тӏаьхьа соьга и дан ца ло, со дан дезаш юй цунна и?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хьайн хlусамдена муьтlахь хила. Хьайн оьгlазло бахьанехь дlа ма тетта, иза йоллушехь хьуна тlегlерташ велахь, хьоьца марзо алсам хилар ду, хьоьца алсам самукъа долуш хилар ду. Цундела дlа ма тетта, хьайн зен до ахь, мелхо а, схьаваккха хьажа.

#юкъаметтиг

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

04 Jan, 23:44


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2870-гla Хаттар: Доьзалхочух ю со, тlаьххьара болу бутт бу, ламазан хьала а, охьа а таlа чӏогӏа хала хуьлу суна. Муха атта дан мегар дара ас ламаз дар, тlеоьзна дан мегий ас?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Тlеузуш дан мегаш дац, новкъахь хилча бен, гена цхьанхьа воьдуш. Ламазехь далуш дерг дан деза, далуш доцург дийр дац.

#доьзалхочух
#ламаз

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

04 Jan, 23:43


Ассаламу lалайкум.
👤2869-гla Хаттар: Йоьlан йоlаца безам хилар хlун ду?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Адам могуш цахилар ду, дуккха а доlанаш дан деза, гечдар деха а деза, иман даима чlагlдан а деза.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

04 Jan, 23:43


Ассаламу lалайкум.
👤2868-гla Хаттар: Цlоцкъамаш дlадохуш доцуш, вуьштта къоламца кепе дало мегий, я басарца серладаха мегий?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Басардан мега.

#дегlанкуц

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

04 Jan, 23:42


Ассаламу lалайкум.
👤2867-гla Хаттар: Карийна ахча дара, ткъа и дерг схьакарош вац. Цу адамана тlера сагlина аьлла и ахча оьшучунна дlадала мегар дуй?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи ва баракатухl!
Жоп: Хьайна лаахь цунна тlера сагlина дlало, делахь а, цуьнан да велахь, цунна дlадала дезар ду хьан.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

03 Jan, 15:22


Ассаламу ӏалайкум.
👤2865-гla Хаттар: Зуда шозза йитина хилла, 3 бутт балале цӏийндас юха дола яьккхина. Жимма хан яьлча цу зудчо ша йита аларна, шен майрачуьнца дӀасакъаьстина и. Ишттачу хьолехь кхозлогӏа йитар хуьлий? Цу стаге кхин юхаяха мегаш даций цунна?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Оцу стага кхозлагӀа йитина ю ца аьллехь йитина лорур яц, зудчо ша йита аьллехь а.

#зудайитар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

03 Jan, 15:21


Ассаламу ӏалайкум.
👤2864-гla Хаттар: Маӏарш дӏаяьхча вайн дукхахболу нохчаша пӏелгаш ашхӏад доьшуш дила деза олу. Иштта дан дезаш дуй и, я нохчаша юкъадаьккхина бидӏат ду и?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: МаӀарш муьлхха хенахь дӀаяха мега, дӀакхисса а мега. ПӀелгаш дила ца деза я ашхӏад деша а ца деза.

#бидlат

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

29 Dec, 14:01


Ассаламу ӏалайкум.
👤2863-гla Хаттар: Шийлачу хенахь йовха куртка лелайо, уьш чӏогӏа шуьйра хуьлу, куй болуш. Доккха йовлакх муха тилла деза куртка иштта хилча? Йовлакхна тӏехула куртка йоьхна, хьала а ца доккхуш дита мегий? Динехь белш гайта мегаш яц, йовлакх белшашна тӏехула охьадогӏуш хила дезаш ду, тӏаккха муха тилла мегар дара и цу хьолехь?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Куртка тӀехула йовлакх даьккхича соцур дац, дукха доккха йовлакх хила деза и. Куртка стомма хуьлу, цо белш тӀе йоккхур яц, хьоле хьаьжжина йоха.

#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

29 Dec, 14:00


Ассаламу ӏалайкум.
👤2862-гla Хаттар: Тхо ши чоь йолу квартирехь ӏаш ду, со, сан цӏийнда, тхан кхо доьзал а. Итт соти дакъа ду тхан, цу тӏехь цӏенош дан лууш дара тхойшиъ, квартира дӏа а йоьхкина. Суна хьехар дийр дацара аша? Истихарат-ламаз муха дан деза, Аллахӏе муха деха деза, и тхуна пайде делахь муха хаа деза.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Алла‌хIумма инни‌ астахи‌рука биӀилмика, ва астакъдирука бикъудратика, ва ас-алука мин фадликал-Ӏази‌ми; фаиннака такъдиру ва ла‌ акъдиру, ва таӀламу ва ла‌ аӀламу, ва анта Іалла‌мул-гӀую‌б, Алла‌хIумма ин кунта таӀламу анна хӀáзал-амра - (ша дан леринарг эр ду) - хайрун ли‌ фи‌ ди‌ни‌ ва маӀа‌ши‌ ва Ӏа‌къибати амри‌ факъдурхIу ли‌ ва яссирхӀу ли‌ сумма ба‌рик ли‌ фи‌хIи,
ва ин кунта таӀламу анна хӀа‌зал-амра шаррун ли‌ фи‌ ди‌ни‌ ва маӀа‌ши‌ ва Iáкъибати амри‌ фасрифхIу Іанни‌ васрифни‌ ІанхIу вакъдур лиял-хайра, хьайсу ка‌на, сумма ардини‌ бихIи.

Ши бисмал цхьа атхьиг суннат ламаз а дина, салам деллачул тӀаьхьа дан деза хlара доlа. ТІаккха АллахIана тӀе болх а биллина, айхьа дан леринарг дийр ду, и хьуна дика а, пайде а делахь, АллахIа хьуна иза атта дийр ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

29 Dec, 13:59


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2861-гla Хаттар: Хаттар: Даима гӏенах цхьаъ леш гар хӏун ду-те? Масийттазза сайна уллера адам леш гина суна, и хӏун бохург ду-те?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Диканна ду, Дала мукъ лахь!
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дийцина: «Хаза гӀан Делера ду, шайна хаза гӀан гахь шайна везачуьнга бен ма дийца. Вон гӀан шайтӀанера ду. Шен вон гӀан а гина самаваьллачо кхузза «тфу-тфу-тфу» аьлла, «аӀузубиллахӀи минашшайтӀанирражим» олийла, и гӀан цхьаьнге а дийца а ма дийца, цунна цхьа а зен хир дац».
[Бухарий: 5747]
[Бухарий: 7044]
[Муслим: 2261]

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ГӀан тӀема даьлла олхазаро когаца схьалаьцча санна ду, ахь и гӀан тидина мел доцу, ахь и дитахь охьадужу, (ахь тидинчу кепара кхочушхуьлу) хуучуьнга бен ма тидийта гӀан».
[Абу Давуд: 5020]

#гӏан

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Dec, 19:10


Ассаламу ӏалайкум.
👤2860-гla Хаттар: Делкъа, малхбуза ламазаш меллаша деша деза аьлла хезнера суна. Доьшуш дерг хазийта ца деза я жимма хезаш деша деза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Дагахь деша деза, мотт, балдаш меттах а дохуш.

#ламаз

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Dec, 19:09


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2859-гla Хаттар: Дехошца цхьа а гергарло лелош ца хилча, нанас вина волчу вешица там-мах бан мегар дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: ЗӀе яцахь а мегар дац, да велахь и реза хилча бен, цуьнан пурбанца бен мегар дац, цул тӀаьхьа деда, деваша, ваша, кӀант - цаьрца бан беза.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Dec, 19:08


Ассаламу ӏалайкум.
👤2858-гla Хаттар: Масала, беро ишколехь хилларг дийцар гӏибат дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Марз ца бар дика ду, буьйцуш берш нах белахь. Марзбелча иштта дуьсур ду, тӀаккха гIибат хир ду баккхий хилча.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Dec, 19:07


Ассаламу ӏалайкум.
👤2857-гla Хаттар: Дийнаташ Аллахӏе ша кхобучунна доӏа до бохург бакъ дуй? Цунах лаьцна алахьара аша.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Бух болуш дац.

#доlа

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

24 Dec, 16:33


Ассаламу lалайкум.

Дехар ду, шаьш цкъа хаттар бот чу даийтича, юх-юха а ца даийтар. Мел долу хаттар вайга схьакхочуш ду, хlора а хаттарна жоьпашца сихо ян хьовсуш ду, делахь а, цхьадолу хаттар Ӏеламстаге дан дезаш хуьлу, иза жимма хьело. Иштта тхо а ду шу сан зударий, цундела цхьадолу гlуллакхаш хьалхадовлий а хьело тхо хаттар схьа ма-даийттина жоп дала аьтто ца болуш.
Хlора хаттарна жоп шен рогlехь канал чу дуьллуш ду.

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 22:18


Вайн бот : @Yijariyn_bot 🕶

Зударийна тоба (аманат).

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 22:16


Ассаламу ӏалайкум.
👤2856-гla Хаттар: ХӀусамдена атта ца хетийта хӏун дан деза? Цо боххург до ас, айса мел боккхуш болу ког буьйцу. Нехан зударий го цунна болх беш, суна балха араяла ца лаьа, со стаг санна дӏахӏоттарна кхоьру, балха яхча чохь дерг цхьаьна ца нисло, берана уллехь нана еза.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Зудчуьнан хила беза нийса кхетам бу хьан, иштта нийса кхетам болу хӀусамнана шен хилар Далла хастам бан беза. Делахь а, атта хеташ хир яц, хьуна тарлуш хила мега, Дала зуьш хир ю, собаре хила, девр дац хьан собаре хилар, доӀанаш а де.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 22:14


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2855-гla Хаттар: Хӏусамда кхелхина йисина ӏаш ю со, шиъ доьзалхо ву сан 4, 5 шераш долуш. И шиъ дехоша соьгара схьаваьккхина, дӏавигина лелош ву, цаьршиннан ден бух цигахь бу аьлла. Марехь яц со, сан ши кӏант соьца вита везаш вацара? Цара и шиъ динехь кхиош ца хилча, соьга барт хоттур буй цу хьолехь? Цаьршинна бобераш ду аьлла догӏуш долу пенсех, сайна кхин тӏедогӏуш ахча ца хилча, сайна оьшург эца мегий ас?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хьо марехь мел йоцу хьоьца дита деза бераш. Хьоьга барт хоттур бац, Дала мукъ лахь, ахь дола дан хьоьца ӏаш ма бац уьш. Церан рицкъ даа мегар дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 22:13


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2854-гla Хаттар: Марехь йолу зуда шена цхьа болх бан лууш хилча, майрачо бойтуш ца хилча, и нийса вуй? Хьанал шена рицкъ даккха лууш хилча зудчунна. Туька схьаелла лууш яра со, майрачо гӏала дӀайса лело дог ца догӏу бохуш ца йоьллуьйту. Чӏогӏа сайн керахь сом долш хила лаьара суна.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хьайн хӀусамдас бохург де, и реза а воцуш мегар дац.

#болх

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 22:13


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2853-гla Хаттар: Со даима корта лозуш хуьлу, лоьрашна тӏеяхча, цара хӏумма а дац аьлла. Сихьр я бӏаьрг хила йиш юй и?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хила-м йиш ю, делахь а, тӀе ма леца, кхин а хьажа, дарба лаха.

#васвасаш
#бозбанчалла

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 22:12


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2852-гla Хаттар: Доьзалхочух ю, 4 я 5 бутт хан йолуш, лелаш ю, делахь а, ламаз лаьтта охьа а хиина до, хьала-охьа теlаш са кхачало дела.
Ламаз охьа а хиина дан мегаш дуй цу хьолехь? Дацахь, муьлхачу хьолехь дан мегш ду и?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: ДӀа а хӀоьттина дан деза, далахь, далахь, рукуӏ а деш. ДӀа а хӀоьттина дан ца лахь, тӀаккха хиина Ӏаш дан мегар ду. Далуш дерг дан деза, далуш доцучунна хӀумма а дац.

#доьзалхочух

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 22:11


Ассаламу ӏалайкум.
👤2851-гla Хаттар: Хӏусамдеца юкъаметтиг хилча лийча веза-кх. Корта биларх хатта лаьара суна, массо а месех хи кхетийта дезий? Я ерриге месашна тӏехула хи хьаькхча тоьуш ду?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Корта а, ерриг меже а йила еза, чӀаба елахь и схьа а ца йостуш цу тӀе масхьа дан мегаш ду, схьаяьстина елахь хи кхачийта деза.

#юкъаметтиг
#лийчар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 01:28


Ассаламу lалайкум.
👤2850-гla Хаттар: Вайн барт хуьлуш бац, я хьо доьзалца бала болуш а вац аьлла ас хӏусамдега. Цо хӏун дича бакъхьа хета хьуна вай элира, ас тӏаккха суна сайн цӏа яхча гӏоли хета аьлла. Иштта къамел хилла хӏусамдеца, цӏа гӏо аьлла дешнаш ца аьлла цо. Иштта къамел дича, дӏайсакъаьстина-м ца хуьлу?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Оцу хьолехь йитина лорур яц.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

23 Dec, 01:28


Ассаламу ӏалайкум.
👤2849-гla Хаттар: Хьуьжарехь, иштта доьшучехь хьехархочо тӏедиллинарг кхочуш ца дича дешархошна къа хуьлий? Хӏун аьлча лардийр дара-те цара низам?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Къа-м хир дац, делахь а, хьоьхучуьнца ларам хила беза, доьшуш хилча Ӏамо а деза. Цхьа гӀуда тоха мегар ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

21 Dec, 17:04


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2848-гla Хаттар: Цӏийндас даима шена со гӏенах вочу агӏора го олу. Шен елла йолу нанас ма вон ялийна ахь и бохуш гӀан гина шена, иштта кхин тайпа гӏенаш мосазза го дуьйцу. Со сайн цӏа гӏур ю, кхидӏа ца лало соьга бохуш ойланаш хуьлу. 11 шарахь цкъа оьгӏаз ца йоьдуш, хаза ӏийна, цу тайпа хӏуманаш сайга дийцахь дӏагӏур ю бохуш ойланаш хилча, хӏун дича нийса хир дара-те?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: ДӀаяха хӀумма а дац иза, собаре хила.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

29 Nov, 11:24


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2809-гla Хаттар: Цхьаьнца захало дан лууш хилча, иза пайде делахь тхо цхьаьнатоха Ахь, аьлла, доӏа дан мегар дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Иштта дича нийса хир ду, пайде делахь рицкъанаш цхьаьнатоха Ахь аьлла.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

29 Nov, 11:23


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2808-гla Хаттар: Доьзалхочун корта дуьххьара нанас баша мегий-те?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегаш ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

29 Nov, 11:23


Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ.
👤2807-гla Хаттар: Питонан чехорах йолу куртка, шуба динехь лело мегаш дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегаш ду, хӀумма а дац

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

28 Nov, 20:38


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2806-гla Хаттар: Хlусамдас ша хьо ялаяле цхьаьнца зlенехь хиллий аьлча, ца хилла ала мегаш дуй? Хилла ю со цхьаьнца зlенехь.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Иштта и хаттар а дац нийса, шега и лалург ца хилча, яла а йина хӀунда хоьттуш ду. Цхьана агӏора хьовзо хьажа, нийса жоп ца луш.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

28 Nov, 20:37


Ассаламу ӏалайкум.
👤2805-гla Хаттар: Цӏийндас хӏусамненаца марзо эцча лийчар тӏера ца доккху, ламаз а ца до, ши де а долу. Зудчо де аьлча а ламаз ца до. Ишттачу стагехь ӏен магийна дуй зудчунна?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Дала боху: «Ламаз де. Баккъалла а, ламаз бусалба нахана тӀедиллина, шен-шен хенаш йолуш».
Сурат: ан-Нисаъ, аят: 103.

Кхечу аятехь боху Дала: «Ма йоккха дакъазалла ю, ламаз тӀехь мало ечарна».
Сурат: ал-МаӀун, аят: 5.

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) боху: «Стагана а, керстаналлина а, ширкана а юккъехь ламаз ду».
Муслим: 82.

Кхечу хьадисехь а аьлла Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам): «Малхбуза-ламаз тиллийтинчуьнан Ӏамал яйна».
Бухарий: 553.

Дала дуьххьара адаме хоттун дерг ламаз ду.

Къа-м дац хьуна, делахь а, хьуна мела бу, собаре хиларна а, иштта цунна хьехар дарна а, иза нислахь хьуна йоккха ял йолуш хӀума а ду и, цо мел деш долчу диканах хьуна мела хир болуш. Цуьнга олуш а, дуьйцуш а хила, иштта собаре а хила.

#юкъаметтиг

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

26 Nov, 07:46


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2804-гla Хаттар: Бераш муха кхио деза хьехар дийр дацара аша? Шайн бераш муха кхиадо аша? Церан де муха чекхдолу? Муьлха хӏуманах лардо аша уьш?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Дукха кегий долуш дуьйна дин тӀехь кхиадар, дин дийцар, дин хьехар, царна дин чудиллар, Элчанан а (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), цуьнан асхьабийн а дийцарш дийцарца. Масала: айхьа цунна кхаллош йолу хӏума бисмал доккхуш хаза а хозуьйтуш кхаллор, яийна яьлча «алхьамдулиллахӏ» алар, цунна мотт цахаар аьлла ца дуьтуш даима а и тайпа хӏуманаш цунна хазийта деза, дӏадижош цунна хезаш азкараш дешар, иштта кхидӀа а цу тайпа хӏуманаш лелор, цу берана чудиллар ду. Иштта доккха мел хуьлу а, цуьнан ницкъ кхочург леладайтар, ша дешшал хилча шега доьшуьйтуш, жимчохь дуьйна ахь ӏамийнарг ӏадат дой, цу беро схьа а лоций леладо, ахь диц ца далийтичхьана. Цуьнгара цхьа гӏалат даьлча, вайн Элчанера а (саллалахlу ӏалайхӏи ва салам), асхьабашкара а масал далош хьехар дар. Ламазан дозалла дуьйцуш марзадар, ламаз доладайтича жима дара аьлла атта ца хоьтуьйтуш, ламаз нийса дан ӏамор, жимчохь ӏамийнарг 13-14 шо кхаьчначул тӏаьхьа хийца хала хуьлу, хӀунда аьлча, шена жимчохь ӏаьмнарг лело атта долун дела, цу хене кхачале ахь чудиллича и дерриг цу берана атта хуьлу шена дас-нанас ӏамийнарг кхидӏа лело. Жимчохь бер ца кхета вай санна къа хилар хӏун ду, доккха хилча кхета долало, тӏаккха шен цхьамма тидам ца беш, ледара деш хилла долу ламазаш нисдан иман оьшуш хуьлу, шен ӏадат санна чудиллина долу дин атта хуьлу берана пхийттара даьлча лело. Йовлакх бераллехь дуьйна лело ӏамийча, пхийттара яьлча лардан дезий хууш, эхь хеташ леладо, пхийттара яьллачул тӏаьхьа дӏатилла эхь хеташ хила тарло, я шен месаш гучуйовларна сагатдеш ца хила а тарло, хьамма аьлча ая шен коьртара йовлакх дӏадокхур доцуш лардо жимчохь дуьйна тиллича.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

22 Nov, 16:45


Ассаламу lалайкум.
👤2803-гla Хаттар: Зуда йитин хилча там-мах хьаьнца бан беза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Дегара пурба хила деза, да реза велахь тӀаккха бо там-мах.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

22 Nov, 16:44


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2802-гla Хаттар: Цӏоцкъамаш дӏадаха ца мега, ткъа меран кӀелара чо а, (усики), когаш тӏера чо а дӏабаккха мегаш дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Цӏоцкъамаш дӀадаха мегаш дац, Дала неӀалт аьлла. Ткъа юьхь тӀера кхиболу чо баккха мегар ду, масала, меран кӀелара, я беснеш тӀера.

#дегlанкуц

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

22 Nov, 16:44


Ассаламу ӏалайкум.
👤2801-гla Хаттар: Ламазан лелош еха коч ю сан, кога пазаташ ца юхуш ламаз дора ас, со рукуӏе яхча носта гучуйолуш хилла сан, ламазаш кхочуш хир дуй сан, юхадан дезий ас уьш?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Ца хууш хиллехь юхадан ца деза.

#духар
#ламаз

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

22 Nov, 16:43


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2800-гla Хаттар: Ярстийта молханаш мийла мегий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: ДегӀана зен деш дацахь, мегар ду, хӀумма а дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:53


Ассаламу ӏалайкум.
👤2259-гla Хаттар: Маре йоьдуш волу стаг ма-хуьллу хиттича, вон хӏумма а ца олу цуьнан хьокъехь, шега луш долу хаттаршна дика жоьпаш ло, кхин муха хьажа мегар ду ша яха хьакъ долуш ву я вац? Кхин муха талла деза иза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хьан цӀахь берш бара и талла дезаш, делахь а, уьш хьовсуш бацахь, хьайн нене я йише хаттийта ала, хьайн ваша хьажийта, я хьайн шича хьажийта. Мало а ца еш талла, кхана дохко ца яла.

#захало

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:52


Ассаламу ӏалайкум.
👤2258-гla Хаттар: Буьйсанна дӀаюьжуш чухулара (нижнее белье) дӏа а яьккхина дӏайижа ца мега олуш хезнера, и бакъ дуй-те, цунах дерг эр дарий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Иза бакъ дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:51


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2257-гla Хаттар: Хӏусамдас, хӀусамнанас вовше дегӏ цӀубдан (засос) мегаш дуй? Зене я хьарам хӏумма а дуй цигахь? Мегаш дац олуш хезнера.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегаш ду, хӀумма а дац.

#юкъаметтиг

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:50


Ассаламу ӏалайкум.
👤2256-гla Хаттар: ХӀусамдена кечлуш ролеви костюмаш йоха мегар дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегар ду.

#юкъаметтиг

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:39


Ассаламу ӏалайкум.
👤2255-гla Хаттар: Аллахӏа диканца бекхам бойла кху чохь хаттаршна жоьпаш луш болх мел бечарна! Жимчохь дуьйна а динах тасаелла схьайогӏуш ю со, гӏалаташ-м шортта ду, хӏора а нисдан хьожу со, Дала мукъ лахь. Амма гӏийбатах цӏенна дӏацӏанъяла лаьара суна. Гӏийбат цадан хьожу со. Амма гергарчаьрца, я марзахошца, я доттагӏашца хуьлийла и, цхьаъ ца хьахош ца дуьсу. Ма дийца, ца оьшу аьлча, хьо шега ладогӏа ца луург хуьлу, хӏун дан деза-те? Суна ца лаьара, соьга ма бийцахьара аьлча оьгӏазбоьлхий лела. Муха хӏун дича нийса хир дара-те?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: АллахӀ реза хуьйла хьуна!
ГӀийбатах ларло, дечарна уллехь ма Ӏе, уллехь гӀийбат деш хилча, ма де ала, царна хала хетахь а хӀумма а дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:39


Ассаламу ӏалайкум.
👤2254-гla Хаттар: Цхьамма хьоршам тоьхча цо «алхьамдулиллахӏ» олуш хьайна хезна ца хилча, «Дала къинхетам бойла» ала мегаш дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Хьоршам тоьхначо олийла «алхьамдулиллахӀ», и хезначо олийла «ярхьамукаллахӀ», и хезначо олийла «яхӀди‌кумуллахӀу ва юслихьу ба‌лакум».
[Бухарий: 6224]

Делахь а, и ала хаза деза, хьоршам тоьхнехь и ала аьлла дагадаийта, цо алахь, тӀаккха жоп ло.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:38


Ассаламу ӏалайкум.
👤2253-гla Хаттар: Туьканахь кассехь болх беш ю со. Масийттаза нисделла стоьмаш нийса ца узуш, масала, йораха ерг еза, езаниг йораха узуш. Хӏинца айса еза йоьхкина берш бевзур бац суна, ас хӏун де-те? Нехан хьакъ дисина суна тӏехь.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: АллахӀа боху: «Боккха бала хир бу терза эшош узучарна».
(Сурат: ал-МутӀаффифин, аят: 1)

Терза нийса лело ца хаахь Ӏамаде я болх хийца. Мегар дац, нехан хьакъ ду иза, иштта болх бар хьуна хьарам ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:37


Ассаламу ӏалайкум.
👤2252-гla Хаттар: Луи Витон олуш йолу бренд лело мегий-те? ТӀехь жаӏар йолуш санна ю иза. Амма боккъал йолу жаӏарх тера яц олу и цхьаболчара.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Билггал жаӀар яцахь, хӀумма а дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:36


Ассаламу ӏалайкум.
👤2251-гla Хаттар: Юьхь тӏе витаминаш детта мегий? Хьарам дуй иза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Зен деш дацахь, дарбанна делахь мегар ду.

#дегlанкуц

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

20 Nov, 22:36


Ассаламу ӏалайкум.
👤2250-гla Хаттар: Зудчо шен дегӏаца йолу шура, совъяьлча, раковина чу дӏайотта мегий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегаш ду, хӀумма а дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:43


Ассаламу ӏалайкум.
👤2710-гla Хаттар: Сихьр лелийнарг гӏенах гайта аьлла доӏа дан ца мега олуш хезнера суна, хӏунда аьлча, и гӏан шайтӏанера хила а мега боху, тӏаккха бехке воцург гайтахь цунах шеконехь хир волун дела. Нийса дерг алахьара.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегар дац иштта деха, хьуо цу лазарх цӀанъяр деха.

#бозбанчалла
#доlа

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:42


Ассаламу ӏалайкум.
👤2709-гla Хаттар: Аллахӏа диканца бекхам бойла шуна хӏара тоба ярна.
Шийлачу хенахь цхьана чохь зингатий хуьлу, дукха хьолехь корехь я пхьегӏаш юьлучехь хуьлу, церан бен болчух тера ду цигахь. Уьш долу меттиг мел цӏанйича а, юха а схьадогӏу уьш. Масийттазза хи схьа а диллина дайина ас уьш, суна тӏехь къа-м хир дац? Дайа мегаш дуй уьш?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Новкъарло еш елахь дайарх хӀумма а дац, молха тоха а мегар ду. Амин, хьуна а хуьйла АллахӀ реза!

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:41


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2708-гla Хаттар: Марехь ю со, доьзал бу сан. Сан хӏусамдега яле тӏехьийзина волу кӏант го суна гӏенах сих-сиха, шега йола бохуш. Чӏогӏа вон хета суна и гича, и хӏун бахьана ду? Цу адамана ойланаш йича го олу, цкъа а дагавеана вац суна и бераш дина чул тӏаьхьа.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Цхьадолу гӀан ша ойла ечу хӀуманца го. ДӀаюьжуш доьшуш долу азкараш ларде. Иштта долу хӀума хӀусамдена хиъча цуьнга лалур дац и, цундела иштта хӀума ца хилийта массо а бахьана дан деза, иштта долу хӀума олуш а ду дегаза.

#азкараш

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:40


Ассаламу ӏалайкум.
👤2707-гla Хаттар: Хӏусамда тойнашка лелаш хилча, накъосташа а, ден-ненен агӏора шичоша ялош а, цигахь эшарш, хелхарш нисло, со ца юьгу цо шеца хьарам хӏума хуьлу бохуш, амма ша воьду цига нана а, йижарий а оьций. Цига вахар къа дуй цунна?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хьарам хӀума делахь цига ваха мегар дац, мегар ду нагахь санна царна хьехар дан воьдуш велахь. Нагахь санна ялош берш бевзуш белахь, накъостийн гергара белахь, хьехар дан деза царна.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:39


Ассаламу ӏалайкум.
👤2706-гla Хаттар: Гайн тӏера мохь дӏаяккхийтар хьарам дуй? Новкъа йолуш дӏайоккхуьйтуш ю.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хазаллина операци йина яккхийта мегар дац, молханца мегар ду, иза зене дацахь. Операци йина а яккхийта мегар ду нагахь санна тешаме лоьраша и яккхийта еза, ца якхийтахь зене хир ду аьллехь. Спорт ян а мега азвалархьама.

#дегlанкуц

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:37


Ассаламу ӏалайкум.
👤2705-гla Хаттар: 8 март аьлла хан хӏоттийнера сан шичас, март мархийн бутт лоруш бу. 9 мартехь марха лоцу бохура. Мархийн баттахь маре яха мегий, я хан жимма тӏаьхьататта еза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: 8 март хIунда хӀоттийна? Керста нехан дезде ма ду и. Нагахь санна цу денца хоттаделла хӀума дацахь, и де иштта нисделла делахь хӀумма а дац. Нагахь санна и де нисдина делахь мегар дац, иза керста нехан дезде ду, ткъа бусалба стага муха доладо шен керла дахар хьарамчу хӀуманашца? Дахар беркате хир ма дац! Мархийн баттахь маре яха мегаш ду.

#мархийнбутт

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:36


Ассаламу ӏалайкум.
👤2704-гla Хаттар: Ӏакъикъат дийна жижиг дӏайсадала мегаш дуй? Суна хезнера, маларх кхеташ волчунна кхачийта мегш дац олуш, цунах йисина даьӏахкаш лаьттахйохка еза олуш.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Ӏакъикъатан жижиг хьайна луучунна ло, луучул а ло. Ткъа къаьркъа молуш верг ахь и делча цунна эхь хетар делахь, юхавала мегара аьлла хетахь, цхьа пайда хир бу аьлла хетахь мегар ду. Нагахь санна цунна хетар делахь ша молуш воллушехь шена сагӀа делча шена реза ву аьлла, тӀаккха мегар дац. Даьӏахкаш дӀакхисса мегаш ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:35


Ассаламу ӏалайкум.
👤2703-гla Хаттар: Шарӏо ма-бохху духар шена тӀехь гойтуш тобана чу кхосса мегар дуй, цу чохь зударий бен ца хилча, стегарийн чубовла аьтто а боцуш?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Ца лелор гӀоли ду и, хӀунда аьлча марзло, и сурт интернет чухула дӀайсадала а тарло, нехан божаршна ган а тарло, жим-жима ша гайтарехь эвхьаза яла а тарло, ларло.

#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:34


Ассаламу ӏалайкум.
👤2702-гla Хаттар: Хӏусамдеца дов даьлла ден цӏа яхана шарахь ӏийна, дӏайсакъастар лоруш дуй иза, цӏийндас йитина ю хьо аьлла ца хилча?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Йитина ю ца аьллехь мах боьхна бац, иза цуьнан долахь ю.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

10 Nov, 16:34


Ассаламу ӏалайкум.
👤2701-гla Хаттар: Цхьа масийтта шо ду суна цхьана хӏуман тӏехь васвасаш долу, цара чӏогӏа яхар хала дина сан. И ойланаш хилча хӏун дича гӏоли ду, цунна муьлха агӏо лелийча дика хир ду?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Васвасашна дарба уьш тергал ца дар бен дац, хьо царна тӀехь дӀа мел йоьду а, цара хӀаллакеш ю, шайтӀано Ӏехош ю. Цундела тергал ма де, и ду цуьнан дарба.

#васвасаш

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

31 Oct, 13:39


Ассаламу lалайкум, божарийн цlерцани беш, ян билгалла зуда юй ца хуург вай кху чохь йуьташ яц.

Хӏара еккъа йижарийн тоба ю! Йижарий бен чубовла йиш йолуш яц, аманат ду! Хӏара тоба вай лар ца яхь, тхоьга лелайойтур йолуш яц !

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:31


Ассаламу lалайкум варахьматуллахlи ва баракакатухl!

بِسۡمِ ٱللهِ ٱلرَّحۡمَـٰنِ ٱلرَّحِيمِ

Хlapa тоба йижаршна лерина ю, кху чохь зударшна мел оьшучу хаттаршна жоьпаш луш ду, билггал lилманца болу вайн мутаlеламшка хатта а хоттуш.

📢 Тхо муьлш ду, жоьпаш а мичара ду?
Тхо шун йижарий ду, АллахӀан дуьхьа тхайна ял хиларе сатуьйсуш, иштта шуна цунах пайда хиларе а догдохуш. Тхо марехь а ду. Жоьпаш тхоьгара а, тхуна цахуург, мутаӀеламашкара а, царна цахуург Ӏеламнахера а луш ду. АллахӀа къинхетам бойла мазхӀабан дайшха, цхьана мазхӀабехь дара аьлла цуьнан дош хьалха а ца доккху, Къуръанна а, суннатна а герга дерг хьалхадоккху.
Тхуна хаьа, хӀара дин аманат дуй а, тхайна хетарг дийца йиш яций а. АллахӀа лардойла вай динна тӀе харцо кхолларх а!

🩷 Вайн низам:
https://t.me/Yijariyn_hattarsh/1707

🩷 Хаттар муха доуьйту:
https://t.me/Yijariyn_hattarsh/1711

🩷 Хаттар муха лоху:
https://t.me/Yijariyn_hattarsh/1711

🩷 Ца мегаг :
https://t.me/Yijariyn_hattarsh/4267

@Yijariyn_bot 🌷

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:24


Керла тlе кхетташ шортта а бу, цундела еша хlара 💕

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:18



Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:14


Ассаламу ӏалайкум.
👤2695-гla Хаттар: Маре яхаза маьрйиша ю сан цӏахь. Сан 5 бер ду. Марнана и шен йоӏ бахьанехь со араяккхийта шен кӏант сан коча туьйсуш ю, ша елча шен йоӏ тхов кӏелахь хир яй кхин хӏумма а дацахь бохуш. Ас хӏун дича нийса хир ду-те?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Марзахошца ахь цхьаъ къийсича нийса хир дац, хӀусамдена дита иштта долу хӀума, цуьнга къастадайта, хьо юкъа ма гӀерта, цара вовше олуш дерг хьайна ца хезаш санна Ӏе.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:12


Ассаламу ӏалайкум.
👤2694-гla Хаттар: Ламаз оьцучу хенахь меже цхьазза юьлуш эца мегаш дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мега, ламаз эцна лору, делахь а, кхузза йилар суннат ду.

#ламаз

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:11


Ассаламу ӏалайкум.
👤2693-гla Хаттар: Зудчунна башлакх (капюшон) йолуш хӏуманаш лело мегий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хазаллина кечлуш елахь мегар дац, оьшуш елахь мегар ду.

#духар

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:11


Ассаламу ӏалайкум.
👤2692-гla Хаттар: Бежанашна тӀера закат луш, царах долуш долу ахча дала мегий, ша бежана ца луш?
Кхечу кепара аьлча – даьхнин тӀера закат ахчанца луш хуьлий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Цхьаболчу Ӏеламнаха магадо, ца магочара а магадо нагахь санна цунна хьашто елахь, маслаӀате делахь иштта далар, масала: хьан даьхнин тӀера дӀабала безаш цхьа барам бу, и барам хьан бацахь, тӀаккха а магадо.

#закат

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:10


Ассаламу ӏалайкум.
👤2691-гla Хаттар: Веллачу стагана тӏера Къуръан деша мегий, цунна мела дӏакхачо?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Цхьаболчу Ӏеламнаха дӀакхочу аьлла, делахь а, гӏоли дерг кхочуш цахилар ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:09


Ассаламу ӏалайкум.
👤2690-гla Хаттар: Нехан бер цкъа дузийна хилча вакхийна ваша хуьлу бохуш хезнера суна. Кхечанхьа пхоьазза дузийна хилча бен ца хуьлу олуш хезна. Царах бух болуш муьлхург ду-те? Вовшашна хьалха йовлакх доцуш лела йиш йолуш ниятца мегар дуй и?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Нийсох дерг пхоьазза дузийнехь хьан бер санна хуьлуш ду ахь дузийна бер, иштта хьан берашна ваша я йиша хуьлуш а ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

Йижарийн Хаттарш 🌷

27 Oct, 07:08


Ассаламу ӏалайкум.
👤2689-гla Хаттар: Новкъахь волчо ламаз тӏе муха оза деза дуьйцур дарий аша?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Гена воьдуш новкъахь велахь ламаз тӀеоза а, дацдан а мегаш ду. Ӏуьйра-ламаз ша ма-дарра дан деза. Делкъа а, малхбуза а 2 бисмал 1 атхьиг ду, и шиъ вовше тӀеоза мега, делкъа-ламазан хенахь деш делахь, хьалха делкъа-ламаз дийр ду 2 бисмал 1 атхьиг, юха малхбуза дийр ду 2 бисмал 1 атхьиг, иштта малхбузачунна тӀе дӀататта а мега делкъа, делахь а, малхбузачуьнца деш делахь хьалха делкъа-ламаз дийр ду, тӀаккха малхбуза дийр ду, рагӀ ларъян еза. Иштта маьркӀажа-ламаз ша ма-дарра дан деза, пхьуьйра-ламаз 2 бисмал 1атхьиг ду, цу шиннан а рагӀ ларъян еза, маьркӀажа-ламазца деш делахь маьркӀажа хьалха дан деза, юха пхьуьйра-ламаз дан деза, нагахь санна маьркӀажа пхьйуьрачунна тӀе дӀатеттинехь, пхьуьйра-ламазан хан хилча хьалха маьркӀажа дан деза, юха пхьуьйра-ламаз дан деза, даима рагӀ ларъян еза. Иштта ду новкъахь а йолуш, масала, маьркӀажа хан хилла ахь пхьуьйра-ламазна тӀе дӀатеттина маьркӀажа-ламаз, пхьуьйра хан хилча хьо хьайн цӀа кхечи, тӀаккха хьалха маьркӀажа дийр ду, тӀаккха ша ма-дарра 4 бисмал 2 атхьиг дийр ду, хӀунда аьлча, хьо хьайн цӀахь ю, цӀа кхаьчча дацдан ца мега.

#ламаз

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

25 Oct, 16:06


Ассаламу ӏалайкум.
👤2688-гla Хаттар: Хан йиллина йолуш кӏантаца масийттазза ган мегаш дуй? Уллехь цуьнан махьрам а йолуш.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Масийттазза оьшург хатта а, цкъа ган а мегар ду, уллехь махьрам волуш.

#захало

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

25 Oct, 16:06


Ассаламу ӏалайкум.
👤2687-гla Хаттар: Кӏантаца зӀенехь йолуш муьлхха а хӏума дийца магийна даций вайна? Эрна хӏуманаш дуьйцуш ца хилча вон лоруш дуй иза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Муьлхха а къамел делахь а мегаш дац.

#захало

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

25 Oct, 16:05


Ассаламу ӏалайкум.
👤2686-гla Хаттар: «Nike» йоза тӏехь долу хӏума лело мегаш дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Санкциш юккъехь елахь ма эца, вуьштта лело хӀунда ца мегаш ду и.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

25 Oct, 16:04


Ассаламу ӏалайкум.
👤2685-гla Хаттар: «Лазерная эпиляция» олуш цхьа хӏума ю-кх, и ян мегаш дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегар ду, дегӏана зен деш яцахь.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

24 Oct, 20:20


Ассаламу lалайкум.
👤2684-гla Хаттар: Доlа дечу хенахь хӏораннан цlе яккха езий? Масала: да-нана, йижарий-вежарий, ненахой-дехой, доьзалш, иштта кхидlа а цlе ца йоккхуш кхачаме ду и?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Мегаш ду, массо а чулаца лууш елахь.

#доlа

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

24 Oct, 12:20


Ассаламу ӏалайкум.
👤2683-гla Хаттар: Со маре яхча дуьйна хӏусамда ненаца дӏавуьжуш хилча, цу зудчун цӏа яха бакъо юй? Сарралц зудчунна веза а веш лела, ткъа буьйса тӏе ма еана нанна улле дӏавуьжу.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: ДӀаяха сиха ма ло, бахьана хӀун ду хьажа, хӀинццалц ненаца вуьжуш а хилла, хӀинца хӀусамнана ялийча нана дӀатаса дика ца хеташ эхь хеташ хила а мега. Я кхин бахьана хила а мега.

#юкъаметтиг

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

24 Oct, 10:20


Ассаламу lалайкум.
👤2682-гla Хаттар: Адамо хьайна цхьа халахетар дича, ахь цунна дуьхьал цхьа зен ца деш, Делан дуьхьа сатоьхна, къинтlераваьлча, Далла хьалха жоп лур дара ахь-м, Цо доьхур ду хьоьгара жоп, аьлла, хьуна хетар нийса дуй?Къинтlераваьлла хуьлий хьо адамана цу хьолехь?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Собаре хиларна мела бу. КъинтӀераялахь, цунна а мела бу. КъинтӀераяьлла хилар хьан дагца хоттаделла ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

24 Oct, 08:15


Ассаламу ӏалайкум.
👤2681-гla Хаттар: Цӏийндас жимма ша суна оьгӏаз ма-ваххана неӀалт олу суна сих-сиха, ма ала аьлча а ца дуьту цо.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: НеӀалт алар кхераме хӀума ду, Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) неӀалт аьлла йолу эмкал дӀахецийтира, кхераме ю аьлла, асхьабаш дуьйцу, и эмкал гора шайна гӀум-аренашкахь лелаш, цхьамма а тергал ца еш. НеӀалт аьлча и аьллачунна догӀуш дацахь стигал хьаладоьду, стигалш дӀакъовлу, даха меттиг ца хуьлий и аьллачунна юхадоьду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

23 Oct, 20:12


Ассаламу ӏалайкум.
👤2680-гla Хаттар: Цӏийндеца марзо хилла, лийча кхиале, жима бер самадаьлла доьлхуш хилча, цунах куьг ӏотта мегий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Бере хьажа а мега, дан дезарг дан а мега, хӀумма а дац.

#юкъаметтиг

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

23 Oct, 20:11


Ассаламу ӏалайкум.
👤2679-гla Хаттар: Цӏийнда оьзда йоцу видеошка хьажар къа дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хьарам ду, бӀаьрган зина лору.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

17 Oct, 23:19


Ассаламу ӏалайкум.
👤2669-гla Хаттар: 5 доьзалхо ву сан, кегий. Дин ӏамо йолаеллера со, ца ларайо дукха хьолехь, жайнаш деша, лекцешка ладогӏа, Ӏарбойн мотт ӏамо а. Дийнахь чӏогӏа чӏагӏо а йо, бераш дӏа ма дийшина Ӏамор ду, йоьшур ю олий, кӏадлой наб кхета суна, юха дохкойолу со. Иман гӏелло сан, ас хӏун дан деза-те? Муха график хӏотто еза? Массо а хӏума цхьаьна ӏамо, еша йолалой корта хьаьвза. Мича тӏера йолаяла еза со?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Уггар хьалха мало дӀаяккха еза, доӀанаш а де, хьайн ницкъ кхочучу барамехь Ӏамал е, дерриг сихха дан а ца гӀерташ. Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «АллахӀана даима еш йолу Ӏамал еза, и кӀеззиг бен яцахь а».
(Муслим: 782)

Хьайга далуш дерг жим-жимма де, жим-жимма сов а йолуш.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

16 Oct, 12:34


Ассаламу ӏалайкум.
👤2668-гla Хаттар: Сан хӏусамдас со ялаялале барт бинера соьца, со шега муьлххачу хьолехь хьажаран дуьхьа суна цӏено лур ду аьлла. Цул тӏаьхьа тхо вовшахкхетта, бераш дац тхан. Амма суна цӏа дала реза вац и, сан бехк боцуш со араяьккхинера цо чуьра, йитина а йоцуш, вуьштта араяьккхинера, юха схьаялийра. Суна со йитийта лаьа, цо ца юьту со, вай бина барт бу бохуш. Со Аллахӏана хьалха бина болу барт ларбан безаш юй, цӏа а ца йоьдуш, амма хӏусамдас цо шениг ларбина ца хилча шозза а?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Хьо ялош бина барт белахь, цу тӀехь чекхвала веза и. Барт бохийнехь хьо йита ала йиш ю.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

16 Oct, 12:33


Ассалам ӏалайкум.
👤2667-гla Хаттар: Цхьаьна стеган ши доьзал хилча, цхьанхьа мавлид ешча шинна а доьзална тӏерайолий и?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Дала боху: «Ахь ала (хӀай Мухьаммад) Шу АллахӀ везаш делахь‚ хьайна тӀаьхьадаза, тӀаккха АллахӀана дезар ду шу‚ шуна къиношна а гечдийр ду Цо‚ – АллахӀ гечдеш а‚ еъинхетаме а ву.
(Сурат: али-Ӏимран, аят: 31)

И дерриг бидӀат ду, Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) лелийна доцург ду.
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Дерриг бидӀат тилар ду, дерриг тилар жоьжахати чохь хир ду.
(Муслим: 867)

Динехь керла юкъадаьккхина хӀума бидӀат ду, дерриг бидӀат тилар ду, дерриг тилар жоьжахати чохь хир ду.
(Сахьихь: ЖамиӀ: 1353)

Кхечу хьадисехь а боху Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) «Оха йина йоцу Ӏамал къобалйийр йолуш яц».
(Бухарий: 2697)

Мавлид ешар бидӀат ду, динехь керла юкъадаьккхина хӀума ду, мегар дац, хьарам ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

16 Oct, 12:31


Ассаламу ӏалайкум.
👤2666-гla Хаттар: Суна сайна цхьаъ лелийна аьлла гӏенаш го, и боккъал лелош хуьлийла дуй?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Тергал ма де, тӀе а ма ийза.

#гӏан

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

15 Oct, 16:56


Ассаламу ӏалайкум.
👤2665-гla Хаттар: Бер дуьненчу даьлча лерехь молла кхайкхийта веза олу-кх, телпо тӏехь кхайкхийтича мегий, дас кхайкхина ца хилча?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Иза къевсина ду, гӀоли дерг бух болуш цахилар ду, доьшуш хилча а телпо тӀера доьшур дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

15 Oct, 16:56


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2664-гla Хаттар: Доьзалхочух ю со, кху доьзалхочух хилчхьана чӏогӏа ирча гӏенаш ду суна гуш. Цхьадолчу гӏенахь хьаж-цӀенна когаш хьоькхуш го суна, кхечу гӏенахь хьаж-цӀа догуш го, айса адамаш дойуш, нахана ницкъ беш, хӏун дийр дара-те? Бахьана доцуш хӏусамдеца девнаш дуьйлу сан, бахьана доцуш со марехь йолу меттехь ӏен ца лууш денош догӏу суна. Белла нах го суна гӏенахь, со цаьрца цхьанхьа йоьдуш.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Ӏуьйранна а, суьйранна а, дӀаюьжуш а доьшуш долу азкараш ларде.

#азкараш
#гӏан

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

15 Oct, 16:54


Ассаламу ӏалайкум.
👤2663-гla Хаттар: Беран корта кхузза дӏабаша беза олуш ду. Сан йоьӏан 2 шо кхочуш ду, цкъа бен корта дӏабаьшна бац, жима йолуш. Бусалба динехь цхьа а бух болуш хӏума дуй иза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: ВорхӀалгӀачу дийнахь беран корта башар суннат ду, нагахь санна ворхӀалгӀачу дийнахь корта баша аьтто ца хиллехь, кхечу дийнахь баша а мегар ду. Цхьаболчу Ӏеламнаха аьлла иза кIантана ду, йоӏана дац, хӀунда аьлча, йоӀ хазъеш дерг месаш ю.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

15 Oct, 16:54


Ассаламу lалайкум.
👤2662-гla Хаттар: Баккхий зударех кхетта, 5-6 сахьтехь машен тlехь (маршрутка) болу новкъа яла мегий зудчунна, махьрам воцуш, шен махьрам волчу гlала и йоьдуш хилча?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Питане хӀумма а дацахь, гӀуллакхе яха мегар ду.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

15 Oct, 16:53


Ассаламу Ӏалайкум.
👤2661-гla Хаттар: Ахча а делла шена пенси даккхийта мегий?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Вайн цӀахь, Даймахкахь шена догӀуш доццушехь ахча хӀоттадайта мегар дуй аьлла ду хаттар. Масала: пенси хӀоттадайтар шена догӀуш а доццушехь мегар дуй-даций аьлла ду иза. Мегар ду аьллачара боху: хьан мохк схьа а баьккхина хьан махкана, къомана тӀехь олалла деш Ӏаш бу и гӏазкхий, масийтта шерашкахь хьан къам хӀаллак а дина, шайна тӀехь шайн низамаш а хӀиттийна, вайн къоман тӀехь дина таӀзаран бекхам уьш текхна бевр бац. Цундела иштта цаьргара ахча схьаэца мегар ду боху.

Ткъа мегар дац бохучеран дош: Элча (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Маккара хӀижрат а дина Мадинате дӀавоьдучу хенахь, шен меттахь Ӏалий а витина дӀавахара, ша вен гӀерташ болу мушрик нехан аманаташ цаьрга юха дӀало аьлла. Элча (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тешаме волун дела цуьнга шайн хӀума лора мушрик наха дӀайилла олий, деши а, дети а, иштта кхиерг а. Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) уьш шеца дӀа ца яьхьира ша дӀавоьдуш, уьш-м керста бара, я ша вен гӀерташ бара, я уьш-м шен мостагӀий бара аьлла. Мелхо а, уьш ша вен гӀерташ боллушехь цара шега схьаелла хӀуманаш юха царна дӀало аьлла шен меттахь Ӏалий а витина дӀавахара Элча (саллаллахIу IалайхIи ва саллам). Шеко яц хӀара гӀоли дерг хилар, мостагӀ велахь а бакълер.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

13 Oct, 21:04


Ассаламу ӏалайкум.
👤2660-гla Хаттар: «Аллахӏ» аьлла долу дешан шен бакъо ю-кх, дамма, фатхьа хилча онда доьшу, на «о», касра хилча кӏеда, на «а» доьшу.
Тӏаккха «إن شاء الله»,
иза «Ин шаа Аллохӏ» аьлл деша деза, я «Ин шаа Аллахӏ» аьлла деза?

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Жоп: Ӏарбойн йоза вайн элпашца нийса яздалур дац, цундела Ӏарбойн маттахь яздеш фатхьа ду «а», цундела вай вайн маттахь язъеш а «а» дуьллур ду, «иншаАллахӀ» аьлла.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh