ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ @yurtarayol Channel on Telegram

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

@yurtarayol


Соьх йуьсар йолу лар..
@yurtarayo1_bot

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ (Uzbek)

Yurtarayoi - bu sizning ushbu Telegram kanaliga hush kelibsiz! Kanalimizda O'zbekistonning eng zamonaviy va ommabop yo'llari haqida ma'lumotlar, so'nggi yangiliklar, vaqtincha yo'l xabarlari bilan tanishishingiz mumkin. Agar sizga safar yo'qotishdan sevinchli bo'lsa, yoki eng so'nggi yo'l holatlarini bilishni istasangiz, bu kanal siz uchun. Yurtarayoi sizga yo'lda yordam berish uchun ishonchli manba bo'ladi. Telegram orqali kanalga qo'shiling va yo'lda bo'lgan eng so'nggi vaqtincha yangiliklardan xabardor bo'ling! @yurtarayo1_bot orqali biz bilan bog'laning va yo'l xabarlari haqida ko'proq ma'lumot oling.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

19 Dec, 22:05


«Кхетаме волу стаг эмгаралла (ревность) йолуш хуьлу».

Элчано, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна Аллахlера, аьлла: «Даййус ялсамане чу гlура вац». сахих ат-таргъиб 2070.

Даййус - иза шен чура зударшца эмгаралла (ревность) йоцург ву, шен хlусам-нана елахь а, я шен йиш, я нана, я йоl. Муьлхха а шен чура зуда духарц мухха ара яьлчи бен ца хеташ, иза хьаьнга йист хилчи, цо хуъ лелийчи а бен ца хеташ. Иштта хьал дерг ялсамане чу гlура вац аьлла-кх шен хьадисехь вайн Элчано, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна Аллахlера.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

19 Dec, 22:05


IабдуллахI Ибн Абу Бакр ал-Ансáрийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «ПIераскан дийнахь уггаре гIоли, тоьлуш верг - Пайхамарна (ﷺ) дукхаха салават дуьллуш верг ву».

📚 Мусаннаф Iабдурраззáкъ, 5337.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

15 Dec, 21:40


Зударийн сий а, церан оьздангалла а ларъеш хила веза Къонах. Цо ша волчохь зударшна гlело йойтур яц, уьш сийсаза а бохуьйтур бац.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

15 Dec, 18:07


Арахь шел йелла, шайн чохь хаза довха чайца шоколад яа)

• Вайца зlе: @feedback_fq

📲 https://wa.me/79380218889

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

14 Dec, 22:00


Шийла ма лелалаш)

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

14 Dec, 22:00


АллахIа хьайна хаьржинарг цадезаш ма хила.
Хьуна ца девзу Цо хаьржиначуьнгахь хьайна долу пайданаш..

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

12 Dec, 20:58


))

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

11 Dec, 14:05


АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Делан Жайни (Къуръан) тIера цхьа элп дешначунна цхьа дика ду, и цхьа дика итт дика санна а ду. Ас ца бах: “Алиф Лáм Мúм” цхьа элп ду, муххале а, Алиф – элп ду, Лам а – элп ду, Мим а – элп ду». ат-Тирмизий

📲Вежаршна:
https://wa.me/79380218889

📲Йижаршна:
https://wa.me/79380200098

Вайн хьост:
https://t.me/alfurqan_onlinee

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Dec, 21:09


буьйса йарца сатийсина тийналла карайо,
ткъа цу тийналлица гена тоьтту ойланаш герга гӀерта..

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

05 Dec, 11:23


Пайдехь дерг хьуна довзуьйтуш, хьо гIалат ваьлча хьо нисвеш вацахь хьуна улле хIоьттина лелаш верг, иза хьан накъост вац хьуна!

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Dec, 16:11


Маре бусалба динехь Дала хlиттийна бехкамаш лардеш динарг ду, ткъа и бехкамаш лардеш доцург маре дац, зина ду.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Dec, 13:59


Вайна ца го седарчий боданехь бен, иштта бакъболу доттагlий а халонехь гучубовлу.

Маса седа бу хьан?

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Dec, 12:19


Къонах мила ву хаьий хьуна? Къонах ву хьуна, шен дукха дезаш долу хьарам хIуманца ша цхьаъ висина и хIума дан шен ницкъ кхаьчча, АллахI дагавеана ойла йинарг, тIаккха АллахIан ша гуш вуйла хиъна, шен АллахIах эхь хеттаг..

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Dec, 12:18


Ма атта хуьла хьой верг хила йиш йолчу адамаца, хьан цакхачамашца бала боцуш. Мел ледара, гlийла хьо велахь а, хьо хилчхьана мегаш, хьо хийца ца гlерташ, ма варра хьо везаш.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Dec, 12:18


Адхlаман кlанта Ибрахlима (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гlаравалар дезаш волу лай кхоччуш Аллахlах тешна вац.»

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

26 Nov, 18:04


«Хьо léха ма лойла, лай шен везачуьнца хир ву аьллачу къамелах, хьо дика lамал йаьш вацахь. Жуьгтий а, жаlаран динехь берш а бу хьуна шайна Пайхамарш дукха беза бохуш, делахь а, уьш бац хьуна Пайхамаршца»

Хьасан аль басрий.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

25 Nov, 20:31


Хьо мел цӀена велахь а, мел даккхий диканаш хьоьгара девллехь а - хьуна хӀума олуш стаг вер ву, хьуна Ӏиттарш еш стаг а вер ву, хьан дог этӀош стаг а вер ву. Амма и хӀора стаг тергал веш хьо лелахь, хьо хьайн некъах вухур ву, хьан Ӏалашо а кхин хир ю.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

25 Nov, 20:13


🥲😂)

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

25 Nov, 20:13


Беттаса а, маьлхан нур а мел дужучу метте - бакъо яржара ю хьуна.
Буьйса мел Ӏаьржа хиларх а,
бакъдолуш, бода йойуш сатосур ду хьуна..

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

21 Nov, 20:00


Божарий иман дерг лоьхуш белхьара, зударий шайн иман чlагlдан хьовсур бара, дегlан куц а дитина.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

21 Nov, 20:00


Ламаз – бусалба динан бlогlам бу. Ламазо стеган дог – ойла, lалашо цlанъйо, са чу паргlато, ирс кхуллу. Ламаз – малхо якъийначу аренга догlу догlа санна беркате, нехан синош цlандеш lаламат ду. Ламаз – вайн синош Делах дlахуттуш тlай ду. Вайн синош цу тlай тlехула Далла улло мел гlерта, уьш сирла а, цlена а, паргlате а, ирсе а хуьлу.

Нунуев.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

14 Nov, 19:20


Хьоме дерг генахь делахь а, дагчохь ду.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

14 Nov, 19:20


Хочешь приобрести такую подставку ?

Пиши в директ @hayraruu

𝐇𝐀𝐘𝐑𝐀 мир вам и вашему дому..

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

14 Nov, 10:34


Цара дlатосур ву хьо, хьабаьхканчул тlаьхьа.
Гамо лоцур ю цара хьоьца, хьо везначул тlаьхьа.

«амма Хьо дlа ца тесна хьан Дала, йа хьоьца Цо гамо а ца лаьцна..» 93:3.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

14 Nov, 10:32


Седарчий дукха делахь а, хьуна серло луш берг бутт бен бац.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

14 Nov, 10:31


Цхьана балхахь хьан кхиам ца хилахь, хьуна хаийла, АллахIана иза хьуна дика дуйла хууш хилар.

— Хьо оцу балхана хIинца а кийча цахила тарло.
— Йа хьога и болх хIинца а дIа ца кхехьабала мега.
— Йа хьуна оцулла диканиг карон мега.

АллахIа хьайна яздинчунна реза хила, самукъане хила, кIел ма виса!

Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаIравий.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Nov, 21:17


Хала дац кху дахарехь хаза долу адам каро, амма, хала ду хьан синах тера долу адам каро.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Nov, 21:17


Ирсе дахар, эхартал хьалха, кху дуьненахь а, дац хьуна, Далла тӀе боьду некъаца бен, и некъ бовзарца бен, цу некъахь хьо къахьоьгуш хиларца бен.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Nov, 21:17


Цхьаболчу нахаца гергарло лело, цкъа а гӀалат ца долуш долу адам санна хила везаш ву. Царна ца мега гӀалат долург а, жимма а шегахь сакхта дерг.

Дукха хьолахь и тайпа нах, шайн дегӀа сакхташ, ледарлонаш ца евзаш хуьлу. Ткъа ма-дарра шен дегӀ девзинчунна, шен Ӏесаллица Дала ша хьулвар хууш волчунна, дукха атта ду, нахана даиманна а бехказло яла.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Nov, 21:16


Пlераскан дийнахь уггаре деза зикр пайхамарна (ﷺ) салават диллар ду, хlунда аьлча, деношха уггаре деза де пlераскан де долун дела а, пайхамаршха уггаре веза пайхамар вайн пайхамар хиларна а.

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шун денойх уггаре деза де пlераскан де ду, суна (цу дийнахь) дуккха а салават дилла аша».

Шайх lабдул-lазийз ат-Тlарифий
(АллахIа Iалашвойла иза)

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Nov, 21:16


Де а, буьйса а ца къестош хьо доггах тlе лаца, хьан мила вара ша Аллахl воцург?

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Nov, 21:16


Хьиджабан бехкамаш.

Хьиджаб:
1. Чекх са гуш хила дезаш дац.
2. Шуьйра хила дезаш ду, меженаш т1еяьхна хила дезаш дац.
3. Долла дег1 д1ахьулла дина хила дезаш ду.
4. Сонталлийн лела дечу духарехь хила дезаш дац.
5. Керстанехан духарех йа боьршнехан духарех тера хила дезаш дац.
6. Нехан б1аьрга т1ехоттор болу духарех хила дезаш дац.
7. Хаза хьожа йохаш хилла дезаш дац.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

10 Nov, 21:16


Делаца йолу хьайн йукъаметтиг йовза лаахь, айхьа lуьйра ламаз муьлхачу хенахь до хьожийла хьо.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

03 Nov, 13:50


Лам санна дегl хиларх, воцучух къонах хир вац.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Nov, 11:43


Хьоьга болу бала мел боккха белахь, хьан сингаттам мел боккха белахь, хьан гӀуллакх мел доккха делахь а АллахӀа чекхдоккхур ду хьуна иза.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Nov, 11:43


Цхьаболчу хьекъалчийн мухар тlехь яздина хlара йоза дара: «Шен дегlан лаам шен хьекъалал тоьлларг йохь-lаьржа хуттур ву.»

«Шархь ла́миййати ибнил-Вардий» агlо: 79.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

02 Nov, 11:43


Нохчийчоь – Къонахийн латта ду. Нуьцкъаллин а, Сийлаллин а латта ду иза. Иштта тхьамдаллин а, доьналлин а. Чевнашха дуьзначу сайн даггара дукхайеза суна хьо, Нохчийчоь. Иштта хьан, лоьмаш санна болу, Къонахий а дукхабеза суна … АллахI теш ву-кх сан къамелан».

Абул-Валийд ал-ГIомидий
(АллахӀа декъалвойла иза)

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

31 Oct, 19:09


Ларамца даха цаьрца (зударшца), шайна уьш мел ца тахь а. Ткъа шуна ца тан тарлуш ду Аллахlа шегахь дуккха а дикадинарг. 4:19.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

31 Oct, 19:09


Уьш дlабевлча дахар саца ца саца тарло, амма кхин хьалха хиллачу хьоле доьрзур дац..

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

31 Oct, 19:09


Аллахlана гергахь шух уггаре а сийлахьниг – Аллахlах сов кхоьруш верг ву. Боккъалла а, Аллахl – Хуушверг, Девзашверг ву. 49:13.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

31 Oct, 19:08


«Собар массо даккхийчу белхийн а, дикачу lамалийн а бух бу».

lабдуррахьман ал-Баррак.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

31 Oct, 19:08


Шайх Бакр Абу Зайдас (Аллахla къинхетам бойла цунах) аьлла: «Зударий талхаран хьалхара бахьан - божарша мало яр (хецна битар) ду».

Хьирасату ал-Фадийла.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

18 Oct, 10:16


Мáлик Ибн Дийнáра (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Шеца охьахиъча диканиг схьадолуш мел воцу накъостах генавала хьо».

Аз-ЗухIд ли-бни Аби Iáсим, 86.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

18 Oct, 10:14


«Хьан дерг - хьуна тlекхочур ду, берриге а нах иза хьоьх йухатоха гlортахь а, хьан доцург - хьуна тlекхочур дац, берриге а нах хьуна иза тlекхачийта гlортахь а.

Къолам хьалаайбина, шекъа дакъаделла».

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

18 Oct, 10:14


Нохчалла - довш ду хьо,
Хьоьх йиснарг цlе бен яц.
И цlе яккха лууш верг,
Наггахь бен висна вац.

(с) Иса Махмудов.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

18 Oct, 10:13


Боккъалла а, хьо Аллахla балийца зуьйш ву моьттуш хьо laчу хенахь, хьо кхин а боккхачу балеха хьалха ваьккхина хуьлу.

Ахьа хьайна хаьржинчул а дика ду, Дала хьуна хаьржинарг.

ʏᴜʀᴛᴀʀᴀʏᴏɪ

17 Oct, 13:53


يغادرون وطنهم إلى الصحراء أو بلاد بعيدة لدراسة دينهم؛ لكيلا يغتروا بمفاتين الدنيا، وليعرفوا قيمة العلم

Шайн махкара а бовли гӀум-аренга я цхьанна гена махка дӀабоьлху уьш дин Ӏамадан: дуьненан хазаллашка шаьш Ӏеха ца дайта, цу Ӏилман мах а хаийта.