Нийса ламаз @niysa_lamaz Channel on Telegram

Нийса ламаз

@niysa_lamaz


☀️Маршалла хьуна!

Ламазах дерг хаа лаахь - хьо нийса кхаьчна.

Нийса ламаз (Chechen)

Нийса ламаз, азана хьана хур дийцас ламазах дерш. Хилар аьла нийса кхиннан ламазах дерш, а хьо хаа лаахь. Ламазах дерш маршалла хьуна! Ламазах дерш нииста хьолламна, хьо нийса кхаьчна. Ламазах дерш - нийса оццалла, хьана хьунца меттар хааттаболла. Присоьйнатся к Нийса ламаз сейчас и получить уникальный опыт общения, деликатесные рецепты и многое другое! Приходите, не пожалеете!

Нийса ламаз

31 Dec, 14:50


Имам Хьажар lаскъаланис (АллахIа къинхетам бойла цунах) боху:

«Ражаб беттан хьокъехь даьхкина хьадисаш шина декъе декъалуш ду: цхьадерш даlиф (бух боцу) хьадисаш ду, вуьш мавдуl (Пайхамарна ♥️ тlекхоьллина) хьадисаш ду».

https://t.me/marhanash

Нийса ламаз

29 Dec, 05:07


1549-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏуьйра-ламаз ца хууш наб кхетта тӀаьхьадисича къа-м дац-те?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца хууш наггахь нисделча къа дац, амма хӀора дийнахь дуьсуш делахь къа ду даккхийчех.

https://t.me/Vragi_iblisa

Нийса ламаз

18 Dec, 18:21


1523-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламазашна юкъа, молла кхайкхина чул тӀаьхьа мел хан яла еза иза тилла?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нийса ламаз

17 Dec, 15:46


Грубая ошибка в омовении

Нийса ламаз

13 Dec, 17:14


1356-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ХӀуу дича Ӏуьйра-ламазна самаялалуш яц со, марха лоцуш цхьа а анпал йоцуш самаялало, амма ламазна ца гӀаттало, хӀун дан деза-те ас? Къиношна гечдар доьху ас, хьалхе дӀайижча-м кхин а тӀаьхьа самайолу со.

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Даггара къиношна гечдар деха деза, айхьа хӀора дийнахь латош, хӀора динахь деш хӀун къа ду хьаьжна, цунах саца еза.

Шайх Мухьаммад бин IабдуллахI ал-ХIабдана (АллахIа Iалашвойла иза) йийцина, Iуьйра-ламазна самавалархьама йийр йолу ялхитта гIулч:

1- Хьо Iуьйра-ламазна гIоттур ву алий ният чIагIде.
2- Хьайн иман карладаккха, хIунда аьлча, Iуьйра-ламазна гIаттаран коьрта бахьана и долун дела.
3- Самавакха сахьт а дулий, керахь лелон телефон хьайна генна охьайилла.
4- Хьайн дега-нене хьо самаваккха ала.
5- Хьайн уллохь сахьт хилийта.
6- Хьалххе дIавижа.
7- Ламаз керахь долуш дIавижа.
8- Дийнахь хьайн дегI дукха кIад ма де.
9- Делкъа хенахь кIеззиг наб е, цунах мелла а хилла гIо хир ду хьуна Iуьйра-ламазна гIатта.
10- Къиношха ларло, цара АллахIана муьтIахь хиларх юхавоккхун дела.
11- ДIавуьжуш доьшуш долу азкараш деша.
12- Хьо дIавуьжуш аьтто агIон тIе вижа.
13- Хьо наб дукха чIогIа кхеташ велахь, хьайна хьижама яйта, цунах пайда хила мега хьуна.
14- Хьайн юург-мерг гIеххьа хилийта.
15- Хьайн Деле дуккха а деха, цу ламазна гIаттар тIехь го дар.
16- АллахIера гIо лехначул тIаьхьа, хьайн накъостех цхьаьнга дехар де, хьайн керахь лелош йолчу телефон тIе, я чуьра телефон тIе зIе тоха алий.

https://t.me/Vragi_iblisa

Нийса ламаз

13 Dec, 17:06


1528-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) тахӀажжуд ламаз ша ца дича диъ ракаӀат духьа ламаз дора бохург бух болуш хӀума дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бух болуш ду, ялх ламаз деш хилла-кх, 12 ракаӀат хуьлу-кх иза, витра дийнахь деш доцун дела, буьйсанна ша деш долчу 11 ракаӀатах 12 ракаӀат дора цо.

https://t.me/Vragi_iblisa

Нийса ламаз

07 Dec, 10:56


Элчанан самукъа
• Элчанан ламазца хилла юкъаметтиг
• Ламазан дозалла
• Ламаз тӀаьхьатоьттучеран хьал


Youtube чуьра ссылка

Нийса ламаз

07 Dec, 10:55


Хьан хӀунда яц ламазца марзо?

Youtube чуьра ссылка

Нийса ламаз

06 Dec, 12:01




🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎


Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!

Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!

Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!

Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!

Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!

https://t.me/horadiynah

Нийса ламаз

05 Dec, 12:18


https://youtube.com/shorts/yK4q2-Q7-E0?si=yXIGu2fB_-myN-JQ

Нийса ламаз

28 Nov, 19:22


Iуьйра-ламазе хьала ца гIаттар, АллахIе лардар доьху вай цу белхах - шен дуьненан гIуллакхашна хьалагIотту стаг, кхолларийн хьакъ дIадала а хьалагIотту, амма Сийлахьчу АллахIан хьакъ дIадала ца гIотту и!

Шайх Ибн Баз (АллахIа къинхетам бойла цунах)

https://t.me/niysa_lamaz

Нийса ламаз

12 Nov, 11:12


343-гӀа Хаттар: Ассалам Ӏалайкум.
Ламаз оьцуш «бисмилахӀ» алар ду нийса я «бисмиллахIир рахьманир рахьийм» алар ду?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Нийса дерг, суннатехь дерг, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) олуш хилларг а «бисмиллахӀ» алар ду, кхин сов и ца ваьлла, соввалар дика хиллехь, деза хиллехь, меле хиллехь совваьлла хир вара, вайга совдовла аьлла а хир дара.

https://t.me/Vragi_iblisa

Нийса ламаз

09 Nov, 06:26


1419-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тахӏажжуд ламазна гӏоттуьйтуш цхьа а доӏа дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нийса ламаз

09 Nov, 06:26


1420-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хьо мусафир волуш имамана тӏаьхьахӏоьттина ламаз деш, цо дерриг ламаз деш хилча цу хьолехь хӏун дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нийса ламаз

05 Nov, 11:26


Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна 🔥

https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi

👆хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу

Нийса ламаз

03 Nov, 19:40


1367-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Эмкал жижиг деъча ламаз духу, юхаэца деза аьлла хьадис ду боху, бух болуш дуй и?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ламаз духу аьлла дац, амма ламаз эца аьлла ду, керара долу-кх.

https://t.me/Vragi_iblisa

Нийса ламаз

02 Nov, 19:31


1417-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Суннат-ламазан сужудехь Деле деха мега олуш хезнера суна, бакъ дуй и?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Суннат деш мега, фарз деш мега, башхалла яц, хьайн маттахь бага меттахйоккхуш деха а мега.

https://t.me/Vragi_iblisa

Нийса ламаз

02 Nov, 16:56


#ДикаIамал #Ламаз

Нийса ламаз

02 Nov, 16:55


#Ламаз

Нийса ламаз

02 Nov, 16:55


Делкъан ламазна хьалхара а, тlаьхьара а деш долу суннатийн дозалла.

#Ламаз

Нийса ламаз

02 Nov, 16:55


#Ламаз

Нийса ламаз

19 Oct, 06:33


Палестинан куьйгалхо Яхья Синвар кхелхина.

АллахӀан мостагӀашца тӀом бинчул тӀаьхьа цунах хӀун хилла хьовсуш чу дрон дахийтина, мел паргӀат сихха чоьхьадолу и дрон, царна гергахь кхелхина Ӏуьллуш, я цхьанхьа лечкъина хила везаш вара и, делахь а, шен хилла чевнаш йоллушехь къонах воьхна вац, гӀанта тӀехь хиина Ӏаш ву паччахь ма-Ӏарра, мостагӀчунна ша мила ву гойтуш санна! Иштта и хиина Ӏаш шайна гича дрон мел сиха соцу чан а йоккхуш.

Цул тӀаьхьа чу даккхий герзаш а диттина декъала хилла и. Цуьнан декъала хилар гуш ду, цо тӀаьххьара кхуссуш долу герз жихӀад долалуш шайгахь хилла долу герз ду.

Дала хӀокху аятехь боху, цхьаберш хьоьжуш Ӏаш бу, Яхья Синвар шен гӀанта тӀехь хьоьжуш Ӏаш ву, Дала мукъ лахь.

Аллахӏа шахӏидийн даржехь войла и!

https://t.me/Ramzan_Gendargno

Нийса ламаз

17 Oct, 18:36


АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

Нийса ламаз

08 Oct, 13:30


Догlа догlуш ден доlа 🗣

Нийса ламаз

08 Oct, 10:19


йоl маре йоьдучу дийнахь ламаз дlататта мегий, хьеший хилча доькхуш дан мегий, бер доьлхуш ламаз ца дало бохуш хаттарш хуьлу вайна юккъехь, ткъа и хоьттуш берш дика а болуш хьал а ма дуй!

хетта а ца хоьттуш цхьаьнге а, ламаз lадда а дуьтий, муьлхха а хlума хьалхадоккхуш берш а ма бу…

Нийса ламаз

08 Oct, 10:17


ма йоккха башхалла ю вайна а, царна а юккъехь…

Нийса ламаз

26 Sep, 11:53


АллахIа къинхетам бойла Фарукъах https://t.me/islamannurfaruk

сурт хlотталой шуьга кху белхан, 5311 дарс , царна юккъехь сахьтал деха дерш а ду, уьш дерриш эха сахьтехь лаьрча а лаххара барам, 2655 сахьт даьккхина хуьлу-кх хlорш дlаяздеш

ткъа вай царах маса дарсе ладоьгlна?! АллахIана хьалха хlун эр ду вай? цахуург хаа аьтто боцуш диснера ала меттиг-м яц вайх цхьаьннан а!

Нийса ламаз

19 Sep, 09:30


ткъа и жима жайна вай кеста чухlоттор ду шуьга пайда эцийта, Дала мукъ лахь

Нийса ламаз

19 Sep, 09:29


хlара мужалт суна санна хаза хетий шуна а? коьрта чохь сурт дацара сан, и муха хила еза аьлла, амма хlара схьагушшехь, хьалхе дуьйна сайн коьрта чохь лаьттина сурт гича санна хеттера суна, нийсса ишттаниг деза а дезара суна, алхьамдулиллахl

АллахI реза хуьйла хlара еш къахьегначу вайн вешина

Нийса ламаз

19 Sep, 09:26


Обложка для книги «Х1ора лазамна - Ламаз»

t.me/logotips_pro

Нийса ламаз

08 Sep, 12:40


❤️❤️❤️❤️❤️ ❤️❤️❤️❤️ ❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️


-أَشْهَدُ أَنْ لَا إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، وَأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا عَبْدُهُ وَرَسُولُهُ.

-اللَّهُمَّ اجْعَلْنِي مِنَ التَّوَّابِينَ، وَاجْعَلْنِي مِنَ الْمُتَطَهِّرِينَ.

-سُبْحَانَكَ اللَّهُمَّ وَبِحَمْدِكَ، أَشْهَدُ أَنْ لَاإِلَهَ إِلَّا أَنْتَ، أَسْتَغْفِرُكَ وَأَتُوبُ إِلَيْكَ.

-АшхIаду ан ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI.

-Алла́хIуммаж-Iални́ минат-тавва́би́на важ-Iални́ минал-мутатIаххIири́н.

-Субхьа́накал-лахIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан ла́ илахIа илла́ анта, астагIфирука ва ату́бу илайка.

https://t.me/niysa_lamaz

Нийса ламаз

06 Sep, 14:52


https://youtu.be/8yHsuZKJhU8?si=N0d3Db_EUm7J6ycp

Нийса ламаз

15 Aug, 18:08


1257-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. «Хаджат ламаз» муха дан деза, маца дан деза?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нийса ламаз

07 Aug, 01:28


Iилманах мах эцар мегаш дуй?

Iеламнаха къоьвсан хаттар ду иза, вай мазхIабехь дерг, Iилмангахь шен бух чIогIа берг а иза мегаш хилар ду.
Цундела 130 хьужар дIакъовла бахьан дац иза!

Нахера мах мел боьха меттаг дIакъовлаш ялахь хьуьжрел а хьалха дIакъовла меттагаш дуккха ю вай махкахь.

https://t.me/islamantariyh1

Нийса ламаз

03 Aug, 11:39


Юсуф (Дала декъала войла иза) нохчийн къоман къонах ву, вайн къонахий дуккхаъ хилла, делахь а Юсуфан хьал ша кепара ду, и къонах ларар нохчаллийн билгало хилла дIахIоьттана, "Юсуф къонаха вацара" ала ваьхьаш ямартхо цхьана вац!

Нийса ламаз

01 Aug, 06:51


1141-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Ламазехь рукуӏера хьалатаьӏча «самиаллохӏу» ала деза я «самиӏаллохӏу» ала деза? Нийса муха аьлча хир ду?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нийса ламаз

15 Jul, 16:29


асСаламу 1алайкум. Вежарий Йижарий, х1ара вай накъост ву, дик бусулб ваша ву, г1о лазар гуч даьлла, Стамбулехь лечени йаьш ву. Шай аьтто болчо г1о накъостал дахьар.


360001000809765963475001
Medi Hat Tazurk

Для жителей Турции

Нийса ламаз

08 Jul, 11:58


Гlурбанна дуьш долчу дийнатан хенан хьокъехь нийса дерг:

🟤уьстагl 🐏 - ялх бутт кхаьчча хила беза
🟤газа 🐐 - шо кхаьчча хила еза
🟤етт, гомаш 🐄 🦬 - ши шо кхаьчча хила еза
🟤эмкал 🐫 - пхи шо кхаьчча хила еза

Дарс: 50 хатlаъ фил-lидайни

Нийса ламаз

07 Jul, 20:20


https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi

Нийса ламаз

06 Jul, 13:11


https://youtu.be/fW9zSLCtGJA?feature=shared

Нийса ламаз

17 Jun, 12:48


1004-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Пхьуьйра-ламаз тlаьхьататта йиш ю-кх, уггаре гена мича хене кхаччалц дlататта мегаш ду и?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо