hiiyyrasa @hiiyyrasa Channel on Telegram

hiiyyrasa

@hiiyyrasa


х|ара дуьне-м |а меттиг йаций бакъдолуш, ду-кх ца |аш д|авоьду меттиг ю-кх...

hiiyyrasa (Chechen)

Hiiyyrasa is a Telegram channel dedicated to promoting Chechen culture and language. The username, @hiiyyrasa, reflects the essence of the channel, which aims to connect Chechen people from all around the world. With a focus on preserving traditional values and sharing knowledge about the Chechen heritage, hiiyyrasa provides a platform for discussions, music, art, and literature related to the Chechen culture. Whether you are a Chechen diaspora longing for a connection to your roots or simply interested in learning more about this fascinating culture, hiiyyrasa is the perfect channel for you. Join us in celebrating the beauty and richness of Chechen traditions, customs, and language. Stay connected and engaged with the vibrant Chechen community through hiiyyrasa on Telegram!

hiiyyrasa

23 May, 15:08


Ма кхера, Аллахlа Шега тоьвжаш волу лай вуьтар вац хьуна байлахь. Хьуна цхьа зен хиллехь, Аллахlа хьо къинойх цlанвеш, я даржехь сов воккхуш, хьуна диканна бен дина хир дац хьуна.
Хьан са иштта а ду Аллаxlан кeрахь, ткъа хьайн дог цаоьшучу кхерамах паргlатдаккха даггара тешарца Аллахlан lуналлех.
Доьгlнаг хир долуш ду.
Тlеэца ийманца муьлха а сингаттам, дог тешна а долуш хьайн диканца бекхам хиларна!

hiiyyrasa

23 May, 15:03


Мацца а цкъа хlокху дуьнен тlера ша дlагlура вуйла хаьа муьлххачунна а, амма тахана, я кхана ша лийр ву бохург аьттехьа а тlе ца дуьту цхьаммо а.(((

hiiyyrasa

16 May, 21:47


амма сан синан герга ду массарна а доцу адам

hiiyyrasa

16 May, 21:45


اللَّهُمَّ اِنْتَزِعْ حُبَّ الدُّنْيَا مِنْ قُلُوبِنَا

О Аллах1, вырви из наших сердец любовь к мирскому

hiiyyrasa

16 May, 00:34


Ма чога цхьана д|а ях леара сун. Сайха цхьа’a
ахумма ца дуташ. Сайн сайн сой мичах ю хуар доцуш цхьа
След ца юьташ, кхин Юха’а ца йохуш.🐾

hiiyyrasa

16 May, 00:33


Ирсан некъ гойтур бу бехира Суна
Амма хаълуш берг дега лазамш бен бац💔

hiiyyrasa

15 May, 12:43


Нохчийчоь, хьох тешар, г|аддайна, хадахь,
Со муха вехар-те хьо йоцчу арахь?

hiiyyrasa

10 May, 13:36


Ма дукха адамаш ду гlора а кхачийна, баланаш лаьцна. Шайгахь дерг ца хаийта гlерташ, гlийла къурдаш деш. Аллахlан диканах цкъа а дог ма диллалаш, Собарах цкъа а ма дохалаш, Аллахlан пурбанца массо а чоьвнаш йоьрзур ю шуна.

hiiyyrasa

10 May, 13:24


Хьай кlад деллачу даге ахьа ала,
«вайца Аллахl ву»

hiiyyrasa

10 May, 13:23


Шай даге хьаьжан Дала аьтто бойл шу Цуьнг хьажахьам цхьац болчер хира бац и.

hiiyyrasa

10 May, 02:50


إذا كنت تحب السعادة في الحياة فاعتن بدينك

Хьайна дуьненан ирс дезахь — хьайн дин ларде.

hiiyyrasa

09 May, 02:05


мел исбаьхьа а, маьрша а хуьлу-кх са, Аллах|ан |ибадат дечу миноташкахь.

мел г|айг|ане а, сингаттаме а хуьлу-кх хьан са, Аллах|ана гена хьо ваьлча.

hiiyyrasa

09 May, 02:04


шуна гиний ткъа, вовше беркате долу синош? хаий шуна уьш муха хуьлу? уьш бу уьш Аллахlана дуьхьа вовше дукха безнарш, вовше халахетарш деш а боцуш, къайлах Аллахlани бе ца хезачохь доlанашкахь хьехош болуш, вовше хьагl гамо а йоцуш, халонехь аьттонехь хьоьца а болуш, хьуна хезар дац цара хьоьх лаьцна аьлла вон дош, хьуна хезар дац цар хьо воцучохь хьа лерам ца бина аьлла. хьуна хезар дац цара хьа сакхталш гучу даьхна аьлла. боккъалла Аллахlан доьхь вовше дезар гуш хула-кх , мелла а хазачу агloр)…..

hiiyyrasa

09 May, 02:03


муьлха дин хира ду, АллахӀи динал хаза а, цӀена а, нийса а?!

hiiyyrasa

09 May, 02:03


Ма сийлахь ду-кх хIара вайн дин!

Хурман ах декъо жоьжахатих вай генадохуш хилча, сагIано Делан оьгIазло йойъуш хилча, «субхьаналлахIи ва бихьамдихIи, субхьаналлахIил-Iазыйм» бохучу шина дешо вайн Iамалийн терза даздеш хилча, оьцуш долчу ламазо дерриг дегIан тIера кегий къинош дIадохуш хилча, цхьа дика иттане совдолуш хилча, ткъа цхьаболчарна хIунда моьтту те, ялсамане кхачалур вац аьлла?

АллахIа ялсаманин охIлунах дойла вай!🥀

hiiyyrasa

09 May, 02:02


« Ма чlогlа лаьар-кх суна сой ца воьвзачу меттехь хила ,
со валлалц. Суна нах ца гуш ,
йа нахана со а ца гуш .. »


Суфьян ас-Саури ( رحمه الله )

hiiyyrasa

09 May, 02:02


нах царах ца кхетара,йа уьш нахах а ца кхетара…

царна Аллах1 веза,Аллах1ан уьшша а беза..

уьш бу уьш,г1уробаъ тобанах берш.

hiiyyrasa

09 May, 02:02


Мел дукха дара дийца, деган къайленаш а яра йастанза.

Ткъа дийцича кхетарг ца хилча, хlун дора дийцина?

hiiyyrasa

09 May, 02:01


Вуй те хьо къонаха, хьуна ма моьтта
– кураллех дог дуьзна волу?
Къонахийн амалаш йоьвзина вуй те хьо
– гlиллакхех хер велла волу?

hiiyyrasa

09 May, 02:01


Айхьа олу дош дарба дан ала, чов йан ца олуш.