Насихьа @nasikha_a Channel on Telegram

Насихьа

@nasikha_a


Аллах1ан доьхьа

Насихьа (Russian)

Насихьа - это канал, который поможет вам улучшить ваше настроение каждый день! Здесь вы найдете мотивирующие цитаты, вдохновляющие картинки и интересные статьи о психологии и саморазвитии. Хотите начать свой день с позитива и мотивации? Присоединяйтесь к каналу "Насихьа" прямо сейчас! Подписывайтесь на нас, чтобы получать ежедневные дозы позитива и вдохновения. Неважно, какой у вас день, на нашем канале вы всегда найдете что-то, что взбодрит вас! Вместе мы сделаем каждый день лучше и ярче. Присоединяйтесь к нашему сообществу и делимся позитивом вместе!

Насихьа

30 Dec, 10:31


Къанах хуьлуш болу там цхьа к1еззиг хан бен бац,амма цу къанах хуьлуш болу лазам ехха хенашна бу.

Насихьа

29 Dec, 16:17


Тхоьгахь даиман хуьлийла хьо х1ай ал-акъсо маьждиг хьо тхуна Аллах1ан Элчан весет ма ду,

Аллах1ан ч1аг1о (цо и бусалаб неха кара хьалур ду аьлла йолу) герга еанак-кх,бода даиман лаьттар баца-кх(жуьктийн и карахь хилар бодане тара дина цо)

Гоч: насихьа.

Насихьа

29 Dec, 12:12


Ши адам(майри-зуди,йа ши доттаг1) цхьана хуьлучу хена а,дов даьлла д1асакъестачу хена а вовше дика хиларо юкъара ца безам а хьаг1наш а генайоху,иштта юкъахь ларам буьту,х1унда аьлча дегнаш кхоьллина ду-кх шен дика динаг везар т1ехь вон динаг ца везар т1ехь.

1изз ибн 1абдиссалáм.
Жайна: шажаротуль ма1áриф.

Насихьа

29 Dec, 05:37


Боккъалла Аллах1а хьехаварца дегнаш парг1ат ма довлу,и хьехаварах ду хьуна цуьна къамел дешар,цуьна къамеле ладохар.

Насихьа

28 Dec, 13:00


Хазалла

Насихьа

27 Dec, 21:23


Имам Ахьмадан к1ант 1абуллах1ас элара: Сан дас ахьмадас 1уькъан до1а деш гира шена цхьана накъостан абуль х1айсам ц1е йолуш волу,Имам ахьмад до1а деш 6 стаг вар царех 5 1еламстаг вар,важ цхьаъ 1абдуллах1ан войзуш вацар,иза абуль х1айсам вар из 1еламнахах ву йа вац ца хаар цунна,1абдуллах1ас боху ша элара: х1ай сан да,мила ву и абуль х1айсам ахь до1а юкъе лоцуш волу?Имам ахьмадас жоп делар ша олуш(имам Ахьмад цу хена хилла долу 1едало хьийзвина къурáн кхоьллан ду ала бохуш т1аккха ишшта и хьизош волуш цар,Ахьмадан етта ши куьг хьала тесан уьш бохкуш болуш) : И абуль х1айсам шен царна иштта еттачу хена Шен т1еа веана соьга аьллаг ву,Х1ай имам Ахьмад собаре хиллахь хьо Аллах1ан новкъахь ву хьуна царна дезаг ма аллахь,ас со шайт1ан(вахош йолу буц узуш) новкъ т1ехь волушшехь 11000тыс плеть лайна хьуна юха ца волуш,ахь Аллах1ан новкъахь кхиа ч1ог1у лáн еза хьун уьш,
Т1аккха имам ахьмада боху шен плетьш масуза туха,цо аьлла дешнаш дага дохар суна цунах асар хуьли собар дор аса.

Кхузахь лууш дег Имам Ахьмада шен дика дина волчунна до1а деш хилар ду,цо аьллаг дош бен доцушшехь,

Шайна дика дина чунна до1а деш хилалаш.

Шайх самийр муст1офа.

Насихьа

27 Dec, 11:40


Лоьрийна а лоьраш боцучера а барт хилла хьуна уггар дика дарба г1овши безачарна цу шиннийна юкъахь никахь(г1овшах тохар и шиа шар1ан бехкмашца) дар хиларгахь.

Ибн аль-къоййим.
Жайна:ровдатуль мухьиббийн.

Насихьа

27 Dec, 03:20


Аллах1а ислам динаца сий дина вай,Вай и сийлалла ислам динехь ца лохуш кхечу х1умангахь лахахь сийсаза хира ду вай.

1умар ибн Аль-хоттабас 1400 шо хьалх аьлла дешнаш ду х1орш,

Т1аккха тахана ахь ойла йе цу дешнашна,юха бусалба динехь боцу неха,йа бусалб динан гена бойлла болу неха хьолашка хьажа уьш маьл сийсаза бу,хьуна карор бу-кх 1умаран къамелан чу лацам.

Насихьа

22 Dec, 20:06


© Как ты поступаешь, так и с тобой поступят. Как ты относишься к рабам Всевышнего, так и Он будет относиться к тебе ©

🖋 Ибн аль-Каййим

Насихьа

20 Dec, 13:22


Аьшпш биттар ч1ог1а доккха бахьан ду йоьхь 1арьжа-бодане хиларна.

Жайна: и1лáмуль муваккъи1ийна.

Насихьа

19 Dec, 21:46


Селхан цхьана накъостас цхьа х1ума дийцан соьга шен цхьан вашас дийцар шега аьлла буьйсан шиъ даьллачу хена зуда шена ц1ийндеца дар-дацар доьжжа цар хьоькхуш болу махьарш хезар сун цу зудчо бахар вайгахь йаах1ума яц чохь,бераш меца долуш 1аш ду,ахча ло шега царна х1ума эца,ц1ийндас элара:дац шегахь ша тахан болх бина ахча д1адаьхьан шегар ша 1еха вина къайлах,и къамел хезанчо дуьйцу сан холодильник чохь 4 котам яра, 2кил жижга дар хоаш дара, шура йара,ас сайг-сайга элара сан лулахо меца волуш со муха 1а ишта?т1аккха,делахь, веза со царна х1ума аьцца ваха аьлла х1ар шен холодильник чура х1амаш аьцца охь вуссучу хена шена дагадеар боху бус-юккъахь 2 даьлча хена ас цаьрга ху эра ду,т1аккха,делахь,деза ас суна доьзалхо винера цунна т1ера саг1а доккхуш вара со х1ара х1умаш схьа эцхьара аш ала аьлла,охьа воьссан не1 тоьхха цу чур стаг ара велар боху, ша элар боху иштта суна доьзалхо винер цуна т1ера саг1а доккхуш вара со х1ара х1умаш схьа эца хьара ахь аьлла д1аелча дукха хаза хетта мара воьллар цо со.
И к1ант цуьнга ладуг1уш ца хилла,кху мисрехь квартирчохь жимма г1овг1а йаьлча ч1ог1а схьахеза,иштта хезза цуна и.

Шайх самийр муст1офа


Кхузахь лууш дерг хьан лулхо муха 1аш ву хьожуш хилар,хийлаза хьо вуьзан волуш хьан лулахо меца хила мега-кх.

Насихьа

19 Dec, 20:53


Шен та1зар дийра дац аьлла кхермазалла хиллачо доьхьал вон г1иллакх гайтана,цундела адаман та1зар(наказание) хир яц аьл хетит мегар дац.

Насихьа

18 Dec, 21:36


Цхьана стагани зудчунни юкъахь дов даьлла хилла, т1акх ц1ийнда оьхаз вахан дехьа чу ваьлла,т1аккха зудчо чуа еана аьлла дов д1адаккха вайшим?т1аккха ц1ийндас аьлла сун халахетта ч1ог1а ца доккха ша дов д1а,т1аккха зудчо аьлла суна наб кхетар яц вайшина дов д1а ца далахь х1ицца,зуда йаьлха охьа хиана,ц1ийндас аьлла хьо х1унда йоьлхуш ю?дика ду со къинт1ер ваьлла хьуна,хьо йаьлха х1унда йоьлхуш яра?
Суна дагабехкнера хьуруль1ийнаш хьуна ялсамане чохь хира болу,цара сайн не1алт олуш хилар дагадеар суна,
Шайхс боху: цуьна эхартарха тешар гой шуна?иштта даа ма ду и деана хьадисехь,хьурул1ийнаш олу аьлла шен ц1ийнда оьхаз вахитанчунна.
Шайхс боху со ц1а вахча сан зудчуьнга хьахор ду ас и))

Шайх самийр муст1офа.

Насихьа

18 Dec, 19:22


Иштта цхьана гара т1ехь лаьтташ долу гергарло дукха ца лаьтта.
Гергарло шина аг1ор хила деза,д1аа-схьаа.

Насихьа

18 Dec, 09:34


Сан къайле цхьаннийга йийца ма ца йийцан ас, цулла т1аьхьа со дохко ваьлли бен,сай къайле хьулла ма ца йина ас цулла т1аьхьа суна и хьулйаргахь сан сий лардин гиний бен.

Хьай мостаг1чух айхьа къайла хьуш дерг хьай доттаг1чуна гуча ма даккха.

Му1áвиях1 ибн аби суфйан(رضي الله عنه)

Насихьа

17 Dec, 19:58


(رب اجعلني مقيم الصلاة ومن ذريتي ربنا وتقبل دعاء)

Х1ай сан Дела ламаз шен хотта деш и ларучарех ве ахь со,иштта сан доьзал бе ахь ламаз шен хен хотта деш ларушчарех,х1ай Тхан Дела сан до1ийна жоп ло ахь сан 1ибадат къоабал де ахь.

Иброх1им Пайхмаран عليه السلام до1а.

Насихьа

17 Dec, 17:39


Х1ай везан Дела ахь бина-кх дикачу нахах дика нах,тхо дика аг1ор хийца дика нах тхо хира долуш.

Малик ибн дийнар.
Ж.ат-товбах1

Насихьа

17 Dec, 10:50


Деландоьхь цхьа дика насихьат дахьар ахь суна.

Суна питан хилла зударшаха(церга хьежарца),хьалха ишта ва а вацар со,х1ораза цунах гена вала г1оьртча а юхнехь цу къиношка воьрза со,шайт1ас хаза до суна и?

Шайх самийрас насихьат деш боху: Вежарий,цкъацц1а ахь ала дезаш хуьл цхьа болчаьрга ХЬО КЪОНАХ МА ВУ (хьоьгахь товш х1умаш дац уьш),хьо цу х1умана кхоьллан ма вац,хьан дас-нанас йа хьан х1усамнанас йа хьан йо1а а, диннам дийца ца дуьйца ас, могитар долуш х1ума ма дац урам юкъе хула неха зударшка хьоьжуш хьо лелар,эхь ма ду и,са насихьат хьоьга хьо и х1ума лелладалла сийсаз стаг ма вац хьо сий долуш ма ву,ахь дан дезаг Аллах1ер г1о лахар и хьайгар д1адаккхар дехарца ахь олуш Йа Аллах1 со г1ийла ву-кха суна г1о дехьа оцу х1уман т1ехь,со г1ийла ву бохуш долу х1ума бусалба стега до1нехь даима хила дезаш ду.

Насихьа

16 Dec, 22:17


Пайхмара (صلى لله عليه وسلم)аьлла: Къемат дийнахь цхьа нах балор бу,шайгахь йолуш лаьмнаш санна йаккхий дика 1амалаш,цара олуш санна хьовсийш ас йина дика 1амалашка,Аллах1а чан йина д1айохар йу церан и дика 1амалаш,

Асхьабаш хаьттар х1ай Аллах1ан Элча муьлш бу и нах?бусалба нах бац уьш?церан 1амалаш ишта йоьхха д1а муха йовла?

Пайхмара(عليه الصلاة والسلام)жоп луш элара: Ламазаш дора цара,хьаж дора цар,,закташ лора цара,тах1аджудаш дора цара аш санна,ДЕЛАХЬ А ШАЬШ АЛЛАХ1А ХЬАРАМ ДИНА ДОЛУШ ДОЛУ Х1УМНАШЦА БИСЧА ЦХЬАННА А ЦА ГУЧОХЬ И ХЬАРАМ ДОЛУ Х1УМАНАШ ЛЕЛА ДОРА ЦАРА,УЬШ БУ УЬШ.

Кху видео т1ехь къамел деш верг Шайх самийр мусат1офа ву.

Насихьа

15 Dec, 22:15


(لا يغرنك تقلب الذين كفروا في البلاد،متاع قليل ثم مأواهم جهنم وبئس المهاد)

Хьо 1еха ма лойла керстнах кху дуьнена т1ехь шайна ма тов д1алелаш хиларах,йууш, молуш,садо1уш,сакъоьруш,бусалба неха ц1иш 1енош,бусалб динан доьхьал т1емш деш,

Иза цхьа жим хеначохь царна хуьлуш самукъа бен дац хьуна,цера боьрза меттиг жоьжг1ате ю хьуна,ма ирча воьрза меттиг йу-кха и.)

Кху аятехь Аллах1а билгал деккхан маьл ч1ог1а кху дуьненахь уьш парг1ат лелахь а и к1еззиг хан юй,хьо маьл дукха ваьхча а,б1аьрг нег1ар тохали д1айолу кху дуьненчохь йолу хан,

Амма уггар коьртнаг къемат дийнахь хьан воьрзу меттиг х1ун хир ю дукха.

Насихьа

15 Dec, 01:51


(الذين يستمعون القول فيتبعون أحسنه)

(Кхаъ баккха ахь, къамеле лаа доьхан цунах нийса долчуна т1аьхьа безан чарна уьш декъала хилла хиларца).

Кху аятехь Аллах1а ладохарца хоьттан айхьа ладоьхан долу х1умана т1ехьа вазар .

Хьо ладухуш волуш делахь а хьайн дахарехь и кхочуш деш вацахь хьо хьай дег1 1ехош ву хьуна.

Тахана хьуна 1аьман долу х1ума иза хьайн дахарехь бусалба нахан цунах пайда хира болу аг1о йан езаш ву хьо.

Хьуна къамелах цхьа ч1ог1а асар хилла,хьо чу вахча и дицца луш валахь хьан лелар нийса дац.

Ахьа нахан луш болу пайда беккъа цхьан дег1аца долу 1ибадаташкахь хила безаш бац хьуна,

Аллах1ан Элчан(عليه الصلاة والسلام) да1ват декъ дог1машца долу 1ибадат нисдара ца хилла хьуна,

Аллах1ан Элчанعليه الصلاة) (والسلامда1ват бусалба умматан система кхоллар хилла хьуна,уьш цу система бухахь маьрша 1ийра болуш,шайн дин лелош и д1аа хьоьхуш,

Бусалба умматан шен Исламский система(пачхьалкх) ца хилча умматан хьал тиша ло,

Пайхмара(عليه الصلاة والسلام)ша доьххьар мадинате веача уггар хьалха дан долинаг бусалба пачхьалкх яра ду,

Бусалба стаг нийса йолу 1акъидат т1ехь бусалба пачхьалкх йан ойла йолуш хила везаш ву,хьан карахь бусалба пачхьалкх ца хилча хьан цхьана х1уман т1ехь ницкъ ца кхочун дела.

Тахана Аллах1ан Элчас(عليه الصلاة والسلام)бусалба пачхьалкх йина х1ума дина ца хиллехь х1ара дин хьа кхача делла хира дацар,

Бусалба нах цхьан системан бухахь цхьана тоьхха х1ума ца нис дича цаьргар дин мостаг1аш жим-жима доккхуш д1адоккха.

Бусалба наха пачхьалалла дезаш йан езаш яц пачхьалкх,амма и бусалба дин леладайта 1алашо йолуш йан езаш ю,

Шайх Хьáзим абу исама1ийл.
Вай сий долуш даха деза аьлла йолу дарсашкара къамел.

Насихьа

14 Dec, 12:06


قال الله تعالى:(إن الحسنات يذهبن السيئات)

Аллах1а боху: Боккъалла а дика 1амалша вон 1амалаш йоха йой д1амайох.

Айхь цхьа вон 1амал йинехь цуна т1аьххьи дика 1амал йан сутар хила Аллах1а шен къинхетаме кхачор ву хьо.

Насихьа

12 Dec, 19:04


Анас ибн малик(رضي الله عنه) вара ша 1уьйренг масуз волу хаза хьожу йолу миска хьокхуш шен бусалба вежаршана шех хаза хьожа йаийта.

Насихьа

10 Dec, 00:31


Аллах1ан Элчан(صلى الله عليه وسلم)къамелехь деана цо элар аьлла шега шен Асхьабаш аьлча хена: До1а ца до ахь тхуна Х1ай Аллах1ан Элча?шайна керстнаха т1ехь 1азап латточу хена.

Т1аккха Аллах1ан Элчан къамелехь цхьа хаза Аллах1а дуьнена чу диллан суннат(физически законах цхьа закон)билгала делар и х1ун дар?

Цо жоп луш царна элара: Аллах1а х1ара болх(ислам дин лакха даккхар бусалба нах толабар) кхочуш дийра ма ду,
ДЕЛАХЬ А ШУ СИХАЛО-КХА.

Цу хьадисехь вайна билгала долуш дерга-Аллах1а х1окху дуьненачохь шен лайша зуьйрга хилар,х1ара дуьне даим ирсе вехаш х1усам ца хилар,юха,нагахь санна бусалба нах цхьан зуламера хьалабовлу лаьаш балахь цара хало лáн езаш хилар собаре хуьлуш,собарца бен толам ца хилар,бусалба умматан дог тешна хила дезаш хилара Аллах1а шайна дош делли ша шу толийра ду аьлла,Аллах1а шен дош кхочуш деш вуй хаара,къахьегар шаьш д1аболийна некъа т1ехь.

Тахана и белхаш кхочуш дина болу бусалба нахан Аллах1а белла толам вайна гуш бу-кха.

Насихьа

06 Dec, 12:10


Г1азза до1нашка юкъа лаца тахан!

Насихьа

06 Dec, 11:26


Хьо ларалойла иблисан лéрах хьо цуна муьт1ахь волуш.

Вух1айб ибн Аль-вард

Насихьа

04 Dec, 04:46


https://t.me/tafsirsogir

Къурáнах кхета лууш верг кху чу вали цу урокашка ладог1а.

Насихьа

03 Dec, 22:36


Ларалойла Пайхмаран(صلى الله عليه)омарна хилп вуьйлуш верг(т1аьхь ца возуш верг)шен цхьа питан хиларха,йа лазаме хилла долу 1азап хиларха.

Сура ан-нýр,аят 63

Насихьа

03 Dec, 14:45


Уггаре доккха лайно шен Деле деххарг:

-Иза(Аллах1) шен реза хилар
-Ялсманехь Аллах1ан йуьхье хьажар
-Фирдовсуль а1лá ехар.

Хьафиз 1абдуль-г1аний альмакъдисий.

Насихьа

01 Dec, 00:59


Кху жайни т1ера ду и къамел.

Насихьа

01 Dec, 00:57


Цхьа кхерам хила мегар суна бохарг 1ад муха дита деза?

Насихьа

28 Nov, 22:17


(إنما أشكو بثي وحزني إلى الله)

Я1къýба Пайхмара(عليه السلام) элара:

Сан сингаттам а,г1айг1а а Аллах1е белха бо ас.

Цо и маца аьлла хаи хьуна?
Юсуф(عليه السلام) цуьна к1ант,цуьна вежарша шех къаставина массийта шо даьлча аьлла.
Дех доьзалхо къаставар,и мичахь ву ца хууш цуьнга сагатдайтар маьл хала х1ума ду доьзал болчуна хуур ду,т1аккха ойла ехьа ахь оццал хало, г1айг1а шегахь йолшехь Я1къýба(عليه السلام)шен г1айг1а ша Аллах1е елха йо боху, а тахан адмийн хьоле вай хьажча жимма х1ума хуьлшехь динна дуьнене и даьлхуш хуьлу.

Боккъалла масал ду-кха вайна Пайхамаршкахь.

Насихьа

28 Nov, 15:46


Къурáн юх-юха доьшуш хиллаш боккъалла а,и дукха сиха додуш ду шуна дагчура д1а цатосуш йитан эмкалалла а.

Хьадис.

Насихьа

27 Nov, 21:29


Я Аллах1 хьа дáзоншка веан-кх со,уьш лар дан,

Тоба дина хьоьга ваьрзарца,хьо реза хиларе са а туьйсуш,

Я Аллах1 лайна орцах валарца хьай комаьршалла йоккха йолуш ву-кха хьо,

Сан сатийсам х1ай сан Дела ша берриге хьоьга бу-кха,

Я Аллах1 сай дег1ан зулам деш некъ лелийна ву-кха со,

Иштта хьан нийса некъа т1ера галваьлла чарех вара-кх со, сайн ца хаарца,

Я Аллах1 дог 1есаллах дуьзна-кх сан,

Оцу 1осалло лай вина лаьццакх со цунах к1елхьар вáла ца луш,

Я Аллах1 хьан гечдаран не1аре веана не1 тухуш ву-кха со,

Хьайга са а туьйсуш веан волу, суна гечде ахь,

Я Аллах1 г1айг1анаш сан дагах гена йаха ахь,

Сан дог хьоьгар г1о лохуш хьоьга дирзина хьуна,

Я Аллах1 тиларчохь висарха лар ве ахь со,

Хьайна 1еса хуьлу черан некъах сан некъ лар бе ахь(со царех гена ваккха ахь),

Я Аллах1 сан дег1ан вонах со лара ве ахь(дег1а лаамех,васвасех),

Сан дег1 сун шен зé кечча дина ду-кха шен заь1нашца со ваьхка(со 1осаллийн чувига г1ерташ ду),

Я Аллах1 сан вон хьоло мукъаза вина-кх со,

Хьан нуьрега верза некъ ца кара бо-кха суна,

Я Аллах1 сан верзар мича хира ду те(ялсамане,жоьжаг1ате),

Кхоьру со, сан верзар жоьжаг1ате хиларах,и сан верзар хилахь ма дáкъаз ваьлла со,

Я Аллах1 бáла,массо áг1ора т1ерг1орьтан бу-кха суна,

Ахь сан къинош геч дина д1адайаре хьашта ву-кха со,

Я Аллах1 хьо ву-кха суна орцах волуш верга а,ницкъ луш верг а,

Со нийсона т1е нис валар некъ хьоьгар бу-кха,

Я Аллах1 хьайга кхойкхучуьна дог синтеме де ахь,

Иштта нуьре а де ахь,цун и нур хир долуш ахь билгала даьккхан нуьрах(къуран,суннат),

Я Аллах1 сан даг чохь хьайха кхерара карла даккха ахь(хьайха кхоьруш болучарех ве ахь со)

Со кхáча ве ахь уггара лекхара даржашка,

Я Аллах1 бакъóна т1е нис вé ахь со,

Сан дег1 хира долуш хьуна дезаш долу х1умнаш бен деш доцуш,

Я Аллах1 х1ай сан Эла х1ай сан даган синтем луш верг,

Хьан комаьршаллаца д1ахьул ве ахь со,

Я Аллах1 хьо ву-кха нах ниссош верг а,гечдеш верг а,

Хьо цхьаъ ву-кха хьан лакхаллийца(цхьаъ ву массо х1уман лакхахь волуш),

Я Аллах1 хьоьга ду-кха сан товжар а,иштта сан сийлалла хьоьца йу-кха,

Хьуна муьт1ахь хилар т1ехь со хьайн дуьхьал вига ахь,хьан ни1маташка со кхóчара волуш,

Я Аллах1 сан дог г1айг1анаш лаьцан ду-кха,

Хьо вóцарга г1аг1а а,бáла а д1аойуш цхьа ваца-кх,

Массо хенашкахь лайша хьайга кхойкхуш волу Я Аллах1,

Цхьаннан га а ца гойтуш дика луш волу (Я Аллах1) хьан лайшана,

Аса сатуьйса ахь суна йалар Ялсамане сан самукъа цу чохь долуш йолу,

Иштта ахь со хилийтаре а ц1еначу нахаца цу чохь(Пайхмаршаца,дика нахаца,шах1ийдашца,бакъ лийна черца а),

Х1ара сан сатийсам кхочуш бе ахь х1ай къинхетаме верг,

Хьо рез хилла чаьрца со цхьана тоха ахь,

Нахах уггар дика волчунна солават(малайкшан хьалха хьаста ве ахь и) дилла ахь Я Аллах1,

Къемат дийнахь нахана шафа1ат дийра долуш волу, ахь нахан юкъар хаьржина волу ахьмадан(Пайхмаран ц1е ю).

Насихьа

27 Nov, 13:52


Кхуьн маь1ан тахан яззор ду.

Насихьа

26 Nov, 05:07


Х1усам нанойн шайн ц1ийн дайна д1адала дезаш хьакъ ду,иза,шен ц1ийн дена пурбанца бен,цуьна лаамца бен цуьна х1усам чу хийра стаг ца витар.
Иза Аллах1ан Элчан(صلى الله عليه وسلم) къамелехь деан ду.

Жайна: Альмаръах1,хьукъувкъух1á ва вáжибáтух1á.

Насихьа

25 Nov, 20:25


Махках лаьцца,де-ненах лаьцца тайп-тайпана хаза дешнаш.

Насихьа

25 Nov, 20:23


https://youtu.be/E5Q1lD_rw3s?si=BrSfNH6xNw3xBaXL

Насихьа

25 Nov, 18:33


Хьо 1éха ма лойла, лай, шен везачуьнца хира ву аьл къамелах хьо дика 1амал йаьш вацахь,жуктий а жа1аран динехь берш бу хьуна шайна Пайхмарша дукха беза бохуш,делахь а уьш бац хьуна Пайхмаршаца.

Хьасан аль басрий

Насихьа

22 Nov, 23:35


Дикачу неха чекхе.

Насихьа

21 Nov, 16:31


Ва1алайкум ассалам варохьматуллох1,ниййат кхоччуш ц1ена ца хила мега,йа дукха къинош летош хила мега,йа хинца къинош деш вацахь а жим хьалха летийна къинош бахьан хила мега,ахь ма аллар курал хила мега. Тайп-тайпана хуьла-кх и баьхьнаш х1ора адаме хьаьжжан.

Насихьа

20 Nov, 21:49


Хьо ма хилалахь тах1аджудаш даьш хилла юха уьш 1аддитанчарех.

Пайхмаран(صلى الله عليه وسلم)дош 1абдуллах1 ибн 1амрега.

Насихьа

19 Nov, 22:39


1осаллийна лар

Насихьа

19 Nov, 01:15


Аллах1аца дика ойла маца хуьла?

Насихьа

18 Nov, 17:25


Къиношха лар валаро хьан дог г1ийлараллер ч1ог1алле доккху(кхерарх,г1айг1нах,иштта кхи долу х1уманах ц1ена хуьлу)

Ибнуль жавзийн къамел.
Жайна:Альмудх1иш.

Насихьа

18 Nov, 12:09


Сайна луучунна ризкъан не1арш д1айоьлла аса, иштта сайна луучунна ризкъанца гатто йо аса.

Аллах1ан(عز وجل) къамел.

Насихьа

18 Nov, 05:13


*Абу Бакр аль-Аджурри* говоря об ученых, сказал: «(Аллах) отдавал им предпочтение перед другими верующими всегда и во все времена. Аллах возвышал их посредством знания и украшал их кротостью. С их помощью мы отличаем дозволенное (халал) от запретного (харам), истину — ото лжи, вредное - от полезного, прекрасное - от безобразного. Их заслуга велика, их значимость огромна. Они являются наследниками пророков и доставляют радость близким к Аллаху. Рыбы в море молят (Аллаха) об их прощении, ангелы возлагают на них свои кры-лья. Они станут заступниками (за верующих) в Судный день после пророков. Общение с ними помогает обрести мудрость, а благодаря их делам воздерживаются от дурного беспечные. Они лучше (простых) поклоняющихся и выше по положению, отрекшие-ся от мира. Их жизнь — приобретение (для людей), их смерть - несчастье. Они напоминают невнимательным и обучают невежественных. Никто не ожидает от них зла и не опасается от их вреда.

Насихьа

16 Nov, 21:42


Ибн 1аббáс аьлла(رضي الله عنه):Диканаг д1ахьоьхуш волчунна а, и диканаг лохуш 1амош волчунна а, маьл долу х1умано гечдар доьху,хичура ч1ераш цхьана.

Жайна:Ахлáкъул 1уламáъ

Насихьа

15 Nov, 14:29


Сужуде вахан корта охьа биллича бусалба стага, шен дагчохь хуьлитуш,лекха а сийлахь а волчу Аллах1ан хьалха корт охьата1ийна вукха со т1аккха цу бусалба стагана хуьлуш йолу марзона мах бацкх х1ара дуьне а кху чохь маьл долу х1умаъ.

Ма доккха ни1мат дукха Аллах1а лайне шен сужуд дайтар,цу сужудехь цо и марзо лайна хилитар а.

Насихьа

14 Nov, 13:41


Ца оьшуш йолу ойланаш коьрте йаьхкача царна чу ваха ца веза,цуна ойла йар 1ад дита деза Аллах1ан карахь дуй хаа деза ша дерриг,цо хилитнаг бем хира доци,цо деллачун реза хила веза,собаре хила веза.

Насихьа

14 Nov, 10:34


Ирсе хилар хьан долахь маьл долу х1ума хилар дац хьуна,

Ирсе хилар хьайгахь долучуна реза хилар ду хьуна.

Шайх Са1ийд Камалий.

Насихьа

14 Nov, 04:04


Нис 40 шо кхаьч хир бу бекхам бохаг дац и,хьуна и къа диц делча хена цу юккъе хан шорт хан йаьлча хена хила мега бохаг ду.

Насихьа

14 Nov, 03:47


Коьртнаг вай кху дуьненчура д1адахара ду вай дог1машна зулам дина доцуш нáхан зулам дина доцуш.

Насихьа

13 Nov, 22:21


Аллах1ан лай т1е вирзича Аллах1а лайшан дегнаш цуна т1е дерзадо(и лай лáритарца везитарца).

Жабран к1ант мужах1идан къамел.

Насихьа

12 Nov, 04:15


1еламнах атта хеттачуьна(цера сий т1е кхийдар царна 1иттарш йар)эхарт дайна.

1абдуллах1 ибн аль-мубарак.

Ж.Áдáб ас-ссухьбах1

Насихьа

11 Nov, 12:28


Тах1аджуд ламазаш дукха диначуьна къемат дийнахь латтар атта дийра ду Аллах1а.

Имам Альавзá1ий.

Насихьа

09 Nov, 18:43


Писалла уггар вон х1умах ду.

Т1орийкъуль х1ижротайн

Насихьа

08 Nov, 18:48


https://sprosi.link/tolib@1

Насихьа

08 Nov, 17:34


Ахь латийна долу къа хьуна х1ицца т1е цадаларха 1ехамалойла хьо,шовзт1къа шо даьлча бекхам хила мега хьуна цуна.

Жайна: Аддáъ ваддавáъ

Насихьа

07 Nov, 21:45


Хьо дика адам дара аьлла хьоьца нах дика хира бу аьлла хьуна хетар, хьаьнга тера ду хьуна аьлча,хьуна моттаре терра,хьо лоьмо вуур вац хьо лом санна т1е кхетта х1ума цостуш вацар аьлла.

Насихьа

07 Nov, 14:42


Лайна шен къинош гаро цуна хоуьйту ша цхьана адамелла лекхара воци,шена цхьа адам несаллехь доци.

Насихьа

06 Nov, 05:53


Яъх1ум хьа эца ваг1анчехь собар деш наб кхетта,

Да шен доьзалан чу яъх1ума йахьаш веача уьш д1абийшан карийча маьл халахета,

Окху сурт т1ехь дерга кхиа лазаме ду.

Йа Аллах1 г1о де ахь г1аззатан ох1лан

Насихьа

02 Nov, 22:35


Х1окху деношкахь новкъа волуш,некъахь волуш,кху чу язйан ницкъ ца кхочуш 1ар со,хинца чул т1аьхь цхьацца пайде х1ума яззош,запись йаьш х1ума дийра ду ас Дала мукълахь

Насихьа

02 Nov, 22:32


Ма дукха бохамаш хуьлу стегарий зударий белха меттагашкахь цхьана хуьлуш болу махкашкахь.

Шархь рийадуссолихьийн

Насихьа

23 Oct, 09:29


Г1аззатан ох1лангахь йолу хало тахан лам т1е йоссийча баша-беш д1абера ма бара и,

Шай до1нашкахь биц ма бойла аш Г1аззатан ох1ла.

Насихьа

18 Oct, 18:07


Цхьана къоман кóг хотта лаахь шен харжам хуьлуш цо цу кóг хоттаран дуьхьал мах бала беза шайн ц1ийца а синошца а,даьхнешца а,
Ког-ир хотталуш дац къам цу къóмас йечу харжега хьаьжжан бен.

Хьазим абу исмá1ийл.

Насихьа

17 Oct, 09:54


Аллах1а дуьне шен везачунна а ца везачунна а ло,амма ийман,дин,шен везачунна бе ца ло.

Ибн мас1удан къамел.

Насихьа

16 Oct, 22:16


1амал ца йаьш Аллах1аца дика ойла йу сан олучун,хьасануль басрийса аьлларга:

Харц луьш ву и,Аллах1аца дика ойла хиллехьарам йара 1амал йийра.

Насихьа

16 Oct, 13:52


Х1ора буьйсан леш ду вай(наб кхетарца),юха самадовлуш,

Делахь а цхьа де ду-кха дáн дезаш вай делла кхи сама ца довлуш.

Насихьа

15 Oct, 13:20


Пайхмара(صلى الله عليه وسلم)аьлла: Шен вешийн сий лардинарг къемат дийнахь Аллах1а жоьжг1атан ц1арах ларора ву.

Насихьа

14 Oct, 17:34


Седарчий стигаллан хазалла ма хиллар ,1еламнах латтанан хазалла ю.

Насихьа

14 Oct, 09:42


Таби1ийнех волу Абу надротас боху:Пайхмаран(صلى الله عليه وسلم)Асхьабаш бара олуш цхьама керла т1е йоха бедар эцча: Дукха вехийла хьо, хьан х1умнаш тишалуш, Аллах1а хьуна керла х1умнаш схьаалуш.

Вай нохчийн къома юкъахь лелаш дар-кха г1озалела йойл хьан х1умнаш хьо хазалуш хьа х1умнаш тишалуш олуш.

Иштта хийлаза нохчашна юкъахь лелаш долу х1уман бух кара бо жайнахь.

Насихьа

12 Oct, 10:26


Муса к1ант Мужах1ид Ахьмад волче зиярте веача хена и цомгуш хилча цо элар имам Ахьмаде стенца весет дийра дара ахь суна х1ай Ахьмад? Ахьмадас шен матте уьшар йира.(Мотт лара бе бохаг ду и).

Насихьа

09 Oct, 09:39


قال النبي صلى الله عليه وسلم:إن أحسن الحديث كتاب الله وخير الهدي هدي محمد صلى الله عليه وسلم وشر الأمور محدثاتها.

Уггар ц1ена а нийса а къамел Аллах1ан къамел ду,уггар дика некъ Мухьммадан(صلى الله عليه وسلم)некъ бу,уггар вон х1умаш динехь керла йукъу даьхан х1умаш ду.

Пайхмаран(صلى الله عليه وسلم)хьадис.
Имам муслим

Насихьа

07 Oct, 11:34


Хьайна Аллах1а делла ни1маташ хьайн хаа лаахь хьайн ши б1аьрг д1акъовла.

Бакр ибн 1абдиллах1

Насихьа

05 Oct, 06:12


Аллах1е хьо ваьрзуш болу бала воле бу хьуна,Аллах1 хьуна виццош долу ни1маталла.

Имам ахьмад

Насихьа

03 Oct, 19:42


Ша волчахь цхьама г1ийбат дечу хена бадруддийн хьасанийса олура оьг1аза воьди:

х1унда ду шу ишта?

Насихьа

03 Oct, 17:29


Аллах1 къемат дийнахь бусалба нахана гура ву шайн б1аьргашца,
Аллах1 гурга хилараца ийман дилла дезаш бу бусалба нах.

Жайна:Шархь ас-суннах1

Насихьа

02 Oct, 13:35


(لا يجرمنكم شنآن قوم على ألا تعدلوا اعدلوا هو أقرب للتقوى)

Аллах1а боху къуран чохь: Шуна цхьа нах ца безар али цаьрца нийсо ца еш ма хуьлийла шу,
Нийсо еш хила т1аккха шу дегнаш Аллах1ах кхераре герга хира ду шуна.
Сура аль-мáидах1

Ахь айхь олу дашац нийсо ца йара а зулам ду хьуна.
Цхьа волчуна зулам цхьама вон х1ума (действиц) дичий бем ца хуьла моьтту.

Насихьа

01 Oct, 21:06


Бусалба нахана хаза хетча хала хетар мунепкхалан билгалонех ду.

Насихьа

29 Sep, 11:14


Х1ай сан к1ант стега зуда цуьна х1усам ю хьуна,цу х1усамехь и зуда чуьнца таралуш йоцуш 1а лура ваца хьуна,

хьайна зуда йало дага деача цуьна дега-ненага хьажалахь, боккъалла а шен орам дика болучу дитто дика стоьмаш ло хьуна.

Хатт1об ибн му1аллáн весет.

Жайна:ровдатуь 1укъолáъ

Насихьа

28 Sep, 22:07


Хьан маьл долу белхашкахь юккъера барам лелабе.

Хатт1об ибн му1аллáс шен к1анте весет деш цуьнга хьахийна къамелах.