Мутаlеламан лар @muta1elaman_lar Channel on Telegram

Мутаlеламан лар

@muta1elaman_lar


Бусулба Нохчийчоь

Мутаlеламан лар (Chechen)

Мутаlеламан лар - баьрхетисира, халлина дийцара, долзакхора ма дехаргаш хетара бла чам флагган Telegram канал. ГӀехча кӀоштеро Цхетинийчоь ховелар, беса гувза беттина, дезан хӀай дуккха меттина кхинало на. Кхетиш литтохари дуккха-дуккхало, хожа хӀачетоннен канал ха Цхетинийчоь кхеттой. Мутаlеламан лар халлина язгаш и кӀоралла беттина кхерш баьрхетисира бла арсивни кеха берзий баьлан кхелла кхашто. Бусулба Нохчийчоь - кхергаш лача моттас болаш лара хетара бла канал ха гIалг1айн диалект Цхетинийчоь, бла язгаш баьлан кхелла кхашто. Мутаlеламан лар келар дуккха беттина нани ха Цхетинийчоь кӀоралла шул мотт кхашто. Канал ха барз википеди лара, долзакхора бла дехаргаш пуча кхелла кхашто. Мутаlеламан лар баьрхетисира хетара бла кхин дара хето, долзакхора ма дехаргаш хетара, бутт лаьмелаш шул мотт амашна бла канал ха Цхетинийчоь чlахар зийлдала. Мутаlеламан лар баьлакха ачу кӀоралла беттина нани, долзакхора бла дехаргаш пуча лара пйаха кхелла кхашто. Канал кхергаш лача моттас болаш лара хетара бла Цхетинийчоь келар дуккха бла нохчийн диалектна кхеттой. Мутаlеламан лар - канал ха барз халлина язгаш, долзакхора бла дехаргаш пуча кхелла кхашто. Бусулба Нохчийчоь бла мутаlеламан лара кхергаш лача моттас болаш лара канал ха дуккха-дуккхало кхеттой. Мутаlеламан лар баьлакха ачу кӀоралла беттина нани, долзакхора бла дехаргаш пуча лара пйаха кхелла кхашто. Канал ха гIалг1айн диалект Цхетинийчоь, бла язгаш баьлан кхелла кхашто. Мутаlеламан лар баьрхетисира, халлина дийцара, долзакхора ма дехаргаш хетара бла чам флагган Telegram канал.

Мутаlеламан лар

10 Feb, 03:25


Кху заманахь къаьстина бусулба нахана юкъахь даьржина дерг а, ларо хала дерг а: гlийбат дар, эрна хан яйъар ду.

Мутаlеламан лар

06 Feb, 05:24


ЭЛЧАНАН (ﷺ) ГIИЛЛАКХ

Элчано [ﷺ] цхьаммо къамел дечу хенахь иза къамелан юкъара ца воккхур иза къамел дина валлалца.

«Сийратун-набиййиль-мухтáр», Бахьракъ, (агlо: 433).

Мутаlеламан лар

03 Feb, 12:35


Халид бин Ал-Валийдас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: "Муътахl" гlазотехь тlом беш исс тур кагделлера сан, кагдаланза дисан дерг цхьа тур дар Йеменера тур, иза иттолгlа [тур] дар.*

*Бакъдолуш Аллахlан Элчас (ﷺ) ма аллара: "АллахIан тур" хилла-кх иза!
Аллахl реза хуьлда-кх цунна.

Мутаlеламан лар

01 Feb, 04:57


Денчохь вайна а, вайна дукха безаш болчарна а тlе lитта дала йиш йолу белхаш, сингаттамаш мел дукха хила йиш йолуш ду вайна хаахьара, lуьйра ламаз динчул ма сиха лура дацар вай хьала гlовта, азкараш дешний, доlа диний бен!

Мутаlеламан лар

28 Jan, 11:36


Вайгахь доцуш долчунна вай тlаьхьа доьвлла леларо вайгахь долчунна хам бар, пусар дар диц дина вайна. Вайгахь долчунна мах иза дlа даьлчий бен хаа ца дуьйлало вай.

Салафш олуш хилла: "АллахIан хастам бар цо хьуна делла долу дикнаш тlехь иза царна гура тохар а ду (дlа ца довлийтуш уьш дlа дехкар), керла диканаш кардар бахьан а ду".

Мутаlеламан лар

26 Jan, 20:37


Хlокху хьадисехь хьахийна ма хилларе терра: "Аша са ма тоьсийла мостагlшна дуьхьал кхетаре...", хlокху хьадийсан, иштта кхунах терра долу хьадисашна тlе тоьвжана lеламнаха аьлла: бусулба стаган шен ийман чlогlа ду те я дац те аьлла дага ойла еъана, Сийлахь волчу Аллахlе шен бала тlе таса, ша зе бохуш (шен ийман доггаха хиларехь билгала далийта) доlанаш дан мегаш ца хилар.

Мутаlеламан лар

08 Jan, 13:18


(Дlавижа хьайн метта хьо хьала ваьлча "Аятуль-курсий" доьшийла ахь), цу хьадийсан тlе тоьвжина lелманаха аьлла: башхалла яц хьо дийнахь дlа вуьжуш велахь а, я буьйсана дlа вуьжуш велахь а, хьо дlа вижа метта хьала ваьлча "Аятуль-курсий" ахь дешар суннат ду.

Мутаlеламан лар

04 Jan, 04:36


Адамо къа латдар иза цхьа къа ду, югlа иза гуча даккхар (гlардаккхар) кхин цхьа къа ду, югlа иза нахана марза дар кхин цхьа къа ду.

Мутаlеламан лар

04 Jan, 04:30


Сийлахь волчу АллахIа аьлла : "АллахIан тlе болх билланчунна Иза кхачаме ву!".

Мутаlеламан лар

09 Dec, 19:39


ВАРЕЛАХЬ...

Имам Маликас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

"Мадинатехь цхьа бахархой бар, хьахош йа дуьйцу хезаш дацар цаьргахь хIара ду аьлла сакхташ, уьш нехан сакхташ лехьош, уьш дийца буьйла белча, церан сакхташ а гуча доьвлира.

Иштта Мадинатехь цхьа бахархой бар, церан сакхташ хилар нахана доьвзуш дар, нехан сакхташ ца хьехош Iар уьш, тIаккха церан сакхташ а диц делира нахана."

Мутаlеламан лар

03 Dec, 06:18


ЙОХК-ЭЦАР ЛЕЛОШБОЛЧАЬРГА:

Аша юхкуш йолу хlума, хуьлийла иза молха, йа белхан гlирс, я жайна, йа кхин йолу муьлхха хlума.. иза йухкучу хенахь оьцуш волчунна хьалха бехкамаш хӏитто бакъо йац цунна ша эцна йолу хlумангахь гатто хира йолчу кепара, масала цуьнга алар: и эцна йолу хlума lаш волу меттера ара йоккхур йацахь, кхин волчунна иза гойтур йацахь, йа цуьнга алар: и хlума ахь югlа йухкучу хенахь хlокху мехала лахара ма ло, йа хlокху мехала кхин йеза ма йохка, алар. Хlунда аьлча иза эцарца иза цуьнан дола йолуш йу, тlаккха иза цунна тlехь шена луучу кепара куйьгалла дан бакъо йолуш ву, шена лаахь дlа яла совгlатан, шена луучу мехехь дlа йохка а, шена луучунна иза гайта йиш йолуш а ву иза.

Ша ду масала цо бехкам ца хӏоттош алар: хlокху хlуманна хlара мах лара бича ма дика хира дар вай тlехьлонна, делахь вукхунна иза оьцуш волчунна тlехь хир дац иза лардар а, цу тlехь чекхвалар а, хlунда аьлча вукхунна декъ дехар а, сатийсам бен и боцун дела.

Мутаlеламан лар

14 Nov, 05:36


КАПИЛЬНИК ЧОХЬ АХЧА ГУЛДАР

Хийланза да-нана хуьлу-кх шайн доьзалхочунна ахча вовшах тоха lалашо йолуш цунна капильник йола йой, цу чу жим-жима ахча дуьллуш, тlаккха иза гул ма делнехь цунна цунах квартира я цlено я кхин долу мехала совгlат дийра ду ша олий дог-ойла йолуш.

Коьрта само ян езаш дерг хlу ду, цхьа волчо ша цу чу кхуссуш долу ахчанна хьесап ца до, цхьа верг хьесап ца деш хуьлу шен цу чохь мел барам ахча хуьлу.

Цундела коьрта дерг цу чохь долу ахча мел ду билгала даккхар а, дlа даздар а ду, хlунда аьлча иза зактан бараме хьала кхачахь цуьнан тlера закат дала дезаш хуьлу иза шо мосуза хьовза. Амма цо иза дlа даззош ца хилча цуна хуура дац иза закатан даларна бараме хьала кхаьчна я ца кхаьчна. " - Хlан-хlа ша герга хьесапца лура ду цу тlера закат", аьлча а нийса ца нисдала мега цуьнан иза.

Цундела гlолехь дерг хlу ду цхьа а шеко йоцуш, ша цу капильник чу кхуссуш дерг билга доккхуш хилар ду, цу тlера нийса закат даларна доьхьа.

Дика хууш Верг Цхьа АллахI ву!

Мутаlеламан лар

01 Nov, 20:09


Валар сих-сиха хlунда хьеха до вай?

Дера хьеха до Сийлахь волчу АллахIа вай кхолларан lалашо вайна йиц ца ялийтар доьхьа, декъ Шен Цхьана вайга lибадат дайтар доьхьа Цо вай кхоьллина хилар.

Мутаlеламан лар

09 Oct, 20:56


"Шайна цхьаъ эшчий бен зlене ца бовлу", бохуш йолу оьгlазло дlа яккхина, мелхо а Аллахlан доьхьа гlо деша хила деза вай. Вай деш дерг нехан доьхьа деш дац вай, Аллахlан доьхьа деш ду, тlкъа иза эхартахь карор долуш а ду ин ша Аллахl!

Мутаlеламан лар

06 Oct, 17:20


ДУБАЙСКИЙ ШОКОЛАД

Дубайский шоколадал мерзаниг йици аса шуьга?

Цlена АллахIан доьхьа аша луш долу сагlано шуна дагчохь лура йолу ийманан марзо цхьанний шоколадан марзоне ма ца кхочу, я дубайский шоколад, я шотландский шоколад, я индийский шоколад!

Оццул теттана ахча цунах дlалочул цуллаъ и ахча шайн бодане хира долу каш нуьре де и ахча АллахIан доьхьа сагlийна хьаште волчу бусулба стаган дlалой!

Мутаlеламан лар

06 Oct, 16:23


АСХЬАБАШНА ЭЛЧА () ДУКХА ВЕЗАРАН МАСАЛ

Ухьуд гlазотехь Абу Дужáнас (Аллахl реза хуьлда цунна) Элчанна () тlе мушрик наха пхерчий (стрелаш) кхуьссучу хенахь, шен букъ дуьхьал лаьцна цунах (шен букъах) Элчанна () турс (щит) дина хилла, шена и пхерчий тlе детталушехь меттах дlа ца ваьлла иза, Элча () ларвеш.

«Мáзá хасираль-láлам» Шайх Абуль-Хьасан Ан-надвий, (агlо 169).

Мутаlеламан лар

03 Oct, 04:36


«Шена цхьаммо совгlат делча цуна дуьхьал совгlатан цхьаъ йалар суннат ду, Элчанера (ﷺ) масал оьцуш.»

«Иршáдус-сáрий» (10/277)

Мутаlеламан лар

26 Sep, 02:54


Валаре сатуьйсуш санна кеп ян атта ду, амма дуй-теша вай цунна боккъалла кич?

Мутаlеламан лар

21 Sep, 15:46


ВАЙНА ЮКЪАРА ДIА ДАККХА ДЕЗАШ ДОЛУ ИРЧА ХIУМА

Машенахь цхьаъ тlех волуш хенахь гондахьа воьдург-вогlург, болх беш верг воцург, къамел деш пхьоьханехь лаьтташ берш, шаверг шайн гlуллакхашха юкъара бовлий лерийна машен чу хьоьжура бу аьрзонан хьажарца, моьттур ду уьш оцу машен чохь набахтий чу воьллийна волу шайн цlа ван везаш волу герга стаг лоьхуш бу.

Хьайн бала боцучига дlа ма хьежа! Хьуна луара дарий машенахь хьайн нанийца, я хьайн йишийца, я хьайн йоlанца, я хьайн хlусам-нанаца хьо воьдуш хенахь лом детташ воллуш волу Бож-lела шен балхан юкъара ваьлла хьан машен чу хьаьжча?!

Тlаккха хьо а ма хила нехан машен чу хьоьжуш волу Бож-lела!

Мутаlеламан лар

16 Sep, 19:04


"تلخيص تسهيل المقاصد لزوّار المساجد" (ص ١٥٥).

Бусулба наха ларо дезаш долу гlилакх: шайгахь lарбойн маттахь даздина тlехь йоза долуш кехат делахь, я жайнан юкъара схьа доьвла кехаташ делахь уьш дlа кхиссале хьалха цу тlехь яздина Къуръан чура аят дуй, я Сийлахь волчу АллахIан хаза цlершах цхьа цlе юй хьажар.

Иштта арахь дlа воьдуш цхьаъ тlе нислохь охьа кхоьссина долу кехат тlехь АллахIан цlе язйина йолуш, я тlехь даздина аят делахь иза схьа эцна дага дар, цу тlе ченаш, нехаш ца эгийтар доьхьа, я цхьаммо цунна тидам ца беш иза ца хьашийтар доьхьа.

Цхьана lеламстага ша арахь дlа воьдуш хенахь лаьттахь lуьллуш lарбойн маттахь даздина кехат гича лерана саца соций цу тlехь цхьа еза цlе юй, я аят дуй хьожий бен тlех ца волур, нагахь санна цу тlехь шена уьш карийча и кехат дlа хой дага дора цо.

Мутаlеламан лар

13 Sep, 16:54


"تلخيص تسهيل المقاصد لزوّار المساجد" (ص ٨٥).

Ламаз деш волчунна новкъарло яр хьарам ду.

Хийланза вайна ца хаар бахьан долуш ламаз деш верг вело гlаьрташ забар яьш хуьлу уллехь верг, тlкъа иза мегаш хlума дац.

Мутаlеламан лар

10 Sep, 20:48


Имам Аль-Мавзаlийс аьлла:

«Элчанах (ﷺ) кхердар, цуьнан ларам цабар, иза йина йолу lамалш йохош а, жоьжахате чу вуьугш а керстналла ду, АллахIаца ларло вай цунах!»

«Тайсúруль-байáн» (4/164).

Мутаlеламан лар

29 Aug, 16:47


١еламнаха аьлла: Нехан х١усамаш чу хьежар а, нехан уьйт١а хьежар а кегий къиношха ду.

Мутаlеламан лар

28 Aug, 16:03


Цхьайолу больницашкахь кlант винчул тlаьхьа больницера ара ваккхале суннат во (хада во) ворхl де кхачале хьалха, тlаккха цуьнан хьукм муха ду теша?

Иштта хьолехь ворхl де кхачале хьалха иза суннат вар: нагахь санна и кlант лалура долуш велахь могшалла агlора тlаккха иза кархlат (нежелательно) хуьлу, амма иза лалура долуш вацахь тlаккха хьарам хуьлу иза.

"إفادة السادة العمد" (ص ١٥١).

Мутаlеламан лар

23 Aug, 15:38


Дала а, Пайхмара а (ﷺ) цхьа х١ума мегаш дац аьлчул т١аьхьа эъ-меъ деш верг и ду-кх Меъ!

Мутаlеламан лар

15 Aug, 11:38


Нехан говранашха самукъа долуш хилар, хlинца наха уьш оьцуш, лелош хилар даьржаш ду вайна юкъахь.

Цундела хийланза цхьацца яртташкахь го хьуна говран тlехь ара ваьлла воьдуш жима стаг.

Делахь чlогlа само ян еза хlокху коьрта а, кхераме а балхан: говра арахь дlа хецна йитар, я кlетlахь цхьа ког дlа боьхкий кlетlахь юьту говра уллехь цхьа воцуш, югlа цу урамехула хийланза тlех долуш кегий бераш хуьлу, тlаккха цхьадолу бера и говра ша хьоста олий шен дагахь, я цунна яахlума ло ша олий тlе доьду оцу говранна, Дала ма хуьлитийла иштта меттехь оцу говро цу беран мийра тохахь коьртах, я букъах хlу хира ду аьлла хета шуна?!

Цхьа сингаттам божжалца ца lаш тlаккха цул тlаьхьа сама довла, мелхо а хьалххе иза тlе далле само ян еза цу балхан.

Хьуна хьайн говра мехала елахь а оцу беран да-нанан и бера кхин а мехала ду хьуна! Хьайн кlадо бахьан долуш нахана сингаттам ма баккха.

Мутаlеламан лар

09 Aug, 01:23


"Хьенех велла", "Минех дlа ваьлла", бохуш сих-сиха хеза вайна...

Иштта цхьана дийнахь вай а дирзина бакъ-дуьнене аьлла хабар дlаса гlура ду...

Хьекъале верг ву-кх ша новкъа валле хьалха цу новкъана дикка кечам бина новкъа волуш верг!

Валаро дукха безарш къасторан де гена дац-кх вайна!

Коьрта хаттар: Хlу lамал аьцна гlура ву хьо Сийлахь волчу АллахIан дуьхьала?

Мутаlеламан лар

31 Jul, 19:56


Къа ирча хетар, иза дагца ца дезар, иза дегаза хетар хlора бусулба стеган декхар.

Цундела чlогlа зиене ду вайна бlаьрган хьалха цхьа къа дукха гарна, хан-заманца и къа вайна атта хетар, я иза вон хlумма ца хетар.

Масала далош аьлча: ах дерзан догlмаш гуш, я хечеш йоьхна зудаберш гуш, я гайнаш гуш, я шорташ йоьхна божабераш гуш, я кинош чохь цаьрга иштта хьолехь хьоьжуш хьо хилча хан-заманца хьуна и къа атта хета дала кхерам бу. Иштта дlа гlохь гена ца хуьулу тlаккха бусулба зудаберш а царах тардала гlерташ дlа дуьйла далар.

Цундела къиноши зенаш дийцар, царах бусулба нах ларлура болу бахьанш дийцар, вайна тlехь декхар ду.

Лаххара барамехь: Имам Захlабийн даккхий къинош дуьйцуш долу жайна оьрсийн матте даьккхина ду иза, и эца эцна цlкъа цхьаьнга луш, югlа вукхуьнга луш дешийта деза. Я иза эца аьлла хьехар дан деза.

Ма онда белхаш ду-кх адаман тlе догlур долуш:

- lожалла.
- Каш чохь барт хаттар.
- Барзах-дахар.
- Къемат де.
- Ялсамане, я Жоьжахате дерзар.

Хьалххе само ца яьхь ма тlаьхьа сама довла мегаш ду-кх вай!

Мутаlеламан лар

21 Jul, 19:39


Тlалхьат бин lубайдилЛахlас Ухьуд гlазотехь Элчанна тоьхна йолчунна дуьхьал куьг лаьцна цуьнан куьг болх бечера сецна. [Ал-Бухарийс дийцина иза].

Хlара меттиг яьшча вайна юкъахь гlардаьлла дуьйцуш хилла долу цхьана гина аьлла гlан дагадеънера суна.

Цхьанний ойла хилла Элчанна асхьабаш уьш а вай санна адамаш хилла, церан даржане кхача йиш ю вай, царна санна Элча (ﷺ) вайна а дукха веза йиш ю.

Тlаккха иштта гlан гина хилла цунна: Шаьш автобус чохь доьлхуш хилла, тlаккха автобус шарша шершина бердах ягlа герга хилла, цу чохь Элча а (ﷺ), цуьнан асхьабаш а хилла, тlаккха асхьабаш цу чуьра ара лилхина и автобус чу ца йожийта, Элчанна (ﷺ) хlумма ца хилийта иза кlелхьара вакхха хьожуш, тlаккха хlара а ара иккхана и автобус чу ца йожийта. Хlара боккха чхьор (боккха тlулг) лоьхуш хилла оцу автобусан чlург буха била, эхаре чхьор карийна иза бахьаш схьа вечъа цец-lакъ ваьлла хlара шена гинчух: автобус сацийна хилла, асхьабаш шайн кортош чlургашна буха дехкана сацийна хилла автобус чу ца южийтуш.

Сама ваьлча эца гlенах боккха хьехам хилла цунна: асхьабаши меттиг мичахь бу, шен меттиг мичахь бу!