ИСЛАМ А ДАХАР @islam_dahar Channel on Telegram

ИСЛАМ А ДАХАР

@islam_dahar


Ассаламу Iалайкум!

ХIара канал динехь нийса дерг а, пайде дерг а довзийта Iалашо йолуш дина ду.

ИСЛАМ А ДАХАР (Chechen)

Добро пожаловать на канал "ИСЛАМ А ДАХАР"! Вас приветствует сообщество, посвященное изучению и распространению знаний о исламе. Наш канал предлагает разнообразные материалы, помогающие поглубже понять исламскую веру, традиции и обряды. Здесь вы найдете интересные статьи, видео, аудиозаписи о различных аспектах ислама, а также сможете общаться с единомышленниками. Мы создаем дружественное и поддерживающее окружение для всех, кто интересуется исламом и стремится к духовному развитию. Присоединяйтесь к нам, чтобы углубить свои знания и разделить исламскую мудрость с другими!

ИСЛАМ А ДАХАР

31 Dec, 15:01


Мархийн нияташ
☘️☘️☘️☘️☘️☘️

Доькхуш мархийн;
*Ас ният ди; кхана сайн диссина фард РАМАДАН марха доькхуш кхаба, Делан доьхьа*
الله اكبر
☘️☘️☘️☘️☘️☘️☘️
Ражаб мархий

Ас ният ди; кхана х1окху РАЖАБ беттан суннат марха кхаба, Делан доьхьа
الله اكبر
🍁🍁🍁🍁🍁🍁🍁
Эари йа оршот
Понедельник или четверг мархийн

Ас ният ди; кхана (еари=оршот) де суннат марха кхаба
Делан доьхьа
الله اكبر

ИСЛАМ А ДАХАР

31 Dec, 13:01


Ассаламу 1алайкум варохьматулЛох1и вабарокатух1у!

*ПЕРВЫЙ ДЕНЬ МЕСЯЦА РАДЖАБ ПРИХОДИТСЯ* *НА СРЕДУ 1 ЯНВАРЯ 2025 ГОДА.*

Пусть Всевышний приумножит наши деяния в этом месяце! И поможет нам дожить до священного месяца Рамадан!
С/У ваш брат Хаважи.

ИСЛАМ А ДАХАР

31 Dec, 06:18


المؤمن ﷻ

[Аль-Муъмин - Те‌шамениг]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:

И - АллахI ву. Кхин дела вац, И воцург, Паччахь, Сийлахьниг, ТIехцIенаниг, Тешамениг, Iалашдийрг, Нуьцкъалниг, ЧIогIаниг, Воккханиг [я Кураниг] Ша волу. ТIехцIена ву АллахI цара Цуьнца нисбечу накъостех.

[Сура Аль-Хьашр: 23]📚

• Шен сица бакълуьш верг ву И, Ша Цхьаъ хиларехь нахана билгалонаш гайтарехь а. Элчанашца а, царна тlаьхь баьзначаьрца а бакъ луьш верг ву И, иштта Шен Муъмин лайш тешаме бийриг ву И, цаьрга кхерам беанчул тlаьхьа уьш Шега тевжича, церан дегнаш чу паргlато а синтем а буьллург ву И.

•Аль-Муъмин аьлла йолу Делан цlе Къуръан чохь [1] - цхьана меттахь а бен ца хьахийна.📚

ИСЛАМ А ДАХАР

31 Dec, 03:55


. 🕌 خطبة الجمعة 🕌
. Рузбанан хут1ба 27/12/2024пт ٢٦/٦/١٤٤٦
💫💫💫💫💫💫
على باب 🚪🚪 رجب
РАЖАБ беттан не1аргахь

👉Марха кхабарах
👉1амалехь са валар
👉къийсамаш 1ад битар

ИСЛАМ А ДАХАР

30 Dec, 12:31


Тах1ажжуд ламаз муха дан деза?🍃

Тах1ажжуд – иза суннат ламаз ду, д1авижинчул т1аьхьа хьала а г1еттина деш долу. Имам Ан-Нававис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Буса г1еттина деш долу ламаз (тах1ажжуд) ч1аг1дина суннат ду, цунна т1енисво Къуръанан аяташа, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннато, 1еламнехан цхьабарт хиларо»🍃

Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Буьйсанна г1оттуш тах1ажжуд ламаз де ахьа...». «Аль-Исраъ», 79. 📚

Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ламазах дезаниг – парз ламаз д1адаьлча, буьйсанан ламаз ду». Муслим📚

Тах1ажжуд ламазан лахара барам ши рака1ат ду, лакхарчу бараман тоьхна доза а дац. И ламаз дийр ду ша самаваьлча, 1уьйра ламазна молла кхайкхале хьалха. Буьйса юккъе яхча дина ламаз буьйсанан юьххьехь динчул деза ду, цул деза дерг – буьйса юкъал т1ехъяьлча динарг ду.🍃
И ламаз дечу хенахь Фатихьатал т1аьхьа шена хууш долу сурат я аяташ дешар суннат ду. Оцу ламазехь деша билгалдина къастийна сурат я аят дац. Шена хууш дерг дешча, суннат кхочушхуьлу.🍃🍃

ИСЛАМ А ДАХАР

30 Dec, 12:30


БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина Имам Iийа́да (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла долу дешнаш: «Iеламнахана юкъахь къовсаме хIума дац буьйсанна деш долчу Iуьйкъа ламазана иза хIоккхул хила деза аьлла тоьхна доза ца хилар, кхин совдаккха а йиш йоцуш, кIеззигдан а йиш йоцуш. Иштта, къовсам болуш хIума дац, буьйсанна деш долу (Iуьйкъа) ламаз алсам мел до алсам ме́л хуьлуш болчу дикчу Iамалшна юкъадогIуш хилар а. Къовсаме хилла хIума хIун ду аьлча – Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) и ламаз мел деш хилла а, цо шена хаьржина хилларг мел хилла а ду къовсаме
дерг».[1]

Имам Iабдуррахьим Ал-Iира́къийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iеламнехан бартхилла бу оцу ламазан хадийна тоьхна доза ца хилар тIехь. Делахь а, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) деш хилларг дуьйцуш даьхкина тайп-тайпана хьадисаш
ду».[2]

Бакъду, цхьаболчу Iеламнаха бархI ракаIат дийр ду аьлла, вукхара итт дийр ду аьлла, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иштта деш хиллера аьлла даьхкина долчу тайп-тайпана хьадисашна тIе а доьгIна. Делахь а, цул совнаха дича мегар дац бохург дац иза.

Цундела, шена луучо ши ракаIат дина дита мегар ду, шена луучо кхин а алсам дан мегар ду, итт а, ткъа а, ткъеитт а, бIе а, шена луъучул, шега далуччул, шен карах доллучул. Алсам мел ди алсам ме́л бу. РакаIаташ дукха ца дича а, ша́ ламаз де́ха дар а мелехь хIума ду. Ткъа муьлхха а ламаз ойла а еш дар уггар коьрта дерг а ду, ме́л уггар алсам хуьлуьйтуш дерг а ду.

ИСЛАМ А ДАХАР

30 Dec, 03:59


Хаттар: Хьайн къиношна гечдойла лаьий хьуна, уьш мел дукха
делахь а?
🍃Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнахь бIозза «АллахI цIена ву, хастам бу Цунна» («Субхьаналлах1и ва бихьамдих1и!»)🍃
Аьллачунан къиношна гечдийра ду, хIурда чопане нислуш (дукха) делахь а» Бухари, Муслим.📚📚

ИСЛАМ А ДАХАР

30 Dec, 03:49


السلام ﷻ
Ассала‌м [Маьрша Верг]🍃

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:

И Аллахl ву, кхин Дела вац бакъонца шена Ӏибадат дан И воцург, Паччахь ву И, массо а боьхачу сибатех, кхачамбацарех а цlена верг ву И, Шен халкъана Ма‌шар луш верг а ву И.

[Сурат: Ал-Хьашр, аят: 23]📚

• Массо а вочух а, кхачамбацарех а цlена верг а Маьрша верг а ву И, Шен халкъашна ма‌шар луш верг а ву И.🍃

• Ас-Сала‌м аьлла йолу Делан цlе, Къуран чохь [1] - цхьана меттахь бен ца хьахийна.

ИСЛАМ А ДАХАР

29 Dec, 08:09


Хаттар: АллахIана уггаре дукхах деза къамел муьлхарг ду хаьий хьуна?
🍃Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Аса дийца хьуна массо хIуманал АллахIана дукха деза дешнаш? Боккъалаъ, АллахIана уггаре дукха деза дешнаш: «ЦIена ву АллахI Цуьнца там боцучух, хастам бу Цунна!». (ду) - «СубхьаналлахIи ва бихьамдихIи»🍃
(Муслим).📚

ИСЛАМ А ДАХАР

29 Dec, 06:41


القُدُّوسُ ﷻ

Ал-Къудду‌с [Сийлахьниг]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:🍃🍃

Стигалшкахь мел дерг а, лаьтта тIехь мел дерг а АллахIана тасбихь деш ду – Паччахь, Сийлахьниг, Нуьцкъалниг, Хьикматениг Ша волчу.
[Сурат Ал-Джумуlaхl, аят: 1]

И - АллахI ву. Кхин дела вац, И воцург, Паччахь, Сийлахьниг ву И...
[Сурат: Ал-Хьашр, аят: 23]

• Цlена ву И массо‌ а кха‌чамбацарех а, массо‌ а вочух а боьхачух а, И (Аллахl) уггаре а сийлахь долу а, дуьззина долу а хаза сифаташ Шегахь долуш верг Ву.🍃🍃

• Аль-Къудду‌с аьлла йолу Делан цlе Къуран чохь [2] - зза хьахийна.

ИСЛАМ А ДАХАР

28 Dec, 16:42


Цхьан къонахчо тоба дар

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

28 Dec, 12:25


Саг1ана дозалла

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

28 Dec, 10:26


Хаттар: Хьайн доIана жоп хила лаьий хьуна?
Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Муьлхха а бусалбачу (АллахIан) лайно, къайллах шен вешина (ша и дой а ца хоуьйтуш) АллахIе доIа дича, (цунна юххехь долучу) малико олу: «Изза хьуна а хуьлда»» (Муслим).📚

ИСЛАМ А ДАХАР

28 Dec, 03:38


المَلِكُ ﷻ المَلِيكُ ﷻ المَالِك ﷻ🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃

Ал-Малик Ал-Ма‌лийк Ал-Маали‌к

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:

И - АллахI ву. Кхин дела вац, И воцург, Паччахь ву И ...🍃🍃
[Сурат: Ал-Хьашр, аят: 23]📚📚

Боккъалла а, [АллахIах] кхийринарш ялсаманин бошмашкахь а, татолаш юкъахь а хир бу. Бакъонан охьаховшийлахь, доллучунна а ницкъ кхочучу Паччахьна [АллахIана] уллехь.

[Сурат: Ал-Къамар, аят:54/55]📚📚

Ала [хIай, Мухьаммад]: «Я АллахI, паччахьаллин Да! Паччахьалла ло-кха Ахь Хьайна луъучуьнга. Паччахьалла дIа а доккху-кх Ахь Хьайна луъучуьнгара. Ахь сийлахь во-кха Хьайна луъург. Сийсаз а во-кха Ахь Хьайна луъург. Хьан карахь дукха дерриге а дика. Боккъалла а, массо а хIуманна ницкъ кхочуш ву-кха Хьо. 🍃🍃

[Сурат: а‌ли-lимран, аят: 26]📚📚

• Иза Дела ву, стигланийн а, лаьттанийн а, цу шинна юкъахь мелдерг а Шен долахь долуш волу, Паччахьалла деккъа Цунна ду, lа‌ламшна тlаьхь lуналла дар а Цуьнгахь ду, Аллахl воцчуьнан керахь мелдерниг, Аллахlан до‌лахь дерг ду, кlеззиг йолучу ханна Цо це‌ран куьйга кlелахь хуьлуьйтуш, амма це‌ран долахь дац иза а я хlумма а, Аллахlа цаьрга делла иза, уьш цуьнца зерхьама. Аллахlан lуналлера дlа а ца долу цхьа а хlума, йа лагl а ца ло цуьнан до‌лахь дерг, мел дукха дlадаларх а.

• Ал-Малик аьлла йолу Делан цlе Къуран чохь [5] - зза еан.🍃🍃

• Ал-Мали‌к аьлла йолу цlе: [1] - зза еан.

• Ал-Ма‌лик аьлларг: [2] - зза еан.

ИСЛАМ А ДАХАР

27 Dec, 12:41


Йа Аллах1, самукъ даккха Ахь тхан Г1аззер вежрийн, Ахь Пайхмари а, соллалЛах1у 1алайх1и ва саллам, цуьнан асхьабийн а, самукъа даккхарх терра, блокада д1аяккханчухена.

Йа Аллах1, самукъа даккха Ахь тхан вежрий, марх достучуьна санна, и самукъадаккхар иэ а деш сийлахьчу йолаца а, къиношна гечдарца а.

Йа Аллах1, тхан а, церан а дегнаш та де Ахь, оьхазло д1аяккха Ахь тхан а, церан а, х1ай даима Дийнверг, х1ай дерриге х1ума Латтошверг, х1ай Сийлахь Ван а, Лерам бан Хьакъверг, х1ай тхо Кхиош-Кхобушверг.

ИСЛАМ А ДАХАР

27 Dec, 12:41


Йа Аллах1, Къинхетам бе Ахь Г1аззи ох1лах, баккъалла Хьо г1орасиз Ван ницкъ бацкх цхьанне а, йа латтат1ехь, йа стиглахь а.🍃🍃
Йа Аллах1, д1аайба Ахь, царна Хьан мостаг1аша т1ех1оттийна хало, цера кхерам маршонга хийца Ахь йа Аллах1, массара а тесна битна-кх уьш Хьо Воцчо.🍃🍃
Хастам бу Хьуна дуьххьара а, т1аьххьара а, гучехь а, къайлах а, даима, ца хедаш болу Хастам бу Хьуна.🍃🍃

ИСЛАМ А ДАХАР

27 Dec, 05:44


Хаттар: Хьайн дика Iамалш ца совцийла лаьий хьуна, хьо веллачул тIехьа а?
Жоп: Маьждигаш догIар, гIунаш ахкар, иманехь бакъхьара доьзалхо кхиор, Iилма даржор; жанийн зорба тохар а, уьш дIаса далар а, касетийн записаш яр а, уьш дIасаяржор а, уьш кечъян а, яржон а даьхнаца гIодар а.
Пайхамара, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Адам делча, цуьнан ерриге Iамалш совцуш ю, кхо Iамал йоцург: ца хеда сагIа а, (нехан) цунах пайда эца йиш йолуш долу Iилма а, цунна доIа ден долу бакъахьара бераш а»
(Муслим).📚📚

ИСЛАМ А ДАХАР

27 Dec, 03:52


الرَّحمَنُ ﷻ الرَّحِيمُ ﷻ

[ар-Рохьман - Къинхетамениг]
[ар-Рохьийм - Къинхетамбийриг]

🍃Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
Къинхетамениг [АллахI]. Къуръан Iамийна [Цо
Мухьамадна].🍃

[Сурат: ар-Рохьман, аят: 1/2]📚
 
АллахIе гечдар деха, боккълла а АллахI – Гечдийрг, Къинхетамбийрг ву!

[Сурат: ал-Муззаммил, аят: 30 ]📚

🍃Аллахl (Сийлахь-Веза ву Иза) Цо мел кхоьллинчу хlуманна, уьш кхолларехь а, царна гlодарехь а массо‌ хlуманехь царна шорто йинчу Делан Къинхетаманна тlе нисво кху шина цlаро, къаьсттина, Муъмин нахах дуьненахь биначу а, эхартахь бийра болчу а къинхетамманна тlенисво.🍃

•Ар-Рохьма‌н аьлла йолу Делан цlе Къуран чохь [57] - Шовзткъе вуьрхlиттаза еана.

🍃•Ар-Рохьи‌м аьлларг [123] - бlе ткъе кхузза еана.🍃

ИСЛАМ А ДАХАР

25 Dec, 14:10


Аллах1 Ша Ялсамане чу вахита т1е лаьцнаг

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

23 Dec, 10:15


ЛАМАЗ ШЕ ХЕНАХЬ ДАР

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Dec, 18:07


Д1авижле деш долу до1а:

الحَمْدُ لِله الذي أَطْعَمَنَا وَسَقَانَا، وَكَفَانَا وَآوَانَا، فَكَمْ مِمَّنْ لا كَافِيَ له وَلَا مُؤْوِيَ

Аль Хьамду лилЛя‘х1и-ллази‘ ат1_1амана‘ ва сакъо‘на‘ ва кафа‘на‘, ва а‘ва‘на‘ факам мимман ла‘ ка‘фийа лах1у‘ ва ла‘ муъвийа.

Маь1ан:

Аллах1ан бу-кх Хастам вайн юург ел Волу, вайн молург ел Волу, вайн кхачам бина Волу, вайн чудерза меттиг елла Волу. Масне ву, шен кхачам бан а, шена чу верза меттиг яла а цхьа а воцуш?!

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Dec, 15:51


-- Аята аль Курси

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Dec, 06:02


Шай х1усам дец дика хилар

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

18 Dec, 12:44


Элчанци ﷺ хир вукх

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

18 Dec, 08:33


Ялсаманчохь цхьа Х1усмаш юкх

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

16 Dec, 15:34


. 🕌 خطبة الجمعة 🕌
. Рузбанан хут1ба 06/12/2024пт ٥/٦/١٤٤٦
💫💫💫💫💫💫
ورحمتي وسعت كل شيء
Шен къинхетам массо а х1умане кхаьчна.-- боху Везачу вайн Дала
🤲Дала шен къинхетам даим латта бойла вайна т1ехь

ИСЛАМ А ДАХАР

15 Dec, 07:53


الرَّبُّ ﷻ

«Ар-Робб» [lаламийн Дела]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
«Хастам бу АллахIана - Iаламийн Далла». [Сурат «ал-Фатихьа, аят: 1»]

Массо хlума кхолла а кхоьллина, церан до‌ла а деш, куьгалла а деш, Ша мел кхоьллиначу хlуманна ниlматаш а луш, уьш Кхо‌буш-кхиош волу Дела ву И, иштта, Шена герга болучу дикачу нехан дегнаш, нийсонна тlе а нисдеш, церан дегнаш кхио‌ш верг ву И.

Мегар дац цхьаннега «Ар-робб» аьлла кхайкха, Аллахl Деле бен.

«Ар-робб» аьлла йолу Делан цlе, Къуръан чохь [900] - зза хьахийна.

ИСЛАМ А ДАХАР

15 Dec, 07:41


Саг1ана дозалла

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

04 Dec, 03:36


Хьан Имане хьажна хир ду зер

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

04 Dec, 03:02


. 🕌 خطبة الجمعة 🕌
. Рузбанан хут1ба 08/11/2024пт ٦/٥/١٤٤٦
💫💫💫💫💫💫
في صلاحنا صلاح الأولاد وسعادتهم
Вай дика хиларехь ду шуна
Вайн доьзалаш дика хилар а
Уьш ирсе хилар а
💫 💫 💫

ИСЛАМ А ДАХАР

02 Dec, 19:14


Умматана т1ехьа возург

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

02 Dec, 10:23


*Ассаламу 1алайкум*

Дехар ду х1а статус яржор.

*вай маьждигаш деса ду, вай доьзлаш мукъа а бу, х1ора дас нанас олуш хилча шай доьзалшк маьждиге г1о аьлла, уьш лелар бар*

*Дела доьхь тахан дуьйна вай доьзалш ламазан маьждиге бахит ният хилч ма ч1оха динн г1о динаш хира дара вай*

ИСЛАМ А ДАХАР

27 Nov, 08:31


Шен цхьана нахах кхерам хилча деш долу доIа.
"АллóхIуммакфини́хIим бимá шиъта"
اَللَّهُمَّ اكْفِنِيْهِمْ بِمَا شِئْتَ .
«Йа АллахI! Хьайна луъучуьнца ларве Ахь со церах».

ИСЛАМ А ДАХАР

26 Nov, 12:26


ЖӀаьла лелорна кхерам

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

26 Nov, 12:18


Имам аль Бухари 9/30

ИСЛАМ А ДАХАР

26 Nov, 05:53


Хаттар: Духьа ламазан ният мух до?
Жоп: Духьа ламаз ният: Аснийат ди духьа ши ракат суннат ламаз Дела доьхь сай Далла да Аллах1у Акбар

ИСЛАМ А ДАХАР

26 Nov, 05:52


Духьа Ламаз

ИСЛАМ А ДАХАР

25 Nov, 07:36


Ат-тахьиййат дешча деш долу до1а

اللَّهُمَّ إنِّي أعُوذُ بكَ مِن عَذَابِ القَبْرِ، ومِنْ عَذَابِ النَّارِ، ومِنْ فِتْنَةِ المَحْيَا والمَمَاتِ، ومِنْ فِتْنَةِ المَسِيحِ الدَّجَّالِ.


Алло‘х1умма инни‘ а1у‘зу бика мин 1аза‘биль къобри, ва мин 1аза‘бин-на‘р, ва мин фитнатиль махьйа‘ валь мама‘ти, ва мин шарри фитнатиль маси‘хьи-ддадджа‘ль.

Маь1ан:

Йа Аллах1, со ларло Хьоьца коша 1азапах а, Жоьжахит1а 1азапах а, дахаран фитнатах а (муьлха а дахарехь хуьлу фитнаш: куфр а, шах1ваташ а, 1есалла а и. кх. д1.), валаран фитнатах а (кашчохь жоп даларехь фитнат хиларх, цу чур 1азабах и. кх.д1.), масихь Дадджалан фитнатах а.

ИСЛАМ А ДАХАР

24 Nov, 14:08


اللَّهُمَّ أَحْسَنْتَ خَلْقِي فَأَحْسِنْ خُلُقِي

Алло‘х1умма ахьсанта холькъи‘ фаахьсин хулюкъи‘

Маь1ан:

Йа Аллах1, сан кхоллар хаза динакх Ахь, сан г1иллакх а де-хьа хаза.

ИСЛАМ А ДАХАР

24 Nov, 09:55


Имам аш-ШафиIий رحمه الله сказал:
«Если заговорит глупец, то не отвечай ему. Лучший ответ ему - это молчание.
Если же ты ответишь ему, то это лишь развяжет ему язык. Если оставишь его, то он умрет от печали».

📗См. "Манакыб аш-ШафиIий", 2/151

ИСЛАМ А ДАХАР

24 Nov, 07:13


Дуьне - сахьт (цхьа к1еззиг хан) ду хьуна, т1аккха и хан йаккхалахь хьайн Далла муьт1ахь хиларца.

Са - шеца сутаралла йолуш ду хьуна, т1аккха иза дерзаделахь Дала хьайна деллачунна кхачам хилийтарца.

ИСЛАМ А ДАХАР

24 Nov, 03:26


«Истихарат ламаз»

https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Nov, 14:14


Дешахьалхе

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Nov, 13:21


Йа Аллах1, Г1аззи ох1ле хоьттина мацалла д1айаккха Ахь, Къинхетам бе Ахь царах, йа Аллах1, буза бе Ахь уьш, хи мала де-хьа царна, чу берза бе Ахь уьш маршонца, йа Аллах1.

Уьш мацбиниг - мац ве Ахь, уьш хьагбиниг - хьаг ве Ахь, уьш арахьбитиниг - арахь вита Ахь, йа Аллах1.

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Nov, 08:50


Пайхамара (Делера салам маршалла хуьлда цунна!) аьлла:

Уггаре а чӀогӀа Ӏазап лундерг ши стаг ву:
-Шен хӀусамдена муьтӀахь йоцу зуда а йу.
-Нахана ша ца веззашехь имамалла деш верг а ву.

Сахьихьи Ат-Тирмизи, 359.

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Nov, 07:18


Имам аль Бухари 8/30

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Nov, 06:49


. 🕌 خطبة الجمعة 🕌
. Рузбанан хут1ба 01/11/2024пт ٢٩/٤/١٤٤٦
💫💫💫💫💫💫
بادروا إلي ذمة الله ورحمته
Делан 1уьналле хьовда жама1ате дахарца
Цуьнан къинхетаме г1орта жама1ат д1а х1отторца

ИСЛАМ А ДАХАР

21 Nov, 06:35


Х1ай сан Эла, Хьана дикнаш ду-кх суна охьадог1уш, сан вонаш ду-кх Хьуна хьалахьуш, масне лерамечу Малайко хьала йеъна Хьуна сан ирча 1амал?! Цхьанге а хьашт Воцушшехь Ву-кх Хьо, ни1маташ а луш, Хьой дукха Воьзуьйтуш, ткъа со, Хьоьга хьашт волушшехь сой, къиношца Хьо оьхаз Вохуьйтуш ву-кх, т1аккха а ч1аг1 во-кх Ахь со, хьул во-кх Ахь со, рицкъ латта до-кх Ахь суна. Ма доккха х1ума ду и.

Са дог шога хилчухена,
Некъаш готта делчухена
Сатийсамах бира ас Ахь гечдаре буьгу лами.

Доккха хилла сун сай къа,
Амма Хьан Къинхетамца и дуьстича, х1ай сан Кхиош-Кхобург, Хьан Къинхетам кхи а боккха бара.

ИСЛАМ А ДАХАР

20 Nov, 15:35


Набарх самаваьлча эр ду

https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

20 Nov, 14:52


Iайшата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьйла цунна) элира аьлла:

«ХьаьжцIенна тIе эскар долалур ду. Ткъа (бIаьхой) гIум-аренга кхаьчначу (хенахь) уьш (берриге а) дIахудур бу цо хьалхарачунна тIера тIаьххьарачунна тIекхаччалц».

Ас хаьттира:
«ХIай, АллахIан элча, ткъа дIа муха худу цо уьш хьалхарачуннна тIера тIаьххьарачунна тIе кхаччалц? Царна юккъехь дагахь хIума доцург а (юкъара нах а), царех воцург а хир ма вуй?».

Цо жоп делира:
«Хьалхарачунна тIера тIаьххьарачунна тIе кхаччалц дIа-м худур болуш бу уьш, амма гIовтточу (хенахь) шайн нияташка хьаьжжина гIовттор бу уьш».

(Бухари: 2118, Муслим: 2884)

ИСЛАМ А ДАХАР

20 Nov, 11:03


«УРОКИ ИЗ ХАДИСОВ»

5 часть «Родство не спасет»

ПОСЛАННИК АЛЛАХIА ﷺ СКАЗАЛ:

‎وَمَن بَطَّأَ بِهِ عَمَلُهُ، لَمْ يُسْرِعْ بِهِ نَسَبُهُ

«ЕСЛИ КТО-ТО МЕДЛИТ В СВОИХ ДЕЯНИЯХ, ЕГО РОДСТВО НЕ УСКОРИТ ЕГО».
Передал Муслим.

Заключение:
•Хьадис напоминает, что родственные связи, хотя и имеют значение в Исламе, не могут заменить добрые дела и искренность в поклонении АллахIу. Если человек не стремится к добрым поступкам, его родственные связи не смогут помочь ему на Дне Судном.
•Это наставление дает понять, что принадлежность к благородному или почетному роду не гарантирует спасения. Например, несмотря на родство с Пророками, родные люди, как, например, дядя Пророка Мухьаммада ﷺ, Абу ЛахIаб, не были спасены, поскольку их деяния не соответствовали вере.
•Этот хьадис напоминает о том, что родственные связи или социальное положение не гарантируют успеха, если нет соответствующих добрых дел и искренней веры. Важно работать над своими поступками, стремиться к благочестию и не полагаться исключительно на внешние факторы, такие как род или социальное положение.

ИСЛАМ А ДАХАР

20 Nov, 03:27


ЛАМАЗАН ТАСБИХЬ

1. АстагIфирулло‌хI (кхузза эр ду)

2. Алло‌хIумма антас-сала‌му ва минкас-сала‌му таба‌рокта йа‌ зальжала‌ли вальикро‌м

3. Ла‌ ила‌хIа иллалло‌хIу вахьдахIу‌ ла‌ шари‌ка лахIу‌ лахIульмульку ва лахIульхьамду ва хIува Iала‌ кулли шайъин къоди‌р

4. Алло‌хIумма ла‌ ма‌ниIа лима‌ аIтIойта ва ла‌ муIтIыйа лима‌ манаIта вала‌ йанфаIу зальжадди минкальжадду

5. Ла‌ хьавла ва ла‌ къуввата илла‌ билла‌хIи ла‌ ила‌хIа иллалло‌хIу ва ла‌ наIбуду илла‌ иййа‌хIу лахIунниIмату ва лахIульфадлу ва лахIуссана‌ульхьасан, ла‌ ила‌хIа иллалло‌хIу мухлисы‌на лахIудди‌на ва лав карихIаль-ка‌фиру‌н

6. «Айталкурс» доьшур ду

7. «Къулха» доьшур ду

8. «аль-Фалакъ» доьшур ду

9. «ан-Нас» доьшур ду

10. Субхьа‌налло‌хI (33)

11. Альхьамдулилла‌хI (33)

12. Алло‌хIу акбар (33)

13. Ла‌ ила‌хIа иллалло‌хIу вахьдахIу‌ ла‌ шари‌ка лахIу‌ лахIульмульку ва лахIульхьамду ва хIува Iала‌ кулли шайъин къоди‌р

14. Алло‌хIумма аIинни‌ Iала‌ зикрика ва шукрика ва хьусни Iиба‌датик.
…………………………………

Фарз ламазан тIаьхьа тасбихь даккхар чIагIдина суннат ду. Вай яздинарш хьадисашкахь бух болуш, деза азкарш ду. Ламазал тIаьхьа доьшуш долу доIанаш а, азкарш а шортта ду, делахь а вай доцца яздина дитина, хIора ламазехь лардан атта хилийта. Кху тIехь долучу азкаршах, иштта кхерал сов деша дагахь валахь а, царех муьлхха а хьалха-тIаьхьа даьккхина деша мегар ду. Шена тасбихь дагахь ца хуучо кху кехат тIера деша а мегар ду.
ХIара кехат ламаз карахь ца хиларх кара эца мегар ду. ХIара тасбихь ша ламаз дина йоллучу меттехь, цигара кхечанхьа а ца волуш, дар суннат ду.

Iаьрбийн элпаш нохчийн элпашца кхоччуш нийса ца язло. Цундела хIара тасбихь Iаьрбийн йоза хуучунна дIадеша цкъа деший а!

https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Nov, 14:16


7-ая серия Имам аль Бухари для

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Nov, 14:12


. 🕌 خطبة الجمعة 🕌
. Рузбанан хут1ба 25/10/2024пт ٢٢/٤/١٤٤٦
💫💫💫💫💫💫
الطهور شطر الإيمان
Ц1аналла АХ ийман ду
💫
👉Т1ера моданех цена хила
👉Не1аргенаш ц1ена лела йе
👉меженаш 1осаллех ц1ени хилийта
👉дог хьаг1-боданех вон амалех ц1ана де
ялсамане чу МА Ц1ЕНА ХИЛИ ШУ бохуш малайкаша хеста а деш г1ур ду шу
الفقير الشيشاني عفا الله عنه

ИСЛАМ А ДАХАР

17 Nov, 17:20


4️⃣
Хьиджаб дуй те ас лелош дерг

АллахIа ФАРД дина долу хьиджаб - "Хьиджаб аш-шарIий" ду.

Цкъа "Хьиджаб" бохучу дешан маьIна досту вай.
Хьиджаб (حجاب) - пардо, хьулдар, дIакъовлар.
Стенна дуьхьала йу и пардо ? ХIун йу хьулйийриг ? ХIун йу дIакъовла йезарг ?
Хьан ХАЗАЛЛА !

Нагахь санна айхьа хьиджаб доьхна а бохуш, амма хьайн хазалла гойтучу кепара ахь иза духуш далахь (хIоранна а дика хаьа ша шен хазалла хьул йинехь а ца йинехь а), тIаккха ахь доьхнарг хьиджаб дац хьуна. Наха цуьнах иза алахь а, хьан дагчохь дерг хууш АллахI Ву.

ХЬИДЖАБАН БЕХКАМАШ:

🎀Шуьйра (дегIан цхьана а меженна тIелетта доцуш)
🎀Деха (коьрта тIера дIа лаг а, белш а, накха а къаьсташ боцуш / кучан лахе когийн хьоркалла а цхьа ша охьа йаьлла йолуш, йа лаххара барам - хьорк хьул йеш)
🎀Стомма (чаккха са гуш доцуш)
🎀Боршачу нехан духарах тера доцуш
🎀Керста нехан духарах тера доцуш
🎀ТIе бIаьрг хуттуш хаза а доцуш, тIех схьакъаьсташ а доцуш
🎀ТIе хаза хьожа йогIу хIума тоьхна/хьаькхна доцуш.

ГАЙТА МАГИЙНА БАРАМ:

🔘Йуьхь (хьаж тIера месаш йолалучу меттера лахара чIениг чакх йолуче кхаччалц)
🔘Куьйгаш (хьоркалла лахара)

И ши меже йоцург, бисина болу берриге а дегIан барам хьулбина хила безаш бу.
Ишиъ а Iаврат ду, хьул йан йеза аьлла дуккха а Iелимнах бу, амма ишиъ гайта мегар ду аьллачарна тIетевжича а, кхин сов гайта цхьаммо а магийна дац !

Йуьххьана бухара, чIениг чакх йаьлча йолу меттиг - Iаврат ду !
Когаш - Iаврат ду !

И берриге а бехкамаш хьан духарехь кхочуш хуьлуш бацахь, ахьа лелориг хьиджаб дац хьуна !
АллахIа тIедиллина ФАРД хьуна тIера даьлла дац хьуна !
АллахIана муьтIахь йац хьуна хьо !
Айхьа хьой Iехош йу хьуна ахьа !

(скопировано)

ИСЛАМ А ДАХАР

17 Nov, 17:20


3️⃣
Хьиджаб дуй те ас лелош дерг

Хьиджабан бехкамаш - деккъа духар шуьйра хилар а, йовлакх доккха хилар а дац шуна. Мел шуьйра духар хьуна тIехь хиларх, нагахь ахьа хаза хьожу йогIу хIума тоьхнехь/хьаькхнехь; йа лекха мачаш йоьхнехь; йа йуьхь кеч йинехь; йа детин/дешин, муьлхха тIулган хIума ган а гуш оьллинехь; йа чIениг йолу меттиг дIа ца къевлинехь; йа когаш берзина битинехь, йа йовлакхан га тIехьа ластийнехь/логах дихкинехь; - хьо хьиджабан бехкамаш ца ларбинарг йу хьуна ! Хьан хьиджаб АллахIа тIедиллина хьиджаб дац, хьайна луъучу кепара тиллина хьиджаб ду !

ИСЛАМ А ДАХАР

17 Nov, 17:19


2️⃣
Хьиджаб дуй те ас лелош дерг

Хьамма дийцича а, мухха дийцича а, миччахь дийцича а, мел деха дийцича а тIелоцурш даиманна а кIеззиг бен бац.
КIеззиг бу АллахIа ХАЬРЖИНАРШ.
КIеззиг бу, кIеззиг хилла а бу, кIеззиг хир болуш а бу.

Муха дийцича дIакхочур дара те, хьиджаб - иза ФАРД хилар ?!
ШахIадат, ламаз, марха, закат, хьадж санна ФАРД ду иза зударшна. "Обязательное" бохург ду иза.
Харжам бац цхьана а зудчуьнан лаахь тIедоха, ца лаахь ца доха. Ламаз лаахь Iад дуьтуш, ца лаахь деш хуьлий ?! Иштта ду и хьиджаб а !

Муха дийцича кхетар бара те, шена атта хетачу, хаза хеттачу, луъучу кепара лелош долу духар - иза АллахIа тIеллина долу духар доций ?!
Дала ФАРД дина тIедиллинчу хьиджабан бехкамаш бу. И бехкамаш лар а ца беш тIедоьхна долу духар - иза АллахIан гергахь хьиджаб дац ! Дала а, Элчано а ﷺ боххучу кепара тIедоьхча бен ФАРД кхочуш дина хуьлуш дац !
Кхетий шу ?

Масала ламаз: хьайна луъучу кепара дича къобул хуьлий иза ? Ца хуьлу !
Иштта къобул ца хуьлу ахь тIедоьхна духар а.
Хьуна лаахь а, ца лаахь а. Ахь тIелацахь а, ца лацахь а. Хьо тешахь а, ца тешахь а.

Ойла йехьа, Къемат Де тIекхечи. АллахI хьесап дан вола вели. Ткъа хьо АллахIа хьиджаб ца лелош хиллачу тобанах дIатуьйхи, хьайна гергахь хьиджаб лелош хиллашехь. Ма цец йера йара хьо, йарий ? ХIунда туьйхи хьо оцу тобанах ?
ХIунда аьлча ахь лелош хилларг АллахIа боху духар ма дацара. Цо ма-бохху ца лела дира ахь иза. Цундела хьан ФАРД къобул а ца дира.

ГIалат хIун дара хьан ?
Дера дара айхьа ФАРД кхочуш дале, иза муха дича къобул хуьлу Iама ца дар.
Йуха а масаллийна ламаз:
Цхьанне а дуьххьара дуьйна ламаз муха до ма ца хаьа. Ша дан вола валале Iама до хIораммо а. Iама а ца деш, шена ма-хеттара дича къобул хир дуй иза ? Дац !
Иштта хьиджаб а.

Хьайн хьиджаб АллахIа ма бохху дуй хьажа, кошан дахаре хьой йерзале ! ХIинццехь хьажа ! ХIинццехь нисде ! ХIинццехь гечдар деха айхьа хIара хан кхаччалц Цо ма-бохху ца лела дарна.

Ойла йехьа, ламаз дича мела хуьлу хьуна, ткъа иза Iад дитича доккха къа хуьлу хьуна. Иштта ма ду и хьиджаб а ! ИШТТА МА ДУ И !

Ойла йехьа, цхьанхьа йаха хьашт а хилла, ара а йаьлла йоьдуш йу шиъ. Цхьаъ Дала ма-бохху духар доьхна йу, ткъа важа духар доьхна йац, йа шена йу а моьттуш, Дална гергахь духар доьхна йац.
Муха ду цу шиннан хьал ?!
Хьалхарниг ша ара баьккхинчу некъара цIайерззалц Iибадат деш йу, хIунда аьлча оцу йерриге а ханчохь Дала тIедиллина ФАРД кхочуш деш йу иза. Ткъа шолгIаниг ша ара баьккхинчу некъара цIайерззалц къинош летош йу, хIунда аьлча оцу йерриге а ханчохь АллахIана Iеса хуьлуш йу иза. Шега хьаьжначу хIора бIаьргах а къа йаздеш ду цунна, ша йаьккхинчу хIора гIулчах а къа йаздеш ду цунна.
Ойла йехьа...
Ма доккха хIума ду-кх хIара...

Айхьа вуьшти а лелош долу и кIади, Дала боххучу барамехь лела дехьа иза !
Хьайна тIехь ши-кхо метр кIади лела далла хало лан реза йац хьо оцу даиманна а хирйолчу Йалсаманен духьа ?! АллахIан дуьхьа и кIеззиг йолу хало лан а реза ца хилча, эхь ца хета хьуна Деле хьайна дезарг деха ?! Эхь ца хета Цо хьайн лаамаш кхочуш ца бича, йелха ?!
Ойла йехьа...йуха а, йуха а, йуха а...

ИСЛАМ А ДАХАР

17 Nov, 17:19


1️⃣
Хьиджаб дуй те ас лелош дерг

Ойланаш коьрте ца тарло хьиджабах йолу...

Хьиджаб - иза шегахь марзо хаалуш хIума дуй хаарий хьуна ?!
ВаллохIи, АллахIа тIедиллинчу кепара ахьа иза леладахь, массо а духарал цIена а, хаза а, мерза а карор ма ду хьуна и.

"Фард-духар" бохучуьнан маьIнах кхета хьажа а хьаьжний хьо ? Фард - иза хIун ду ?
Дера ду хIора бусулба стаганна АллахIа "Де!" аьлла тIедиллинарг. Хуьлийла иза духар йа муьлхха а кхин хIума.

Цхьаболучарна моьтту "хьиджаб" аьлча - иза шена лаахь тIедоха йиш йолуш, шена ца лаахь ца доха йиш йолуш ду.
ХIан-хIа, хьиджаб тIедохар массо а бусулба зудчунна фард ду.
Иштта доллушехь хьо муха лела хьайн Iоврат а гойтуш, "бусулба йу со" бохуш ?!

Фард кхочушдарехь харжам бац цхьана а бусулбан. Хьайна лаахь деш, ткъа ца лаахь дуьтуш дац иза. Иштта делахьара, хьиджаб - иза суннат хира дара, лелийча йал хуьлуш, ца лелийча къа а ца хуьлуш. Амма иза фард ду. Ахь тIелацахь а, ца лацахь а.

Хууш ма-хиллара, хIора фард-белхан шен бехкамаш бу. Иштта хьиджабан а.
Цхьаболу зударий хуьлу шаьшша месаш дIакъовлуш йовлакх а тиллина, дегIа тIе йеха коч йоьхча, иза хьиджаб ду моьттуш. ХIан-хIа, хьиджабан бехкамаш дуккха а бу.

"Духарш доьхна а болуш, берзина бу уьш" - аьлла Элчано ﷺ хьахийнарш муьлш бу хаьий хьуна ?!
Кхоччуш, АллахIа шайна тIедиллина ма-хиллара, хьулбелла боцурш бу-кха уьш.
Шен бехкамех муьлхха а цхьа бехкам кхочуш ца бича, фард-Iамал къобула ца хуьлуш ма-хиллара, хьиджаб а дац къобула хуьлуш, нагахь шен дерриге а бехкамаш кхочуш дина дацахь.

Масалан: ламазан бехкамех ду - ламаз карахь хилар. Иза карахь а доцуш ахь ламаз дахь, къобула хир дац и.
Иштта хьиджаб а: ахь коьртах йовлакх хьарчадарх - хьиджаб дац иза, нагахь ахь иза логах хьарчийнехь; йа ахь йеха коч йохарх - хьиджаб дац иза, нагахь кучо хьан дегIан куц гойтуш далахь, иштта дIа кхин а...

Къемата дийнахь Элчано ﷺ хьадийсехь хьахийначарах хиларах ца кхоьру хьо ?!
Айхьа хьиджаб лела до бохуш айхьа-хьой Iеха йан гIертарх, АллахI Iехалур ма вац хьоьга.
Къемата дийнахь "Духарш доьхна а болуш, берзина бу уьш" аьллачеран тобанехь гIаттор ма йу хьо.
Месаш а гуш, йоца хIумнаш а лелош болу зударий-м бийца а ца лаьа...

Ойла йе, даиманна а лаьттар долу эхарт хоржу ахь, йа хьайна маца чаккхе хир йу а ца хууш долу дуьне хоржу ахь ?!
Баккъала а АллахIа харжам белла-кх хIоранна а.

Иштта ала лаьа:
Бусулба ду шаьш бохучарна йукъахь цхьа нах хуьлу, шаьшша шайн динан дуьхьала догIург дуьйцуш.
АллахIа тIедиллина ма-хиллара долу духар лелош болучарна луьйш хуьлу уьш. "ГIеххьа тIе йовлакх а тиллина, коч йоьхчахьана тоьар ду. ТIех дерг-тIех ду!" - бохуш.
Цаьрга хатта лаьа:
Ислам-динехь тIех-сов хIума ду ала гIерта шу ?!
Ислам-дин - иза уггаре а къеггина, цхьа а кхачамбацар а доцуш, Къемат де кхаччалц лаьттар долу дин ду !
Хьамма а хIуъа а аларх иштта долучуьра хийцалур долуш а дац !

Мухле а кхоччуш хьиджаб лелош берш ма бара вукхаьрга "Шайн духарш нисде !" ала дезаш берш.
БIостанехьа хIунда ду те вайн хьал ?!

ИСЛАМ А ДАХАР

15 Nov, 13:12


Бакъдолуш вай АллахIан (лайш) ду, вай Цуьнга доьрзур долуш а ду.

ИСЛАМ А ДАХАР

15 Nov, 12:22


. 🕌 خطبة الجمعة 🕌
. Рузбанан хут1ба 18/10/2024пт ١٥/٤/١٤٤٦
💫💫💫💫💫💫
إفتح مسجد حيك..ستفتح مسجد القدس
Хьайн куьпара МАЬЖДИГ жама1атаца схьа даккха ахь.. Т1аккха КЪУДУС-МЕЖДиГ а схьа доккхур ду ахьа

ИСЛАМ А ДАХАР

15 Nov, 03:00


رَبِّ اغْفِرْ لي خَطِيئَتي وجَهْلِي، وإسْرَافِي في أمْرِي كُلِّهِ، وما أنْتَ أعْلَمُ به مِنِّي، اللَّهُمَّ اغْفِرْ لي خَطَايَايَ، وعَمْدِي وجَهْلِي وهَزْلِي، وكُلُّ ذلكَ عِندِي، اللَّهُمَّ اغْفِرْ لي ما قَدَّمْتُ وما أخَّرْتُ، وما أسْرَرْتُ وما أعْلَنْتُ، أنْتَ المُقَدِّمُ وأَنْتَ المُؤَخِّرُ، وأَنْتَ علَى كُلِّ شيءٍ قَدِيرٌ.


Роббиг1фир ли‘ хот1ы‘ати‘ ва джах1ли‘ ва исро‘фи‘ фи‘ амри‘ куллих1, ва ма‘ Анта а1ламу бих1и‘ минни‘.

Алло‘х1умма-г1фирли‘ хот1о‘йа‘йа ва 1амди‘ ва джах1ли‘ ва х1азли‘, ва куллю за‘лика 1инди‘

Алло‘х1умма-г1фирли‘ ма‘ къоддамту ва ма‘ аххорту, ва ма‘ асрорту, ва ма‘ а1ланту, Анта-ль Мукъоддиму, ва Анта-ль Муаххиру, ва Анта 1ала‘ кулли шайъин Къоди‘р

Маь1ан:

Х1ай са Кхиош-Кхобург, геч де-хьа суна сан къа а, ас сай жах1лаллийц динарг а, сан дознал сов валар а массо сан белхехь, Хьуна суначул а дика хуарг а.

Йа Аллах1, геч де-хьа сан къинош, ас хаа хууш динаг а, ца хууш динаг а, сан забар а, и дерриге а долуш ду-кх соьгахь.

Йа Аллах1, геч де-хьа суна ас хьалха летийна къинош а, лето там берш а, ас къайлах латийниг а, ас гучохь латийниг а, Хьо Ву-кх хьалхадоккхуш Верг, Хьо Ву-кх т1ехьтоттуш Верг, массо а х1уман т1ехь ницкъ кхочург Ву-кх хьо.

ИСЛАМ А ДАХАР

15 Nov, 02:58


🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃

*Элчано билгал дин ду صلى الله عليه وسلم*

*Рузбан динахь*

*личар*

*хаз хьож йоху х1ум тухар*

*ма1ар д1а якхар*

*хьалхи рузбне вахар*

*тап аьл вист ца хуьлуш хьехме ладухар*

*сура кафх1 дешар*

Ишта дик белхех ду

*саг1ан х1ум ялар*

*шен де нена дог хьастар*

*лулхо чуьнц дик хилар*

*бусулб стаган вил вел б1ар хьажар*

*хьайн вас йинчун къинт1ир валар*

*хьайгар дож г1алатан геч дар дехар*

*дуккхаъ Пайхамаран салаваташ дехкар*

*Дала и Пайхамар цхьанаъ волуш цун байракх к1елахь цун хьавд татол цун беркате куьгер мер долчарех дойла вай*

🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃🍃

ИСЛАМ А ДАХАР

14 Nov, 15:58


Аллах1ан гергахь уггаре деза ламаз тахана п1ераскан де ду

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

14 Nov, 07:23


Хьай дин Iамаде!

АллахIа хьайна хlун дар тIедиллина хьажа,
АллахIа хьайна хIун дитар тIедиллина хьажа.
Дала вайна тIедехкина фарзаш ду, уьш ца дахь Дала Iазап лур долуш.
Дала вайна хьарам дина хIуманаш ду, уьш дахь вайна Iазап лур долуш.

ВаллахIи Iильма Iамочара оцу хIуманах кхета дери бен и Iамош дац шуна. МоттаргIаллийна Iамош дац, я нахана санна дуьне ца дезаш Iамош дац, я дан хIума доцуш Iамош дац!
АллахIа барт хаьттича ала хIумма хир доцундела Iамош ду-кх. И вай декхар дуй хиъна Iамош ду-кх. Дала барт хоттар буй хиъна Iамош ду-кх.
Iильма Iамочара инзаре къахьоьгуш Iамош ма ду и: шен гергарчарах къаьсти, наб дIатоси, ишколера бера санна хIора дийнахь урокаш схьаоьцуш, юха уьш цIахь Iамаеш, и хала Iамийнарг диц ца далийта карладохуш. ПаргӀат вижар-гIаттар доцуш, паргӀат яар-малар доцуш.
Цара Iамош дерг IИЛЬМА ду!
И йоккха цIе оцу наха хьоьгуш долучунна яла мегар ду:
IИЛЬМА IАМАДАР
аьлла.

Амма вайга Iамаде бохуш, даиманна вайга дешначу наха кхайкхам беш дерг хIун ду?
Оцу шерашкахь къахьегначара мел Iамийначуьнца дуьстича, вайга цара Iамаде бохург цхьа процент хир дац-кх!

Хьайн Дела вовза
Хьайн Пайхамар вовза
Хьайн дин довза
Ламаз нисдаллал хIума Iамаде
Марха нийса кхаббал хIума Iамаде.
Хьой стенах ларвала веза хьайна хаийта къинош довза (цIераш мукъна Iамае)

Даиманна вайга Iильма Iамаде бохуш беш болу кхайкхамаш цуьнан и барам Iамабаре кхойкхуш бу-кх!
Ма эхь ду-кх тIаккха вайна дуй, вай иза а ца Iамийча?!

ХIора адамийн кхетам, память, мокъазалла, кхиндерг тергал дича, ВАЛЛАХIИ ШО ХАН МА ЦА ЕЗА И ШАДЕРРИГЕ IАМО!

Шо хан аьлча дукха хети хьуна?
Дика ду.
Хьан мас шо ду?
ХIун Iамийна ахь хьай хIара хан кхаччалца?

Iеламнаха, АллахIа къинхетам бойла царех, даимна сингаттамехь бу-кх цхьана хаттарна.
ХIун хаттар ду хаьий хьуна и?
Муьлхачу хаттаро гIайгIане бахийтина, сингаттамехь латтош бу хаьий хьуна уьш?

Дера бу: цу нахана бехказло юй техьа… бехказло хилхьара царна… АллахIа барт ма хаттахьара цаьрга… шайна и хаа дезий ца хаарна кIелхьара бовлахьар уьш…

Хаттал хьайга - юй хьуна бехказло???
Iамо меттиг яцара хьуна? Хьоьхуш стаг вацара хьун? ЛадогIа лерг дацара хьан? Еша бIаьрг бацара хьан? Хан яцара хьан?
ХIун тIе ца тоьу вайна вай кхоьллина волчу АЛЛАХIА бохург хIун ду довза?

Хьайба санна вала мух лийра ву?
Ша дечу ламазан маьIна ца хууш! Шен Дала шена тIе доссийна Къуран цкъа а маьIнах кхеташ дешна доцуш?!
Шена нийса некъ гайта ваийтина волу Пайхамарех лаьцна (IалайхIиссолату вассалам) хIумма ца хууш?!
Нагахь санна вайна бехказло хуьлий, жуьгтешна ю-кх хьуна бехказло, шаьш кериста болуш бакъо цалахарна.

Тахана санна дин Iамо аьтто болуш хан хилла а яц.
Тахана санна дин ца Iамош хан хилла а яц.
Кхидолу муьлхха хIума Iама Iема, хан хуьлу, меттиг карайо, дегIехь ницкъ карабо.
Тахана хьо хIокху динах юхаветташ долу шайтIано кхана хьо кIелхьара воккхур вац хьуна, хьай дин Iамаделахь!
Дала хьайга хIун боху хьажлахь!
Массо а меттанашка гочдина ма ду Къуран. Цкъа деша иза, кхета а кхеташ, Дала хIун боху хьожуш.
АллахIора дуй ма буу ас, АллахIан къамел эзарзза ахь дешча а, хIоразза цуьнан марзо хаалур ма яра хьуна даг чохь!
Кхета а кхеташ Делан къамел доьшучу хенахь долуш долу самукъа хIокху дуьненчохь мел долу хIума хьуна схьахилча а хир ма дацара!

Киношка хьоьжуш, я эшаршка ладоьгӀуш, я играшшах ловзуш самукъадолуш волу стеган цкъа оцу Къуранан чам кхетча, цуьнан марзо шена хааелча, ма цецвера вара иза.

Кхоно дан дац. Тахханехь Iамо волалолахь! Хьо а йолало!
Ялсамане езахь.
Ца езахь -
فارتقب وانتظر وتربص!

ИСЛАМ А ДАХАР

14 Nov, 06:45


Дуьне бе дац царн

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

14 Nov, 05:56


. 🕌 خطبة الجمعة 🕌
. Рузбанан хут1ба 11/10/2024пт ٨/٤/١٤٤٦
💫💫💫💫💫💫
Х1окху дуьнене шаьш ца ловза дойтуш
Х1ара дуьне аш ловза делаш!

Дуьне 1ехош ду шуна!!
Шаьш х1ара 1еха до а моьттуш,
х1окхо шаьш 1ехийна ма кара дайталаш

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 16:01


ХӀокху заманахь санна Ӏильма Ӏамо аьтто цхьанна а заманахь хилла бац.

ХӀокху заманахь санна и Ӏамо ца лууш бусалба нах а цхьанна заманахь хилла бац.

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 16:00


Тахана вайна мел гуш болу бохамаш, харцонаш, къинош, сингаттамаш, сонталлаш... вайна дин цадовзар бен, вай Ӏильма цаlамадар бен кхин бахьан дац хьуна.
Дерриг дитий а, дин Ӏаморан тӀеверза, сан хьоме Ваша, дерриг дитий а, Ӏильма Ӏаморан тӀеерза, сан хьоме Йиша!

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 16:00


ТӀаккха ву хьуна хьо Къонах!

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 16:00


ТӀаккха ву хьуна хьо стаг!

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 16:00


Наха хадабале, хьайна лахара мах хадабай сонта амалца ма вахалахь!

Хьай хеннарчара леладора алий хӀумма ма леладелахь, муьлхха а бусалба стага дан дезарг хӀун ду хьажий, и леладелахь.

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 16:00


Пхийтта шо хьа делахь, хьо жима вац хьуна, хьан Ӏамалан тептар дӀадолийна ду хьуна диканаш а, вонаш а дӀаяздан

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 15:59


Ялсамане яккха йиш йолуш, Жоьжахате муха гӀура ду адам шен лаамца?!

ИСЛАМ А ДАХАР

13 Nov, 15:59


Оцу вацапо, инстаграммо, тик-токо, фейсбуко, твитеро... кхийолу хӀокху заманахь адам талхийна йолу интернет гӀирсаша дукха адам Жоьжахате дуьгуш ду.
Варийлахь! Хьой волчу меттехь АллахӀана хьой гуш вуй хаалахь!
Кхералахь АллахӀах!

ИСЛАМ А ДАХАР

24 Oct, 18:16


«УРОКИ ИЗ ХАДИСОВ»

3 часть Хадиса
«Знания: путь в Рай»

ПОСЛАННИК АЛЛАХIА ﷺ СКАЗАЛ:

‎وَمَن سَلَكَ طَرِيقًا يَلْتَمِسُ فِيهِ عِلْمًا، سَهَّلَ اللَّهُ لَهُ بِهِ طَرِيقًا إِلَى الْجَنَّةِ.

А ТОМУ, КТО ВСТУПИТ НА ПУТЬ В ПОИСКАХ ЗНАНИЙ, АЛЛАХI ЭТИМ ПУТЕМ ОБЛЕЧИТ ЕМУ ПУТЬ В РАЙ.
Передал Муслим.

•Примечание:
1. Изучение правильных знаний: Важно стремиться к знаниям, которые соответствуют исламским принципам и учениям, чтобы избежать заблуждений.

2. Перенимание знаний от ученых: Следует обращаться к квалифицированным ученым, которые обладают глубокими знаниями и могут правильно интерпретировать религиозные тексты.

3. Соблюдение знаний на практике: Знания должны не только изучаться, но и применяться в жизни. Важно следовать тому, что было усвоено, чтобы это принесло истинную пользу.

4. Постоянное обучение: Стремление к знаниям — это непрерывный процесс. Необходимо постоянно обновлять и углублять свои знания, опираясь на авторитетные источники.

5. Сообщество и взаимопомощь: Изучение в окружении знающих людей помогает обмениваться мнениями и углублять понимание.

ИСЛАМ А ДАХАР

24 Oct, 08:00


5ая серия Имам аль Бухари для

ИСЛАМ А ДАХАР

23 Oct, 16:31


«Можно ли женщине совершать большой или малый Хадж без сопровождения махрама?» Отвечает Заместитель Муфтия ЧР Арслан-Али Шахбулатов.

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Oct, 15:01


4-ая серия Имам аль Бухари для

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Oct, 14:29


«УРОКИ ИЗ ХАДИСОВ»

2 часть Хадиса

ПОСЛАННИК АЛЛАХIА ﷺ СКАЗАЛ:

‌‎وَمَن سَتَرَ مُسْلِمًا، سَتَرَهُ اللَّهُ فِي الدُّنْيَا وَالآخِرَةِ. وَاللَّهُ فِي عَوْنِ الْعَبْدِ مَا كانَ الْعَبْدُ فِي عَوْنِ أَخِيهِ.

«КТО СКРОЕТ НЕДОСТАТКИ МУСУЛЬМАНИНА, ТОГО АЛЛАХI СКРОЕТ (ЕГО ГРЕХИ) В ЭТОМ МИРЕ И В ИНОМ МИРЕ. АЛЛАХI ПОМОГАЕТ РАБУ, ПОКА РАБ ПОМОГАЕТ СВОЕМУ БРАТУ».
Передал Муслим.

•Примечание: Исключением из этого правила является ситуация, когда ошибка человека причиняет вред другим или вводит их в заблуждение. В таких случаях скрывать такие действия недопустимо. Напротив, необходимо порицать их и предупреждать людей, чтобы защитить их от возможных негативных последствий.

ИСЛАМ А ДАХАР

22 Oct, 07:26


АСВАД ХАРЕХАНОВ-БЕРКАТ ЦА ХИЛАР

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

21 Oct, 19:47


«УРОКИ ИЗ ХАДИСОВ»

1 часть Хадиса

ПОСЛАННИК АЛЛАХIА ﷺ СКАЗАЛ:

‎مَنْ نَفَّسَ عَنْ مُؤْمِنٍ كُرْبَةً مِن كُرَبِ الدُّنْيَا، نَفَّسَ اللَّهُ عَنْهُ كُرْبَةً مِن كُرَبِ يَوْمِ الْقِيَامَةِ. وَمَن يَسَّرَ عَلَى مُعْسِرٍ، يَسَّرَ اللَّهُ عَلَيْهِ فِي الدُّنْيَا وَالآخِرَةِ.

«ТОГО, КТО РАЗВЕЕТ ВЕРУЮЩЕМУ ОДНУ ИЗ ПЕЧАЛЕЙ МИРА ЭТОГО, АЛЛАХI ИЗБАВИТ ОТ ОДНОЙ ИЗ ПЕЧАЛЕЙ СУДНОГО ДНЯ. ТОМУ, КТО ОБЛЕГЧИТ ПОЛОЖЕНИЕ НЕСОСТОЯТЕЛЬНОГО (ДОЛЖНИКА), АЛЛАХI ОБЛЕГЧИТ ПОЛОЖЕНИЕ И В МИРЕ ЭТОМ, И В МИРЕ ИНОМ.»
Передал Муслим.

•Помощь другим: Помогая другим, мы облегчаем свои собственные трудности в Судный день.

•Сострадание: Облегчение положения несостоятельных является актом милосердия, который вознаграждается АллахIом.

ИСЛАМ А ДАХАР

21 Oct, 07:10


3-ая серия Имам аль Бухари дляя

https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Oct, 15:11


قال‏ ابن الجوزي :

يا ابن آدم ،
اعلم أنَّك تموت وحدك ،
وتدخل قبرك وحدك ،
وتُبعث وحدك ،
وتحاسب وحدك .
يا ابن آدم : لو أنَّ النَّاس كلَّهم أطاعوا الله ، وعصيت أنت، لم تنفعك طاعتهم .

بحر الدُّموع

1абдруррахьман Ибн Джавзи (597), да помилует его Аллах1, сказал:

"О сын Адама,
знай, поистине, ты умрешь один,
войдешь в могилу один,
воскреснешь один,
будешь отчитываться один.
О сын Адама, если все люди повинуются Аллах1у, а ты один ослушаешься, не принесет тебе пользу их послушание".

"Бахьруддуму1"

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Oct, 08:36


2-ая серия Имам аль Бухари для

https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Oct, 07:56


Бlе хьадис нахчийн маттахь:

16-гl да'къа!

ИСЛАМ А ДАХАР

19 Oct, 07:54


Богобоязненные люди просят прощения

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

08 Oct, 10:20


قال رسول الله ﷺ
«اسْتَقِيمُوا وَلَنْ تُحْصُوا وَاعْلَمُوا أَنّ خَيْرَ أَعْمَالِكُمُ الصَّلَاةُ وَلَا يُحَافِظُ عَلَىالْوُضُوءِ إِلّا مُؤْمِنٌ.»
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:
 
«Нийсонна тӀехь совца декъала хир ду шу.
Шун Ӏамалех уггаре а гӀолиниг ламаз ду, ткъа ламаз карахьлаттор ма дац муъмина стага бен.»
 
Ибн Мажахӏ: 277.

ИСЛАМ А ДАХАР

07 Oct, 02:09


Х1ай сан Кхиош-Кхобург, Хьан Сийлаллийца дуй буа ас, Хьуна 1есахуьлуш со, Хьун хилпло йа г1ерташ ма вацар. Сой 1есахуьлчухена, Хьан Сийлалла ца евзуш а ма вацара, йа Хьан 1азаб буха нис вала лууш ма вацар со, йа Хьуна со гуш хилар атта хеташ ма вацар, делахь, сан сино хаз дира суна и, Ахь суна т1етесна долу хьулваро 1ехийр со, т1аккха сай жах1лаллийц Хьуна 1еса хилира со, х1инц хьамма к1елхьара воккхура ву со Хьан 1азабах? Хьанах таслур ву со, Ахь со д1атасахь?

Ма аьхь ду и, Хьуна хьалха д1ахоьттича кхана.

Са дакъазло, воккха мел хуьли - къинош совдовлуш ду са, шераш т1е мел кхийти - 1есалла сов йолуш ю са, мац дийр ду ас тоба? Мац юха воьрзура ву со?

Хан ца кхаьчча те-хьа сун, сай Кхиош-Кхобучух аьхь хета?!

ИСЛАМ А ДАХАР

06 Oct, 11:32


Никогда не поздно учиться, будет поздно если никогда не учиться📚

Позднее начало обучения не является препятствием к приобретению знаний🍃 Напротив, отказ от требования знаний и саморазвития может привести к упущенным возможностям🍃🍃
Мы знаем, что без сомнения наступит время для каждого из нас, когда возможности для действий и изменений будут исчерпаны. Если мы не начнём учиться и развиваться прямо сейчас, и упустим этот шанс, то не сможем достигать больших целей и приносить пользу для общества🍃🍃
В наше время, век высоких технологий и новых открытий каждый день, мусульманам как никогда необходимо учиться и развиваться во всех сферах, которые принесут пользу для всей Уммы🍃
Несмотря на нашу постоянную загруженность повседневными заботами и непрекращающимися жизненными трудностями, мы не можем пренебрегать своей ответственностью перед будущими поколениями. Нам необходимо передать им накопленные знания и опыт, чтобы обеспечить благоприятные условия для их дальнейшего развития🍃🍃
Все те факторы, которые отвлекают нас от более важных дел, неизбежно будут преследовать нас на протяжении всей нашей жизни. Пока мы живы и двигаемся по лестнице жизни🍃🍃
Проблема нехватки времени — это всего лишь ограничение в нашем воображении, которое мы ставим сами себе🍃🍃
Человек, который любит читать книги и развиваться, находит время для этого. В то же время, люди, не склонные к чтению, оправдывают свое безразличие недостатком свободного времени🍃🍃
Пусть Аллахا дарует нам полезные знания, посредством которых будет польза для Уммы. И да защитит нас от самообольщения!

ИСЛАМ А ДАХАР

03 Oct, 07:16


Накъост

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar

ИСЛАМ А ДАХАР

01 Oct, 18:37


Имам Малике (Дела реза хуьлийла цунна) хаьттинера, тӀаккха шена ца хаьа элира цо.
ТӀаккха хоттучо элира цуьнга: иза атта хаттар ма ду аса хьоьга делларг.
ТӀаккха оьгӀуза а вахана Имам Малика элира: Ӏилмангахь атта хаттарш дац.

Вайн заманахь дукха го вайна шегахь Ӏилма а доцуш динехь жоьпаш луш нах, "со дешна вац, делахь суна иштта хета", цуьнан хьал чӀогӀа кхераме ду, ша Ӏилман охӀлу ца хилча тапп аьлла Ӏа веза, дина хӀокхуьнан хетарш тӀехь ма дац. Имам Малика воккха Ӏеламстага волушшехь жоп ца луш йухукхетта.

ИСЛАМ А ДАХАР

30 Sep, 09:19


АЛЛАХ1А АЬЛЛАКХ

Ссылка нашей группы1️⃣
https://chat.whatsapp.com/EyyZ6U5QVi95Z05Iu8XNlc

Группа 2️⃣
https://chat.whatsapp.com/F0EekAEDDA98UWsA0N0AFV
телеграм
https://t.me/islam_dahar