Синан кхача @sinankhachalo Channel on Telegram

Синан кхача

@sinankhachalo


До1наш, азкарш, Аллах1 хеставар

Синан кхача (Russian)

Добро пожаловать в Telegram канал под названием "Синан кхача"! Наш канал @sinankhachalo предлагает вам уникальные и интересные материалы, связанные с духовностью, развитием личности и мотивацией. Вдохновляйтесь нашими постами, которые наполнены мудрыми цитатами, историями успеха, а также советами по самосовершенствованию. Мы верим в то, что каждый человек заслуживает счастья и успеха, и готовы поделиться с вами лучшими практиками и идеями, чтобы помочь вам достичь ваших целей. Присоединяйтесь к нам и станьте частью нашего вдохновляющего сообщества! Вместе мы можем сделать мир лучше и сделать шаг к своему собственному совершенствованию. Аллах с нами, и вместе мы сможем добиться больших высот!

Синан кхача

02 Jan, 02:22


اللَّهُمَّ هَدَيْتَنِي لِلْإِسْلَامِ، فَلَا تَنْزَعْنِي مِنْهُ وَلَا تَنْزَعْهُ مِنِّي حَتَّى تَقْبِضَنِي وَأَنَا عَلَيْهِ.

Алло‘х1умма, х1адайтани‘ лиль-исла‘ми, фа-ля‘ танза1ни‘ минх1у, ва-ля‘ танза1х1у минни‘ хьатта‘ такъбидони ва ана 1алайх1и.

Маь1ан:

Йа Аллах1, Ислам (Дине) нис винакх Ахь со, ма ваккхахь со цу чур ара, соьгар д1а а ма даккхахь и, со цу т1ехь волуш Ахь д1аэццалц.

Синан кхача

12 Dec, 13:39


Йа Аллах1, суна г1о де Ахь, суна дуьхьал г1о ма де Ахь,

Толам луо Ахь суна, суна т1ехь толам ма луо Ахь,

Суна вуо лиъчунна йе Ахь мекарло, суна дуьхьал ма йе Ахь и,

Нийса новкъа нис ве Ахь со, атта де Ахь суна и,

Суна зулам динчунна т1ехь толам луо Ахь суна,

Сан Кхиош-Кхобушверг, Хьайн дукха шукр дечарех ве Ахь со, Хьо дукха хьехочарех, Хьоьх кхоьруш, Хьуна дукха муьт1ахь, Хьуна хьалха охьа таь1на, Хьоьг дукха до1наш дечарех, Хьоьг дукха юха воьрзучарех ве Ахь со.

Сан Кхиош-Кхобушверг, къобал де Ахь са тоба, са къа д1адайъа Ахь, жоп ло Ахь са до1нашна, са хьуджат (дуьненахь: мостаг1ашна дуьхьал, Эхартахь: маликаша хаттар дича) ч1аг1 де Ахь, са мотт нис бе Ахь (бакъ дерг бе ца олуш), са накханчур цабезам д1а баккха Ахь.

Синан кхача

11 Dec, 19:34


Йа Аллах1, Хастам бу Хьуна, дуккха а хастам, даиман а.

Хастам бо ас Хьуна, Хьо Ву хастаман Ох1лу.

Шукр до ас Хьуна, Хьо Ву Хьайн шукр да Ох1лу.

Сийлахь Ву Хьо!
Веза Ву Хьо!
Лекха Ву Хьо!
Ц1ена Ву Хьо!

Баланаш Д1аойбушверг!
Сакхталлаш Хьулъйешверг!
Гечдешверг!
Къайлахдерг Хуушверг!
Дехнарг Лушверг!
Зуламхой Охьата1ошверг!

Муьлхачу ни1матан шукр де ас, ма дукха ду уьш!

Х1ай Комаьршачарах уггаре а Комаьршаниг!

Кьинхетамечарех уггаре а Кьинхетамениг!

Хастам бу Хьуна, хастам бу Хьуна, хастам бу Хьуна!

Стигланаш, латтанаш дуьзза хастам бу Хьуна!

Хьо реза хиллалц хастам бу Хьуна!

Хьо реза хилчул т1ехь а хастам бу Хьуна!

Хедаш боцу хастам бу Хьуна!

Ц1ена Ву стиглахь Шен 1арш дерг!
Ц1ен ву латта т1ехь Шен хьукм дерг!
Ц1ен Ву паччахьи Паччахь!
Ц1ен Ву нийсо Йешверг!

Ц1ен Ву стигланаш айбинарг!
Ц1ен Ву латта даржийнарг!
Ц1ен Ву Шех Шега бен водийла йоцург!

Ц1ена Ву стигланаша Ша Хестошверг, ц1ен Ву х1орданаша Ша Хестошверг!

Ц1ен Ву Ша хестошверг лаьмнаш а, ч1ераш а, седарчеш а, дитташ а, массо а х1умано а!

Беркате хастамаш бо ас Хьуна, йа Аллах1, Хьан Нуьро къагина-кх стигланаш, боданаш къайла а дохуш.

Массо х1уман 1ильманца Гуобиниг, массо х1уме Хьайн къинхетам Кхаьччиг!

Хастам бу Хьуна Ахь деллачунна!

Ц1ен Ву Хьо, соьга балур бац Хьо хьакъ Волу хастам, Ахь Хьой хаста ма Варра Вукх Хьо!

Синан кхача

07 Dec, 11:38


مَلَأتَ عليَّ الأرضَ سِتْراً، فَزِدْنِي نِعْمَةً وشُكراً

Малаъта 1алаййаль ардо ситрон, фазидни‘ ни1матан ва шукрон.

Маь1ан:

(Йа Аллах1), дуьне дуьзза Ахь со хьулварца, ни1матехь а, шукр дарехь а сов ваккхахь со.

Синан кхача

06 Dec, 13:04


Ас тоьшалла до, Хьан 1арш т1ийра д1а, лат букъ т1е кхаччалц, шен 1ибидат мел хуьлург, Хьо Воцуриг - доьхна ду аьл!
Х1ай сан Кхиош-Кхобушверг.

Хьан лай веъне Хьан наь1ре, Хьан миск веъна Хьан наь1ре, Хьан къениг веъна Хьан наь1ре, Хьоьг доьхург веъна Хьан наь1ре, х1ай лаг т1ера пхенал Уллехьверг, х1ай Хьайн луург Дешверг, х1ай массо х1уман Кхачамениг, нис де-хьа тхо г1айг1не дийриг дуьненахь а, Эхартахь а, х1ай кьинхетам бечарех уггаре а Кьинхетамениг.

Йа Аллах1, сай хьашт Хьоьга дуьллу аса, х1ай дегнаш Тадешверг, сун г1айг1а йина мел долу х1умангахь пархато йе Ахь суна, суна ца моьттучу кепар рицкъ ло Ахь суна, сан къинош геч де Ахь суна, Хьоьга сатийсар ч1аг1 де Ахь сан даг чохь, Хьо воцчуьнга ма тийсийта Ахь соьга и.

Айхь х1иттийна дозанашна гена ваккха Ахь со, йа Аллах1, Хьой Везар ло Ахь суна, Хьан маликаш а, Хьан элчанаш а, Хьан дика лайш а.

Синан кхача

01 Dec, 05:12


Йа Аллах1, суна гатто еш долу х1ума, шех са собар г1орасиз хилла х1ума, са ницкъ г1елбина х1ума, цуьнах к1елхьар ваккха Ахь со.
Йа Аллах1, ларве Ахь со хьарам х1умнех, цамгарех, Жоьжхит1ех, кош 1азапах.
Рицкъ а, ирс а, тавфикъ а, Йалсмане а ло Ахь суна, хьул ве Ахь со, дуьненчур д1а а ма эца Ахь со, Хьо суна реза волуш бен.

Синан кхача

18 Nov, 21:44


Йа Аллах1, Г1аззи ох1ле хоьттина мацалла д1айаккха Ахь, Къинхетам бе Ахь царах, йа Аллах1, буза бе Ахь уьш, хи мала де-хьа царна, чу берза бе Ахь уьш маршонца, йа Аллах1.

Уьш мацбиниг - мац ве Ахь, уьш хьагбиниг - хьаг ве Ахь, уьш арахьбитиниг - арахь вита Ахь, йа Аллах1.

Синан кхача

15 Nov, 01:13


رَبِّ اغْفِرْ لي خَطِيئَتي وجَهْلِي، وإسْرَافِي في أمْرِي كُلِّهِ، وما أنْتَ أعْلَمُ به مِنِّي، اللَّهُمَّ اغْفِرْ لي خَطَايَايَ، وعَمْدِي وجَهْلِي وهَزْلِي، وكُلُّ ذلكَ عِندِي، اللَّهُمَّ اغْفِرْ لي ما قَدَّمْتُ وما أخَّرْتُ، وما أسْرَرْتُ وما أعْلَنْتُ، أنْتَ المُقَدِّمُ وأَنْتَ المُؤَخِّرُ، وأَنْتَ علَى كُلِّ شيءٍ قَدِيرٌ.


Роббиг1фир ли‘ хот1ы‘ати‘ ва джах1ли‘ ва исро‘фи‘ фи‘ амри‘ куллих1, ва ма‘ Анта а1ламу бих1и‘ минни‘.

Алло‘х1умма-г1фирли‘ хот1о‘йа‘йа ва 1амди‘ ва джах1ли‘ ва х1азли‘, ва куллю за‘лика 1инди‘

Алло‘х1умма-г1фирли‘ ма‘ къоддамту ва ма‘ аххорту, ва ма‘ асрорту, ва ма‘ а1ланту, Анта-ль Мукъоддиму, ва Анта-ль Муаххиру, ва Анта 1ала‘ кулли шайъин Къоди‘р

Маь1ан:

Х1ай са Кхиош-Кхобург, геч де-хьа суна сан къа а, ас сай жах1лаллийц динарг а, сан дознал сов валар а массо сан белхехь, Хьуна суначул а дика хуарг а.

Йа Аллах1, геч де-хьа сан къинош, ас хаа хууш динаг а, ца хууш динаг а, сан забар а, и дерриге а долуш ду-кх соьгахь.

Йа Аллах1, геч де-хьа суна ас хьалха летийна къинош а, лето там берш а, ас къайлах латийниг а, ас гучохь латийниг а, Хьо Ву-кх хьалхадоккхуш Верг, Хьо Ву-кх т1ехьтоттуш Верг, массо а х1уман т1ехь ницкъ кхочург Ву-кх хьо.

Синан кхача

01 Nov, 05:34


Шортта деха а дехий алахь:

أَسْأَلُكَ تَذَلُّلًا فأعْطِنِي تَفَضُّلًا

Асъалюка тазаллюлан фа-а1т1ыни‘ тафаддула‘

Маь1ан:

Сийсаз хилла охьатаь1на доьху ас Хьоьга, ло-хьа Суна Хьай комаьршонца.

Синан кхача

31 Oct, 13:37


Хьайн цхьа дика х1ума да Аллах1а даг тесча, и д1а а ца тоьттуш ала ца мега ахь:

"Йа Аллах1, ас и 1амал йар дезаш, сан 1амал дукха езаш Ахь суна и дагчу тессехь - соьл ирсе адам ма дац кху дуьнен т1ехь!"

Синан кхача

29 Oct, 06:15


Руку1ер хьал веъча, Сами1алЛо‘х1у лиман хьамидах1, аьлча олучех ду:

رَبَّنَا لكَ الحَمْدُ مِلْءُ السَّمَوَاتِ والأرْضِ، ومِلْءُ ما شِئْتَ مِن شيءٍ بَعْدُ، أهْلَ الثَّنَاءِ والْمَجْدِ، أحَقُّ ما قالَ العَبْدُ، وكُلُّنَا لكَ عَبْدٌ: اللَّهُمَّ لا مَانِعَ لِما أعْطَيْتَ، ولَا مُعْطِيَ لِما مَنَعْتَ، ولَا يَنْفَعُ ذَا الجَدِّ مِنْكَ الجَدُّ.

Роббана‘ лакаль Хьамду, миль-уссама‌‘ва‌‘ти вамиль-уль арды, ва ма‌‘ байнах1ума‌‘, ва миль-у ма‌ шиъта мин шайъин ба1ду, Ах1ла-с'ана‌‘и валь маджди, ахьаккъу ма‌ къо‌‘лаль 1абду, ва куллюна‌‘ лака 1абд.
Алло‌‘х1умма ла‌‘ ма‌‘ни1а лима‌‘ а1т1ойта ва ла‌‘ му1т1ыйа лима‌‘ мана1та ва ла‌‘ йанфа1у заль джадди минкаль джадду

(С'ана‘и - с межзубная)

Маь1ан:

Х1ай тхан Кхиош-Кхобург, хастам бу Хьуна, стигланаш а, латта а дуьззина, цул т1ехь Хьун луаг дюззина (хастам бу Хьуна). Х1ай Хаставаран а, Сийлахьваран а Ох1лу Верг, и ду лайно уггаре хьакъ долуш аьллиг, тхо дегге хьай лайш ду. Ахь деллиг юха тоха цхьа а вац, Ахь юхатоьхнарг дала цхьа а вац, Хьуна хьалха г1о дийр дац хьал долчуьна хьоло. (Дуьнен хьоло г1о дир дац, Аллах1а муьт1ахь хиларо бен)

Синан кхача

24 Oct, 23:58


اللَّهُمَّ أكْرِمْنِي بِالتَّقْوَى وَجَمِّلْنِي بِالْعَافِيَةِ

Алло‌’х1умма акримни‌’ биттакъва‌’ ва джаммильни‌’ биль1а‌’фийати

Маь1ан:

Йа Аллах1, Хьайх кхерар даларца лерам ло Ахь суна, балнашех хьалхавитарца хаза ве Ахь со.

Синан кхача

18 Oct, 22:54


Йа Аллах1, сийлахь де Ахь Ислам а, бусулба нах.
Сийсаз де Ахь ширк а, ширкан ох1лу а.
Хьай бусулба лайшна толам ло Ахь.
Г1ел бина бусулбанах к1елхьар баха Ахь.
Йа Аллах1, царна т1е беан бала д1абаккха Ахь.
Цонгшволчунна маршал де Ахь.
Лазийниг та ве Ахь.
Лаьцнаверг д1ахеца Ахь.
Шах1ид хиллиг къобал ве Ахь.
Бусулбна неха самукъа даккха Ахь шай мостаг1 эшарца.

Йа Аллах1, толам ло Ахь Филаст1ын ох1лана т1е летта жуьгтешна т1ехь, дозанаш хедош болу сионистшан т1ехь.
Ц1ан де Ахь Акъсо Маьждиг цер боьхаллех.
Бусулбанах к1елхьар баха Ахь цера х1иллах а, цера мекарлонах а.

Синан кхача

13 Oct, 19:22


Йа Аллах1, хIай тхан Кхиош-Кхобург! Ахь тхуна ло-хьа дуьненахь а диканаш‚ Эхартахь а диканаш‚ Ахь тхо ларде-хьа цIеран Iазапах

Синан кхача

08 Oct, 12:53


Баккъалла а, иза ца хиллехьара тасбихь дечарах, (143)

вуьсур ма вара цуьнан (ч1ера) кийрахь уьш (халкъаш) юхадендечу /къемат/дийне кхаччалц. (144)

Сурат: ас-Со́ффа́т

Ца во хьо цу Аяташ Аллах1 дукха хьехо а, дукха Ламазаш да и жигар?

Синан кхача

04 Oct, 16:55


Х1ай сан Кхиош-Кхобург, Хьан Сийлаллийца дуй буа ас, Хьуна 1есахуьлуш со, Хьун хилпло йа г1ерташ ма вацар. Сой 1есахуьлчухена, Хьан Сийлалла ца евзуш а ма вацара, йа Хьан 1азаб буха нис вала лууш ма вацар со, йа Хьуна со гуш хилар атта хеташ ма вацар, делахь, сан сино хаз дира суна и, Ахь суна т1етесна долу хьулваро 1ехийр со, т1аккха сай жах1лаллийц Хьуна 1еса хилира со, х1инц хьамма к1елхьара воккхура ву со Хьан 1азабах? Хьанах таслур ву со, Ахь со д1атасахь?

Ма аьхь ду и, Хьуна хьалха д1ахоьттича кхана.

Са дакъазло, воккха мел хуьли - къинош совдовлуш ду са, шераш т1е мел кхийти - 1есалла сов йолуш ю са, мац дийр ду ас тоба? Мац юха воьрзура ву со?

Хан ца кхаьчча те-хьа сун, сай Кхиош-Кхобучух аьхь хета?!

Синан кхача

30 Sep, 22:26


Йа Аллах1, сионистшан т1ехь Айатш гайтахь тхуна, цера дайшан хилчулла а ч1ог1у долуш

Синан кхача

28 Sep, 14:32


رَبِّ قِنِي شُحَّ نَفْسِي

Робби къини́ шуххьа нафси́

Маь1ан:

Йа Аллах1, сай дег1а сутараллех лар ве Ахь со

Синан кхача

27 Sep, 11:55


Х1ай сан Эла, Хьана дикнаш ду-кх суна охьадог1уш, сан вонаш ду-кх Хьуна хьалахьуш, масне лерамечу Малайко хьала йеъна Хьуна сан ирча 1амал?! Цхьанге а хьашт Воцушшехь Ву-кх Хьо, ни1маташ а луш, Хьой дукха Воьзуьйтуш, ткъа со, Хьоьга хьашт волушшехь сой, къиношца Хьо оьхаз Вохуьйтуш ву-кх, т1аккха а ч1аг1 во-кх Ахь со, хьул во-кх Ахь со, рицкъ латта до-кх Ахь суна. Ма доккха х1ума ду и.

Са дог шога хилчухена,
Некъаш готта делчухена
Сатийсамах бира ас Ахь гечдаре буьгу лами.

Доккха хилла сун сай къа,
Амма Хьан Къинхетамца и дуьстича, х1ай сан Кхиош-Кхобург, Хьан Къинхетам кхи а боккха бара.

Синан кхача

21 Sep, 07:16


اللهم إني أسْأَلُكَ مِنْ فَضْلِكَ وَرَحْمَتِكَ فإنَّهُ لاَ يَمْلِكُها إلا أنْتَ

Алло‘х1умма инни‘ асъалюка мин фадлика ва рохьматика, фаиннах1у ла‘ йамликух1а‘ илла‘ Анта.

Маь1ан:

Йа Аллах1, хьан Комаьршонах а, Къинхетамах а доьху ас, Хьо бен Вац-кх и долахь долуш

Синан кхача

18 Sep, 07:35


اللهم اغْفِرْ ذَنْبِي وَطَهِّرْ قَلْبِي وَحَصِّنْ فَرْجِي

Алло‘х1уммаг1фир занби‘ ва т1охх1ир къольби‘ ва хьассын фарджи‘

Маь1ан:

Йа Аллах1, геч де Ахь суна са къа, са дог ц1ан де Ахь, са бехке меттиг лар йе Ахь

Синан кхача

11 Sep, 17:03


Аллах1ан Къинхетамах дог ма диллахь, до1ан жоп хьеделлехь а. Хьуна хаъ ма ца хаъ муьлхаг ду дика.

Аллах1а до1а де аьл омру ца дина хьуна, Шена жоп дал лаьъдера бен. Сийлахь Аллах1а аьлла:
{Шу Кхиош-Кхобучо аьлла: "Соьга кхайкха (деха) – Ас жоп лур ду шуна".} (40:60)

Делахь, хьо сих ло-кх. Собар де.
Юх юх деха Аллах1е.

Хила тарло-кх Аллах1а жоп т1ехь тоттуш, хьоьга до1наш дукха дайта, т1аккха хьа дикнаш сов а довлуш, хьуна хьай барам а бойзуш, хьой моццал Аллах1е хьашт ву а кхеташ.
Ткъа иза дика ма ду.

Варийлахь, сих ма лолахь. Юх юх делахь до1наш, Аллах1ан дукха веза хьуна до1а юх юх дешверг (настойчивость проявлять ешверг до1нехь).

Х1ора до1а а, ахь хьайн Кхиош-Кхобучуьнга деш долу, иза эран дац хьуна, и до1 деккъа 1ибадат бен дацхьари а, хьун ял хуьлуш, тоьар ма дара и.

Аллах1е деххиг цкъа а эшамехь хир вац.

Делахь, жоп дах делла аьл ма хетийтлахь хьайн, варийлахь, ма алалахь: ас деххера, сун жоп ца дели.

Шайт1но дагчу кхосса там бу хьуна, "Мацуз дехха ахь? Хьун дезаг хилла ма дац!", бохуш, цулт1ехьа хьоьга дог дулуьйта цо Аллах1ан Къинхетамах, Аллах1а лардойла вай, иза даккхийчу къинох ду, Аллах1ан Къинхетамах дог дилар - даккхийчу къинох ду.

Цундера дуккху а де ахь до1наш. Х1унда аьлча, адмо хьаьнг кхойкха? Массо х1ума Ше карахь долуш Волчуьнга кхойкха!
Аллах1 Воцург кхи цхьа а вац адман. Цуьнга водийла и х1ора доккху а, жими а х1умангахь.

(Мухьаммад Солихь)

Синан кхача

05 Sep, 23:27


اللهُمَّ وَفِّقْنِي فَإنَّ التَّوْفِيقَ مِنْ عِنْدِكَ وَسَهِّلْ أَمْرِي فَإنَّ التَّسْهِيلَ مِنْ لُطْفِكَ وَيَسِّرْ لِي كُلَّ مَا أَهَمَّنِي وَاكْتُبْنِي مِنْ النَّاجِحِينَ الصَّالِحِينَ فِي الدُّنْيَا وَالآخِرَةِ

Алло’х1умма ваффикъни’ фаинна-ттавфи’къо мин 1индика,
Ва сахх1иль амри’ фаинна-ттасх1и’ла мин лют1фика,
Ва йассир кулла ма’ ах1аммани’ вактубни’ мин-нна’джихьи’на-ссо’лихьи’на фиддунйа’ валь А’хирох1

Маь1ан:

Йа Аллах1, тавфикъ (дика х1умма дагчу тасар, и атта дар) ло Ахь суна, баккъалла а тавфикъ Хьоьгар ду-кх, са х1ума дай де-хьа, баккъалла дайдар Хьан Дикнах ду-кх, атта де-хьа суна суна г1айг1а мел йо х1ума, д1авазве-хьа со кхиаме хилчу дикчу нахах, дуьненахь а, Эхартахь а

Синан кхача

04 Sep, 23:05


Йа Аллах1, Г1оззи ох1ле гатто еъна-кх, бала ч1аг1 белла-кх цера, ч1ог1а бегина-кх уьш, б1аьргаш хье т1е довллал, дегнаш къамкъаргашка кхаччал, кхерам а, мацалла гена кхаьччакх цера.

Йа Аллах1, к1елхьар баха Ахь уьш, къинхетам бе Ахь цер г1елаллех, толам ло Ахь царна, х1ай 1аламаш Кхиош-Кхобушверг.

Синан кхача

02 Sep, 15:42


Сийлахь Пайхмара, соллаЛлах1у 1алайх1и ва саллам, "Баккъалла а х1окхара (кху дешнаш) хьа дуьне а, хьа Эхарт а гулдийр ду хьуна", аьл долу до1а да лаьи хьун?
Ахьа ала:

اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي، وَارْحَمْنِي، وَعَافِنِي، وَارْزُقْنِي


Алло‘х1уммаг1фирли‘ вархьамни‘ ва 1а‘фини‘ варзукъни‘

Маь1ан:

Йа Аллах1 геч де Ахь суна, къинхетам бе Ахь соьх, маьрша вита Ахь со (къиношшех а, баланех а), ризкъ ло Ахь суна.

Синан кхача

26 Aug, 23:37


Хьуна ма ч1ог1а оьшуш до1 ду и, сих сих делахь.

Синан кхача

26 Aug, 23:36


رَبِّ تقبَّل تَوبَتي، واغسِل حَوبَتي، وأجِب دَعوَتي، واهدِ قَلبِي، وسَدِّد لِساني، وثبِّت حُجَّتي واسْلُلْ سَخِيمةَ قَلبِي

Робби такъоббаль тавбати‘ ваг1силь хьавбати‘ ва аджиб да1вати‘ вах1ди къольби‘ ва саддид лиса‘ни‘ ва с•аббит хьудджати‘ васлуль сахи‘мата къольби‘

(с• межзубная)

Маь1ан:

Сан Кхиош-Кхобург, къобал де-хьа сан тавба, дилахь (д1адайъахь) сан къа, жоп ло-хьа сан до1ан, нийсачу новкъа нисдехьа сан дог, нис бе-хьа сан мотт, ч1аг1 де-хьа сан делил (довод) [сан делилш ч1аг1 де-хьа кху дуьненахь Хьан мостаг1ашна дуьхьал а, д1аватангахь а, дикниг де олуш а, вониг ма де олуш а, Эхартахь а ч1аг1 де-хьа са дош, каш чохь шин малико хаттарш лучхена], ар баккхахь сан дагчур цабезам (хьаг1, цабезам, зависть, обман)

Синан кхача

23 Aug, 03:13


رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلَأَخِي وَأدْخِلْنَا فِي رَحْمَتِكَ وَأَنْتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ

Роббиг1фирли' вали ахи' ва адхильна' фи' Рохьматика ва Анта Архьаму-р-ро'хьими'н

Маь1ан:

Х1ай са Кхиош-Кобург, геч де-хьа суна а, са вешин, Хьайн Къинхетам чу дахийтахь тхо, Хьо Ву-кх къинхетамбечарех уггаре а Къинхетамениг

Синан кхача

20 Aug, 21:43


اللَّهمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ حُبَّكَ، وَحُبَّ مَنْ يُحِبُّكَ، وَالعمَل الَّذِي يُبَلِّغُني حُبَّكَ، اللَّهُمَّ اجْعل حُبَّكَ أَحَبَّ إِلَيَّ مِن نَفسي، وأَهْلي، ومِن الماءِ البارِدِ

Алло‘х1ума, инни асъалю-ка хьуббака, ва хьубба ман йухьиббука ва-ль-1амала-ллези йубаллиг1уни‘ хьубба-ка. Алло‘х1умма-дж1аль хьуббака ахьабба илаййа мин нафси‘ ва ах1ли‘ ва мина-ль ма‘и-ль-ба‘риди

Маь1ан:

Йа Аллах1, Хьо Везар доьху ас Хьоьга, Хьо Везарг везар а, Хьо Везаре со вуьгу 1амал а. Йа Аллах1, Хьо Везар хилийта Ахь суна сай сил а, доьзалал а, шийл хинал а дукха дезаш.

Синан кхача

20 Aug, 16:51


أَهْلَ الثَّنَاءِ وَالْمَجْدِ

Ах1лас-с•ана‘и валь маджди

с• - межзубная

Х1ай хаставаран а, сийлаллийн а Ох1ла.....

(Иштта кхайкха Цуьнга до1нехь, ма хаза хаставар ду и)