Бусалба зударий @busalba_zudariy Channel on Telegram

Бусалба зударий

@busalba_zudariy


💝Йижаршна пайде хин дерг

Бусалба зударий (Uzbek)

Бусалба зударий канали - буйук ёрикларга мўлжал бўлиши ва жуда муҳим саволларга жавоб бериши билан танинадиган омон маълумотлар билан тўланган. Бу каналда ёрик бўлиш ва саҳм қўйиш билан боғлиқ худуди бўйича маълумотлар келтирилади. Бусалба зударий - ушбу сўровларга оён қолишга ёрдам бериш учун энг янги маълумотлар билан тўланган фойдали каналдир. Шундай кўринишда, ушбу канал келишув орқали худудлар арасидаги энг янги ёриклар ва саҳм қўйиш маълумотларини олмоқчи барча фойдаланувчилар учун яхши вахдат бўлган тўлов каналидир. Каналнинг манзили - @busalba_zudariy

Бусалба зударий

13 Jan, 08:04


Аллахlа зудчуьнга омар хьиджаб доха аьлла дина ца lа, мелхо а хазаллаш гучу ма яха аьлла Аллахlа, хlунда аьлчи зудчана хаьа хьиджаб дуьйхина елахь а хазалла гучуяккха.

Бусалба зударий

12 Jan, 19:01


Дlадеша, хьалавала… ялсаманехь хьан меттиг - ахь тlаьххьара аят дешначехь хир ю

Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цlарца!

Хlара агlо лерина ю вай кхоьллинчу АллахIан къамелана: вай кху чохь цхьаьна денна лаххара барам цхьацца аят дагахь lамош болх дlахьур бу.

Вай йоза а, аз а чухlоттор ду, цу тlера деша а доьшуш, юха ла а дугlуш, дагахь латто шуна атта хилийта.

Чудовла, шайна бевза-безарш а кхайкха.

t.me/Delan_dosh

Бусалба зударий

12 Jan, 07:34


Жена не готовит для мужа. Это нормально?

Бусалба зударий

31 Dec, 15:36


«Йалсамане йагӀа лаьа» - бохуш кхайкхар деш йолу сан йиша, ладогӀахь соьга!

Шайх Халид ар-Рашид
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)

Бусалба зударий

31 Dec, 13:29


1559-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Зудчо йовлакх тиллина, тlехула туьллуш куй лело мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

29 Dec, 05:06


1555-гlа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Зудчо чохь гӀуллакх деш йолу хан АллахӀ хьехош санна дӀаязъеш ю бохург бакъ дуй?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Бакъ дац, амма ша деш долчу муьлхха а хӀуманна, Делан дуьхьа аьлла ният хилчхьана, цунах ял-м хир ю, яахӀума ярна, хӀусам цӀанъярна, иштта ша деш долчу кхин муьлхха а гӀуллакхна а.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

25 Dec, 06:05


1539-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хlора Пӏераскан-дийнахь доьзална мерза хlума эцар суннат ду бохуш даржош хуьлу наха. И бух болуш дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

19 Dec, 07:30


1530-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. 3-4 кӀира бен ца хилча доьзалхочух лацаелла, и доьзалхо дӀаваккха мегий? Бухара бераш кегий хилча, иштта кхин цхьана бахьанашна.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

13 Dec, 18:49




🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎


Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!

Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!

Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!

Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!

Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!

https://t.me/horadiynah

Бусалба зударий

13 Dec, 17:24


Зудчун махьрам мила ву?

Youtube чуьра ссылка

Бусалба зударий

13 Dec, 17:24


1276-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ЙоӀа ша Къуръан доьшуш хазийта мегаш дуй нехан нахана? Интернет чу дилла. Зудчун аз Ӏаврат ду олуш хезнера суна бакъ дуй и?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Зудчун аз Ӏаврат ду бохуш дерг бух болуш къамел дац, амма иштта шен аз хазийта бакъо яц, цунах питана ца хилийта боьрша нахана.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

13 Dec, 17:14


1357-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ЙоӀана ша кхечу юьрта я кхечу махка гӀала деша яха мегар дуй, ша квартирехь хир йолуш, я беккъа йоӀарий болу квартирехь Ӏаш?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мегар дац цхьана а агӀора.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

13 Dec, 17:12


1379-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зудчо берана тӀуьска бича боьршачу стага лезви хьаккхалц каш чу вилла ца мега бохуш хезнера, бух болуш хӀума дуй и? Зудчо берана тӀуьска бан мегаш дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш хӀаманаш дац, бан мегаш ду зудчо тӀуьска, стага бича, зудчо бича цхьа а башхалла яц.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

11 Dec, 10:35


хаза къамел

Бусалба зударий

11 Dec, 10:35


https://youtu.be/_rLGejuGEDM?si=ZQsA5VV12bRwRz84

Бусалба зударий

10 Dec, 07:09




🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎


Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!

Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!

Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!

Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!

Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!

https://t.me/horadiynah

Бусалба зударий

08 Dec, 17:38


Женщина получает награду за каждый миг нахождения в своём доме

Бусалба зударий

07 Dec, 14:29


Стенах лаьцна хаа лаьара хьуна? Шуна атталлина!

Ламазах лаьцна

Элчанах лаьцна 🤍

Марханах лаьцна 🌴

Къуръанах лаьцна📒

lакъидатах лаьцна🌙

Iилманах лаьцна🔑

Хьадисаш лоьху ас 📖

Хьехамаш безара суна 👳

Вайн маттахь жайнаш 📚

ДоIанаш Iамо лаьара суна

Бераш кхиорах лаьцна 👩‍👧

Зударшна пайде агIо лоьху 🤍

Бусалба зударий

04 Dec, 14:53


1499-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Йоӏа маре йоьдучу дийнахь ламазаш тӏе а оьзна дан мегий, цу дийнахь хало хуьлуш хилча? Делкъа-ламазна малхбуза тlеузур долуш, юха пхуьйра-ламазна маьркӀажаниг тlеузур долуш?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

04 Dec, 12:29


Вайна тlехь ду вайн берийн дегнаш чохь АллахIан меттиг лакхаяккхар, цунах Аллахlера йоле сатуьйсуш а ду а вай. Гуттар а дийца деза берриг ницкъ берг, дерриг луш верг АллахI хилар!

https://t.me/berashna

Бусалба зударий

09 Nov, 10:29


403-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ламаз дечу хенахь зудчуьнан когаш ган мегаш дуй, даций бохуш хезна суна. Цхьаммо ши ког ган мега олу, вукхо ца мега олу, цунах лаьцна алахьа.

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Когаш ган мегаш дац, дӀакъовла безаш бу. Зудчуьнан дерриг дегӀ дӀакъевлина хила дезаш ду ламаз дечу хенахь, ши куьг, юьхь йоцург кхин сов цхьа а меттиг ган йиш яц!

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

09 Nov, 10:29


402-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Зуда схьаялочу хенахь, я ялийча майрачо ша гайта везий, цигахь хила везий иза?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Ша гайта кхуьур ву. Вайнахана юккъехь гӀиллакхе лоруш дац, хаза лоруш дац вайн Ӏадаташца шена зуда ялийначехь хьийзар, шен чуьрачарах а, баккхийчарах а жимма къайлавала веза. Доккха маьӀна долуш хаза гӀиллакх ду иза, ткъа шен къома юккъера динна дуьхьал доцу гӀиллакхаш ларо дезаш ду.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

07 Nov, 19:46


1429-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зудчуьнан ша йита ала бакъо юй, майра доьзал хуьлуш ца хилча?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ю.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

07 Nov, 19:45


1432-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Хьижаб доьхна, тӀелетта коч йоьхна, дегӀан меженаш тӀеяьхна шен суьрташ нахаладохуш, массо кепара басарш, подарш хьоькхуш кечлучеран хьал мел кхераме ду дийца.

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цунах хьижаб ца олу, цунах хьижаб алар нийса дац, хьижаб хуьлуш дац шен хила ма-деззара духар доьхча бен, дегӀан меженаш къаьсташ йоцуш шуьйра долуш духар хилча бен цунах хьижаб олуш дац, и, мелхо а, цу хьижабан сий дайар ду, цу кепара лелор.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

07 Nov, 15:40


1357-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ЙоӀана ша кхечу юьрта я кхечу махка гӀала деша яха мегар дуй, ша квартирехь хир йолуш, я беккъа йоӀарий болу квартирехь Ӏаш?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мегар дац цхьана а агӀора.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

06 Nov, 19:40


1369-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Доьзалхо винчул тӀаьхьа зуда къинойх цӀанлуш ю бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

06 Nov, 13:37


https://youtu.be/DDVBY3wL_6w

Бусалба зударий

05 Nov, 15:40


1362-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зудчо жамаӀат-ламаз деш къамат дан дезий?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ца деза.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

05 Nov, 11:07


Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна 🔥

https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi

👆хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу

Бусалба зударий

04 Nov, 15:40


1382-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ЙоӀана маре яхар ду гӀоли я чохь Ӏар ду?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Маре яхар ду-кх гӀоли, мел чуьра ара ца ялахь а, ша-шена питана ма ду цо деш дерг, цхьайолу йоӀ Ӏехало, шен тахана йоллу ойла хир ю моьттуш, шен таханлера дахар хир ду моьттуш даима, маре гӀур яц ша бохуш юхаетталуш, тӀаккха да-нана даима ца дисча, йиша-ваша шайна бевлла ша йисча дохкоюьйлу, делахь тӀаьхьа хуьлу.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

04 Nov, 14:31


https://youtu.be/-1cqK-cwap4?si=IpsyMV82DpwsI3PI

Бусалба зударий

03 Nov, 14:35


1385-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зуда ялийна кхоалгӀа буьйса цхьаьна ца яьккхича там-мах юхабан беза олуш хезна суна, бакъ дуй и?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

02 Nov, 19:34


1389-гӀа Хаттар: Ассалам Ӏалайкум.
Зудчунна хӀижрат дан мегар дуй, уллехь махьрам воцуш?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Зудчо хӀижрат деш ца хуьлу, иштта хӀуман дан дац, зуда шен чохь Ӏаш хуьлу, шен дин лелош, ша марехь елахь шен хӀусамдена муьтӀахь хуьлуш, яцахь шен чуьра гӀуллакх деш, шен Далла Ӏибадат деш, и ду зудчун хӀижрат. Амма цхьаболчу йижарша лелош дерг, хӀижрат до шаьш бохуш дӀабоьлхуш, юха цигахь йоьӀан цӀеранаш боцуш цхьаьннан дола бовлу шаьш бохуш лелош дерг цхьана а кепара бусалба динах хьакхалуш хӀума дац, бусалба дин цӀена ду цу боьхачу белхах, хьарам хӀуманаш ду уьш дерриг, я иза дола йолуш а яц йоьӀан цӀеранаш боцуш, мелхо а, цара лелош дерг цӀенна боьха къа ду!

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

02 Nov, 19:33


1392-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
ЙоӀана, 15 шарера яьлча, маре ца йоьдуш цӀахь Ӏар хьарам ду аьлла хезнера суна, бух болуш къамел дуй и?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бух болуш къамел дац, делахь а, хьалххе мел йоьду дика ду.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

02 Nov, 19:32


Захалонаш атта де / Рамзан

Youtube чуьра ссылка

Бусалба зударий

02 Nov, 19:29


1429-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Зудчуьнан ша йита ала бакъо юй, майра доьзал хуьлуш ца хилча?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ю.

https://t.me/Vragi_iblisa

Бусалба зударий

29 Oct, 04:39


🤍Хьижаб - бусалба зудчун сий ду, и сий дlадаккха гlерташ керста наха хьоьгуш ондда къа а ду!

Бусалба зударий

Бусалба зударий

27 Oct, 13:02


#Тайп_тайпана

Бусалба зударий

27 Oct, 13:02


#Тайп_тайпана

Бусалба зударий

18 Oct, 13:09


АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

Бусалба зударий

08 Oct, 10:22


ма йоккха башхалла ю вайна а, царна а юккъехь…

Бусалба зударий

08 Oct, 10:22


йоl маре йоьдучу дийнахь ламаз дlататта мегий, хьеший хилча доькхуш дан мегий, бер доьлхуш ламаз ца дало бохуш хаттарш хуьлу вайна юккъехь, ткъа и хоьттуш берш дика а болуш хьал а ма дуй!

хетта а ца хоьттуш цхьаьнге а, ламаз lадда а дуьтий, муьлхха а хlума хьалхадоккхуш берш а ма бу…

Бусалба зударий

02 Oct, 14:07


Цхьаболчу Iеламнаха олу:

«Нагахь санна стаг шена хьарам болчу зударшка дlахьежа волалахь, шайтlанан хlилланех ду цунна уьш хаза бу аьлла дагатийсар: кхечу агlора аьлча, цунна хаза йоцург а хаза ю моьтту, тlаккха цаьрга дlахьежар совдолу цуьнан, иман гlелло, шен чуьра дика а, хьанал а йолу зудчух безам бов, уьйр гlелло, мел хаза елахь а, ирча хета волало и».

Бусалба зударий

26 Sep, 11:27


Фарукъа хьоьхуш долу дарсаш телеграм чохь дуй хаьарий шуна?

Чlогlа атта ду кху чухула ладогlа, машаАллахl

🔁 хlара агlо дlайсаяржош дакъалаца, АллахI реза хуьйла шуна

https://t.me/islamannurfaruk

Бусалба зударий

06 Sep, 15:23


Динах лаьцна мультик

Бусалба зударий

26 Aug, 11:16


1288-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Еха маӏарш лело магийна дуй зудаберана вайн динехь? Цӏена лелош хилча, лак я кхин хӏума хьаькхна йоцуш.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

24 Aug, 18:18


1295-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Соьгахь бала бу, айса хӏун дан деза ца хууш. Со бер долуш марера йоьхна ю. Тӏаккха и бер соьца цара ца дуьтуш, дехошца дисира, сих-сиха зӏе хадайора тхойшиннан вовше дист ца хуьлуьйтуш. Соьга юхайола олура, амма со кхузза йитина ю, юхаяха хьанал некъ бацара сан. Хӏинца со кхечанхьа яхана ю, и хиъча цара тӏаккха дуй биъна шаьш зӏе хуьлуьйтур яц аьлла ненахошца. Бакъо яц беран, ненан юккъера зӏе хадо аьлча, ас иза сайгара дуьйцуш санна тергал ца до цара, иза Аллахӏа елла бакъо йоллушехь. Ас доӀанаш до церан дегнаш кӏаддалийта олий. Берийн ден цӏеранаш шайн дан хӏума дац олу, иза тхоьга ладугӏуш вац олу. Суна ца хаьа айса хьаьнга ала деза кхин, бакъо ю-теша цуьнан, боккъалла а, со кхечанхьа яхана аьлла со бере йист ца хилийта?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

23 Aug, 20:24


Вовше хийра стаг-зудий дара и шиъ, ткъа АллахIа вовшахтуьйхира уьш. Цаьршиннан дегнаш цхьаьна а тоьхна, безам а, къинхетам а биллира Цо царна юккъе.

Шайх Фавзан, АллахIа lалашвойла и.

https://t.me/busalba_zudariy

Бусалба зударий

20 Aug, 07:06


Зуда чуьра араяьлча, хlусам юху.

https://t.me/busalba_zudariy

Бусалба зударий

19 Aug, 12:15


Иза (зуда) - дуьххьара бlогlам бу, шех юкъаралла хуьлучу, тlекхуьучу чкъуран. Нагахь иза дика хилахь, цунах бахьана долу цуьнан тlаьхье а, цуьнан хlусамехь мел верг а дика хиларан.

Шайх Фавзан, АллахIа lалашвойла и.

https://t.me/busalba_zudariy

Бусалба зударий

19 Aug, 10:09


1268-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Доьзалхочух хилча, доьзалхочух юй аьлла хаьттича яц ала мегар дуй, бӀаьрг ца хилийта, жимма хан йоккха хиллалц?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

07 Aug, 10:41


15-гlа хаттар: Ассаламу lалайкум. Зудчунна кешнашка яха мегар дуй?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Бусалба зударий

07 Aug, 10:41


11-гӀа хаттар: Ассаламу lалайкум. Хlусамненах ца хууш куьг кхетча ламаз карара долий?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо