hazayoza🕊 @hazayoza Channel on Telegram

hazayoza🕊

@hazayoza


hazayoza🕊 (English)

Are you looking for a channel that offers inspiration, motivation, and positivity on a daily basis? Look no further than the 'hazayoza🕊' Telegram channel! This channel is dedicated to spreading messages of peace, love, and harmony to its subscribers. Whether you're feeling down and need a pick-me-up or simply want to start your day on a positive note, hazayoza🕊 has got you covered. Who is it? hazayoza🕊 is a channel created for anyone seeking a daily dose of encouragement and motivation. The channel is open to anyone who wants to surround themselves with uplifting messages and connect with like-minded individuals who are committed to spreading positivity. What is it? hazayoza🕊 is a channel that shares inspirational quotes, motivational stories, and messages of peace and love. Each day, subscribers can expect to receive a new post that will uplift their spirits and remind them of the beauty in the world. Whether you're looking for a simple reminder to practice gratitude or a powerful quote to kickstart your day, hazayoza🕊 delivers it all. Join hazayoza🕊 today and start your journey towards a more positive and fulfilling life. Let the messages of peace and love guide you through life's challenges and inspire you to always choose kindness. Spread your wings with hazayoza🕊 and soar towards a brighter tomorrow!

hazayoza🕊

09 Jan, 16:09


ХАРЦО
МА АТТА ЙУЬЙЦУ ХЬО НАХА.
МА ХАЛА ЛОВ ХЬО ДАГО.

hazayoza🕊

09 Jan, 15:28


«ШИННАН КЪАМЕЛЕРА» — ЦУЦАЕВ lАЛАУДИ

🔸️3-ДАКЪА🔸️

hazayoza🕊

08 Jan, 11:12


«ШИННАН КЪАМЕЛЕРА» — ЦУЦАЕВ lАЛАУДИ

🔸️ШОЗЛАГlА ДАКЪА🔸️

hazayoza🕊

07 Jan, 18:37


ЙУХА САН ДАГ ЧУ КХАЧА, САН ПlЕНДАРШ КЕГДАН ДЕЗАР ДУ ХЬАН!

hazayoza🕊

07 Jan, 18:33


«ШИННАН КЪАМЕЛЕРА» — ЦУЦАЕВ lАЛАУДИ

🔸️ХЬАЛХАРА ДАКЪА🔸️

hazayoza🕊

07 Jan, 17:40


«ЗАМА» — ХИЗРИЕВ АДАМ

hazayoza🕊

04 Jan, 17:10


СИЙ ДОХКА АТТА ДЕЛАХЬ А, ЭЦАЛУШ ДАЦ ХЬУНА И.

hazayoza🕊

04 Jan, 15:17


БАЛА

Сан ойла техкайеш, аганах тера,
Сан деган куьзга ду ахь отуш дера.
Урчакхо санна со хьайна тlехьерчош,
Чкъург хилла боданца, сан даг чохь керчаш,
Ма сов буьйлу-кха хьо, бала...

Хьайн дера шад йетташ, самукъа лоьхкуш,
Эзарзза шад бина, дахар дlадоьхкуш,
Тергамхой хlиттийна сингаттам, гlайгlа,
Цу шинга дlаделла набахтийн догlа,
Сох тутмакх вина ахь, бала.

МИНЦАЕВ IАЛЬВИ 1.04.2018 шо

hazayoza🕊

04 Jan, 15:09


«ХАРЦОНЕ» — МИНЦАЕВ lАЛЬВИ


Со иччархо ву-кха хlинца,
цхьа бlаьрг хьаббош хьан дог лехна,
лаг озош бакъ дешан дlаьндарг,
цу хьан дагах тоха хьаьгнарг,

хьан бlаьргаш чу бохьуш кхерам,
хьох ца веллий жимма кхера
хоуьйтуш, хьан керта ваьлла
«хьо сан мостагl йу» — хьоь аьлларг...

И ву-кха со, хьан къайленаш,
хьан гlайренаш гучуйохург.
И ву-кха со, ирсе хенаш,
и хьан гlенаш къайладохург.

Цу зингатан коган буха
хьакхабелла хаттал кlеззиг
хьо хиларх а, хьоьга вуха
ца хьажжал, хьо лаьхьа бу-кха.

Хьан некъ бохош, йайъа лар хьан,
чlагlo йу сан, дайъа къар хьан,
чlагlo йу сан, со мел веха,
ца дилла хьан тай, сайн меха.

Хlай, харцо, ахь дина рагlу,
лаьтташ ма ду раз а даьлла,
лаьтташ ма ду, йоцуш агlо,
доьлхуш lарна аз а хаьлла.

Хьо ца йилхи-кх, ахь лелош дерг
lадда дуьтуш дохко йаьлла.
Ахь ца дити-кх бакъонца дерг,
«хьо сол тоьлла хилла» – аьлла.

Цундела хьан хам ца бо ас,
Хьо бlаьрга йан ма ца йеза.
Сайн оьгlазло хьуна ло ас
— Хьо къаьхьалла, сан цабезам.

Минцаев Iальви 28.02.2020 шо

hazayoza🕊

04 Jan, 15:01


ЦА ЛАЬА...

Ца лаьа къанвелла,
Дуьненахь ваха,
Пхьаьрс лаьцна доьзало со кетlа ваха.
Тlехйолуш цкъа мацах
Йезначу йоlа,
Со хlетахьлерачух
Тера вац баха.

Ца лаьа, йахначу хенах
Сайн хьоьгуш,
Суо вевзаш тlехволург
Ца вевзаш ваха.
Жималлехь ас сийдеш,
Лийринчу наха,
Соь хьал-де ца хаттал —
Сийдоьжна ваха.

Ца лаьа, суо кетlахь
Охьалахвелча,
Гlиллакхна дегl нисдан
Де доцуш гайта.
Йа хьалха санна, со
Иэсехь вац бохуш,
Нахе сайн иэшаман
Мах хадабайта.

Ца лаьа сайн берийн
Бlаьра а хьоьжуш,
Дан амал доцуш, суо
Да хилла ваха.
Кlордийна аллал со,
Шайн ирсан баьрччехь...
Ца лаьа, доьзалшна
Совваьлла ваха.

Ца лаьа, заманийн
Чевнаш сайн тоьгуш,
Оьмар а йахйала
Уьйрех дlахаьдда.
Сахьийзош, сан деган
Диъ дáкъа доруш,
Ца лаьа, къоналла
Къанйелла йаха.

           *       *       *
Малх гlоттуш, lуьйренан
Бераллех хьоьгуш,
Гlушлакхе баьллачу
Маьлхан кlел соьцу со.
Малх бузуш, суьйрено
Къаналле оьхьуш,
Чекхйер йуй хуучу
Оьмарх ца кхоьру со.

КАСУМОВ САЙД-МОХЬМАД
2003 шо

hazayoza🕊

14 Dec, 09:24


Ӏаьрбийн ду олуш: «Айхьа зуда йалочу хенахь, коьртачу декъана, йоьӀаршка ма хьежалахь, церан керташкахь къонахий лахалахь, оцу къонахийн керташкахь карор бу хьуна хила ма-безза мехкарий. Хьайца йогӀун йолу хӀусамнана къонахий кертахь карор йу хьуна».

(Жимчустагана)

hazayoza🕊

13 Dec, 16:36


БАЙТ ЙАЙНА

Лехарх и балха тӀехь, цӀахь а,
Кегабарх кехатийн барз,
Ца карош цигахь, кхузахь а,
Массо элп, массо а аз...

Цхьа бlаьрзе хьовзий со тахна,
Йацахь бен кехатан цуьрг,
Ойланаш пана а йахна,
ГӀуллакх тӀе ца доьдуш куьг,

ТӀехь долуш сан куьйгайоза
Йара и кехатан цуьрг.
ХӀинца а син тӀехь и кхозу —
Даго цкъа тоьхна цхьа муьрг.

Боккхуш сох цӀийн тӀадам, баьхьна,
Дайай и — цхьа жима чуьрк,
Йитина лар йоцуш, йаьхьна,
Сан хилла дахаран цуьрг.

Масане мӀаьргонаш хоьрцуш,
Хено шен болар идий.
Цкъа хьостуш, ткъа йуха морцуш,
Диканехь, вуонехь а зий.

Зийзаш цхьа кӀамдар ду дегІехь,
ХӀинца а ца туьгуш тиэн;
Ца лууш, къастаран шиэлехь
Висина, паргӀата Іиэн.

Кехатан и цуьрг дӀайайна,
Дахаран цхьа маьрго хьош.
ДӀайайна мlаьрго ца лайна,
Ваьлли со йома латош.

ЦУЦАЕВ lАЛАУДИ

hazayoza🕊

05 Dec, 15:44


Сан бӀаьстенаш

Шен-шен цӀе лелош йу сан хӀора бӀаьсте.
Масала, цхьаьннан цӀе — Тамара йара.
Лийлира, бохуш, и сайна гур йац-те,
БӀаьрзечу мехашна ветталуш мара.

ДӀайахна мерзачех сан бӀаьсте — Зина,
Аьхкенан ченашлахь дайайна Зара...
Хилла-те сардамо сан кхоллам зийна?
Йа хилла-техьа сан ирсан некъ гара?

Тахана кхин бӀаьсте сан дагах ийна,
Къежадеш шен баьргийн стигалан лила.
ЦІе а йу зазашлахь лепаш — Элина,
Хьакъ йу и тӀаьххьара сан бӀаьсте хила.

Соьлжа-ГӀала, 1980 шо
Юсупов Ибрахlим

hazayoza🕊

27 Nov, 06:43


ДЕШНАШ : БЕРСАНОВ ХОЖ-АХЬМАД

hazayoza🕊

13 Nov, 17:37


ТӀулг бу lуьллуш кхобуш мотт,
Ца йо цо дахаран чот.
Iуьллу гух, йа буьллу шух,
Йа хlоттабо буттуш бух.

Тlулг бу lуьллуш кхобуш мотт,
Мотт ца босту кхоссарх топ.
Лаьтта, хуьлий лекха лам,
Хlоттарх гонах кlорга lам.

Тlулг бу lуьллуш кхобуш мотт,
Лергана къора, хlоьттина потт.
Тlулг бистхиллал — чолхе зама.
Мотт ларбан шу, тlулгах lама.

Юсупхаджиева Аза

hazayoza🕊

12 Nov, 15:42


БисмиллахIи ррохьмани ррохьийми!

НОХЧИЙН ШО

БIаьсте йóлу ткъе шолгIачу мартехь, дезткъе шийтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу июне кхаччалц.
БIаьстенан чилла йýлу апрель беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу май беттан тIаьххьарчу шинаридийнахь.
Аьхке йóлало ткъе шолгIачу июнехь, дезткъе шийтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу сентябре кхаччалц.
Аьхкенан чилла йýлу июль беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу август беттан тIаьххьарчу пIераскандийнахь.
Гуьйре йóлало ткъе шолгIачу сентябрехь, дезткъе цхьайтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу декабре кхаччалц.
Гуьйренан чилла йýлу октябрь беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу ноябрь беттан тIаьххьарчу еаридийнахь.
Iа дýлу ткъе шолгIачу декабрехь, дезткъе итт-дезткъе цхьайтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу марте кхаччалц.
Iаьнан чилла йýлу январь беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу февраль беттан тIаьххьарчу шинаридийнахь.

Халкъан тидамаш дIайазбина Яралиев Юсупа.

hazayoza🕊

11 Nov, 17:44


Дешнаш : Алиев Мохьмад

hazayoza🕊

08 Nov, 19:05


**
Ас илли схьадалар теллира,
И илли хьох тера хетта.
Цхьаццанга хаттаре диллира,
Тlекхиа сайна ма-хетта.

...Йаздинарг мила ву, хьенан?
...Муьлха ду, йаздина шо?
Итт шо ду, йа кхин а къена?
Муьлха хан чулаьцна цо?

Хьо йуьйцуш санна ма хета
Цу иллин могlанаша...
Ойланехь эмгаралла лета
Карзахе хьийзачу сан.

...Йаздинарг-м ца карий, амма
Карийра илли дlааьлларг.
Хир ду-кх и йаздина цхьамма,
Хlетахь ша ойлане ваьлла.

Цу иллин-м хан хилла шорта,
Йаздинарг хир а вац хlинца.
...Олург а, къежбелла корта,
Халла ша дlатекхаш хилча.

«Автор а ца вевза суна»,
— бохура илланчас соьга.
Тера-м ду аьллачух хьуна,
Йаздина санна ша хьоьга.

Матагов Ихьсан

hazayoza🕊

04 Nov, 14:22


Чехайелаш со,
Йезарна бакъо..,
Ахкалаш некъаш,
Сацийта гlулчаш.
Тийса дlовш, лаахь,
Цlийн lовраш талхо,
Ницкъ ма бу дегlехь —
Дарбане дерзо.
Гойту аш харцо,
Кlеда дог марца.
Оьгlазло толлуш,
Сох бехкаш хьарчо,
Гlалаташ лоьхуш,
Бехдан сан марчо,
Ца кхеташ гойту,
Шайн синан эрчо.

Аьлла дац эрна:
«Вочух хьо ларло»,
Ца ларлахь кхана,
Хьо царах тарло.
Шаьш саннарш дебош,
Хилахь хьо гlоьнча ,
Хир ву хьо вегош,
Барт хатта боьлча.

Эрна ду, эрна,
Гlиттар шун кхелан.
Мел лаарх йага —
Хьакъ ду сан къага.

Жоьпаллехь сайха —
Со, Далла хьалха.
Сонталлех кхетта,
Йиш йац сан кхалха.

Бисултанова Фариза

hazayoza🕊

04 Nov, 06:17


«Лело уггар аттаниг, лелийча уггар хазаниг хlун ду?» — хаьттича,
жоп доцца хуьлу :
«Гlиллакх»

hazayoza🕊

26 Oct, 07:10


Шун хьовса аьтто бу оха тхайн ницкъаца йаьккхина «Йахь» ц1е йолчу нохчийн фильме.
Турпалхой - доьналлех, майраллех, нохчаллех дог дуьзна кегий нах.
Коьртачу турпалхошна хьалха х1уттучу чолхечу хьолах а, цу чолхечу хиламах, йахь а ца йожош, церан чекхбовларх а йу фильм.
Кху т1ехь къахьегначу тобано шайн йолчу техникийца а, болчу аьттонца а цхьана дийнахь йинчу съемкашца материал цхьанатоьхна, йаьккхина йу х1ара фильм.
Тхайн ма-хуьллу хьалхалерачу заманан хьелаш гайта г1ерташ, къахьегна оха. Тхо оцу 1алашоне кхаьчна, йа ца кхаьчна хьовсархошка билгалдаккхийта лаам бу тхан.
Кху йуккъехь дакъалаьцна актераш, дукхахберш, дуьххьара х1уьттуш бара камерина хьалха, х1унда аьлча, актеран корматалла йоцуш болу къона йаздархой а бу кху суьртан актерийн мог1арехь.
Тхуна даггара баркалла ала лаьа х1ара фильм йоккхуш накъосталла мел диначарна, Йаздархойн союзан куьйгалхочунна Ельсаев Аламахьадна, тхуна орцах мел ваьллачунна а. Дала диканца бекхам бойла!

Литературин клуб "Поэзин суьйре", Кинойукъарло "Larma" 2024 шо

hazayoza🕊

26 Oct, 07:10


https://youtu.be/IwkM_tqdib4?si=CAshERJhkagqDLav

hazayoza🕊

24 Oct, 18:04


https://www.instagram.com/reel/DBgu-XKt6tK/?igsh=cjV5YW0wbjd5Y2x3


Ассаламу lалайкум!
Шуьгара цхьажимма гlо-накъосталла оьшу🤝🏻
Йиш йолчо кху ссылкан тlедовлуш лайк йилча, йа жимма йаржийча гlо хир дара.
Дукха ца lаш йукъайер йолуш йу оха цхьаьна болх бина, Багаев Акрамана йаздинчу дийцар тlера йаьккхина кино.

hazayoza🕊

22 Oct, 18:58


* * *

Сан биографин цхьалхачу сохьташкахь
Соьлжано суьйре лаьмнашкара йохьушшехь
Беттаса мархашлахь довшшехь
Анайистера стогаршца сиэга цхьа маьждиг
Кхайкха саг воцург кIора санна Iаьржаниг
Тийса са доцуш кхин ша-шега хьоьжу са
Дагалецамаша йемалдина лацаделла дог а
Аре къайлайолу корпусийн дахкарлахь
МIаьргонашца азло хан шен дохкойийларехь
ТIепаза бов безам сан цхьаьна хIуманца бала
Деккъа цу минотехь го ма-дарра ша дахар
Патарийн шах-тата седарчийн кана

Дидин Шемал, 2024-гIа шо

hazayoza🕊

20 Oct, 18:17


Деношкахь йукъайер йу хlара «ЙАХЬ» цlе йолу йоцца кино...
Хlара дийцар тlера йаьккхина йу, (Багаев Акрамана йаздинчу)
Дакъалоцурш къона йаздархойн тобан декъашхой бу.
Иштта кхидlа а болх бан lалашо йу вайн.

hazayoza🕊

17 Oct, 08:08


hazayoza🕊 pinned an audio file

hazayoza🕊

17 Oct, 08:07


#назаказ

дlалокхург : Абубакарова Мата
дешнаш : Минцаев lальви

⤵️
https://t.me/abubakarovaa95

hazayoza🕊

16 Oct, 07:11


Хаийша доьху ас нах,
Безабуй Бепиган мах,
Хаттийша къаношка вайн,
Мацалло эгирий дай?

Х1инца а болуш бу вайн,
Мацалла йевзина дай,
Хууш берш Бепиган мах,
Дешийца буьстинарш мах.

Кхийлинарш цуьрг дужу лардар,
Доьзална цхьабосса нисдан,
Межарг а къийлинарш буйна,
Цуьрг йукъа дехкинарш дуйна.

Вай тахна маршонехь деха,
Хан хиларх д1айаьлларг йеха,
Хаийша Бепиган мах.
Дайн весет лардайша нах.

Сакаева Мадина

hazayoza🕊

16 Oct, 07:10


Хлебное поле

Под снежным покрывалом отдохнув,
С весенним ветром оживает поле.
Певцы полей, рассыпав трели вновь,
Нам дарят звонкий гимн о хлебном море.

Свой вес колосья быстро наберут.
Тепло и дождь – питающая сила.
Пусть от души честь хлебу воздадут
Кто о нехватке хлеба в мире слышал.

Нелёгкая работа хлеб растить
Для трапезы и в праздники, и в будни .
Должны мы хлебороба труд ценить,
И славить их натруженные руки.

Колышет ветер тучные хлеба,
Глаз радует тугой пшеничный колос.
Источник жизни, греющий сердца, -
Хлеб славит на века мой тихий голос.

Азман Джабраилова

hazayoza🕊

16 Oct, 07:01


Баьпкан хьожа

Бакъдолчух бакъдерг ду – комаьрша латта.
И охуш, дIатасахь бакъдолчун зирх,
Шен бакъ цо схьалур ду – хьийкъина йалта,
Малхехьа кхевдина, гIоттур ду ирх.

Ялтано вовзуьйту яхьйоцу къуонах.
Цуьнан эхь тIаьхьенна тIехь дуьсуш ду,
Йалтано лардо вай мацаллин вуонах.
Вайн дайша йалтанах биъна шайн дуй.

Сайн шуьне кхаьчначу баьпке со хьожу.
Леррина схьагулдо массо а цуьрг.
Муьйлу ас цу баьпкан ша-тайпа хьожа!
Къуьйлу ас и беркат кхиийна куьг!

Къеначу лаьттан хьу хаало суна,
БIаьстенан мерзачу хIаваан чам.
Ткъа цаьрца иэелла хьожа йу гуонах
РаьгIнашка дижначу кIедачу чен.

Цу баьпко хозуьйту тракторан гIовгIа.
Схьайетта арарчу аьхкенан тов.
Цо соьга кхийдадо дахаран совгIат –
--Маьлхера схьаэцна зIаьнарийн цIов.

Бу цуьнца мелачу догIанан цинц а,
Ахархойн хьацаран туьха а ду.
Баккхалур бу аьлла хетийца хIинца
Чолхечу дахарехь муьлхха а гу.

КIа-деших йазйелла комбайнан бункер –
Йалтано дебадо Даймехкан зовкх.
Ду иза дахарехь коьртаниг уггар,
Массо а стеган ирс даьккхинарг сов.

Сайн шуьне кхаьчначу баьпке со хьожу.
Леррина схьагулдо массо а цуьрг.
Муьйлу ас цу баьпкан ша-тайпа хьожа!
Къуьйлу ас и беркат кхиийна куьг!

Исмаилов Абу 1976 шо

hazayoza🕊

09 Oct, 10:50


Ларйан халачу баьрченал
маьрша неlсагlе тоьлу.

Хьалкъан кица

hazayoza🕊

09 Oct, 06:36


Йаржайе🤝🏻

hazayoza🕊

08 Oct, 16:30


***
Дуьненан аьттонаш гинарг,
Хьуна ма хала хин дай,
Дуьненан рицкъ кхачадина,
Іожалло неl тоьхча хьайн.

Хьайх йуьсург тӀаьхьало хетта,
Къастаран бала луш баз,
Дуьненан марзонех кхеттарг,
БӀарзлур ву-кх хьо чIогӀа, бӀарз.

Дуьненахь со-м декъал хилла
(Хастам бу-кх Хьуна, йо Дела!),
Дуьнено, аьттонаш бина,
Со Іеха ца вина дела.

Абдулаев Леча 1989 шо

«НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ»
[агlо — 108]

hazayoza🕊

07 Oct, 12:25


* * *

Гуьйре дика хуьлда хьан,
Iа сиха гIойла,
маьлханца лепа,
маьркIаженца кхола,
кху отин корана виси-кх со ткъа,
цхьа дош туьллуш вукхачу дешна,
кибарчигаш санна,
иштта лард кхуллуш синкхетамна а,
вайн безамна а,
уьш вовшех схьадаьлла ма дуй-кха;
ткъа Iожалла ма йеца
вайна церг хьекхош,
къеналла ма йеца
сахьташ схьалехьош,
амма цкъа хьалха хир бIаьстенан денош,
вуно ма шуьйра беца Делан къинхетам.

Дидин Шемал

hazayoza🕊

07 Oct, 11:32


Цlенна Аллахlан дуьхьа лелаш верг гlамарш тlехула дlавоьдучух тера ву, цо йохучу гlулчийн тата ца хеза хьуна, делахь а цуьнан лараш го хьуна.

hazayoza🕊

06 Oct, 16:41


Сан деган чов йерзо, хир вац кхин цхьа а,
Хьан деган мохь берзо хир вац кхин цхьа а.
Хьо муха йаьхьа-те, соьга кхин дийца?
Хьо муха йаьхьа-те, дахарш вайн хийца?

Марзонан гlирс бевзаш лелаш со велахь,
бухбоцу безаман ши дахар делахь,
дийцахьа, хьан дахар — муха?.. хьайн дéлахь!
Хьуо йухайирзича, соь хаам белахь.

Делахь а, тахна а тешаш ву хьоьха,
тешна ву, къовлур дац дог ахьа соьха.
Адамашна йукъахь со лоьхуш ву адам.
Кху хьоле кхаччалц хьо, ца lий-кха lадда-м.

Эльбиев Анвар

(16 шо) ду кхуьнан...
Шуна муха хета?

hazayoza🕊

06 Oct, 14:52


hazayoza🕊 pinned an audio file

hazayoza🕊

06 Oct, 14:52


hazayoza🕊 pinned an audio file

hazayoza🕊

06 Oct, 10:25


#назаказ

ДЕНА ЛЕРИНА...

дlалокхург : Абубакарова Мата
дешнаш : Минцаев lальви

https://t.me/abubakarovaa95

hazayoza🕊

06 Oct, 07:04


***

Хьуна хӀетахь соьца карийнарг хӀинца а къона лаьтта,
суна хӀетахь хьоьца карийнарг-м къаналлина букар лаьтта.

Хьоьгарчу дашна жоп хилла, гӀаьтти сан дош а,
хьоьгарчу пурбанца даьккхи цо безамна каш а.

Дерриге хьуна цхьанна,
Дерриге суна цхьанна,
хилла и ца диси тахана.
...Ца диси оцу хьан бехкенна бехк боцчу безамна хьаьхнарг.

Диси и суна а,
диси и хьуна а
Iовжаме хилла.
ХӀоьтти и
хьуна а,
суна а
дегнашкахь сийна цlе йилла.

Хьо бен кхин безаман чам барий
дуьненахь баккха?
Хьо бен кхин lехаван гlан дарий набаре даккха?
Йа со бен хьан а ма йацара безаман марзо,
дахарах йоккхайеш, хьайн даге самукъа даржо!

Матагов Ихьсан

«Тийналлин гlовгlанехь» — цlе йолчу гулар тlера.
[агlо — 14-15]