Хаттар: АллахIа Шен маликашна юккъехь хьуо хасто лаьий хьуна?
Жоп: Марха лаца Iуьйкъана гIоттуш хила, АллахIа Шен маликашна юккъехь хастор ву хьо, цуьнан тоьшалла:
Ибн Iумара (АллахI реза хуьйла цушинна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла:
«АллахIа а, Цуьнан маликаша а салаваташ дохку Iуьйкъанна гIовттуш болчарна».
- АллахIа Шен лена салават диллар бохург Шен маликашна юккъехь АллахIа и хастор ду. Ткъа маликаша лена салават диллар бохург маликаша цу лена доIа дар ду, гечдар дехар ду, Имам Бухарис а (АллахIа къинхетам бойла цунах) цунах дерг иштта билгал ма-дарра.
- Ткъа мархина кечамна хьалагIоттуш волчун дозалла иштта хилча, и марха кхобуш волчун мел дозалла хила деза?!