Dishni (@so_dishni)の最新投稿

Dishni のテレグラム投稿

Dishni
💫ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна.

Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI
1,191 人の購読者
1,189 枚の写真
193 本の動画
最終更新日 06.03.2025 09:17

類似チャンネル

lадлан Харачо
2,296 人の購読者
ан-Нур
1,997 人の購読者
sʜɪsʜᴀɴ
1,858 人の購読者

Dishni によってTelegramで共有された最新のコンテンツ

Dishni

21 Nov, 07:19

482

🔴👆👆👆👆👆     👆👆👆👆🔴

🔵Шайх Вахьидан🔵 куьйгаллица йолчу «Ӏакъидатан Академехь» долош керла дешархой схьаэцар ду.

Дешаран йиъ курс ю, шина шаран ду дешар.

Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу йиъ курсехь.

Йиъ курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.

Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу хӀара цу кепара.

Дешарна дӀа кхузахь ➡️ https://forms.gle/fVWsLmRbHxa1eLKZ7 вазло, 29-гӀа жумадал-ула 1446 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 01.12.2024 кхаччалц.

Хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, курс чекх яьлла керла курс йолалуш бен.

😌☺️😌😉😛😉😌   😌😚😌😉😌

✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.

✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.

✔️Экзамен чекхъяла 50 сов бал яккха еза.

✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.

Дешаран денош:

👆Оршот-де.
👆Шинара-де.
👆Кхаара-де.
👆Еара-де.

Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.

Дарсан хан: 1-2 сахьт.

Академин дешар дӀадолалур ду: 01.12.2024.

✈️Академин хьоста
https://t.me/Akidatan_Akademi_2
Dishni

18 Nov, 19:18

460

Ламазан дарсаш иштта суннатехь деан долу до1анаш а.
https://t.me/lamazandarsash
Dishni

17 Nov, 20:22

395

https://tlgg.ru/so_Dishni
Dishni

07 Nov, 13:26

491

1илма 1амаде
Dishni

07 Nov, 03:41

481

https://youtu.be/XqQeDp4BkPg?si=2uTTKKVWtrVtJkcA
Dishni

31 Oct, 20:04

522

⁠Дена-нанна дика хилар ахь айхьа язъеш йолу хьан истори ю хьуна, ткъа иза хьан бераш юьцур ю. Цундела, хьайн яздар дика (исбаьхьа) хилийталахь.
https://tlgg.ru/so_Dishni
Dishni

31 Oct, 20:00

110

Мисрера совг1ат🙈
Dishni

31 Oct, 18:32

479

Тайп-тайпана социал-сетеш хьоьгахь информаци хиларх тоьаш дац, цуьнах 1илма ца хуьлу , нагахь санна 1елимнахана хьалха охьа а хуьйшуш и информаци вовшах а туьйсуш некъаш (правилш)хьо 1амайна вацехь..
https://t.me/so_Dishni
Dishni

31 Oct, 18:31

371

Ийманан ох1луна хуьлу шен безам, цера уггаре ч1ог1а болу безам Лекха волу Аллах1ан букх.
Dishni

31 Oct, 17:46

379

1408-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Хӏусамнанас чохь дов мосазза долу, маьттаза къамелаш дуьйцу, ша йита а йитий цӏа яхийта реза вацахь олу. Инзаре иэхье къамел до, шен ша иштта йолуш мегар волуш стаг карор ву бохуш. Со шен телпоне хьажа гӏоьртича тӏе а кхетий схьаоьцу соьгара, ахь хӏун леладо аьлча ас, тӏехьийзачу кӏентан чаташ ю шен бохуш, сан дог этӏош къамелаш до. Цуьнан чаташ йоций-м шеко яц сан, делахь а, суна уггаре а новкъа догӏур дуй хууш дуьйцу цо уьш. Аша насихьат дича, ас цунна и хозуьйтур дара, ас мел хаза дийцича а тергал ца до цо.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо