Хьалха заманахь хилла долу гӀиллакхаш дӀадоьвла, гӀиллакхаш хийца делла, тахана кегийра наха къамелаш до шай гӀиллакхах бухий, бусалба динан дозанашкара ара а бовлий къамелаш до цара, дукха ирча къамелаш дарна хӀокху динах кхарда герга а хуьлу уьш, Дала лардойла иштта долчух.
Вайн берашна Къуръан диц делла тахана, эшаршка ладугӀуш бу уьш, эшарш дагахь Ӏамош бу уьш, Къуръан дӀатесна цара, пайда маьл боцу хӀуманаш Ӏамо буьйла белла уьш.
Хьуна карор бу хьун уьш лартӀахь ламаз эца ца хууш, йа маьждиге боьду некъ ца боьвзуш.
Цундела тахан соьга дийцита хьайг Ислам динехь бера муха кхио деза!
Дуьххьара доьзал кхиорна бух иза Дена тӀера дӀаболалуш бу хьуна, хӀунда аьлча и доьзалхо шен Дена массо хӀумангахь тӀехьа возуш ву, и ваьлчиге волу иза, цуьнан лорах дӀавоьду иза.
Дала боху шен сийлахь долчу Къуръан чохь: «Аша АллахӀ хьеха войла, шай Дайша хьеха вари терра.»
Доьзалхо кхиорехь уггаре йоккха асар йеш верг Да ву, цундела Дас гайта дезаш ду хаза хин долу масал.
ХӀокху вай вовшах кхетта йолу мажлисехь суна хьахо луар ду коьрта ши хӀума,
Хьалхарниг: и хьуна Дала велла волу доьзалхо ниӀмат хилар ду.
ШолагӀниг: и бахьан долуш хьоьгара Дала жоп доьхург хилар ду.
НиӀмат мича хӀумангахь ду аьлча, и доьзалхо ахьа кхио ма везза нийсачу новкъахь кхиа вахь хьуна Делера йал хуьлуш йу, оцу доьзалхочо дика болх бича хьуна йал хуьлуш йу, и доьзалхо Делера доккха ниӀмат ду, и доккха ниӀмат хилар Дала шен сийлахь долчу Къуръан чохь билгала доккху: «Нохьа пайхамар шен къоме къамел дечу хенахь цо олу, (Нохьас бах) Аса элира сан къоме: Аша гечдар деха шеш кхиош, кхобуш волчу шайн Деле, баккъалла а иза гечдеш ву, (Дала) шуна стиглара догӀа доуьйтура ду, беркаташ тӀе дуьттура ду, иштта доьзалш лур бу шуна.»
Кхечу аятехь боху Дала: «Даьхниш а, Доьзалш а дуьнен дахаран хазалшаха ду хьуна.»
Боккъалла а доккха ниӀмат ду и доьзалхо шен хьокъехь дийцина вера а воцуш.
Иштта вай ма аллара шолагӏниг хьоьгара Дала жоп доьхург хилар и доьзал бахьан долуш, ахьа иза муха кхиа вина аьлла.
Ахьа лела дина долу хӀуманашха Дала хьога хоттур хиларе терра, иштта цо леладинчух а хоттура ду хьуна хьоьга Дала, хӀунда аьлча иза кхиийнарг хьо волун дела.
Дала шен сийлахь долчу Къуръан чохь билгала дина иза: «ХӀай ийман диллинарш аша ларде шай догӀмаш а, шай охӀлу а жоьжагӀатан цӀарах».
АллахӀ ца Ӏийна декъ шай догӀмаш лар де аьлла, муххале а Дала аьлла: шай догӀмаш лар де, шай охӀлу лар де, оцу аяташна тафсир деш Ӏеламчу наха «охӀлу ларде» бохучух лууш дерг: «Царна АллахӀан дазонаш довзийта, хьарам дерг, хьанал дерг довзийта, шариӀат дазонаш Ӏамадар» ду боху, хьай дегӀ лардина аьлла кӀелхьара вера вац хьун хьо къемата дийнахьа.
Доьзалхо муьлх-муьлха а кепара кхиийча волуш вац хьуна, къестина АллахӀан дин тӀехь кхио везаш ву хьуна иза.
Диц ма делахь ахьа цуьнан ца Ӏамийна долчу хӀумангахь хьоьгара барт хоттура бу хьуна, масала и цхьа хьарам долу хӀума лелош волуш, хьо цуьнга хӀумма олуш воцуш Ӏаш валаххьа хьуна хаийла цуьнан къемата дийнахьа хира долу Ӏазап хьуна а хира дуй.
Пайхамара ﷺ аьлла: «Шух хӀора а Ӏу ву шен куьйга кӀелахь долчун, шух хӀора а ву шен куьйга кӀелахь долчух (Дала) хоттура долуш.»
Нагахь санна хьан доьзалхо нийсачу новкъа ца валахь, ахьа цхьанненна бехка ма буьллийла хьай дегӀан бен, хьо ву хьуна цу хӀуман бехке.
Къемата дийнахьа масане вогӀур стаг АллахӀан дуьхал, ша дина долу Ӏибадат кӀеззиг долуш, амма шел тӀехь дика хин волу доьзалхо витина, и доьзалхо бахьан долуш дуккха а пайда хира болуш.
Иштта Пайхамара ﷺ аьлла: «Къемата дийнахьа цхьа къонах хӀуттура ву АллахӀан хьалха, и къонах ша цецвуьйлуш хира ву Дала шена делла долу даржнашха, тӀаккха эра ду цо: «Я АллахӀ, хӀара мичар даьлла шена, ша дуьненчохь волуш дина дукха Ӏибадат ма вацар? Дала эра ду цуьнга: «Хьан доьзалхочо хьун гечдар дехар ду хӀара.»
Иштта кхечу хьадийсехь аьлла Пайхамара ﷺ: «Стаг велча кхо хӀума дуьсу цунна дуьненчохь (къемата дийнахьа цунна пайда бийра болуш), лелаш долу сагӀа а, шеца пайда оьцуш долу Ӏилма а, дика хин волу доьзалхо а.»