AL-Furqaan @alfurqaanru Channel on Telegram

AL-Furqaan

@alfurqaanru


AL-Furqaan (English)

Are you looking for a Telegram channel that provides daily inspiration, motivation, and guidance? Look no further than AL-Furqaan! This channel, with the username @alfurqaanru, is dedicated to sharing verses from the Holy Quran, along with their meanings and interpretations. Whether you are a student of Islam or simply looking to deepen your understanding of the Quran, this channel is for you. Every day, you can expect to find new posts that will uplift your spirits and help you connect with your faith on a deeper level. AL-Furqaan is a community of like-minded individuals who are passionate about learning and growing together. Join us today and embark on a journey of spiritual growth and enlightenment. Let AL-Furqaan be your guide in navigating the teachings of the Quran and finding peace and solace in its words.

AL-Furqaan

09 Apr, 16:28


Такбиры до праздничного намаза:

‎وكان ابن مسعود يكبر فيقول
: اللَّهُ أَكْبَرُ اللَّهُ أَكْبَرُ لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ ، وَاللَّهُ أَكْبَرُ اللَّهُ أَكْبَرُ وَلِلَّهِ الْحَمْدُ

‎[ مصنف ابن أبي شيبة 5697 ]

Ибн Масуд, да будет доволен им Аллах говорил:
Аллаху акбар, Аллаху акбар, ля иляха илля Ллах, ва Ллаху акбар, Аллаху акбар ва лиЛляхи ль хамд

‎وكان ابن عباس يكبر فيقول: اللَّهُ أَكْبَرُ كَبِيرًا, اللَّهُ أَكْبَرُ كَبِيرًا, اللَّهُ أَكْبَرُ وَأَجَلُّ ، اللَّهُ أَكْبَرُ وَلِلَّهِ الْحَمْدُ.

‎[ مصنف ابن أبي شيبة 5701 ]

Ибн Аббас, да будет доволен ими Аллах, говорил:
Аллаху акбар кабиран, Аллаху акбар кабиран, Аллаху акбар ва Аджаль, Аллаху акбар, ва ли Лляхи ль хамд.

AL-Furqaan

13 Mar, 21:49


Массо а [дуьненахь] безна доттагlий вовшашна мостагlий хир бу цу дийнахь, [Делах] кхоьруш хилла боцурш.

Хlай, Сан лайш! Тахана кхерам хаалур бац шуна, йа гlайгlане а хир дац шу.

Шу тхан айатех тешначарах дара, бусалбанаш а дара.

Йалсамани чу гlо шайн зударшца цхьаьна, даккхий а дедеш.

Царна гонах хьийзар бу [кегий къонахий] дашо бошхепашца а, кедашца а. Хир ду цигахь церан синош мел хьегнарг а, бlаьргашна мел дезнарг а. Цу чохь гуттар а lийр ду шу.

Сура 43:Аз-Зухруф (Хаздергаш-Украшения).
Айаташ 67-71

AL-Furqaan

10 Mar, 18:46


Доьххьарлера таравихь.
Аллах1а х1ар Рамадан бетта дал ма дезза хьакъ д1а дала доьналла, яьхь лойла вайна!

AL-Furqaan

18 Feb, 08:35


Боккъалла а, собаре карийра тхуна и. Ма дика лай вара-кх иза! Боккъалла а, [Аллахlе] воьрзура иза даиманна а.

Хьахабе Тхан лайш Ибрахlим а, Исхьакъ а, Йакъуб а, [lибадатехь] чlогlа а, [Аллахlан динна] дуьхе кхуьуш а хилла болу.

Оха къастийра уьш – цара даггара [эхартара] lойла хьехорна.

Боккъалла а, уьш Тхуна гергахь – хаьржиначарах, дикачарах бу.

Сура Сод
Аяташ: 44-47
Доьшург: Мухьаммад Накийдан

AL-Furqaan

06 Jan, 22:06


Хlай, иймандиллинарш! Муьтlахь хила Аллахlана а, Цуьнан элчанна а. Букъ а ма бетта цунах, шайна хезаш хилча.

Дlа а ма тарлолаш олучарах: «Тхуна хезнера», шаьш ладугlуш а боццушехь.

Сура Аль-Анфаль (Х1онцаш-Трофеи)
Айат 20-21

AL-Furqaan

23 Dec, 09:57


رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا وَلِإِخْوَانِنَا الَّذِينَ سَبَقُونَا بِالْإِيمَانِ وَلَا تَجْعَلْ فِي قُلُوبِنَا غِلًّا لِّلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا إِنَّكَ رَءُوفٌ رَّحِيمٌ

«Тхан Дела! Гечдехьа тхуна а, тхол хьалха иймане баьхкина болчу тхан вежаршна а! Ма чlагlйехьа тхан дегнаш чохь хьагl-гамо иймандиллиначаьрга. Тхан Дела! Боккъалла а, Хьо ву-кха – Кlеданиг, Къинхетамбийриг».

Сура 59 Аль-Хьашр (Гулбар)
Айат 10

AL-Furqaan

13 Dec, 23:08


Мухьаммад – Аллахlан элча ву. Цуьнца берш керстанашца буьрса бу, ткъа шайна йукъахь къинхетаме бу. Гуш ду-кх хьуна, уьш рукуlе a, сужуде а муха оьху, Аллахlан комаьршалла а, [И] резахилар а лоьхуш. Церан билгалонаш – сужудаш дина, церан йаххьаш тlехь хlиттина лараш йу. Иштта дийцина ду церан куц Товрат тlехь. Ткъа Инжил тlехь-м [дlадийначу] йалтин [аренах] тардина дийцина церан куц, шена тlехь зlийдигаш хьала а гlоьртина, цо чlагlдина, стамделла, шен гlода тlехь ондда хьаланисделла долчу, дlадийнарш баккхий а бебеш. Аллахlа далийна хlара масалш – цаьргахула керстанаш дарбархьама. Аллахlа ваlда дина – ийман а диллина, дика lамалаш йиначарна гечдар а, сийлахь-йоккха йал а.

Сура Фатхь (Толам)
Айат 29
Доьшург: Ясир Ад-Даусари

AL-Furqaan

09 Dec, 21:13


Нагахь уьш хьуна гича, уьш [жоьжахатин] цlарна хьалха совцийначу хенахь. Цара эр ду: «Эхl, тхо йуха [дуьнен чу] даьхча! Оха тхайн Делан айаташ харцдийр ма дацара, тхо муъманаш а хир ма дара!».

Хlан-хlан! Царна, цара хьалха хьулдеш хилларг схьаделладелла, [цундела боху цара иштта]. Нагахь йуханехьа уьш [дуьнен чу] баьхча а, билггал, шайна цамагийначуьнга йухабоьрзур ма бара уьш. Боккъалла а, уьш харцлуьйраш бу.

Сура Ан1аам (Хьайбанаш)
Айаташ 27-28

AL-Furqaan

08 Dec, 12:31


[Хlай, Пайхамар!] Хьо хазачу собарца чекхвала.

И [lазап] генахь хета царна.

Тхуна-м и йуххехь го.

Цу дийнахь, стигал лалийначу цlастанах тера дlахlоьттича,

лаьмнаш а тlаргlанах тера дlахlиттича,

гергарниг гергарчуьнга хетта хlуттур вац,

шаьш вовшийн гуш хир боллушехь а. Зуламхочо сатосур ду цу дийнан lазапах кlелхьарвала, шен кlентий ца кхоийна а,

шен зуда а, шен ваша а ца кхоийна а,

шена гlо деш хилла долу шен тайпа ца кхоийна а,

лаьтта тlехь вехаш мел верг ца кхоийна а – цул тlаьхьа ша кlелхьарвалархьама.

Хlан-хlан! Иза – жоьжахатин цlе йу,

коьрта тlера неl доккхуш йолу,

[иманах] букъ а тоьхна, дlавирзинчуьнга тlекхойкхуш йолу,

[даьхни] а гулдеш, и дlалечкъош 1ийначунга.

Сура Ма1ааридж (Т1ег1анаш-ступени)
Айаташ 5-18
Доьшург: Мухьаммад Аль-Люхьайдан

AL-Furqaan

07 Dec, 12:53


Кхаъ баккха муъма-нахе – тобанаш дечу, lибадаташ дечу, хастамаш бечу, марханаш кхобучу, рукуlаш дечу, сужудаш дечу; диканиг де олий, омранаш дечу; ма де олий, вониг доьхкучу; Аллахlан дозанаш лардечу.
Сура Ат-Тавба (тоба дар)
Айат 112
Доьшург: Мухьаммад Аль-Люхьайдан

AL-Furqaan

29 Nov, 22:10


Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а Аллахlан цlарца! 1.

Хастам бу Аллахlана - lаламийн Дела волчу, 2.

Къинхетамечу, Къинхетам беш волчу, 3.

къематан дийнан да Ша волчу! 4.

lибадат а Хьуна цхьанна до оха, гlо а Хьоьгара цхьаьнгара лоьху [oxa]. 5.

Нийсачу новкъа нисде Ахьа тхо, 6.

Айхьа дикадинчеран новкъа, Хьайн оьгlазло хиллачарах а, нийсачу некъах тиллачарах а боцуш болу. 7.

Сура Фатихьа (Схьадоьллург)

AL-Furqaan

29 Nov, 21:25


Цу дийнахь стигал, эккха а иккхина, мархашца [дlалаьцна] хир йу. Маликаш а диссор ду [охьа].25.

Цу дийнахь бакъ паччахьалла Къинхетамечунгахь хир ду. И керстанашна хала де а хир ду! 26.

Цу дийнахь, шен куьйгех ка а йетташ, зуламхочо эр ду: «Дависа-кх, элчанан некъана тlаьхьахlоьттина хилла велира-кх со! 27.

Хlай, сан хlаллакьхилар! Aca сайн накъост хьенех лаьцна хилла ма велара-кх! 28.

Со дагадаийтарх, иза соьга схьакхаьчначул тlаьхьа цо вохий-кх». Боккъалла а, шайтlано адам дlатосу-кх [бала тlебеъча]». 29.

Элчано элира: «Хlай, сан Дела! Сан къомо хlара Къуръан дlатеси-кх» 30.

Оха хlора пайхамарна а зуламхойх иштта мостагlий бина-кх. Амма тоьуш ду-кх хьан Дела хилар, нийсачу новкъа нисвеш верг а, гlо деш верг а. 31.

Сура Аль-Фуркъан (Къастамбийриг)

AL-Furqaan

22 Nov, 14:18


Ахь ала (х1ай Мухьаммад, ﷺ ) шайна т1ех сов къинош деш хилла болу сан лайшка: Аш дог ма дилла Аллах1ан къинхетамах, боккъалла а Аллах1а геч до масса къиношна. Бокъалла Иза геч дийриг, къинхетаме верг ву.

Сура Аз-Зумар (Тобанаш)
Айат 53.

AL-Furqaan

19 Nov, 11:35


Оха, билггал, зуьйр ду шу цхьа кlеззигчу кхерамца а, мацаллица а, бахамаш, синош, стоьмаш эшорца а. Собаречаьрга кхаъ баккха.
Сура Бакъара
Айат 155

AL-Furqaan

18 Nov, 10:50


Хlора сино а валар lовшур ду. Тlаккха шу Тхоьга дерзор ду.
Сура 1анкабут (Гезиг)
Айат 57

AL-Furqaan

19 Oct, 17:42


اللهم امين

AL-Furqaan

19 Oct, 17:41


Крохотной вспыхнув кометой,
Вдруг пролетела звезда- значит на этой планете Чьи-то умолкли уста..значит, в безмолвной сей ночью Где-то в неравном бою, Воин закрыл свои очи, Чтобы открыть их в Раю.....