лоьрийн йоза санна.
Ас хьан йелар бlозза дешна,
тера доцург цхьаннех...
Суртдиллархо со вацахь а
кхачош дийнна къолам,
кехата тlехь къайллах ди ас
хьан бlаьргашна къола.
И хьан «бlаьрхи-жовхlар» дерриг
къайладаккхал кlорга
хьан бесни тlехь кlаг бу, берриг
дашо болуш, горга.
Суна тов хьан оьгlазалла —
тlаус, кlайн бос болу.
Цуьнца йу-кха шен хазалла
бlаьргаш lехор болуш.
Амал йеша, суртдилла со
говза хиларх, амма
хьоьга «йеза» аллал говза
ма ца хили со-ма.
Минцаев lальви 21.06.2022 шо