Хьадисаш

@hadiisash


📜 Нохчийн маттахь хьадисаш

Хьадисаш

18 Oct, 07:01


АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

Хьадисаш

09 Jul, 09:45


Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Аллахl воцчуьнца дуй биъначо керстаналла дина я ширк дина».

[Тирмизий: 1535]

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

08 Jul, 10:45


Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Наний, цуьнан берий вовшахкъастийнарг Аллахlа къемат-дийнахь шена безначех воккхур ву».

[Тирмизий: 1283]

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

07 Jul, 08:40


Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Муьлхха а зуда маре йодахь, шен валигара пурба а доцуш, и мах хилла бац, и мах хилла бац, и мах хилла бац!».

[Тирмизий: 1102]

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

06 Jul, 19:40


Абу Хlурайратна (Аллахl реза хуьйла цунна) ши стаг гира, цушиннах цхьаьнга элира цо: «Хьоьца верг мила ву хьан?». Цо жоп делира: «Сан да ву», - аьлла. Тlаккха (Абу Хlурайрата) элира:

«Цуьнан цlе а ма яккха, цунна хьалха валий а ма гlо, цул хьалха охьа а ма хаа».

[Ал-адаб ал-муфрад: 44]

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

06 Jul, 13:17


https://youtu.be/fW9zSLCtGJA?feature=shared

Хьадисаш

05 Jul, 12:28


Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Цхьамма марха кхабахь Аллахlан новкъахь, Аллахlа и 70 шаранна жоьжахатина генавоккхур ву».

[Сахьихь Муслим: 1153]

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

04 Jul, 12:29


Аллахlан Элчано (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Марха кхобучунна ши хазахетар хир ду: цхьа хазахетар марха достучу хенахь ду, важа шен Далла дуьхьалавахча ду».

[Сахьихь Муслим: 1151]

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

03 Jul, 12:17


Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) аьлла:

«Бусалба стага шен доьзална харж йича, Аллахlана гергахь шена ял хиларе са а туьйсуш, и цунна сагlа лорур ду».

[Сахьихь Муслим: 1002]

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

21 Apr, 20:19


853-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дикка хан чохь схьадохьуш хlума ду ас хlара. Сан ваша нийса йоцу тобанах кхетта ву, со lаддаlийча а ца юьту цо, наггахь сан юьхь юьйхуш хlуманаш а дуьйцу, сох ца вешаш, сан кхетам нийса бац, со муржиахо ю олу цо, тlаккха динчуьра араяьлла олу, ас нах динчуьра арабойла бохуш яккхий цlерш ца йийхича, хlинца лан хала ду суна, дог лозу сан цунах, Аллахlе доlанаш а до ас цунна и нисвар доьхуш, ас муха хlун аьлча я хlун дича дика хира дара те ишттачу меттехь? Чӏогӏа холчухӀутту со и суна тlевирзича.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Хьадисаш

11 Apr, 12:18


Барам чехкка дIабахьа беза

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьйла цунна) аьлла:

«Ницкъ ма-кхоччу сихха велларг дIахьо. Нагахь иза дика (адам) хиллехь - (чехкка) диканна тIевуьгу аша иза, нагахь иза иштта ца хиллехь - (чехкка) шайн вортанашна тIера вон охьадуьллу аша».

(Бухари: 1315, Муслим: 944)

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

26 Sep, 08:35


Коша тlе охьахаар хьарам ду

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Боккъалаъ, шух муьлххачунна а гIолехь ма ду - кошана тIе охьахуучул а духар дагош чекхбаьлла, чкъурана тIе кхочуш болучу богучу кIоранна тIе охьаховшар!».

(Муслим: 971)

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

25 Sep, 07:50


Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:

«Шух цхьаммо хIуъа а хилча а пIерасканан дийнахь марха ма кхобийла, нагахь цул хьалхара (еарин) де а я цунна тIаьхьадогIу (шоьтан) де (а кхаба дагахь вацахь)».

(Бухари: 1985, Муслим: 1144)

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

24 Sep, 07:50


Абу Марсад Канназ бин ал-Хьусайна дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:

«Кешнашна тIе (дерзий) ламаз ма де, тIе охьа а ма ховша царна».

(Муслим: 972)

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

23 Sep, 07:50


Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа эмгаралла до (оьгIаза воьду), ткъа АллахIан эмгаралла (оьгIазло, меттахйоккхуш дерг) - стага АллахIа хьарам динарг дар ду».

(Бухари: 5223, Муслим: 2761)

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

22 Sep, 07:50


Къамел ца деш lан магош дац

Къайс бин Абу Хьазима дийцина: «(Мухха а цкъа) Абу Бакар ас-Сиддикъ (АллахI реза хуьлда цунна), Зайнаб цIе а йолуш, ахьмасхойх йолучу цхьана зудчун хIусаме вахана.

(Оцу зудчо хIумма) ца дуьйцуш а гина, хаьттина цо: «Йист хуьлуш хIунда яц иза?». (Наха) жоп делла: «Хьаьж дина цо, йист а ца хуьлуш». Цо аьлла (оцу зудче): «Къамел де, боккъалаъ, (къамел ца деш Iар) магош дац, (хIунда аьлча иза) жехIалаллин (заманахь лелош хиллачу) гIуллакхех ду!». ТIаккха къамел дан йолайелира иза».

(Бухари: 3834)

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

21 Sep, 07:45


Анаса бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха ца тохара шена (совгIатана) кховдийна хаза хьожайогIург».

(Бухари: 2582)

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

20 Sep, 07:45


Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Шена райхьан* кховдийначо – юха ма тохуьйла иза: хIунда аьлча йозаллина еза а яц иза, амма хьожа томехь ю цуьнан».

(Муслим: 2253)

*Райхьан – хаза хьожа йогIу орамат ю.

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

19 Sep, 07:40


Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«НеIалт олучу шина хIуманах ларло!»*

(Наха) хаьттира: «ХIун ду, ткъа, и неIалт олуш долу ши хIума?».

(Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «Нах лелачу новкъахь а, (уьш совцуш долучу) IиндагIехь а араваханачунна (олуш дерг ду)».

(Муслим: 269)

*Цуьнан кхетам иштта бу: ши хIума дарах ларло, цхьана нахана кхечу нехан неIалт хуьлуш долучу.

https://t.me/hadiisash

Хьадисаш

05 Aug, 21:16


Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна 🔥

https://t.me/addlist/2nan2zea_fllM2Ri

👆хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу