𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

@so_icharkho


Сох юьсун йолу лар 👣

https://www.instagram.com/so_icharkho

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

20 Oct, 12:05


Ден-ненан дикаллах церан тlема кlелара ваьлча бен ца кхета.

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Oct, 18:37


АллахIа пайде дойла хlара жайнин кепехь вовшахтоьхна йоза, АллахI реза хуьйла кху тlера гlалат вайна билгалдиначунна а, иштта даржош дакъа мел лаьцначунна а

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

08 Oct, 14:09


Мосазза...

Хиларна хьо кхийринарг мосазза тlехдаьлла хьуна?
Хьо бlарзваларна гергавахча, мосазза дикачу агlора дlадирзина хьан гlуллакх?
Схьагуш кlелхьаравала некъ боцушшехь, мосазза карийна хьуна кlелхьараволийла?
Нислур дац аьлла хетарг мосазза нисделла хьан?
Тlебеъна бала мосазза дlаайбелла хьоьгара?
Бlаьргара ихна хиш мосазза дакъаделла хьан юьхь тlехь?

Ма дукхазза гlо дина хьуна Аллахlа! Амма тlаккха а гlайгlане хила а, сагатдан а бахьанаш карадо-кх хьуна. Хьайна хууш долушехь, Аллахl массо а хlуманна ницкъ кхочуш хилар, Иза - ницкъболуш а, сийлахь-воккха а, къинхетаме а, къинхетам беш а, хезаш а, гуш а, гечдеш а, тоба къобалдеш а хилар!

https://t.me/so_icharkho

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

07 Oct, 12:17


😂

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Sep, 11:40


кху телеграм чохь вайн маттахь эшарш чухlиттош йолу агlонна тlеязделла 75 000 сов адам ду!

ткъа вайн матте дохуш, охьадохкуш долу сел пайдечу жайнашка ладугlуш чудаьлларг 200 сов адам ду!

я чубевлларш чу ца бевллачарел дикох а бац, шайна пайде агlо евзуш, нехан дахар а, эхарт а дикачу агlора хуьйцун болу болх баржа а ца беш lаш болу!

вевзург-везарг, цавевзург-цавезарг, вукхара санна, вай а чутакхош велхьара, 200 эзар вовшахтохалур бара вайга!

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Sep, 11:20


Фарукъа хьоьхуш долу дарсаш телеграм чохь дуй хаьарий шуна?

Чlогlа атта ду кху чухула ладогlа, машаАллахl

🔁 хlара агlо дlайсаяржош дакъалаца, АллахI реза хуьйла шуна

https://t.me/islamannurfaruk

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Sep, 14:03


хьоме

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

17 Sep, 11:07


Нохчийчу кхаьчний-те хlара хаза гуьйре?)

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

08 Sep, 16:23


❤️❤️❤️❤️❤️ ❤️❤️❤️❤️ ❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️


-أَشْهَدُ أَنْ لَا إِلَهَ إِلاَّ اللَّهُ وَحْدَهُ لَا شَرِيكَ لَهُ، وَأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا عَبْدُهُ وَرَسُولُهُ.

-اللَّهُمَّ اجْعَلْنِي مِنَ التَّوَّابِينَ، وَاجْعَلْنِي مِنَ الْمُتَطَهِّرِينَ.

-سُبْحَانَكَ اللَّهُمَّ وَبِحَمْدِكَ، أَشْهَدُ أَنْ لَاإِلَهَ إِلَّا أَنْتَ، أَسْتَغْفِرُكَ وَأَتُوبُ إِلَيْكَ.

-АшхIаду ан ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахIу ла́ шари́ка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расу́лухI.

-Алла́хIуммаж-Iални́ минат-тавва́би́на важ-Iални́ минал-мутатIаххIири́н.

-Субхьа́накал-лахIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан ла́ илахIа илла́ анта, астагIфирука ва ату́бу илайка.

https://t.me/niysa_lamaz

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Sep, 12:05


Хьайн мотт бицбеш, хьайн тарих йицъеш хьо велахь, цул тlаьхьа ахь хьайн lакъидат ларйийр ю бохург бакъ дац хьуна.

Ахьмад Абу Яхья

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

01 Sep, 12:04


Хlора бусалба къомо шен мотт ларбан безаш бу, керста нахах ша схьакъастош йолу шен амал ларъярхьама.

Ахьмад Абу Яхья

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

27 Aug, 13:55


Дуьненахь уггаре а мерза хIума - АллахI цхьаъвар довзар ду, ткъа эхартахь уггаре а мерза хIума - Цуьнга хьажар ду, ЦIена ву-кх И!

Ибн Таймиййат, АллахIа къинхетам бойла цунах

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Aug, 20:44


Дийна дог - бакъдерг хаа а хууш, и къобал а деш, и деза а дезаш, кхидолчул и толош дерг ду.

Ибн Къаййим, АллахIа къинхетам бойла цунах

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Aug, 20:36


Пис - къен ву, шен къоьллах ял а хир йоцуш.

Ибн Къаййим, АллахIа къинхетам бойла цунах

𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐

26 Aug, 20:06


АллахIана уггаре а гена долу дог - къиза дог ду.

Ибн Къаййим, АллахIа къинхетам бойла цунах