Суннатан ОхIла

@sunnatanokhla1441


Суннатан ОхIла

10 Oct, 22:02


#Хаттар139

Ассаламу Iалайкум ВарахьматуллахIи ВабарокатухIу. Велч стаган тIер къуран дешч цун мел дIакхочи? ШафиIис кхоч аьлла олш хезнер сун



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Имам ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цух) велчунна Къуръан дешна ял дIацакхочу аьлла олуш хезна хир ду хьун, иштта аьлла цуо. ШафиIийн мазхIабехь баккхичу имамашха волчу Нававис а аьлла велчунна Къуръан дешна ял дIацакхочу.

Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цух) кхочур ю аьлла велчунна Къуръан дешна ял. Иштта цу Ахьмадан мазхIабехь баккхичу имамашха волчу Ибну Таймиййата а, Ибнул Къаййима а аьлла и дIакхочу.

Нийсон герга дерг - велчунна Къуръан дешаран ял дIакхача е аьлла АллахIе дуIа дар ду, Даламукълахь АллахIан лаахь тIаккха дIакхочур ю и. Иштта ду Имам Ахьмадан мазхIаб.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

08 Oct, 01:04


#Хаттар138

Ассаламу Iалейкум варахьматуллохI. Соьг шолох йол аьл захло даитин хилч, волехь дег худу те сун, и захло къобал дар ду или же отказ дар волехь ду, стаган шолох ялор сан зударшна дуй шолох яхар сунна? АллахI рез хуьлда хьуна.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Къестина цхьан хьокъехь, цунна волехь хIун ду ала суна хуур дац, цуьнан а, цунна тIе захло кховдинчунна а хьал девзуш доцуш.

Хьо хьажа еза хьайн а, хьайна тIе захло кховдиначунна а хьоле; Нагахьсан хьан да-нана реза далахь, хьуна тIе захло кховдиначун динан а, гIиллакхан а хьо реза ялахь, цуьнан чур хьал а цу хаттарехь дика далахь, истихатар дина, хуучарца дагаелла, цара тIехьехахь яхар волехь хир ду хьуна.

Амма хьан да-нана реза дацахь, йа хьуна тIе захло даитинчунна дин а, гIиллакх а дика дацахь, йа цуьнан бухлар хIусамнана шога амал йолуш ялахь, хьо цунна тIейодахь церан барт бухур болуш, ишиъ дIаскъастан кхерам болуш, цултIехьа берашна хуьлуш болу бохам а, цу дерриген жамI дича, зен-пайда дуста дуьстина, цаяхар волехь хир ду хьуна. ХIунда аьлча, никахьан Iалашо дахар ирсе хилар ю, ткъа вай хьахиначу хьолехь ирсе дахар хуьлуш дац. Мухлен а цу хIуманаш, цу девнаш, наха, гергарчара, чурчара а, этIочу даган стаг оьхазло сов йолий шен динах вуху цкъацкъа, хIинцалца шайн бертахь дехаш долу церан дахар галдолу, доккха зен долукх цух. Тахана вайна дийнахь-буса иза гуш махиллара.

Амма стаган шолох зуда ялаяр суннат ду алар нийса дац, цуьнан хьал цадевзуш. Цуьнан хьукма хIора адаме шен хьоле хьежжина хуьлуш ду. Цуьнан хьукма хIун ду вай дийцира «ЕША».

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

06 Oct, 20:10


#Хаттар137

Ассаламу Iалайкум ваша. Ахь цхьанц зина дич, хьа чурчунц бекхам хуьлкх, я хир зудчунц бартш ехч, ше зудчунц кхечо йох уьш, а тоб динчун хир буй и бекхам? АллахI рез хилла хьуна.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Ахь динчу хIуманна бекхам хьуна хуьлуш бу, хьан чурчарна хIумма а хуьлуш дац.

Цхьанне мохь цхьаммо дIахьура бац аьлла АллахIа массарна девзучу аятехь. Ахь цхьаъ динера аьлла, хьан зудчун хIун бехка бу? йа хьан йоьIан хIун бехка бу? бан а бацкх. Цхьаберш "хьайн лууг де ахь, айхь динчунца хир бу хьуна бекхам" бохучух нийса цакхетна. Ахь динчунца хьуна хир бу бекхам бохург ду иза, ткъа хьан чурчарна хир бу бохург дац иза, цхьаболчу Iелимнаха и аьллехь а, гIалат ду иза. Нийса дерг, хIоранна ша динчунца бекхам хилар ду, ткъа хIумма динадоцчу, цIенчу адмаца, кхечо динаг бахьан долуш АллахIа харцо йийра яц, цIена ву АллахI цу хIуманах.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

29 Sep, 14:28


#Хаттар136

Ассаламу Iалайкум варахьматуллoхIи вабарoкатухI. Ахча дел машен праваш яхит меги?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Хьуна машен хахка хаахь, иштта некъа бакъонаш хьуна евзуш ялахь, мегар ду машен лело бакъо эца. Амма некъа бакъонаш евзуш яцахь, йа машен лело цахаахь, цу хьолехь мегар дац и эца.

Иштта, муьлха а хIумангахь ду и, хьо цу хIуман охIлу валахь мегш ду хьуна, цига лелаш эрна хан цаяйъа, ахча делла, хьой цу хIуман охIлу хиларан тоьшалла эцар.

Нагахьсан хьо цу хIуман охIлу воцуш ахь и эцахь, хьарам ду хьуна и, ахь эцнарг хIун ю хьежжина жоьпаллехь хир ву хьо АллахIан хьалха. Масалан, лоьрийн дешаран тоьшалла, йа бусулба динан дешаран тоьшалла, хьо цу хIуман охIлу воцуш ахь и эцахь, доккха жоьпалла ду ахь тIелоцург, хьо зуламхойн могIарехь хир волуш. Иштта кхиндIа а, хьижаматан дешар хуьлийл и, йа машенаш тояран дешар хуьлийл и. Хьалхарчунгахь да цадезарг дина адман цамгар кхеташ хуьлу, шологIчунгахь да цадезарг дина некъац машен галйолуш хуьлу.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

28 Sep, 22:25


#Хаттар135

Ассаламу Iалайкум. ЦIоцIкъамш буха цадохш лезвиц дIадохш нисда мегар дуй?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Мегар ду. Хьадийсехь дихкинарг бухадахар ду. Ткъа дIадошуш нисдар мегаш ду. Балдашна басар хьакхар санна ду иза, кеч ялар юкъадогIуш.

Ткъа АллахIан кхоллам хийцаран юкъа хIун догIу а, хIун цадогIу а вай билгал дина «ЕША».

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

25 Sep, 10:46


https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

22 Sep, 23:15


#Хаттар134

Ассаламу Iалайкум. Файз Кандари бохш вол шайхе ладогIа меги? Гуантанамо тюрьма чохь хан еккхин ар вел вукх и. Даим цхьан нахан луьш волдер шек вел хоьт ас. АллахI диканц бекхам бойл шуна.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Файз Кандарий Iелимстаг вац йа мутIелим а вац. Иза рувайбидех волу жахIил ву. Доцург дийцарца, пуьтш боттарца, нахан тIе бухIтанаш дарца гIарвелла стаг ву иза.

Нахан тIе доцург дийцарм оццул доккха, тамаш бан хIума дацар, баккхи Iелимнахан тIе а харцонаш юьцуш стаг ву иза.

Имам Бухарийн тIе ялх харцо кхуллу цуо шен цхьан видео тIехь. Салафшах волчу шина имаман, Абу Хьатиман а, Абу ЗурIатан а (Аллахl реза хуьлда цушинне) тIе харцо кхуллу цуо. И цхьа хIума кхачаме дара и Файз мила ву довзан.

Iарбойн мотт хуучун ютуб чу хьежчахь (цу чохь бен цуьнан белхаш дан дац) цу чохь карор ду цуьнан Iилман агIо долу даккхи гIалаташ а, цуо нахан а, Iелимнахан а тIе кхухку харцонаш а.

Делахь а, цхьаболчу нахана башхо яц, шайн цабезачу нахан тIе дуьцуш хилчахь, цуо дуьцург бакъ далахь а, дацахь а, цуьнан эшпаш нахан юкъахь баржош болчу. Цара шайн цабезачу нахан тIе цуо харцонаш юьцуш цуьнан видеош яржоро цу нехан нигатан боьхалла гойту.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

19 Sep, 15:48


#Хаттар133

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи вабаракатухIу. Ас рицIкъ даккха цхьа хIум долдо, и долийн хIум дIадоьдш цахилч ху да дез ас? сайн ху лелина мух хуур ду сун если лелинехь?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Хьайн дуIан жоп хилита а, долийначух беркат хилита а уггаре хьалха къинош летор дита деза. Вайнахан ма моттара, хьоьга кхочуш болчу хIора балан а, цатоман а бахьан бозбунчалла хуьлуш дац. Мухлен а дукха хьолехь къинош хила тарлуш ду цунна бахьан.

Шайхул Ислам Ибну Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла: «Къинош летор рицкъ лахдаларан а, мостагIчух кхераран а бахьана ду». [мажмуIул фатава]

Ткъа бозбунчаллех лецна доцца хьахийна вай «ЕША»

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

16 Sep, 10:16


#Хаттар132

Ассаламу Iалайкум. Къуран перевод я мегш дац бохуг бакъ дуй? къовсам хиллер тха, цхьам простой нах нис кхетар боцдер Iелимнах цамагин боху.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Къуръанан маьIна довзаро дуккха а тобанашна тиларш гучадоху. Цундера тиллачу тобанашна кхетам бу Къуръанан маьIна дац мегар дац бохург.

Къуръанан маьIна девзича, хьуна билгалдолу керистналла хIун ду, ширк хIун ду, бидIат хIун ду, керистан тIехIоьттина бусулба нахан дуьхьул хIума леладаро динчура аравоккхуш хилар, АллахI воцчунга деха а, кхайкха а мегаш цахилар, АллахI лакхахь хилар, АллахIан кхидолу Цуо Шена ду аьлла сифаташ; дегI, юьхь, куьг, ког хилар, иштта, иза велалуш, оьхузвоьдуш хилар, дуьнен стигал тIе И охьавогIуш хилар, иштта кхидолу, бусулба нах кериста лоручу хаварижийн тиларш, кериста нах бусулба лоручу муржиитийн, жахIмитийн тиларш а билгал довлу хьуна Къуръанан маьIна ахьа дешча. И бахьан долуш тилар чохь болчу дешначу наха Къуръанан маьIна нахан довзар доьхку, царна нийсо йовзарна кхоьруш.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

08 Sep, 11:36


Гулдина жоьпаш:

121 - Зудчун тоха езачехь тохаран барам муха хила безаш бу?

122 - Ибну Таймиййата (Дала къинхетам бойла цух) цахаарц докх ширк динчун бехказло луш хиллай? Ишт хьужжат дIакхачин бен цхьанне такфир да йиш яц аьл кхетам буй цун?

123 - ХIусамнанна керстнеха борш нах безабалар хаъделча, и йитар хьал муха ду?

124 - Ламаз оьцуш ши лерг дилар бехкам буй?

125 - ШахIадат далинаг бусулба хуьлуш вуй, кхидIа цуо хIуа леладахь а?

126 - Да-нана АллахI воцчунг кхойкхуш далахь, ишиъ мушрик хуьли? цушинца муха хила веза?

127 - Кхаъ хIусамнан хIора баттахь мел рицкъ охь дилла деза динехь?

128 - ХIусамдас хIусамнене йитин ю цаолуш, делахь а, мокъа ю хьо, хьай цIагIо бохуш долу дешнаш аьлча, тIалакъ хуьли иза?

129 - Ламазехь волуш, дас йа нанас мохь тоьхча, ламазан юкъар вала вези?

130 - Воккханиг чу велча, хьалагIаттар муха ду динехь?

https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

02 Sep, 00:18


#Хаттар131

ассаламу 1алайкум варахьматуллах1 вабарокатух1у. кхеч къоме йо1 маре ях мегш дуй? шафи1и муьлах жейн чохь цхьа х1ум ду баха кафат олш, кхеч къоме маре ях мегш цахилар цу чохь ду бах, 1илм 1аминчун хуур ду бах, и худу ала Аллах1 рез хуьлда хьун.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Кафаъат - стега а, зудчуна а хьал вовши таро еш хилар ду. Цух лууш дерг - къеркъа муьлуш волчунга, йа хIум лачкъош волчунга, йа зинаш дечунга, дика ийман долуш йолу йоI ягIийта цамагар ду. ХIунда аьлча, и сан волчу Iесачун, и сан йолу ийман долу йоI хьакъ яц. Кафаъат бохучух лууш дерг и ду. Иза гIолехь дерг а, берриг бохург санна Iелимнаха толийнарг а ду.

Ткъа ШафиIийн мазхIабехь цхьаболчу Iелимнаха, и кафаъатал Iилмангахь а, хьолехь а лерина. Масалан Iилма долу йоI, Iилма доцчунга ягIар цамагар, йа хьалдолчу нехан йоI къечунга цаягIар. И кхетам нийса цахилар билгал дина дуккха Iелимнаха, масалан Ибнул Къаййимс (АллахIа къинхетам бойла цунах) шен "задул-маIад" цIейолчу жайнахь кафаъатал динехь лоруш ду, дин цхьатер хиларехь лоруш ду, ткъа и доцчунгахь лоруш дац аьлла цуо.

Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дукха никахьаш дина асхьабашна, къемниш, тайпа-тукхамш къеста цадеш. АллахIа а цакъестина къемнаш, тайпа-дукхамаш. АллахIа аьлла: «ХIай нах! Оха кхоьллин шу стагах а, зудчух а, къемнаш а, тайпанаш а дина, шу вовшашна довзийтархьам. Шух АллахIан гергахь уггар гIолехь верг - Цух чIогIо кхоьрург ву.» [сурат ал-хьужурат, 13-гIа аят]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

31 Aug, 18:45


#Хаттар130

Ассаламу Iалайкум, вокхниг чу велч хьал гIаттар динехь мегш дуй? Элчано IалайхIиссалам цамагина бохуг бух болш дуй? БаракаллохIу фийкум.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Воккханиг чу велча цунна дуьхьула волуш, лераман, мараэккха, салам дала йа салам схьа эца а цунна хьалагIаттар хазачу гIиллакхашха ду.

ФатIимат (Аллахl реза хуьлда цунна) шен да Пайхамар (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) чу велча хьалагIоттуш хилла, иштта Пайхамар а гIоттуш хилла ФатIиматан и чу елча.

СаIд ибну МуIаз (Аллахl реза хуьлда цунна) бану Къурайзан кхел ян вогIучу хенахь, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) асхьабашка аьлла: «ХьалгIовта шайн элан».

АллахIа КаIбан (Аллахl реза хуьлда цунна) тоба къобул диначу хенахь, КаIба междиг чу велча, ТIалхьат (Аллахl реза хуьлда цунна) КаIбан хьалгIеттина, цунна дуьхьал волуш, цунга салам луш, цунна тоба къобул хиларца и декъал веш.

Иштта кхин а дуккха ду лераман, гIиллакхан, дуьхьул волуш, мараэккхаш, салам луш, охь хоуьтуш адам чу делча хьалгIаттар хазачу гIиллакхашха хиларан тIенисвеш тоьшаллаш.

Ткъа хьадийсашкахь хьалгIаттар цамагдар, адам даздеш, цунна хьалгIеттина Iар ду. Цу хенахь нах шайн паччахьашна лелош хилла иза, и ларван дуьхьа доцуш (тIаккхам мегар дар иза), и вазвеш хьалгIовтти, дIахIуьтти летташ хилла уьш, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) иза цамагина!

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

31 Aug, 11:58


#Хаттар129

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи вабарaкатухI. Ламазехь волш дас нанс мохь тоьхч ламаз юкъар вел царшим хубах хьаж вез бохуг бух буй цун? Аллах1 рез хилла хьун.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухIу

Нанас йа дас мохь тохар чIогIа сихо йолчу хIуман далахь, масала цхьанхьара чу йоьжна нана, йа чу йожа герга ду, йа вагийна да, иштта хьолехь ламаз хада дина, царшин гIулкхе хьажа веза. Ишттачу хьолехь да-нана, кхиверг а цхьатерра ву ламаз хадо магарехь. Муьлха воккха стаг, йа бера, цу хьолехь далахь, ламаз фард далахь а, суннат далахь а хада дина цуьнан гIодан хьажа веза, цултIехьа хьай ламазе юхавогIур ву хьо.

Ткъа иштта кхераме хьал доцуш, беккъа мохь тоьхнехь:

1) нагахьсан ахь дийриг фард ламаз далахь, дай дийр ду ахь ламаз, сурат доца дешарца, рукуI, сужуд дах цадарца.

2) нагахьсан ахь дийриг суннат ламаз далахь, дуккха Iелимнаха къестина нанна жоп далар чIагIдина, дена жоп даларалла а. Нанас мохь тоьхча, суннат ламазан юкъар велла нанас хIун бах хьажа веза аьлла цара. ХIунда аьлча, къестина нанас мохь тоьхна ламазан юкъар цавеллачу, хьалха дIадахан умматашха цхьан стега хьокъехь деъна хьадийс хиларна.

Ткъа нийсон герга дерг, Имам ШафиIийн (Аллахl реза хуьлда цунна) мазхIабехь билгалдина ма-хиллара - нагахьсан нана шен кхайкхаман ахь жоп цаделча оьхаз гIура йолуш ялахь, (суннат) ламазан юкъарвелла жоп дала деза цунна. Амма нагахьсан шен кхайкхаман жоп цаделча иза оьхаз гIура йолуш яцахь, тIаккха ламаз хада цадеш, сихо дIадерзина жоп лур ду.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

30 Aug, 09:37


#Хаттар128

Ассаламу 1алайкум. Майрчун зудчун дов мосуз дол майрчо зудчунг хьай ц1а г1о, мокъ ю хьо, кхи со ла дезар дац хьа, бохш х1умш дуьц, масит шарахь дицин уьш. Йит г1ертш аьл дуй аьлч шен даг цадог1 бох цо. Ишт хьолехь йитин лорш юй зуд?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зуда йитар шина тайпа хуьлуш ду:

Хьалхарниг - къегина, шегахь шеко йоцуш дешнашца; ас хьуна тIалакъ делла, йа ас хьо йити, кхин вайшиъ хIусамда хIусамнана дац кхул тIехьа, иштта кхиндIа а. Цу хьолехь, и дешнаш аларца зуда йитина лоруш ду, цуьнан нигат мухха хиллехь а, забар еш олийл цуо иза, йа зуда кхерош олийл цуо иза, башхо яц.

ШологIниг - къегина доцуш, шегахь шеко йолуш дешнашца; мокъа ю хьо, йа хьай цIа гIо, кхин ас хьийзор яц хьо, йа кхин со ла везар дац хьа, иштта кхиндIа а. Цу хьолехь тергал дан дезарг, и дешнаш аьллачу хIусамде нигат ду. Нагахьсан цуьнан нигат тIалакъ хиллехь - йитина лоруш ду, амма нигат тIалакъ дацахь - йитина цалору.


Ткъа хьан хьокъехь аьлча, цунна ша уьш муха дийцина дагадогIуш дацахь, къегина бух шу никахь хилар бу, ткъа и бух шеконаш бохош бац.

Суннатан ОхIла Iелимнехан барт хилла бакъо ю: «Къегина (билгал) дерг шеконашца дIадолуш дац».

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

29 Aug, 18:17


#Хаттар127

Ассаламу Алайкум Варахьматуллох1 ваша. Кхоъ х1усум нан ю сан. Цхьам шен баттан 60т вохь дил бох, шен кхи к1езиг цатоьъ дер. Шолг1ачо кхолг1ачо иззуг бох, барам жимм башхал йолш далахьаъ. Дуьххьурчунгар 3 бер ду, шолг1ачунгар кхо бер ду, еълог1чунгар 1 бер ду. Со баттан мел вохь дил дезш ву х1оран? Баракаллох1у Фийк.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Баттан хIумма а йилла езаш вац хьо. Баттан бохуш дерг динехь дац, иза хан хене мелйолу дуьненахь юкъдеккхин лелош хIума ду, масалан хIусам (цIено) баттан лоцуш хиларе терра.

Хьуна тIехь дерг - кхаэ зудчунна юкъахь нийсо лелаяр ду; чохь Iа меттигаца, тIедуху духарца, дуъу рицкъанца. Шеш дехачу махкахь и санна болчу зударшца нийсо ярца. И бохург, шеш санна болчу зударин чохь Iе меттигаца, тIедуху духарца, дуъу рицкъаца царал лахар хила безаш бац уьш. Кхин а дика кхетош аьлча, цу кхаъ хIуманехь церан хьашто цхьатерра кхочуш ян езаш ву хьо. Ткъа хьуна тIехь дац царна мехалла хIуманаш латтор. Масалан деши, дети, машен, езаниг телефон иштта кхиндIа а. Делахь а, ахь уьш царна латта яхь, иза хьан дикаллех ду. ТIехь ду хьуна, царна хьашто ерг латтор, амма кхи сов дерг, дича дика ду, ткъа тIехь дац.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

29 Aug, 17:55


Суннатан ОхIлан кугалхойн сацам хилла, хIинцалца вай луш хилладолу тоьшаллашца дуьззина жоьпаш, кхултIехьа доцца, чулацамболуш даларна тIехь. Шен хьокъехь хоьттуш долу хIума мегаш хиларна, йа цахиларна, иштта цу хьокъехь Iелимнехан хилпло ялахь и билгал ярна тIехь, кхеташ, чулацаме жоп даларца тоам беш. Ткъа шен тоьшаллашка хьашто йолчо, и хилар билгалла дичахь, цунна жоп тоьшаллашца хир ду Даламукълахь!

Суннатан ОхIла

18 Aug, 02:47


Цундера адмера керстналла даларах, ширк даларах, Iесалла яларах, фискъалла яларах, цунна хьикматац, гIиллакхац, хаза дуьцуш и кхето веза. Вайн Iалашо ю иза, нах АллахIан дине кхайкхар, уьш нийсачу новкъа бахар. Ткъа вайн Iалашо яц уьш гIалат бевлачехь царна и юьхь дуьхьул деттар, хьо кафир ву, хьо мушрик ву, хьо бидIатчик ву, хьо Iеса ву бохуш. Уьш АллахIан динан хьукманаш ду, хьо шайгахь догтешна хила везаш. Керстналла динарг кериста хилар догтешна хила веза хьо, ширк дийриг мушрик хилар догтешна хила веза хьо. Ткъа Дала хьоьг ца бах, цунна и мер тIе тоха, юьхь дуьхьула тIех тоха. Мухлен а, хьикматац, гIиллакхац, хаза дуьцуш кхета ван везаш хилар Iамийна вайн АллахIа.

Ткъа ахь хьайн дена-нанна тоьшаллашца дийца деза АллахI воцчунга деха-кхайкха мегаш цахилар. И мегаш цахилар «КХУЗАХЬ» карор ду хьуна.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441

Суннатан ОхIла

18 Aug, 02:44


"Остопирла, остопирла" бохуш корта леста бо цуо, царех Iадавина.

ТIаккха аса олу цунга: "Цу хьенехе, минехе хаттар де, Имам КъуртIубий, Ибну Хьажар Iаскъаланий, Имам Нававий, Iабдул Къадир Гиланий, уьш муха Iелимнах бу? Цара хIун жоп ло хьажа хьайна. ЦултIехьа, и ас хьахийна Iелимнах хIоккхахь, оццехь гIалат бевла алар а муха ду хатта царга, цара хьайн хIун жоп ло а хьажа. Ткъа цу Iелимнехан къамелаш ду хьуна, АллахI воцчунга кхайкхар Делац накъост вар хилар дуьцуш, тахан ахь дуьцу зукуршна бух цахилар, уьш дан мегаш цахилар дуьцуш. АллахIан къамел ду хьуна: «Церан ламазаш (Iибадаташ) мадацар, мехьри хьекхар а, тIараш деттар а бен, шеш керстналла дар бахьан долуш Iазап Iовша» [сурат ал-анфар, 35-гIа аят] цу аят хьокъехь ас хьахинчу Имам КъуртIубис шен тафсир чохь олу: "мехьри хьоькхуш, тIараш детташ Дела хьехаво шеш бохуш болчу суфисташна дуьхьул ду хIара аят, и тайпа хIума лелориг мушрик нахах тарлуш ву".

Иштта кхечу аятан тафсирехь олу Имам КъуртIубис: "Имам Абу Бакар ТIартIушега хеттира, суфисташ лелочу зукурна хьокъехь, цара цхьана кхеташ, АллахI хьехаво, элча хьехаво, царех шена шовкъа еънарг хьала эккхи кхисса ло, тIараш детта, мехьри хьоькху, цултIехьа цхьане охьа ховший яъхIума юуш сагIанах кхета уьш. Цара лелориг мегаш дуй?

Абу Бакарс (АллахIа къинхетам бойла цунах) жоп делла: "Суфистийн некъ - галбелла, жехIил, тилбелла некъ бу. Къуръан а, Суннат а бен дац Ислам дин.. Пайхамара а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а шеш охьа хевшича, шайн коьта тIехь олхузарш долуш санна паргIат Iара (цара лелориг цалелина цара). Бусулба паччахьна а, цуьнан уллехь болчу Iедал белхалошна а тIехь ду, и тайпа (и зукурш деш болу нах) маьждиган улле цабитар. Иштта Аллахах а, эхиртах а тешаш волчу бусулба стаган мегар дац царца цхьана Iар а, царна церан тилар тIехь гIо дан а (царна яъхIума луш йа кхидерг деш). ХIара Имам ШафиIийн а, Абу Хьанийфатан а, Имам Маликан а, Имам Ахьмадан а мазхIаб ду, иштта уьш боцчу кхиболу бусулба нехан Iелимнехан некъ а бу хIара." (Абу Бакар ТIартIуший доьалгIа бIе шерчура Суннатан ОхIлан Iелимстаг ву, Къадий Iияд санна болчу баккхичу Iелимнаха Имам ву иза бохуш хестина волуш).

Иштта кхин а цу аса хьахийнчу Iелимнехан дешнаш дуьцу ас цу воккхачу стаган. ЦултIехьа олу ас: "цу хьенехе минехе ахь цу Iелимнехан хьокъехь хеттича, цара уьш хестор бу хьуна, цултIехьа уьш цхьадолчу хIуманашкахь гIалат бевла алар муха ду ахь хаттахь, цара хьоьга эра ду "хIиц элпш Iамийна, вахабисти кIорниш ю и къамелш дийриш", цара хьайн и жоп делча, хIара ас хьоьга дийцин долу, цу зукурах лецна цу Iелимнехан къамелашха лаци хатта ахь цу хьенехе минехе, тIаккха билгал дерду хьуна, цу наха хьой хIинцалца Iехийна хилар". Дик ду олий, шолох хьижаматан гуламер дIаса волу тхойшиъ. ЦултIехьа кхозлох тIеххьар хьижамат ян цхьан кхета тхойшиъ. Иштта тхешшин дин дуьцуш къамел долало тхойшин. Цуо олу: "хеттир хьун аса хьенехе а, минехе а цу Iелимнахах лецна. Уьш санна Iелимнах бан а бац бохуш хестира цара. ЦултIехьа ас хеттира, уьш цхьадолчу хIуманашкахь гIалат бевла бохучеран хьокъехь, цара элира "къотIалх бинчу, хьекъал доцчу, Iилман хьожа кхетазчу кегий нехан къамел ду иза". ТIаккха аса, и ахь соьга дийцин долу, цу Iелимнехан Дела воцчуга кхайкхан цамагош дешнаш, зукур цамагош дешнаш дийцина, царах лецна хIун олу ахьа аьлча, цара хIорамма жоп лора: "гIалат цаволуш цхьа вац Пайхамар воцург шаверг гIалат волуш ву" олий. ТIаккха хиир суна, цу наха тхо Iехош хилар. АллахI диканц бекхам бойла хьуна..." иштта кхиндIа баркаллийн дешна бохуш, АллахIан хастам беш, воьлхуш, цу дерригенах тоба дина, нийса кхетман тIе вирзира и воккха стаг. ЦултIехьа цхьа шо делча АллахIан тIе дIавахар и, АллахIа декъал войла иза, АллахIа ше мел хилла вонаш, диканашка хийца хийцина, Ялсаманийн лаккхара даржа лойла цунна.

Масалшха цхьа масал ду иза, хIара некъ атта цахиларна, кху некъахь собре хуьлуш къахьега дезаш хиларна, кху некъахь хIумма а кIезга цахетарна, хьадийсашкахь ма-дарра, дикачух хIумма а кIезга цахетар, ах хурма а кIезга цахетар. Хьан нияте хьежжина, бахьан мел жима далахь а АллахIа хьо хьайн Iалашоне кхачош хилар.

Суннатан ОхIла

18 Aug, 02:44


Дукха нах ширканах, куфранах, бидIатах, Iесаллех, фискъаллех тоба даран бахьан дира цух АллахIа. Хьан хаттарца догIуш, царах цхьа дийцар хьахо ойла хилла дуьцу ас хIара сайн доьжна воккхачу стага ширкан некъах тоба даран дийцар:

Цхьан стага телефон туху соьга, шен деваша вара хьижамат ян езаш, дIа ва могшалла яц цунна, шайга схьавогIур вари хьо олий. Дера вар-кх олий, царга воьду со. Со церан чу велча, дIатоьхна боккха пен дIалоцуш авлияъ Iовдийн сурт го суна. И воккха стаг ша ву зукре лелаш, зукур олуш суфишха. Иштта ширк деш, бидIаташ лелош хилар билгал долу суна иза. Тхойшиъ хьижамат ян волало. Даиман иштта хьижамат еш адмац дин дийцар хьокъехь къамел, хьижамат мичахь Iамина ахь бохучу хаттар тIера долалуш дара-кх. Иштта цуо хотту, хьижамат ян мичахь Iамийна ахь олий. Египтехь Iамийна олу ас. Ванах ма гена вахан Iамийна ахь и олу цуо. ХIан-хIа, дин Iамо вахан вара со, иштта дин Iамош массех шо деккхинчултIехьа, цIаверзале Iамийна ас хьижамат олий жоп ло аса. ТIаккха цо шен цхьацца хеттарш до, ламазах, марханах долу, ас цунна жоьпаш ло. Хьижамат йин вала герга вахча, бусулба нахан юкъахь болу цакхетмаш хьахбо цуо, церан бахьан хIун ду те олий. ТIаккха цунна бахьнаш дуьцу аса, дукха цадуьцуш, кула ерайоцчу барамехь. ХIунда аьлча, цунна хьижаматан кхо дакъа дара. Юкъа ши кIира долуьтуш кхузза ян езаш яра хьижамат. ЦултIехьа хьижамат дарбан дакъошха хьалхара дакъа чекхдоли, со дIавоьду. ЦултIехьа ши кIира делча, юха а цунна хьижамат ян воьду со. Юха а, тхойшин дин дийца волало тхойшиъ. Цуо олу: "тамашийна хIума хIун ду хаий хьуна, вай къомах болу мутIелимаш цхьаа барт болу бац-кх. ХIоран шайн-шайн, тайп-тайпан кхетамаш бу. Ванах и Къуръан цхьаъ ма ду, хьадийсш цхьа маьIна долуш ма ду, тIаккха и мутIелимашна кхетамаш бекъабалар бахьан хIун ду теша?". ТIаккха динехь дуккха тобанаш хирг хилар дуьцуш Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) хьадийс дуьцу ас цунна, цунна Iелимнаха белла кхетам буьцуш, цултIехьа Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша дIавелча дуккха хилплонаш хирг хилар дуьцуш хьадийс дуьцуш, цунна Iелимнаха белла кхетам буьцуш, динехь мел дечу хIуман бух бовзар коьра хилар, цу хIуманна масалш далош геенара цхьац гIулч йоккхуш, цунна кхетам нийсачу некъа хийцан Iалашонц къамел доладо аса. Суна цкъа гина дац, баккхичу наха санна лерина дин дуьцуш кегийчу наха ладугIуш. Аят дуьцуш а, хьадийс дуьцуш а, и хада деш къамел до кегийчу наха, динехь бу бохучу вежарш а. Доккха гIалат ду иза. Коьрт тIехь олхузар соцур дара цу воккхачу стега, оццул лерина ладоьгIура цуо. ЦултIехьа со дийцна валитна, гуттар самукъне хеттарш доладо цуо, "Хьан къамеле ладугIуш, айс лелочух а хаъа лаам хили сан. Аса хIара а, хIара а до, цунна а, цунна а бух буй Къуръан чохь а, Суннатехь а?" бохуш, ша лелочух лецна хеттарш до цуо. Тхойшина къамел дерригам яздан цхьа книшка язъян езар ю. Цундера, цу самукъне хеттаршха цхьа хаттаран гонахьа тхойшин хилла къамел хьахдо аса:

Цуо хотту: "ХIокху зукуран бух хIун бу? Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) диний хIара? Со хаал хилчахь, сан дерриг дахар кху зукур некъахь дIаделла, дезткъа шаре велла ву со, цкъа дагадеъна дац суна кхуьнан бух хилар йа цахилар. Ламаз санна, сан шегахь шеко йоцуш хIума хилла хIара даиман. Бакъду, дуьцуш хазар суна, мегш дуй даций бохуш, делахь цкъаа и тида а, йа хатта а хьашта цахетта суна".

Ас жопло цунна: "бух болуш дац иза. Пайхамара а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а, йа царал тIехьа а дикачу нахах цхьаммо дина хIума дац иза. Йа вайн умматехь цхьанна Iелимстага магийна гина а дац суна иза" олий.

Цуо гIарбевлачу цхьацца нехан цIерш а йохуш олу: "хьенехо, минехо деза Iибадат ду ма бах иза, цун дозалла дуьцуш Iелимнах а ма буьцу цара".

Ас олу цунга: "Ваша (воккхачу стаге олучу кепехь), цу хьенехо, минехо шайн дуьций хууш харц дерг ду хьуна дуьцуш. Цара Къуръанан а, Хьадийсан а, Iелимнехан дешнийн къамелашна а харц маьIнаш дохуш дуьцуш ду хьуна дуьцург, (хIара а, хIара а, масал ду хьуна олий, цу наха маьIнаш харц дохуш хилар билгал до ас цунна)".

Суннатан ОхIла

18 Aug, 02:44


#Хаттар126

Ассаламу 1алайкум, хаттар дар са Абу 1абдуллах1. Са да нана Аллах1 воцчунг кхойкхш хилч, 1овдс ялсмане дуьгур шеш бохш хилч, ас царшин такфир да йиш яц? Тха юртар цхьа дешн стаг мегар дац боху, царшим дириг ширк ду, ам ишиъ мушрик дац боху, изаъ нийс дуй? Аллах1 диканц бекхам бойла Хьун.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Хьан да-нана догуш ду, нагахьсан ахь дуьцург, ахь ма дуьццу далахь. Ткъа нагахьсан хьо ишиъ кхето гIерташ къахьоьгуш вацахь (ву аьлла цахета суна, хьан хаттаре хьежжина), хьан хаттар, ишиъ догуш дитина, хаттар да веъна санна гуш ду: сан да-нана цIе летна догуш ду, ас ишиъ догуш ду ала мегар дуй?! Ткъа шун юртар дешначу (цуо хIун дешнам цахаъ суна) стега къамел а иштта го: ишиъ догуш-м ду, делахь а, ишиъ догуш ду ала мегар дац.

Вай дийцна ширк динчун "мушрик" аларан хьокъехь, шен тоьшаллашца «ЕША»


Да-нана гуттара тIех хьакъду, ахь шешшинц хаза юкъаметтиг лелаян. Ишиъ ширк деш далахь а, дацахь а. Лело езачу юкъаметтигашкахь, кхечарах схьакъесташ, шайн лакхар меттиг ю ден а ненан а.

Дена-нанна муьтIахь хилар дуьцучехь Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Хьоьгахь Iилма доцчу хIуманехь, царшим хьоьга Соьца накъост ве (ширк де) бахахь, цушинна (соьца ширк дарехь) муьтIахь ма хила хьо, дуьненчохь цушинца дика а хила хьо» [сурат лукъман, 15-гIа аят]

Цу шиммо хьоьга ширк де бахахь а, царшинна дуьхьул векан а, царшинца дов дан а, царшинца вон хила а йиш яц хьан. Царшим де бохуш долу цамегаш дерг цадо ахьа, ткъа мегаш долчунгахь муьтIахь хуьлу хьо, ишиъ бусулба дацахь а.

Да-нана доцуш, хийра нах балахь а, царца кIеда-маьрза хила веза хьо, царна дин дIакхачадарехь.

Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Хьай Делан новкъа нах кхайкха ахь, хьикматац, хаза хьехам беш» [сурат ан-нахьл, 125-гIа аят]

Хьикмат - ахь дуьцург адмо тIелоцур долу некъ лелабар ду. Масала, ахь цунца хаза гIиллакх лелича, цуо ахь дуьцург тIелоцур далахь, хаза гIиллакх лело деза ахь. Айхь дийцча тIелоцур дацахь, цуо тIелоцур долчунг дийцита деза ахь. Балхар чу веъна кIадвелла валахь, йа оьхаз вахан валахь, са даIийтин, йа оьхазло дIаялийтин дуьцур ду ахь. Иштта кхидолчунгахь а, адмо тIелоцур долу некъ лелабар, иза хьикмат ду. Ткъа ахь цунга "хьо мушрик ву" аьлча, хIун пайда бийр бу ахь? Кхелехь ма дац шу, иза мушрик хиларца йа цахиларца хьукма деш. Цундера мушрик хилар, кафир хилар цадуьцш, хьикматац, цуо дийриг ширк хилар, куфр хилар дийц деза ахь цунга. Ахь дийриг ширк ду аьлча, хьайга тоьшаллаш доьхур дуй хаъдеза хьуна, цу меттехь хьа цунна дало тоьшаллаш цахилахь, иза а хьикматац цадийцар ду. Цуо дийриг ширк хиларна, куфр хиларна Къуръан чура, Суннатера тоьшаллаш хаъдеза хьуна, цултIехьа цу тоьшшаллийн бидIатан охIлуно туьйсу шеконаш дIайохуш Iилма хила деза хьоьгахь. ХIунда аьлча, ахь цуо дийриг ширк хиларна аят далийча, цуо цунна дуьхьул, хьо цу аятах нийса цакхетна аьлла бидIатан шеко ялаяхь, цунна далан жоп хила деза хьоьгахь. Иштта, хьикматах ду, цуо къобул бечу некъахула цунца къамел дар а. Масала, и суфий валахь, АллахI воцчунг кхайкхар ширк хилар дуьцуш суфий Iелимнехан йа цара къобул бечу Iелимнехан дешнаш даладар, Iабдул-Къадир Жийланий санна болчу.

Иштта аятехь ма-аллара, хаза хьехам беш дIакхачо еза нийсо. Дуьххьура ширк муха доладелла, дуьненчохь дуьххьур ширк дожаран бахьан хIун ду. АллахI цхьаъ вар муха ду, цуьнан дозалла хIун ду. Адам кхолларан Iалашо иза хилар а, иштта кхиболу некъаш а, ахь дийцича адман хьан къамел хазлур долуш.


Мисрер (египтер) сайн дешар дIадоьрзуш, ойланаш лелар-кх сан коьртехь, цIавахча АллахIан динан пайде хилар, Iаминарг дIахьехар, даIват дарна хьикмате некъ лоьхуш.

Иштта беттанашкахь ойланаш йинчултIехьа хьижамат ян Iамадарна тIехь ойла сецира сан. ХIунда аьлча, хьижамат гIарделла дарба ду, хьадийсашкахь хьехина ду. Ахь хьижамат еш адмац мел лахара цхьа сахьта сов хан йоккху луьш-олуш. Иштта баккхий а, кегий а, динац верг а, воцург а массо тайпа адмашца зIе хIоттало хьан хьижамат бахьан долуш. ТIаккха и хьижамат дешар дешна, цун диплом схьаоьци цIавоьду со. ЦIахьа хьижаматан цхьа чоь кечча йой, цу чохь нахан гергахь дарбана, ткъа сайн дагчохь даIватан некъ болабо аса.