hazayoza🕊

@hazayoza


hazayoza🕊

22 Oct, 18:58


* * *

Сан биографин цхьалхачу сохьташкахь
Соьлжано суьйре лаьмнашкара йохьушшехь
Беттаса мархашлахь довшшехь
Анайистера стогаршца сиэга цхьа маьждиг
Кхайкха саг воцург кIора санна Iаьржаниг
Тийса са доцуш кхин ша-шега хьоьжу са
Дагалецамаша йемалдина лацаделла дог а
Аре къайлайолу корпусийн дахкарлахь
МIаьргонашца азло хан шен дохкойийларехь
ТIепаза бов безам сан цхьаьна хIуманца бала
Деккъа цу минотехь го ма-дарра ша дахар
Патарийн шах-тата седарчийн кана

Дидин Шемал, 2024-гIа шо

hazayoza🕊

20 Oct, 18:17


Деношкахь йукъайер йу хlара «ЙАХЬ» цlе йолу йоцца кино...
Хlара дийцар тlера йаьккхина йу, (Багаев Акрамана йаздинчу)
Дакъалоцурш къона йаздархойн тобан декъашхой бу.
Иштта кхидlа а болх бан lалашо йу вайн.

hazayoza🕊

17 Oct, 08:08


hazayoza🕊 pinned an audio file

hazayoza🕊

17 Oct, 08:07


#назаказ

дlалокхург : Абубакарова Мата
дешнаш : Минцаев lальви

⤵️
https://t.me/abubakarovaa95

hazayoza🕊

16 Oct, 07:11


Хаийша доьху ас нах,
Безабуй Бепиган мах,
Хаттийша къаношка вайн,
Мацалло эгирий дай?

Х1инца а болуш бу вайн,
Мацалла йевзина дай,
Хууш берш Бепиган мах,
Дешийца буьстинарш мах.

Кхийлинарш цуьрг дужу лардар,
Доьзална цхьабосса нисдан,
Межарг а къийлинарш буйна,
Цуьрг йукъа дехкинарш дуйна.

Вай тахна маршонехь деха,
Хан хиларх д1айаьлларг йеха,
Хаийша Бепиган мах.
Дайн весет лардайша нах.

Сакаева Мадина

hazayoza🕊

16 Oct, 07:10


Хлебное поле

Под снежным покрывалом отдохнув,
С весенним ветром оживает поле.
Певцы полей, рассыпав трели вновь,
Нам дарят звонкий гимн о хлебном море.

Свой вес колосья быстро наберут.
Тепло и дождь – питающая сила.
Пусть от души честь хлебу воздадут
Кто о нехватке хлеба в мире слышал.

Нелёгкая работа хлеб растить
Для трапезы и в праздники, и в будни .
Должны мы хлебороба труд ценить,
И славить их натруженные руки.

Колышет ветер тучные хлеба,
Глаз радует тугой пшеничный колос.
Источник жизни, греющий сердца, -
Хлеб славит на века мой тихий голос.

Азман Джабраилова

hazayoza🕊

16 Oct, 07:01


Баьпкан хьожа

Бакъдолчух бакъдерг ду – комаьрша латта.
И охуш, дIатасахь бакъдолчун зирх,
Шен бакъ цо схьалур ду – хьийкъина йалта,
Малхехьа кхевдина, гIоттур ду ирх.

Ялтано вовзуьйту яхьйоцу къуонах.
Цуьнан эхь тIаьхьенна тIехь дуьсуш ду,
Йалтано лардо вай мацаллин вуонах.
Вайн дайша йалтанах биъна шайн дуй.

Сайн шуьне кхаьчначу баьпке со хьожу.
Леррина схьагулдо массо а цуьрг.
Муьйлу ас цу баьпкан ша-тайпа хьожа!
Къуьйлу ас и беркат кхиийна куьг!

Къеначу лаьттан хьу хаало суна,
БIаьстенан мерзачу хIаваан чам.
Ткъа цаьрца иэелла хьожа йу гуонах
РаьгIнашка дижначу кIедачу чен.

Цу баьпко хозуьйту тракторан гIовгIа.
Схьайетта арарчу аьхкенан тов.
Цо соьга кхийдадо дахаран совгIат –
--Маьлхера схьаэцна зIаьнарийн цIов.

Бу цуьнца мелачу догIанан цинц а,
Ахархойн хьацаран туьха а ду.
Баккхалур бу аьлла хетийца хIинца
Чолхечу дахарехь муьлхха а гу.

КIа-деших йазйелла комбайнан бункер –
Йалтано дебадо Даймехкан зовкх.
Ду иза дахарехь коьртаниг уггар,
Массо а стеган ирс даьккхинарг сов.

Сайн шуьне кхаьчначу баьпке со хьожу.
Леррина схьагулдо массо а цуьрг.
Муьйлу ас цу баьпкан ша-тайпа хьожа!
Къуьйлу ас и беркат кхиийна куьг!

Исмаилов Абу 1976 шо

hazayoza🕊

09 Oct, 10:50


Ларйан халачу баьрченал
маьрша неlсагlе тоьлу.

Хьалкъан кица

hazayoza🕊

09 Oct, 06:36


Йаржайе🤝🏻

hazayoza🕊

08 Oct, 16:30


***
Дуьненан аьттонаш гинарг,
Хьуна ма хала хин дай,
Дуьненан рицкъ кхачадина,
Іожалло неl тоьхча хьайн.

Хьайх йуьсург тӀаьхьало хетта,
Къастаран бала луш баз,
Дуьненан марзонех кхеттарг,
БӀарзлур ву-кх хьо чIогӀа, бӀарз.

Дуьненахь со-м декъал хилла
(Хастам бу-кх Хьуна, йо Дела!),
Дуьнено, аьттонаш бина,
Со Іеха ца вина дела.

Абдулаев Леча 1989 шо

«НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ»
[агlо — 108]

hazayoza🕊

07 Oct, 12:25


* * *

Гуьйре дика хуьлда хьан,
Iа сиха гIойла,
маьлханца лепа,
маьркIаженца кхола,
кху отин корана виси-кх со ткъа,
цхьа дош туьллуш вукхачу дешна,
кибарчигаш санна,
иштта лард кхуллуш синкхетамна а,
вайн безамна а,
уьш вовшех схьадаьлла ма дуй-кха;
ткъа Iожалла ма йеца
вайна церг хьекхош,
къеналла ма йеца
сахьташ схьалехьош,
амма цкъа хьалха хир бIаьстенан денош,
вуно ма шуьйра беца Делан къинхетам.

Дидин Шемал

hazayoza🕊

07 Oct, 11:32


Цlенна Аллахlан дуьхьа лелаш верг гlамарш тlехула дlавоьдучух тера ву, цо йохучу гlулчийн тата ца хеза хьуна, делахь а цуьнан лараш го хьуна.

hazayoza🕊

06 Oct, 16:41


Сан деган чов йерзо, хир вац кхин цхьа а,
Хьан деган мохь берзо хир вац кхин цхьа а.
Хьо муха йаьхьа-те, соьга кхин дийца?
Хьо муха йаьхьа-те, дахарш вайн хийца?

Марзонан гlирс бевзаш лелаш со велахь,
бухбоцу безаман ши дахар делахь,
дийцахьа, хьан дахар — муха?.. хьайн дéлахь!
Хьуо йухайирзича, соь хаам белахь.

Делахь а, тахна а тешаш ву хьоьха,
тешна ву, къовлур дац дог ахьа соьха.
Адамашна йукъахь со лоьхуш ву адам.
Кху хьоле кхаччалц хьо, ца lий-кха lадда-м.

Эльбиев Анвар

(16 шо) ду кхуьнан...
Шуна муха хета?

hazayoza🕊

06 Oct, 14:52


hazayoza🕊 pinned an audio file

hazayoza🕊

06 Oct, 14:52


hazayoza🕊 pinned an audio file

hazayoza🕊

06 Oct, 10:25


#назаказ

ДЕНА ЛЕРИНА...

дlалокхург : Абубакарова Мата
дешнаш : Минцаев lальви

https://t.me/abubakarovaa95

hazayoza🕊

06 Oct, 07:04


***

Хьуна хӀетахь соьца карийнарг хӀинца а къона лаьтта,
суна хӀетахь хьоьца карийнарг-м къаналлина букар лаьтта.

Хьоьгарчу дашна жоп хилла, гӀаьтти сан дош а,
хьоьгарчу пурбанца даьккхи цо безамна каш а.

Дерриге хьуна цхьанна,
Дерриге суна цхьанна,
хилла и ца диси тахана.
...Ца диси оцу хьан бехкенна бехк боцчу безамна хьаьхнарг.

Диси и суна а,
диси и хьуна а
Iовжаме хилла.
ХӀоьтти и
хьуна а,
суна а
дегнашкахь сийна цlе йилла.

Хьо бен кхин безаман чам барий
дуьненахь баккха?
Хьо бен кхин lехаван гlан дарий набаре даккха?
Йа со бен хьан а ма йацара безаман марзо,
дахарах йоккхайеш, хьайн даге самукъа даржо!

Матагов Ихьсан

«Тийналлин гlовгlанехь» — цlе йолчу гулар тlера.
[агlо — 14-15]